ДАДИ-ЮРТ ЯККХАРАН ИЛЛИ

Лекхахь лам ва боьлхуш арахь Терк дистина,
Цу Терко тийсинчу г1айре т1е юрт йилла ма вуьйлира
Ц1онтарой ва Дада.

Юрт йиллина ва ваьлчи, к1ентий кхиира ма боху
Эзар к1ур болучу цу Дади ва юьртахь:
Уггар к1илло ва вериг барзал майра ва волуш,
Уггар г1ийла ва вериг лоьмал каде ва волуш.

Тел детта ма велира Гуьржеха инарла цу Москох паччахье.
Х1ун беллар бала бу ер дади-юьртахой?
1уьрре д1алаьллинарг - сарахь ц1а ца дог1у,
Ураме ва вала салте ца вуьту,
Кулубе ва ваха полколаг ца вуьту,
Йохаяхь йохае ер Дади "к1отар",
Ца йохаяьхь, ваккха со Идалал ва дехьа.
Гома зурма ва лекхина, к1айн эскар гулдина,
Йоьза воту ва тоьхна, и новкъа нисдина,
Ша ваха ма велир гуьржеха инарла цу Дадин ва юьрта.
Сатосу седарчий уьдучу ва хенахь,
1уьйранна котамаш декачу ва хенахь
Кхалха го ма лецира цу Дади-юртана.

Шен нанас биллинчу к1едачу цу меттахь
Набарна вижина вара, тов, Бах1адар ва Муьстиг.
Араяле ладог1ахьа, ша вина шен нана,
Гуьйранна малх кхетта, малх лоцу хан яцар-кха,
Салт дуьллуш* хеза шена вайн юьртан маьждигехь.
Араяьлла ладуьйг1ира к1ант винчу ва нанас.
Хьаьттаршна го лоьцу човкарчий ва санна,
Уьшална го лоьцу коьса эрз ва санна,
Кхалха го ма карийра цу Дади ва юьртана.
Ша хьаьвзина чуеара к1ант вина ва нана.
Шеран исс баттахь шен кийрахь лелийна,
Дуьзна коьра ва санна, набарна ва те1аш,
Агана ва г1ож т1ехь пхьаьрсан дол ва дустуш,
Ша хьуна баийна и хьанал к1айн кхача,
Хьакхийн ц1ий ва санна, хьарам бо ша хьуна
Юрт йоккхучу кху дийнахь хьо тешха ва хилахь
Бохуш, лен ма елира к1ант вина ва нана.

Синметта топ кхетта ц1е экха ва санна,
Ша хьала ма иккхира Бах1адар ва Муьстиг.
Чергисойн, г1ебартойн зударша къуьйсуш ва дина духарш
Шен дег1а дуьхина,
Барх1 са болу мажар шен белшах ва кхозуш,
Терсмаймал дуткъа тур шен керахь ловзадеш,
Нанас бер санна, шен нана къинт1ера яьккхина,
Ша ваха ма велира Бах1адар ва Муьстиг
Баккхий нах гуллучу маьждиган майдане.
Маьждиган майданахь йоьза воту ва етташ,
Кхайкхам беш ма яра и Дадин Албика.
Цуьнга вист ма хилира Бах1адар ва Муьстиг.
Дагадог1ий ва хьуна
Къуьша къолу къайлах дуьйцучу
Цу хьалха отичохь,
Шу баьрчехь ва долуш, тхо дуьххьехь ва долуш.
Ц1оцкъум багара и бора ши б1аьриг шега хьажабе ва аьлча,
Моьттара хьуна-ма кхоьлина буьсур бу,
Тахана хьожур хьо к1ант майра ву олуш,
Даьккхинчу туьрца ша юкъа ма вахара
Бах1адар ва Муьстиг.
Т1аккха йист ма хилир и Дадин ва Албика,
Вайн къена дай-наной цу керташ юххьехь
Шаьш хебаш ма лаьтта,
Марзойн ц1ерш ва кхобу вайн хьоме несарий,
Марзойн ц1ераш ва йохуш, шаьш кхойкхуш ма лаьтта.
Ма доккха де ду-кха таханалера де дикачу к1енташна
Бохуш, ле ма елира и Дади Албика.
Болийна буькъа т1ом делкъенге ва болуш,
Вистхилира ма боху гуьржеха инарла:
И к1ентий леториг Дади Албика ю,
Хьажаяй кхоссалахь, йохариг, йоккха топ, олуш -
Тоьхна ма йожийра и Дадин ва Албика.
Болийна буькъа т1ом суьйренга ва болуш,
Вовшахкхийтира ма боху и дели мостаг1ий.
И дадиюьртахой сов к1еззиг хиларна,
И дели мостаг1ий сов дукха хиларна,
Дели ала х1ума к1елхьари ца долуш,
Йохийна-ягийна д1аяьккхира ма боху и Дади ва юрт.
***
Нанас дена ма войла яхь йоцу ва к1ант,
Вича ма валийла кхаа дийне-буьйсане,
Цуьнан валар хилийла хьерахь бол къуьйсучу
Бисинчу зударийн керах.
_______________________________
*Ламазана я кхечу х1уманна нах кхайкхарах салтдиллар олу.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz