БЕЖУН ИЛЛИ

Чергасийн и юткъа черт яржош ва тесна,
Цу т1е даржош к1айн истанг диллина,
Суьйранна лампа латийна, чоь серлаяьккхина,
Ша шена сакъера багахь узам ва беш,
Нахаца йолчу йохьана куьйга тираш еш,
Сакъера хиира, тов, и хьомсара Бежу.
Йог1уш не1аре х1оьттира, тов, йо1 йина баба.
Шен йоь1ан узаме сема ладоьг1уш,
Арара вог1учуьнга сирла б1аьрг бетташ,
Ладоьг1уш яний, тов, шен хьомсар Бежуга.
Яхана чуелира бах йо1 йина баба.
- Дика мел дерш дог1ийла, шен хьомсара Бежу,
Хьо йолчу х1усаме, хьан дагна там хиллалц
Аьлла, чуелира, тов, йо1 йина баба. -
Дика ладог1алахь, шен хьомсара Бежу!
Ша лехна йог1у хьуна цхьа жима куьйра.
- Баркалла хуьлда хьуна, ша йина баба,
Гуьйранна буьйса ехахан ма ю вайна,
Дийцал ахь шена хьайн жима куьйра.
Хоржур вайша, къестор вайша, баба,
Аьлла, йист ма хилира и хьомсара Бежу.
Вийца юьйлира, тов, хьал долчу Дадин к1ант.
Хестош тавира, тов, шен жимчу йо1ана.
- Елин хьо, баба, хьайн куьйра дийцина?
Дика ладуьг1ин ша ахь дечу къамеле.
Жима йолуш т1ера мар велла, цхьалха,
Къона йисира хьо, шен къена ва баба.
Шена-ма моьттура суьйранна, 1уьйранна,
Хьо араяьлчахь,
Ша цхьаъ бен хьан хила а ца хилчахь,
Хьо шена там лоьхуш лела.
Хьо лелаш хиллера, ша йина баба,
Ша чукхосса йоккха айма ва лоьхуш.
Ма кхоссахь ша, баба, бух боцчу айми чу.
Ма лелхахьа, баба, жа долчу керта.
Мацалла даръелла гила борз ва санна,
Безам боцчу кхолламца,
Ша яккха йоллу хьо дуьненан марзонах?
Кхоллам боцчу безамца, дог эшадай,
Ма хааехьа ша, баба, дуьненан воне.
Мошанах йисча, к1анта юьгур ма яц ша,
Ша к1антах йисчахь, мошано юьгур яра ша,
Ша хьайна дукхаезахь, хьомсара ша ларахь,
Вийцахьа шена Жерочун жима к1ант.
Цунна ша еза, баба, кийрарчу сил дукха,
Шена и а дукха веза, буьйсанна наб йоцуш
Аьлла, йистхилира бах хьомсара Бежу.
Т1аккха йистхилира, тов, йо1 йина баба:
- Дакъаза ма яла, шен хьомсара ва Бежу,
Махкана хьекъал лучу ирсан ден йо1 яра хьо,
Наха хьайна хьекъал даллал сонта ма ялахьа.
Сарахь вахчахь шарахь бен ц1а ца вог1у
Жерочун жима к1ант.
1ура вахчахь баттахь бен ц1а ца вог1у
Жерочун жима к1ант.
Ша хьаьхна хен санна, хьо шийла ехар ю-кха
Аьлла, йист ма хилира и Бежун баба.
- Гуьйренан хаза буьйса ма ю вайна.
Хьо санна, баккхийнаш буьйшу хан ю вайна,
Йижахьа, баба, аттачу метта, мерзачу набарна, -
Аьлла, мотт биллира, тов, шен къеначу бабина.
Набарна тевжира, тов, йо1 йина баба.
Серлонна дитинчу куьзганан цу коре,
Куьзганан и лампа базане* тайина,
Калакойн 1аж санна, шен йогу бесне
Шен куьйга схьалецира, тов, хьомсарчу Бежус.
Шен пхьаьрсан гола, кора т1е х1оттийна,
Шен бабас дийцина даларан и моша,
Даго т1е ца лаьцна,
Г1айг1ане хийра, тов, куьзганан коре.
Вог1уш, коре лахвелира Жерочун жима к1ант:
- Буьйса дика хуьлда хьан, шен хьомсар Бежу.
Ладуг1уш вара ша, аш дечу къамеле,
Парзана т1едиллина пхи ламаз деш вара ша.
Дуй боу ша хьуна, вайша кхоьллинчу делах,
Таханаллалц ша дина ламаз, хьо дагара яьлла,
Дела дагахь ца дина аьлла.
Къа хир ду-кха хьуна ша жимчу к1ентан.
Къайлах вайна йиллина йолу и делан 1ожалла,
Нагахь хьо шеца а йоцуш, и шена т1екхаьшча,
Дела дагахь воцуш, хьо дагахь йолуш,
Иман доцуш валар хуьлу-кха шен,
Эхартах волу-кха ша.шен хьомсара Бежу.
Ма яхкахьа шена хан-зама генара.
Йолахьа ва шега хьо, ядий, ва маре! -
Аьлла, вистхилира, тов, Жерочун жима к1ант.
Т1аккха йистхилира бах и хьомсара Бежу:
- Дакъаза ма вала, Жерочун жима к1ант,
Шена шен бабас далхийна даларан моша
Даго т1е ца лаьцна.
Ма аьлла хили-кха хьан даго бохург.
Йог1ур ю ша хьоьга, дехар до ша хьоьга:
Ша хьайна хилла, хьо парг1ат ваьлчахь.
Зуьдаллий, кхахьпаллий еана алий,
Т1ехтохам ма белахъ шена, Жерочун жима к1ант, -
Аьлла, хьалаг1еттира, тов, и хьомсар Бежу.
Шозза т1едуху духар хьарчийна.
Схьа ма ийцира цу хьомсара Бежус.
Шен марг1ал п1елгашца куьзганан кор диллина,
Корах араелира, тов, и хьомсара Бежу.
Наб кхетта йисира бах йо1 йина баба.
Г1азотан х1олламах делан нур санна,
Вовшех хьерчаш, ловзуш, цхьаьна д1адахара, тов,
Цхьабосса сов хаза ши адам.
________________________
*Ца бан, ца ян.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz