МИФАШ

 

1. АКХАРОЙН ДАЙ
2. АКХАРОЙН 1У
3. ТУРС...
4. ПХЬАРМАТ
5. Г1АМАШКИН АЬЛДА
6. Г1АМ
7. ХЬУЬНАН ЙО1
8. ХЬУЬНАН ЙО1АН САРДАМАШ
9. АДАМ-ЛИЛБАЗ
10. АЛМАЗАН САРДАМ
11. АЛМАЗО К1ЕЖ ТЕССИНА МЕТТИГ
12. АЛМАЗИЙН БОЬРА
13. АЛМАЗАХ БАЬЛЛА ПАЙДА

 

1. АКХАРОЙН ДАЙ

ХЬАЛХА нанойн кийрара бераш кхоьхьуш хилла бах. Нагахь санна д1ахьош долу бер декъачу дечиг т1е хаадахь*, ненан кхин доьзалхо хила йиш яц бах; нагахь санна т1едачу дечиг т1е хаадахь, кхин доьзалхо хириг хилла. Аза хьош хилла дуьненчу дала цхьа-ши де диссинчу хенахь.
Оцу тайпана нанойн кийрара даьхьначу берех хилаш бу бах, акхаройн дай.
Овш болатан накхош долуш, онда а, даккхийн дог1маш долуш а, турпала нах бу бах. Кхузткъе кхоъ экха дийча, тоьпан бух ца багийча, цара вийш хилла шайн болатан накха тухий, ч1архъаьлла ши дакъа дай.
Оцу акхаройн дайша х1унца а серчийн** жижигаш а даош, кхобуш ба бах, Башлам т1ехь 1аш болу Хьур-1амий мехкарий. Оцу лам т1ехь даь1ахкийн хьаьттарчий ю бах, цара оцу мехкаршна даочу акхаройх хьайилла йолу.
А мехкарий Соскин Солсас ч1ожаца*** болчу бердаца ца йиташ, Башлам т1е йоьвлла бах.

___________________
* Охьахаадахь (диал.)
** Стерчийн (диал.)
*** Кхузахь хьехош долу ч1ож Шуьйта хьалавоьдуш, Зонахал т1ехваьлча ду.

2. АКХАРОЙН 1У

Цкъа талла ваханчу сагана ша дийначу экханан лергах дина х1ост карийна. Цо барамал т1ех акхарой дойаш хилла. Иштта наха, акхаройн дай бу бохуш, дийцаш, ца тешаш, ца вешаш хилла а саг.
Цкъа талла вахана аза, шена т1ера хьадаьккхина верта т1едачу попан йоккхачу гуьрга т1и хьала а уьллина, экхана тебаш 1аш хилла. Цунна гина акхаройн дас шен верта т1икхазачу гуьргах а, вертанах а ши дакъа даш шен накха тоьхна. Аза саг воцийла хайна, гуьрг т1е а хьаьжна, 1у д1авахана.
Циггара лечкъана, дукха сиха ц1а а веана, шен тоьпан бух а багийна, кхин талла ваха ца ваьхьна а саг.

3. ТУРС...

Дерриге акхарой хьагулдо бах акхаройн дайша:
- Турс! - алий, хьа а кхайкхий. Цара уьш дерриге а дагар а да бах, г1ийла дерш 1алаш а да бах.
Иштта акхаройн дай бу бах хьуьнан х1инца а.

4. ПХЬАРМАТ

Хьуна дала дика дийриг, диканца хьо дукха вахарг, вонна хьо т1ехьатеттарг, диканна хьо хьалхавахарг! Дийцаний-аьллий х1ун ду хьуна, ас цхьа туьйра дуьйцур ду хьуна, тур-тамаша буьйцур бу хьуна. Лунан лергаш самадахалахь, берзан б1аьргаш серладахалахь!..
Ас хьуна дуьйцур ду оцу д1огарчу Башламана коьртехь ло маца дуьйна 1уьллу, шерачу аренашкаххьий, ламанийн басешкаххьий хаза хьожа йолу бецашший, тайп-тайпана зезагашший маца дуьй-на дуьйлу..
Мацах хьалха заман чохь и д1огахь шуна гуш долу лекха лаьмнаш кхин а лекха хилла, церан кортошкахь х1инца санна лой, шай а доцуш, хаза бецашший, зезагашший хилла. Ткъа хьалха заманчохь цкъа а ца дешаш лой, шай к1оргачу 1аннашкаххьий, ламанийц басешкаххьий, шерачу аренашкаххьий хилла.
Оцу хенахь вайн дай, наьрт-аьрстхой, 1аннашкаххьий, хьехаршкаххьий, лекхчу б1аьвнашкаххьий бехаш-1аш хилла. И д1огара лаьмнаш санна лекха хилла уьш. Церан дой а хилла иштта даккхий. Черчий санна ницкъ болуш хилла наьрт-аьрстхой, берзалон санна майра хилла, ц1оькъаш санна каде хилла, цхьогалш санна мекар хилла.
Катухий, атта схьайоккхий, ламанан тарх кхуссуш хилла цара, мохь тухий ламанаш декош хилла. ц1ог1а тухий стигланаш егош хилла цара. Делахь а г1орасиз хилла уьш - ц1е ца хилла церан карахь.
Ницкъ болу Села къиза хилла, 1азапен хилла. Иза хилла стиглан да, ц1е а цуьнан долахь хилла.
Х1ун пайда бу ницкъан а, цунах адамашна дика долуш ца хилча?
Х1ун пайда бу ницкъан, цунах адамашна 1азап-бала хуьлуш хилча? Наьрт-аьрстхошна, шегара ницкъ гайта, ц1еран хьорканаш т1е а хоий, инзаре йоккха г1овг1а г1аттош хилла Селас, стигла каглуш, дакъанаш хуьлуш охьат1ейоьлхуш санна хоьтуьйтуш, ерриг стигла а къекъош. Села 1аш волу стиглан 1аьрчеш даима 1аьржачу мархаша хьулдинера. Дог1анах юзайой, мархаш, лаьтта хьовсайой, оцу дог1анах ша, къора лаьтта елхайора, Селас, адамашна т1е кхин а доккха 1азап доссош. Кест-кестта цо, нуьрах-ц1арах дина села1ад кара оьций, лаьтта селахаьштигаш кхуьссура, дерриг а гонд1ахь дагош.
Дика а, вон а Селин карахь дара. Вонна комаьрша вара Села, диканна - сутар вара...
Дика къаьхьачу къица къийсамехь доккхура адамаша, ткъа вон - Селас ша луш дара.
Стигалний, лаьттаний юккъехь данм мостаг1алла лаьттара!
Селиний, адамашний юккъехь даим къийсам лаьттара! Наьрт-аьрстхой балано мел та1ий, г1адъоьхура Села. Села г1ад мел ихи, г1айг1ане йоьдура Сата. Сатина ч1ога лаьар наьрт-аьрстхошна г1о дан, делахь а Селех кхоьрура иза.
Оцу хенахь ломахь вехара ницкъ болу наьрт Пхьармат. Шен пхьалг1и чохь, нахана г1уллакх деш, дика пхьар хилла иза.
Пхьармат - эсала, комаьрша, ницкъ болуш наьрт хилла. Къамел к1езиг деш, къа дукха хьоьгура Пхьармата. Ойланаш дукха йора, адамийн балийна х1ун г1оли йийр яра-те бохуш. Цо ойла йора, Селина долара а яьккхина, адамашна ц1е муха яхьар яра-те бохуш. Бертахь ца пора иза Селас.
Ша дуьнен чу ваьлчахьана нахана юккъера диканиг, оьзданиг, хьекъалениг схьагулдеш вара Пхьармат.
Цуьнан дин Турпал гуттара ломахь парг1ат лелара.
Олуш хиллера наьрташа Пхьармате:
- Дин беречунна к1елахь бахчало, къонаха къийсамехь вахчало. Хьан дин парг1ат х1унда лела?
Пхьармата жоп луш хиллера:
- Сан дин бахчабелла бу. Хан т1екхаьчча, сан дино стиглара хаьштиг дахьар ду!
Цхьана дийнахь Пхьармата шен Турпале мохь тоьхнера, Органан ч1ож декош, ламанаш дегош, самаваьккхина, Селига аг1о хорцуьйтуш. Геннахь ломахь бежаш болу дин, шен да кхойкхуш хезна, дуьхьал терсира. Ткъес санна маса кхечира Турпал шен дена Пхьарматана дуьхьал. Караийцира Пхьармата чхьонкар, т1едуьйхира йоьзан г1аг1, хаьн т1е оьллира пхерчех юьзна хумп1ар, пхьаьрсах къевлира булийн не1арх йина йолу турс, коча тесира секха1ад, юкъах дихкира тур, буйна къевлира буьххьехь йоьза вед йолу г1оьмакх.
Шен Турпал динна юткъа нуьйр а тиллина, хьехан ма1а юьззина доьттина йий а мелла, "Бакхах санна ког латийталахь сан, бадах санна куг латийталахь!" аьлла, дина а хиъна, цкъа а цхьа а ца ваханчу, вахнарг вуха ца вог1учу новкъа велира иза. Наьрт-аьрстхоша Пхьармат воьдучу новкъа борц хьаьрсира, некъ дика хилийта аьлла. Макхах буьзна мохк х1оттийра: "Воьдаш вайн-веса хуьлда хьо, вог1уш веза-вуьзна хуьлда хьо!" - аьлла.
Дукха ихира Пхьармат. Ворх дийнаххьий, ворх1 бусий некъ бира цо. Ворх1 1ин, ворх1 лам хадийра цо. Шена т1ехь Села вехаш йолу стигал хьалалаьцна лаьттачу Башламанан духхе кхечира Пхьармат. Нисса хьала йолчу инзаре халчу басешкахула ирх некъ бира Пхьармата. Башламанан коьрте велира иза. Башламанан коьртехь хаза хьожа йолу бецашший, тайп-тайпана зезагашший дара.
Оцу Башламанан коьрте сада1а юссуш хиллера маьлхан нур догу Сата, Села-Сата, Селин езар, наьрт-аьрстхойн нана.
К1айн олхазар хилла дуьхьалъелира иза Пхьарматана. Адамийн маттахь цуо элира:
- Х1ай ницкъ болу наьрт! Хьо лаа-тара ца ваьлла х1окху Башламанан буьххье.
- Бакъду иза, комаьрша олхазар, со лаа-тара ца ваьлла х1окху Башламанан коьрте. Со стигланан кхерчара адамашна ц1еран хаьштиг дахьа веана, и доцуш вухавоьрзур волуш а вац, - жоп деллера Пхьармата.
- Дикачу г1уллакхана араваьллачун некъ дика ца хилча амал дац. Ас г1о дийр ду хьуна, - аьллера Села-Сатас.
Юха а хаьттинера цо:
- Дин дика буй хьан?
- Мохал маса бу сан дин, - жоп деллера Пхьармата.
- Ницкъ болуш буй хьан дин?
- Сан дино берг тоьхначохь шовда гучудолу.
- Ницкъ болуш вуй хьо хьуо?
- Сан карахь шийла боьрза бакхал, балозал к1еда хуьлу, - элира Пхьармата.
Села-Сатас дийцира Пхьарматана муха, муьлхачу новкъа вахча кхачалур ву Селин кхерча, дийцира цуьнан кхерчара ц1еран хаьштиг муха эцалур ду.
- Села х1инца вижина хир ву. Мох санна чехка хьайн дин д1ахахка. Селин кхерчана т1ехула кхоссабалийта иза. Цу чохь йогуш йолчу ц1арна хьо т1е ма нисвеллинехь, охьа-чукховдий, катохий, ц1еран хаьштиг схьаэца. Цул т1аьхьа хьайн дин, юханехьа, нисса Башламанехьа хахка. Ларлолахь! Инзаре ву Села! Къиза ву Села! Иза самавалахь дийна д1авохуьйтур вац цо хьо а, я хьан дин а. Лаьтта ц1еран хаьштиг д1акхачор дац ахьа т1аккха.
Иштта, Сатас ма-хьеххара, г1удлакх дира Пхьармата.
Чехка хахкабелла, Селин кхерчана т1оьхула кхоссабелира Пхьарматан дин. Охьакхевдина, ц1еран хаьштиг схьаэцна, Башламанан коьртехьа хаьхкира Пхьармата шен дин. Дин сов маса хьадарна, хаьштига т1ера г1евттинчу суйнаша дехха ц1ига диллира Пхьарматана т1ехьа. И суйнаш меран1уьрга дахана, самавелира Села. Гира цунна майрзчу наьрто шен ц1ергара хаьштиг хьош. Хаьара Седина, ц1е караеъча, стаг ницкъ болуш а, майра а хир вуйла, т1аккха иза шена дуьхьал г1оттур вуйла.
Боккха ницкъ карабахнера стагана. Кхеравеллера ницкъ болу Села. Доккха орца даьккхира Селас майрачу наьртана Пхьарматана т1аьхьа. 1аьржа буьйса чохь йолу китт схьадаьстира Селас. Пхьарматана шен куьйгийн п1елгаш ца гуш, динан лергаш ца гуш, 1аржъелира. Са ца гуш дисира Пхьарматтий, цуьнан динний. Эхка дахана х1аллакьхиларна кхерам бара царшинна. Амма тамашена хазачу олхазаро Села-Сатас, хьалха а даьлла, шен исбаьхьчу эшаршца некъ хьоьхура цунна.
1аьржачу буьйсанан ницкъ ца кхаьчча наьрттий, цуьнан динний сацо. Т1аккха Селас схьадаьстира шен дарц чохь долу китт а. Чехка дарц т1аьхьахийцира Селас Пхьарматана. 1аьржачу буьйсаной, чехкачу дарцой ч1ог1а хьовзийра Пхьарматтий, цуьнан динний. Т1аккха а, хазчу олхазаро Села-Сатас, шен т1емашца дорцана дуьхьало еш, шен эшаршца некъ хьоьхура царна.
Пхьарматана гира, шен карара догуш долу хаьштиг чехкачу дарцо дойуш. Ц1е йоцуш лаьтта восса таро яцара цуьнан. Шен чета диллира цо иза. 1ожаллин хелхарца майрачу наьртана гонах хьийзара буьрса дарц, 1аьржачу буьйсано б1арзвинера, четахь долчу хаьштиго накха морцура. Дукха ч1ог1а ласторна, Органан хиш мокхазан бердашкара юьстах тийсинера, даккхийра нежнаш, орамашца бухдаьхна, чан хелигаш санна, стиглахула идадора.
Селина гира я 1аьржачу буьйсане а, я ч1ог1ачу дарце а наьрттий, цуьнан динний сацалуш цахилар. Зен-зулам доцуш стиглан орцанах наьрт к1елхьараволуш лаьттара.
Т1аккха схьадаьстира Селас морса шело чохь йолу кхозлаг1а китт а.
Морсачу шелоно ламанан тархаш лоьдхуьйтуш, ламанаш хабийнера, делахь а майра наьрт Пхьарматтий, цуьнан дин Турпаллий хьалха д1аоьхура.
Ч1ог1а кхеравелира Села. Цунна гира майра наьрт Башламанна охьабуххе кхочуш. Х1инца к1елхьараволуш лаьттара иза. Сов ч1ог1а г1ирвоьлла, ц1ерах-нуьрах дина, шен села1ад схьаэцна, наьртана т1аьхьа селахаьштигаш кхийса вуьйлира иза.
Селахаьштигаша ламанаш лестадора, г1орийна лаьттина шовданаш доладалийтира. Органан тулг1еш, къаьхкина жан метта санна, ламанан басешкахула д1ай-схьай хьовдийтира, ламанан лекха тархаш, дийна йолуш санна, меттахъхьера.
Морсачу шелоне а, ч1ог1ачу дарце а, 1аьржачу буьйсане а, села-хаьштигашка а ца сацавелира майра наьрт Пхьармат. Шега хьуьй-суш наьрташ болчу йоккхачу хьеха чу д1акхечира нза.
- Х1ан! Х1ара ю шуна ц1е! - элира Пхьармата цецбевллачу наьрташка.
- Х1ор б1аьвна чу, х1ор хьеха чу, х1ор г1али чу латаелаш ц1е! Г1аттаелаш йоккха алу! Х1ор ц1а чохь хилийталаш ц1е! Хилий-талаш йовхо! Хилийталаш серло!.. Ма яйталаш ц1е цкъа а! Хилда шу ирс долуш!
Т1аккха оцу хенахь йоккха г1овг1а г1аьттира Селас т1ом беш... Стигла яра лаьтте гуттаренна а мостаг1ал хьедеш! Стаг вара Селига гуттаренна а къийсам хьебеш! Села, г1ирвоьлла, оьг1азвахнера!
- Ирс долуш хуьлда шу! Шуна т1ера Селин 1азап д1аайдархьама со 1азапе вожа везаш ву! Ирс долуш хуьлда шу! Суна г1айг1ане ма хиладаш!
Майра наьрт Пхьармат селахаьштигашний, шелонний, дарцанний, 1аържачу буьйсанний дуьхьалвахара Башлам т1е. Цуьнан коьрта т1оьхула селахаьштигаш лелхара, дарцо д1ай-схьай веттара иза, куьйгаш-когаш шелоно дахьийнера цуьнан. Иза Села вара ог1азваханчуьра васта ца луш.
Башлам т1е, шена дуьхьал стиглан 1аьрчашка хьалавог1уш май-ра наьрт гича, Селас меллаша катташна чу уьйзира дарцций, шелой, буьйсий. Аренашкара, 1аннашкара, лаьмнийн басешкара шело, цкъа а ца дешаш 1иллина ло, г1ура меллаша Пхьарматана т1аьхьа Башламанан коьрте хьалаяхара. Лайн, шан йийсаре бахана д1ах1оьттира Башламанан корта, цкъа а кхин д1а ца яккха цуо шен коьртах к1айн башлакх хьарчийра.
Мохь туьйхира Селас:
- Айхьа стиглара ехьначу ц1арх хьегавойла хьо! Йовхонах хьегавойла хьо! - аьлла.
Шен тешамен лай, цхьа б1аьрг болу 1ужа вахийтира Селас Пхьарматана дуьхьал гезан з1енаш* а эцна. Башламанан коьрте д1авихкира 1ужас Пхьармат оцу з1енашца.
Пхьарматана 1азапна аьлла, Селас хьалагулйинчу шелоно, г1урано, лайно Башламанан корта г1орош д1алецира.
Пхьармата лаьтта еанчу ц1аро дерриг дуьне дохдира, аренаш, ламанийн басеш, к1орга 1аннаш хаза хьожа йолчу бецаший, тайп-тайпанарчу зезагаший дукъдина д1ах1иттийра.
Массо а 1уйранна д1авихкина волчу Пхьарматана т1едог1у дерриг олхазарийн эла Ида. Пхьарматан голаш т1е охьахоий, даима дхьа хаттар до цо:
- Х1ай декъаза Пхьармат! Х1ай къинан Пхьармат! Дохковаьллий хьо айхьа динчунна? Хьо дохковаьллехь, ас хьавийр вац хьо, ца ваьллехь, хьан до1ах дожур ду ас!
Шена хин долчу инзаречу 1азапан ойла ца еш, гуттара а цхьа жоп ло Пхьармата:
- Х1ан-х1а! Дохко ца ваьлла. Ас адамашна ирс делла, ас ада-машна йовхо, серло елла! Дина даьллачу дикачу г1уллакхана дохковала мегар дац!
Ткъа олхазарийн эла Ида шен болатан з1ок мокхазан т1улгех хьокхий ирйой, Пхьарматан до1ах дажа долало.
Пхьармата цхьа узар ца бо. Цуьнан б1аьргаш чу цкъа а т1уналла ца юссу. Доккхачу доьналлица, воха ца вухуш, лов цо и доккха 1азап, и доккха лазар.
Оццу хенахь дуьйна схьа ду-кх вайнехан наьрт-аьрстхойн къонаха воьлхуш цахилар. Оццу хенахь дуьйна ду-кх ламанийн баххьашкахь даиманна а ца дешаш дижна луо, ша, хьоькхуш шийла дарц. Пхьармат Башламанан коьрте д]авихкича, цунна 1азапна аьлла, Селас цига хьалагулдина-кх иза, даиманна а иза йовхонах хьего, ц1арах хьего.
Оццу хенахь дуьйна схьа ду-кх шерачу аренашкаххьий, к1оргечу 1аннашкаххьий, ламанийн басешкаххьий хаза хьожа йолу бецашший, тайп-тайпана зезагашший. Оцу хенахь дуьйна схьа ю-кх лаьттахь йовхо, беркат, серло. И йовхо адамашна Пхьармата сана! Ткъа Пхьармат д1авихкина ву оцу Башламанан буьххье. Иза даиманна а доккхачу 1азапехь ву, амма цкъа а лийр вац иза! Турпал ца ле! Турпал даим веха!

___________________
* Йоьза з1енаш

5. Г1АМАШКИН АЬЛДА

Тхан ялхалг1а да Г1амашкин Аьлда хилла Галанч1ожара. Цо Ч1арамхара зуда ядийна. Цхьана бердан хьехах д1алачкъийна цо иза.
И зуда д1аяккха б1а бан безаш хилла кхузткъе кхо б1ахо. И б1а бог1ург бу бохуш, ворх1 дийнахь, ворх1 бусий чохь дахкийна цо жай, даьхний. Кхузткъе кхоъ пху кечбина хилла цо 1адаца кхосса.
Иштта цу хенахь кхузткъе кхоъ б1ахо вог1уш хилла. Зудчуьнга ша и б1а ларор бу, ахьа даьхний хи т1е хеца аьлла, ша д1алечкъина хилла боху иза. И бежнаш Гиха т1е хецна зудчо. Уьш т1е х1ит-х1иттанчара хи д1алакъош хилла цара.
Т1аккха цу бежнашна и б1а чухьаьдда. Аьлдас церан лекхарчунна пху тоьхна: "везан дела тоьхначуьнга бен схьа ма баккхабалийталахь", - аьлла.
Церан т1ом болабелла. Кхузткъа вийна цо, кхоъ к1елхьараваьлла.
Уьш д1абахча, хьеха чу лаьхкина даьхний. Зудчо, цецъяьлла, хаьттина:
- И ахьа тоьхна пху царна д1а ма кхетара, амма цара кхоьссинарг хьуна ма ца кхетара.
Ц1ийндас аьлла:
- Хьан 6ала бац, г1уллакх дац.
- Ахьа схьа ца алахь, ша Гиха чу эккхар ю, - аьлла зудчо.
Шозза сацийна цо иза Гиха чу эккхачара. Т1аккха иза кхин 1ений 1ен а ца 1ийна, цо шен коьртара месаш д1а а яьхна, д1агайтина хье т1ера урс, кху уьрсаца кхо ц1ен т1адам ца баьккхича, лийр волуш вац ша аьлла.
Турпал стаг хилла боху иза. И зуда ялийна там д1аберзош масийтта б1е етт, уьстаг1 делла цо сунцхошна.
Ноьйцалг1а бахна уьш. Йо1а нене д1айийцина цуьнан къайле: хьай т1е 1уьллуш урс ду аьлла.
Стуннанас хабар дахьийтина, уьстаг1 тилабан урс даийта аьлла. Цо шен киснара схьа а даьккхина, кхин мокха дахьийтина. Стуннанас яра ца деза, кхин урс даийта аьлла хабар дахьийтина. Шегахь кхин урс дац аьлла цо. Стунанас юха а хабар дахьийтина, хьайгара важа урс даийта, шена хаа хьоьгахь дуйла аьлла.
Кхин г1уллакх ца хилла, цо д1а а вирзина, шен хьай т1ера схьа а эцна, д1адахьийтина мокха.
Уьстаг1 тилина баьлча, стунанас чу а яьлла:
- Х1а, х1ара ду хьуна ахьа ч1аг1а хала даийтина урс, - аьлла, д1аластийна, ноьйцана гола т1е а тухуш. Аьлда кхетта шена бинчу тешнабехках. Шена ц1ий ма даьллехь, г1алий не1арех боллу г1у схьа а баьккхина - уггар хьалха шен стунана, т1аккха шен зуда, стунда, шега велуш верг вийна цо. И цо уьш байина г1у хьалха иштта г1ала д1акъовлуш буллуш хилла.
Цул т1аьхьа юьртах а ваьлла, воьжна боху иза.
Нахана а гуш, стиглара цхьа 1аьржа бода т1е а беана, цхьа 1аьржа марха хилла стигал хьалаваьхьна боху иза.

6. Г1АМ

Цхьана нахана когаш хьалха йо1 йина хилла. Дикка хан яьлча, йо1 йоккха хилча, ч1ог1а боьха лелаш хилла иза.
Церан лулахь 1аш цхьа стаггий, зудий хилла.
Мосуьйттуза а цу лулахошна буьйсина юккъехь шаин корех чу хьоьжуш, боккха сийна ши б1аьрг а къегош, 1аьржа цициг гуш хилла.
Х1етахьлерачу хенахь зударий сих-сиха боьлхуш хилла г1амалха, цундела цу стага иза х1ун ду хааза 1ийр ма ва ша аьлла, ц1ийдина эчиг тоьхна хилла цу цицигана юьхь т1е.
Цхьа-ши ле даьлча, цу стагана гина хилла юьхь т1ехь ц1ийдина эчиган муо а болуш лелаш йолу шен лулахойн йо1.
Иштта хиина боху стагана и йо1 г1омалха йоьдуш хилар.

7. ХЬУЬНАН ЙО1

Цхьа к1ант вахна хилла лома жа дажо, т1аккха цунна цигахь хьуьнан йо1 гина хилла. Ц1авеъначу цо д1адийцина, шена хьуьнхахь гинарг, т1аккха шолг1ачу 1уьйранна, буьйса чекхъяьлча, велла карийна иза. Нохчашна юккъехь дуьйцуш ду и хьуьнан йо1 гинарг и д1адийцича, ле бохуш.

8. ХЬУЬНАН ЙО1АН САРДАМАШ

Хьалха заманахь, иза ша шуна гуш хилар санна бакъ ма ду бохуш, дуьйцура тхан девашас, цхьа стаг вахана хилла юьстахо долу кха т1ера хьаьжк1ашна хе. Юха 1уьйранна иза ц1аван хьевелла аьлла хетта, цуьнан зуда яхана хилла т1аьхьа.
Ша йолчахь цецъяьлла йисина иза: чардакха т1ера охьаяьхкина лаьттахь 1охкуш, малх санна хазачу дашо басахь можа месаш гина цунна. Царах дукха кхоам хетта, оцу зудчо шен ц1ийндас хьакхарчий къахко детта деана хилла тас схьа а эцна, цу теса чу гулйина и месаш. Цул т1аьхьа, ша еаний а ца хоуьйтуш, ц1аяхана.
Шен месаш хьейиний а хиъна, ша гиний а хиъна, цигахь хиллачу хьуьнан йо1а ч1ог1а чам байина хилла тхан девешин. Ша цхьаннина а ган йиш йолуш яц олуш хиллера оцу хьуьнан йо1а.
Цул хьалха а цига чардакхе йог1уш хилла и хьуьнан йо1. Делахь а цул т1аьхьа кхин ца еана. Цо дукха сардамаш дехна хилле-ра ша д1айоьдуш.
Иза цуьнан сардам хилла хеташ бара тхан нах шайна, шайн дахарехь ког метта ца х1отторна. И хьуьнан йо1 бахьанехь к1ур байна шайн олура цара.

9. АДАМ-ЛИЛБАЗ

Ч1ог1а бертахь 1аш-дехаш хилла зудий, майрий.
Шайт1ано шен к1орнеш адамашна вон белхаш бе аьлла арадаьхна хилла. Царех цхьанна т1екхаьчна хилла адам-лилбаз.
- Массо а х1ума дан дели соьга, адам-лилбаз, амма ч1ог1а бертахь 1аш долу зудий, майрий вовшех ца даккхадели соьга.
- Уьш ас бохур бу хьуна вовшех, иза хала г1уллакх дац, - аьлла лилбазо.
Цхьана дийнахь оцу зудчуьнга адам-лилбазо аьлла:
- И хьан майра шун лулара зуда езаш ву хьуна, хьо ца еза цунна.
Зудчо шен майра тергалвина, лулахочуьнга вистхуьлий-техьа аьлла. Цхьана дийнахь ц1авог1уш цунах б1аьрг кхетна, хьо йоьду аьлла, вистхилла иза, шен лулахо хиларе терра. Зудчо адам-лил-базо аьлларг цу т1е а тидина, шен дагахь дегабаам бина хилла.
Адам-лилбазо шен г1уллакх новкъа даьллий а хиъна, д1адолийна шен зуламе г1улкхаш.
Адам-лилбазо аьлла зудчунга:
- Аса хьуна хьо езийта молха хьоьхар ду. Цунна наб кхеттачул т1аьхьа цуьнан лога к1елара кхо чо баккха уьрсаца.
Цул т1аьхьа адам-лилбазо з1е тесина майрачуьнца.
- И хьан зуда хьо вен араяьлла ю. Цунна хьо ца веза, - аьлла цо цуьнга.
- Ой, со муха ца веза, тхойшиннал бертахь дехаш х1усамдай-наний хир ма дац. Бакъ дац ахь дуьйцург!
- Хьо ца теша, дика ду. Х1ета делахь тховса хьайна ч1ог1а наб кхетта кеп х1оттае, т1аккха хьожур ву хьо хьайна цо х1ун до.
Шена ч1ог1а наб кхетта кеп х1оттийна х1усамдас. Хар-хир деш 1ачу майрачунна т1ех1оьттина зуда, кхо чо баккха. Урс гича, иза ша вен еъна моьттуш, хьалаиккхина х1усамдас шен зуда йийна.
Орцахбаьхкина зудчунан ц1еранаш. Шайн зуда йийна карийча, цара шайн нуц вийна.
Иштта шайт1ане ца даделла инзаре зулам дан ницкъ кхаьчна адам-лилбазан.

10. АЛМАЗАН САРДАМ

Цхьана стага шен к1ант вахийтина хилла Хорача т1ехула жа дажо. Х1ора дийнахь азлуш, г1еллуш хилла к1ант. Цу г1уллакхана т1аьхьакхуьуш ца хилла да. Цо х1ора дийнахь йолчул а сов яа х1ума яхьуьйтуш хилла к1антана т1аьхьа, к1иранна йог1ург шина-кхаа дийнахь а йохьуьйтуш. Амма хийцам хуьлуш ца хилла. Т1аккха да ша вахана к1антана яа х1ума эцна.
Кхин к1антера х1умма а шена ца хезча, ша д1авоьду аьлла. д1алечкъина да. Оццу хенахь к1антана т1е а деана, алмаза, схьаеан вайшиннан юург аьлла, к1антана еана юург яа х1оьттина.
Эццахь дас топ тоьхна алмазана. Алмазо ц1е яйла... к1ур байла... аьлла сардам боьллина.
Цул т1аьхьа и да а велла, к1ант а х1аллакьхилла.

11. АЛМАЗО К1ЕЖ ТЕССИНА МЕТТИГ

Тхан дена, 1елахьажина ден дедена 1исина алмаз ган а гина, цо цуьнан к1еж* а яьккхина бохуш хезна шен дегара, Жаьмбекера.
Хьалха х1окху дукъа т1ехь 1иса ша хилла 1аш. Дика вехаш стаг хилла иза. Дукха даьхний а, накхарш а лелош вехаш 1аш хилла иза.
Раг1у хилла берд йисте кхаччалц. Цу чохь д1акъовлуш дакъийна жижиг а, яххьаш а, харанех диначу шелигаш чохь 1ахьар а хил-ла цуьнан.
- Цу чу а оьхуш, и х1умнаш леч1айо алмазо, кху уьйт1а охьа а хуий, т1арг1а буьтту сурт х1иттадо, хьо ц1ера массоза вели, - бохуш хилла 1исига цуьнан зудчо.
1исас лардина и алмаз. Д1а а леч1на. Деана схьакхаьчна алмаз. Даьккхинчу туьраца т1аьхьаваьллачу 1исас масех го баьккхина, т1аьххьара а бердах чу и алмаз тассаделча, к1еж кера а сана, тур тоьхна схьаеккхина цо.
К1еж д1а а йиллина лелош хилла. Иза керта хилча, беркат ца оьшу олуш хиларна.
1ума д1аваьлча, Жаьмбек жима хиларна, ша дикох лелор ю аьлла, 1уми йишас (Сюжахь маре хиллачу) д1аяьхьна хилла иза.
Жаьмбек воккха хилча, и к1еж схьаехна. Вукхара, ца карайо аьлла, схьа ца елла. Уьш ч1ог1а бахам тобелла и д1аяьхьначул т1аьхьа охьахевшина. Шишана чу а йиллина лелош хилла цара и к1еж.
Х1инца а ю тхан ц1ийна юххехь "Алмазо к1еж тесна меттиг" шех олуш меттиг.

_______________________
* К1ажарш (диал.)

12. АЛМАЗИЙН БОЬРА

Алмазаш долчу хенахь черкси, ног1ий хилла кхузахь бехаш (Теркайисте), х1инца Калаус олучух цу хенахь Алмазийн боьра олуш хилла.
Цигахь хилла дукха ч1ог1а даккхий, инзаре алмазаш. Маьхьарий хьокхуш, 1адош, талхош хилла цара адамаш. Церан зударий даккхий дог1маш долуш, накхой т1ехьа туьйсуш хилла. Божарий ч1ог1а ц1армат хилла.
Тхан юьртара цхьана стагана х1инцачул б1е шо хьалха, рег1ахь вижана 1уьллуш, да а деъна, т1ех1оьттина алмаз. Дукха кхеравелла, зуда яра я стаг вара ца хиъна цунна иза. Х1етахь бен кхеравелла ца хилла иза кху дуьненчохь цхьана х1уманах. Шегара топ тоьхна, цо кхерина алмаз. Цу алмаза хьаькханчу ц1ог1но 1адавина циггахь висина иза. Цуьнан говр къехкина цу махьарах 1ела-юьрта д1аяхна. 1уьйранна г1аш д1авахана и стаг.
И стаг велла х1инцачул ткъа шо хьалха, цо дийцина бакъдерг ду иза. Уьш б1аьргашна гина кху заманахь адам дац, адамаш даха хевшича, царех къехкина д1адевла уьш.

13. АЛМАЗАХ БАЬЛЛА ПАЙДА

Дукха зама хьалха Ялхой-Мохк ц1е йолу эвларчу нахана шаьш цу юьртахь мас ву хууш ца хилла. Т1аккха цхьана х1ума хуучу зудчунна т1ебахана уьш. Цо цаьрга аьлла:
- Тега а тегий, кхо ког болу хечи д1аолла эвла юккъе. Шун юьрта дог1учу алмаза эра ду шуьга шу мел ду.
Т1аккха цу юьртарчу наха, шайга цу зудчо ма-аллара, кхо ког болуш хечи д1аоьллина эвла юккъе, ткъа шаьш цхьаццанхьа д1аличкъина. Дог1уш долчу алмазна кхо ког болу хечи гина. Цо т1аккха аьлла бах:
- Х1окху ворх1 эзар к1ур хьала боьдучу кху эвлахь кхо ког болуш мила ву-те? - аьлла.
Иштта хиъна бах царна шаьш цу эвлахь мел ду.



Нохчийн фольклор. Чулацам.

Сайт управляется системой uCoz