КЪЕНАЧУ ДАДИН ИЛЛИ

Вахарна къийвелча, гоьлана вазвелча,
Б1аьргана артвелча, кхаъ хуьлуш дагна,
К1ант вира бахара сил къеначу Дадина.
Хан-зама яьлла, к1ант кхиа ша воьлча,
Ша х1итта ма велира и шовданан цу коьрте.
Йоккхачу шахьарара цу к1енттан нийсарой,
Цу Дадин к1антах шайн баьчча ва вина,
Гуо бина цунна т1аьхьа ма х1иттира.
Элан сту Заьлбика хьаьжжинчохь ма йисира
Цу Дадин ва к1анте.
Т1аккха ша ма къаьстира к1ентеха цхьа к1анат,
Мотт эцна ма вахара и 1алханан Т1урлога.
- Ассалам 1алайкум, 1алханан х1ай Т1урло,
Де дика дойла хьан ницкъ болчу вайн дала!
Шахьаран кегий нах, хьан хенан нийсарий,
Цу Дадин ва к1антах шайн баьчча ва вина,
Гуо беш т1аьхьа ма х1итти.
Сил мерза хьан езар, и элан сту Заьлбика,
Цу Дадин ва к1анте хьаьжжинчохь ма йиси,
Хьо вола, цхьанделхьа, шовданан цу коьрте, -
Олуш, шаьшиъ веара шовданан цу коьрте.
- Ассалам 1алайкум, хьо к1ентийн ва баьчча,
Къеначу цу Дадин стаг йоцу х1ай къут1а!
Суьйре дика йойла шун кхоьллинчу вайн дала!
Ма довла шу дакъаза, шахьарара кегий нах,
Шен хенара нийсарий, хеназа кхаъ хилла,
Воккхачу Дадина х1ара къут1а ца динехь,
Баьчча воцуш дуьсур-кх шу
Кху маьлхан дуьненахь.
Ма яла хьо дакъаза, элан сту Заьлбика!
Нанас дагахь доцуш воккхачу Дадина
Х1ара къут1а ца динехь,
Везарг воцуш юьсур-кха хьо кху маьлхан дуьненахь, -
Олуш, 1оттар ма йира, 1алханан Т1урлос
Цу Дадин к1антана.
Дадин к1ант д1атосуш, и к1ентийн ва тоба,
1алханан Т1урлона гуо беш, т1аьхьа ма х1иттира,
Элан сту Заьлбика, х1окху Дадин ва к1анте,
Хьаьжжинчохь ма сецира.
Т1аккха вист ма хилира 1алханан х1ара Т1урло:
- Схьадовла, х1ай к1ентий, цу арарчу арешка,
Ижонна арадевр ду вай, -
Олуш, ижонна ара ма бевлира и кегий к1ентой.
Къеначу Дадин к1ант, бокх-боккху ког багарбеш,
Г1ийла ен деган ойла шен кийрахь сецаеш,
Ша ц1ехьа ма вирзира шовданан коьртера.
Йог1уш, т1аьхьа ма кхиира.
Шен деган езар, элан сту Заьлбика.
Ма вала дакъаза, шен деган хьо везар,
Къеначу Дадин к1ант,
Бокх-боккху ког багарбеш, г1ийла деган ойланаш
Хьайн кийрахь сецаеш,
Мел хала вирзи хьо шовданан кху коьртера.
Ца хезна ва хьуна, Къеначу Дадин к1ант,
Коьртехь чов ва санна, тешам боцуш ву бохуш,
1алханан и Т1урло?
1алханан Т1урлос и к1иллон хабарш дийцарах,
Шен делах ялийла ша, хьоьга йог1уш ша яцахь.
Къеначу Дадин к1ант1
- Дала сий дойла хьан, элан сту Заьлбика!
Туьран, тоьпан чов лоьраша ерзайо-кха,
Элан сту Заьлбика, 1алханан Т1урлос
Шена йина дешан чов
Йоьрзур яц шен-ма, вовшех дог ца 1аьбча,
Оцу арарчу арешца тхойшиннах к1ант къаьстина
Ваьллачул т1аьхьа бен къаьстира дац дов.
Шен делах биънарг беза дуй беци шен,
Элан сту Заьлбика, хьо йигаза ва ца 1ен! -
Олуш, ц1ехьа ма вахара Къеначу Дадин к1ант.
- Дада, ва дада, кечбехьа ва шена
Турпала хьайн гила.
Дехкийтахьа ахьа шега, латарна зеделла,
Болатан хьайн герзаш! -
Ша хьалаиккхира и къена ва Дада:
- Ма валийла дакъаза хьо, шен цхьа жима к1ант.
Тховсалерчу суьйранна х1ун хилла вирзира-те хьо
Шовданан коьртера?
1алханан Т1урлос дешан кхоссар йин-те хьуна?
И г1ирмин буьйда даш т1едетта долийча,
Букъ т1ехьа хьо лоьцуш,
И т1ема мазлаг1анаш шаьш лелха ва яьлча,
Пхаьрса к1ел хьо идош, хьох Т1урло винчу
Къеначу Дадин к1ант вай со-м,
Х1унда ца элира ахьа цуьнга,
Шен жима ва к1анат? -
И шега ла ца делла, дехьа чу, нана йолчу
Ма вахара и Дадин жима к1анат.
Цо нене ма элира даьтт1ачу дагаца:
- Баба, ва баба, ахь шена эцахьа
Га деха к1айн киса, и ц1естан ва к1удал.
Ша кхоьхьур хьуна,
Мехкаршца ва къуьйсуш, и сирла ва шовда, -
Т1аккха хьала ма иккхира к1ант вина ва нана:
- Х1ай Къена ва Дада, хьайн цхьан кху к1ентан
Дог х1унда эшийна ахьа?
Турпала хьайн дин ахь каде кечбелахь!
Латарна зеделлачу болатан герзашца
К1ант каде кечво ша.
Т1аккха Дадас ма элира к1ант винчу цу нене:
- Дика ду, кечбийр бу ша са ц1ена шен гила,
Ша кхоьруш вацара хьуна х1ара цхьа к1ант
Ша ваьллачу шахьаран тхьамданаша
Пхьоьханара эккхорна,
1алханан Т1урло шена дика вовзарна,
Ша кхоьруш вара хьуна, к1ант вина ва нана,
Шен цхьанчу к1анта воккхачу Дадин
Лерехь хьо ц1ийзорна
Бохуш, к1ант хьалха ваьккхина, гила т1ехьа ва лоьцуш,
Г1опе вола ма велира х1ара къена ва Дада.
Лекхачу цу г1опехь цо цуьнга ма элира:
- Шен цхьа х1ай к1анат, т1аьххьара марзонаш
Юур яр-кха вайшимма
Воккхачу Дадин шерачу уьйт1ахь.
Шед тохий цкъа гила хьовзабехьа аьлла.
Т1аккха вист ма хилира къеначу Дадин к1ант:
- Дакъаза ма вала хьо, шен къена ва Дада!
Шахьарарчу тхьамданаша, хьан хенара нийсарша,
И воккха Дада шерачу цу уьйт1ахь
К1ант 1амош ву бохур ду хьуна,
Шахьарарчу кегийчу ва наха, шен нийсароша,
Къеначу Дадин к1ант шен къеначу Дадин
Гила хьийзош ву бохур ду шена.
Лелахь, лелалур вар-кха хьан ханна жима к1ант
Аренан к1енташца.
Ца лелалахь, хьайн ханна жима к1ант,
Зевалар хир дарийца
Ва хьуна,
Лелалур моьтту-кха шена хьан ханна жима к1анат.
- И олуш стаг воцуш, ялх вешин къаьхьо 1аьвши ша-ма.
Ша дехар до хьоьга, буьйсана Теркаха хьайн
Волийла хилахь, гила буха ма ийзалахь,
Сацалур бац хьоьга, кху маьлхан дуьненахь,
Нур долчу б1аьрго генара схьалоьцуш,
Цхьа чиркхан серло гур ю хьуна
Цу турпал гилина.
Цу чиркхан серлонгахь, цу г1алин ва г1опехь.
Маьхьарца ва терсаш, сирла т1а ва детташ,
Ша соьцур бу хьуна, турпала х1ара гила, -
Олуш, хьехар ша дина, вахийтина бахара
Шен цхьа жима к1анат, бехачу цу новкъа -
И воьдуш кхечира, тов, арарчу арешка,
Цу Теркан тог1ешка къуй-к1ентийн тобан т1е.
- Ассалам 1алайкум, къуй-к1ентийн хьо баьчча,
1алханан ва Т1урло!
Де дика дойла шун кхоьллинчу вайн дала,
1алханан х1ай к1илло!
Шовданан цу коьртехь зударшний, берашний юккъехь
Хьо волуш, айхьа шена йина дешан кхоссар
Йицъялаза вуй-те хьо?
Дог лоцуш, дагах чекхъелир-кха шена,
Схьавала ва х1инца, к1енташха д1акъастий,
Х1окху сенчу кху бай т1ехь, к1ант къастор-кха вай - шиннах. -
Шовзткъе итт бере, коьртара куйнаш схьадаьхна,
Кху к1антана хьалха охьдетташ.
Гор-бертал дехар деш, охьаийгира, тов:
- Т1ом ма хьебахьара ахьа, 1алханан Т1урлога. -
Ч1ог1а дехар дира кху жимчу к1анте.
- Доттаг1аш хилийтахьара ахьа вайша, - аьлла,
Оцу к1ентийн дехар т1едега ва даьлчахь,
1алханан Т1урлон хабар шена к1ордо ва доьлча,
Т1аккха вист ма хилира къеначу Дадин к1ант:
- 1алханан х1ай Т1урло, доттаг1аш вац вайша
Кху маьлхан дуьненахь!
Делаха, къоранах дуй буур вайшиммо.
Яра шовзткъе итт бере тоьшалла ва лоцуш.
Дуьненахь мел дукха вахарх, вовшашна тешнабехк ваьш цабан, -
Олуш, цу к1ентех д1акъаьстира къеначу Дадин к1ант.
Ша дехьа ма велира семачу, Теркаха.
Карара урх схьайохуш, лаьтта батт ва йохкуш,
Ша ида ма белира кхуьнан турпала ва гила,
Нур долчу шина б1аьрго генара схьалоьцуш,
Цхьа чиркхан серло ю бахара,
Цу чиркха серлонгахь, цу г1алин ва г1опехь
Т1а детташ ма сецира турпал х1ара гила.
Урх юьйлина схьалаьцна, турпала шен голаш
Турпала гилина шуьйрачу шен некхе
Ва нуьцкъал та1ийна, кхузза шед ша тоьхна,
Т1ета1ийра бахара цу г1алин г1опана,
Ша дехьа ма иккхира, турпала х1ара гила.
Уьйт1арчу гоьзанах и гила д1атесна,
Лайн берд хила х1оьттинчу оцу г1алин ва сонах
Ирх велира бахара къеначу Дадин к1ант,
Т1ерачу г1али чохь шен догуш нур долуш,
Исбаьхьа ша йолуш, шена карийра бахара
И г1алин Г1изларха.
Ша хьала ма иккхира и г1алин Г1изларха:
- Иллах1и ярабби, т1ам тоьхна олхазар
Т1ехула дала шен болатан вежарша
Ца дитина йолчу
Хьо учахь, хан йоцчу хенахь хьийзарг
Х1ун адам ду-теша?
- Къеначу Дадин к1ант ву ша, са ц1ена стаг ву ша,
Хьо йохо, елхо веана вац ша.
Хьо каде кечлолахь, хьо йига веана ша,
Дег1ах мерза са къастаза шен дисахь.
- Дика ду, кечло ша.
Шен делах биъна беза дуй болуш яра ша,
Кху коре кхачавеллачу к1анте бен маре ца яхан.
Хьан къена Дада кху коре кхачавала г1ерташ,
Хеназа къежвелира хьуна олуш,
Охьа ма йоьссира и г1алин Г1изларха.
Ша хьалха хиъна и т1ехьа хаийна, вог1уш ма кхечира
Къеначу Дадин к1ант цу сенчу Терка т1е.
Гили т1ера охьайоьссира и г1алин Г1изларха,
1аьржачу буьйсанна шен нуьрен ши б1аьриг
Кхерсто елира иза цу Теркан бердаца.
Дин лелла ма велира къеначу Дадин к1ант,
Бердаца ва те1ош, оцу сенчу Терка чу.
Йоьлхуш, лен елира и Г1изларха:
- Иллах1и яраббий, къеначу Дадин к1ант,
Ца хезна-те хьуна, хьайн воккхачу Дадегара,
Коьрта чов ва санна, тешам боцуш ву бохуш,
1алханан и Т1урло?
1аьржачу буьйсанна, цу Теркан бердашца,
Шен нуьрен б1аьргашна ма дукха къеста-кха
Цу говрийн настарш.
Ма билгалъюьйлу-кха шена царалахь 1алхакан Т1урлон
Турпал гилин настарш.
Готасий далийтахьа вайша бохуш,
Елха ма х1оьттира иза.
Готесна вала кийрарчу даго ца витина,
Вистхили бахара и Дадин жима к1ант:
- Ма яла дакъаза, хьо деган шен езар,
Делах, къор1анах дуй бууш, к1ентий тешаш ва лоьцуш,
Ч1ог1а ч1аг1онаш ю шаьшшинна, вовшашна
Тешнабехк ца бан
Олуш, и т1ехьа хаийна, сиха дехьа
Ма велира къеначу Дадин к1ант.
Цунна дехьахь ма карийра къуй-к1ентийн и тоба.
- Ассалам 1алайкум, х1ай к1ентийн тоба!
Сахуьлу седарчий уьдучу кху хенахь,
Ижонна акхарой тебачу кху хенахь.
Х1окху Теркан тог1ешкахь, боьхачу ишалшкахь
Шу лаа лелий-те, 1алханан, х1ай Т1урло?
- 1алайкум ва салам, къеначу Дадин к1ант,
Эхь доцуш хили-кх хьо, г1иллакх доцуш хили-кх хьо,
Хьо велла валариг, нускал т1ехьа хаийна,
Ден доттаг1ашца, саламаш кхуьйсуш,
Къамелашка вели-кх хьо, вай велла вала хьо! -
Бохуш, бехкаш даха ша х1оьттира 1алханан и Т1урло.
Цо шега бехкаш ва даьхча, цунах шена эхь хетта,
Букъ тухуш, ма хьавзийра турпала шен гила.
Гилина т1ера охьаиккхира и г1алин Г1изларха.
- Шеха эхь ва хетта, цо шена букътоьхча,
Оьзна схьадаьккхина болатан шен гоьрда
Ша кхузза ма туьйхира 1алханан Т1урлос.
- Тоьур ду-кха ва шена, 1алханан х1ай Т1урло,
Тоьх-тоьхнарг кийрарчу даго юхатуьйсуш лаьтта-кха,
Хьайн ч1аг1о йохий-кх ахьа
Олуш, къохкачу нуьйран дечига чу юьхьар
Охьа ма вахара къеначу Дадин к1ант.
Едда оьрзала ма иккхира къуй-к1ентийн и тоба,
Цу к1ентан садаьлча, кхаж тосур бу вай
Г1алин Г1излархина бохуш,
Йоьлхуш охьа ма ийцира турпалчу гили т1ера
Шен деган везар х1окху г1алин Г1излархас.
Цу сенчу цу бай т1е къилбехьа нисвина,
И охьа виллина, даржийна верта цунна т1е ва тесна,
Шийла мохь ва бетташ, ша елха ма х1оьттира
И г1алин Г1изларха.
- Дакъаза ма яла, шен деган хьо езар,
Т1аьххьарчу шен дийнахь ма нуьцкъала йоьлху хьо.
Багара дилхан мотт ца лелаш к1елбисча,
Ша леха ма вели шен цхьан и к1анат.
Ца карош буьйсан к1ел ша вахча,
1аьржачу буьйсанна, цу сенчу Теркаца,
Барзах уг1а ма х1оьттира х1ара къена ва Дада.
Воккха Дада барзах уьг1ча,
Цунах берзалой таръелла.
Дуьхьал аз ма делира цу Дадин к1ентан:
- Ма йовла шу дакъаза, х1ай турпал берзалой,
Дег1аха мерза са къаьстина шен даьлча,
Багара дилхан мотт шен сецна ва баьлча,
Кхуьур ма яра шу шен голаш яжа,
Сихъелла хетий-кха шу, х1ай гила берзалой! -
Цу эсал мохо воккхачу Даде схьадеара
Шен к1ентан г1ийла аз.
- Ассалам 1алайкум, шен цхьа жима к1анат!
Чевнаш декъалйойла хьан кхоьллинчу вайн дала.
Далхаде ва хьайна кийрара дилхан дог,
Сил къеначу Дадина ма-дарра далхаде.
- Х1ун дуьйцур ду хьуна ша, х1ун далхор ду хьуна ша.
Мел дукха бу-хетий и делан мостаг1ий.
- Дакъаза ма вала хьо, шен цхьан жима к1ант,
Дагна мел ч1ог1а ву-хетий хьо,
Хьажа пурба ло шена, хьайн дег1ан чевнашка.
Шена евзачех юй-техьа хьан дег1ан вон чевнаш?
Олуш, т1ера верта д1атесна, ша хьаьжи бахара
Х1ара къена ва Дада.
Шен б1аьрга ма яйн евзир бахара 1алханан Т1урлон
Болатан гоьрдан вон чевнаш.
Уьш шен б1аьрга ма яйн, кхин къамел доцуш,
К1антах д1акъаьстина т1аьхьавели бахара
Цу к1ентийн-тобанна, х1ара къена ва Дада,
Буькъачу эрзалахь де дууш ма карийра,
Къуй-к1ентийн и тоба.
- Ассалам 1алайкум, къуй-к1ентийн хьо баьчча,
1алханан х1ай Т1урло!
Хьоьца вог1у аьлча, ваийтира ша шен цхьа жима к1ант.
Х1окху арарчу арешкахь к1енташна юккъехь
Гуш ма вац шена, ца вайра-те шуна иза?
Мичахьа велира-те шен жима ва к1анат?
- 1алайкум ва салам, х1ай къена ва Дада,
Валлах1и бакъ ма ду, сийсара х1оккху хенахь
Шайна т1евеара хьан цхьа жима к1ант,
Шайх д1акъаьстин а, оцу Терках дехьавелира и.
Ва т1еман татанаш шаьш лелха-м хезира шайна,
К1антах хилларг х1ун ду-м ца хиира шайна. -
Дика ду, схьадовла, к1ентий, оцу арарчу
Ижонна арадевр ду вай.
Цу дала вог1ийнехь, к1ант кхуьур ву вайха, -
Олуш, готесна Вахара шен цхьа к1ант волчу
Яра къена ва Дада.
Х1окху Дадин к1антана т1екхача доьлча,
Дадина т1аьхьара д1ахедаш, оьрзал лелхаш,
Лечкъа ма елира и к1ентийн тоба.
Стоммачуьра пхьарс лаьцна, вадийна т1евигира
1алханан и Т1урло
Шен цхьан к1антана къеначу кху Дадас:
- Хьажахьа, цхьанделхьа, 1алханан х1ай Т1урло!
Оьрсийчо берина хин ч1ара ва санна,
Верина охьавилли-кха ахьа, шен жима цхьа к1ант.
Хьажахьа, цхьанделхьа, тоьх-тоьхнарг
Кийрарчу даг т1ехь соьцуш хилла-кха.
Дог ца лезира-теша хьан, мел жима вара-хетий,
1алханан х1ай Т1урло, тешнабехк бин олу даций хьан,
Болат шен гоьрда ша детта воллу хьоьх.
Шен цхьа жима к1ант,
Хьажабел ахьа хьайн нуьре ши б1аьриг,
Дог 1абор вайшимма кху 1алханан Т1урлох"
Олуш, мохь аьлла, ластийна коьртах тоьхна,
Когашкахула чекхдаьккхира болатан и гоьрда.
Шиъ хилла охьавахара и 1алханан Т1урло.
Шен делах дуй бууш, ч1аг1о ян велира и къена Дада:
"Шахьаран тхьамданашка, шен хенара нийсаршка,
И къена Дада, к1ентий шеца берта а балийна,
1алханан Т1урло вен а вийна, ц1а вог1уш ву бохург,
Шена цхьангге а да алийта, цхьацца билгало
Ер ма ю ша х1окху к1енташна т1ехь"
Бохуш, ша оьг1аз вахана, цу буькъачу эрзала воьлла,
Цу к1ентийн тобане мохь бетта болийра
Къеначу кху Дадас.
Дадин маьхьаро кхерийна, цхьацций, шишший вог1уш,
Т1егулъели бахара къуй-к1ентийн и тоба.
Цу массо к1антана билгалонна т1ехьенна
Цхьацца чов ша йина,
И массо к1ант шена хьалха верзийна,
Шен цхьа жима к1ант цу къохкан
Дечиган чу ша хьалха ва лоьцуш,
Вог1уш ц1а ма кхечира х1ара къена Дада.
И массо к1ант шаьш-шай ц1а хьажийна.
Шен цхьа к1антана лакхенций, лахенций
Лехна баккхий, кегий лоьраш балийна,
Баккхий лоьраш коьрте баьхна,
Кегий лоьраш когашка ховшийна,
Лоьрашка вистхилира х1ара къена Дада:
- Иллах1и ярабби дуьненан лоьраш,
Шун дарбанийн ледарло йоцуш,
Кхо бутт кхачале шен к1антан кху чевнех
Тавалар хилахь, сахьахь деши дустуш,
Гирданахь дети дустуш, шуна там бер ма бу ша.
И лоьрийн дарбанаш леладай г1аттаве шен жима к1ант.
Т1аккха хит1а ма яхара и г1алин Г1изларха,
Шовдан цу коьрте.
Йоьлхуш ц1а ма еара иза шовданан коьртера,
Цунна хит1ахь ма яйнера элан сту Заьлбика.
- Иллах1и ярабби, к1ант вина ва нана,
Д1аала ахьа, цхьанделхьа, къеначу Дадега,
Ша хит1а яханчу шовданан цу коьртехь
Шена мараиккхина цхьа йо1 ма хьаьвзира,
Цо шега ма бахара: "Массарначул дукха везаш
Деган везар вара шен ахь вина и к1анат.
Хьажахьа рицкъан балхе!
Шена хьалха вевзиншехьа, рицкъ хьоьца хилла-кха цуьнан!"
Олуш, и йилхича, хи чуьра к1удалш цигахь йитина,
Шен б1аьргех хи хьаьдда, ша едда ц1а еа,
Ша дехар до и шена т1е схьаялор.
Таханлерачу кху дийнахь, и шена т1е схьа ца ялаяхь,
Къинт1ера ера яц ша, к1ант вина х1ай нана, -
Т1аккха Дада ма вахара шовданан цу коьрте.
Г1излархас хит1ахь йитина к1удалш
Элан сту Заьлбике елла,
И т1аьхьа х1оттийна, вог1уш ц1а кхечира
И къена ва Дада.
Бутт кхочучу цу дийнахь шайн уьйт1ахь
Турпал гила хехка волавелира бах,
Шен дег1ах воккхавеш, х1ара Дадин жима к1ант.
Шен к1ант дика товарна, лоьрашна там бина,
Уьш ц1ехьа хьовсийна.
Шен цхьа жима к1ант шена улле х1оттийна,
Къена Дада ма вахара рузбанан маьждиге.
Цо цигахь т1егулбира цу юьртан-тхьамданаш,
Юьртара кегий нах.
Т1аккха цаьрга ма элира къеначу цу Дадас:
- Ладуг1уш хилалаш, шахьаран тхьамданаш,
Шен хенан нийсарий,
Аренан дика к1ентий, шен к1ентан нийсарий!
Дуьнен чохь шаьш мел дукха дахарх,
Шаьш мел дукха ижонна ара леларх,
Сан цхьа к1ант шайца мел дукха леларх,
Шайца мел 1оттавелла хиларх,
Сан цхьа к1антаца иштта бегаш ма белаш,
Мегар дац ва шуна!



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz