1. ШЕРИПОВ АСЛАНБЕК
ХАЛКЪ балехь латтадар
Дагна 1аьткъина,
Хьалхоша нах бацор
Даге ла
ца делла,
Майра дог кхехкаш,
Къийсаме велира
Асланбек Шерипов.
Балехь латтийна,
Къахьегна цхьа к1ентий
Шена т1аьхьах1иттийна,
Парг1ато яккхарна
Ойла т1еерзийна,
Ша лета вуьйлира
Асланбек
Шерипов.
Тешаме накъостий
Шена т1е гулбина,
Чехкаран цу г1алахь
Майра туп йиллина,
Ша лиэла ма велир
Тешаме Асланбек.
Буьйсанна
адамаш
Дийшинчу цу хенахь,
Хьаьттана го бина
Човкарчий ва санна,
Кхолха го лецира
Цу к1айчу эскаро
Буьйсана ва кийрахь
Чехкара
г1алийна.
Син метта топ кхетта
Ц1ен экха ва санна,
Ша хьалаиккхи,
тов,
Дог майра Асланбек.
Шен ц1ечу т1емлошца
И дуьхьалх1оьтти, тов,
Мостаг1чух лета,
Цу дошан дорцана.
Йолуш гla-буц санна
И луьста
к1айн эскар.
Шаьш иэго долийра
Йис кхетта г1а санна,
Цу дикачу
к1енташа.
Буьйсанна болийна т1ом
Дийне ва баьлча,
Турпалчу шен дег1о
Схьалецна сийна даш
Шен кийрахь дазделла,
Ша бухахь хадийна
Попан хен ва санна,
Ша лаха вуьйжи, тов,
Ц1ен баьчча Асланбек.
Цу тайна к1енташа,
Дегнашца дарбелла,
Демар-дарц ва дина,
Дохийра к1айн эскар.
Вицлур вац адамна
Вайн халкъан майра к1ант,
Эшарша вуьйцур ву
Вайн майра Асланбек.
2. Б1аьстенан зезагаш хазделла ма доьлху,
Лахенца аренаш сенъелла ма
йоьлху,
Кху беттан дейтталг1а де д1адолуш ма лаьтта,
Дейтталг1ачу шерачу
хьо юлуш ма лаьтта,
Гуьйренан эсиро зезагаш ва г1елдо,
Цу 1аьнан ва
дарцо аренаш якъайо.
Т1ехдаьлла беттаса г1елдала ма дулу,
Дейтта шарал
т1ехъяьлчахь хьан зама д1айолу,
Дакъаза ма яла хьо йина хьан нана,
Ницкъ
бина шен дагна хьо езаран марзоно,
1ехалац жима дог, хьо йоцчохь, ва Маржан,
Ц1е еца шен кийрахь х1ордашка яйаял.
Шен коьртера ва бала ша хьоьга
белхича,
Дарба дац шена-м хьо йоцург, ва Маржан.
Марша я хьо б1аьсте,
мел хаза йолуш ю,
Марша я хьо Маржан, мел хаза ю б1аьсте,
Б1аьстенца ахь
къийсахь - б1аьсте ма д1айолу,
Хьо тхуна ма юьсу, ва жима ва Маржан.
1уьйренан мехаша марг1ал буц ловзайо,
Суьйренан ойлано г1айг1анаш
т1еуьйзу,
Хьан хазачу шина б1аьрго ва дегнаш лестадо,
Дарба дац ва шена
хьо йоцург, ва Маржан,
Б1аьстенан кхаа баттахь шен динна ка хьоькхуш,
Аьхкенан кхаа баттахь сов ц1ена и лийчош,
Хьо ядон воллу ша, ва хаза
Маржан,
Хьо ядий йолахьа ва шега, ва Маржан.
3. Б1аьстенан зезагаш ва хьеста
Чухчахьера ва санна,
Бацалахь зезагех
нур детта
Гучигов и 1али* вуй шуьца?
Суьйре яйри шуна,
1уьйре яйри шуна?
Гучигов 1али вайри шуна?
Цо
яьккхина ордал яйри
шуна?
___________________________________________________________________
*Гучигов
1али 30-г1а шерашкахь Мартант1ехь, Нохчийчохь а г1араваьлла хаьжк1ашлелорхо
хилла.
4. КЪИНХЬЕГАМАХ ЙИШ
Тхаьш бен болх бина баьлчи,
Тхан белхалой тола боьлчи,
Элира боху
Сайдуллас:
Тхан компани вовшахкхетта.
Тхаьш беш болу болх бина бевлчи,
Тхан белхалой тоьлла бевлчи,
Оха
яьккхира ц1ен байракх,
Тхайн Уду - ударник ван.
5. УЧЕТЧИКАНА ЛЕКХНА ЙИШ
Къоламца д1аязъеш,
Чоьтаца лоруш,
К1адвелла учетчик
Сада1а
витийша,
Пелвелла учетчик
Д1авижа витийша.
6. Беттан нур дайна-лала, лала,
Маьлхан нур дайна-лала, дала.
Ва
мама, сан к1орни дайна-лала, лала
Районе лаха вай-лала, лала.
Баттаца лела дахна к1орни ду сан,
Малхаца лела дахна к1орни ду сан,
Цу нехан районехь к1орни ду сан.
Со ца хьоьгу, нийсархой, шу
к1орнеха.
7. Сарахь хит1е ца йохийту.
Корах ара ца хьожийту,
Лула к1орни дог1у
бохуш,
Лулахошка ца йохийту.
Сарахь хит1а ма яхийта,
Корах ара ма
хьажийта,
Йиш яций хьан, йина нана,
Колхозе балха ца яхийта.
8. Ас баттаца къестинера хьо,
Ас малхаца къестинера хьо,
Хьо бай сан
дезаш х1ума дац,
Хьоьхи ялахь, ас х1ун дер-техьа?
1уьйре йог1у хьо ца вог1у,
Суьйре йог1у хьо ца вог1у,
Сайн нийсаройн
х1уьттаренна
Хьо вог1ийла лаьа суна.
Ва хьо варах хила сий дац,
Хьо ца варах сан дан сий дац,
Дика хета,
велла валарг,
Хьо мел стаг ву сайна хиъна.
Бетти дуьхьа дола, к1орни,
Маьлхи дуьхьа дола, к1орни,
Кхо кхоьллинчу
дели дуьхьа,
Тхан колхозе дола к1орни.
9. Бакъахьа хирий-те
Ас йина ойла?
Хаьрца хирий-те
Ас йина
ойла?
Колхозан белхаш
Чекхбаьхна яьлча,
К1орнега яха
Йина ойла?
10. Цхьа кегий нах кхиъна вайна,
Шайн дагахь кура болуш.
Жигетке бен
са ца къоьруш,
Касенке бен д1а ца хьожуш.
Цхьа мехкарий кхиъна вайна,
Шайна дагахь кура болуш,
Кастоме бен са
ца къоьруш,
Хурашке бен д1а ца хьожуш.
11. НАНАС KIAHTAHA ЛЕКХНА ЙИШ
Стиглахула лела-теша,
Лаьттахула лела-теша,
Сан к1ант эцна яхна
машен,
Мичахула лела-теша?
Стиглахула ма ца лела,
Лаьттахула ма ца лела,
Сан к1ант эцна яхна
машен,
Дозан йисте д1а ма кхечи.
Суьйре ларъян жима вара,
1уьйре ларъян жима вара,
Армера герзаш мара
къуьйлуш,
Доза лардан жима вара.
Суьйре маьрша ялайойла,
1уьйре маьрша ялайойла,
Нанас винарг, воьдуш
санна,
Марша-могуш валавойла.
Со кхокху белахьара,
Кхокхунан мотт хаахьара,
Пана махка д1аяхана,
Сайн к1ант ларван хьожур яра.
Лекхачу лома юьйлуш,
Шерачу ара юьйлуш,
Дуьне мел ду ара яьлла.
Сайн к1ант ларван хьожур яра.
12. Суьйре хьаьнга кхийлар ахьа?
1уьйре хьаьнга кхийлар ахьа?
Хьо
Карасни Арми воьдуш,
Езар хьаьнга кхийлар ахьа?
Суьйре вешига кхийлина ша,
1уьйре вешига кхийлина ша.
Ша ц1а валлалц
йолчу ханна
Хьо шен вешига кхийлина ша.
Цхьаьна шарахь хьоьжун яри,
Шина шарахь хьоьжун яри,
Хьо варах дог
дилла доьлчи,
Сов ярий-техь вайшийна хан?
Схьакхетачу маьлхан сийдеш,
Чубузачу маьлхан сийдеш,
Ва хьо волчу
нехан сийдеш,
Хьо ц1аваре хьоьжур ма ю.
13. Ва сийна бай болий-техьа,
Бай т1е зезаг долий-техьа,
Ваша волчу
пана махкахь,
Са дайча, са хуьлий-техьа?
Ва сийна бай болу боху,
Бай т1е зезаг долу боху,
Ваша волчу пана
махкахь,
Са дайча, са хуьлу боху.
Ва масане нана хир ю
Цу дозане ладуьйг1уш,
Вай, хала ду, йина нана,
Цу дозане ладег1а.
14. К1АНТ ЭСКАРЕ ВИГНАЧУ НАННА ЛЕКХНА ЙИШ
Цу арме мел воьдуриг,
1ожалла кхочий ца воьдур-кха,
Ва, нана, хьо ма
елхахьа,
Ла-ла-ла л а.
Шери машен* 1 цхьа г1ийла аз хеза шена,
Шен ненан аз хир ду иза,
И ца
хеза генаваккха,
Ла-ла-ла-ла.
Ц1ери машена цхьа дуьткъа аз хеза шена,
Шен йишин аз хир ду иза,
И ца
хеза генаваккха,
Ла-ла-ла-ла.
Ц1ечу эскаре вахана ву,
Вайн доза ларда вахана ву,
Командир хилла ц1а
вог1ур ву,
Со г1ур ю шуна
к1орнига.
__________________________________
*Ц1еран машен - ц1ерпошт.
15. - Дези билет эца йоллу,
Со машен т1е яла йоллу,
Нанас винарг арме
воьдуш,
Цуьнца арме яха йоллу.
- Дези билет ма эцалахь,
Хьо машен т1е ма ялалахь,
Чехка т1ом
болабелчи,
Т1ехьа лечкъо хала хир ю.
- Т1ехьа лечкъа ца йог1ий со,
Къайлайийла-х ца йог1ий со,
Чехка т1ом
болабелчи,
Хьуна хьалхах1итта йоллу.
Чехка т1ом болабелча,
Т1амана хьалхавала аьлчи,
Элир, боху,
нанасвинчо:
Мама юьсу эрна арахь.
16. Сийна бай бели, ваша,
Бай т1ехь зезаг дели, ваша,
Хьо арме
вигчахьана
Хьан нийсарой баха хевши.
Дитто орам теси, ваша,
Нах доьзалца тар ма бели,
Хьо армеха
вигчахьана
Вина нана г1ел ма ели.
Шен куьйгаца корта лаьцна,
Шен цергаца балда лаьцна,
Ахь йитина йина
нана,
Оха муха хьеста еза?
- Аша дола дан даьхни дац вайн,
Аш терго ян керт-ков дац вайн,
Вай
цхьа г1ийла нана ю:
Дола делаш г1ийлачу ненан.
Яккхий тоьпий тата хезчехь,
Германа т1ом герга кхаьччи,
И дуьнен чохь
хир вац аьлла,
Д1а ма яха декъалара йо1.
Хьуна билла бехк бац сан,
Хьуна ала х1ума дац сан,
Хьо ехийла хьайна
г1оза,
Ц1а вог1ийла нанас винарг.
17. Германа т1ом болабелча,
Тоьпийн тата хаза доьлча,
Сан кийра ц1е
ма юьйлу,
Ваша армехь волу дела.
1уьйранна йоьлхие со-ма,
Суьйранна йоьлхие со-ма,
Йоьлхий со-ма, йина
нана,
Сайн вешина х1ун дер, олий.
1уьйранна х1унда ца йоьлху?
Суьйранна х1унда ца йоьлху?
Ваша армехь
волу йиша,
Шен вешина х1унда ца йоьлху?
Ма елхахьа хьайн вешина
Ваша арме вигна йиша,
И хьан ваша ц1авог1ур
ву.
И ван воцчо х1ун дан деза?
К1ант арме вигна нана,
Ма елхалахь хьайн к1антана.
И хьан к1ант
ц1авог1ур ву.
И ван воцчо х1ун дан деза?
Йо дела, велара сан,
Везан дела, велара сан,
Кхана арме вуьгу бохуш,
Нанас винарг велара сан.
Суьйренаш ас ларйийр яра,
1уьйренаш ас ларйийр яра,
Нанас винарг вог1у
бохуш.
Ши шо аса лардийр дара.
Нанас винарг веъна кхаьччи,
Цунна
езар ялор яра.
18. Йо дели, елира со,
И стиглара мокха марха,
Хьаьвзира яра цу
Германе,
Дог1у хилла йоьлхур яра;
Вайна доьлху мела дог1у,
Шайна
доьлху даш ду боху.
Вайна къега сийна стигла.
Шайна кеманан дур ду боху.
Ва, нана ма ле церин,
Вай царна х1ун дан деза?
19. СОВЕТСКИ СОЮЗАН ТУРПАЛХОЧУХ
НУРАДИЛОВ ХАНПАШЕХ ЛАЬЦНА ИЛЛИ
Аренай эрзалахь к1езийн бен боьхча,
Татолийн гечешкахь барзо кадетта.
Ламанан хотешкахь к1орнина тоьхча,
Дарлой, и лам бекош, лоьмо мохь
бетта.
Стигланаш йоьлхур ю, латтанаш лелхар ду,
Халкъан к1ант херлур вац
гергарчу халкъах,
Т1ема а валийта, лаьттах а волийта,
Мостаг1 вай вуьтур
вац хьомечу махка.
Мерза ду халкъана, маршонна летта,
Шен ц1ий а 1анийна, шен латта хьандар,
Сийлахь ду халкъана тешаме хетта,
Цуьнан дуьхьа воьрзу каш цкъа а ца
къандар.
Сийлаллин майраллаш, къонахийн дегнаш
Заманан хьелаша билгалдо, къестош,
Лаьмнашха лаьтта уьш даиман къега,
Кхоьллинчу халкъаша даиман
хестош.
Къомана сийлахь ду къонаха къастар,
Дикчу ден дог доьлу, дика к1ант
кхиъча,
Тайпанна томмаг1 ду к1анта юкъ ястар,
Южур ю стеган ц1е, атта
некъ лиъча.
Хьенан каш хин дара къонахчун лулахь,
Яхь йоцчу г1алица г1аланаш
хуьлучул,
Хьенан тур хин дара мостаг1чун ц1илахь,
Кхелинчу доьхкарах
кура текхош хуьлучул.
Турпала Ханпашин сирла ц1е ели,
Замано литтинчу халкъан к1енташца,
Даймехкан къаьмнаша Ханпаша хестош,
Довхачу даг т1ера иллин аз дели.
Да-нана доккхаде, сий долуш хилла,
Доттаг1ий реза бан яхь йолуш хилла,
Шен езар елаян дог майра хилла,
Майрачех ца1 хили и жима Ханпаша.
И вара къонахех къонаха хилларг,
И вара сийлаллин сий довзан ваьхнарг,
И вара оьзда дайн некъах ца тилларг,
Ламанан турпалийн ц1ерш дукха
яьхнарг.
И вара буьрса т1ом ловзарах тарлуш.
1ожалло куьг кховдош озалун воцург,
И вара латтанаш лелхарх ца къарлуш,
Керчинчу кхерамехь кхерам ца гун
верг.
20. 1уьйре йоьлхуш еара вайна,
Суьйре йоьлхуш еара вайна,
Махках
дохучу кхарин дийнахь
Лайца бала боьссира вайна.
Йиша йолчун йиша йоьлхуш,
Нана йолчун нана йоьлхуш,
Эвлах боккху бажа
санна,
Ма махках дехира вай.
Наний, бер вошахдоккхуш,
Йиша, ваша вовшахдоккхуш,
Йолаели ц1ери
машен,
X1apa Дег1аста т1аьхьатуьйсуш.
Стигланаш т1е х1унда ца йоьлху,
Латтанаш буха х1унда ца дуьйлу,
Шалон
Сибрех йолаелчи,
Х1унда ца дугу маьлха дуьне?
21. Де-дине мел дели,
Машен чехка йоьду.
Хан-зама мел ели,
Тхо
гена доху.
Тхо гена мел дехи,
Дуьне шеллуш лаьтта,
Шийлачу дуьгу-те.
Ва везан дела.
Шелонна цхьогалий
Ц1ийзачу Сибарех,
Мел йог1у
машенаш сецачу Сибарех
Тхо дита воллу хьо,
Ва везан дела.
22. Бежнаш 1оьхуш, ж1аьлеш ц1ийзаш,
Баккхий нах а, бераш а доьлхуш...
Йицлур ма яц 1аьржа 1уьйре,
Дуьненахь мел зама яккхарх.
23. Чехка ма г1о, чехка машен!
Маса ма г1о, маса машен!
Дига-дерза
меттиг боцуш,
Дукха адам дуьгу ахьа!
Ша чехка гlyp ма ю.
Ша маса гlyp ма ю,
Талин пирказ хилла
Шу
махках даха аьлла.
24. Эхь ца хийтира, машен, хьуна,
Бехк ца хийтира, машен, хьуна,
Юьртара баккхий нах машена ховшина,
И машен Сибреха д1айолаелча?
Эхь хийтирий, нохчий, шух-м,
Бехк хийтирий, нохчий, шух-м,
Сталин
пирказ юкъадаьлча,
Шу дигаза ша ца елира.
25. Хьо д1аяхарх тоьий, машен,
Хьо схьаярах тоьий, машен,
Тхан
дай-наной д1акхийсина
Хьо йог1ийла хаьий хьуна?
Хьо д1аяхарх тоьий, машен,
Хьо схьаярах тоьий, машен,
Йижарий-вежарий
д1акхийсина,
Хьо йог1ийла хаьий хьуна?
K1opa боцуш йисна-техьа,
Бинзин доцуш йисна-техьа?
Вай схьадалийна
ц1ера машен
Вай д1адига ма ца йог1у.
KIopa боцуш яций со-ма,
Бинзин доцуш яций со-ма,
Сталинера пирказ
доцуш,
Шу д1адига бакъо яц шен.
Ког ма бала, олу шена,
Ч1ург ма карча, олу шена,
Дег1астана шу ца
кхачарах
Ойла ца йо къиза Сталина.
26. Хьалаг1атта, нанас винарг,
Хьо вижина х1унда 1уьллу?
Дог1уш-доьдуш кехат доцуш,
Нана ю вайн яйна лаьтташ.
Ша вижина ма ца 1уьллу
Я наб кхетта ма ца 1уьллу.
Цуьнан балиний,
цуьнан г1айг1аний
1уьллий ша-ма, нанас йинарг.
Ма дог доьхна хир дара мамин,
Ойла йоьхна хир яра мамин,
Кегий
доьзалш цхьаьна боцуш,
Чехка шалон йолаелчи.
Дог доьхнарш шорта хир бу,
Ойла йоьхнарш шорта хир бу,
Дика Дела
накъост волуш,
Дала собар лойла шуна.
Яккхий хьаннаш цоьсту ярий,
Уьш, нисъеш, охьайохку ярий,
Сайна мама
гур юй хиъчи,
Бези бала лелор барий.
Дуьне мел ду д1аг1ур ярий,
Латта мел ду гена йолуш,
Сайна мама гур юй
хиъчи,
Бези бала лелор барий.
Дуьне мел ду д1аяхача,
Латта мел ду гена яьлчи,
Мама цигахь ца
карийча,
Сан къа мича даха деза.
27. 1уьйре тхуна йицлур юй-техьа,
Суьйре тхуна йицлур юй-техьа?
Тхо
мел гена д1адигарах
Бицлур ма бац хьоме Даймохк.
X1apa 1уьйренаш йицлур ма яц,
X1apa суьйренаш йицлур ма яц.
Къиза
Дег1астанах дахар
Дицлур ма дац, везан дела!
28. 1уьйре юхийла хьан, Сталин,
Суьйре юхийла хьан, Сталин,
Дезачу
х1уманах волийла хьо,
Тхо тхайн Даймахках санна.
29. Къор-кхокхийн бен бохи ахь,
Цу т1е боьду берийн некъ хади ахь,
Талин, тхо дахарх дохи ахь,
Йо дела, вилла хьо яшки чу.
30. Талин, тхо дахарх дохи ахь,
К1енташна дуьне къахьди ахь,
Талин,
тхо махках дохи ахь,
Йо дела, вилла хьо яшки чу.
31. 1уьйре йоьхний хаьий-техьа,
Суьйре йоьхний хаьий-теша,
Тхан
вежаршна шайна доьхна маьлхи дуьне
Тхуна доьхний хаьий-теша?
32. Суьйранна х1ума доцуш,
1уьйранна дарц ма делира,
Пхи минот хан
елла,
И часовош д1а ма х1итти,
И нана Дег1аста махкаха ма яьккхи.
33 Сийна стигланаш т1е х1унда ца йилхи?
1аьржа латтанаш бух х1унда ца
дийли?
И нана Дег1аста махкаха яьккхинчу дийнахь
Орцах х1унда ца вели
Воккха Хьаьжи?
34. Д1ай-схьай леста Оргу санна,
Органе лоьху гечо санна,
Вай долу
меттиг лоьхийла хьовсинчо,
Кешнийн керт лецийла куьг айинчо.
35. Хьундз леттей хьо, Хилдихьаруо,
Латта хьайна, Хилдихьаруо,
Кхокхуй къехкен г1ала санна,
Йасйелир хьо, Хилдихьаруо.
Хьундз леттей хьо, рузбан междиг,
Латта хьайна, рузбан междиг,
Тутмакх вигин г1ала санна,
Къарделлей хьо, рузбан междиг.
36. 1уьйранна малх кхетий-техьа,
Суьйранна малх бузий-техьа,
Вай
даьхначу Дег1астанчохь.
Са дайчи, са хуьлий-техьа?
1уьйранна малх кхета шуна.
Суьйраниа малх д1абузу шуна,
Вай даьхначу
Дег1астанчохь,
Са дайчи, са хуьлу шуна.
37 Ма дуьне дац вай дууриг,
Ма латта дац вай хьоьшуриг,
Латта бухахь
х1усам ю вайн -
Цу х1усаме дерза деза.
Т1ейилхинарг стигла йоцуш,
Буха дийлариг латта доцуш,
Нахана доьхна
дуьне доцуш.
Дуьйхи суна маьлхан дуьне!
Вай ириз я1, можа хьоза,
Хьан ирс хеташ яла йоллу,
Тхо леллачу цу
Кавказе
Хьо го боккхий юха дог1у.
38 Лекхчу лома хьаладуьйлуш,
Лаьтти буха охьадуьйлуш,
Шу леллачу
Дег1астанахь
Х1ун ду-теша, сан вежарий?
Ва эткаша когаш къуьйлуш,
Пилмоташа яккъуш къуьйлуш,
Шу леллачу цу
ламанца
Х1ун ду-теша, сан вежарий?
Ва шу дийшина х1унда 1охку?
Ва шу хьала х1ун ца г1овтту?
Х1ай,
вежарий, хьала а г1евтина,
Аш шайн йиша х1унда ца лоху?
Ваша волчун ваша вог1у,
Дада волчун дада вог1у,
Ас даьккхиичу 13
шарахь
Са-м ца хили вала дада.
39. Сан ялх шо кхачале со ц1ийнах ма ели,
Шо-шаре далале дех-ненах ма
ели,
Яьлла ц1е ва санна, бала т1е ма кхечи,
Да амал доцуш со цхьалха ма
йиси.
Шо-шаре делира, вала да воцуш,
Бутт батте белира, вала да воцуш,
Цхьана
хазчу 1уьйранна цхьа кехат кхечира соь,
Со йолчу сан дадас ша вог1уш ву
аьлла.
Со йина сан нана ялаза йисинехь,
Сан кегий вежарий къестаза бисинехь,
Со кхузахь йисарах тамаша бац хьуна,
Кхин ца ван хьажалахь кху сенчу
Сибарех.
Даарца, духарца со ларош ю шуна,
Ишколе яхана, со доьшуш ю шуна.
Дела
ша воцург, кхин накъост воцуш,
Ма елха алалахь со йинчу нене.
Цхьа дехар ду сан хьоь, со йина сан нана,
И дехар ло суна, со йина сан
нана,
Хьо йоцург дукха наной белхийна дуьнено,
Ца елха хьажалахь, со йина
сан нана.
40. 1уьйранна доьлха кийрара дог,
Суьйранна доьлха кийрара дог,
Ма
бехк бацара, кийрара дог,
Шовда хилла, 1анадахча.
Махка кхаьчча, мохк ца бевзаш,
Юьрта кхаьчча, юрт ца евзаш,
Шу муьлаш
ду, нохчий, бохуш,
Ц1а оьхар вай даламукъалахь.
41. Йо дела, йицлур юй-техьа,
Везан дела, йицлур юй-техьа,
Хьийзаш,
детташ лайн дарц долуш.
Вай махкаха даьхна 1уьйре.
Ва суна дицлур ма ду,
Со хетахь жима хилла,
Сан мамина дицлур ма дац,
Де мел дела карладуьйлуш.
42. Йижарийн дог делхош,
Йижарех дехи тхо,
Вежарийн дог делхош,
Вежарех дехи тхо,
Тайпанах дог дуьллуш,
Махкаха дехи тхо,
Тхо
вовшийн гур дуй-те,
Ва везан дела!
Мел хала хиллера
Юьртаха вала,
Цул хала хиллера
Махкаха вала.
Ца езаш ца юьту
Ва Нана-Дег1аста,
Болх хьоьга бели-кха,
Нана-Даймохк.
Илах1и я рабби,
Ва везан дели,
Кхиэл хьайгахь ва йолуш
Хьо эла
веца.
Дуьненан паччахьашлахь
Хьо паччахь веца,
Ахь царна кхиэл елахь,
Ва везан дела.
Тигал болатан кхоьлли ахь.
Латта болатан кхоьлли ахь,
Сталин, тхан
дахар дохи ахь,
Дела вилла хьо лахьти чу.
43. Йо дела, везин дела,
Тхо кхоьллина, дика дела,
Хьайн кхел хьукхми
духуш дацахь,
Дерзадехьа Дег1астана.
1уьйре йог1у бала бахьаш,
Суьйре йог1у бала бахьаш,
Д1аэцахьа бези
бала,
Хьайн кхел хьукхми духуш дацахь.
44. Буса кхета малх ца кхуьу,
Со йолчу ван хьо ца кхуьу,
Бехк ца
буьллу, к1орни, хьуна,
Сибарех ду, нанаяларг.
Дагна дукха дезна к1орни.
Со 1ийнера хьоьга хьоьжуш,
Ахь хьайна зуда
ялий,
Хьо хьайн дала декъалвойла.
45. Стиглахула кема даг1ахь,
Лаьттахула машен яг1ахь,
Дог1ур дац-те
бамбин кехат,
Вай Дег1астана дуьгу аьлла.
Стиглахула кема деа,
Лаьттахула машен еа,
Ца деа-кха бамбин кехат,
Вай Дег1астана дуьгу аьлла.
46. Шелонна ламанаш лелхачу цу махкахь,
Мацалла акхарой уг1учу цу
махкахь,
Тхан рицкъ хилира-кх, ва везан дела!
Шелонна ламанаш лелхачу
махкара,
Мацалла акхарой уг1учу махкара,
Йиша-ваша дицдина леллачу
махкара
Тхан рицкъ кхачий ахьа, ва везан дела!
Шелонна ламанаш лелхачу
махкара.
Шен доьзал бицбина леллачу махкара
Тхан рицкъ кхачий ахь, ва
везан дела!
47. МАРША 1АЙЛА, КАЗАХСТАН, ХЬО
1уьйренаш, шу марша 1айла,
Суьйренаш, шу марша 1айла,
Марша 1айла,
Казахстан, хьо!
Тхо-м д1адоьлху Дег1истана.
1уьйренаш, шу марша 1айла,
Суьйренаш, шу марша 1айла,
Марша 1айла,
тхан дай-наной (доьзалаш),
Тхо-м д1адоьлху Дег1истана.
1уьйренаш, шу марша 1айла,
Суьйренаш, шу марша 1айла,
Марша 1айла,
кешнийн ох1лий,
Тхо-м д1адоьлху Дег1истана.
1уьйренаша ойла йойту,
Суьйренаша ойла йойту,
Хийла, хьуьйжуш, аш
ялхийначу
Дег1истано ойла йойту.
1уьйренаш оха йити,
Суьйренаш оха йити,
Оха дити урам некъаш,
Кхин ца лела ч1аг1о йина.
1уьйренаш, марша я шу,
Суьйренаш, марша я шу,
Марша я хьо, тхан
Дег1иста,
Хьайца, дезаш, тхо диталахь.
48. 1уьйре дика хуьлда хьан,
Суьйре дика хуьлда хьан,
Ва, Хуршов,
дуьне декъала дуийла ахьа,
Тхо тхайн Даймахка дерзийна!
49. Дагадог1ий шуна, х1ай нах,
Массара вай лайна хало.
Цу Сибреха
д1ахьовсийна,
Вайн махках вай ма дехира,
Вовшех безарш ма бехира,
Йиша вешех ма яьккхира,
Нана берех ма яьккхира.
И мацалла вай ма
ловра,
И шело вай ма юура,
И дицлур дац вайна, х1ай нах,
И дицлун
х1ума а ма дац,
И 1азап кхин хир ма дац,
И зама кхин йог1ур ма яц.
50. ДОТТАГ1ЧУННА ЯЬККХИНА ЙИШ
Везин дели, г1оли юй-теша,
Жимчу дег1ана дарба дуй-теша,
Бохуш,
йоьлхуш, гондахь хьийзара
Роза йина Розин нана.
Яздина йоза Розин долуш,
T1epa адрес "больница" долуш,
Деъна кхечи
Розин кехат,
Шена орцаха довлийша бохуш.
Пхийтта шарахь дешна волчу,
Воккхачу лоьре ас элира:
Х1окху дуьнен
чохь дарба делахь,
Ехьа ахьа Розин г1оле.
Пхийтта шарахь дешна волчу
Воккхачу лоьро соьга элира:
Ша дешначу шен
1илманца
Шу Розина дарба ма дац.
Ткъе пхиъ шарахь дешна волчу
Воккхачу лоьре ас элира:
Х1окху
дуьненчохь дарба делахь,
Ехьа Розина г1оле.
Ткъе пхиъ шарахь дешна волчу
Воккхачу лоьро соьга
элира:
Лалуррий-техьа Розига
Цу кхаъ сохьтан операци?
- Лалур ю соь опираци,
Реза ю со и сайна яйта,
Цхьа г1ийла стаг нана
яра сан,
И къинт1ера яккха лаьа.
Чуеар бах Розин нана,
Х1ун хьал ду хьоь, Роза, аьлла,
Ва и йоьхна
юхаелар бах,
Йо1 яла йолуш ю шен аьлла.
Чуяхар бах Розин йиша,
Х1ун хьал ду хьоьга, йиша, аьлла,
И, мохь
олуш, юхаелар бах,
Йиша яла йоллу шен аьлла.
Д1аделлийша больницан кораш,
Чухьакхийта и мела мох:
Д1ахьур дац-техьа
мохо-малхо
Розин дег1е кхетта лазар.
Корах ара г1ийла хьоьжуш,
Жимчохь дуьсу, хьо дуьне бохуш,
Шен армерчу
веше кхойкхуш,
Дисира боху Розех дуьне.
Ц1а валийра бах армера ваша,
Йиша больницехь ю хьан аьлла,
Ва и,
воьлхуш, воьхна кхечи,
Йиша еллачу веа бохуш.
51. Д1абоккхучу когах хьоьгуш,
Дег1аца лесточу пхьаьрсех хьоьгуш,
Ас
йоккху хала зама,
Меле йилла, везан дела.
Со яхара цу больнице,
Сайн сих-дег1ах дог диллина,
Коре юьйлуш, не1ре
юьйлуш,
Йоьлхуш яра нанас йинарг.
Сайн лазаран ойла ца еш,
Сайн цамгаран ойла ца еш,
Йира аса, нанас
йинарг,
Вайшин воцчу вешин ойла.
Ма елхалахь, нанас йинарг,
Х1унда йоьлху, нанас йинарг,
Эвлаьэх дисна
дуьне,
Сох дуьсар дуй ца хаьа хьуна?
Коре ялий мама елха,
Helape валий дада велха,
Дарбий-молхий дац-те,
алий.
Суна делха дадий-мамий.
И лекхи хьун хьокху ярий,
Нисъеш, охьаюьллу ярий,
Кху дуьненан еа
маь11ехь,
Нанас винарг каравой хиъча.
И лекхи хьун хьакха ца ло,
Нисъеш, охьайилла ца ло,
Кху дуьненан еа
маь11хь,
Нанас винарг кара ца во.
Суьйре муха ловр ю-техьа,
1уьйре муха ловр ю-техьа,
Доьлхуш долчу кху
сайн дагца
Дуьне муха дуур-техьа?
Ac х1ун дора, суьйре, хьоха,
Ас х1ун дора, 1уьйре, хьоха,
Сайн
нийсархойх яьллачу дийнахь,
Ас х1ун дора, дуьне, хьоха?
52. Сан дог доьлху, ши б1аьрг боьлху.
Йоьлуш лела дог ца дог1у.
Тохара дийлина кийрара дог,
Х1инца дела ма ца туьгу.
Олу хир ду нийсархоша,
Сакъералуш со д1алела,
Ма ца хаьа
нийсархошна,
Сан дог доьлхий, ши б1аьрг боьлхий.
Йоьлхуш яйча, олу боху,
И-м шен нанна йоьлхуш яций;
Йоьлуш яйча,
кхаьрда боху,
Нехан нах бу гонах бериш.
"Ва, мама", - олу хезча,
Йо1 мамега кхойкху хезча,
Цу сан кийра ц1е
ма йолу,
"Сан хир юй-те мама олий".
Ма мохь бетта цу машино,
Ма к1ур туьйсу цу машино,
Ша Алма-Ате йоьду
бохуш,
Дарбий-молхий дахьа бохуш.
Мохь м а беттахь, ц1ери машен,
Klyp ма тийса, ц1ери машен,
Везчу дели
дан йиш йоцу,
Дарбий-молхий мичара хир ду?
53. ВЕШАХ ЯЬЛЛАЧУ ЙИШИН ЙИШ
Суьйранна пхиъ долучу хенахь,
Со балхара мукъайолучу хенахь
Йинчу
нанас элира соьга,
Ваша ц1а ца веъна хьан.
И пхоьхана волу дела,
И шовдане воьду дела,
И-м вог1уp вара, мама,
аьлла,
Со суьйранна чуйирзира.
Буьйсанна шиъ долучу хенахь.
Нах набарна тийначу хенахь,
Веъна
кхечира вешин доттаг1а,
Ваша больнице ву хьан аьлла.
Кога юьйхина мача йоцуш,
Коьрта тиллина йовлакх доцуш,
Со едира цу
больнице,
Со хиллера йоьхна хьийзаш.
Коре юьйлуш, йоьлхура со,
Не1pe юьйлуш, йоьлхура со,
Воккхачу лоьро
элира соьга:
Там бара хьо йиша хила.
Аьтту aгlop лоьраш бевлла.
Аьрру aг1op лоьраш бевлла,
Жимчу юьхь т1е
киса лоьцуш,
Валош вара нанас винарг.
Аьтту aгlop кхийти хьуна?
Аьрру arlop кхийти хьуна?
Дели яла нанас
йинарг,
Муьлхачу aгlop кхийти хьуна?
Аьрру aгlop кхеттац суна,
Аьтту aгlop кхеттац суна,
Ма елхалахь,
нанас йинарг,
Са долучу кхийти хьуна.
1уьйре йоьхнарг со ю шуна,
Суьйре йоьхнарг со ю шуна,
Жима йолуш
вешех яьлла,
Дуьне доьхнарг со ю шуна.
54. ЗАРАЪ
Мела мох белира,
Бешара г1аш д1асалестош,
Г1ашца г1ийла корта
хьийзош,
Зараъ яра бешахь г1ийла йоьлхуш.
Т1еяхара йина нана:
-
Бийцахь, йо1, хьайн кийрара бала.
- И д1адийца эхь ма хета,
И д1адийца бехк ма хета -
И ца дийцича со
ца йолу:
Оьрсийн Шура дагавоьхна.
Дог иккхина яда йоллу.
- И ма ала, жима Зараъ,
И ма дийца, жима Зараъ,
Моллас жайнахь ца
магийна
Оьрсийчуьнга маре яха.
Мамас бохучуьнга ла ца дуг1уш,
Моллас бохучуьнга ла ца дуг1уш,
Зараъ
яхара Моско маре,
Иза яхара оьрсийчуьнга.
Мамас вуьйр ву Шура бохуш,
Вашас юьйр ю Зараъ бохуш,
И шиъ дедда
х1ордах даьлла,
Къайлах делира.
Карара малик кога дахча,
Яхна кхо шодаьлча,
Нанас яздира шен йо1ега.
Ва ша йолча йола аьлла.
Зарас элира шен майрачуьнга
Мама йолчу йоьда аьлла.
Шурас делира
Зараэ совг1ат.
Хьайн вешега д1ало аьлла.
Зараъ кхечира шен нана ехачу х1усме,
Амма вашас элира шен нене:
К1едачу метта йижаелахь,
Тховсалера буьйса т1аьхьалера ю.
Аьхкенан буьйса т1ехтилла
1уьйранна хьалаг1аьттича,
Вашас элира шен
йише,
Вайшиъ дечке даха деза аьлла.
Ас цхьа дехар до хьоьга, ваша,
И шен дехар кхочушделахь,
Хьайн жимчу,
хазачу дег1аца
Герз ма эцалахь.
И ма ала, жима Зараъ,
И ма дийца, жима Зараъ.
Герз ца эцчи, со ца
волу.
Акхарошна теба деза.
Зараъ яхара вешица дечке,
Генадаьлла и шиъ д1адоьдуш.
Зарас хаьттира
хьомечу вешига,
Ца кхочу-те вайшиъ д1а.
Вайшиъ д1акхаьчначул т1ахьа
Дукха хан яьлла,
Ц1ера волуш дагалаьцнарг
Кхочуш ца дича, ца волу со.
Бисмал олуш, тапча яьккхина,
Цуьнан юьхьиг йишина т1е хьажийна,
Нанас
йина йиша йожийра,
Салман ц1е йолчу йишин вашас.
55. Д1ахьовсийша, сан нийсархой,
Кхетта лаьтта нур дашо малх.
Шера
аре т1аьхьа туьйсуш.
Везар вог1у езар йолчу.
Дуьхьалюьйлу цхьа жима йо1,
Бала боцчух бала бина:
Ма де, к1ант, ахь
эрна некъаш,
Хьан езар ю маре йоьдаш.
Ахь д1ун боху, х1ай жима йо1,
Ахь х1ун дуьйцу, х1ай жима йо1,
Суна
езна мерза езар,
Маре яхан амал ма дац.
Ахь х1ун алий, хазчу йо1е,
Ахь х1ун дийций, хазчу йо1е,
Бохуш вериг
со ву ала,
Суьйранна хит1е йола ала.
Йо1 яхара сарахь хит1е,
И к1ант вара хит1ехь лаьтташ.
К1анта йо1е
хаттар дира:
Бакъдуй, хаза йо1, суна хезнарг?
Хьуна хезнехь, бакъ ду хьуна,
Наха дийцахь, бакъ ду хьуна,
Хьо ма
вацара суна везнарг.
Кхин к1ант ма ву суна везнарг.
Хьан 1одика йойла аьлла,
Шен "Победа" д1ахьовзийна,
Яккхий хьаннаш
юккъе кхаьччи,
1ожал ийцира нохчийн к1анта.
56. Буьйса х1оккхул еха хилчи,
Де х1оккхул деха хилчи,
Шо шере дала
доьлчи,
Ши шо маца кхача деза.
Машенашлахь чехка машен,
Конканашлахь чехка конка,
Кхин ма яла г1алел
сехьа,
Кхин карор дац дика к1орни.
57. Ас ялор яц, вина нана,
Кху заманан модни йо1.
Со реза вац, вина
нана,
Цуьнан юбкина, цуьнан боларна.
Цхьа ше хиллал йоца ю и,
Ши ше хиллал готта ю и юбка,
Шен коьртана
реза йоцуш,
Кхо сом делла корта эцна.
Готта 1аьржа йоца юбка,
Автобус т1е ца ялало,
И тайпа йо1 керта
яг1ахь,
Има-беркат д1адар ма ду.
Цу т1е иза реза ма яц,
Муьлхачу к1анте маре яха.
Хохкуш сийна "Волга"
яцахь,
Дина даккхий ц1енош дацахь.
Хохкуш 1аьржа ишак хиларх,
Юьртан бажехь со хиларах,
Ладар дог1уш
ц1енош хиларх,
Ца эшара и тайпа йо1.
58. Хьо шабашке воьду бохуш,
Хьо пайдане оьху бохуш,
Вай тхан дегнаша
йина ойла,
Доьдучу хино д1а ма яьхьи.
Вахна хилла хьо шабашке,
Вахна хилла хьо пайдане,
Ахь "Маякехь" йина
шабашка,
Вайн Нажи-Юьрта схьа ма кхечи.
Ма делхахьа, кийрара дог,
Х1унда доьлху, кийрара дог,
Нанас дена
йичахьана.
Доьхна дог ду тен ца туьгуш.
Ма белхийша сан ши б1аьриг,
Х1унда доьлху кийрара дог?
Нанас дена
йичахьана
Дайна ирс ду т1аьхьа лелаш,
59. Хьаьрса к1ужал хьалахьоькхуш,
Кастом т1емаш д1а-схьа кхуьйсуш,
Тхан урамехула волавелчи,
Мамас бохург дицло суна,
60. Суьйранна аравелира хьо,
Шовда мала х1оьттира хьо.
Шовда мала ца
кхиъна -
Дог1ана хи мелира ахь.
Суьйренна чувирзира хьо,
Хазчу х1усаме кхечира хьо,
Хазчу х1усмехь
1ен ца хиъна
Къена жеро ялийра ахь.
Хьо хьала х1унда да г1отту,
Хьо вижина х1унда 1уьллу?
Кино яха эппаз
доцуш,
Хьан жеро ю кет1ахь лаьтташ.
Со наб кхетта ма ца 1уьллу,
Со вижина ма ца 1уьллу,
Цуьнга дала эппаз
доцуш,
Цу г1айг1ана воьжна 1уьллу.