АНЗОРАН ЗАЗИН ИЛЛИ

Ва сарахь суьйренца, бузучу малхаца,
Суьйренах къаьстина булучу боданца,
Шен нанас биллинчу к1едачу цу меттехь,
Ездарийн ва юрг1а белшех ва хьерчош,
Набарна тевжира бах ва ненан цхьа к1ант.
Буьйсанна хан-зама яьллачу цу хенахь,
Г1енаха дуьхьал тесира бах Анзоран ва Заза.
Т1ашна т1е топ кхетта ц1ен экха ва санна,
Ша хьалаиккхир, тов, и ненан цхьа к1ант,
Цу к1анта схьакхайкхира ша винчу ва нене,
К1ант волчу еара бах к1ант вина ва нана:
- Ша яла хьан дела1, шен жима цхьа к1ант,
1уьйренца т1ете1а дохк-мархий ва санна,
Х1ун бала бу-техьа хьан кийра хьийзариг?
Буьйса кхаа декъе яханчу ва хенахь,
Наб кхета ца туьгуш, хьан кийра х1оьттинарг?
Хотешка йоьлху къена марха ва санна,
Х1ун г1айг1а ю-техьа хьан коьрте йоьлхуриг?
- Г1айг1а яц, бала бац, ша вина ва нана,
Дешарах кхачалац яра делан ва дешар,
Мел дарах кхачалац яра хенан ламазаш,
Дийнахь дешар доьший ша охьавижчахь,
Г1енах г1ов хуьйшуш, Анзоран ва Зазас,
Наб кхета ца вуьту ехачу цу буса,
Дийнахь дешар доьшуш, буьйсанна наб йоцуш,
Акха дечиг санна, вакъавелла воьду ша,
Къинт1ера яла шена, ша вина ва нана,
Ша ваха ма воллу цу нана-Гуьржеха.
Ладог1ал, цхьанделхьа, шен жима цхьа к1ант!
Ши-кхо дош дар-кха шен хьоь ала ва дезаш,
Цу шеран исс баттахь хьо кийрахь лелийна,
Шеран шийтта баттахь аганахь техкийка, кхиийна,
Буьйсанна йижчйхь кога ага ва техкош,
Ша хьуна эхьна и хьанал к1айн кхача,
Хьакхийн ц1ий санна, хьарам бо ша хьуна,
Хьайна г1енах ма-гарра, Анзоран Заза
Самаха ганза, вайн ц1ехьа хьо ваг1ахь,
Хьайна самах яйча, йитина ва ваг1ахь -
Дуьгуш нускал санна, шен гила кечбина,
Ялон к1ант ва санча, ша дика кечвелла,
Хийла зама ядийна, гена некъ эцна,
И воьдуш кхечир, тов, цу нана ва Гуьржех,
- Де дика хуьлда шун, х1ай гуьржийн ва к1антий!
- Хьо марша вог1ийла, мехкан воцу ва хьаша!
Х1инццалц ма вацара хьо, де дика дан вог1уш,
Са ц1ена хьайн гила хьацарна 1ийдалуш,
Хьо лаа лелий-те, хьо тара лелий-те?
- Ша ара ва ваьлла к1еззиг г1уллакх хилла,
Хьешан г1уллакхана дика вуьйцуш шун юьртахь мила ву-те? -
Аьлла, вист ша хилча, мехкан воцу ва хьаша,
Б1аьрга б1аьца йина, и юьстахваьккхира, тов,
Тобана юкъара цу гуьржийн цхьана к1анта.
Цо эцна вигира и ша вехачу х1усаме,
И маса малар хьалха алсамх1оттийна,
И хьена дилхан даар шорта диллина,
Веана т1ех1оьттира и гуьржийн ва к1ант.
- Тохара хьо волчу тобанахь
Дийца тешам бацара хьуна,
Х1инца парг1ат дийцалахь деана и г1уллакх.
- Дешарх кхачалац и делан ва дешар,
Дарах кхачалац и хенан ламазаш,
Дийнахь дешар дешна со охьавижча,
Г1енах г1ов хуьйшуш, наб яйтац ва соьга,
Хазалла г1араяьллачу Анзоран Зазас.
Дийнахь дешар доьшуш, буьйсанна наб йоцуш,
Акха дечиг санна, вакъавелла воьду ша.
Хьуна евзий-техьа, х1ай гуьржийн ва к1анат,
Кху нана-Гуьржийчохь Анзоран ва Заза?
Биънарг дуй бар-кха шен кхоьллинчу ва делах,
Шена г1енах ма-гарра, Анзоран Заза
Самах ганза ца 1ен аьлла,
Шена самах яйча, йитина ца ваха.
Дакъаза ма вала, мехкан воцу хьо хьаша!
Ма к1езиг г1уллакх ду ахь шена т1едеънарг,
Шена ма-моттара Петербухехь вехачу
Паччахьан хаза йо1 яло хьо веана.
Ахь парг1ат даалахь яра хьена ва даар.
Ахь парг1ат малалахь яра маса ва малар.
К1еззиг г1уллакх дара шен йоккхачу Гуьржийчохь
Олуш, аравелира и гуьржийн ва к1анат,
1уьйранна суьпа нах г1овттучу цу хенахь,
Набарна 1еса стаг таь1ачу цу хенахь,
Зазаг1еран ц1ийнан кор ша бухдаьккхина,
Кхерсташ чувелира и гуьржийн ва к1анат.
Цо хьалаг1аттийра Анзоран ва Заза.
- Дакъаза ма вала, хьо гуьржийн ва к1анат,
Дас-нанас бертахь дина захало дохо г1ерта хьо?
Цхьа к1ира д1адаьлча, хьуна юьгуш яра ша!
Собар доцуш хиларна, бехк буьллу ша хьуна.
- Ломал доккха ду шегахь собар, ва Заза,
Мехкан воцу хьаша воьссина ша волчу,
Буьйсанна вижчахь г1енах дуьхьал хьо туьйсуш,
Кийрарчу дагна сел дукха хьо езаш,
Акха дечиг санна вакъавели боху цо,
Цуьнга яхар доьху ша, Анзоран ва Заза. -
Тикманаш йолу ездарий дег1а дуьйхина,
Бере кечвалла дети г1одах къевлина,
Сов ц1ена ши пошмакх ша юьхьар туйдина,
Пошмакхийн цу кийрахь ц1ен к1архаш ц1ийзабеш,
Ойланан куралла кур аркъал ва туьйсуш,
Цунна т1аьхьах1оьттира Анзоран ва Заза,
Ялийра цо иза ша вехачу х1усаме,
Сингаттамо кийрара дог ва дожийна,
Масачу маларо шен корта хьовзийна,
Д1атевжина хиллера мехкан воцу хьаша.
- Хьалаг1атта, цхьнделхьа, мехкан воцу хьаша,
Хьуна г1енах г1ов хуьйшу Анзоран Заза
Т1ех1оьттина ю хьуна, вайшиннан х1усамехь, -
Бохуш, вист ма хилира и гуьржийн дика к1анат.
Сахуьлу седарчий уьдучу цу хенахь,
Седарчийн серлонаш къестачу заманчохь,
Механа деза совг1ат Зазина делла,
- Шайн махка т1ера и шиъ новкъа даьккхина:
- Соьца г1уллакх хилча, т1аккха а вог1ур, хьо
Гуьржеха, жимаха хьо волуш ву хьуна,
Шу марша г1олда, нохчий бехачу цу махка, -
Аьлла, ц1ехьа вирзира бах гуьржийн оьзда к1ант,
Нанас дена ма волда, яхь йоцу ва к1анат.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz