1АДАТИЙН ПОЭЗИ

 

I. ДОГ1А ДОЬХУШ ЛОКХУШ ЙОЛУ ЭШАРШ
II. ЗУДА ЯЛОР-ЙИГАРЦА ЙОЬЗНА ЭШАРШ
III. ГОВР ХЬОВЗОН ЙИШ

 

I. ДОГ1А ДОЬХУШ ЛОКХУШ ЙОЛУ ЭШАРШ

1. КЪошкури х1ара ю,
Дог1а даийта, дели! Амин!
Х1ай-вай, к1ентий!
Дог1а лолахь, дели! Амин!
Х1арт1а-буьрт1а ши буьрт1а,
Даьттан чохь йоькаш.
Х1ай-вай, к1ентий!
Дог1а лолахь, дели! Амин!

2. Дог1у даийта, ва дели,
Кхаш хьиекъайта, ва Сиела,
Цискен тасса лук1ум* дац,
Дж1алиен йуатта диоша йац.

3. Вай, Хьогали, Хьогали,
Дог1а даийта, дели,
Тигал чехка даийта,
Лаьтта мела даийта.

4. Хьогалай, Хьогалай!
Сигал мела даайта.
Лаьтта хьани доссайта,
Ден до бузайта,
Ненан ога саттайта!

________________________
* Лук1ум - гуьржийн маттахь "юьхк", "б1аьлг" бохург ду.

II. ЗУДА ЯЛОР-ЙИГАРЦА ЙОЬЗНА ЭШАРШ

1. Нус декъала ян даьхкинера тхо.
Нус декъала йойла ворх1 во1аца.
Элан йо1 санна, декъала хуьлда хьо,
Нийсархой хьайх хьегош, ирс-аьтту хуьлда хьан,
Яйчу чоьлпа санна, чохь хьийзар хьо яцахь,
Хьо йоьлла шуьйра ков дита ду хьуна,
Чоьрпи т1е пах санна, т1ехьийзар хьо яцахь,
Айхьа беана беха некъ юха бан ду хьуна.

2. Хьо дала вуьтийла*,
Хьо г1оза къалойла,
Тхан хьоме нийсан.
Ираз долуш хуьйла.
Декъала хуьйла!

3. Тоха т1араш, вай вовшийн дика ду,
Лакха пондар, вай вовшийн дика ду!
Кхин хьийзар дац вай
Вай вешин дикане.
Нускал, хьо делха ма делха,
Х1ара ловзар хьан ду!

4. Нускал дог1у, ла-ла-ла,
Йо1, хьо елха ма елха,
Ловзар хьан ду, ла-ла-ла.
Довла халха,
Вай вовшийн дика ду, ла-ла-ла,
Айъа эшар,
Вай вовшийн дика ду, ла-ла-ла.
Тоха куьйгаш, ла-ла-ла,
Кхин хьийзар дац вай
Вай вешин дикане, ла-ла-ла,
Вай х1инци боккхург
т1аьххьара бал бу, ла-ла-ла!

______________________
*Зуда ялош волчу к1анте.

III. ГОВР ХЬОВЗОН ЙИШ

Х1е воьду сир-дин бере,
Хьан дин бетта
Хьеран бернах,
Хьо хьуо ветта
Кокан коьллах,
И кол ялла
К1оргачу хи чохь,
И хи далла
Шерачу майданахь.



Нохчийн фольклор. Чулацам.

Сайт управляется системой uCoz