БОС ХАЗЧУ ТАХУН ИЛЛИ

Дуьнен чу делкъа хан хуьлучу цу хенахь,
Делкъанга дашо малх нислучу цу хенахь,
Барх1 са болу ва мажар шен белшех тесна,
Шийтта б1е уьстаг1а шена хьалха лаьллина,
Ц1ен йора дацошка юткъа шок ва етташ,
Дукъашто коьжалаг шен карахь ловзабеш,
Ломах охьавелира бах и ишхойн ва 1ела.
Асара яханчохь, асаро г1елйина,
Цу малхо йохйина,
Цу кхоран 1индаг1е сада1а хиинчохь,
1индаг1о 1ехийна, набаро тилийна
Наб озийра ма боху бос хазчу Тахуна.
Веана кхечир-кха х1ара ишхойн 1ела.
- Ма тера хета шена хьо, шардина урд,
Тахус шардинчу цу уьрдах аьлла хьаьжча,
Сирла б1аьрг кхийтира цуьнан уллохь лаьттачу,
Цу кхоран 1индаг1ехь 1уьллучу адамах.
Когана вайвелла, куьйгана каде хилла,
1индаг1е вахар ма боху ишхойн ва 1ела.
Лергах оьхкина дашон ва хьалкханаш,
Г1одах дихкина и дашон ва доьхка,
Хьалха доьхкина ва датон туьйдаргаш
Набарха ца йоккхуш бос хаза Таху,
Уьш чехка ша яьхна вахар-кх ишхойн ва 1ела.
Ша самаелира бах бос хаза и Таху,
- 1аламат ярабби, ша йина шен нана! - аьлла,
Шийлачу маьхьарца ц1ехьа едира бос хаза Таху.
- Ша яла хьан дела1, шен жима ва Таху.
Х1ун хилла ва вайна, х1ун дина ва вайна?
Хиланза х1ума а ма ца дисин ва вайна,
Кху маьлхан дуьненахь, со йина сан нана!
Асаро г1елйина, цу малхо йохйина,
Кхоран 1индаг1е сада1а хиира ша,
1индаг1о 1ехийна, набаро тилийна,
Наб кхетта хиллера шена кхоран 1индаг1ехь.
Лергех оьхкина шен дашон хьалкханаш,
Г1одах дихкина шен дашон и доьхка,
Хьалха доьхкина и датон туьйдаргаш,
Ша хьалаг1еттича, уьш йоцуш карин шена.
Барх1 са болу ва мажар шен белше тесна,
Шен йора децашка юткъа шок ва етташ,
Дукъаштон и коьжалг шен карахь ловзабеш,
Дуьнен чу делкъа хан хуьлучу цу хенахь,
Ишхойн 1ела ма вахара, цо ехьна хир ю-кх,
Шен хьомсар х1уманаш, ша йина шен нана.
Ша шена тоха цу делах кхоьру ша,
Ша шена ца тоьхча, таханлерчу дийнахь.
Нийсаршна ва юкъахь юьхь1аьржа х1оттий ша,
Х1ара маьлхан ва дуьне стимал къахьделла,
Ахь чехка кечделахь, ша йина шен нана,
Юайчу бошхепахь и мерза ва даар,
К1айчу шиши чохь и мерза ва малар,
И лаха йоьду ша, бовзазчу ва некъа
Аьлла, хийла зама ядийна, гена некъ ша эцна,
И йоьдуш кхечира цу сарахь суьйренца,
Булучу боданца, жа дажош нах болчу.
- Суьйре дика хуьлда шун, жа дажо ламарой!
- Хьо марша йог1ийла, ва ненан хаза йо1,
Хьо лаа лелий, ва сарахь суьйренца, булучу боданца?
- Аш бийцал шега, ишхойн 1елин меттан мотт, -
Аьлла йистхилира, тов, бос хаза ва Таху.
- Ишхойн 1ела ша ву аьлла, вистхилира бах
Цхьа жа дажо ламаро бос хазчу Тахуга.
- Ишхойн 1елин белш, корта хьайчух тера бацара,
Чуьртан говзанчо ерича санна ма яра,
Ишхойн 1елин б1аьргаш хьайчех тера дацара,
Аьнгалин говзанчо доьттича санна дара.
Ишхойн 1елин г1одаюкъ хьайчух тера яцара,
Ирзе баьлла марг1ал сараг санна ма яра.
Бийцийша ва шега, ишхойн 1елин меттан мотт
Аьлла, йистхилира бах бос хаза ва Таху.
- Д1ахьаьжча хьуна гун и лекха бун ва ерг,
Цу ишхойн 1елин меттан мотт бу хьуна, -
Аьлла, уьш бистхилча, ма-йоддара метта яха
Ишхойн 1елех эхь-бехк шена ва хетта,
Шовданан коьрте яхара бах бос хаза ва Таху.
Маьрк1ажал ва т1аьхьа, пхьуьйрал ва хьалха,
Шовданан ва коьрте хи дан вахара, тов,
Ишхойн 1елин жимха.
1аьржачу буьйсанца сирла б1аьрг кхийтира бах
Ишхойн 1елин жимахин бос хазчу Тахух,
Цунах дог кхераделла, хи доцуш вахара и
Суьйренца лела акхарой чехийна,
Ша вог1уш вара бах х1ара ишхойн ва 1ела.
Ц1ийзаш дуьхьал хьаьлхира цунна
Цуьнан кегий ва пхьаьрчий.
- Да велла ма хила шу, лекхачу
Ламанах духдуьйлу, шал шийла шовданаш,
Шу лекъна хилла-техьа тховсалерчу кху сарахь,
Чонна йора дити шен кегий х1ара пхаьрчий?
Ламанах духдуьйлу шал шийла шовданаш,
Лекъна дацара, х1ай ишхойн ва 1ела.
Адам ду хаац, алмаз ду хаац шена,
Цхьа х1ума яр-кха шовданан цу коьртехь,
Цунах дог кхераделла, хи доцуш веана ша
Аьлла, вист ма хилира 1елин и жимаха.
Юткъа шок тоьхна, турпал пхьаьрчий т1едехна,
Б1аьллинган и ч1ораш шен буьйна доьхкина,
Г1ирмин тешамен шен мажар белшех тесна,
Буьйса кхаа декъе яханчу цу хенахь,
Ша ваьлла вахар бах и ишхойн 1ела
Шовданан цу коьрте.
Итт г1улч хиллал меттиг шайна юкъахь йитина:
- Хьо адам делахь дистхила, алмаз делахь д1адада
Ишхойн 1елин мажар т1ехтуьлуш яц хьуна, -
Аьлла, ма кхайкхира ишхойн ва 1ела.
1елех хета эхь-бехк ша алсам лацарна,
Йист ца хуьлуш, сецир бах бос хаза Таху.
- Т1ехтуьлуьйту елахь - юханехьа ялийла хьо,
Харц хин елахь - хьайн давелла йисийла хьо, -
Аьлла, мажар туьйхира цо, дуьхьал жоп ца хезча.
Детта ц1ий ва багахь, мажар метта кхетта,
Цу буькъачу эрзала яла юьйжира бах бос хаза Таху.
Т1аккха йист ма хилира и ишхойн 1еле:
- Ша шена ва тоха цу делах кхийрина,
Ша шена ца тоьхча, нийсархошна юкъахь
Юьхь1аьржа х1оьттина,
Х1ара маьлхан дуьне къахьделла, хьо ган араяьллера ша.
Дакъаза ма вала хьо, ва ишхойн 1ела,
Ша хьуна деана яра мерза даар,
Ахь шен баийна даш сийна горга х1оъ,
Ша хьуна деана яра мерза малар,
Ахь шена малийна яра 1аьржа молха.
Шен дег1ан дилхан ц1ий молханца деттин ахь,
Ша леха ма лиэхнера шен деган безам,
Ша лехна хилла-кха шен сина мостаг1! -
Аьлла, бос хаза Таху шега кхайкхичахь:
- Хьо маца йицлур-те, бос хаза Таху, -
Олуш, т1ехьаьдира бах и ишхойн 1ела.
- Ша йицлур ю хьуна, буха дисина марчой,
Буха бисина бамбий кисана биллина лелахь.
Хан хене яларца хьайна т1аккха ца йицлахь,
Кхузткъа 1ахар бей, церан кхузткъа нана елхаелахь!
Хьайна т1аккха ца йицлахь, жа дажон к1илло жимха вей,
Цуьнан чевнашка ларий ладог1алахь,
Т1аккха йицлур ю хьуна ша, ишхойн 1ела,
Аьлла, делан кхиэле йирзира бос хаза Таху.
Дисина марчо шен кисна ва доьллина,
Бухабисина ва бамба шен кисна боьллина,
Ваьлла леларх ца йицъелира бос хаза Таху.
Кхузткъа 1ахар бийна, кхузткъа жий 1ахийча,
Цара ден узарш Тахун узаршка тарделира,
Шен жа дажо к1илло жимха ва вийна,
Цуьнан чевнашка сема ладоьг1ча,
Кхин а карлаелира бах Тахуна йина
И дера ва чевнаш.
Ша ваьлла вахара бах шовданан коьрте
Х1ара ишхойн ва 1ела.
- Кхоьллина тхан дела, къина ахь ма язделахь,
Даалац шега-м цул т1аьхьа х1ара маьлхан ва дуьне
Аьлла,хьаьвзаш кхо гуо баьккхина,
Баттар шен шаьлта озийна яьккхина,
Аллах1 дела аьлла, шаьлтан т1е вахара бах ишхойн 1ела.
Стиглара маликаш охьадаьхкина, лаьттара шайхаш гулбелла,
Цаьршиннан чорхаш ийцира сийначу ва стигла.
Цаьршиннан кхоллам хилира бах цу делан эхартахь!



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz