ХЬАДИСАШ

(Легендаш)

 

СУЛАЙМА-ПАЙХАМАР А, ЗИНГАТ А
ЗУНАН ХЬЕХАР
ЧОМ-БУЦ
ЗУНАН ОЙЛАНАШ
ДУЬНЕНАН БАЛА
БУХ1АНАН, МАЛХАН КЪОВСАМ
ПАЙХАМАРАН САРДАМАШ
ДИНБЕРГ
МАЙРАЛЛА, НИЦКЪ, ХЬЕКЪАЛ
ОТТЙОКХ
БЕЗАМАН ЗЕЗАГ
АН
ЗАХАЛО
ЗУ
СЕСКА СОЛСИН ХЬУЬНАР
ЙОЬХЬ1АЬРЖА Х1ОЬТТИНЧУ ЙО1АХ ХИЛЛА Т1УЛГ
ГЕЗГАШ
ЙОВЛАКХ
БЕЗАМАХ ДИЙЦАР
ШАЙТ1АНАН РИЦКЪА А, Х1УСАМ А
ПХЬИДАХ 1ОТТАБЕЛЛА БОХАМ
ИРС
ЛАЙКЪЕДАРАН БУЬЙСА
НЕНАН ДОГ
ТЕКХАРГО АЬЛЛАРГ

 

СУЛАЙМА-ПАЙХАМАР А, ЗИНГАТ А

СУЛАЙМА-ПАЙХАМАР хилла новкъахула схьавог1уш.
Новкъахь дижина долу зингат самадаьккхина цо. Ша цо сама-даьккхича, дистхилла зингат:
- Оффай, цхьа хаза г1ан гуш дара со - со паччахь а долуш. Ахьа сама ца даьккхинехьара кхиъ зовкх хьоьгур дара хьуна аса.
- Деладахь ма паччахьалла а хилла-кх хьайниг, ши б1аьрг схьабиллича, д1а а долуш, - аьлла Сулайма-пайхамара.
- Оффай, - аьлла зингато. - ма паччахьалла а ду-кх хьайниг, ши б1аьрг д1ахьаббича, д1а а дер долуш.

ЗУНАН ХЬЕХАР

Сулайма-пайхамарна 1ожалла яхъяр деха кечделла хилла дерриг адам а, акхарой а. Ша массо акхарой а, дуьнент1ехь мел йолу х1ума схьагулъелла, цхьа зу йоцург. Зуна т1аьхьа говр яхийтина цара. Говраца схьа ца еана иза. Т1аккха ж1аьла дахийтина, цуьнца схьаеана.
Зу схьакхаьчча. Сулайма-пайхамара хаьттина цуьнга: "Говраца схьа ца яр х1ун дара хьан?" - аьлла. Зуно жоп делла: "Говр шен да вен а вийна, шена т1е мостаг1а хиъча а, д1айоьду, ткъа ж1аьло шен да массо а х1уманах ларво". Цул т1аьхьа зуно хаттар дина: х1инца ша х1унда ялийна аша? - аьлла.
Цуьнга шаьш лелош дерг дийцина цара. Ойла а йина, зуно аьлла:
- Деллахь Сулайма-пайхамар, къоналла лур йолуш юн хьуна везачу дала? Мацах хилла Сулайма-пайхамар ву х1ара бохуш, массара а т1е п1елгаш а хьийзош, къанвелла 1уьллур ву-кх хьо, цулла а нахана везачу хенахь валар тоьлу хьуна.
- Дера лоь зу бакъ, - аьлла, валар т1елаьцна Сулайма-пайхамара.

ЧОМ-БУЦ

Цхьа кхо жимстаг хилла лома йол хьакха вахана. Сарралц шайн цигахь йол а хьаькхна, ц1а бог1уш юьртахь д1ах1оттина ловзар гина царна. Шайн тишачу х1уманашца оцу ловзаре хьовса д1ах1иттина уьш, т1е а бахана. Царах уггаре а ирчох верг д1ах1оьттина а валале массара а хьовзийна, хелхаваккха боху хьо мехкарша, аьлла. Массо а кхуьнга хьаьжжинчохь висина хилла.
- Д1адовла, тиша х1уманаш а йоьхна, хелха волучохь вац со-м, - аьлла ц1а вахана к1ант. Ц1ахь шена т1ера тиша х1уманаш д1а а яьхна, кеч а велла вуха веача, к1ант цхьамма а тергал ца вина. И х1ун дара-техьа бохуш, к1ант ч1ог1а цецваьлла хилла. Юха ц1а вахача, шен эткаш чохь карийна нунна чом-буц*.
Т1аккха хиъна цунна ша мехкаршна х1унда везавелла хилла.
______________________________________
* Чом-буц ламанца хуьлуш ю боху. И дег1аца хилча, массеран а безам боьду боху. Цу т1е, дуьнен т1ехь массо а дуьхьало йохало боху, и буц карахь йолчу стаге.



ЗУНАН ОЙЛАНАШ

Муса-пайхамаран зуда цомгуш хилла боху. Х1ун дича толур яра хьо, аьлла, хаьттина боху пайхамара.
- Уггар а хазачу экханан жижиг диъча, толур яра ша, - аьл-ла боху зудчо.
Массо а экха схьагулдина боху, пайхамаро. Цхьа зу еана ца хилла, шега йола аьлчи а. Говр яхийтина боху, пайхамара зуне схьайола ала.
- Цхьана кхаа х1умана ойла еш ю ша, и ойла йина яьлча, д1айог1у алахь цуьнга, - аьлла боху зуно.
Кхин зу схьа а ца еана, шозлаг1а а говр яхийтина пайхамара цунна т1аьхьа.
Ойла йина ялаза ю ша, яьлча д1айог1а аьллахь цуьнга, - аьлла боху эуно юха а.
Т1аккха а зу схьа а ца еана, юха а яхийтина пайхамара говр.
Ойла йина ялаза-м яра ша, делахь а д1айог1ур ю ша-м, - аь1ла, д1аяхана боху зу.
Пайхамара бехк баьккхина боху, зунах, ша пайхамар а вара, оццул ч1ог1а ша аларх, кхозлаг1а говр яхийтича бен схьа ца еа-кх хьо, аьлла.
- Деллахь, цхьана кхаа х1умана ойла ян а хиъна, и ойла йина ца йолуш, хьеели-кх ша, бехк ма биллалахь, - аьлла, боху зуно.
Кхузза говр яийтича бен схьа ца йог1уш, айхьа йина ойла шега я йийцахь, - аьлла боху пайхамара.
Дика ду, аьлла зуно, - хьалхара аса ойла йина х1ума х1ара ду: хи ду-те дукхох я латта ду-те? Латта цхьана меттехь лаьтташ хиларан а, хи даима оьхуш хиларан а ойла йича, хи ду-кхох карийра суна. Шоллаг1а сан ойла т1ехь сецна х1ума х1ара ду: белла нах бу-те дукхох я дийна нах бу-те дукхох? Х1ара дуьне кхоьлличхьана схьа белла нах а дага лаьцча, белларш дукхох карийра суна. Кхоалг1а: божарин бу-те дукхох я зударий бу-те дукхох бохуш, ойланаш йира аса. Шайн зударша бохург деш болу боьрша нах а д1ат1елерича, зударий дукхох карийра суна.
Т1аккха пайхамара т1е куьг хьаькхна боху, зуна, кхин хаза ю аьлла, цхьамма а ен ма йойла-кх хьо аьлла. Пайхамаран куьг т1ех даьл-даьллачу з1уй долуш, уггаре а хаза хилла зу - уггар ирча йирзина боху, цул т1аьхьа.

ДУЬНЕНАН БАЛА

Муса-пайхамар хилла боху, новкъа д1авоьдуш. Ченашлахь д1а-са хьекхалуш йоллуш котам гина, боху цунна. "Ирс я1-кх хьан, кхин х1уманна а бала боцучу", - аьлла боху пайхамара шен дагахь.
Едда т1аьхьа еаначу котамо:
- Деллахь, пайхамар, кхаа к1ирнахь х1оаш луьйсуш, царна т1е хьоькхий накха ч1ора а болий, юха и к1орнеш схьа а дохий, т1аккха уьш кхион г1ерташ, чуьркашна т1аьхьа а уьдий, т1аккха царех котам хилларг эмгар хуьлуш, 6орг1ал хилларг мар хуьлуш, ма хала лелара-кх со, ма вон эли ахь суна иза, аьлла, бехк баьккхина боху пайхамарх.
Т1аккха аьлла боху пайхамара, котамана дуьхьал а вирзина, цхьацца бала боцуш цхьа а ца хил-хилла-кх кху дуьченчу, бехк ма биллалахь суна.

БУХ1АНАН, МАЛХАН КЪОВСАМ

Моцах-моцах, тоххура цхьана д1аяханчу хенахь бух1а хилла шен доттаг1ашна-олхазаршна гергахь дозаллаш деш, дерриге а дуьне серладоккхуш, къагош берг шен ши б1аьрг бу бохуш. И хааделла малхана. Цо бух1ане аьлла:
- Ма г1ерта сан сий хьайна дерзо.
Бух1а яша а ца яьшна цо бохучух:
- Хьо бу и сан сий хьайна дерзо г1ертарг, аьлла цо.
Иштта церан къовсам баьлча, схьагулделла дерриге а дийнаташ, цу шиннах бакъ муьлха лоь хьовса. Цхьадолу акхарой, олхазарш бух1ано бохучух тешаш, вуьйш малхехьа хилла.
- Дика ду, - аьлла малхо, со цхьана ханна д1алечкъар бу, ткъа шу бух1ано дуьне серла муха доккху хьовсуш хила.
Д1алечкъина малх. Т1ебеана бода, кьерзош хилла бух1ано б1аьргаш, амма дуьне серладолуш ца хилла. Юха схьакхетта малх, серладаьлла дуьне. Хаьттина малхо:
- Х1ун олу аша?
Массара а хьовзийна бух1а, кхин ала х1ума а ца хилла, т1ема а яьлла, д1аяхана, лечкъина, х1етахь дуьйна дийнахь гучу ца йолу бух1а, бусий бен.
Иштта хуьлу харцо лелочунна.

ПАЙХАМАРАН САРДАМАШ

Пайхамаран цхьа куз хилла бах, ламаз деш болу. Цо и куз, хина т1е а тосий, деш хилла ламаз. Цкъа шайт1анна и хаа а хиъна, цо пайхамарана наб кхеттачохь 1уьрг даьккхина боху, цунна.
Юха ламаз дан х1оьттича, иза хин буха ваха воьлла. Т1ехула д1айоьдуш хилла боху, къиг. Пайхамара шена г1о дехна цуьнга. Амма къиго, ша цхьа яла йоллуш йолчу говрана хьалха т1екхачча езаш ю, шен накъостий кхачале аьлла, д1аяхана.
Т1аккха пайхамара аьлла:
- Къиэн елла х1ума йоцург, кхин дак1а ма кхочийла хьуна. Цул т1аьхьа дуьйна елла х1ума бен ца кхочу къийгана.
Т1ехйолуш хилла боху, буг1а. Ц1уьнга г1о дехна боху, цо, амма буг1ано аьлла боху, буьйса йолале ц1а кхача езаш ю ша, кхузахь 1айла дац шен аьлла, д1аяхна иза. Т1аккха аьлла боху, пайхамара:
- Буьйсанна бен кхин арайолийла ма хуьлийла хьан. Цул т1аьхьа буса бен араялийла доцуш, дийнахь яцош лелаш ю боху, и.
Кхокха хилла боху, т1ехболуш, цо шега г1о дехале сихха г1о дина бах, пайхамарна. Т1аккха пайхамара:
- Даимана нахана дукха безаш бехийла хьо, аьлла, лаг т1е цо куьг хьаькхна боху, цунна. Цул т1аьхьа дуьйна цуьнан лаг къегаш ду боху, наха лоруш олхазар а ду иза.

ДИНБЕРГ

Хьалха, хьалха заманчохь цхьа хаза йо1 кхиъна къеначу дадин. Уллох1отта йиша йоцуш, дола дан ваша а воцуш хилла и йо1. И езаелла цу юьртарчу цхьана оьздачу к1антана. Церан безам де-дийне мел дели алсамболуш хилла. Шайн йо1ах, цуьнан безамах, цунна улло х1отта карийначу оьздачу к1антах йоккхаеш хилла баба, воккхавеш хилла дада. Амма... Амма ирсана т1аьххье схьагулъелира бохаман тевне мархаш.
И йо1 юьйцу хезна имама нах бахкийтина йо1 еха. Дог эшна дадин: "Хьаьнга орца доьхур ду?.. Йо1ана везаш верг а ц1ахь вац, иза имама г1азот даккха хьажийна. Х1ун дийр ду?" - г1айг1ане воьжна иза.
Амма дика адамаш дукха ду дуьненчохь. К1анте д1акхиадо хьомечуьнгара кост. Орцах кхуьу к1ант, шовданехь вовшахкхетий, барт бо чу шиммо. Оцу сохьта и хабар д1ахезна, имаман орца дог1у шовдане бог1учу новкъахула.
Йо11ий, к1анттий кхуьу к1елхьарадала, говра а хуий дода и шиъ. Кху шинна динан бергийн лар йойуш дин бергаш евлла, бах. Цигара схьадаьлла олу цу бецах динберг алар.

МАЙРАЛЛА, НИЦКЪ, ХЬЕКЪАЛ

Майраллий, ницкъий, хьекъаллий хилла вовшашца къийсалуш. Майралло аьлла:
- Со ца хилча, шу цхьа а х1умма а дан д1ахьара дацара! Ницкъо аьлла:
- Со ца хилча, шуьга х1умма а далур дацара!
Хьекъало аьлла:
- Со ца хилча, шуна мостаг1ана дуьхьал латта хуур а дацара. Иштта къийсаделла, къийсаделла цхьана воккхачу стагана т1е дахана уьш кхоъ. Цара хаьттина воккхачу стаге: муьлху ду шайх бакъ? - аьлла.
Т1аккха воккхачу стага аьлла, шуна хала ца хетча, аса шуьга цхьа х1ума дойтура дара. Уьш резахилла шайга аьллачунна.
Воккхачу стага деши делла цаьрга д1алачкьаде яьлла. Ша хаам бичхьана духа дахьар ду аша.
Майралло шен деши акхарой лелачу новкъа д1адоьлллина. Ша юха еъча а, кхузахь карорду шена аьлла.
Ницкъо маьлхан дуьхьал а бирзина д1адоьллин шегара деши. Юха беьча, карор ду шена аьлла.
Ткъа хьекхало цхьана шерачу арахь борзах доьллина шен деши. Цул т1аьхьа дукха хан ялале воккхачу стага уьш юха шена т1екхайкхина.
Цо цаьрга шаьш д1алачкъийна деши х1инца схьада шена аьлла.
Майралла яхана ша лаьттах д1адоьллина деши схьалаха, амма ца карош, ц1аеъна. Ницкъо маьлхан дуьхьал а бирзина аьхкина, деши ца карийна. Ткъа хьекъало ша хьалха д1адоьллинчу борзаха схьа а даьккхина, воккхачу стаге д1аделла деши. Воккхачу стага хаьттина майраллигий, ницкъигий:
- Аша х1унда ца деана деши схьа?
- Кара ца до шайна, - аьлла цара.
Т1аккха воккхачу стага хаьттина цаьрга, мичахь лаьттах доьллира аша шайга делла деши?
Майралло аьлла, ша деши акхаройн новкъахь лаьттах доьллира. Воккхачу стага аьлла:
- Акхаройн некъаш дуккха а ду. Хьуна и цкъа а карор дац.
Ницкъо аьлла, ша маьлхан дуьхьал а дирзина, лаьттах доьллира шега делла деши. Цуьнга аьлла воккхачу стага:
- Малх даима а лелаш бу. Хьунаъ цкъа а карор дац хьайн деши.
Хьекъале а хаьттина цо изза. Хьекъало аьлла, ша шерачу арахь цхьана боккхачу борза т1ехь, к1аг а баьккхииа, д1адоьллира деши.
Кхин цхьа х1ума а т1едиллина воккхачу стага царна:
- Цхьана меттехь цхьа ц1а даллал поп бу. Цунна уллохь лом ду 1уьллуш. Иза, схьа а баьккхина, схьа бан беза. Т1аккха хуур ду-кха шуна муьлха тоьла.
Ницкъ бахана поп хадон. Лоьмо ка а тоьхна, пхьарс а баьккхина,ц1абеана.
Майралла яхана поп хадон. Цунах кхераделла лом духадаьлла, амма диг деттарх поп меттах а болуш ца хилла.
Т1аккха хьекъал дахана цига.
Цо лоьме аьлла:
- Ас майраллий, ницкъий схьа а далийна доьйтур ду хьо, ахьа сихха акхарой а кхайкхина, х1ара поп хада ца байтахь.
Т1аккха хьекъало д1абаьхьна воккхачу стагана поп. Т1аккха цо аьлла цаьрга:
- Х1инца шуна шайна а хаьа муьлху тоьла.
Майраллой, ницкъой аьлла хьекъале шаьш хьайца даийта. Х1етахь дуьйна уьш кхоъ вовшах ца къаьсташ цхьаьна ду.

ОТТЙОКХ

Цхьа йо1 хилла, нана а елла, г1ийла дуьне дууш. Дас зуда ялийча, кхин а телхина цуьнан г1уллакх, десте вон хиларна. Даима говр яжо йохуьйтуш хилла иза дестечо.
Цхьана дийнахь ц1ечу уьйригах шена пасаташ а еш, ойлане а яьалла, иза 1аш йолуш кхуьнан говр б1аьрг хьалхара т1апъаьлла, яйна. Шега леха ма-ллу лехна цо говр, иза шена карране а кара ца йича, тегна яьлла цхьа пазат кога а йоьхна, лаьтташ хилла иза, кхин дан амал доцуш, елха а йоьлхуш: дестечо ша хьийзор юйла хууш, ц1а яха ца йоьхьаш.
- Везин дела, воккхун дела, олхазар хилийтахьара ахьа сох, - аьлла, дехна цо деле.
Хила а хилла, боху, цунах олхазар: цхьа ког ц1ен болуш, массо а хенахь синтем байна: "говр яц", "говр яц" бохуш, хьуьнан хотеш а екош, шен ц1а доцуш, цуьнга гуттар са а туьйсуш, лелаш долу. Цунах халкъо оттйокх аьлла, ц1е тиллина боху.

БЕЗАМАН ЗЕЗАГ

Цхьана юьртахь дехаш-1аш хилла цхьа йо11ий, к1анттий. Ч1ог1а вовшийн дезаш хилла и шиъ. Цу юьртахь 1аш хилла цхьа г1ам-зуда. Хийла нехан барт бохийна хилла оцу зудчо, хийла вовшен дезаш долу йо11ий, к1анттий, бертахь долу зудий-майрий вовшахдаьккхина хилла цо, эладитанаш а лелош.
Иштта, цхьана дийнахь шовдана йистехь лаьтташ хилла х1ара йо11ий, к1анттий. И зуда йог1уш гича, шаьшшиъ ца довзийта, дедда и шиъ. И зуда т1аьхьаяьлла хилла боху, цу шинна.
Дала а, дола а меттиг юьтуш ца хилла цо цу шинна. Эххар а, кхин дан х1ума а ца хилла, кешнийн керта иккхина х1ара шиъ. Шаьшшиъ цуьнан кара г1ур дуй а хиъна, к1анта и йо1 къевллина марайоьллина. И г1ам-зуда шайна т1аьхьакхиар лан ца лой, хала а хетий, к1анттий, йо11ий вовшаххьаьрчиччохь, дог а иккхина, делла.
И шиъ вовшийн марахь гича, ла а ца делла, делла г1ам а.
Йо11ий, к1анттий цхьана каш чу д1адоьллина наха. Юха б1аьстенан юьххьехь каш т1е боккачу безамах дуьзна исбаьхьа, ц1ен лепаш зезаг даьлла. Цуьнан ц1е пет1амат тиллина боху. Иштта кхолладелла олу халкъалахь пет1амат зезаг.
Ткьа и г1ам-зуда д1айоьллинчохь ба1 баьлла олу.

АН

Ан хилла доладелла лелаш. Цхьанце а 1ен-даха меттиг ца карош. Аттана т1едахана иза, цо ц1ога ластийна эккхийна. Цхьагална т1едахана - цо лергаш ластийна. Говрана т1едахана - цо кац тоьхна* эккхийна. Котамана т1едахана, цо т1емаш тоьхна эккхийна.
Вижана 1уьллуш стаг хилла. "Цо ша т1е муха оьцур дара-те?" - аьлла, цунна т1едахана ан. Стага хьала ма г1аьттинехь, куьг хьаькхна цунна. "Шена дера тоьлу куьг хьоькхучохь" - аьлла, кхин стагах д1а ца къаьсташ, таханалц, цуьнца лелаш ду ан.
_______________
* Це тохьна.

ЗАХАЛО

Цхьана стага, ша дуьненчохь йоккхачу хенахь, кхузткъа стаг вийна хилла. Ша воккха хилча ойла йина боху цо: "Делахь дукха адамна зен-зулам дина-кха ас, оцу везчу дала ас х1ун дича гечдийр дара-техьа суна?" Т1аккха маликаш дахийтина боху цо далла т1е изза хаттар дан.
Дала жоп даийтина боху:
- Биъ некъ кьаьстича 1ежан дитт а дог1ий, иза доккха хилча, цунна т1ера 1аж ца кхаллийтуш оцу некъа т1ехула цхьа а д1а ца вохуьйтуш, уьш д1адовллалц 1ен веза ала цуьнга, оццул цо шен т1ера саг1адаккхахь, геч дийр ду ша аьлла.
Иза шена схьахезча, цу стага дала ма-аллара, биъ некь къаьстачига, 1аж а бийна, цхьа стаг д1аса ца вохуьйтуш хилла 1аж ца кхоллуш.
Цхьана дийнахь цхьа стаг хилла чехка говр хаьхкина новкьахула схьавог1уш. Дуьхьалваьллачу воккхачу стага мохь тоьхна:
- 1аж ца кхоллуш ма г1охьара хьо, - аьлла. Х1ан-х1а, йиш яц сан, дукха чехка г1уллакк эцна воьдуш ву со, - аьлла цу стаге.
Воккхачу стага, дог а даьтт1а, топ а тоьхна, вийна и стаг. Т1аккха гуттар а йиш йоьхна, маликаш юха а далла т1е дахийтина цо, ишта а, ишта а стаг вий ша, х1инца х1ун дийр дара-те ша аьлла.
Т1аккха дала жоп делла боху, цу стагана. Захало юккъе мотт эцна воьдуш вара и стаг, иза ахь верна ша дерриге а гечдо хьуна аьлла.

ЗУ

Цхьана гарманан арахь Сулайман-паччахь хьостанна т1е кхаьчча. Цуьнан хи мелларг цкъа вала ца леш, дийна вуьсуш хилла. Ойлане воьжна, доллучу дийнатан мотт хууш волу Сулайман. Массо а са долу х1ума схьа а гулдина, хаттар дан кечвелла иза. Цхьа зу йисина цига ца йог1уш. И схьакхайкха дикачу къонахчух йисина зуда яхийтина, амма зу ца еана. Дикачу к1ентан дин бахийтича а, ца еана иза.
Оьг1аза вазанчу паччахьа цунна т1ехьа ж1аьла дахийтина, цуьнца зу еана. Цкъа хьалха, хьо дикачу къонахчух йисина зуда еача а, дикачу к1антан дин беача а ца йог1уш, ж1алеца яр х1ун ду хьан? - аьлла Сулаймас.
Дикачу к1ентан дин, ша кхечу дега ма кхаьчнехь, и виц а вой, кхечунна т1ебоьрзу. Дика къонаха а вицво зудчо, шена кхиниг ма везавеллехь. Шелъелча, шийла ю а ца олуш, йохъелча, йовха ю а ца олуш, шен дена муьт1ахь долу, и виц а ца вен волу ж1аьла сайна царел дош хетадела еана со цуьнца. Х1инца де хьайн хаттар, - аьлла йистхилла зу.
- Х1ара хи мала, я ма мала ас? - аьлла хаттар дина Сулайман-паччахьа.
- И хи ма мала ахь, цо хьайна дахарца жималла а ца лахь. Къанвелча, ахь баьхна толамаш бицлур бу, хьан хазалла кьанлур ю. "Х1ара Сулайма-юьхьиг ю" - бохуш, тускара а виллина, валаре са а туьйсуш, кхуьйсуш лелор ву хьо т1аьхьенаша. Соьга хаьттича, хьо х1инца, жима волуш, лийр вара. Х1инца велча, нахана хала а хетар ду. Сулайман-паччахь лийр ву, ахь баьхна толамаш нахана дагахь хир бу, хьан кхалхар дегнашна 1аьткъар ду. Ма мала ахь и хи, - аьлла чекхдаьккхина зуьно шен къамел.

СЕСКА СОЛСИН ХЬУЬНАР

Дег1астанахь долу адам х1аллакдан балла ша бохуш, дукха генара дуьйна керчаш бог1уш цхьа лам санна боккха 1екъа* хилла. Сескан Солсас хаьттина бах, цуьнга:
- Ахь х1ун до? Хьо мича боьда? - аьлла.
- Со адам х1аллакдаи боьду, - аьлла бах 1екъано.
- Ма г1о! Кхин д1а меттах ма хьалахь! - аьлла бах Сеска Солсас.
Бахаза 1ийр бац ша аьлла, керча а керчаш, ша ма-балла нохчашна зуламе бала бог1уш хилла и лам-1екъа.
Эцца оьг1азвахначу Сескан Солсас тур тоьхна ши дакъа а дина, лам буьххье лаьтташ бу бах иза х1инца а. Эцца но саца ца бинехь, адамашна зуламе бер болуш а хилла и 1екъа.
Делкъан хан хуьлуш говран коьртах тарло бах и лам-1екьа.
________________________
* Боккха т1улг, чхар (диал.).

ЙОЬХЬ1АЬРЖА Х1ОЬТТИНЧУ ЙО1АХ ХИЛЛА Т1УЛГ

Цхьа воккха стаг хилла ламчуьра охьавог1уш. Хит1а еаначу йо1е, говр д1алацахь шен ламазана корта тоьхна валлалц, аьлла бах цо. Стаг ламазана д1ах1оьттича, д1атохаелла говр, карах а иккхина, едда. Говр лар ца яларна йоьхь1аьржа х1оьттинчу йо1а, деле дехна бах, шийла т1улг хилийтах1 шех аьлла. Дала жоп делла боху, оцу йоь1ан дехарна.
Циггахь охьаоьхуш хи хилла Датас хьоста олуш. Иза кхечахула д1адирзина боху, х1етахь дуьйна. Тусойн аьхк хилла боху оцу Датас хьостанах.
Иштта хилла бу олуш ду, Нихлахь цхьана кха юккхехь лаьтта т1улг.

ГЕЗГАШ

Хьалха заманахь дин лелош болу нах лоьцуш, хьийзош хилла керастанаша. Т1аккха цхьана пайхамарна т1аьхьабевлла хилла уьш, и лаца дагахь. Хьалхара ведда воьду иза цхьана харичу а ваьлла, хьулвелла боху. Иза д1атийна воллушехь, гезгаша маша тийсина боху, дуьхьала.
Т1аккха т1аьхьабог1у керастанаш, харин йисте а бахана, гезган машанаш а гина, цу чохь хир вац иза аьлла, д1абахана боху.
Т1аккха дуьйна олуш ду боху, гезиг ен мегаш дац олий.

ЙОВЛАКХ

Зуда ялоза к1ентан а, маре яхаза йолчу йо1ан а синош шайн дег1машцаний цхьана кхочу боху, зхарте. Иштта цхьа хаза куц долуш волу к1ант кхаьчна хилла цига хеназа.
Стиглахула лелачу оцу к1антана охьахьаьжча, лаьттахь лелаш цхьа хаза йо1 гина. Яккхий, вуно хазачу куьцен к1ажарш хилла оцу йоь1ан. Цара хазйина хилла и йо1. Охьа а воьссина хьаьжча хир ярий-техьа иза иштта хаза, дагадеана к1антана. Деле дехна цо лаьтта воссийта ша аьлла. Дала пурба делла цунна лаьтта восса.
Стиглара охьахьаьжча цунна гиначул а эзарза хазох карийна к1антана йо1. Иза цецвоккхуш хаза хилла йо1 а, цуьнан к1ажарш а.
Далла т1евеана к1ант стигала хьалаяккхийтахьара ахьа иза, аьлла дехар дахьаш. И муха йоккхур ю кхуза хьала? Дийна адам ма ду иза. Хан а кхачале эхарте муха ялор ю вай иза? - аьлла дала.
Оьг1азвахана к1ант шена дехар ца даларна. Иза к1антана восий даьллий хиъча, дала аьлла:
- Вало хьайна йог1ахь хьалаялае и йо1.
Лаьтта а воьссина, шеца стигла хьалайог1ахьара хьо аьлла, дехар дина оцу к1анта. Йо1 реза ца хилла.
Т1аккха к1анта, ша стигала хьалаволуш, киснара схьадаьккхина йовлакх тесина йоь1ан коьрта т1е.
- Хьо шена ца кхачахь хьан хазалла кхечарна гойтур ма яц аса, - аьлла.

БЕЗАМАХ ДИЙЦАР

Бакъ ду-дац хьанна хаьа. Шаройн лаьмнашкахь вехаш-1аш хилла цхьа воккха стаг, къаналло б1аьрса а дайина. Хазалла юьйцуш йо1 хилла цуьнан, цунна 1уналла деш. Дуккха а кегий нах хилла йо1е безам болуш. Амма йо1 дагайоьхна, цунна везаш, цхьа к1ант бен ца хилла. Хьал долчийн дай-наной г1ерташ хилла и йо1 шайн к1енташна яло. Амма йо1 реза хуьлуш ца хилла.
Царах цхьамма йо1 шега ца еъча, цунна бекхам бан, лаьмнашкахь 1аш долчу г1еме дийцина цу йо1ах лаьцна.
Деана г1ам хаза йо1 ехачу х1усаме. Шена б1аьрга гушшехь безам бахна цуьнан йо1е. Дийнахь а, буса а йо1 тергалъеш хилла г1емо, иза ялон дог хилла. Мел т1аьхье а ка яьлла цуьнан ямартло ян. Хи т1е йог1уш лар а йина, ядийна г1емо йо1.
Йо1 ядор ма хиънехь, т1аьхьаваьлла и езаш, цунна а везаш волу к1ант. Лаьмнашка ирах хьодуш хилла г1ам. Т1аьхьа дин хоьхкуш хилла к1анта. Хиъна г1емана к1ант шена т1аьхьа кхиа воллий-ла. Шен боллу ницкь гулбина Шаройн Лома буьххье даьлла г1ам. Т1аьхьакхиъна вог1уш хилла к1ант. Лекхачу борза йисто х1оьттина г1ам. К1ант шена т1екхочуш, йо1 бердах чухецна цо. Мохь баьлла к1анте. Йо1ана т1аьххье бердах иккхина иза. Мел лазийнехь а, вовшашна т1екхача ницкъ тоьъна цу шиннан. Мар-мара хьаьрчинчохь цхьаний са даьлла йоь1ан, к1ентан.
Ткъес тоьхна лаьмнашкахь. Стигал къевкъина. Дог1а дилхина. Вовшашна т1е а беана, д1атийна берд. Царна бухара ног етта доладелла хин татол. И ца ладелла г1еме. Охкуш хилла г1емо берд. Амма иза к1орге мел дели, кхин а чехка оьхуш хилла шовда. Безамал ша ца тоьллий а, 1алам а безамехьа х1оьттиний а хиъна г1емана. Дог иккхина делла г1ам.
Йо1ана цхьа тешнабехк хиллийла хиъна воккхачу стагана. Иза лаха араваьлла, йо1е кхойкхуш, вог1учу цунна татолан тата хезна. "Маржа, сан йо1, мича яха-техьа хьо?" - аьлла, г1елвелла хийисте охьалахвелла воккха стаг. Йоь1ан узар хезна воккхачу стагана хин г1овг1анехь. Цо шега эсала хи малар доьхуш санна а хетта, канашца хи мелла воккхачу стага. Къона волуш санна дег1е ницкъ беана. Т1аккха цхьамма йо1е мохь бетташ санна хетта воккхачу стагана. "И мила ву техьа?" аьлла, шена аз хезначу аг1ор д1ахьажа ойла йолуш, б1аьрзе хилар диц а делла, б1аьргех хиэ дашийна куьйгаш хьаькхна цо. Хьалха санна, б1аьрса юха хилла.
Хиэ ног еттачохь вовшийн мар-мара а хьаьрчина, 1уьллуш йо11ий, к1анттий карийна дена. Гена доцуш 1уьллуш хилла г1еман дакъа. Хиъна дена хилларг. Цхьана коша д1адоьллнна цо и шиъ. Х1етахь дуьйна ю боху Шаройн-Органан г1овг1анехь ши эшар: йоь1ан эсала аззий, к1ентан г1орг1а моххьий.
Ша ца тешачо ладог1а-кх Органан татане.

ШАЙТ1АНАН РИЦКЪА А, Х1УСАМ А

Далла т1е дахана хилла боху, цхьа шайт1а. Цо аьлла боху, деле:
- Массо а адамана, акхарошна яа х1ума а, чохь 1ан х1усам а елла ахь, шена я ц1а, я яа х1ума а ма ца елла ахь.
Т1аккха дала аьлла боху:
- Наха бисмилла а даккхаза зайл д1абоьллина х1усам а хьан ю хьуна, наха бисмилла а ца доккхуш, еана яа х1ума а хьан ю хьуна.

ПХЬИДАХ 1ОТТАБЕЛЛА БОХАМ

Хьалха заманахь стаг веллачу белхарехь цхьа а велалуш а ца хилла, хабар дуьйцуш а ца хилла.
Дела салам хиларг, вайн пайхамар д1акхелхиначу хенахь массо а са долу х1ума када йог1уш хилла. Т1аккха пхьид а хилла йоьлуш йог1уш када, не1саг1и т1оьхула оьккхуш, аркъала охьакхетта иза. Цунах массеран а белар иккхина, х1етахь дуьйна тезетехь, кадмехь вела а ло, хабар а дуьйцу.

ИРС

Цхьана наха нус ялийна хилла. Юха х1орш шайн сакъоьруш 1аш хилла. Сахуьлуш араваьлла марда, цунна шайн кет1ара д1айоьдуш лар гина. Юха оцу лар т1ехула х1ара д1авоьдуш, цхьа адамах сурт хилла х1окхунна хьалхара д1аоьхуш. Воккхачу стага дехар дина, собар дахьара аьлла. Цо ч1ог1а аларна, важа сецна. Юха сецначуьнга хаьттина воккхачу стага:
- Хьо мила ву? - аьлла.
Ша ирс ду шун кертара д1адоьдуш.
Юха стага ч1ог1а дехар дина, юхадаг1ахьара хьо аьлла.
Х1ан-х1а, - аьлла, - со оьшуш стагга а вац шун кертахь. Со парг1ат дита. Ахьа бохху цхьа дика дийр ду хьуна аса.
Воккхачу стага собарде, ша х1инца массарах а дагаволу аьлла.
Ц1а а вахана, воккхачу стага шен зудчуьнга аьлла, хьуна х1ун хуьлийла лаьа аьлла, вукхо хаза 1аш хуьлийла лаьа аьлла; йо1е хаьттина, хьуна х1ун лаьа аьлла, цо хаза х1уманаш хуьлийла лаьа шена т1ейоха аьлла.
Т1аьххьара шен керла ялийнчу несе хаьттина, хьуна х1ун лаьа аьлла. Несо шена дера лаьа вайн ирс, барт, имий-беркаттий долуш дехийла.
Ара а ваьлла, воькхачу стага д1адийцина шадерг, т1аккха ирсо ша духа дерза дезар ду аьлла.

ЛАЙКЪЕДАРАН БУЬЙСА

Цхьана нехан цхьаъ бен йоцуш йо1 хилла бах. Ч1ог1а хаза хил-ла бах иза, оцу юьртахь а шел хазаниг йоцуш. Боьдуш мархан бутт хилла.
Цхьаьна буьйсанна, бутт юккъе бахханчу хенахь, хьеший баьхкина кхаьрга. Т1аккха яа х1ума ян хьаьвзинчу х1усамнанна хи чекхдаьлла карийна. Цо аьлла шен йо1е:
- Сиха шовдан т1е а г1ой, хи дахьаш йола, - аьлла.
Йо1 хит1а яхана. Ткъа шен хьешашна юург ян хи доцуш, са б1арзделла лелачу нанас аьлла бах:
- Ша т1улг хила-кх хьох, дукха схьайог1ий, - аьлла.
Ткъа и буьйса лайкъедаран буьйса хилла бах.
Шен хи схьайоцуш йоллучу йо1ах ша-т1улг хилла бах.
Х1инца а бу бах шовдан йистехь оцу хазчу йо1ах хилла т1улг.

НЕНАН ДОГ

Цхьана к1антана ч1ог1а езаш цхьа йо1 хилла. Х1ора суьйранна йо1ана хит1а оьхуш хилла и. Йо1ана ца везаш хилла и къант. И хьовзорхьама йо1а аьлла цуьнга, ша хьоьга йог1ур ю, нагахь санна ахьа хьайн ненан дог схьа а даьккхина, схьадахьахь. Ц1а веъча, ч1ог1а ойлане воьжна, цуьнан ойлаеш 1аш хилла и к1ант. Х1ара иштта гича, нанас хаьттина, хьуна х1ун дина, хьоьгахь х1ун бала бу дийца шега аьлла.
Т1аккха к1анта дийцина шен нене шадерг.
Нанас к1анте аьлла:
- Шен яккха езаш йиснарг дукха хан а яц, ша дукха ехий а ца хаьа. Шен к1ант ирсехь ваьхчахьана шена х1ума а ца оьшу.
Нанас даьккхина шен дог делла к1анте.
Дог карахь а долуш, йо1 йоьлчу ведда воьдаш хилла к1ант. Таса а велла вахьакхетта иза, керара дог керчана д1адахна. Т1аккха ненан 1аьнарца даго аьлла к1анте:
- К1ант, ма вон вахьакхийти хьо, лаза-м ца ви хьо? - аьлла.

ТЕКХАРГО АЬЛЛАРГ

Юрт а ягийна, луьстачу хьуьнан йисте кхаьчначу наьрто:
- Дадалург дада, т1ема дала ницкъ 6ерг т1ема дала! Со кху хьуьнах сийна ц1е лато доллу! - аьлла, мохь тоьхна дийнаташка, сагалметташка.
Кхин хьем ца хуьлуьйтуш, ша ма-аллара, хьуьнан цхьана маь11ера дуьйна ц1е тесна наьрто. К1елхьаравала ницкъ кхаьчнарг к1елхьараволуш, ц1еран г1овг1а бен йоцуш тийналла х1оьттина хьуьнахь.
Яьгна ялла хуьн. Хилларг х1ун ду-те аьлла, хьуьн чухула доладелла наьрт. Хьуьнан цхьана маь11ехь алу т1ехь бетталуш 1еш текхарг гина наьртана.
- Дакъаза ма бала хьо, текхарг, х1ара ц1е йиллале ас тоьхна мохь ца хезар-те хьуна? Х1унда 1ий-те хьо кху ц1еран юккъехь? - хаьттина наьрто гуш долчу суртех цецваьлла.
- Хаза-м дера хезира суна, наьрт, ахь аьлларг, ца хезира ала бакъо яц сан. Бакъду, наьрт, кху хьуьнхахь бина а, кху лаьттахь кхиъна а бара со. Ахь бохург дина, бовзазчу хийрачу махка а бахана, кхечарна несалехь хуьлучул, кху сайн махкахь балар нийса хийтира суна. Х1окху лаьттан экъан т1ехь суна массо а х1ума дара гергара, х1ара бара сан дайх бисина кхерч. Кхузахь сайн лаамехь 1ожалла т1еэцар вуно нийса хета суна, - аьлла бала бетталучу текхарго, цец а даьлла, шега хьоьжучу наьрте.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz