ХАЛКЪАН ИСБАЬХЬАЛЛИН ХАЗНА

Барта кхолларалла вайнехан халкъан исбаьхьаллин культуран мехала дакъа ларало. Вайн халкъан ширачу заманахь хиллачу 1ер-дахарах, цуьнан лехамех, психологех лаьцна йозанан а, кхин долу а тоьшаллаш къен хиларе хьаьжча, барта произведенешкахь хаалуш долу генна хьалха д1адаханчуьн зов шена т1е тидам бохуьйтуш ду. Цунна, 1илманан лехамашка диллича, ондда т1етовжа йиш яцахь а, амма б1ешерашкахь халкъан синкхетам, г1иллакх-оьздангаллин институташ и. д1. кх. кхуьуш, заманан йохаллехь хийцалуш схьа муха еана боху маь1на дан таро ю.
И мехала г1уллакх гуттар тидамехь латтадора оха х1ара книга вовшахтухуш. Цундела х1окху сюжето ешархо цецвоккхур ву аьлла, иза хьалха а ца йоккхуш, цуьнан лергана аьхна хир яц аьлла, т1аьхьа а ца тоттуш, цо т1екхуьучу т1аьхьенна хьалха д1адаханчун мелла а суртх1оттор ду боху илли, шира дийцар, кица, х1етал-метал, халкъан тидам юкъабалийна оха. И 1алашо мелла а юьззина кхочушъян г1ертарца доьзна ду х1окху юкъа массо а аьлла нохчийн фольклоран жанр шуна йовзийта г1ертар а.
Х1окху гуламна юкъа мел яхана барта произведени дуьххьара д1а а язйина, дуьххьара зорбане ара а йоккху боху х1ума мел деза хеттехь а, цунна т1е а ца г1иртина тхо. Ешархочун синкхетам "самабаккха", цуьнан шен халкъан культуран мехаллех дозалла дан таро йолу некъ шорбан 1алашо йолу х1инцалца зорбане арайийлла, я цхьацца бахьанехь арайийла йиш йоцуш лаьттина х1умнаш шуьйра юкъаялийна оха, цкъа делахь, уьш карла а евр ю, шолг1а делахь, церан эстетически шовкъо кхин цкъа а мехала т1е1аткъам а бийр бу аьлла.
Шена т1е ондда тидам бахийта безаш г1уллакх хета тхуна вайн оьздачу, дикачу 1адатийн а, фольклоран а уьйр хадар. Халкъан иэсехь я этнографин 1илманехь цхьацца хаамаш бисина вайнехан деле дог1а дехарца, зуда ялор йигарца, берийн ловзаршца, кхидолчуьнца, амма цаьрца цхьаьна леллачу эшарийн лар яйна. Т1епаза яйна аьлла догдилла ца лаьа, уьш лахар вайн массеран а г1уллакх а хилла д1ах1оьттича, карор яра аьлла хета. Цу декъехь тхайн дан аьтто баьллачунна оха зорбатуху "1адатийн поэзи" бохучу декъехь.
Мифологис адаман уггаре а ширачу заманан синкхетам бовзуьйту. Цуьнца доьзна дийцарш 1аламат дукха хилла вайнехан. Амма уьш д1аяздина охьадехкина вуно к1езга ду, ткъа зорбане ара кхин к1езгох девлла. Халкъан культурана боккха иэшам бу и.
Иллеш д1аяздаран г1уллакх вуно чолхе а, жоьпаллин а болх бу. И мехала хазна гулъеш а, 1илманца толлуш а г1уллакх дина волчу Вагапов Якъуба а, Эльмурзаев Сираждис а, Джамалханов Зайндис а, Мунаев Исмаь1ила а диначунна т1е шайн хазна йиллина къоначу филологаша Кадиев Руслана а, Цуцаев 1алавдис а, кхечара а. Царна баркалла ала лаьа тхуна.
Чаккхенехь оха ялийначу комментарешка хьаьжча шуна хуур ду х1ара иттанаш, иттанаш адамаша цхьана бина болх буйла. Т1ейог1учу заманахь а фольклораца уьйр-шовкъ йолу нах вовшах а тухуш, вайн халкъан барта хазна гулъяран а, зорбане кечъяран а г1уллакх кхин а жигарадаккха 1алашо а ю тхан.

Джамбеков Ша1рани



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz