БЕКТАМАРАН ЗАЙНАПАН ИЛЛИ

Элашца гамвелла, мехкадай 1ехош,
Къехошца барт бина, 1едал цадитарна,
Лоцуш хьо веца-кха, ва майра Бектамар, -
Олуш, го бира бах шортачу эскарца
Майрачу Бектамар г1ийлачу х1усамна
Булучу боданца къеначу хьаькамо.
- Ирс долуш хьо хили, х1ай къорза ва эпсар,
Дег1ах цамгар ва кхетта, цомгаш со хиларна,
Юьхьк1айчу х1уггур веца хьо, со меттахь висарна,
Кханлерчу 1уьйренца полковникна хьалха.
- Ирс дац-кха долчун бен ва хуьлуш,
И долуш со веца, х1ай майра Бектамар,
Юьхьк1айчу х1уттур веца со, хьо меттахь висарна,
Кханлерчу 1уьйренца полковникна ва хьалха, -
Олуш, тохийтир бах къеначу хьаькамо
Бектамаран ва когех болатан ва буржал.
Жима йолуш нана елла, цуьн марзо йовзаза,
Пхийттара ялан пхи шо оьшуш, ц1е Зайнап йолуш,
Бектамаран хиллера цхьа г1ийла жима йо1,
Кхайкхина валийна юьртара молла,
- Дакъаза ма вала, ва юьрта ва молла,
Гергар стаг воцуш, йиша-ваша доцуш,
Ден дола доцуш, т1еластан мотт боцуш,
Г1ийла бо дисарна, тайпанан хиларна,
Сайн метта да вина, сайн жима и Зайнап
Ас хьоьца ма юьту, хьоь амалт дарца, -
Моллица йитир цо шен жима и Зайнап...
Б1аьстенан аренаш хазлучу заманчохь,
Баьццарчу духаро тайина аренаш,
Къорзачу зезаго хазйинчу заманчохь,
Чергазийн раьг1наша шайн сийна обанаш,
Юькъачу хьаннашца къуьйсуш т1еийзочу заманчохь,
Вадийна кхоьссир бах и майра Бектамар
Генарчу цу мехка шийлачу Сибарех.
Пхийттара яьлла, хазалла таелла,
Г1араяьлла кхиънера и жима ва Зайнап.
И дукха ва езна, цуьнга сатуьйсуш,
Къайлаха даима Зайнапе хьоьжуш,
Садетташ лелара и юьрта ва молла.

II

Ва сарахь суьйренца, бузучу малхаца
Маьждигер чувеар цу юьртан ва молла,
Къамел дан велир и цу жимчу Зайнапе:
- Дакъаза ма яла, х1ай жима ва Зайнап!
Д1аалан ца х1уттуш, сайн кийрахь къийлинарг,
Дийцаза ца долуш, ас хьоьга ма дуьйцу,
Ахь сема ладог1а ас дечу къамеле.
Басана таелла, сибатана хазъелла,
Пхийттара ва яьлла, хьо кхиъна яьлча,
Ца хийти суна-ма хьол хаза ва х1ума,
Ца дийзи сан дагна хьол дукха ва х1ума,
Хьо х1инца хила еза сан мерза ва езар,
Хьо сан-на, сов везаш, ц1ийннана хила еза!
- Ма вала дакъаза, х1ай юьртан ва молла!
Ша Сибрех вохуьйтуш, со цхьалха йисарна,
Сан Дадас хьо да веш, хьох тешош йитир со,
Ахь соьга дуьйцуриг дуьйцуш эхь ду хьуна,
Сайн Дада хьох вина, со лелаш ма яра,
Юьхь1аьржо ю иза, доккха эхь ду иза! -
Олуш лен ва яьлча и хаза ва Зайнап,
Дег1ан ницкъ ва эшош, т1екховдан и воьлча,
Тохалуш, керъяьлла, ша араиккхина,
Бузучу малхаца, булучу боданца,
Да-нана ва доцуш, йиш-ваша ва доцуш,
Т1еластан мотт боцуш, ша цхьалха йисарна,
Ша яьлла яхар бах юьртарчу пхоьхана
И жима ва Зайнап, и хаза ва Зайнап.
- Суьйре дика шун хуьлда булучу боданца,
Да-нана ва доцуш, ваш-йиша ва доцуш,
Т1еластан мотт боцуш, со цхьалха йисарна,
Ден дола ва эшна, вешин вошалла ва эшна,
Шуна т1е со еа, ва кегий юьртахой.
Вошалла ва оьшуш цхьа меттиг нисъелча,
Дан амал ва доцуш, со холчах1оьттича,
Дан орца доцуш, къахетар воцуш,
Догхуур воцуш, со г1ийла йисича,
Ойла ян мил ву-те доккхачу дуьнен чохь?
Бабеха ва яьлла, йилхир со ва жимчохь,
Дадеха ва яьлла, сел г1ийла йисир со,
Догъэцар меттана, тешам а бойуш,
Дагара а хоуьйтуш, дег1ан ницкъ эшош,
Молла т1екхийдаш харцо ца лайна,
Со ара ма яьлла, со декхар хилча,
Шуна т1е со еа, х1ай кегий юьртахой.
Нанас ваза хиларах, ваша волуш хуьлура,
Йохьах кийра ва буьзна, дог майра шен долуш,
Олуш, лен ма елир и жима ва Зайнап.
- Хьо марша йог1ийла, хьо далла езийла,
Дакъаза ма йолда, бос хаза ва Зайнап,
Вайн куьйгийн п1елгаш а цхьабосса дац хьуна,
И молла хиллехь а ямарта дог долуш,
Къахетан к1еда ду кийрара дилхан дог,
Эшахь, со кийчча ву сих вала, летта, -
Аьлла, вистхилира царалахь цхьа жимха.
Дийнахь шен ва сацар бошмашкахь ва долуш,
Буьйсанна шен сацар жоьрабабица ва долуш,
Шен Дада Бектамар даг т1ера ца волуш,
Г1елъелла лелара и жима ва Зайнап.

III

Хийла хан ва яьлла, хийла шераш кирчича,
Ваьлла ц1а веар бах и майра Бектамар.
Хьаьвзина вахар и ша амалт кховдийнчу
Юьртан молла ва волчу б1аьстенан 1уьйренца.
- Ассалам 1алайкум, ва юьртан ва молла!
Хийла хан ва яьлла, хийла шераш кирчича,
Сайн жима и Зайнап ганза ца 1евелла,
Со ваьлла веъна-кха хьо волчу, ва молла,
Ахь суна гайтахьа сан жима и Зайнап, -
Олуш, лен ва ваьлча и къена Бектамар.
Т1аккха лен ма велир цу юьртан ва молла:
- 1алайкум ва салам, ва майра Бектамар,
Хьо марша вог1ийла, хьо далла везийла!
Ахь сема ладог1а, ас дуьйцур ду хьуна:
И адам ца хилла, и амалт ца хилла,
И-м дера хиллера адаман ва йилбаз,
И лелаш хиллера нахаца къайлаха,
Юьхь1аьржа х1отторна, ас араяьккхина.
Буьйсанна шен сацар жоьрабабица ва долуш,
Дийнахь шен ва сацар бошмашкахь ва долуш,
И лелаш ма ю-кха, адаман и йилбаз. -
Ша веха жима юрт хьийзаш сурт ва х1уьттуш,
Йоккхачу г1айг1анца шен корта базбелла,
Ша ц1ехьа ма вирзир и майра Бектамар.
Шен жимчу Зайнапах дог ч1ог1а шен лозуш
Ойла ян ма велир и майра Бектамар:
"Со ваза велар-кха со винчу ва нанас,
Кхиаза велара кху маьлхан дуьненахь.
Юьхь1аьржо хили-те хьакъ йолуш ва суна?
Цу моллин маттаха даьлла д1овш ду техьа?
Къовсарах харц хир дац моллин дош х1инца,
Ма доккха х1ума ду-кха сан коьрте деънариг! -
Моллас бинчу маттана дан х1ума ца хилла,
Ва берахь дуьйна а ненан дика ганза,
Ваш-йиша ва доцуш, г1ийла и леларна,
Ен цунах къахетта, цуьн ойла ма сецир
Йигна и д1акхосса, набарах ца йоккхуш.
Хьаьвзина ма вахар и майра Бектамар
Буьйсанан цу кийрахь жерочун х1усаме.
Набарах ца йоккхуш, и жима ва Зайнап
Меллаш хьуьнах ма йигир къеначу Бектамара.
Йижжинчохь йитина и жима ва Зайнап,
Ша ц1ехьа ма вахар и майра Бектамар.
Нур дашо можа малх кхетале ва хьалха,
1уьйранна седарчий уьдучу заманчохь,
Седарчийн серлонаш къестачу заманчохь,
Малхал хьалха схьакхета и маьлхан з1аьнараш хазлучу заманчохь,
Набарха ма елир и жима ва Зайнап.
Акхаройн бен лар йоцчу цу хьуьнан хотешкахь,
Цаьпцалган бен цкъар доцчу цу хьуьнан ва варшахь,
Меттиг ца евзина, д1асхьежан ма елир и жима ва Зайнап.
Буьрсачу акхаройх г1аръялан ца яьхьаш,
Къаьхьа къурдаш барца ша г1ийла г1елъелла,
Ша елха ма елир, и хьаннаш ва екош,
И жима ва Зайнап, и хаза ва Зайнап.
Мацалла ца ялан попан г1а ва дууш,
Хьогалла ца ялан бецан тхи ва муьйлуш,
К1елбуьллу к1еда мотт 1аьржа латта ва долуш,
Т1етосу ва юрг1а сийна стигал ва йолуш,
Гу лекхчу ва яьлча, дерачу чах ва ц1ийзаш,
Гу лохчу ва яьлча, ша г1ийла ва йоьлхуш,
Акхройн бен лар йоцу, цаьпцалган бен цкъар доцу
И сийна ва хьаннаш меттамотт шен бина,
Ша лела ма елир и хаза ва Зайнап.

IV

Де делкъанга даьллачу заманчохь,
Делкъанна ва дуьне къарлучу ва хенахь,
Тешаме ва пхаьрчий-ша улло ва даьхна,
Барх1 сонан мажарца, дуткъачу туьраца
Ирзух чу ма вуьйлир цхьа къена иччархо.
Сирла б1аьрг ва бетташ, сема ла ва дуьйг1уш,
Юькъачу цу хьуьн чохь ша вола ма велир
Тешаме дог долу и къена иччархо.
Ц1аьххьана д1ахьаьжча, экханах тер хетта,
Ша лоха лахвелла, 1алашо леци бах,
Леррина ша хьаьжча, ша юьхьарлаьцнариг
Адамах таръелла, мохь олуш ма кхайкхир
Ша юьхьарлаьцначе и къена иччархо:
- Леррина хьоь хьаьжча, адамах тарло хьо,
Са ду хьо, ц1ий ду хьо?
Ас юьхьарлаьцна хьо,
Хьо адам ва делахь, дистхилий хьо дала,
Логах п1елг ас тесча, садаьлла хьан даьлла.
- Со адам ду хьуна, цунах йоккха ца е со,
Сох адам хуьлучул, сох хилла делара
Х1ар 1аьржа латтанаш, и сийна стигланаш.
Догхуург ва воцуш, къахетарг ва воцуш,
Т1етовжан стаг воцуш, со г1ийла ма йиси.
Сан дехар ду хьоьга, сан дег1ах сакъастор:
Хир яцар ва т1аккха дуьненан и г1айг1а,
Къинт1ера со йолу, дог реза ва дина,
Схьатохий валахьа, и бесар х1оъ-молхий,
Ирс долуш яра-кха со, дуьненар ва яьлча! -
Олуш, йистхилира и хаза ва Зайнап,
Елхаран ва шеддаш шен кийрахь сецабеш.
- Ма яла дакъаза, х1ай жима г1ийла йо1!
Ахь тасий йиталахь и г1ийла ойланаш,
Ма дилла дилхан дог кху маьлхан дуьненах.
Сов гена ахь яккха и акха хьайн ойла,
Энаша лоьцийла сан къена дилхан дог,
Хьарам хьуна хир делахь, т1ейола хьо суна,
Хьарам хьуна хир делахь сан къена дилхан дог,
Чиллахь г1ура ва санна, и кийрахь оьккхийла!
И ойла д1атасий, т1ейола хьо суна,
Елхаел ахь соьга кийрара г1айг1анаш,
Терсмаймал туьраца ас каде лоь1ур ю,
Белхабел ахь соьга коьртера баланаш,
Бакъ г1ирмин мажарца ас каде ойур бу,
Дас-нанас йо1 санна, ас 1алашйийр ю хьо,
Ас терго йийр ю хьан, т1ейола ва суна! -
Олуш, т1еялийр, тов, и жима ва Зайнап.
Елхаран къурдашца, шен хазчу озанца,
Шен хаза горга юьхь ша г1ийла д1алечкъош,
Ладуьг1ург велхавеш, шен г1айг1а ялхийр цо,
Мелачу дог1анха ши б1аьриг белхабеш,
Велхаран ва шеддаш шен кийрахь сецабеш,
Лерин ладуьйг1ир цо цу жимчу Зайнапе,
Догъоьцуш, вистхилир и къена иччархо,
Уьш ц1ехьа бирзира иччархочун х1усаме.
Мерзачу даарца аренан бос байъина,
Хазачу духарца ша куьце ялийна,
Дас-нанас ва санна, цуьн терго ч1ог1а еш,
Къахеташ ма вара и къена иччархо.
Берх1итта шо кхаьчна, ша басах таелла,
Духарах хазъелла и жима ва Зайнап,
Хазалла, г1иллакхца цу юьртахь г1аръяьлла,
Ша ехаш яра бах иччархочун х1усамехь.

V

И къена иччархо цхьан витан ца лууш,
Захало ца дора цу жимчу Зайнапа,
Кегийчу цу нахе г1иллакхна дош олий,
Шен цатам шен кийрахь дог делхош цо ловра,
И хууш садетташ кегий нах ма бара.
Сил дукха езарна сатуьйсуш биснера,
Хазалла, оьздалла Зайнапан сий дарца,
Догдиллан ца лууш цуьнга б1аьрг беттара,
И хууш ма вара и къена иччархо,
Зайнапах дог лозуш, и г1ийла ма вара,
Зайнапан догъоьцуш, совг1аташ кхоьхьура,
Доглохуш, даима хаз къамел ма дора;
Цхьан сарахь хи т1ера Зайнап чуеара,
Бухкарца шен к1удал цо охьах1оттийра,
Ша тийна юьхь елош, йистхилир и Зайнап,
Т1аккха вист ма хилир и къена иччархо:
- Дакъаза ма яла, сан жима ва Зайнап,
Цхьан витан ца лууш, сан меттиг ва ларъеш,
Хьайга сатуьйсучу нахе дош ца дуьйцуш.
Хьайн деган дикалла, г1иллакхан оьздалла,
Цатам ахь, хьайн кийрахь дог делхош, хаийтац,
Т1аьхь-т1аьхьа хьох лозуш, дилхан дог сан деша,
Дог реза ва дина, къинт1ера со волу,
Юьхьк1олла хилийтан даим со лууш ву,
Б1обулуш хилалахь, дех-ненах ва санна,
Ц1ен т1ера оьшуриг хьан долахь ду хьуна,
Сан меттиг ца ларъеш, хьайн меттиг нисъелахь,
Луъучу марех хьо бертахь ас йохуьйту, -
Олуш вистхиллачун б1аьргех хи делира.
Эхьхетта ц1ийелла, таптин га къаждарца,
Ладоьг1уш ма сецир и хаза ва Зайнап.
Мохь аьлла, т1екхетта, и г1ийла йилхира.
Т1аьххьар а, меллаша йистхилир и Зайнап,
Шен хазчу цу б1аьргех хин т1адамаш эгадеш:
- Хьох долу ва эхь бехк вайн дала лоьрийла,
Алаза ца йолуш ас хьоьга ма боху:
Везаш к1ант вац суна доккхачу дуьнен т1ехь.
Г1ур яц со цу маре, дуьне мел дозу:
1аьржа латта ва санна, тешаме хиларна,
Дуьнен чохь массарал дог дика хиларна,
Сан дагна везна хьо, ва къена иччархо,
Ахь йигахь, со йог1у, хьо везаш, ва хьоьга,
Хьо воцчу кхечуьнга со маре ца йоьду, -
Олуш лен ва яьлча и жима ва Зайнап,
Ша реза ма хилир, и майра иччархо.
Кхаа дийнахь-кхаа бусий той-ловзар хилар,
Мерзачу безамца уьш бахан хевшира,
Доьзалхо хиларе сатуьйсуш ма бара,
Шо кхочуш Зайнапан хаза к1ант хилира.

VI

Да-нана доккхадеш цхьа зама д1аяьхьир.
Эххар а, и Зайнап шен ден ц1а яхийтан,
Сов башха совг1аташ кечдира цу шимма.
Сеттачу поштана совг1аташ дехкина,
Шен жима хаза к1ант шен маравоьллина,
Поштана ма хиир и хаза ва Зайнап.
Лулахойн цхьа жимха хьалха а хаийна,
Уьш новкъа ва баьхна, чувеар иччархо.
Д1аоьхуш кхечир уьш йоккхачу ва хьуьн чу,
Цу некъан бохалла и Зайнап хазъелла,
Дагара хоуьйтуш, вистхилир и жимха,
Зайнапа бехк баккхарх, жимха ца сецира,
Дег1ан ницкъ ва эшош, т1екховдан и воьлча,
Поштахь бер шен дуьсуш, и охьаиккхира,
И едда елира сийдоцчун керара,
Цунна т1аьхьа ца кхиъча и вуха вирзира,
Поштарчу берана цо шаьлта хьаькхира,
Т1аккха ц1ехьа ма вирзир, сий доцу и жимха,
Вахана ц1а кхаьчча шен жима лулахо,
Шен жима ва Зайнап цуьнца ц1а цаярна,
Цецваьлла ма висир и къена иччархо.
Хаттар деш, вистхилир и майра иччархо:
- Дакъаза ма вала, сан жима лулахо!
Хьо воьдуш, ва йолу сан жима и Зайнап
Хьо вог1уш, хьоьца яц, схьадийца бакъдериг!
- Бакъдерг ас дуьйцур ду, х1ай майра иччархо,
Со воьдуш яр соьца хьан жима и Зайнап,
И Зайнап ца хилла, и адам ца хилла,
И-м дера, ма хилла адаман ва йилбаз,
Юьхь1аьржо цо йина, со ц1ехьа ма веа,
Тхо доьлхуш ма кхечир йоккхачу ва хьуьнах,
Шен жима хаза бер шен марахь ва долуш,
Поштара йоьссина, и хьуьн чу лечкъира,
Т1аьхьа мохь беттарах, лехарах ца карош,
Юьхь1аьржах1оьттина, со ц1ехьа ма веъна, -
Олуш лен ва ваьлча сий доцу и жимха,
Бакъдериг ца хууш, ша холчах1оьттина,
Бакъдериг хааза, шен нускал кароза,
Дуучух, молучух шен кийра ца бузон,
Делах ша дуй бууш, ша ара ма велир
И майра иччархо булучу боданца.

VII

Цул т1аьхьа адамех шен тешам ва байна,
Зударийн ва бедар ша охьакхоьссина,
Божарийн бедарца, барх1 сонан мажарца,
Мацалла ца ялан попан г1а ва дууш,
Хьогалла ца ялан шийла шовда ва муьйлуш,
Дуьненах чам байна, ша хало ва хьоьгуш,
Ша лиэлан ма елир и жима ва Зайнап.
Ва сарахь суьйренца, бузучу малхаца
И Зайнап яхара дежачу децаш т1е,
Деций дажош хиллера и майра Бектамар.
Зайнапана вевзира шен къена ва дада,
Амма дена ца евзир шен жима и Зайнап.
- Суьйредика хуьлда хьан бузучу малхаца,
Кху турпал децашца жима стаг товр вара,
Хьан х1инца хан яра маьждиге ва хьийза,
Иэшахь, со ву хьуна хьан метта жа дажон, -
Олуш лен ва яьлча и жима ва Зайнап,
Т1аккха лен ма велир, и майра Бектамар:
- Во1 хилла хьо 1ийча, везара суна хьо,
Даггара т1ех доккха баркалла ду хьуна. -
Майрачу Бектамаран дика во1 хилла,
Божарийн бедарца и к1ант ву моьттуш,
Жа дажош лиэлара и хаза ва Зайнап.

VIII

Ва сарахь суьйренца бузучу малхаца
Маьждиган майданахь шен можах кадетташ,
Пхоьханахь вара,тов, и майра Бектамар.
Веъана т1ех1оьттир дог майра иччархо.
- Ассалам 1алайкум, х1ай юьртан къонахой,
Суьйре дика йолда шун кхоьллинчу ва дала!
- 1алайкум ва салам, вог1ийла хьо марша!
Хьо лаан вуй техьа, хьо таран вуй техьа?
- Со лаан ца лиэла, со таран ца лиэла,
Суна-м везара хьешана диканиг, -
Олуш лен и ва ваьлча и къена иччархо,
Т1аккха лен ва велир и майра Бектамар:
- Ялхаел ахь соьга кийрара г1айг1анаш,
Мажаран тоьпаца ас каде лоь1ур ю,
Балхабел ахь соьга коьртера ва бала,
Терсмаймал туьраца ас каде ойур бу, -
Олуш хьаша ва эцна, и ц1ехьа ма вахар.
Къамел деш 1аш вара " дика ши к1анат.

***
Жиэра ша ц1а еара и жима ва Зайнап,
Божарийн бедарца, барх1 сонан мажарца
Не1арехь сецир и, хьеше д1ахьаьжна.
- Хьо марша вог1ийла, хьо далла везийла!
Хьо лаан лиэларий, хьо таран лиэларий?
Г1улкх долуш х1ума делахь, г1о дан со кийча ву,
Олуш д1а ма х1оьттир бос хаза и Зайнап.
- Делера маршалла хуьлда-кха ва хьуна,
Со лаан ца лиэла, со таран ца лиэла,
Яханарг лар йоцуш, йигинарг стаг воцуш,
Ва яйна ели сан и жима ва Зайнап,
И сайна кароза, цунах б1аьрг тохаза,
Сайн кийра ца бузо, цу ц1ехьа ца верза.
Делана ч1аг1о еш, биъна дуй бара сан,
Дийцахьа, цхьанделхьа, хуучух бакъдериг! -
Олуш лен ва ваьлча и къена иччархо,
Калакойн 1аж санна цуьнан йогу ва беснеш
Йолчу т1е а ц1ийелла, эхьхетта сецир и,
Иччархо вевзина, йоккхаеш яра и,
Баттал а екхаелла, малхал а елаелла.
Х1етте а б1аьргеха хин т1адамаш эгадеш,
Меллаша йистхилир бос хаза и Зайнап.
- Хууш дерг, бакъдериг дуьйцур ду ас шуна,
Амма ас дуьйцур дац, сайн дехар ца делча: -
Аш кхайкхий балабе юьртара кегийрхой,
Цаьрца аш валаве юьртара ва молла.
Иччархо, хьайн жимха лулахо валаве,
Т1аккха ас бакъдериг дуьйцур ду ма-дарра.

Кхайкхина балийра юьртара кегийрхой,
Юьртара и молла шайца цхьаьна ва волуш,
Иччархочун лулахо валийра сихонца.

* * *
Т1аккха дийца ма х1оьттир бос хаза и Зайнап,
Шен дада Бектамар царна д1а ва гойтуш:
- Иттех шо ва хьалха х1ара санна воккха стаг
Хиллера Сибарех вахийта кечвина,
Цу стеган хиллера итт шо кхаьчна жима йо1,
Пхийттара яла пхи шо оьшуш, ц1е Зайнап ва йолуш,
Шен жима и Зайнап цхьан йиса ва йоьлча,
Кхайкхина валийр цо х1ара санна цхьа молла,
Юьртан молла ву аьлла, тайпанан ву аьлла,
Шен Зайнап йитир цо, моллех да ва вина.
Жима йолуш нана елла, цуьнан марзо йовзаза,
Да лаьцна, цхьан йисна, и г1ийла лиэлара,
Пхийттара ва яьлла, хазалла таелча,
Дагара хаийтира цу моллас Зайнапе,
Дег1ан ницкъ а иэшош, т1екховда и воьлча,
Тохалуш кераяьлла, ша араиккина,
Т1еласта мотт боцуш, ша цхьалха йисарна,
Ша яьлла яхар бах и жима ва Зайнап
Бузучу малхаца юьртарчу пьоьхана,
Х1орш санна ва болу кегийрхой ва болчу.
"Суьйре дика шун хуьлда бузучу малхаца,
Да-нана ва доцуш, со цхьалха йисарна,
Ден дола ва эшча, вешин вошалла ва эшча,
Шуна т1е со еа, ва юьртан кегийрхой.
Нанас ваза хиларах, ваша волуш хуьлура,
Йохьах кийра ва буьзна, дог майра шен долуш,
Бабеха ва яьлла, йилхир со жнмачохь,
Дадеха ва яьлла, сов г1ийла йисир со,
Доглахаран меттана, тешам а бойъуш,
Дагара хоуьйтуш, молла т1екхевдича,
Со ара ма яьлла, со декхар ва хилча.
Дог хуур ва воцуш, со г1ийла йисича,
Ойла ян мила ву-те доккхачу дуьнен чохь?! -
Олуш д1адалийча цу жимчу Зайнапа,
"И молла хиллехь а ямарт дог ва долуш,
Кегийчу кийрошкахь къахета дегнаш ду,
Вайн куьйгийн п1елгаш а цхьабосса дац хьуна,
Тхайна юккъехь харц вериг сацо дош ло оха,
Яхь йоцчу к1иллоца гергарло хир дац тхан.
Тахана-тховса дуьйна тхо вежарий ду хьуна,
Сагатда ца оьшу, тхо дийна мел ду, -
Аьлла, догъийцира кегийчу к1енташа.
Дийнахь шен сацар бошмашкахь ва долуш,
Буьйсанна шен сацар жоьрабабийца ва долуш,
Шен Дада Бектамар даг т1ера ца волуш,
Г1елъелла лиэлара и жима ва Зайнап.

* * *
Хийла хан ва яьлла, хийла шераш кирчича,
Ваьлла ц1а веар бах цуьнан да Бектамар.
Хьаьвзина вахар и ша амалт кховдийнчу
Юьртан молла ва волчу б1аьстенан 1уьйренца.
"Ассалам 1алайкум, ва юьртан ва молла!
Хийла хан ва яьлла, хийла шераш кирчича,
Сайн жима и Зайнап газа ца 1евелла,
Со ваьлла веъна-кха хьо волчу, ва молла", -
Олуш лен ва ваьлча и къена Бектамар,
Т1аккха митт бинера харцонца цу моллас:
"И адам ца хилла, и амалт ца хилла,
И-м дера хиллера адаман ва йилбаз,
И лиэлаш хиллера нахана къайлаха,
Юьхь1аьржах1отторна ас араяьккхина".
Моллас бинчу маттана дан х1ума ца хилла,
Шен берахь дуьйна а ненан дика ва газа,
Ваша-йиша ва доцуш, г1ийла и лиэларна,
Ен цунах къахетта, цуьнан ойла ма сецир
Йигна и д1акхосса, набарах ца йоккхуш.
Набарах ца йоккхуш, и жима ва Зайнап
Меллаша хьуьнах ма йигир къеначу Бектамара.
Йижжинчохь йитина и жима ва Зайнап,
Ша ц1ехьа ма вахар и къена Бектамар.
Набарах ша яьлча, и жима ва Зайнап,
Меттиг ца евзина, д1асхьежан елира,
Буьрсачу акхаройх г1арьялан ца яьхьаш,
Ша елхан ма елир, и хьаннаш ва екош
Мацалла ца ялан попан г1а ва дууш,
Хьогалла ца ялан бецан тхи ва муьйлуш,
К1елбуьллу к1еда мотт 1аьржа латта ва долуш,
Т1етосу ва юрг1а сийна стигал ва йолуш,
Акхаройн бен лар йоцу,
Цаьпцалган бен цкъар доцу
И сийна ва хьаннаш меттамотт ва бина,
Ша лиэлан ма елир и жима ва Зайнап.

***
Де делкъенга даьллачу заман чохь,
Тешаме ва пхьарчий ша улло ва даьхна,
Барх1 сонан мажарца, дуткъачу туьраца
Ирзух чу ма вуьйлир х1ара санна иччархо.
Сирла б1аьрг ва бетташ, сема ла ва доьг1уш,
Ша вола ма велир и къена иччархо.
Ц1еххьана д1ахьаьжча, экханах тера хетта,
Ша лоха лахвелла, 1алашо лецир бах,
Леррина ша хьаьжча, ша юьхьарлаьцнариг
Адамах таръелла, мохь олуш ма кхайкир
Жимачу Зайнапе и къена иччархо:
"Леррина хьоь хьаьжча, адамах тарло хьо,
Хьо адам ва делахь, дистхилий хьо дала,
Логах п1елг ас тесча, са даьлла хьан даьлла".
Т1аккха йист ма хилир и жима ва Зайнап:
"Со адам ду хьуна, цунах йоккха ца е со,
Сох адам хуьлучул, сох хилла делара
Х1ар 1аьржа латтанаш, и сийна стигланаш!
Догхуург ва воцуш, къахетарг ва воцуш,
Т1етовжан стаг воцуш, со г1ийла ма йисна.
Сан дехар ду хьоьга, сан дег1ах сакъастор,
Хир яцара ва т1аккха коьртера и г1айг1а".
Дог дика хиларца, тешаме хиларца
И жима ва Зайнап шена т1е ялийна,
Готтачу шен кийрахь дилхан дог делхадеш,
Зайнапан догъоьцуш г1ийла вист ва хилла,
И Зайнап ва эцна ша ц1ехьа ма вахар
И къена иччархо бузучу малхаца.
Мерзачу даарца аренан бос байъина,
Хазачу духарца ша куьце ялийна,
Дас-нанас ва санна, ша терго ч1ог1а еш,
1алашъеш хиллера цо и жима ва Зайнап.

***
И къена иччархо цхьан вита ца лууш,
Маре ца йоьдура и жима ва Зайнап,
И хууш, даима Зайнапап ойла еш,
Цунах дог шен лозуш, и ч1ог1а дика вара,
Зайнапан догъоьцуш, совг1аташ кхоьхьура.
Цхьан сарахь и цуьнга г1ийла вистхилира:
"Дакъаза ма яла, сан жима ва Зайнап!
Хьайн деган дикалла, г1иллакхан оьздалла,
Цатам ахь, хьайн кийрахь дог делхош, хаийтац,
Т1аьхь-т1аьхьа хьох лозуш, дилхан дог сан деша,
Б1обулуш хилалахь, дех-ненах ва санна,
Шен т1ера оьшуриг хьан долахь ду хьуна,
Сан меттиг ца ларъеш, хьайн меттиг нисъелахь".
Мохь аьлла, т1екхетта, и г1ийла йилхира,
Тешаме хиларна, и дукхавезарна,
Цуьнга и яхара мерзачу безамца.
Шо-шаре ва долуш к1ант вира Зайнапа.

***
Эххар а, шен дец1а яхан новкъа елир и,
Лулара, х1ар санна, шеца жимха ва волуш,
Сеттачу поштанахь совг1аташ ва эцна.
Цу некъан бохалла и Зайнап хазъелла,
Дагара хоуьйтуш, т1екхевдир и жимха,
Бер поштахь шен дуьсуш, и едда елира,
Поштара схьаэцна, йоккхачу цу хьуьн чохь
Берана шаьлта хьаькхнера сий доцчу жимхас,
Т1аккха ц1ехьа вахана, бакъдериг лачкъийна,
Шалха мотт лебарца, пуьташ цо боьттира:
"И жима ва Зайнап лечкъина къайлаелира,
Карон ницкъ ца кхаьчна, со ц1ехьа ма веа".
Бакъдериг хааза, шен Зайнап кароза,
Шен ц1ехьа ца верза, делах дуй ша бууш,
Лахан араваьллера и къена иччархо.

***
Цул т1аьхьа адамех шен тешам ва байна,
Божарийн бедарца, барх1 сонан мажарца
Ша лиэлаш хиллера и жима ва Зайнап.
Жа дажош аренца шен дада ва гина,
Божарийн бедарца цунна т1е ва яхна,
Жа дажош сецнера и жима ва Зайнап.
И хало хьегнариг со Зайнап ю шуна,
Сан дада Бектамар и 1ийриг ву шуна,
И къена иччархо х1ара ву ва шуна,
И кегий юьртахой кху чохь берш бу шуна,
Сий доцу жимха а, ямарт и молла а
И 1а шиъ ву шуна, ойлае, цхьанделхьа,
Цу моллин, цу, жимхин ахь корта ва баккхахь,
Къинт1ера со йолу, сан дика дада", -
Олуш лен ва яьлча и хаза ва Зайнап,
Ша хьалаиккхира и къена иччархо,
Тур тоьхна баьккхир, тов, цу жимхин ва корта,
Т1аккха хьалаиккхира и майра Бектамар,
Болатан дуткъа тур баттара ва доккхуш,
Сихонца баьккхира цо цу моллин ва корта,
Къинт1ера елира и хаза ва Зайнап,
Къеначу дадина ша мара ва оьккхуш.
Шолг1ачу ва дийнахь, шен Зайнап ва эцна,
Ша ц1ехьа ма вахара и къена иччархо.
Мерзачу безамца уьш бахан хевшира.

***
Вайн веччан ма хуьлда ямарта адамаш,
Хилаза ца бовлуш уьш хуьлуш ва хилча,
Церан балар хуьлда-кха, сацаран ун хуьлуш,
Идарах ял хуьлуш, хилан дарба ва доцуш,
Туьтанан х1уш санна, дегнаш кийра ва оьгуш!



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz