ЛИРИКАН ТИЙЖАМАШ

1. Илалай ца ала
Баанир дуй бу шен,
К1айн байракх буйна
Шемил ваьлчинна а:
Нур-1алин 1адилаш
Кхайкхош дацара,
Х1анци гарух хилла
Билкъаган 1али,
Нахаца се лела
Сулбанан Тоачу,
Юьртин 1а1ий буу
Миин Лабаза,

Хьери белха йоьвлла
Исупа бариш,
TIepa дали хилла
Т1ечеха боьлчи,
Вада виезар-кх
Маьлхин дуьненара,
Вола виезар-кх
Цу 1аьрчи каша
Шена баал кхача
Кери ицина,
И суьйлин молланаш
Кхойкху ца хоззу.

2. Дуьне дезаш хьоьх дисча,
Нанас йинчо муха хьоьшур ду;
Сирлачу дуьненах 1аьржа бода хилла
Лелар ю хьан нанас йинарг.

Ахь безаш битинчу хьан уьйрашка
Со муха хьоьжур ю?
Дела кхелана реза йоцуш,
Со-м ца йоьлхи, нанас винарг.

3. Т1ам боцу леча ду со,
Г1а доцу сара бу со,
Ваша воцу йиша ю со,
Со-м г1ийла кхоьллина хилла.

Хьайн нана лойла
Хьан лезначу дег1ан,
Ма г1ийла д1атесси ахьа тхо,
Хьайн деца ялариг.

Кху 1уьйренан нана лойла,
Кху суьйренан нана лойла,
Ваша воцу йиша лойла,
Яла мел луу йиша лойла.

Хьайн нанас йинарг
Лойла хьан,
Ахь тхо хьаьнга кхилли,
Хьуо бакъдуьне йоьдуш.

4. Сан къен дакъа, деца йинарг яла хьан,
Юьртан пхьоьханах яьккхи ахьа со,
Мехкан декхах яьккхи ахь со
Лекхачу хьуьнан к1айн башлакх туьллучу хенахь,

Суна х1ун ди ахь, деца йинарг яларг.
1аьржачу латто баьццара исхар духучу хенахь,
Суна х1ун дин ахь, деца йинарг яларг.
Хазачу б1аьста кога буьхьара лелачу хенахь
Суна х1ун ди ахь, деца йинарг яларг.

5. Суьйранна ма елха, со вина сан нана,
Гуьйранна ема елха, со вина сан нана.
Сайн турпал ши белаш б1ог1амах товжийна
Ас дезаш диттинчу дуьненна елхалахь.

Суьйранна йоьлхур ю хьо вина хьан нана,
1уьйранна йоьлхур ю хьо вина хьан нана,
Хьайн турпал ши белаш б1ог1амах товжийна
Ахь дезаш дитинчу дуьненна йоьлхур ю хьан нана.

Зезагаш бацалахь эсала ма техка,
Мехкарий суьйранна хин йистехь ма совцу,
Амма ахь хаьржина и хаза, оьзда йо1
Ца го кхин цкъа а шовданан коьртехь.

Хьо велла и денош дахканза делара,
Доттаг1 хилла воьду де кхачанца делара,
Даггара ву бохуш волчу хьан доттаг1чо
Со хьоьхи ма яьккхи.

6. Хьо цомгуш вуй тхайна хиънехь,
Хьо г1елвеллий тхайна хиънехь,
Хьуна коре дог1у дарий,
Хьо къинт1ера воккху варий.

Ахь 1уьйрени тийсина са,
Ахь суьйрени тийсина са,
Ахь хьайн к1анте тийсина са,
Деха туьйсур ца хиллера.

Ахь хьала бина и беха некъ,
Ахь охьа бина и беха некъ,
Айхьа хихкина и хьайн тарактар,
Хьаннахех ка йитича ахьа?

Жимачуьнца жима вара хьо.
Воккхачуьнца воккха вара хьо,
Хьайца йина забар хууш,
Лелаш вара хьо жима Харван.

Кху 1уьйренийн нана лойла,
Кху суьйренийн нана лойла,
Дезаш дуьне мел дитинчу
Массо к1ентан нана лойла.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz