Г1ЕБАРТОЙН КУРСОЛТИН ИЛЛИ

Йохалла ва яхъеш, шоралла ва шоръеш,
Юрт йилли бахар-кха Терк юха деддачу,
Цу Теркан тог1и чу ц1онтаройн ва Дадас.
Уггар а к1еданиг лоьмал каде ва волуш,
Уггар а 1овдалниг цхьогалал мекара ва волуш,
Дика к1ентий ма кхиира цу Дадин ва юьртахь.
Цу дечган ва пхьеро хьокхуш йича ва санна,
Г1одюккъехь нисъелла, дег1ана товш йолуш,
Дашах йоьттина йича санна, ши белаш ва йолуш,
Шуьйрачу белшашкахь боран к1ажарш ловзаеш,
Рег1ан кока ва санна, 1аьржа б1аьргаш ва долуш,
Ц1улла сара ва санна, сетташ ц1оцкъамаш ва долуш,
Лекхалла-лохалла дег1ан кеп нисъелла,
Маьлхан нур ва санна, ша басна хазъелла,
Берриг а махкачохь йоккхуш ц1е ва йолуш,
Хаза йо1 ма кхиира ц1онтаройн ва Дадин.
Т1ехьийза буьйлира цунна и юьртан кура к1ентий.
Ша ваьлла ма вахара ц1онтаройн ва Дада
Юьрта юккъе ва динчу рузбанан маьждиге.
Молла кхайкха ва йинчу момсар т1е хьалаваьлла,
Мохь-ц1ог1а ва тоьхна, ша чехка гулбира цо
Цу юьртахь ва кхиъна и нохчийн кура к1ентий.
Т1аккха лен ма велира ц1онтаройн ва Дада:
- Дакъаза ма довла шу, юьртан кура к1ентий,
Сема ладог1алаш ас дечу къамеле,
Ва шуна ма-хаъара, хаза йо1 кхиъна сан,
Вай даха йиллинчу горгачу кху юьртахь.
Т1ехьийза шу доьлла, вовшашца ва къуьйсуш,
Ас хьоме кхиийнчу сан хазчу йо1ана.
Хьал долуш ву аьлла йохуьйтур яц аса,
Бахамна къен хиларх, ца йохуьйтуш 1ийр вац со.
Къеналла-къоналла ханна цхьаъ ва болуш,
Лекхалла, лохалла дег1ана цхьабосса,
Кхесарна, ц1оганна цхьабосса ва болуш.
Цу басна-сибатна вовшех къаьстир ва боцуш,
Цу гоъна шарбелла безамехь кхо айг1ар
Балийнчу цу к1анте ас маре лур ма ю,
Ас хьоме кхиийна сайн хаза жима йо1, -
Олуш, вист ма хилира ц1онтаройн ва Дада.
Эца хьал ва дераш шаьш эца ма хьаьлхира,
Къолаш дан 1еминарш шаьш лачкъон ма хьаьлхира,
Эца хьал ва доцу, къола дан ца 1емина,
Жерочун жима к1ант а ц1ехьа ма вирзира,
Г1ийлачу ойланца, доьхначу шен дагца,
Ца болучу когаца, шен басна к1айвелла,
Кийрахь ен ойланаш, шен дагца сецаеш,
Дагахь ен ойланаш, хьаьнга ялхор ца хууш,
Г1ийлачу боларца, шен х1усаме ма кхечира,
Дан амал ва доцу Жерочун жима к1ант.
Ц1онтаройн Дада кхайкхича и к1ентий гулбарна,
Шен ца1 бен воцу к1ант цига вахна хиларна,
Ц1онтаройн цу Дадас х1ун боху ца хууш,
Чохь 1ен са ца тийна, кет1а яьлла ма яра,
Шен к1антана сагатлуш, к1ант вина ва нана.
Г1ийла вог1уш гира цунна, шен ца1 бен воцу к1ант.
Т1аккха лен ма елира к1ант вина ва нана:
- Дакъаза ма вала сан ца1 бен воцу к1ант.
Ваша воцу 1индаг1а, тоба йоцу ва г1аларт,
Ас хала кхиийна, да воцу г1ийла бо,
Хьайн басна к1айвелла, ца болучу когаца,
Мел г1ийла вог1у хьо, вехачу х1усаме,
Х1ун боху ва шуьга ц1онтаройн цу Дадас?
Балхабел ахь соьга коьртера ва бала,
К1ожамо ц1е санна, схьаэца хьожур со,
Ялхаел ахь суна, кийрара хьайн г1айг1а,
Г1амаро хи санна, д1ахуда хьожур со, -
Олуш, йист ма хилира к1ант вина ва нана.
Т1аккха лен ма велира Жерочун жима к1ант:
- Дакъаза ма яла, со вина сан нана,
Ц1онтаройн Дадас ма боху кху юьртан к1енташка,
К1ант вехаш ву аьлла йо1 маре лур яц ша,
И к1ант къен ва хиларх, ца йохуьйтуш 1ийр вац ша,
Къеналла-къоналла ханна ца1 ва болуш,
Лекхалла-лохалла дог1машна цхьабосса,
Кхесарна-ц1оганна цхьабосса ва болуш,
Цу басна-сибатна къаьсташ меттиг ва боцуш.
Цу гоъна шарбелла цхьабосса кхо айг1ар
Балийнчу цу к1анте ша маре лур ма ю
Урдо-йоьхана ва доцуш шен хаза жима йо1.
Эца хьал шайн дераш шаьш эца ма хьаьлхи,
Къола дан 1еминарш шаьш лачкъо ма хьаьлхи,
Эца хьал ва доцу, къола дан ца 1емина
Хьан жима к1ант дан амал ва доцуш,
Г1ийлачу ойланца ша ц1ехьа ма веара:
Бахамна, хьолана вай г1ийла хиларна.
Д1аала ца х1уттуш, дагахь т1ехьийзаш ма вара со
Ц1онтаройн ва Дадин цу хазчу йо1ана,
Суна схьахетарехь, со везаш ма яр-кха,
Сирла б1аьрг ва бетташ, ас юьртахь къастийна
Ц1онтаройн цу Дадин и хаза жима йо1,
И доцург кхин нускал вайн керта ца дало,
Биъна дуй бара сан, со вина сан нана.
Хьох долу и эхь-бехк вайн дала лоьрийла,
Цул боккха бала бац сан коьрте суна бан,
Цул йоккха г1айг1а яц сан кийра ва хьовза,
Дагавала и тхьамда со воцуш ма ву-кха,
Хьалхавала воккхаха со воцуш ма ву-кха,
Т1аьхьах1отта кегирхой со болуш ма вац-кха,
Улло вала ахь вина сан ваша ма вац-кха.
Кхоьллина хилла со, кхоьллинчу вайн дала,
Дуьненан кху кийра дуьненан балийна,
Со вина ма хилла со винчу хьо нанас,
Дуьненахь дог дика ма хуьлда хьан аьлла.
Коьртера сан бала, кийрара ва г1айг1а,
Ялхо стаг ма вац, хьо йоцург дуьненчохь,
Со вина, кхиийна, сан хьоме ва нана,
Дийцахьа ахь суна, хьайн дагна х1ун хета,
Со кийча ву хьуна, ахь бохург кхочушдан.
Олуш, вист ма хилира Жерочун жима к1ант.
Т1аккха лен ма елира к1ант вина и нана:
- Ма вала дакъаза, сан ца1 бен воцу к1ант.
Ваша воцу г1аларт, да воцу г1ийла бо,
Хьо вохий ма хила, доккха х1ума дац хьуна
Ц1онтаройн цу Дадин и хаза жима йо1.
Ялалахь ялор вай ц1онтаройн Дадин йо1.
Ца ялалахь карор бу и саннарш сов шорта,
Хьан дадел дика к1ант лаьтта т1ехь вацара,
Сан яхь йоьхна ва меттиг адамна ца гойтуш,
Кху хене ма яьлла хьо вина со нана,
Эхь деца ва хьуна, хьайн дена вина волчу,
Со нанас вина волу, яхь йоьхна хьо хилча.
Духкуш ма карор дац и санна дика дой,
Хьал долчу к1енташна, мел ч1ог1а цара лахарх,
Цо буьйцу кхо айг1ар лачкъийна бало к1ант,
Горгачу вайн юьртахь х1инццалц схьа кхиьна вац,
Дуьненна юккъерчу хьаьжц1ийнан ва санна,
Кху дерриг дуьненчохь йоккхуш ц1е йолуш
Дика к1ант ву хьуна г1ебартойн Курсолта,
Хьо ваха ма веза, сан жима ва к1анат,
Цу нана-Г1ебарта Курсолта ва волчу.
И вуьйцуш вара хьуна, хьан да волчу цу хенахь
Хьан деца ва цхьаьна вайн нохчийн к1енташа,
Г1ебартойн Курсолта дика к1ант ву бохуш.
И волчу хьо вахча, хьо боцуш вог1ур вац,
Дуьнен чохь уьш белахь, и ц1оькъа кхо айг1ар, -
Олуш, йист ма хилира к1ант вина ва нана.
И датон дуьрста шен буйна йоьллина,
Божалан берте ма вахара Жерочун жима к1ант,
Цу ханнийн божлера са ц1ена шен гила
Ша ара ма баьккхира Жерочун
цу к1анта. Уьйт1арчу гоьзанах и гила д1атесна,
Чергазийн юткъа нуьйр цуьнан букъ т1е тиллина,
Элаша бина г1ирс цу дина берзийна,
Ша каде кечбира цо са ц1ена шен гила.
Ша чоьхьа ва ваьлла, кечвала ма вуьйлира,
Жерочун жима к1ант, цу дуьхьал ото чохь,
Шен дег1а юьйхира цо стунаша ва йина
Дег1а т1ехь товш йолу и оьзда ва бедарш,
Шен юкъэх дихкира цо тешамен и герзаш.
Бухаройн холхазан куй
Серлонна богучу б1аьргаша т1е ва тоьттуш,
Оьзиган юткъа шед, шен буйна йоьллина,
Ша ара ма велира Жерочун жима к1ант.
Гоьзанца дин хьерчаш, динца к1ант ва хьерчаш.
Лекхачу попа т1е га саттош ва хуу
К1айн куьйра ва санна, шен дина ма хиира,
Дуьне дуьтуш д1абузу можа молх ва санна.
Юрт юьтуш, ма къаьстира Жерочун жима к1ант.
Кулубе боьду некъ эпсаро ва санна,
Терка т1е боьду некъ муьжгичо ва санна,
Г1ебарта боьду некъ ша юьхьар ма лецира
Цу Дадин юьртарчу Жерочун ва к1анта.

II

Шен дине лен велира Жерочун жима к1ант:
- Дакъаза ма бала, схьалеба мотт боцу,
Д1ааьлларг ва хуу са ц1ена сан гила,
Сема ла ахь дог1а, ас дечу къамеле,
Б1аьстенаи кхаа баттахь лекха лам баабеш,
Аьхкенан кхаа баттахь ц1ен суг1а даадеш,
Гуьйренан кхаа баттахь горга х1оъ баабеш,
Цу 1аьнан кхаа баттахь кхехкош мукх баабеш,
Сабанца кхес юьлуш, херхаца гаъ ва бошуш,
Жимчу берана ва санна, дайн ка т1е ва хьоькхуш.
Т1ехьашха мох хьаькхна, чо бохорна ва кхоьруш,
Хьалхашха мох хьаькхна г1елбаларна ва кхоьруш,
Ас хала кхиийра хьо бекъа йолуш ва дуьйна,
Сайн ваша вацарна, вешин метта хир бохуш. -
Хьолана стомманаш шаьш эца хьаьлхина,
Къола дан 1еминарш шаьш лачкъо хьаьлхина,
Эца хьал ва доцу, къоланна 1амаза,
Вайшиъ ма доьду-кха Курсолта ва волчу.
Эца хьал долчеран эца ка ва яьлла,
Лачкъон 1еминчеран лачкъо ка ва яьлла,
Вайшиммочул хьалха кхо айг1ар балабахь,
Царна д1алур ма ю ц1онтаройн цу Дадас
Ша хьоме кхиийна шен хаза жима йо1,
Юьхь1аьржо ма ю и, к1ара дуьне мел дозу.
Нахана ва юккъехь д1алела юьхь йоцуш,
Таханчул сиха де вайшинна т1е х1уттур дац.
Дуьненан кху кийрахь вай дукха мел дахарх
Са кхоон ва делахь, со велла буьсийла хьо,
Хьо кхоон ва белахь, хьо белла вуьсийла со, -
Ша олуш, оьзиган шедаца и чехка човхийна,
Цу турпал голашца сов ч1ог1а 1аьвдина,
Архашкахь ма малбира Жерочун цу к1анта,
Кийрара дог хуу, схьалеба мотт боцу,
Ша хала кхиийна са ц1ена шен гила.
Архашкахь къевлича, мархашка ва кхийдаш,
Архашкахь малбича, лаьттах бахарна ва кхоьруш,
Ша ида ма белира са ц1ена и гила.
Даккъашка ша вуьйлуш, и даккъаш ва хедош,
1аннашка ва вуьйлуш, и 1аннаш ва цоьстуш,
Аренга ша вуьйлуш, аренаш идаеш,
Дуьне дуьтуш д1абузу нур дашо можа малх,
Д1абуза бегалуш, д1абузале ва хьалха,
Цу сарахь суьйренца бузучу малхаца,
Цу динан дикалло, ва к1ентан майралло,
Вадийна тесира и г1ебартойн цу ара.
Цу хазачу суьйренца, бузучу малхаца,
Юьрта юккъехь битинчу ураман цу новкъахь,
Некъо голатухучохь, гулъелла ма яра
Г1ебартойн кура к1ентийн вежарийн и пхьоьг1а.
Пхьоьг1ана т1е ма вахара Жерочун жима к1ант.
- Ассалам 1алайкум, суьйре дика хуьлда шун,
Г1ебартойн кура к1ентий, вежарийн ва пхьоьг1а! -
Олуш, вист ма хилира Жерочун жима к1ант
- 1алайкум ва салам, диканца вехалда.
Хьо марша вог1алда, хьо лаа лелий хьо?
Ва тара веъний хьо? Мехкан воцу ва хьаша -
Схьадийцал хьайн г1уллакх, тхо кийча ма ду-кха
Хьан г1уллакх кхочушдан, мехкан воцу ва хьаша, -
Олуш, бист ма хилира г1ебартойн кура к1ентий.
- Баркалла шуна хуьлда, г1ебартойн кура к1ентий,
Сан г1уллакх кхочушдан шу кийча хиларна,
Суна-ма хаар-кха хьешан г1уллакх кхочушдан
Шу кийча хир дуйла, г1ебартойн ва к1ентий,
Дийцийша аш суна, г1ебартойн шу к1ентий,
Дуьненан юккъерчу хьаьжц1ийнан ва санна,
Кху нана-Г1ебартахь йоккхуш ц1е ва йолу
Г1ебартойн Курсолта мичхьа чохь вехаш ву?
Т1аккха шу ма довлу со хьешан ва бехках, -
Олуш, вист ма хилира Жерочун жима к1ант.
Царалахь цхьа жимха ша хьалха ва ваьлла,
Ваьккхина вигира и Курсолта ва волчу.
Богучу б1аьргаш т1е шурул к1айн куй тоьттуш,
Цу марг1ал куьйгаца дуткъа тур ловзадеш,
Кет1арчу ж1айн г1антахь ша лоха лахвелла.
Цу хазчу суьйрене сирла б1аьрг ва бетташ,
Хиъна 1аш ма вар-кха г1ебартойн Курсолта
- Ассалам 1алайкум, суьйре дика хуьлда хьан,
Кху нана-Г1ебартахь дика к1ант ву бохуш,
Йоккхуш ц1е ва йолу г1ебартойн Курсолта! -
Олуш, вист ма хилира Жерочун жима к1ант.
- 1алайкум ва салам, диканца вехалда,
Хьо марша вог1алда, мехкан воцу ва хьаша!
Хьо лаа лелий хьо? Ва тара веъний хьо?
Сиха г1уллакх хьан делахь, схьадийций вала хьо,
Сиха г1уллакх хьайн дацахь, динара воссал хьо,
Цу дуьхьал ото чохь, шиловкин* цу стоьл т1ехь,
Цу оьрсийн г1анташкахь ва лоха лахвелла,
Хьеначу даарца, масачу маларца,
Г1ебартойн Альбикас малар кад ва буттуш,
Дуьйцур ду вайшиммо дагара къамелаш, -
Олуш, вист ма хилара г1ебартойн Курсолта.
Т1аккха лен ма велира Жерочун жима к1ант:
- Дакъаза ма вала г1ебартойн Курсолта,
Сема ла ахь дог1а ас дечу къамеле:
Йохалла ва яхъеш, шоралла ва шоръеш,
Горга юрт ма йиллира ц1онтаройн ва Дадас,
Терк юха деддачу цу Теркан г1айри т1е,
Маьлхан нур ва санна, хаза йо1 ма кхиъна,
Нохчийчохь вехачу ц1онтаройн цу Дадин.
Бер долуш ва дуьйна, сирла б1аьрг ва тоьхна,
Къастийна ма яра сан сайн дагна дукхаезаш.
Горгачу цу юьртахь ц1онтаройн Дадин йо1.
Сан дагна ва хууш со везаш ма яра и.
Мохь-ц1ог1а ва тоьхна, горга юрт гулйина,
Шен барта схьаэлира ц1онтаройн цу Дадас:
"Хьал долуш ву аьлла хьолана хаьржина,
Сайн хаза жима йо1 ас маре лур ма яц.
Духарна къен волуш г1ийла стаг ву аьлла,
Ца йохуьйтуш 1ийр вац со сайн хаза жима йо1.
Дуьненан хьал-даьхни мел дукха ва даларх,
Ас марс лур ма яц сайн хаза жима йо1,
Къаналла-къоналла цхьабосса ва болуш,
Цу басна, сибатна цхьатера ва болуш,
Кхесарна, ц1оганна къасто меттиг ва боцуш.
Цхьабосса кхо айг1ар балийнчу цу к1анте
Ас маре лур ма яц сайн хаза жима йо1,
Эца хьал шайн дераш шаьш эца ма хьаьлхира,
Къола дан 1еминарш, шаьш лачкъо ма хьаьлхира,
Эца хьал ва доцу, къола дан ца 1емина,
Улло вала ваша воцу со г1ийла ма висира,
Дан амал ца хилла, ненах дагавелира со.
- Шех дага со ваьлча, тхан нанас ма элира:
"Дуьненна юккъерчу хьаьжц1ийнан ва санна,
Кху дерриг дуьненчохь йоккхуш ц1е шен йолуш,
Дика к1ант ву хьуна цу нана-Г1ебартахь,
Цуьнан яккха тиллина ц1е Курсолта ю хьуна,
Хьо ваха ма веза цу нана-Г1ебарта,
Г1ебартойн Курсолта вехачу цу х1усаме".
Сайн ненан цу дашца хьо волчу веана со,
Цул сиха ва г1уллакх суна т1едог1ур дац,
Х1ара дуьне мел лаьтта со дукха ва вахарх.
Динара воьссина со парг1ат ва ваьлла,
Вехачу хьан х1усмехь, цу дуьхьал ото чохь.
Шиловкийн цу стоьл т1ехь, цу оьрсийн г1анташкахь,
Хьеначу даарца, масачу маларца,
Г1ебартойн Альбике буткъа кад буттуьйтуш,
Дагара къамелаш парг1ат дан ва доьлча,
Цу юьртан к1иллоша йигарна кхерам бу,
Ц1онтаройн Дадин и хаза, жима йо1, -
Олуш, вист ма хилира Жерочун жима к1ант.
Т1аккха лен ма велира г1ебартойн Курсолта:
- Дакъаза ма вала, Жерочун жима к1ант,
Суна-ма моьттар-кха, сел хала ахь дуьйцуш.
Х1ара нана-Г1ебарта таханлерачу кху дийнахь
Саьмгалан цу ц1арца ягаяй д1аяккха,
Хьо ала ва г1ерта. Жерочун жима к1ант,
Ма хала г1уллакх дац ахь суна т1едеанарг.
Кху нана-Г1ебартахь хаьржина ялийна,
К1айн нускал ма ду сан г1ебартойн Альбика.
Альбика ялийнчохь х1оттийна ва долу
Той ловзар д1адаьлла кху тахна ва дийнахь.
Сан дег1ан меже цуьнан дег1ах кхетаза.
Дуьненан ва къамел ас цуьнга ва даза,
Т1ейог1учу кху буса со парг1ат вац хьуна,
Кхана т1ейог1учу цу делан буьйсанна
Хьан г1уллакх дийр ма ду, Жерочун жима к1ант,
Хьо парг1ат хила хьо, динара ва воссий. -
Олуш, вист ма хилира г1ебартойн Курсолта.
Т1аккха лен ма велира Жерочун жима к1ант:
- Дакъаза ма вала, г1ебартойн Курсолта;
Ялийна чохь йолчу г1ебартойн Альбикица
Хьайн долу ва г1уллакх ахь кхочушдер х1ета,
Хьан г1уллакхе лалоьг1ча, со сиха ца хилла.
Сан нанас вийцина г1ебартойн Курсолта
Хьо хилла хир ма вац, кхин Солта лохур ас -
Хьо марша вехалда, хьайн к1айчу нускалца -
Олуш, юхасирзира Жерочун жима к1ант.
Катоьхна, урх лаьцна, Жерочун к1ант сацийна,
Къамеле ма велира г1ебартойн Курсолта:
- Х1ай велла вала хьо, Жерочун жима к1ант,
Кху дерриг дуьненчохь сан йоккхуш йолу ц1е
Сан йожон воллура хьо, Жерочун жима к1ант.
Х1ун олу ахь хьоьжуш хьо зуьйш ма воллура со,
Дегбаам кийча хуьлу Жерочо кхиийча.
Хьо евзаш ца хилла к1енташа ен забар.
Кху маьлхан дуьненахь кхело бина ва белахь,
Ахь буьйцу кхо айг1ар тховсалерчу ва буса,
Дуьненчу сирла са хилале ва хьалха,
Д1атесна хир ма бу уьйт1арчу гоьзанах.
Уьйт1арчу гоьзанах кхо айг1ар ца тосуш,
Сахуьлунга со валахь, билгало ю хьуна,
Докъах мах боьхучу, вийнариг вуьсучу.
Мостаг1ийн цу махкахь со вийна хиларан.
Вайн дуьхьал ото чохь суна биллина бу хьуна
Набарна ва вижа и ханна к1еда мотт,
Набарна вижа хьо биллинчу сан метта.
Со ларор ву хьуна, накъост хьашт дац суна.
Бехк буьллу даций хьан, Жерочун жима к1ант,
Са ц1ена сан гила ша бажа бахна бу
Бацана сийначу цу лекхчу лаьмнашка.
И лоьхуш со лелча, хьем хир бу ва суна,
Хьайн гила ас бигарх, бехк буьллу даций хьан,
Хьо парг1ат хилалахь, хьайн х1усамехь ва санна,
Олуш, динара воссийра цо Жерочун жима к1ант -
Лекхачу попа т1е к1айн куьйра ва санна,
Ша хьаьвзаш хиира и цу дикачу ва дина.
Цу кет1а валарах юха чу ца воьдуш,
Цу сарахь суьйренца, бузучу малхаца,
Шен бен чохь д1анислун к1айн куьйра ва санна,
Цу къохкан нуьра чохь ша нийса нисвелла,
Ижонна д1аоьккху к1айн куьйра ва санна,
Ша юьртах ма иккхира г1ебартойн Курсолта.
Курсолтас х1оттийнчу кет1арчу цу г1антахь
Ша лоха лахвелира Жерочун жима к1ант,
Чуваха бехк хеташ, цу г1антахь ма 1ийра
Набарна адамаш дуьйшу хан т1екхаччалц,
Цу дадин юьртара Жерочун жима к1ант.
Набарна адамаш дуьйшучу цу хенахь
Хьаьвзина чу вахна, ша охьа ма вижира
Курсолтина биллинчу к1едачу цу метта,
Цу дуьхьал ото чу Жерочун жима к1ант.
И хууш ма яцара г1ебартойн Аьлбика.
Набарна адамаш д1атийначу цу хенахь.
Хьаьвзина чуяхара г1ебартойн Аьлбика
Цу дуьхьал ото чу набарна йижа дагахь.
Йижа улло г1оьртира и Жерочун к1антана,
Г1ебартойн Курсолта цига 1уьллург ву моьттуш,
Вистхила бехк хетта, букъ берзош ма вижира,
Курсолтин меттара Жерочун жима к1ант.
Ша йоьхна ма йисира г1ебартойн Аьлбика.
Г1ебартойн Аьлбикас ша-шега элира:
"Иллах1и раббана, х1ун хила доллу-те?
Куравала г1ерта-те? Ца езаш хилла-те?
Х1ун ду хьажа еза" аьлла, дагадеъна,
Шозлаг1а т1ег1оьртира г1ебартойн Аьлбика.
Уллора д1атеттира Жерочун цу к1анта.
Аьлбика д1атоттуш, цуьнан некхах хьакхабелира
Жерочун цу к1ентан, и марг1ал ши п1елиг.
Цуьнан некхах хьакхабелла шен марг1ал и ши п1елиг,
Дитт ирчу шен туьрца ша хьаькхна баьккхина,
Цу к1айчу киси юкъа, шед беш, ша хаьрчийна,
Кора т1е ма биллира Жерочун ва к1анта.
Ойла еш ма сецира г1ебартойн Аьлбика:
"Ца ялийна хилла со г1ебартойн Курсолтас,
К1айн нускал хир аьлла, ва шена нускална?
Ялийна хилла со, г1ебартойн Курсолтас,
К1енташца яхьваьлла, цу к1ентойл ва тола,
Со яха ма еза ну дадин х1усаме", -
Олуш, дагахь ва сецна, ша ц1ехьа ма яхара
Шен дадин цу х1усаме, г1ебартойн Аьлбика.

III

Буьйсанах цхьа дакъа д1адаьллачу цу хенахь,
Еха арс ядийна, ша вахна ма кхечира
Боьлкузур цу г1ала г1ебартойн Курсолта.
Хьаьвзина вахара и инарлин цу г1опе.
Инарлин ма бара и ц1оькъа кхо айг1ар.
Цу чуьйнан ва божлахь, сов ч1ог1а ч1аг1онехь,
Чохь боллуш ма бара инарлин кхо айг1ар.
Инарлин ч1аг1онаш шен куьйга йохийна,
Инарлин кхо айг1ар ша ара ма баьккхира
Яхь йолчу цу к1анта г1ебартойн Курсолтас.
Инарлин кхо айг1ар шена улло ва лаьцна,
Ша ц1ехьа ма вирзира г1ебартойн Курсолта.
Сахуьлу седарчий уьдучу цу хенахь.
И анан серлонаш туьйсучу цу хенахь,
Аренаш идаеш, ша веъна ма кхечира
Г1ебартойн Курсолта цу нана-Г1ебарта.
Хьаьвзина вахара и вехачу шен х1усаме,
Уьйт1арчу гоьзанах кхо айг1ар д1атесна,
Ша ц1ехьа вирзира г1ебартойн Курсолта.
Жерочун к1ант вижинчу цу дуьхьал ото чу.
Набарна самвира цо Жерочун жима к1ант.
Т1аккха лен ма велира г1ебартойн Курсолта:
- Дакъаза ма вала Жерочун жима к1ант,
Сахуьлу седарчий шаьш уьдуш ма лаьтта,
И анан серлонаш д1ах1уьттуш ма лаьтта.
Сахилла адамаш г1овттале ва хьалха,
Боьлкузур г1аларчу къорзачу инарлин
И ц1оькъа кхо айг1ар шаьш улло ва лаьцна,
Вайшиъ къаста ма веза горгачу кху юьртах.
Хьо хьалаг1аттал хьо, Жерочун жима к1ант, -
Олуш, вист ма хилира г1ебартойн Курсолта.
Ша хьала ма иккхира Жерочун жима к1ант.
И ц1оькъа кхо айг1ар шаьш улло ва лаьцна,
Набарна бийшина и миска юьртахой
Г1овттале ва хьалха юьртаха ма къаьстира
Яхь йолу ши к1ант, тешамен ши доттаг1а -
Шайн махкара д1аваллалц и новкъа ваьккхина,
Т1аккха лен ма велира г1ебартойн Курсолта:
- Дакъаза ма вала, Жерочун жима к1ант.
Пурба дац ва хьуна, со цига д1акхаччалц,
Дадин йо1 ялийнчохь той ловзар д1ах1отто.
Ас далор ду хьуна ловзаргахь той х1отто,
Ва вайна мел оьшу, хьолахойн сира даьхний,
Ловзарна хир ма ду, царна мала ма дезза
Бос сийна ва къаьркъа, и муьжгин ва чаг1ар,
Ловзаран да со хир ву, сайн куьйга юзор ас
Даарах, маларах ц1онтаройн Дадин юрт.
Хьо парг1атхила хьо, со цига д1акхаччалц,
Сан хьомен доттаг1а Жерочун жима к1ант, -
Олуш, ист ма хилира, г1ебартойн Курсолта.
"Сан хьоме к1айн нускал, г1ебартойн Аьлбика,
Д1а х1унда яхара?" - Курсолтас ца олуш,
И яхаран ва бахьана Жерочун к1анта ца дуьйцуш,
Шаьш вовшех ма къаьстира тешамен ши доттаг1а.

IV

Сахуьлу седарчий уьдучу цу хенахь,
И анан серлонаш туьйсучу цу хенахь,
1уьйкъанна молланаш кхойкхучу заманчохь,
1уьйкъанна суьпа нах г1овттучу цу хенахь,
- Ша вог1уш ма кхечира Жерочун жима к1ант,
Ц1онтаройн Дадас йиллинчу, ша винчу юьрта.
Хьаьвзаш вахара и ц1онтаройн Дадин цу г1опе,
Цу Дадин ва уьйт1ахь дой тийса йоьг1начу
Цу кхолгон гоьзанах кхо айг1ар д1атесна,
Шен х1усаме ма вахара Жерочун жима к1ант.
Цу 1уьйкъа ламазана ша араваьллачу
Ц1онтаройн Дадина шен б1аьрга ма гира,
Уьйт1арчу гоьзанах д1атесна ва лаьтта
Боьлкузур г1аларчу инарлин кхо айг1ар.
Царна го ва туьйсуш ша хьежа ма велира,
Ша буьйцуш ма-хиллара кхо айг1ар ма гира
Ц1онтаройн Дадина гоьзанах д1атесна.
Кхо айг1ар балийнарг мила ву ца хууш,
"Кхо айг1ар балийнарг мила ву кху юьртахь?"
Бохуш хетта ма велира, ц1онтаройн ва Дада.
Горгачу цу юьртахь волуш да ца карош,
К1елвисира ма боху ц1онтаройн ва Дада.
Т1аккха лен ма велира ц1онтарой ва Дада:
- Ма яла дакъаза, сан жима хаза йо1,
Ца хууш хир яц хьо кхо айг1ар балийна к1ант,
Дийцахьа ахь суна кху юьртахь мила ву,
Хьо хууш ва елахь, сан жима хаза йо1.
Вайна юккъера эхь-бехк вайн дала лоьрийла, -
Олуш, вист ма хилира ц1онтаройн ва Дада.
Т1аккха лен ма елира ц1онтаройн Дадин йо1:
- Дакъаза ма вала сан къена хьо дада!
Хьох долу и эхь-бехк вайн дала лоьрийла.
Хит1а яхна яра со кху тахана 1уьйренца.
Шен динан юьхь лаьцна хит1а веъна ма вара
Кху юьртахь ша веха Жерочун жима к1ант,
Даьллачу хьацарна бакъабелла балаза,
Г1елбелла ма бара са ц1ена цуьнан гила.
Г1елбелла и гича, тера хеташ 1ийра со
Кхо гила балийнчух цу к1ентан и гила, -
Олуш, йист ма хилира ц1онтаройн цу Дадин
Цо хьоме кхиийна и хаза жима йо1.
Кхайкхина валийра Жерочун жима к1ант,
Ц1онтаройн цу Дадас ша вехачу шен х1усаме.
Сеттачу поштана йора дой д1адоьжна.
Механа деза совг1аташ цу пошта доьттина,
Шен хаза жима йо1 цу пошта хаийна.
Шен к1айчу нускалца ша ц1ехьа ма хьажийра,
Ц1онтаройн цу Дадас Жерочун жима к1ант.
Шолг1ачу цу дийнахь ша вог1уш ма кхечира
Цу нана-Г1ебартара г1ебартойн Курсолта.
Сеттачу поштана йора дой ва доьжна.
Хьалаайба дайн долу, механа ва деза,
Нускална там болу и деза совг1аташ,
Шен пошта ма тарлу, цу пошта доьттина.
Хьалхоша кхиийна, хьолахойн жай, бажий,
Цу новкъа ма тарлу шена хьалха ва лоьхкуш,
Ша веъна ма кхечира г1ебартойн Курсолта.
Г1ебартойн Курсолтас хьолахойн далийна,
И сира ва даьхний ма дезза дайина,
Ловзарга баьхкинчу к1енташна ва мийла
Бос сийна ва къаьркъа сов шорта х1оттийна,
Горга юрт гулйина, той-ловзар д1ах1оттийра
Жерочун ва к1ентан шуьйрачу цу уьйт1ахь,
Инарла ша хиъна г1ебартойн Курсолтас.
Т1аккха лен ма велира Жерочун жима к1ант:
- Дакъаза ма вала, г1ебартойн Курсолта,
Сирла б1аьрг тохалахь доккхачу ловзаргахь,
Ловзарга гулбинчу юьртарчу мехкаршка,
Нускал дина ялон хаза йо1 муьлхарг ю,
Юьртарчу мехкарех хьан б1аьрго къастийнарг,
Вай хьуна ялийна хьо ц1ехьа хьажор ву.
Хьан хьомен к1айн езар г1ебартойн Аьлбика,
Хьоьгара д1аяхна хьо зуда йоцуш ву,
Сан хьомен доттаг1а, г1ебартойн Курсолта, -
Олуш, вистхилира, Жерочун жима к1ант.
Ша реза ва хилла б1аьрг беттан ма велира,
Ловзарга гулбинчу цу юьртан мехкарех,
Цу нана-Г1ебартара г1ебартойн Курсолта.
Доккхачу ловзаргахь б1аьрго йо1 ца къастош,
Б1аьрг бетташ и волуш, цуьнан б1аьрго къастийра:
Дуьйлинчу ловзарга сирла б1аьрг ва бетта,
Самонна дитинчу аьнгалийн цу корах
Г1одаюккъех аракхевдина лаьтташ ва йолу
Ц1онтаройн Дадин йо1, Жерочун к1ентан ва кускал.
Жерочун к1анта хаьттира г1ебартойн Курсолте:
- Къастийний хьан б1аьрго, мехкаршна ва юккъехь,
Нускал дина ялон хаза йо1? - ва аьлла,
Т1аккха лен ма велира г1ебартойн Курсолта.
- Ма вала дакъаза, сан хьоме доттаг1а,
Сирла б1аьрг туьйхира ас кху хазчу мехкаршка,
Д1ахьажал, цхьанделхьа, сан хьоме доттаг1а,
Самонна дитинчу аьнгалийн цу коре.
Цу корехь лаьттачул хаза йо1 ца яйна,
Кху дег1а со волуш, нур долчу сан б1аьргашна.
И ялон ницкъ кхачахь, и езаш ма вара со, -
Олуш, вист ма хилира, г1ебартойн Курсолта.
Т1аккха лен ма велира, Жерочун жима к1ант:
- Дакъаза ма вала, Г1ебартойн Курсолта,
Хьан б1аьрго къастийнарг девешин йо1 шича ю сан.
Ахь къастол хьо бакъхьа ма кхевдина,
Хьоьга ас яийта цул аьтту сан болуш
Кхин йо1-м яцара-кха горгачу кху юьртахь, -
Олуш, вист ма хилира Жерочун жима к1ант,
Ловзара юкъа ша ваьлла вистхилира ма боху,
Ловзарга баьхкинчу цу юьртан к1енташка
Шуьйрачу шен уьйт1ахь Жерочун жима к1ант:
- Дакъаза ма довла шу, юьртан кура к1ентий,
Бехк буьллу даций шун ас шайга аларна,
Д1адоха дезаш ду тахненна х1ара ловзар.
Баркалла шуна хуьлда ловзарга дахкарна,
Х1ай юьртан кура к1ентий, шу кегий мехкарий,
Х1ара ловзар духа деш шу духа гулдийр ду,
Шу ц1ехьа дерзийша, суна бехк ца буьллуш, -
Олуш, вист ма хилира Жерочун жима к1ант.
Шаьш ц1ехьа ма бирзира ловзарга гулбелларш.
Йора дой д1адоьжна сетта пошта кечйина.
Механа деза совг1аташ цу пошта дехкина,
Сир диллина сетта пошта кечйина ша ваьлча,
Ша хьаьвзаш чу вахара Жерочун жима к1ант,
Къамеле велира и цу Дадин ва йо1ца:
- Дакъаза ма яла хьо, Дадин жима йо1!
Сема ладог1алахь ас дечу къамеле,
Хьан Дадина балийна и ц1оькъа кхо айг1ар,
Со бало ма вахара Курсолта ва волчу,
Кхо ког болчу ж1айн г1антахь ша лоха лахвелла,
Ц1окъболат дуткъа тур шен куьйга ловзадеш,
Кет1ахь 1аш ма вара г1ебартойн Курсолта,
Ас дехьна и г1уллакх шена д1а ва хиъча,
Кет1ара чу ца воьдуш, ша ваьлла вахара и,
Сан г1уллакх кхочушдан, кхо айг1ар ва балон,
Ша цига д1авоьдуш, цо соьга ма элира:
"Ахь буьйцу кхо айг1ар тховсалерчу ва буса,
Дуьнен чу сирла са хиларе ва хьалха
Д1атесна хир ма бу уьйт1арчу гоьзанах.
Сайн дуьхьал ото чохь суна биллина бу хьуна,
Набарна ва вижа, и ханна к1еда мотт,
Набарна вижа хьо биллинчу сан метта,
Со ларор ву хьуна, накъост хьашт дац суна", -
И соьга ша аьлла, Курсолта д1авахара.
Нах буьйшу хан хиллалц цу кет1ахь ва 1ийна,
Нах буьйшу хан хилча, чу вахна вижира со.
Цу дуьхьал ото чу, Курсолтин цу метта.
Со цу чохь д1авижар, Курсолта ц1ахь вацар
Ша хууш ма яцара г1ебартойн Аьлбика.
Г1ебартойн Курсолтин керла далийна и нускал.
Буьйсанах хан яьлча, суна улло ма г1оьртира.
Курсолта ву моьттуш, г1ебартойн Аьлбика.
Вистхила бехк хетта, букъ берзош, вижира со.
Хьалха яьлла йижа г1оьртира, г1ебартойн Аьлбика.
И юха ва татта ас т1ехьа кховдийнчу
Сан куьйган ши п1елиг цуьнан некхах ма кхийтира.
Дитт ирчу сайн туьрца, схьабаьккхина биллира ас
Киси юккъе хьарчийна, аьнгалийн цу коре
Сайн куьйгах баьккхина и марг1ал сайн ши п1елг,
Ас и деш ва гича, со Курсолта ву моьттуш,
Ша ц1ехьа ма яхара, г1ебартойн Аьлбика.
И хууш вац хьуна, г1ебартойн Курсолта.
"И ц1а х1унда яхара" цо соьга ца олуш,
И ц1а яхаран бахьна ас цуьнга ца дуьйцуш,
И хааза ма ву-кха г1ебартойн Курсолта.
Ас цуьнга аьллера:
"Сирла б1аьрг ахь тоьхна,
Уьйт1арчу ловзаргахь къастийнчу цу йо1ах
Хьан нускал ва дина хьо ц1ехьа верзор ву".
Сирлачу цуьнан б1аьрго къастийнарг хьо ма ю,
Дехар до ас хьоьга, со юьхь1аьржа ца х1оттош,
Г1ебартойн Курсолтин к1айн нускал ва хилла,
Хьо цуьнга д1аяхар, г1ебартойн нус хилла.
Т1аккха а доьху ас, ас хьайга дийцинарг,
Аьлбика бахьанехь сайн п1елгаш ас дахар
Курсолте ца дийцар, ц1онтаройн Дадин йо1. -
Олуш, вист ма хилира Жерочун жима к1ант.
Т1аккха лен ма елира ц1онтаройн Дадин йо1:
- Дакъаза ма вала, Жерочун жима к1ант,
Хьо воцуш х1ара дуьне оьшуш ма яцара со.
Ахь бохург ас ца дича, юьхь1аьржа х1утту хьо.
Ца яхча ер яц со, цу нана-Г1ебарта, -
Олуш, ша ара ма елира, ц1онтаройн Дадин йо1.
Сеттачу поштана к1айн нускал хаийна,
Г1ебартойн Курсолта ша новкъа ваьккхина:
- Девешин йо1 хьоьга йоуьйтуш со хьоьца веъча,
Бехк буьллур бу суна, тхан нохчийн г1иллакхца.
Бехк буьллу даций хьан, со хьайца ца варах,
Хьо г1оза вехалда хьайн к1айчу нускалца, -
Олуш, ц1ехьа хьажийра цо г1ебартойн Курсолта.

V

Еха аре ядийна, цу нана-Г1ебарта,
Вехачу шен х1усаме ша вахана ма кхечира,
Шен к1айчу нускалца г1ебартойн Курсолта.
Ворх1 дийнахь, ворх1 бусий той ловзар ва дина,
Даарах, маларах горга юрт 1абийна,
Борх1алг1ачу цу буса нускал долчу чу вахара,
Яхь йолу дика к1ант, г1ебартойн Курсолта.
Наь1ара т1ехьа ша лечкъаш, йоьлхуш гира цунна
Ц1онтаройн цу Дадин и хаза жима йо1.
Т1аккха лен ма велира г1ебартойн Курсолта:
- Дакъаза ма яла, х1ай нохчийн хаза йо1,
Со реза воцу дин со кхобуш вац хьуна,
Сайна реза доцу нускал со оьшуш вац хьуна,
Хьо хууш ма ю-кха сан куьг хьох кхетаза,
Схьайог1уш ва санна, хьо ц1ена ва хилар.
Суна реэа хьо яцахь, ас йоссор ма ю хьо,
Дуьнен чу сатасале, хьайн Дадин цу баьрчче, -
Аьлла, вист ма хилира, Г1ебартойн Курсолта.
Т1аккха лен ма елира, ц1онтаройн Дадин йо1:
- Дакъаза ма вала, г1ебартойн Курсолта!
Хьанна реза хир яра со, хьуна реза ца хилча,
Хьол дика к1ант ма вац кху маьлхан дуьненахь,
Б1аьргех хи делира сан беран хан дагаеъна, -
Олуш, йист ма хилира, ц1онтаройн Дадин йо1.
Т1аккха лен ма велира г1ебартойн Курсолта:
- Ма яла дакъаза, х1ай нохчийн жима йо1.
Хьо йоьлхур яцара беран хан дагаярах,
Кху хене со волуш, беран хан дагалоьцуш,
Воьлхуш стаг ца вайна сан коьртан б1аьргашна.
Дехар до ас хьоьга, дийцахьа ахь суна,
Х1ай нохчийн жима йо1, хьо стенна йоьлхура?
Тоьшалла до ас хьуна и ахь соь ца дийцахь,
Ас тоьхча, сайн мажар сан дег1ах ва латахь,
Кху тховса буьйсанна сахуьланга ца вала.
Дег1ачохь са долуш, вайн делан тоьшаллех
Со аьлла ма вели, и хила ма деза, -
Олуш, вист ма хилира, г1ебартойн Курсолта,
Т1аккха лен ма елира ц1онтаройн Дадин йо1:
- Дакъаза ма вала, г1ебартойн Курсолта!
Ма дийца аьллера соь Жерочун ва к1анта,
Ас хьоь и дийцича, со цунах ма йолу,
Ца дуьйцуш со 1ийча, хьо вала ма воллу.
Жерочун жима к1ант хьо волчу ва веъна,
И ц1окъан кхо айг1ар хьо балон ва вахна,
Вехачу хьан х1усмехь буьйса йоккхуш и висча,
Хьо вижа биллинчу хьан метта и вижча,
Цунах хьо ву моьттина цунна т1ееънера
Хьан хьоме к1айн нускал, г1ебартойн Аьлбика,
Вистхилла бехк хетта, цуьнга вист ца хуьлуш,
Букъ берзош вижнера Жерочун жима к1ант.
Хъалхаяла г1оьртинера г1ебартойн Аьлбика.
И юха ва татта цо т1ехьа кховдийнчу
Цуьнан куьйган ши п1елиг д1акхетта хиллера
Г1ебартойн Аьлбикин хьалхарчу цу некхах.
Цунах шен хьакхабелла и марг1ал ши п1елиг
Д1абаьккхина хиллера дитт ирчу шен туьрца,
Хьоьца хьарам ца хила Жерочун цу к1анта.
Д1ахадийна ши п1елиг, цу кисин цуьргана
Ша юккъе хьарчийна, биллина хиллера цо,
Серлонна дитинчу аьнгалийн цу коре.
Цунах хьо тарвелла, дегабаам ша бина,
Ц1а яхана хиллера г1ебартойн Аьлбика.
Ша цунна вовзийтина и юьхь1аьржа ца х1отто,
Цуьнга вист ца хуьлуш, Жерочун к1ант сецнера.
Цо сайна дийцина цуьнан марг1ал и п1елгаш,
Серлонна дитинчу аьнгалийн цу корехь
Сайн б1аьрга ва дайча, цунах къа ва хетта,
Б1аьргех хи делера сан, г1ебартойн Курсолта.
Жерочун цу к1ентан девешин йо1 яцара со,
Со еци ва хьуна Жерочун к1анта ялийна,
Ц1онтаройн цу Дадин и хаза жима йо1,
Олуш, йист ма хилира ц1онтаройн Дадин йо1.
Цо шега и аьлча, цунах там ва хилла,
Ч1ог1а вела ма велира г1ебартойн Курсолта.
Т1аккха лен ма велира г1ебартойн Курсолта:
- Ма яла дакъаза, ц1онтаройн Дадин йо1!
Сайн куьйгаш дуур ас, хьоьца хьарам со хиллехь,
И суна ца хууш со г1алат ва ваьллехь,
Х1ара маьлхан к1айн дуьне ас дуур дацара,
Х1инца ма хала дац х1ара дуьне ловзадан, -
Олуш, вист ма хилира, г1ебартойн Курсолта.
Сихонца хаамбеш, сов чехка гулбира цо
Горгачу юьртара кегийн нах, мехкарий,
Сихонца кечйира цо замошна т1еховша,
Йора дой д1адоьжна, и сетта поштанаш,
Кегинчу нахаца, цу хазчу мехкаршца,
Пондарца, вотанца дукха замой кечбина,
Цу дезчу совг1атца, сеттачу цу пошта
Шен хьоме мерза нус - Дадин йо1 хаийна,
Ховхара ха лоцуш, цунна улло ша хиъна,
Цу дикчу к1енташца, цу хазчу мехкаршца,
Шаьш хила ма-беззара новкъа уьш нисбина,
Ша юьхьар ма лецира Нохчийчу бог1у некъ.
Цу алсам замошца, г1ебартойн Курсолтас.
Аренаш идаеш, баьхкина кхечира уьш
Кху нана-Нохчийчу цу Дадин ва юьрта.
Хьаьвзина бахара уьш Жерочун к1ентан цу х1усме.
Тохара ша диссинчуьра той-ловзар д1ах1оттийра,
Горга юрт гулйина, г1ебартойн Курсолтас,
Доккхачу ловзарна ша юкъа ва ваьлла,
Къамеле ма велира г1ебартойн Курсолта:
- Дакъаза ма довла, х1ай, нохчийн шу к1ентий!
Дика ладог1алаш ас дечу къамеле!
Нанас дена винчу вешел сан дагна дукхавезаш.
Тешамен доттаг1а ву сан Жерочун жима к1ант.
Сан декхар ма дара кхо далийна к1айн нускал
Сайн х1усме доссийна той-ловзар х1оттор.
Цундела йигира ас, той ловзар дохийна,
Цу нана-Г1ебарта, со вехачу сан х1усме,
Сайн хьоме хаза нус, ц1онтаройн Дадин йо1
Вехачу сайн х1усамехь ворх1 дийнахь, ворх1 бусий,
Той-ловзар латтийна, ас юха ма ялин,
- Сайн хьоме хаза нус, ц1онтаройн Дадин йо1.
Дакъаза ма довла шу, нохчийн ва к1ентий!
Даа ду ва шуна бордаха к1айн дилха,
Мала ду ва шуна бос сийна и къаьркъа,
Ма дезза дав шайна бордаха ва дилха,
Ма дезза мала шайна бос сийна и къаьркъа.
Ворх1 дийнахь, ворх1 бусий той-ловзар
Лаьттар ду шуьйрачу кху уьйт1ахь. -
Олуш, шен къамел ма сацийра г1ебартойн Курсолтас.
Хьаьвзина ма вахара г1ебартойн Курсолта,
Шен хьомен доттаг1а Жерочун к1ант волчу.
Т1аккха лен ма велира г1ебартойн Курсолта,
Тешамен доттаг1чуьнга Жерочун цу к1анте:
- Дакъаза ма вала, сан хьоме доттаг1а.
Дика ладог1алахь ас дечу къамеле:
"Ворх1 дийнахь, ворх1 бусий той-ловзар латтийна,
Борх1алг1ачу цу буса гучавала вахара со,
Хьан хьомен к1айн нускал лаьттачу ото чу.
Суна доьлхуш ма карийра, хьан хьоме к1айн нускал.
Д1алачкъо г1оьртира и шен елхар ва соьха.
Д1алачкъо и г1ертарх суна-м хиира
Цу дуьхьал ото чохь и йоьлхуш хиллийла.
Ас цуьнга ма хаьттира и х1унда ва йоьлху,
И дуьхьал ма елира и суна ца дуьйцуш,
Дуй биира ас цунна, сайна и ца дийцахь,
Дег1а чохь садолуш, сахуьлунга ца вала.
Ца дуьйцуш ша 1ийча, со лийриг ва хилар
И шена ва хиъча, ца яьлла дийцира цо,
Ахь шена дийцинарг ма-дарра ва суна.
Бехк буьллу даций хьан цу Дадин йо1ана,
"Ма дийца" ахь аьлларг, ца яьлла дийцарна.
Дехар до ас хьоьга, цунна вас ахь ца яр", -
Олуш, вист ма хилира г1ебартойн Курсолта.

VI

Шуьйрачу шен уьйт1ахь, цу тамехь ловзаргахь
Ловзаран да хилла инарла 1аш волчу
Г1ебартойн Курсолте ша дийриг ца дуьйцуш,
Дуьгуш нускал ва санна, шен гила кечбина,
Ша каден кечвелира Жерочун жима к1ант.
Лекхачу попа т1е к1айн куьйра ва санна,
Шен дина ма хиира Жерочун жима к1ант.
Кулубе боьду некъ эпсара ва санна,
Терка т1е воьду некъ муьжгичо ва санна.
Ша юьхьар лецира цо Г1ебарта боьду некъ.
Дуьнен чу сирла са тосучу цу хенахь
Ша веъна кхечира и цу нана-Г1ебарта.
Хьаьвзина вахара и Курсолтин цу х1усме.
Курсолтин ва уьйт1ахь, цу дуьхьал ото чохь,
Серлонна дитинчу аьнгалийн цу корехь,
Цу киси ва юккъе ша хьарчийна ва 1охку,
Шен куьйгах ша даьхна, и марг1ал ва п1елгаш
Шен кисна доьхкина, ша ара ма велира,
Курсолтин х1усмера Жерочун жима к1ант.
Ша ваьлла ма вахара Жерочун жима к1ант,
Г1ебартойн Аьлбика ехачу цу х1усме.
- Ассалом 1алайкум, де дика хуьлда хьан! -
Олуш, вистхилира и Аьлбикин цу дега.
- 1алайкум ва салом, диканца вехалда,
Хьо марша вог1алда, мехкан воцу ва хьаша!
Хьо лаа лелий хьо, ва тара веъний хьо?
Дийцал ахь хьайн г1уллакх, со кийча ву хьуна.
Кху нана-Г1ебартахь хьан г1уллакх ва делахь,
И хилла ду хьуна, со дийна ва висахь.
Г1уллакх долуш хьо веънехь дийцал ахь хьайн г1уллакх,
Буьйса яккха хьо веънехь, ва парг1ат вала хьо, -
Аьлла, вист ма хилира Аьлбикин ва дада.
Т1аккха лен ма велира Жерочун жима к1ант:
- Дакъаза ма вала, х1ай къена воккха стаг,
Со лаа ма лела, ва тара ма веъна,
Со парг1ат вац хьуна, буьйса йоккхуш кхузахь 1ен.
Ваха-ван ва г1уллакх со долуш вац хьуна.
Сан г1уллакх ва хиллехь, хьо кийча хиларна,
Баркалла ду хьуна, х1ай къена воккха стаг.
Ас хьайга дийцарах бехк буьллу даций хьан,
Хьох долу и эхь-бехк вайн дала лоьрийла!
Цхьана нехан г1уллакхна со веъна ву хьуна.
Дийца ахь пурба лахь цхьа к1еззиг къамел дара
- Хьан жимчу Аьлбике ас дийца ва дезаш, -
Олуш, вист ма хилира, Жерочун жима к1ант.
- Дийца мегар ду, пурба ло ас хьуна, -
Олуш, вист ма хилира Аьлбикин ва дада.
Хьаьвзина чувахара Аьлбика ва йолчу
Цу дуьхьал ото чу Жерочун жима к1ант:
- Де дика хуьлда хьан, г1ебартойн Аьлбика! -
Олуш, чу ва велира Жерочун жима к1ант.
- Диканца вехалда, хьо марша вог1улда,
Хьо лаа лелий хьо, ва тара веаний хьо?
Бехк буьллу даций хьан, ас хьайга хаттарах,
Дийцахьа ахь суна, хьо хьенан мила ву?
Хьо вевзаш ма яц со, - олуш, йист ма хилира
Малх санна нур лепа, г1ебартойн Аьлбика.
Т1аккха лен ма велира Жерочун жима к1ант:
- Дакъаза ма яла, г1ебартойн Аьлбика,
Хьуна со ца вовзарх, суна хьо ма евза,
Со лаа ца веана, ва тара ца лела,
Со хьенан мила ву т1аьхьа дуьйцур вайшимма,
Дехаре веана со, хьо йолчу хьан х1усме,
Эхь деци ва хьуна, со хьаша ва хилча.
Дехарна жоп ца луш, со юха верзийча.
Дуьйцур ду ас хьуна, ас деана ва г1уллакх,
"Дехарна жоп лур ду", - хьо аьлла ва яьлча,
Т1аккха хуур ду хьуна, со хьенан мила ву, -
Олуш, вист ма хилира Жерочун жима к1ант.
Т1аккха лен ма елира г1ебартойн Аьлбика:
- Дакъаза ма вала мехкан воцу хьо хьаша,
Дала там боцу ва дехар ахь дийриг хир дац соь,
Сан ницкъ кхочу дехар со делла ю хьуна.
Схьаала мегар ду, ахь деана ва г1уллакх.
Схьадийций валал хьо, мехкан воцу ва хьаша, -
Олуш, йист ма хилира г1ебартойн Аьлбика.
- Дийцахьа ахь суна, ц1а х1унда еара хьо?
Цу дикчу к1антера, г1ебартойн Курсолтера? -
Олуш, вист ма хилира Жерочун жима к1ант.
Т1аккха лен ма елира г1ебартойн Аьлбика:
- Дакъаза ма вала, мехкан воцу ва хьаша,
Эхь ма деца ва суна, хьо хьаша ва хилча,
Дехарна жоп ца луш хьо вухаверзийча.
Дуьйцур ду ас хьуна, со х1унда ц1а еара,
Цу дикчу к1антера, г1ебартойн Курсолтера.
Со йигна ца хиллера г1ебартойн Курсолтас.
К1айн нускал ва оьшуш, нускална ва аьлла.
Цо йигна хиллера со, г1ебартойн Аьлбика,
Г1ебартойн Курсолтас йигнийца г1ебартойн Аьлбика!
Ва бохуш, нахана ва юккъехь йоккхачу цу ц1арна.
Со цуьнга ва яхча, горга юрт гулйина,
Даарах-маларах горга юрт 1абаеш,
Ворх1 дийнахь, ворх1 бусий той-ловзар х1оттийна,
И ловзар чекхдаьллачу борх1алг1ачу цу буса,
Цу дуьхьал ото чу набарна ма вижира
К1едачу цу метта г1ебартойн Курсолта.
Набарна юьртахой бийшинчул ва т1аьхьа,
Д1айижа яхара со цу дуьхьал ото чу,
Йижа дагахь г1оьртира со Курсолтин цу метта.
Соьгахьа букъ берзош и охьа ма вижира.
Со цунна ца езар даго т1е ца лоцуш,
Хьалха йижа г1оьртира со г1ебартойн Курсолтина.
Т1ехьа куьг кховдийна, со юхатеттира цо.
Со юха ва тоттуш, цо т1ехьа кховдийнчу
Цуьнан куьйган ши п1елиг сан некхах ма кхийтира.
Сан некхах ва кхетта, шен куьйган и ши п1елиг,
Хьаькхна д1абаьккхира цо, дитт ирчу шен туьрца.
Баьккхина шен ши п1елг киси юккъе хьарчийна,
Ша бихьна биллира цо, аьнгалийн цу коре.
Сох кхетта шен меже д1айоккхуш цо хилча,
Со муха 1ийр яра Курсолтин цу х1усмехь? -
Олуш, йист ма хилира г1ебартойн Аьлбика.
Т1аккха лен ма велира Жерочун жима к1ант:
- Дакъазз ма яла, г1ебартойн Аьлбика!
Сема ла ахь дог1а ас дечу къамеле.
Терк юхадеддачу Теркан цу г1айри т1е
Йохалла ва яхъеш, шоралла ва шоръеш,
Горга юрт ма йиллира, ц1онтаройн цу Дадас.
Цу нана-Нохчийчохь, хазалла г1араяьлла,
Жима йо1 ма кхиира ц1онтаройн цу Дадин.
Т1ехьийза бевлира цунна цу юьртан кура к1ентий.
И к1ентий гулбина, цу Дадас ма элира:
"Хьолада ву аьлла, йохуьйтур ма яц ас,
Бахамна къен ву аьлла, ца йохуьйтуш 1ийр вац со.
Къеналла, къоналла, цу басна, сибатна,
Кхесарна, ц1окана, лекхалла, лохалла
Цхьабосса ва болуш ц1оькъа кхо айг1ар
Балийнчу цу к1анте йохуьйтур ма ю ас.
Ас хьоме кхиинна, сайн хаза жима йо1".
Эца хьал долуш берш шаьш эца ма хьалхира.
Къоладан 1еминарш шаьш лачкъо ма хьаьлхира.
Эца хьал ва доцу, къола дан ца 1емина со
Курсолта ва волчу кхуза ма веара.
Яхь йолу дика к1ант, г1ебартойн Курсолта
Цу сарахь суьйренца кет1ахь 1аш ма вара.
Х1инца хьоьга ма-дийццара, ма-дарра дийцира ас,
Г1ебартойн Курсолте сайн долу и г1уллакх.
Дийцина со ваьлча, вуха чу ца вог1уш,
Сан дина ва хиъна, кет1ара д1а ма вахара,
Сан г1уллакх кхочушдан, г1ебартойн Курсолта.
Хьаьвзина веара со Курсолтин уьйт1арчу,
Цу дуьхьал ото чу, набарна ва вижа.
Со охьа ма вижира Курсолтин цу метта,
Курсолтас аьллера соь цу метта ва вижа.
Набарна адамаш дийшинчу цу хенахь,
Чуеъна, г1оьртира хьо цу метта ва йижа,
Хьо юха ва татта ас т1ехьа кховдийнчу
Сан куьйган ши п1елиг хьан некхах ма кхийтира.
Дитт ирчу сайн туьрца ас хьаькхна ма баьккхира,
Сайн куьйгах ва боллу и марг1ал ши п1елиг.
К1айн кисин цуьргаца хьарчийна биллира ас,
Аьнгалийн цу коре, сайн куьйган х1ара ши п1елг,
Хьох эхь-бехк ва хетта вист ца хуьлуш 1ийра со,
Г1ебартойн Курсолта со вац, хьоь ца олуш, -
Олуш, д1а ма гайтира, г1ебартойн Аьлбикина,
Шен куьйган и п1елгаш Жерочун цу к1анта.
Мела ладар ма хьаьдира Аьлбикин цу б1аьргех,
Жерочун цу к1антах кийрара дог лезна.
Т1аккха лен елира г1ебартойн Аьлбика:
- Дакъаза ма вала, Жерочун жима к1ант,
Со г1алат ма яьлла, ахь п1елгаш дахарна,
Со яла хьан дела1, Жерочун жима к1ант.
Х1ара маьлхан к1айн дуьне сох диса делир-кха,
Ахь п1елгаш дохучул, Жерочун жима к1ант.
Мел дукха вай дийцарх, хьан п1елгаш духа хир дац,
Диснарш а тоьар ду дикачу к1антана,
Дийцал ахь ва суна, хьайна ас дан луург,
Со кийча ю хьуна, хьан г1уллакх кхочушдан, -
Олуш, йист ма хилира г1ебартойн Аьлбика.
Т1аккха лен ма велира Жерочун жима к1ант:
- Ма яла дакъаза, г1ебартойн Аьлбика,
Ц1онтаройн Дадин йо1 ша суна ялийна,
Шуьйрачу вайн уьйт1ахь той-ловзар х1оттийна,
Даарах, маларах горга юрт 1абаеш,
Вайн х1усмехь 1аш ма ву г1ебартойн Курсолта.
Цхьа к1еззиг яхь яра сан г1ебартойн Курсолтица,
Йолахьа хьо соьца, сан хьоме хаза нус,
Г1ебартойн Курсолта вехачу цу х1усме, -
Олуш, вист ма хилира, Жерочун жима к1ант.
Цо шега ма-дийццара цо деана ва г1уллакх,
Геланча левина шен дега хаийтира,
Хьекъален цу йо1а, г1ебартойн Аьлбикас.
Сеттачу поштана йора дой ва доьжна,
Нускална там болу, механа, деза совг1ат,
Сеттачу цу пошта ма-дезза диллина.
Пошти т1е ма хаийра шен хаза жима йо1
Г1ебартойн Аьлбика, къеначу цуьнан дадас.
Шен хьоме цу несан ховхара ха хьошуш,
Ша улло ма хиира Жерочун жима к1ант.
Хьаьвзина баьхкира уьш Курсолтин цу х1усме.
Ловзаргахь ва даа бордаха и дилха,
Ловзаргахь ва мала бос сийна и къаьркъа
Ловзарна кхачамбал сов шорта х1оттийна,
Горга юрт гулйина той-ловзар ма х1оттийра
Курсолтин цу уьйт1ахь Жерочун ва к1анта.
Т1аккха лен ма велира Жерочун жима к1ант:
- Дакъаза ма довла, г1ебартойн шу к1ентий,
Даа ду ва шуна бордаха и дилха,
Мала ду ва шуна бос сийна и къаьркъа,
Ворх1 дийнахь, ворх1 бусий той-ловзар лаьттар ду,
Олуш, д1а ма долийра сов тайна и ловзар,
Шуьйрачу цу уьйт1ахь, Жерочуи ва к1анта.

VII

Жерочун цу к1ентан шуьйрачу цу уьйт1ахь
Ворх1 дийнахь, ворх1 бусий той-ловзар латтийна,
Даарах, маларах горга юрт 1абийна,
Ц1онтаройн Дадин цу юьртан 1одика ва йина,
Ша бигна ва болчу шен кегийн дошлошца,
Г1ебарта бог1у некъ ша юьхьар ма лецира
Цу дикчу ва к1анта, г1ебартойн Курсолтас.
Шега хаттар ва доцуш, мича вахна ца хууш,
Шен хьоме доттаг1а, Жерочун жима к1ант,
Шен х1усмехь ша витина, ц1ера ваьлла хиларна,
Цхьа к1еззиг дегабаам шен даго схьалаьцна,
Цу некъан бохалла ойла еш ма вог1ура
Яхь йолу дика к1ант г1ебартойн Курсолта.
Вехачу юьртана т1екхача мел вуьйли,
Хазар алсам ва долуш и хезаш ма вара
Шен юьртахь деш долчу ловзаран и г1овг1а.
Хеттаршка велира и шеца болчу замошка,
Цу хазчу ловзарах дилхан дог шекдаьлла:
- Шуна хаьий, кегийрхой, и ловзар стенна до,
Шена чохь вай дехачу горгачу кху юьртахь? -
Бохуш, лен ма велира г1ебартойн Курсолта.
Цунна дала жоп доцуш, ладоьг1на ма бисира
Курсолтас гулбина Курсолтин и замой.
- Шаьш бахна кхечира уьш горгачу шайн юьрта.
Ловзаран татанах сема ла шаьш дуг1уш,
Хьаьвзина бахар уьш Курсолтин цу х1усме.
Ва царна ма карийра Курсолтин цу уьйт1ахь,
Горга юрт гулйина тамехьа дика ловзар,
Ловзаран инарла Жерочун жима к1ант.
- Ассалом 1алайкум, де дика хуьлда хьан,
Сан хьомен доттаг1а, Жерочун жима к1ант!
Олуш, вист ма хилира г1ебартойн Курсолта.
- 1алайкум ва салам, диканца вехалда,
Тешамен сан доттаг1, г1ебартойн Курсолта! -
Олуш вистхилла, ма1а чу ма боьттира
И буткъа маларан кад Жерочун цу к1анта.
Цу кеда т1ера бухь ша хьалха д1амелла,
Бухабисна маларан кад кховдийна ма белира
Жерочун цу к1анта г1ебартойн Курсолте.
Марг1ал куьг кховдийна, малар кад схьаэцна,
Къамеле ма велира г1ебартойн Курсолта:
- Дакъаза ма довла шу, юьртара кура к1ентий,
Кху хене со волуш дика к1ентий дукха байна
Сан коьртах ва болчу сирлачу б1аьргашна,
Ца вайна сан б1аьрга Жерочун к1ант санна,
Тешаме ша волуш, собарен ва волуш,
Стигланаш т1еелхарх ша вухур ва воцуш,
Латтанаш бухдийларх кхералур ша воцуш,
Г1иллакхах, оьздаллех ша вуьзна ва волуш,
Х1ара санна дика к1ант кху маьлхан дуьнен чохь.
Кху к1ентан дикалла, шуна т1ера саг1ийна,
Кху маьлхан дуьнен чохь тхаьш дукха мел веха,
Вешел дукха ва везаш сайн кхуьнца тешамна,
Кад мала воллу со, дукха безаш сайн дагна.
Олуш, вист ва хилла, и буткъа маларан кад
Шен кийра ма биллира г1ебартойн Курсолтас.
Ворх1 дийнахь, ворх1 бусий той-ловзар латтийна,
Даарах, маларах горга юрт 1абийна,
И ловзар д1акъовлуш шаьш буха ма висира
Тешамен ши доттаг1, сов дика и ши к1ант.
Г1ебартойн Курсолтин Нохчийчохь долу г1уллакх
Кхочушдан кийча Жерочун к1ант ва волуш,
Жерочун цу к1ентан Г1ебартахь долу г1уллакх
Кхочушдан кийча Курсолта ша волуш,
Ва вовшийн тешамца, цу вовшийн марзонца,
Г1ебартойн, цу нохчийн кхарда дог ва доцуш,
Шайн к1айчу нускалшца хьанал къа ва хьоьгуш,
Неханиг хьашт доцуш. миска нах 1алашбеш,
Дай боцу г1ийла бай, марой боцу и жерой,
Хьолахойн цу дохнах, паччахьан цу банкех
Оьшуш х1ума ца дуьтуш, шайн куьйга 1алашбеш,
Шаьш ваха ма хиира тешаме и ши к1ант.
_______________________
*Дуткъачу уьнан.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz