ШИРА ДИЙЦАРШ

 

АСТАГ1А ТИМАР
ХЬЕКЪАЛ ДОЛУ ЗУДА
ХЬЕКЪАЛ ДОЛУ ВОККХА СТАГ А, КЪИЗА ЭЛА А
ТАЙМИН БИБОЛАТТИЙ, ТАРКХОЙН ШОВХАЛЛИЙ
К1АНТ ЗЕР
ОЬЗДАНГАЛЛА
МУХА Х1ОЬТТИНА ГАЛАНЧ1ОЖАРА 1АМ?
КЪИЗА 1АДАТ
НЕНАН Б1АЬРХИШ
ШОТОЙН АЬСТМАР
БАКЪ БОЛУ ДОТТАГ1ИЙ
ДОТТАГ1ИЙ
КЪИНОЙХ Ц1АНВАЛАР
Ч1ИНХОЧОЙ, Ч1ЕНТИЧОЙ ДОЗА КЪАСТОР
МЕХКАН КХЕЛАН САЦАМ
ИСМАЙЛИН ДУДА
Г1ИЛЛАКХ
ОБАРГ ЗЕЛАМХИЙ, ЧЕРМОЕВ ТАПИЙ
САТИЙСАР
КЪОНАХАЛЛА
ШИРА 1АДАТ
НЕ1
ЖИМА КАЛАКО
ВАХАС СТАГ ВИЙНА ИРЗО
ВОРХ1 ВЕШИН ЙИШИН ЭКЪА
КУРЧАЛОЙ-ЭВЛАН Ц1Е МИЧАРА ЯЬЛЛА
ВАРАНДА
ЖОЬЖАХАТ-1ИН
КИПЧИН Т1АЬХЬЕ
АКХТАРГАН Г1АШ

АСТАГ1А ТИМАР

ТИМАР ЖИМА к1ант волуш цуьнан ден хилла дуккха а жа. 1ахаршна юккъехь лелаш цхьа пхьагал гина Тимарна. Ша гиний ма хиънехь, д1аиккхина едда пхьагал. Тимара цунна т1аьхьа а ведда, схьа а лаьцна, юха а 1ахаршна юккъе яхийтин иза. Пхьагал д1аяда г1ерташ, Тимара юха а и схьа а лоций, 1ахаршна юкъа йохуьйтуш хилла. Сарахь ша 1ахарий чудухкучу хенахь и пхьагал а яхийтина цо чу. Т1аккха дега аьлла:
- Вайн 1ахаршна юккъехь цхьа х1ума ю даим уьдуш лелаш. Цул сиха йодуш х1ума ца гина суна: тахана цунна т1аьхьаидда ч1ог1а к1адвелла со, ен езара и.
1уьйранна жа арадоккхучу хенахь дас хаьттина цуьнга:
- И х1ума мичахь ю?
- Х1ара ю-кх, - аьлла д1агайтина Тимара пхьагал.
- Х1ета схьалаца!
Д1ат1екхеттачу Тимара, къамкъарг схьа а лаьцна, пхьагал дена т1ееана. Цу сохьта дас пхьагал йийна. Цул т1аьхьа Тимаран г1ог1 дойна дас: хьо иштта витахь мегар вац, ахь берриг мохк а х1алакбийр бу аьлла. Цунах Тимар астаг1 хилла.
Да а кхелхина, къий а велла, лелаш хилла Тимар. Цу т1е наха лачкъийна к1ант а вихьна хилла цуьнан. Цхьана дийнахь араваьлла лелаш, цхьана пхьалг1и чу а вахана, охьахиъна иза. Цу чуьрчу пхьерана, Тимар чувогг1ушехь наб озийна хилла. Т1аккха Тимарна пхьеран мера чуьра араболуш цхьа моза гина. И моза болабелла чохь хи долчу ной т1е а баьлла, т1аккха цу ной т1ехь 1уьллучу морзахана т1ехула а баьлла, пхьалг1и чохь лаьттах доллучу цхьана 1уьргах чубахана.
Дукха хан ялале моза, юха а беана, мера чу бахана. Цу сохьта пхьар самаваьлла.
- Ой, Тимар, хьо чувогг1ушехь суна наб ма озийнера. Цхьа г1ан а гира суна, - аьлла, шена г1енах гинарг дийца волавелла пхьар:
- Со кхузара волавелла цхьана йоккхачу, шерачу арахула х1орда йисте кхечира. Х1ордана тиллинчу аьчган т1е т1оьхула дехьа а ваьлла, лаьттах доллучу доккхачу ор чухула лаьтта бухавахара со. Цу бухахь 1аламат дукха дети а, деши а гира суна.
Тимарна хиъна, пхьалг1а т1ехь йолчу лаьттах боккъалла а дети а, деши а дуйла. Делахь а, "масане г1ан го" аьлла, иза пхьалг1и чуьра араваьлла. Т1аккха, ши-кхо де даьллачу хенахь юха а веана, аьлла цо пхьере:
- Сайн ц1енош духкур дара-кх ас.
- Хьенан ницкъ кхочур бу уьш эца? - аьлла пхьеро.
- Ахьа сайна х1ара пхьалг1а а лахь, цхьа к1ез-мезиг т1е ахча а лахь, хьуна лур ма дара аса уьш, - аьлла Тимара.
Цунна и ц1енош д1а а доьхкина, цуьнгара пхьалг1а эцна Тимара. Т1аккха, пхьалг1а лаьттинчохь ц1а а дина, и ша а, цуьнан ший а зуда а цу чуьра латта ахка болабелла, схьадаьккхина латта буса генна эвла йисте а кхоьхьуш. Уггар а т1аьхьа детиний, дешиний т1екхаьчна уьш.
Т1аккха волавелла Тимар саьнгарш яха, иштта лелча ша г1ара а вер вара, шен к1ант вихьначу нахана а д1а а хезна цара и схьа а лур вара я к1ант ша дийна велахь, т1евог1ур вара, аьлла хеташ.
Вайн махкахь а, Гуьржех а, Устмалахь а, малхбалехьа йолчу пачхьалкхашкахь а дуккха а ю цо яьхна саьнгарш. Царех: "Тимара шен к1ант лоьхуш яьхна саьнгарш" олу.
Дуьненахь массанхьахула а д1ахезна Тимар шен к1ант лоьхуш ву аьлла.
* * *
Тимаран к1ант хилла, ша вихьначу нахехь эсий дажош. Жима хилла иза цу хенахь. Цунна а хезна, иштта шен к1ант лоьхуш, саьнгарш а йохуш Тимар вог1у аьлла. И шен да вуйла хууш хилла к1антана. Цхьана дийнахь арахь д1акхоьссина говран корта гина цунна. Т1аккха цо берашка аьлла:
- Х1ара корта турпалчу говран корта бу. Даьдала-кх хьан, иштта турпала говр елира сан.
Ч1ог1а вилхина и к1ант. Шен да Тимар санна, х1ума хууш хилла и к1ант. Цуьнца хиллачу бераша эле д1адийцина:
- Арахь 1уьллучу говран коьртах турпалчу говран корта бу а бахара цо, "турпала говр елира сан", бохуш велха а вилхира иза, - аьлла...
Т1аккха эло х1ара шена т1е а валийна, хаьттина кхуьнга:
- Турпала говр евза хьуна?
- Евза-те, - аьлла Тимаран к1анта.
Эло массо а дика дин гойтуш чекхваьккхина иза, х1арий-х1арий яц турпала говр, Тимаран к1анта а бохуш.
Уггар т1аьхьа, дечган мукъ болу тур хаьн т1ехь а долуш, цхьана бокъа т1ехь схьавог1учу стагах б1аьрг кхетта Тимаран к1ентан. Т1аккха аьлла цо:
- Хьулла вог1у стаг т1ехь 1ен бекъа турпала а ю, цуьнгара дечган мукъ болу тур ц1окъ-болатан терс-маймал а ду.
Бекъа а, тур а эцна эло. Бекъа лам т1е яхийтина, шеца кхоъ кхел а йолуш.
Цхьа шо даьллачу хенахь цхьа кхел ц1а а ялаяйтина, и йийна эло. И ма йийнехь настаран даь1ахк а йойна хьаьвсина уьш цуьнга. Тоьпан ч1уннал стомма т1ум хилла цу чохь. Шолг1ачу шарахь важа кхел ялийна ц1а. Иза а ен а йийна, цуьнан настарх хьаьжна эла. Х1ума тоьгу маха чубаххал бен т1ум ца хилла чохь. Кхоалг1ачу шарахь кхоалг1а кхел ялийна ц1а. Иза а ен а йийна, цуьнан настаран даь1ахке хьаьвсича, иза ерриг буту хилла.
- Х1инца то а елла, кхиъна яьлла говр, - аьлла ц1а ялаяйтина к1анта. Ц1а ялийча, и говр цхьаьнгге а сацалуш ца хилла, цу к1ан-те бен. Ков-кертана гонах пхийтта дол лекха керт а яйтина, эло и говр 1амае аьлла цу к1анте д1аелла.
Цкъа ша волчуьра д1а а кхайкхина, аьлла к1анта эле:
- Эла, аса х1инццалц дика г1уллакх дина хьуна, баркалла аллахь суна!
- Ма белахь суна и тешнабехк! - эло оллушехь, цу лекхчу кертах бекъа т1ехула а кхоссаялийтина, вахана к1ант.
И вада ма ведданехь, эло т1аьхьа орца даьккхина.
Даккхий ц1огарчий, кхесаршший йолу дой шена т1екхуьучу хенахь моха дуьхьал хохкуш хилла цо говр. Сира дой т1екхача доьлча, жаг1ий т1ехула хохкуш хилла, чохь дахкийна дой т1аьхьакхиа доьлча, малха дуьхьал хохкуш хилла.
- Х1инца к1елхьара а вели хьо, хьуна дан х1ума а дац: хьайна даккхий ц1огарчий, кхесаршший йолу дой т1аьхьакхиа доьлча, моха дуьхьаллий, сира дой т1аьхьакхиа доьлча, жаг1ий т1ехулий, чохь дахкийна дой т1аьхьакхна доьлча, малха дуьхьаллий х1унда хехкара ахьа и говр? - аьлла хаьттина цуьнга т1аьхьа хоьхкучех цхьаммо.
- Даккхий ц1огаршший, кхесаршший йолу дой моха дуьхьал идалац, цу ц1огарший, кхесарший мох лоьцуш; сира дой жаг1и т1ехула ца идало, бергашна к1елхьара ч1ег1ардигаш дуткъий долуш; чохь дахкийна дой хье т1ера даь1ахк юткъа йолуш кеста хье чу малх а кхочий, малхана дуьхьал идалац, - аьлла жоп а делла, д1авахана Тимаран к1ант.
Нахана эсал а хеташ, и к1ант санна х1ума хууш хилла цхьа стаг. Цхьаьнгге а Тимаран к1ант лаца ца луш висинчул т1аьхьа, ша иза лоцур вара аьлла цу стага. Т1аккха эло и вахийтина к1антана т1аьхьа. К1ант цхьана хи чу кхаьчначу хенахь, цунна т1аьхьа кхиъна и стаг. Хи чу а ваьлла, секха1ад детташ готте хьовзийна цо к1ант. К1антана, ша готте хьовзийнехь а, хиъна и стаг т1амехь лелла воцийла.
- Х1инцале а иштта со готте хьовзийначу ахьа, секха1ад хи чу а 1оьттина ахь тоьхча, со а, сан говр а пархъаьлла харцахьа оьккхуйтур дар-кх ахь.
Т1аккха цу стага секха1ад хи чу а 1оьттина кара оьццушехь къарсъаьлла кагделла. Иштта цу говзаллица к1елхьара ваьлла Тимаран к1ант. Шен да мичхьа ву а хиъна, цунна т1евахана иза. И к1ант т1екхочуш, Тимаран б1оца мел йолу говр терсина, мел долу герз а тохаделла. Сахь дуьззина деши а делла, нах арабаьхна цу 1уьйранна Тимара:
- Маса стагана баъал кхача хир бу кху дешех алий хатта б1ох мел волчу стаге, - аьлла.
Бахийтинарш бухбаьхкина.
- Цхьаболчуша б1е стагана баъал кхача хир бу боху, цхьаболчуша пхи б1е стагана баъал хир бу боху, цхьаболчуша пхи эзар стагана баъал хир бу боху, - аьлла цара.
- Кхин цхьа а стаг висний аша хаттаза? - аьлла Тимара.
- Нуьйр г1евланга а йиллина 1уьллуш цхьа берашха стаг бен ца висна, - аьлла жоп делла цара.
Цуьнга а хатта бахийтина. Т1аккха цо: "Мацвеллачу стагана цкъа баъал кхача хиллал х1ума а дац х1ара" аьлла жоп делла.
Цу жоьпах иза шен к1ант вуйла хиъна Тимарна. Цо сихха и шена т1е валавайтина.
Саьнгар циггахь сецна.

ХЬЕКЪАЛ ДОЛУ ЗУДА

Б1аьвнаш-г1аланаш ян хууш хилла цхьа да а, цуьнан к1ант а. Вахаран хьал-де къен долуш хилла и шиъ. Цхьана дийнахь дас аьлла шен к1анте:
- Х1а-х1а, к1ант, х1инца со воккха а хилла, вала герга а вахана, со дийна воллушехь, ахьа зуда яло лаьа суна.
Ден лаам кхочушбархьама реза а хилла, зуда ялийна к1анта.
К1антана зуда ялоран г1уллакх д1адирзинчул т1аьхьа воккхачу стага аьлла шен к1анте:
- Х1ан, х1инца дуьйна даа а, мала а деза вайна, къен нах дуй вай, хьалдолчу стагана йолах г1ала йотта ваха веза вайша.
Г1ала-б1ов юттуш шайна оьшу болу г1ирс а эцна, новкъа ваьлла дай, к1анттий.
Волавелла д1авоьдуш новкъахь дас аьлла к1анте:
- К1ант, вайша бан безаш болу некъ беха бу, иза бацбан беза ахьа суна.
Дас бохучух ца кхеташ цецваьллачу к1анта жоп делла:
- Дада, соьга муха бацлур бу некъ? Сан ницкъ кхочур ма бац иза кхочушдан.
- Делахь, т1ехаа говр ялае суна, - аьлла дас.
- Ой, аса мичара ялор ю хьуна говр, хьуна шера ма хаьа вайн говр йоцийла, - жоп делла к1анта.
- Делахь юхавоьрзур ву вайша, - аьлла, к1ант а эцна, ц1ехьа вирзина да.
- Ц1а ма кхеччинехь, хьайн зуда йита, - аьлла дас к1анте. Ша реза воццушехь, шен дагахь: "воккхалла тилла хир ву-кх х1ара сан да, цо бохург ца дохор аса, цуьнан лаам кхочушба беза" аьлла, ша ялийна зуда йитина д1аяхийтина к1анта.
Шолг1а а, ден лааме хьаьжжина кхин зуда а ялийна, ловзар а дина парг1ат ма веллинехь, к1анте аьлла дас:
- Йолах болх лаха ваха веза вайша.
Х1умма а ца олуш, тохура санна, шен г1ирс а эцна, дена т1аьхьах1оьттина к1ант.
Юха а, хьалха ма аллара, - я некъ бацбе шена, я т1ехаа говр ялае шена аьлла дас.
К1анта а делла дена хьалха санна жоп, - "некъ а муха бацлур бу шега, йоцу говр а мичара ялор ю ша?" - аьлла.
Т1аккха и к1ант валош юха ц1а а веана, зуда йита аьлла дас.
Дена хала ца хетийта, цуьнан лаам кхочушбеш пхи-ялх зуда йитина к1анта, новкъара деца ц1а а оьхуш.
Шен дас, гуьнахь а доцуш, балийна зударий буьтуьйтуш, г1айг1ане воьжна 1аш хилла к1ант, кхоччуш хьерваьлла хир ву-кх шен да бохуш.
Шен ц1ийнда иштта г1айг1ане хилар гучадаьлча, цунах шекь-яьллачу т1аьхьара ялийначу зудчо хаьттина майрачуьнга:
- Хьо даиманна а г1айг1ане ма хуьлу, зударий сих-сиха х1унда балабо ахьа?
К1анта ма-дарра д1адийцина зудчуьнга, шен дас новкъа ваьлча шега олуш дерг а, цо шега зударий битийтар а.
- Делахь, аса кхетор ву хьо, хьан дас хьоьга бохург х1ун ду аса дуьйцур ду хьуна, - аьлла, зудчо дийцина шен майрачуьнга:
- Дас хьайга некъ бацбе ма-эллинехь, воккхачу стагана товш долу, цуьнан самукъадолу къамел доладе ахьа, - некъ боца хетар бу хьуна цунна. Хьайга цо говр ялае аьлча, - яккхий цхьа г1аж ло цуьнга, г1аж - воккхачу стеган говр ю хьуна.
Зудчо шена и хьехар дича, ч1ог1а воккхавеш самукъадаьлла к1ентан.
Зуда ялийна бал д1абирзича, шолг1ачу дийиахь к1ант а эцна, новкъа ваьлла воккха стаг. Новкъа д1авоьдуш, хьалха ма-аллара, некъ бацбе шена аьлла дас. Цунна тов долу хаза хабарш дийца воьлла к1ант. Церг елаелла воккхачу стеган.
- Х1инца т1ехаа говр ялае, - аьлла дас. Хьаьдда вахана, некъа йистехь йоллучу дечигах г1аж яьккхина, дега д1аелла к1анта.
Йовхарш тоьхна шен йиш а тойина, дас аьлла к1анте:
- Х1инца хьуна хьекъал делла йолу зуда ц1ахь а йитина, мичча махка ваха а кхерам бац вайшинна. Юьззина зуда ю иза.
Воьд-воьдуш т1ерлойн махка кхаьчна да а, к1ант а. Юьрта кхаьчча, бан болх хаьттина, т1ерлойн эла волчу вахана и шиъ.
Т1ерлойн эло аьлла:
- Шуна бог1у мах а лур бу аса, пхоьазза т1ек1елйина т1улгийн б1ов йотта суна.
Эцца элаца мах а бина, б1ов-г1ала йотта т1елаьцна шина ма1асточо.
Шешан болх д1аболалучу заман чохь дас шен к1анте аьлла:
- "Берзан 1уьргара берзан к1еза а ма долийла, аганара элан к1ант а ма г1оттийла" аьлла кица ду вайн. Х1ара элий суна дика бевза. Г1ала йина воллушехь вайша вен хьожур ву эла, вайшимма хьегначу къина мах ца балархьама. Кху элан дагахь дерг х1ун ду хаа, кхуьнан йо1ана т1ехьовза веза хьо, к1ант.
Воккхачу стеган к1ант дукха безамехь, куц долуш хаза стаг хилла. Дас ма-аллара, аьтто ма-беллинехь элан йо1ана т1ехьаьвзина к1ант. Йоь1ан ч1ог1а безам бахана к1анте, цуьнга ша ян реза-хилар а хоуьйтуш.
Эла, х1ор денна сарахь а, 1уьйранна а, вог1ий хьожуш хилла белхалоша шен г1ала-б1ов муха ютту. Дикка хан д1аяьлла цара белхаш а беш, г1ала еш лакха а йолуш.
Г1ала юттуш лахара т1о-т1улг хьала кхоьхьуш йолу б1арзнаш бечу балхахь шаръелла хилла, шаьш лело дезарг хууш. Т1ера мохьт1улг схьаэцча, шаьш йовлий юха оцу некъа охьайоьлхуш хилла б1арзанаш, лахахь гулбина т1улг болчу метте. Цигахь шайн букъ т1е т1улг биллича, меллаша б1ов ечу лекхачу метте, лам т1е хьалайолалуш хилла уьш.
Г1ала юттуш лакха а яьлла, тхов т1етуьллу хан герга ма-кхеччинехь, къайлах еанчу элан йо1а ма1асточун к1анте аьлла:
- Г1ала-б1ов йина ма веллинехь, шуьша вен воллу сан да.
- Ахьа и соьга хаийтарна хьуна баркалла боху аса. Хьо шек а ма хилалахь. Г1ала йина ма-еллинехь вайша додур ду. Ахьа цхьаьнгге а х1ума ма алалахь, - аьлла к1анта элан йо1е.
Йо1 д1аяхча, шен да волчу а вахана, цуьнга дийцина к1анта, элан йо1а къайлах аьлларг.
Т1аккха дас во1е аьлла:
- Тахана дуьйна б1евнан бохь гома ботта боло беза вайшим-ма. Шолг1ачу дийнать дуьйна г1алин бохь гома ботта волавелла дай, к1анттий.
Цхьана дийнахь т1евеанчу элана гина г1алин бохь гома буттуш хилар.
- Б1овнан бохь гома бутту аша, - аьлла эло белхалошка.
-Шена хууш ца хиллачуха, лакхара охьа а воьссина го баьккхина хьажа а хьаьжна:
- Эх1, дера гам а ма белла кхуьнан бохь, х1ара нисба ц1ера чарх ца яйтахь ер яц, - аьлла, воккхачу стага.
Т1ерлойн эло шен к1ант а, лай а кечвина ма1астойн чарх ян вахийта.
И шиъ новкъа волуш воккхачу стага аьлла:
- Шуьша д1акхаьчча, ц1ахь бухахь х1окху сан к1ентан зуда ю шуна. Цуьнга тхойша могуш-парг1ат хилар а хаийта, са ма гатде а ала. Оха юттучу г1алин-б1аьвнан бохь гамбелла, иза нисбеш йолу чарх ян ваийтина ала. Ц1ахь йолу къиг д1а а хеций, куьйра тхо ц1а кхаччалц ц1ахь дита ала, дика кхаба а кхобуш. Тхойша, болх чекх ма-белли, ц1а вог1ур вуйла а хаийта.
Д1авахана ма1астой ц1а а кхаьчна, церан ц1ахь йолу зуда ц1ахь а карийна, цуьнга мардас дина кост д1ааьлла элан к1анта.
Х1усамнанас х1ара ши хьаша дика т1еэцна, тоьхна кхарна уьстаг1 а бийна, шортта даа а, мала а шун х1оттош. Цул т1аьхьа, кхана чарх а елла, д1авохуьйтур ву шуьша аьлла охьавижийна. Шега даийтинчу хабаран ойла ян яьлла зуда.
Бохь нисбеш цхьа а чарх а ма яц, я ц1ахь цхьа а къиг а, я куьйра а ма дац. Цхьа бохам хилла хир бу царна. Яхана шен майрачун гергара нах а балийна, царах дага а яьлла, цаьрца барт бина цо шайн дай, к1анттий ц1а валлалц элан к1ант д1а ца вахийта.
Элан к1ант самавалале, меллаша и вижина 1уьллучу х1усам чу а бахана, т1ебеттабелла иза чехкка д1авихкина. 1уьранна са ма-хиллинехь сама а ваьккхина, элан лай ц1а вахийтина зудчо, эле х1ара хабар а дохьуьйтуш:
- Хьуна йолах г1ала юттуш воллу сан мардай, майрий ахьа царна дог1у даьхни д1а а делла, маьрша ц1а ваийтахь - хьан к1ант маьрша ц1а вог1ур ву, нагахь санна ахьа иза кхочуш ца дахь, хьуна хьайн к1ант кхин гур вац, - аьлла.
Веана ц1а кхаьчначу лено цу зудчо шена т1едилланарг, ма-дарра д1ааьлла эле.
Шега и хабар кхаьчча, оьг1аз а вахана, дарвелла ирх иккхина зла. Амма дан х1ума а ца хилла висина.
Дас а, во1а а, г1алин бохь нис а беш, г1ала йоьттина ялийтина. Эло кхин царна бохам бан а ца ваьхьна, царна биллина мах д1а а белла, ц1а вахийтина и шиъ.
Дай, к1анттий веана ц1а кхаьчча, бухарчу к1ентан зудчо д1а а хецна, элан к1ант ц1а вахийтина.
Ма1астой шешан хьекъал долчу зудчуьнца парг1ат баха хевшина.

ХЬЕКЪАЛ ДОЛУ ВОККХА СТАГ А, КЪИЗА ЭЛА А

Хьалхалерчу заман чохь цхьа эла хилла нохчашна юккъехь вехаш, шен махка т1ехь бехаш нах а болуш. Цу элан 1едал хилла шен махка т1ехь вехаш къан а велла, кхузткъа шо кхаьчначу стаге цхьацца хала хеттарш а дой, царна нийса жоп ца делча, цо юуш йолу х1ума чохь йисар г1оли ю олий, вуьйш.
Цхьана к1ентан цхьа да хилла кхузткъа шарал т1ехваьлла. Цу к1анта и шен да, верна кхоьруш, велла а аьлла, хьулвина кхобуш хилла. И хаа а делла, эло кхайкхина иза т1е а валийна, аьлла:
- Ас цхьа-ши хаттар дийр ду хьоьга. Цунах ахь нийса жоп лахь, верах хьалхавер ву хьо, ца лахь вуьйр ву хьо.
Воккхачу стага цу элана жоп луш аьлла:
- Делахь дика ду, сан оцу хеттаршна жоп дала ницкъ кхачахь, х1инцачул т1аьхьа кхин воккха стаг ца вен дош дала деза ахь.
Эло, цо бохург т1е а лаьцна, бос цхьаъ болуш, мас цхьаъ йолуш цхьабосса ши борг1ал хьалха схьа а ялийна, хаттар дина:
- Х1окху шиннах йоккха муьлхариг ю?
Д1авоьллачу воккхачу стага, и ши борг1ал ара мохе а яьккхина, хьалха хьаьжк1аш а тесна, д1ах1оттийна. Цаьрга хьажа а хьаьжна, къонахчо эле аьлла:
- Х1ара йоккха ю, х1ара жима ю.
Эло цуьнга хаьттина:
- Муха хии хьуна цу шиннах йоккхахъерг а, жимахъерг а?
Воккхачу стага жоп делла:
- Цу шина борг1алх йоккхахъерг, шегахь ницкъ болу дела, мохана дуьхьал а йирзина, х1оъ баа х1оьттира, жимахъерг, шегахь ницкъ к1езиг хиларна, мохехьа букъ а берзийна, х1оъ баа х1оьттира. Цу тидамах хиира суна цу шиннах йоккхахъерг а, жимахъерг а.
Эло цуьнга аьлла:
- Цхьаъ хии хъуна. Х1инца х1ара шолг1аниг хьуна хаахь верах хьалхаволу хьо.
Воттаница шарбина, стомма юьхьиг а, юткъа юьхьиг а къаьстар йоцуш цхьа хен хьалха д1а а х1оттийна, цуьнга хаттар дина:
- Х1окху хенан стомма юьхьиг муьлхарг хилла?
Д1авоьллачу воккхачу стага и хен цхьана лекхачу басара чу-хаьхкина. Бухакхаьчча хьаьжначу цо аьлла:
- Х1ара юьхьиг стомма хилла, х1ара юьхьиг юткъа хилла. Эло цуьнга хаттар дина:
- Муха хии хьуна иза?
- Дечиган 1едал ду, мел ахь цхьабосса ши юьхьиг нисйича а, охьанехь ша чухаьхкича, стомма хилла юьхьиг хьалха а йолуш, юткъа хилла юьхьиг т1аьхьа а йолуш, соцуш.
Эла, цо делла жоьпаш нийса хилар а магийна, цул т1аьхьа цкъа а воккха стаг ца вуьйш сецна.

ТАЙМИН БИБОЛАТТИЙ, ТАРКХОЙН ШОВХАЛЛИЙ

Хьаша-да дика т1еоьцуш ву бохуш, г1араваьлла хилла Таймин Биболат. И хезна Таркхойн Шовхал вахана Биболат волчу, и зен дагахь.
Вахана д1акхаьчча иза.
- Ассалам 1алайкум, Таймин Биболат. Тховса ахьа чу ца витахь, буьйса яккха меттиг боцуш висина-кх со, - аьлла цо. Шена т1е тиша бедар юьйхина хилла Шовхала, ша ца вовзийта.
Дика ду, шен тховса бахка безаш дукха хьеший бу, х1ара ши ц1а-м лур ду хьуна аьлла, раг1у к1ел витина цо Шовхал.
Баьхкина схьакхаьчча хьеший. Церан къамел хезаш хилла Шовхална.
Говраш яйна шайн, ца карайо цхьа шо зама а ю, х1инца уьш йоцуш ц1а даха йиш а яц шайн аьлла хьешаша.
Цул т1аьхьа меллаша г1аьттина, Теркайисте д1а а вахана, шен юрт а г1аттийна, сахилале Майратуьпа Таймин Биболат волчу веана хьешийн говраш а ялош Шовхал.
Шен духар а дуьйхина, кечвелла Шовхал. Д1абаха арабевллачу хьешашна гина говраш а, кечвелла лаьтта Шовхал а.
- Муха, мичахь карийна хьуна х1орш, - аьлла уьш цецбевлча, Шовхала аьлла:
- Шу оццул холчах1оьттина дела, юрт араяьккхира ас говраш лаха.
Цул т1аьхьа и хьеший, Таймин Биболат шайца а волуш, хьошалг1а бигина ша волчу х1усаме Шовхала. Кхаа дийнахь-бусий хьошалла дина цо.
Ша ц1а воьдуш, дагадеана Таймин Биболатана, цо шен ц1е а ма яьккхира, ша мичара вевза-те цунна аьлла. Хаьттича, ша дага ца вог1у хьуна, хьо волчу буьйса яккха веана, аьлла Шовхала.
Дег1е лазар а деана, вала воьжна Таймин Биболат. Ша леш цо аьлла, Таркхойн Шовхала шайна дина хьошалла а, ша цуьнца х1оттийна кеп а ла ца делла, леш ву со.

К1АНТ ЗЕР

Цхьана шийлачу ц1евзинчу суьйренахь цхьа жима стаг эрна арахь чуваха ц1а доцуш висима хилла. Хьена-мила ву ца хаьа бохуш, саьхьарчу наха т1еоьцуш ца хилла иза. Жима къонах ц1енна чот йоьхна висинчу хенахь цхьана воккхачу стага ша волчу чукхайкхина:
- Схьавола, цхьана буьйса йоккхур вай. Чохь сой, и вай йо11ий бен стаг вац, - аьлла.
Воккхачу стеган йо1 кхиъна яьлла йо1 хила тарло. Ткъа иза суна г1иллакхехь а ма дац аьлла, г1айг1ане хьаьвзина к1ант. Цуьнан дагахь долчух шекваьллачу воккхачу стага, дуьхьло ца йойтуш, чу а вигина, йовхачу пеша хьалха охьа а хаийна:
- Ас хьо чу а витина, цундела ахьа сан йо1 йига еза, - аьлла. Цецваьлла, воьхна йоьхьанца к1ант, амма дагара ца хаийтина.
Ша хьалхе д1абоху хьоьга. Сан йоь1ан ши б1аьрг бац хьуна, сан йоь1ан ши куьг, багахь мотт бац хьуна аьлла, т1етоьхна воккхачу стага.
- Х1умма а дац, - аьлла резахилла к1ант.
Цул т1аьхьа воккхачу стага схьакхайкхина шен йо1. Ч1епалгаш чохь шун а дахьаш йо1 чоьхьа яьлча, цецваьлла, д1ахьаьжжинчохь висина к1ант, ша левина хилла-кх кху стага аьлла дагадеана цунна.
Т1аккха хаьттина к1анта йо1е, цу хьан дас хьо-м дала тоьхна ю ма бахара: ши б1аьрг бац, ши куьг дац, бийца мотт бац...
- Сан ши куьг дац бохург, со сайн г1уллакх доцучу ца г1ерта бохург дара хьуна, - аьлла, д1адолийна йо1а къамел. - Сан ши б1аьрг бац бохург, со сайн бала боцучу ца хьоьжу бохург дара хьуна. - Мотт багахь бац бохург - сайн г1уллакх доцург аса ца дуьй-цу бохург дара хьуна.
Ма хьекъал долуш ю х1ара йо1 аьлла, и т1аьхьа а х1оттийна, ц1авахана к1ант.

ОЬЗДАНГАЛЛА

Таркхойн Шовхала Нохчийчуьра бу боху к1ентий ша волчу хьошалла кхайкхина хилла. 1уьйранна уггаре дуьра кхача хьалха биллийтина цо хьешашна. Хьеший, яаеззачул х1ума а кхаьллина, д1абевлла. Делкъехь уггаре чаьмза юург хьалха йиллийтина, тохара санна, хьешо юъчул х1ума а йиъна, д1абевлла уьш. Суьйранна уггаре чомехь пхьор хьалха диллина хьешашна. 1уьйранна а, дел-къехь а санна, к1еззиг х1ума а йиъна, уьш д1абевлча, Шовхала хаьттина:
- Ма тамашийна х1ума ду шена гинарг. Дуьра а, чаьмза а, чомехь а хиларх, цхьатерра бен ца йиъна-кх аша...
Эвтархойн Ахьмада жоп делла:
- Хьан шуьнехь чомаш хержа даьхкина дац тхо. Нехан шуьнехь къонах а верстар вац, нехан хьаьвди т1ехь дин а берстар бац.

МУХА Х1ОЬТТИНА ГАЛАНЧ1ОЖАРА 1АМ?

1амкъе олуш йолчу к1отарахь хилла и 1ам. 1ам лаьтта дела олуш хилла цунах 1амкъе.
Цу 1ома хи ч1ог1а ц1ена а, дарбане а, деза а лоруш хилла. Цу 1амкъа 1аш болчу нехан цхьана оьзда йоцучу зудчо берийн боьха х1уманаш йиттина цу хийистехь.
Цул т1аьхьа и 1ам, сту а хилла, болабелла Галанч1ожний, Ялхарний юккъе лаьтташ болчу ломах цхьа церг а йоккхуш, Галанч1ожа охьабеана. Цунах 1амбедеча олу. 1амбедеча бохург - 1ам бедда бохург ду.
Цхьана майдана йисте кхаьчна сту. Цу майданахь шайн-шайн ардаш охуш нах хилла. Иза майдана хьалабаьлла, уггар хьалха цхьана доьзална гина. Дас, нанассий и сту д1абожа, ванн сту г1елбелла аьлла. Шина беро, нехан бу и боххушехь, дас схьа а лаьцна, д1абоьжна сту.
Старо ког баькх-баькханчара хи долуш хилла. Цо кхозлаг1а го боккхуш, баша а бешна, 1ам хилла цунах.
И сту д1абожа аьлла дай-наний, готий чу дахна, ши бер д1а а кхуссуш.
Х1ета х1оьттина и 1ам, х1инца а болуш бу боху. Галанч1ожан 1ам ц1е тиллина наха цунах.
Ялхара оцу 1амкъе олучу к1отарахь х1инца а цхьа доккха орду боху, хьалха и 1ам лаьттина.

КЪИЗА 1АДАТ

Къан а велла, г1ора а эшна, доьзална бале вала воьлча, халкъалахь сецна даьлла ламаст кхочуш деш, цхьана тускар чу а виллина, говран ворданахь к1анта д1акхосса ваьхьна хилла шен да. Генна, адам т1е ца кхоччуча, д1аваьхьна цо иза. Цхьана берда йисте а ваьхьна, ша чукхуссуча даьлча, дас аьлла шен к1анте:
- Айхьа со чукхуссучу хенахь соьцане тускар ма кхоссалахь.
К1анта хаьттина дега:
- И х1унда бохура ахьа?
Дас жоп делла:
- И тускар хьуна хьайна а оьшур ду, хьайн к1анта, х1инца ахьа со санна, хьо д1акхуссучу хенахь.
Цо иштта хьехар дича, к1анта дикка ойла а йина, шен да юханехьа ц1а ваьхьна.
И шиъ ц1енна герга кхоччучу хенахь царна дуьхьал кхетта оцу стеган к1ант. Цо, цец а ваьлла, шен дега аьлла:
- Вай, ахьа юхавалош ма ву вайн дада. Иза д1акхосса ваьхьна вацара хьан?
Дас жоп делла к1антана:
- Соьга дадас элира: "И тускар д1а ма кхоссалахь соьцане, хьуна хьайна а оьшур ду хьуна иза, хьайн к1анта хьо д1акхуссу хан т1екхаьчча". Цо иза аьлча, ойла а йина, дош дац-кх аса лелорг аьлла, ойла хилла, х1ара ц1авалош вог1у-кх со.
Т1аккха жимачу к1анта шен дега аьлла:
- Хьо дада а эцна д1аваханчул т1аьхьа, сан а дезар ду-кх цкъа мацца а, сан дас шен дена диннаргдан, бохуш, ойла йоьхна, виссинера-кх со. Ма дика ду-кх ахьа дада ц1а а валийна, сан са парг1атдаьккхина.

НЕНАН Б1АЬРХИШ

Цхьалхха цхьа к1ант вара къеначу ден, ненан. Дукхавезаш, 1алашвора цара шайн к1ант.
К1ант кхиъна ваьлча, ломахь г1арабаьлла дика динний, нуьйран г1ирссий, т1емалочун барзаккъий кечдира дас-нанассий шайн к1антана. Амма цунна цхьа бохам хиларна кхоьруш, ц1ера ара-м ца волуьйтура цара иза.
Цхьана дийнахь юьртара к1ентий кечбелира ламанца сакъера баха. Цхьаъ бен воцчу к1антана а лиира цаьрца ваха.
Дений, нанний т1евеъна, цо элира:
- Со а вахийтийша юьртарчу к1енташца дуьнене б1аьрг тоха. Суна лаьара, кийра бахьош долу, шал шийла шовда мала. 1уьйранна малх схьакхеташ, сарахь беттаса кхачлуш ган. Суна лаьара махо техкош, дог1ано дашош, малхо дакъош ламанан басешкахь лаьтта къорза зезагаш ган, супа лаьара 1уйранна тхинах яжа арайолу лунан буьхьиг ган, г1елашна сагатделла сира сай г1ерг1аш ладог1а, 1аннаш, даккъаш декош, мацалла уг1учу барзе ладог1а... Вахийтийша со к1енташца дуьнене б1аьрг тоха.
- Х1ан-х1а, к1ант ма г1олахь. Пурба дац хьуна! - элира къеначу дас.
- Со къинт1ера ца ели хьуна, к1ант, хьо водахь! - элира нанас.
Юртара к1ентий сакъера бахара, цхьаъ бен воцу к1ант висира кхерчан а, ц1ийнан а гонах хьийза.
Цхьа хан яьлча, юьртара к1ентий кечбелира экханна талла баха. Дений, нанний т1евеъна, к1анта элира:
- Со а вахийтийша к1енташца экханна талла. Суна лаьара ламанан курчу лечано ижонна мохаюьллуш ган, цуьнан ирачу м1араш юккъе нисделла дала са легашка кхаьчна, жима олхазар детталуш ган, дог лоцуш пха тоьхна, стиглахула биркъаш д1а-схьа яржош, и кура леча чудаийта, лечанан м1арех к1елхьарадаьлла, сина маршо хааелла, стиглан сийначу 1аьрчешка жима олхазар хьаладолуш ган. Суна лаьара иччархочух ларбалархьама генна д1акхарстийна сирла б1аьрг ойлане баьллачохь сецна, ламанан лекхчу тарха т1ехь кур аркъал тесна лаьттачу курчу хьехе* б1аьрг тоха: оцу семачу хьехана тебна улло вахана, дег1 лардеш пха тоьхна, маь1ах шотха доккхуш, иза къахкийна, дуьнен чохь шел сема х1ума дуйла цунна хаийта. Суна лаьара масар** къахкийна, эккхийна лаца, дуьнен чохь шел маса х1ума дуйла цунна хаийта. Бухбоцчу сийначу стиглара сирла седарчий санна долчу цуьнан хазачу б1аьргаш чу хьаьжна, хьаьстина, иза д1ахеца, къизчу ичархойл дукха дуьнен чохь къинхетамен нах буйла цунна хаийта. Вахийтийша со к1енташца экханна талла.
- Ваха пурба дац хьуна, к1ант, ма г1олахь! - элира къеначу дас.
- Со къинт1ера ца ели-кх хьуна, к1ант, хьо водахь! - злира нанас. Корта охьаоллийна д1авахара к1ант, ткъа цуьнан нийсархой талла бахара. Ден, ненан пурба доцуш цхьаннахьа а ца воьдура к1ант.
Ц1еххьана ирча кхаъ беара лаьмнашка: мостаг1 ву т1ег1ерташ аьлла, цуо буржалш дахьа ламанхошна тоха, леш бина уьш бацо.
Юьртара к1ентий, къонахий кечбелира мостаг1ашна дуьхьалбовла. Аьртаниг ирйира, есаниг юьзира цара. Шен шира г1аг1 дег1е а дерзийна, тешаме герзаш юкъах а дихкина, к1ентан да а вахара мостаг1ашна дуьхьал, шен к1антана а ца хоуьйтуш, лата везачохь - лата а, вала везачохь - вала а.
Шел хьалха д1акхаьчна, мостаг1ашца т1аме х1иттина т1емалой карийра цунна. Къаьсттина ч1ог1а т1ом беш вара цхьа цавевза т1емало. Юьхь т1еоьзна з1енийн цхар, т1едуьйхина болатан барзакъ. мостаг1ийн декъех саьлнаш х1иттош, ткъес санна карахь лепаш шаьлта. Цецваьлла висира воккха стаг да а, цуьнца берш а.
- Мила ву и ч1ог1а т1ом беш волу т1емало? - аьлла, хаьттира воккхачу стага дас.
- Иза хьан к1ант ву, дада! Хьан цхьаъ бен воцург! Дика к1ант кхиийна хиллера ахьа! Дала дукха вахаволда иза! - элира т1емалоша.
Амма хала дара и к1ант дукха вехар ву ала... Берриг шайн ницкъ гулбира мостаг1аша. Массо а цхьаъ санна цхьаьний т1елетира уьш оцу турпал к1антана. Вуьйжира к1ант. Велира турпал. Т1аккха т1етаь1ира ламанхой мостаг1ашна. Х1аллакбира цара уьш. Бисинарш лаьхкира. Дукха декъий дисира оцу т1еман арахь мостаг1ийн...
Г1оьмакхех, таррех барма а дина, т1е верта а тесна, ларвеш цу т1е а виллина, ваьхьира т1емалоша к1ант - турпал ваьхначу юьрта, винчу юьрта, нана ехачу кет1а...
Болатан г1аг1 малхехь къегаш, кхачбеллачу баттах тера йолчу юьхьа т1ера сирла нур г1уьттуш.
- Х1ей вежарий! Собарделаш! - элира к1ентан дас. Севцира нах. Вистхилира к1ентан да:
- Къонахий! Сан ницкъ кхочур бан, к1ентан нене х1ара ирча кхаъ д1ахаийта... Со кхоьру х1окху кхоо нана а ерна... Вац шуна юккъехь маттана, д1атийра къонахийн, т1емалойн тоба. Г1еххьа зама яьлча, нахах къаьстина, хьалхавелира башламанан бохь санна къоьжа корта болу воккха стаг.
- Схьаба суна дечган пондар! Цуо дуьйцур ду нене говзачу-хазчу маттаца к1ант валарх. Лалур бу цуьнга и ирча кхаъ! - элира воккхачу стага. Схьабеара пондар. Делха доладелира пондаран мерзаш. Бека болабелира пондар. Шен пондарца тобанна хьалхавелира воккха стаг. Араелира к1ант вина нана. Цунна гира вист-хуьлуш стаг воцуш, г1айг1ано кортош охьаохкийна лаьттачу т1емалойн тоба, хезира бекаш, боьлхуш пондар. Бармахь цавевзачу т1емалочун дакъа...
Буьйсанна декачу олхазаран эшарх тарлуш, шийлачу шовданан декаре буьйлуш, набарна бер дижо нанас олучу аганан иллех тарлуш бекара пондар. Пондаро дуьйцура нанас шен цхьаъ бен воцу к1ант мел везаш кхиийна, дуьйцура ненан сийлахьчу боккхачу безамах... Ц1еххьана пондаран мерзаша ламанан лечанан г1ерг1ар хазийра, лоьман ц1ийзар, берзан уг1ар хазийра. Цуо дуьйцура к1ант-т1емало мел майра, доьнал долуш кхиънера. Т1аьххьара а, т1еман герзаш вовшахдетталуш санна, къора бийкира пондар. Хеталора, болатан тарраш турсех детталуш санна, мостаг1ий боьхна, маьхьарий хьоькхуш санна, т1еман марсаллехь майрачу к1антана т1ера барзакъ болатан г1овг1анца декаш санна... Цо дуьйцура к1ант-турпал мостаг1ех мел майра летта, цо уьш муха х1аллакбина. Т1аьххьара цхьа сирла ц1ена аьзнаш г1евттира пондаран мерзех. Уьш декара маьлхан з1аьнарех тарделла. Хетара, цара дуьйцу Даймехкан хазаллех, ирсечу дахарх, Даймехкан сийлаллех, и сий кхуллуш, лардеш болчех лаьцна... Даймехкан дуьхьа баьхначех, Даймехкан дуьхьа беллачех цкъа а церан лийриг цахиларх...
Боьлхура пондар, тийжара пондар.
Ладоьг1ура к1ант винчу нанас. Гуора цунна бармахь дакъа. Вистхуьлуш цхьа а воцуш, кортош охьаохкийна лаьттара т1емалой. Кхийтира нана... Бармахь 1уьллург кхуьнан к1ант вара, кхуьнан цхьаъ бен воцург... Дуьххьара араваьллера иза ненера пурба доцуш... Иза майра леттера мостаг1ех. Дуккха а х1аллакбинера цуо уьш. Веллера ша а. Веллера даима ваха! Иштта дуьйцура пондаро. Г1айг1ане йирзина цуьнан йиш...
Боьлхура пондар. Тийжара пондар...
Довха б1аьрхиш хьевдира ненан б1аьргех...
Къора узарш деш бекачу пондарна т1етевжира к1ентан нана.
Боьлхура пондар, йоьлхура нана...
Мацца цкъа нана т1ера д1аайелча, цецах санна 1уьргаш девллера пондаран уьн т1е. Ненан довхачу б1аьрхиша дагийнера иза. Кхин а ч1ог1а г1арабаьлла бекара пондар. Генна лаьмнашкахула д1аоьхура цуьнан аз. Цуо х1инца дуьйцура ненан кийрарчу йоккхачу г1айг1анах, къахьонах, балех.
Боьлхура пондар, тийжара пондар...
Дег1 нисдеш, айаелира к1ант вина нана. Цуо доггах мохь туьйхира:
- Со къинт1ера ели хьуна, сан к1ант!
- Тхо къинт1ера девли хьуна, тхан турпал! - йийкира къонахийн тоба.
- Тхо къинт1ера девли хьуна, тхан турпал! - геннара схьахазийра гонахарчу курчу лаьмнаша, 1аннаша, хиша, шовданаша... Боьлхура пондар, тийжара пондар...
- Аса декъалво хьо, сан к1ант! - мохь туьйхира нанас.
- Оха декъалво хьо, тхан турпал! - йийкира къонахийн тоба.
- Оха декъалво хьо, тхан турпал! - геннара схьахазийра гонахарчу курчу лаьмнаша, 1аннаша, хиша, шовданаша.
Боьлхура пондар, тийжара пондар...
Оьгура ненан б1аьргех довха б1аьрхиш... сийлахь латта а дашош!..
__________________________
*,** Ломан акха гезарийн тайпанаш.


ШОТОЙН АЬСТМАР

Шотойн Аьстамар бохуш дика к1ант хилла. Наха, доьналла долуш майра ву, олуш хилла цунах. Дукха ч1ог1а оьзда, г1иллакхе хилла иза.
Хьалха заманчохь жимачу зудчо дуьхьала вог1уш къонах стаг хилча, шен карара бер кхечуьнга д1алуш хилла я охьа а дуьллий, д1анехьо йолуш хилла.
Шотойн Аьстамарана дуьхьал йог1уш нисъелла бер а карахь цхьа жима зуда. Кхунах шен б1аьрг кхетча, шен керара к1ант охьа а виллина, д1анехьа яьлла иза. Т1евеанчу Аьстамара, х1ара божа-бер дуй а хаьттина, юххе топ а, шортта ахча а диллана, д1авахана.

БАКЪ БОЛУ ДОТТАГ1ИЙ

Дехаш хилла наний, к1анттий. И к1ант т1ехь луралла долуш хилла. Цхьана буьйсанна, лечкъина шен нана муха ю хьажа веанчу кхунна хабар деана: сихонца ц1ера вала, хьуна ч1ир екха бог1уш нах бу аьлла.
Сихонца д1аваха дагахь х1ара воллуш кхин хабар кхаьчна: хьан езаш йолу йо1 кхечанхьа д1алуш ю, д1айига вола боху аьлла. Делахь х1инца ша х1ун дийр дара-техьа аьлла х1ара 1аш волуш, кхуьнга кхечо, тховса хьан ца торру доттаг1ой бу бог1уш, шаьш т1еэца аьлла кост схьатоьхна.
Х1ара иштта шадерг цхьанин т1е а г1оьртина, воьхна 1аш волуш нанна тосабелла кхуьнан сингаттам. Цунах ца лачкъийна к1ацта х1умма а: деллахь, нана, иштта хабар хезна шена, ша х1ун де аьлла?
Нанас аьлла:
- Ч1ир екха бог1у болу наха, дела 1ожалла хилла яьллехь, шайн ч1ир оьцур ю хьуна. Хьан йо1 хьо шена везахь, соцур ю хьуна. Доттаг1ий т1еэца ахь, уьш карор бу хьуна.
Резахилла к1ант, доттаг1ий т1еэцна цо. Х1орш сакъоьруш 1аш болуш, к1ант сингаттаме хилар тоса а делла, хаьттина цара:
Шаьш дахкар ца тов-те хьуна я кхин сингаттам бу-техьа хьан дагчохь? - аьлла.
К1анта дийцина т1аккха. Шен нана муха 1аш ю хьажа веанера ша, хабар деара суна сихонца ц1ера вала аьлла, д1аваха кечлуш со воллуш, кхин хабар деара суна: еза йо1 маре д1алуш ю, д1айига вола аьлла. Т1аккха айса х1ун дер ца хууш со воллуш, кхечо элира: иштта аша хабар даийтина шаьш т1еэца аьлла. Цуьнан ойла еш 1ара ша, - аьлла дийцина к1анта.
Шайна моттара, хьан дагахь берг кхин сингаттам бу. Хьо вен вог1уш хилла хьан мостаг1 вийна, хьуна езаш йолу йо1 дехьа керта хьуна йоссийна, хьо волчу даьхкина к1ентий ду-кха тхо. Тхо муха к1ентий хета хьуна аьлла.
Т1аккха кхетта к1ант ша динарг нийса хиларх. Нанас аьлларг дича, ша юьхь к1айча х1уттург хиларх а кхетта иза.

ДОТТАГ1ИЙ

Вехаш хилла цхьа ши доттаг1. Цхьаъ ч1ог1а вехаш хилла боху, важа къен хилла. Къен 1аш волчунна ч1ог1а езаелла бехаш 1аш болчу нехан йо1. Ткъа оцу к1ентан нанна а цо и бен ялон лууш ца хилла.
Вехаш 1ачу доттаг1чо ша болу шен бахам д1абелла шен доттаг1чунна. Ткъа цунах ч1ог1а кхаъ хилла, и йо1 ялийна, ваха хиъна къен 1аш хилла доттаг1.
Цхьана дийнахь газа дуккха хан яьлча, ша ца вовзийтуш, ша саг1а доьхург ву аьлла, кет1а веана бахам д1абелларг. Иза, х1ум-ма ца луш, д1авахийтина. Ч1ог1а и новкъадаьлла, ойлане ваьлла х1ара д1авоьдуш, цхьана базар кхаьчна. Кхунна т1евеана, цхьана воккхачу стага дехар дина, ша схьаваллалц х1ара гали лардахьара аьлла. Нагахь ша делкъале схьа ца ваг1ахь, хьайна дуьтур ахьа иза аьлла, д1авахна и воккха стаг. Ши-кхо де даьлча а, и схьа ца веача, чухьаьжча, кхунна гина гали дуьззина ахча.
И ахча схьа а эцна, д1аваханчу кхо керт а эцна, ша хьалха ма-хиллара ваха хиъна. Дикка х1ара ваха охьахиинчу хенахь кхуьнан кет1а еана цхьа йоккха стаг. Ша хьайна чохь г1уллакх дан яийтахьара аьлла цо. Шен нана хир ю хьо тахана дуьйна д1а аьлла к1анта. Дукха хан ялале, оцу цуьнан нана ю бохучо йо1 хьахийна кхунна, резахилла кхо и ялийна.
Дагадеана доттаг1чунна, хьаха веза ша шен доттаг1 ву бохург шен ловзарга кхайкхина, бехкбаккха аьлла. Х1окхуо шен нана яхийтина цуьнга кхайкха.
Шен зуда ц1аялийнчохь, дика самукъадаьлла х1орш 1ача хенахь, къамел долийра боху к1анта:
- Цхьа доттаг1 вара сан, хьал долчу нехан йо1 ца йоуьйту шега ша къен ву аьлла, цо соьга аьлча, цхьа х1ума ца кхоош, цунна со долара ваьлла керт-ков д1аделла аравелира со, - аьлла и воллушехь, къамел долийра боху вукхо: ша дийца мегар дарий цхьа х1ума? Цхьана диннахь хьо со волче кет1а веара, ас хьо х1умма ца луш д1а а вахийтира. Цул т1аьхьа базарахь цхьа воккха стаг веарий хьуна т1е, гали ахча дитина вахарий иза д1а? Ас ваийтина сан да вара хьуна иза. Хьо ваха охьахиъначу хенахь цхьа зуда еарий хьо волча, хьайна чохь г1уллакх дайта д1аэца аьлла? И сан нана яра хьуна, ас яийтина, ахь цунах хьайн нана йийр юй хууш. Оцу вайн нанас захало хьахийна зуда ялийний ахь? И аса хьоьга яийтина сайн йиша ю хьуна. Сайн йишин ловзаргахь 1аш волу со муха к1ант хета хьуна? - аьлла чекхдаьккхира боху цо.
Эццахь та а тайна, гергарло кхин а ч1аг1делла, ваха хиъна и шиъ.

КЪИНОЙХ Ц1АНВАЛАР

Цхьа стаг хилла дуккха а къинош т1е а хьерчийна, холча а х1оьттина, 1аш. Цхьана воккхачу стагана т1евахана боху иза.
Воккхачу стага аьлла:
- Х1ара шаьпталан лаг* ду хьуна. Цхьана эрна ара д1а а г1ой, цигахь хьайна ц1ено а дай, и шаьпталан лаг цигахь д1аде. Хьуо вала а волуш цхьа а стаг т1ех ма валийталахь юург ца луш. Хьан къинош т1ера девлча, и шаьптал т1еер ю хьуна.
Воккхачу стага ма-аллара д1а а вахана, шапталан лаг д1а а дийна, юучух ца кхоьтуьйтуш цхьа а т1ех а ца волуьйтуш, 1аш хилла къинош хьерчийна стаг.
Цхьана дийнахь, говр хаьхкина вог1уш хилла цхьа бере. Иза саца а вина, цуьнга чу а волий х1ума а яий г1уо аьлла стага. Т1аккха вукхо, х1ара д1а а теттина, ша сиха ву, аьлла, говр д1ахаьхкина.
Оьг1азваханчу стага т1аьхьа топ кхоьссина вийна бере. И ве а вийна, кхин цхьа къа хьарчий-кх ша бохуш холчу вахана лаьттачу кхунна гина доккха хьаладаьлла шапталан дитт.
Ч1ог1а цецваьлла иза:
- Х1окху массийтта шарахь гучу ца даьлла долу дитт, кхин цхьа къа хьарчийча, т1е х1унда дели-техьа, - аьлла.
Юха а хьалхалерачу воккхачу стагана т1евахана х1ара. Шена хилларг д1а а дийцина. Т1аккха воккхачу стага аьлла:
- Ахь вийна волу бере дезаш долчу йо1аний, к1антаний юккъе мотт болла, иза цуьнга ца яхийта араваьлла хилла. Иза ахь нийса вийна. Безамна юккъе мотт боллар ч1ог1а къилахь ду. Ахьа хьайх мел хилла къа т1ерадаьккхина.
_____________________
*Кхузахь - туьркан лаг.

Ч1ИНХОЧОЙ, Ч1ЕНТИЧОЙ ДОЗА КЪАСТОР

Ч1инхой, ч1ентий хилла боху, доза къастош. 1уьйранна вада везаш хилла и шиъ. Цхьана дийнахь ведда гуо лаьцна меттиг царна юьсуш хилла.
Сиха водуш волу ч1ентий 1уьйранна хьалххехь араваьлла хилла вада. Хьачарошца а доза лоцуш, шикъарошца а, зумсошца а доза лоцуш Ч1инха охьакхаьчна боху иза.
Х1етталц вижина а 1иллина ч1инхо, сама а ваьлла, мац, а велла хилла. Юххерачу дитта т1ехь суьйлин ч1аг1а* гина боху цунна.
- Хьажахьа, - элира боху ч1инхочо, - селхана чу-чу бохуш, кхокха а хилла, тахана ч1а-ч1а а аьлла, со 1ехо дог хилла-кх кхуьнан.
Топ тоьхна и ч1аг1арг е а йийна, юуш 1аш хилла боху и, ятта а еттина.
Т1аккха цунна вог1уш ч1енти гина, берриг лам чу а лаьцна. Иза ла а ца делла, ч1инхочо, ч1ентина топ а тоьхна, и вийна боху.
Ша охьавужуш ч1ентичо коьртара куй схьа а баьккхина, куй кхоьссина боху, меттиг схьалаца, ша леш воллушехь.
Цундела ч1инхой дакъа доцуш бисина боху, к1еззиг бен.
_____________________________
*Суьйлин къиг.

МЕХКАН КХЕЛАН САЦАМ

...Генна хьалха д1аяханчу заманахь уггаре а лекхачу лаьмнаш т1ехь, Малхйистахь, шарахь цкъа гуллуш хилла Нохчийчохь мел волу къонаха-т1емало. Вехаш-1аш мел генахь хилча а, малх кхетале йиллинчу метте кхача везаш хилла х1ора а. Ткъа малх схьакхеттачул т1аьхьа т1аьххьара веанчун корта боккхуш хилла.
Иза хууш вуно маса шен дин лоьллуш вог1уш хилла цхьаъ. Амма ламанан буххе иза схьанислуш, маьлхан хьалхара з1аьнарша серлабоккхуш гина цунна ламанан бухь а, нах гуллуш йолу майда а.
"Со т1аьхьависина ваьлла! Х1инца аса динан болар лаг1 ца дахь, наха со воьхна эр ду суна", - аьлла, дагадеанчу къоначу к1анта схьадаьккхина к1айн йовлакх хьаькхна юьхь т1ера хьацар а дакъийна, шена т1ера бедар а нисйина, х1умма а ша шен син дуьхьа вог1уш воцуш санна, меллаша ламанан буьхь т1е а ваьлла, нахана т1евахана.
- Хьо т1аьхьависина, жима къонаха! Дайн 1едал кхочушдеш, хьан корта баккха беза тхан. Вала кечло! - аьлла тхьамданаша цуьнга.
Вист ца хилла к1ант. Дег1е зуз доуьйтуш долу и дешнаш схьа-хезча а, воха ца воьхна. Дуьненах сирла б1аьрг тоьхна, нахана ца хоуьйтуш ц1еначу х1аваах кийра бузош доккха са а даьккхина, 1ожалла т1еэца кечвелла к1ант.
Тхьамданаша хаьттина цуьнга:
- Жима къонаха, дийцахь, муьлхачу бахьаненна хьевелира хьо?
К1анта баккхийчу нахах бехк лаьцна, корта охьабахийтина.
- Дийца! - аьлла т1едожийна цунна тхьамданаша. К1анта эххара дийцина бахьана:
- Сийсара зуда ялийнера аса, цундела шен хенахь новкъа валар ца хилла хьевелла со...
- Дан х1ума дац, дайн 1едал кхочуш даза ца довлу тхо, - аьлла тхьамданаша.
Амма кхэл кхочуш ян нах кхиале, хаам кхаьчна: "Ма-валла вог1уш кхин цхьа бере ву", - аьлла.
Собар дина наха и стаг схьакхаччалца. Ша майдана т1е хьала-воллушехь. беречо мохь тоьхна:
- И к1ант д1ахеца, со ву т1аьххьарниг...
Т1евеанчуьнга а хаьттина тхьамданаша, кхэл кхочушъяле хьалха, т1аьхьависаран баьхьана.
- Сийсара т1ехьийза йо1 маре яханера сан, - аьлла боху оцу к1анта. - Иза яхана волу к1ант тахана шен хеннахь кхуза ца варна кхоьруш, са хилале схьа а веана, лам буххехь коьллашна юккъехь лечкъина 1аш вара со. Со кхийринарг хила а хили: и к1ант, шуна ма-хаара, дукха хан йоццуш бен схьа ца кхечи. Ткъа со кийча ву вала. Кхочушде дайн 1едал...
Цецбаьхна оцу хаамо тхьамданаш. Дийцаре дан охьахевшина уьш и г1уллакх. 1уьйрана охьахевшина делкъанга бевлла тхьамданаш, делкъана охьахевшина суьйренга бевлла уьш, сацам ца хуьлуш. Эххара а шайн кхэл кхайкхийна цара:
- И тайпа яхь йолу, догц1ена к1ентий вайна юккъехь кхиарна, вайн дайн 1едал, б1ешерашкахь къонахийн-т1емалойн низам ч1аг1деш хилла долу, кхин лелон ца оьшу аьлла хета тхуна. Х1инца дуьйна д1а цхьанна а мостаг1чух, унах, баланах кхера ца оьшу вай...

ИСМАЙЛИН ДУДА

Исмайлин Дуда хиллера шен бежнаш дажош жима волуш. Цунна новкъа йог1уш цхьа жима зуда гина. И зуда хилла йоьлхуш. Дуьхьалваьлла Дудас хаьттинера:
- Хьо х1унда йоьлху, х1ун хилла хьуна?
Ша ца йитича, жимчу зудчо аьллера: ша маре яхана ден ц1а еача, шайн дас етт лур бу, аьллера шена, и дестечо бала а ца балийтина, марзошна т1еяха юьхь йоцуш, йоьлху ша.
Дудас хаьттина: "Бос муьлха бу а, эса ду-дац, аьллерий ахь?"
Ца дийцинера ша аьлла зудчо.
Т1аккха Дудас схьа а лаьцна, шайн бежнаш юккъера етт д1абигийтинера цуьнга.
- Эса а ду хьуна кхуьнан и д1адига йог1ур ю хьо, - аьлла цо. Оцу марзошна хиънера и цо динарг.

Г1ИЛЛАКХ

Исмайлин Дуда хиллера шен некъа воьдуш. Дуьхьалкхетта цунна жима зуда, керахь бер а долуш. И шена дуьхьалвог1у гича, нана и бер охьа а диллина, юьстах яьлла.
Чехкка т1екхиинчу Дудас, и к1ант вуйла шена ма-хиънехь, цунна юххе шена юкъара схьа а яьккхина, тапча охьайиллина.
Цу к1антана зуда ялийча, верта а, герз а, кхин долу совг1ат а дахьаш, воккха хиллачу Дудина т1ееанера оцу к1ентан зуда.

ОБАРГ ЗЕЛАМХИЙ, ЧЕРМОЕВ ТАПИЙ

Миллионер хилла волу Чермоев Тапа хилла боху цхьана йо1ана т1ехьийзаш. Цхьана юьрта ловзарга яхана 1аш и йо1 хилла, шен б1оца веана кхаьчча цига Тапа а. Нахана а хууш хилла боху оцу йо1ана и т1ехьийзаш хилар а, цо цунна хан йиллнна хилар а. Ч1ог1а вазвина т1еэцна Тапа шен б1оца.
Ловзар доладелла д1адоьдуш, оцу йо1ана хаавелла шен везар кхечуьнга сакъоьруш 1аш хилар. Ч1ог1а халахетта, ша стиглахь ю я лаьттахь ю ца хууш, йоьхна боху и йо1, и шена хиъча.
Хелхавала юкъаваьлла боху Тапа. Дерриг а халкъ хьалаг1аьттина. Вукху йо1аца хелха а ваьлла, охьахиъна Тапа. Иза хелхаволуш, хан а йиллина йолчу х1окху йо1ана когаш хьалха герз кхоьссина цуьнан накъосташа.
Цу хенахь цига, т1ехьаьжна беркъа а волуш, цхьа бере кхаьчна хилла боху.
Хелхаваккха юкъаваьккхина иза. Х1окху йо1а хабар кхетийтина цунах, иштта х1окху дуьненан х1ума кхоор дацара ша хьуна, ша хелха а яккхахьара ахьа, хьайгахь герзах х1ума елахь. Тапина т1екхаьчча, иза а кхоссахьара ахь аьлла. Х1окху йоь1аца хелхаваьлла и бере. Кхо ма-аллара, Тапина т1екхаьчча, хьалха лаьттах тапча йиттина кхо цунна, т1е латташ а детташ.
Буьрса хьалаиккхира боху Чермоев Тапа. Ловзар дап-аьлла сецна боху.
- Цхьана лаьмнашкара охьавеана цхьа суьйле хир ву хьо, ас хоуьйтур ду хьуна, - аьлла, вист а хуьлуш, меттиг йиллина боху цо кхуьнца, лата дагахь:
- Хьо стаг велахь, иштта оцу метте вола, - аьлла.
- Вайшиннах суьйле мила ву цкъа къастор ду вайшимма, - аьлла вукхо, - наха вуьйцуш волу харачойн Зеламха ша ву-кх хьуна, шена т1ехула долу верта даржош д1а а дахийтина.
Верта охьакхоьссича, нахана гина боху цуьнан дег1аца долу герз.
- Хьо стаг велахь, айхьа йиллинчу метте д1авог1ур хьо, - аьлла, шен дина т1е а хиъна, иккхина ваьлла вахана боху харачойн обарг Зеламха.

САТИЙСАР

Цхьана юьртахь ехаш йолчу цхьана йо1ана т1ехьийзаш цу юьртара бехачу нехан цхьа к1ант хилла. Ткъа х1ара йо1 г1ийлачу ден-ненан хилла. Ша вехаш хиларе терра, йо1ана даккхий хабарш дуьйцуш хилла к1анта.
Цхьана дийнахь юртахь доккха ловзар хилла, цу ловзаргахь йоь1ан т1ехьийзаш волчу к1анта кхунна уллехь 1ачу йо1е сакъера аьлла хабар даитина. Ша лаьттахь ю, стиглахь ю ца хууш 1аш хилла йо1, шен нийсархошна хьалха юьхь1аьржа а х1оьттина.
Иштта х1ара холчахь 1ача хенахь, дихьа сонехь 1аш волчу цхьана къонахчо т1е хабар даийтина кхунна. Иза хилла цхьа беркъа х1ума т1ейоьхна, деха 1аьржа верта а доьхна. Самукъадаьлла йо1ан.
Ша халхаволуш ца хилла и къонах, делахь кхечаьрга йоккхуьйтуш хилла. Йо1 хелха моссаза йолу, тапча кхуссуш хилла къонахчо. Иштта яьлла дикка хан. Ша куралла йиначу йо1ана оцул сий дан ваьхьнарг мила ву хаа лиинчу вехачу к1анта аьлла:
- Ма кхисса и тапчанаш, кхин и кхоьссинчуьнан соьца г1уллакх хир ду, кхузахь бераш а ду.
Т1аккха а йо1 хелхайолуш къонахчо тапча къоьссина. Хьалаиккхина чухьаьдда вехаш волу к1ант. Г1овг1анаш ца езаш волчу къонахчо аьлла:
- Х1инца кхуза 1едалах стаг кхача мега, цундела со д1а ца вахча ца волу, хьоьца дерг вайша къастор ду нах боццучохь, гур ву вайша!
Т1аккха йо1анна т1е а вахана. аьлла цо:
- Со юха вог1ур ву хьуна, маре ма г1олахь, со Зеламха ву хьуна Харачуьра.
Изза дешнаш а аьлла, говра т1е а хиина, д1авахана къонах. Ехха лаьттина йо1, 1адийча санна. Ткъа Зеламха боху ц1е ма-хеззина, бос хийцабелла вехачу к1ентан.
Дукха хан яьлла цул т1ехьа. Б1е сов шо а кхаьчна цу йоь1ан, кхин маре ца йоьдуш. Ша маре ца яхарх иштта дуьйцу бахара цу йо1а: оццул юхь1аьржа х1оьттина, ша дог доьхна 1ача минотехь, цо шен к1айн йина юьхь, цо шен дина сий диц ца луш, иза вог1а ларвеш 1ийна ша. Оццул шераш д1аэхарх, иза вог1ар вац аьлла дага ца деана шена.

КЪОНАХАЛЛА

Г1араяьлла хаза йо1 хилла цхьана юьртахь ехаш. Хьал долчу доьзалехь кхиъна хилла иза. И йо1 езаш хилла къечу ден-ненан к1ант. Къелла ца хьехош, цу к1анте маре яха сацам бина хилла йо1а.
Хан хене яьлча, йоь1ан дена-нанна хиъна шайн йоь1ан дагара. "Цу къечу писе йоьдахь, дуьне дуьсуьйтур охашимма хьох", - ч1аг1о еш аьлла дас-нанас. Шаьш санна хьал долчу к1анте шайн йо1 маре яла сацам бина цаьршимма. И тосаделлачу йо1а хабар кхетадайтина т1ехьийзачу к1анте. Ницкъ ца кхаьчна к1ентан еза йо1 къайлах д1айига. Ша оццул атта хетар хиъна к1антана масех де даьлча.
Кхана сарахь марзахой нус д1айига бог1у боху хабар кхаьчначу 1уьйранна, хица юьхь юьлуш хилла йо1, шен б1аьрхиш лачкъо а лууш. Оццу миноташкахь шен п1елгах йоллу дашо ч1уг бага а тесна, юьхь т1е хи тоьхна цо. Шозза-кхузза, юьхьах хи тоьхначу хенахь багара дашо ч1уг легэшка а иккхина, са а ца даккхалуш, ша йолччохь ц1енкъа охьайоьжна иза.
Кхин иза метта янне а ца еача, орца даьккхина нанас. Ио1 елла хилар ч1аг1дина баьхкинчара. Тезет х1оттийна, цу дийнан делкъал т1аьхьа йо1 кешнашка а яьхьна, д1айоьллина.
И йо1 езаш хиллачу к1ентан ц1енош, ков-керт юьртан йистехь хилла, корах арахьаьжча кешнаш а гуш. Дика толлу ж1аьла (эр) хилла к1ентан, з1енаца ч1ог1а дихкина а долуш. Йо1 д1айоьллинчу суьйранна дуьйна, ца соцуш, леташ хилла ж1аьла. Ши де а даьлла, хьалха санна ж1аьла летачуьра а ца соцуш я юучух бат ца тухуш, б1аьргех хиш а ледаш.
- Ванах, х1окхо дан мукъана х1ун до-те? Х1инццалца ца лелийнарг ду-кх х1окхо лелориг, - аьлла, г1айг1ане хиллачу к1анта ж1аьла д1ахецна буса. Д1а махийццинехь, кешнаш долчухьа д1адедда ж1аьла. Боккъал цецваьлла ж1аьлин да, иза кешнийн керт йолчухьа дедча. Карахь герз а доцуш, ж1аьлина т1аьхьа вахана к1ант. Д1айоьллннчу йоь1ан кошаи борза т1е а даьлла, уг1уш, лат-та ахка доьлла ж1аьла. Шекваьллачу к1анта ведда вахана ц1ера бел а, лами а беана, даьстина каш. Т1аьххьара лахьта даьстича, доккха са доккхуш хезна кхунна. Х1ара кошара хьала а ваьлла, ла-дег1а х1оьттина.
- Х1ей, хиъна 1ийриг, хьо мила ву? - халла хезаш аьлла кошахь йоллучо.
- Со-м цхьаъ хир вара, хьо мила ю? Са ду хьо, ц1ий ду хьо? - кхайкхина к1ант.
Йо1а шен ц1е яьккхина. К1анта аьлла:
- Хьо муха хуьлу иза, ахь ц1е йоху йо1 д1айоьллина ши де а хилча?
Хилларг ма-дарра дийца а дийцина, к1ант тешийна цо. Ц1ера шена т1еюха бедарш яр а т1едиллина.
Цо ма-бохху, ц1а а вахана, йо1ана т1еюха бедарш еана, йо1 цу кошара хьала а яьккхина, юьрта веана к1ант, ур-атталла дош а ца олуш.
- Хьалха со хьайн дола яккхийта, - аьлла йо1а, - т1аккха йог1ур ю со дена-нанна дуьхьал.
- И г1иллакхе доцуш х1ума ду. Х1инца суна т1аьхьа а х1оттий, хеттарш ца деш, йолол, - д1аволавелла к1ант.
Некъехьа долу кор диллина хилла к1еззиг озийчахьана долуш. Меллаша йо1 цу корехула чу а ялийтина, т1аьххье чуваьлла к1ант. Кадаме баьхкина зударий хьалхарчу ц1а чохь хилла бийшина. Хан яьлла хан хиларна, йоь1ан да-нана долчу х1усаман не1 ца хьаеш, 1еш хилла и шиъ. Тийжаш хилла йоь1ан нана. Жимма 1ийча, ма тийжахьа, х1ай зуда, йо1арий-м неха а беллий, - бохуш дов дан х1оьттина йоь1ан да.
Меллаша не1 а херъеш, буьйса декъала еш, чуваьлла к1ант, йо1 ша йолччохь а юьтуш. Да-нана къаьрззина хьаьжна.
- Шуьша доха оьшуш дан... Со хаза кхаъ бохьуш веъна, - аьлла к1анта.
- Тхойшинна хила хаза кхаъ дуьнен чохь бан а бац. Чехкка кехвала! - т1ечевхина да-нана.
- Со-м буьйса яккха веана вац. Г1иллакх-оьздангалла ларйина ас, тахана а цунах хервала ойла яц сан.
- Схьачуйола х1инца, - йоь1ан ц1е а йоккхуш, не1 херъеш вистхилла иза.
Товш т1едуьйхина духар а долуш, ела а къежаш, дена-нанна хьалха х1оьттина "елларг". Нана кхетамаха яьлла. Метта еача:
- Х1ара бахам хьуна бели охашимма, къинт1ера а даьлла, эхь-бехк дала лоьрийла, к1ант, х1ара йо1 хьуна ели охашимма, - хазийна дас-нанас.
Къахкийча воьлхуш, хьаьстича воьлуш товш вац къонах. Суна х1умма ца оьшу шуьгара. Шун йо1 юьгур яц ас. Хьанал къоьлла тоьлаш хета суна, хьарамчу хьолал, - аьлла, йо1 ца ялош, ц1а веана к1ант.
Цу дас-нанас шаьшиъ даллалц некъ ца хадийна боху оцу к1ентан. Кхечуьнга маре ца йоьдуш, къанъелла боху и йо1 а.

ШИРА 1АДАТ

Миклай заманал хьалха нохчийн цхьа 1адат хилла. Юьртахь, тоьлла, наха лоруш болу къонахий хьа а гулбой, шун хьовзош хилла. Нохчийн тапча юла а юлий, шуьна юккъе д1а а къовлий, логах т1ийриг а йоьхкий, шун хьовзош хилла, гонаха къонахий охьа а ховший. Т1ийриг, оза а лой, тапча йолуш хилла. Кхоьруш верг, и ялале, юккъера д1авала таро йолуш хилла, амма юккъера д1аваьлларг цул т1аьхьа шен нийсархошлахь вистхила йиш йоцуш а хилла.
Тапча яьлча, къонахийх цхьаъ я вуьйш, я лазош хилла. Тапча яьлча, лаза а вина, вала ца леш виснарг, болх балуш вацахь, цуьнан доьзална массара а г1о деш хилла. Иза ч1ог1а лоруш а хилла цул т1аьхьа.

НЕ1

Хьалхалера заманчохь нах г1о* 1аш хилла: корехь б1аьрг боцуш, ц1ийнан туьнталг а йоцуш. Не1аре, чохь шийла ца хилийта, бежанан не1 тухаш хилла.
Цундела х1инца а не1арех не1 олу.
_____________________________
*Вон (диал.)

ЖИМА КАЛАКО

Иза дукха хьалха хилла ц1е ю Нихла юьртан. Эвлаяашна езна юрт ю боху и юрт. Цхьа т1ом хиллачул т1аьхьа дукха хан яьлча, юха Жима Калако хиллачохь ваха охьахиъна Гучинний, Ч1ининний жимах волу ваша Ниха.
Иза 1аламат харцахьара, вон лелаш, девнаш дезаш стаг хилла бах.
Дукха йоккха юрт хилла хьалха Жима Калако. Цунна чудог1уш хилла х1инца Ваьрде, Г1уш-Корта, Рег1адухе, Поппарашка Чайморк, Чераморк, К1алхьан йист, Эшта, Дой ирзо т1ехь йолу латтанаш, меттигаш.
Хьалха, Жима Калако йолуш, нах бехаш-1аш хилла х1инца йолчу Нихалан къилба-малхбалехьарчу меттехь. Цунах х1инца а юьртан чоь олу.
Ниха веанчу хенахь х1инца юрт т1ехь лаьттарг беллачу нехан кешнаш а долуш, яьсса майда хилла. Цунах Юьртан хьаьрим, олу.
Нихас цхьацца стаг вуьш хилла дов даьллачохь. И стаг волчарна томана д1алуш хилла дуккха а латта. Иштта д1аелла ю Ваьр-де а, Г1уш-Корта а.
Жима Калако д1алуш ехкар йолу кхаьл хахкийтина малх бузехьарчу дукъах (рег1ах) ирах. И охьайижжинчуьра дуьйна д1а доза а тохийтина.
Ниха бохучу к1анте еанчу йоь1ан ден хилла бохуш дуьйцу, Жима Калако. И йо1 ден ц1а йоьдуш Нихас:
- Хьан дас айхьа ц1е тоха аллалц цхьа а совг1ат схьа ма эцалахь, - аьлла хьехар дина зудчунна, - т1аккха Жима Калако а ехалахь вайна.
Дас йо1 марц1а юхайоьрзуш совг1атийн ц1ераш тоьхна. Йо1 йист а ца хилла. Т1аккха:
- Ц1е тоха хьайна луъучуьн, - аьлла дас.
Йо1а Жима Калако ехна.
- Шийра кхера хилда-кх и хьехар хьуна диначунах, - аьлла, дас йо1ана елла Жима Калако.
Жима Калако бохург "Жима ялсамане" бохур ду а бах. "Жима беш" а олу цунах.

ВАХАС СТАГ ВИЙНА ИРЗО

Яьсси-хи йистехь лаьттачу 1аларана къилбаседехьа лаьтташ ю жима юрт - Девлотби-к1отар. Цунна лакхохь кхин цхьа жима юрт ю - Бешал-ирзе. Цу шина юьртана юкъахь "Вахас стаг вийна ирзо" олуш цхьа ирзо ду.
Хьалха заманахь оцу меттигашкахула лелаш хилла Ваха бохуш ц1еяххана обарг. Цхьана дийнахь цхьана ирзо т1ехь шен жа дажош волчу цхьана к1антана т1ебахана обаргаш, хьалха Ваха а волуш. Же юкъахь хилла боху кхиъна йог1уш шала йина ши бож. Вовшашца ч1ог1а уьйр йолуш, ежаш, д1асхьакъаьстича, 1аха а 1аьхий, т1етт1а йоьдуш хилла и шиъ.
Т1ебаьхкина, сада1а охьахевшинчу обаргийн б1аьрг кхетта къаьсттина ша ежаш йоллучу цхьана божах. Д1ат1екхеттачу цара и бож схьа а лаьцна, къилбехьа а ерзийна, охьайиллина. Ваха шаьлта хьакха кечвелла, ткъа цуьнан цхьа накъост бож д1алаца х1оьттина. Оцу минотехь, мичара еа а ца хууш, схьаиккхинчу вукха божо охьатаь1на воллучу Вахина коьртах ма1аш тоьхна. Юханехьа кхоссавеллачу Вахас ларамаза д1аластийна шаьлта юххехь волчу накъостан логах тесна, иза вийна.
Х1етахь дуьйна йиссина оцу ирзонна "Вахас стаг вийна ирзо" боху ц1е.

ВОРХ1 ВЕШИН ЙИШИН ЭКЪА

Тазбичахь цхьана ламанан басахь х1инца а лаьтташ цхьа б1ов ю. Иза ворх1 вашас йоьттина олуш ду. И б1ов лаьтташ йолчу меттигехь 1уьллуш боккха т1улг бу. Наха дуьйцу хьалхалера заманчохь и б1ов юттуш йолчу хенахь и т1улг ворх1 вешин йишас цхьана куьйга биллина баьхьана бохуш, и б1ов юттучу вежаршна яа х1ума т1е а йиллина.
Цу хьалхалерачу заманахь адамаш даккхий дог1маш долуш хилла. Х1инца и экъа масех стаге а хьалаайлур яц.

КУРЧАЛОЙ-ЭВЛАН Ц1Е МИЧАРА ЯЬЛЛА

Чилла ц1е йолуш цхьа нус хилла цхьана нехан. Хаза а, кура а хилла иза. Цуьнан марзахой моз лелош, накхармозий 1алашдеш хилла. Цара шайгахь токхо йолчу хенахь, хама ца беш, цхьа накх д1акхоьссина. Кху несо иза схьаэцна.
Цул т1аьхьа хан яьлла. Мацалла х1оьттина бах. Т1аккха цу несо шена карийна мазах буьззина болу накх схьаэцна. Уьш цу ма-цаллех бевлла, и моз бахьна долуш.
Иштта сий хуьлуш, д1ах1оьттина иза шен марзошна юккъехь. Цунах олуш хилла Кура Чилла. Цигара схьаяьлла ю бах и Курчалой боху эвлан ц1е.

ВАРАНДА

Дукха-дукхе хьалха х1ордакеманашна т1е а хевшина, цхьа б1о кхаьчна хилла кху махка. Оцу б1онах схьакъаьстина, цхьа стаг висина хилла т1аьхьа. Иза лела-а-ш х1инца ши Варанда йолчу метте кхаьчна. Кхузахь х1етахь вехаш стаг а ца хилла. Бакъду, Ч1аьнтий-ч1ожах хьала а, Шуьйта чохь а бехаш-м хилла нах. Уьш наьрт-аьрстхой хилла.
Т1аккха и вай вуьйцуш волу б1онах къаьстина волу стаг, шена наьртийн тайпанара зуда а ялийна, ваха хиъна х1инца ши Варанда йолчу меттехь. (Шуьйта араволуш лаьтташ йолчу б1овнна дуьхьал, Варандойн лам т1е).
Цуьнан доьзал а хилла. Цкъа шен луларчу наьрт-аьрстхочуьнца дов даьлла цуьнан. Секха-1одмаш тоьхна цара вовшашна. Х1окхунан пхьу наьрт-аьрстхочунна варох кхетта, ткъа наьртан пхьу кхунна бехкечу метта кхетта. Кхано, масла1атана нах юкъа бевлча, т1евеанчо шена йина чов езах ю, х1унда аьлча, шен кхин доьзалхо хила йиш йоцун дела аьлла, томана даьхни дехна наьрт-аьрстхочуьнгара. Цо дала а делла шега доьхху даьхни.
Т1аккха масийтта шо даьллачул т1аьхьа т1евеанчунна к1ант вина. Кхуьнан девнахочо шен даьхни юхадехна. Иштта юха а дов тасаделла царна юккъехь.
- Шуна к1ант вина? - хоттуш хилла наха т1евеанчуьнга.
- Дера ван-м винера тхуна и, и варах дов а даьлла лелаш ду-кх тхо.
- Делахь вай хьаха еза цунна "Варан дов" аьлла ц1е тилла.
Иштта ц1е тиллина оцу к1антана. Цунах схьабевлла бу варандой а, оцу к1ентан ц1арах тиллина юьртана "Варанда" боху ц1е а.

ЖОЬЖАХАТ-1ИН

Лаха-Варанда юьртана Къилбаседехьа ду Жоьжахат-1ин олуш цхьа 1ин. Дийцарехь, цу 1инчухула хьалабевлла Лаха-Варандахула, Лакха-Варандахула Шуьйта бахана паччахьан салтий.
Батакъин (Шемалан цхьа наиб) т1емалой хилла паччахьан эскар Жоьжахата 1инчухула хьала ца далийтуш, и 1ин лардеш. И т1амца схьадаккха г1ортарх кхин г1уллакх хила а ца тигна, паччахьан эскарийн хьаькамаша деши диллина Батакъина шаьш маьрша Шуьйта д1адахийтахь. Батакъас х1илла дин царна. Деши схьа а эцна, цо хьаладовлийтана паччахьан эскарш. Лаха-Варандахула чекх а девла, Лаха-Варанданий, Лакха-Варанданий юккъехь йолчу хьуьна юккъе дирзича (х1етахь и ч1ог1а юькъа хьун хилла), шайн герзаш охьа а дехкина, хьаннаш хедош, некъ баккха х1иттина-салтий. Шаьш хьаькхна хьун чалхашка охьаюьллуш хилла цара. Цунах яьлла ю Чалхи-т1е аьлла оцу меттиган х1инца йоккхуш йолу ц1е.
Т1аккха и салтий иштта некъ боккхуш бахкош, ц1еххьана т1елеттачу Батакъин т1емалоша уьш х1аллакбина.

КИПЧИН Т1АЬХЬЕ

Нохчийчохь бусалба дин т1еоьцуьйтучу хенахь и т1еэца ца туьгуш, шен доьзалца ведда Теркайисте вахана варандойн цхьа к1ант Кипчи. Цхьана хенахь иза вехаш хилла х1инца Со1дин-к1отар йолчохь. Х1инца а цуьнан ц1арах Кипчи-1ам олуш а бу Со1дин-к1отарахь. Цул т1аьхьа Теркайистехь, Оьрза-г1алахь ваха хиъна иза. Царах схьабевлла г1алг1азкхий х1инца а бу цигахь, шаьш тайпана варандой а лоруш. Цара хьалха заманахь шаьш долчу баьхкинчу варандошна доккха хьошалла деш хилла, маьхза хорбазаш а, па-станаш а, кхин тайпа совг1аташ а луш.

АКХТАРГАН Г1АШ

Цхьа нах хилла зуда яло бахана, зуда а йолуш волчу стагана. Хиъна зудчунна уьш стенга боьлхуш бу. Лекхачу акхтаргана т1е а яьлла, уьш бог1ий хьоьжуш 1аш хилла иза.
Геннахь уьш бог1уш гинчу зудчунна кийра ц1е яьлла, холча-х1оьттина иза. Кхунах яьллачу ц1аро оцу акхтарган г1аш лесто долийна.
Иштта цигара дуьйна схьа лесташ ду боху акхтарган г1аш. Мох хилча а, ца хилча а, даимана лесташ ду акхтарган г1аш.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz