Акхаройх а, олхазарех а лаьцна халкъан дийцарш, туьйранаш
ЯККХИЙ МА1АШ ЙОЛУ КЪЕНА МАЖ-ДАДИЙ, Ц1ЕН КОГАШ БОЛУ МЕСАЛА НАНА-ГАЗИЙ, БОЬХЬИГАШШИЙ
НОВКЪАХЬ КАРИЙНА ЙОЬХЬАН ЙОЬХЬИГ
Ижо лаца ницкъ боцуш, ша къеналла к1елйисча, х1илла дан дагадеара барзана.
Цхьана кога астаг1а а лелхаш, меллаша йолаелла йоьдура кан тилла къена борз. Эвлан йистехь ежаш йоллучу сирчу говрана т1е1оттаелла иза.
- Ахьа х1ун леладо, хьуна х1ун оьшу, ва къена борз? - хаьттира говро.
- Дуьненчохь айса йоккху зама къинош летош яьккхина аса. Х1инца, яла гергаяхча, иманчу еъна, къинойх ц1анъяла Макка яха араяьлла со.
- Нехан раг1у к1елхьарчу сайри чуьра сискалг1а диъна, кертара г1одмийн такхораш дохийна, аса а летийна къинош, со а йигахьа хьайца Макка.
- Дера ю хьо а юьгур-х. Схьа т1аьхьах1отта - аьлла, говр т1аьхьа а х1оттийна, йолаелира борз.
Бежах т1аьхьадисначу шинарина дуьхьалкхийтира и шиъ.
Шинара, кхераделла, дедда юьстах а даьлла, сецира. Барзана т1аьхьах1оьттина йоьдучу сирчу говрах цец а даьлла, хаьттира цо:
- Х1ей, сира алаша, хьо хьераяьлла я иэг1ийна? Хьо хьанна т1аьхьах1оьттина йоьду? И борз юйла ца хаьа хьуна? 1ехийна юьгий техьа хьо цо?
- Х1инццалц ша летийначу къиношна дохкояьлла, далла г1уллакхаш дан Макка яха новкъаяьлла х1ара. Къинош т1ера даха со а кхуьнца яха йоллу.
- Шортта дажа меттиг боллушехь арахь дийначу ялташна т1екхийдина, аса а летийна къинош. Со дан мегар дарий шу шинца? - хаьттира шинаро.
- Дукха дика мегар ду. Схьа т1аьхьах1отта, - элира барзо.
Борз хьалха а йолуш, цунна т1аьхьах1оттина сира говррий, ц1иэн шинарий долуш, д1айоьдура и г1ера.
Еха ма1аш йолу месала бож дуьхьалакхийтира царна.
Борз т1екхетахь а аьлла, лата кечлуш ма1аш дуьхьал а ерзийна, йистхуьлуш сецира бож.
- Аша х1ун леладо? Шу стенга даха арадевлла?
- Тхо къинош т1ера даха Макка даха арадевлла. Хьо йог1ий тхоьца ?
- Дера йоьг1у. Со а ма ю цхьак1еззиг къинош летийна.
- Схьа т1аьхьах1отта - элира барзо.
Бож а царна т1аьхьах1оьттира.
Х1инца-м елла д1аяллалц даа напг1а кара деънера суна - бохуш, йоккхаера борз.
Котаман н1аьна дуьхьалкхийтира царна.
- Аша х1ун леладо? Шу стенга даха арадевлла, т1аьхьий, хьалхий а х1иттина? - хаьттира цецъяьллачу н1аьно.
- Тхо къинош т1ера даха Макка даха арадевлла. Хьо йог1ий тхоьца?
- Дера йоьг1у. Нехан котамашна т1аьхьауьдуш, аса а ма летийна къинош - аьлла, царна т1аьхьах1оьттира н1аьна а.
Цхьана дакъаделлачу гаьнна т1е а хиъна, г1айг1ане г1ийла 1ачу г1ирг1анна т1е 1оттаелира Макка яха новкъаяьлла и тоба.
- Х1ай, шу ма ч1ог1а вовшахкхетта! Шу стенга даха арадевлла? - хаьттира г1ирг1ано.
- Тхо, къинош т1ерадаха, Макка даха арадевлла. Хьо дог1ий тхоьца?
Г1ирг1ано ойла йира. Со меллац деха а ца хаьа, дера ду аса айса летийна къинош т1ерадаьхча бакъахьа.
Со а дог1у шуьца - т1аьхьах1оьттира г1ирг1а а.
"Х1уп-х1уп-х1уп! П1иж-ж-жакъ!
Х1уп-х1уп-х1уп! П1иж-ж-жакъ!" - бохуш, екаш 1ачу х1уттутана т1е1оттаелира Макка яха новкъаяьлла тоба.
- Хьо хьаьнга кхойкху? Ахьа х1ун хилла боху? - хаьттира шена кара еъначу мулкана кураяьллачу барзо.
- Со кхойкхуш яц. Шу сел дукха вовшах кхетарна цецъяьлла, екаш ю.
- Тхо къинош т1ерадаха Макка даха арадевлла. Хьо йог1ий тхоьца муьста хьожа йог1у х1уттут?
- Йог1у дера-кх. Шу а г1ур дацара цига цхьа х1ума доцуш - аьлла, т1аьхьах1оттира х1уттут а.
Тоххарехь ша дага лаьцначунна барзо билгалъяьккхина шира г1ота яра цхьана варшахь. Цу г1отана берте д1акхаьчча, хаза эсала йистхилира борз.
- Ладог1ал, сан хьоме доттаг1ий! Ламаз карахь доцуш Макка дахар г1иллакхехь дац. Аса т1аьххьара къа латийна а, со дохкояьлла, иманчу еъча ламаз иэцна а меттиг ю х1ара. Цу чу а г1ой, массара а ламаз карладаккхал. Сан ламаз карахь ду. Цул т1аьхьа новкъа девр ду вай.
Сира алаший, ц1иэн шинаррий, месала божжий, котаман н1аьний, моккха г1ирг1ий, х1уттуттий г1оти чу яхара.
Борз, г1отанан берте а х1оьттина, йистхилира цаьрга:
- Ладог1ал, къинош летийна 1еса х1уманаш! Кхана къематан дийнахь шуна хиндочунна со юкъара яц. Амма дуьненчохь аша летийначу шишша къинна аса гечдийр ду шуна, бакъду, кхозлаг1чунна гечдийр дац. Сира алаша, жоп лол суна, йолчу дас х1оъ баош, докъар даош, хи малош, т1е куьг хьоькхуш хьуо кхоббушехь, кирна йоьжча, амал а лоций, ворда д1а цаозар х1ун г1иллакх ду хьан?
- Гечдехьа суна, х1ай сийлахь борз. Аса х1инца дуьйна лелор яц и амал.
- Дика ду, цу цхьана къинна аса гечди хьуна. Жоп лол делахь, когех баргол а ца тухуш, хьуо эвла йисте яжа д1алаьллича, йолчу дега юха схьацалацийтар х1ун г1иллакх ду хьан?
- Гечдехьа суна, х1ай сийлахь борз. Аса х1инца дуьйна лелор яц и амал.
- Аса цунна а гечди хьуна. Жоп лол делахь йолчу дас эвлан йисте яжа д1алаьллича, хьан х1ун бакъо яра, юха юьрта а яхна, нехан кертара г1одмийн такхораш дохо, сайри чуьра сискалг1а даа? - аьлла, яа чохь сацийра барзо говр.
Шинарина т1е кхечира раг1.
- Схьахьажал ц1иэн шинара! Шортта яа буц йоллушехь наха дийначу ялташна т1екхийда хьуна хьан бакъо елла? Дийцал суна!
- Со кхин кхийдар дац нехан ялташ т1е. Гечдехьа суна х1ай сийлахьниг - аьлла, хьастаделира шинара.
- Мегар ду. Цу цхьана къинна аса гечди хьуна. Жоп лол делахь, бежа юккъера д1а а къесташ, дийна делккъехь юьстах х1унда дуьйлу хьо?
- Гечдехьа суна. Аса кхин летор дац и къинош.
- Дика ду. Цу къиношна а аса гечди хьуна. Жоп лол делахь. Суьйранна, бажа ц1а бог1учу хенахь, хьо бежах а къаьстий, цкъа-цкъа т1аьхьа х1унда дуьсу? Соне д1ахилал ц1ениг, хьох а аса сайна пхьор дийр ду - аьлла, чохь сацийра барзо шинара а.
Х1инца раг1 соьга кхечи-кх - бохуш, г1айг1айне оллаелла лаьттара бож.
- Схьа герга та1ал, маж-дада. Хьо полкан командир а яц. Аса хаьржина х1оттийна хьаьким а яц, даиманна жана хьалха яьлла х1унда лела хьо?
- Гечдехьа суна, кан тилла борз. Хьан та1зарх к1елхьараялахь, кхин ер а яц со я хьлха а, я т1аьхьа а.
- Цунна аса гечди хьуна. Жоп лол делахь, хьо юьртан къеда а яц, я мурдийн тхьамда а яц и маж стенна лелайо ахьа?
- Гечдехьа суна, ира цергаш ерг, кху балех суо к1елхьараялахь д1алоргуьйтур ю аса сайн маж.
- Цунна а аса гечдо хьуна. Кхоссалой берда т1е хьала а йолий, бухарчарна т1е луьстуш х1унда детта ахьа? Д1ахила соне! - Бож а чохь сацийра къеначу барзо.
- Схьа герга хилал н1аьна. Дийцал. Цу дала сатосучу заманчохь диллина хьуна кхайкхар, х1етте а цкъацкъа маьрк1ажан хенахь хьо х1унда кхойкху?
- Гечдехьа суна и къа аса латорна. Кхин кхойкхур яц со маьрк1ажан хенахь.
- Дика ду. Цунна аса гечди хьуна. Жоп лол суна. Х1оранна цхьацца зуда кхаба бакъо елла. Ткъа хьан уьш иттех ю. Хьуна хьан елла дукха зударий кхийла бакъо?
- Гечдехьа суна, сан сийлахьниг. Аса кхин летор дац и къинош а.
- Цунна а аса гечдо хьуна. Оццул дукха зударий хьайн боллушехь, кхин иэхь а ца хеташ, лулахочун зударшка дог х1унда хоуьйту ахьа? Д1ахила соне. Аса хьох а сайна пхьор дийр ду.
Н1аьна а чохь сацийра барзо. Раг1 г1ирг1ане кхечира.
- Х1ах1ане, г1ирг1а, хьо илланча а дац. Хьуна йиш лакха а ца хаьа, я шок тоха а ца хаьа. Даиманна мохь бетташ, г1овг1а стенна йо ахьа?
- Гечдехьа суна буьрса экха. Х1инцачул т1аьхьа аса кхин йийра яц хьуна и г1овг1а.
- Мегар ду. Цу цхьанна къинна аса гечди хьуна. Дала хьуна диллина хьозий, дехкий даар. Х1етте а къеначу бабин нана котамна т1аьхьара к1орнеш х1унда доу ахьа?
- Иза а сан бехке бу. Аса кхин дуур дац уьш.
Х1инца-м массо а суна бехкала яхнера х1орш - аьлла, майра яьллера борз.
- Хьо уьрда т1е х1у тосуш а дац, я хелхарна бохь буг1уш а дац, даиманна готуьйсуш т1ехула х1унда хьийза хьо? Д1ата1а соне! - ижонна чохь сацийра барзо г1ирг1а а.
Раг1 х1уттуте кхечира.
- Муьста хьожа йог1у х1уттут, схьахилал хьо суна герга. Хьуна хьан бакъо елла коьртахь паччахьан куй лело?
- Сулима пайхмара шен куьйга коьрта тиллина-кх суна х1ара, аьлла, барзана дозалла а деш, яь1на а сеттош, куро жоп делира х1уттуто.
- Тешаш буй хьан и бакъ дийр долуш?
- Буй те.
- Муьлаш бу уьш?
- Цхьа ерстина г1аз, нана бад.
Барзо ойла йира! - эх1е. Х1ара декъаза х1ума суна цкъа д1акхаллал бен яц. Хьаха еза аса, тоьшаллина схьа а ялаяйтина, ерстина г1аз, нана бад яа.
- Схьабалабел, мичахь бу и хьан тешаш? - Барзо х1уттут араялийтира.
Таллархочун ж1аьлешна гергахьо охьахиира х1уттут. Ж1аьлеш цунна т1ехьавдира. Цигара г1аьттина г1отанна герга еара иза. Ж1аьлеш а, леташ, цунна т1аьхьадевлира.
Г1отана хьалхалаьттачу барзах б1аьрг кхетча, чухьаьдда каетташ, борз хьакхийра ж1аьлеша.
Халла церан карараяьлла борз, едда, юьстахъелира.
- Реза юй хьо аса балийначу тешашна? - хаьттира х1уттуто.
- Реза ю. Аса дагалаьцначу до1ига терра ду-кх хьан тешаша ден долу тоьшалла а, - аьлла, д1аяхара борз.
Къинош т1ера даха Макка яха араяьлла сира говр а эвлан йисте яжа д1аяхара. Ц1иэн шинара а ц1а дахара, месала бож а жана хьалхаяла д1аяхара. Н1аьна а, г1адъяхана, кхайкха х1оьттира. Г1ирг1а а г1аьттина т1ехула хьийза доладелира.
- Кхин ма тешалаш тешам боцчух, - аьлла, г1аьттина яхара х1уттут.
Ж1аьлий, котам-н1аьний, вовшашца барт а бина, керла юрт йилла хьуьнах дахара.
- Х1окху меттехь юрт юьллур ю-кх вайшимма, - аьлла, курра ког а тухуш, сецира н1аьна.
- Юрт муха юьллу вайшимма? Диг а дац, ж1ов а яц, я цхьа а г1ирс а бац.
- И ахьа боху г1ирс хилча-м декъазчу г1езо а юьллура яра юрт. Хьо лиэташ уг1а. Со кхойкхур ю. Кхузахь юрт ю моьттуш, адам схьагуллур ду. Т1аккха кхузахь юрт хир ю.
- Делахь х1ета, со летар ду. - "1ав-1ав, 1ав! 1ав, 1ав, 1ав!" - лета х1оьттира ж1аьла.
Н1аьна, кхоссаелла дитта т1е хьала а яьлла, кхайкхира; 1уь-1аре-1у-у-у! 1уь-1уре-1у-у-у! - бохуш, ж1аьла юьстах а даьлла, куллан кондарш к1ел охьадижира.
Н1аьна кхойкхуш хезна, цхьогал схьа а деъна, дитта к1ел д1ах1оьттира.
- Хьо х1ун деш 1а, буьххье а яьлла, схьа охьайосса, дагара дуьйцур ду вайшиммо, - элира цхьогало, цунна хьесталуш ц1ога а лестош.
Цхьогалан х1илла девзаш йолчу н1аьно гаьн т1ера охьа а ца юссуш жоп делира:
- Юрт юьллуш ду тхо, - аьлла.
- Хьо кхайкха х1унда кхойкху, ерриг хьун а екош?
- Декъашхой схьагулбеш.
- Со цхьа декъашхо схьакхаьчна-кх х1инца. Охьа а йоссий, схьадустал делахь суна дог1у дакъа.
- Д1о кондаршна к1ел вижина 1уьллу кху юьртан тхьамда. И сама а ваккхий, цуьнга схьадустийта, - цхьогал кулла т1е хьажийра н1аьно.
- Х1ей, юьртан тхьамда! - аьлла, цхьогал хьалха д1ах1уттушехь т1екхетта ж1аьло хьакхийра иза. Халла цунах к1елхьарадаьлла, дедда юьстахделира цхьогал, д1аэккхашехь катоьхна ж1аьло ц1ога а доккхуш.
- Хьо д1а х1унда уьду, ва цхьогал, юрт юьллуш декъа ца дог1у хьо? - хаьттира н1аьно.
- Ца дог1у, дера. Юьртан тхьамдано т1евеъ-веанчун, сайниг санна, ц1ога даккхахь, шун цунах юрт а ма хир яц, - аьлла, дедда д1адахана цхьогал.
(туьйра)
Мацалла г1ад дайна къена борз, кхин ижо кара ца еъча, шинар лаца эвлан йисте г1оьртина.
Борз, тебаш, герга г1ерташ гича, шинаро илли аьлла:
Со гуттар а кхузахь ду,
Тайша старг1а ерстина ю,
Варшахь ежаш йоллу и,
Барзана даа пхьор ду и.
- Эх1, сан мулк. Шинар гуттар а кхузахь хир ду. Старах дерг хууш дац. Иза хьалха баа беза, - аьлла, ц1ога а лестош, цхьа мекара хьесталуш, шинарна герга яхана борз.
- Сан доттаг1 шинар, хьо дика а дай, хьо хаза а дай, дийцахьа, х1ун илли дара ахьа аьлларг?
- Ой, хьо хезаш яцара? Них меллачу шинарин илли дара-кх.
- Х1ун дара ахьа аьлларг иллийца?
- Маь1на дан ца хаьа хьуна, ва тентак? Хъекъал дедда хьан?
Меца хир ю хьо. Аса дера бохура, со мичча хенахь кхузахь ду. Со них мелла дехна ду. Амма д1ога, шух бежаш боллу сту ч1ог1а берстана бу. Болчу дас наггахь бен ца лоллу иза бажа д1а. Карараболий - юха хир бац. Х1инца дуьтий, пхьор хир дац.
- Эх1ей, елла яла со! Х1инца кхета со ахьа бохучух. Хьо ч1ог1а хьекъал долуш хьайба хилла. Со т1аккхахула а йог1ур ю хьох дакаяла. Кхузахь хилалахь, сан хьомениг, варелахь, - аьлла, борз старна таба яхана.
Шух бежаш боллуш хилла къена сту. Старна ца гуш герга г1орта аьтту а ца хилла, ц1ога а лестош, хьесталуш герга яхна цунна борз. Иштта х1илла а дина, ц1еххьана иза шена т1екхета йоллийла хиъначу старо барзе аьлла:
- Эх1, ма дика ду-кх хьо суна орцах кхаьчна. Сан ден дас аьлларг харц хила доллу техьа бохуш сагатлора сан.
- Х1ун аьллера цо?
- Хьо къанбелла, к1елбиса герга баханчу хенахь кан тилла къена борз йог1ур ю т1е. Цуьнга хьаьжа юккъе мотт хьакхийталахь аьллера цо. Гой хьуна, х1инца со оза бу, дег1 дечиг санна ч1аг1делла, пхенаш ийзадо. Ахьа хьаьжа юккъе мотт хьаькхча, чо баьккхинчуьра даьтта а долуш, со берстар бу. Хьакхахь суна, сан доттаг1, хьаьжа юккъе мотт.
"Эхх1ей, - аьлла дагадеара барзана, - къеначу стеран жижиг декъа хир ду, тоьхча церг а ца леташ. Хьаха беза аса х1ара, кхуо ма-боххура, хьаьжа юккъе мотт хьаькхна къон а бина, чо баьккхинчуьра даьтта долуш, барста а бина баа", - аьлла, старна хьаьжа юккъе мотт хьакха хьалха д1ах1оьттина борз.
Старо, ц1еххьана чукхоссабелла, ма1аш 1оьттина барзана, шиъ п1енда а кагбеш.
Цигара едда к1елхьараяьлла, шинарна бекхам бан яхара борз.
Ткъа шинар тоххарехь дедда шайн ц1а дахана.
- Кхечунна бан дагалаьцча, шех боьдуш хилла-кх тешнабехк, - аьлла, шен г1уллакх хир доцийла а хиъна, нехан эвлан йистера кан тилла къена борз.
Мац а елла, ижунна араяьлла лела борз цхьогална т1екхаьчна.
- Де дика хуьлда хьан, сан доттаг1, цхьогал. Хьо стенна арадаьлла? Ахьа х1ун леладо? - хаьттина барзо.
Борз меца хуьлу дела, цо ша даарна кхоьруш, цхьогало х1илла хьовзийна:
- Со-м хьо лоьхуш лелара. Ма дика ду-кх хьо карийна.
- Х1унда бохура ахьа?
- Цхьа мулк карийна суна. Эвлан йистера хи а хаьдда, хьер х1оьттина. Хьеран х1ур баа даха деза вай.
- Сов бакъахь ду. Со ч1ог1а меца а ю, - цхьогална т1аьхьах1оьттина борз. Ча дуьхьалкхетта цу шинна.
- Де дика хуьлда хьан, къена ча. Хьо стенна араяьлла, ахьа х1ун леладо?
- Со, мацъелла, напг1а лоьхуш ю-кх.
- Ой, схьат1аьхьах1отта. Эвлан йистера хи а хаьдда, хьер х1оьттина. Хьеран х1ур баа г1ур ду вай.
- Сов бакъахьа ду. Со реза ю, - аьлла, т1аьхьах1оьттина къена ча.
Чаг1алкх дуьхьалкхетта царна. Х1орш ца гучуха, кондаршна т1ехьа охьа а таь1на, къайлаяла йоьлла иза.
- Д1а ма лечкъа, тентак. Ц1ога гуш ду хьан! Хьо стенга яха араяьлла, ахьа х1ун леладо? - хаьттина барзо цуьнга.
- Ватта, шу дара уьш сан доттаг1ий, сан хьомсарнаш! Бехк ма биллалаш, шу акхарой а доцуш, таллархой ду ма моьттинера суна. Со дера йоьду хин йистехьа, ност йойна а, т1ам кагбелла а г1аз я бад карайойла хьажа. Церг д1атоха х1ума йоцуш йисна, цхьа ч1ог1а сагатло сан, цхьа ч1ог1а меца ю со.
- Схьат1аьхьах1отта тхоьца, муьста хьожа йог1у тентак. Эвлан йистера хи а хаьдда, хьер х1оьттина. Хьеран х1ур баа г1ур ду вай.
- Со реза ю х1ур баа. Кхин а реза хира яра дум баа, - царна т1аьхьах1оьттира чаг1алкх.
Маьрк1аж-хан хиллалц эвлан йистехь коьллаш т1ехьа къайлехь а лаьттина, х1оьттина лаьттачу хьеран не1арге х1иттина акхарой.
- Чохь стагга а вуй техьа? - лохха вовшашка хаьттина цара.
Хьеран т1улг аьгна а ваьлла, х1оъ нисбеш воллу хьеран хьархочо шекваьлла, ладоьг1на. Не1аре даьхкинарш акхарой дуйла хиъна цунна. Шегара ж1ов а буйнахь хьеран дай чу лечкъина иза. Меллаша ког г1ортийна барзо не1арх. Не1аран саг1а ц1евзина, амма не1 д1а ца еллаелла. Меллаша ког г1ортийна чано а. Не1аран к1ажа иккхина, вуьшта не1 д1а ца еллаелла.
- Собар, собар де! Суна хаьа дан дезарг, - ога хийра долчухула чу ког а бахийтина, чухула тесна зайл д1абаьккхина цхьогало.
Не1 д1а а йиллина, акхарой чудахана. Д1ат1ехьаьдда чай, борз гуьйна чуьра жарж баа х1оьттина, чаг1алкх чами т1е мотт хьекха доладелла.
Чай, борз жарж биъна яьлла. Цхьогал, хьеран х1ур биъна даьлла. Чаг1алкх мотт хьоькхуш, чами ц1анбина яьлла. "Кхин х1ун ю техьа кху чохь?" бохуш, гондахьа хьийса девлла акхарой.
Т1ехьарчу когаш т1е ира а х1оьттина, хьеран дайх хьалатасаелла ча. Дайн йистах тесначу хьалхарчу кога т1е "т1ох" аьлла ж1ов тоьхна хьархочо.
- Вай сан ког! - мохь а болуш, охьаиккхина ча.
Цунна хилларг х1ун ду ца хууш, хьалатасаелла борз. "Т1ох" аьлла аьрру кога т1е ж1ов тоьхна, чуйоссийна хьархочо борз а.
Цхьогал хьалатасаделла. Дай чу хьажа дагахь, муц1ар чукховдошшехь, оцу муц1ар т1е ж1ов тоьхна, багара цергаш а эгош, охьачудожийна хьархочо цхьогал.
- Х1инца раг1 хьоьгахь ю, муьста хьожа йог1у чаг1алкх, - дада кийча не1арехьа г1оьртина цхьогал, бетах мотт а хьоькхуш.
Цхьогална хилларг шена ца хилийта бат кхоош, 1ункар а х1оьттина ц1ога дай чу кховдийра чаг1алкхо. Хьархочо катоьхна ц1ога схьа а лаьцна, ч1ог1а шог туьйхира.
Кхераделла, аралилхира акхарой. Вай дезачунна ма хуьлда цигахь чаг1алкхана хилларг...
Ча аьтту когана астаг1а а те1аш, цунна т1аьхьах1оьттина борз аьрру когана астаг1а а лелхаш, лазийна бат аг1ор сеттош цхьогал, царна т1аьхьа а х1оьттина, шен даьккхина ц1ога дагахь долуш, т1ехьа хьожуш чаг1алкх а йолуш, юха хьуьнчу дуьйлира акхарой.
- Изза хуьлу-кх къолах г1оьртича, - элира чано, доккха са а даьккхина. - Г1о шайна х1инца шайна йиллина ижо лаха.
Хин йистехь, тог1и чохь дежаш доллура вир. Цхьа хаза хьалаяьлла буц а йитина, баь1аш доура цо. Б1аьсте яьлчахьана дуьйна а кан тила доладелла, диснарг а дастаме даьллера иза. Наггахь йог1ий, букъ т1е а хоий, къийго шена бен бан доккхий кан а хьора цунна т1ера.
Эрзашна юккъехула тебаш схьагучуделира ижунна арадаьлла лом. Вирах б1аьрг кхетча цецдаьлла сецира иза. "Х1ара х1ун экха ду техьа сан махка деънарг, сел ирча?" - бохура цо шен дагахь. Т1е а дахана,хатта деза аса цуьнга: хьо х1ун ю? Сан махка х1унда деъна? - вирна герга г1оьртира лом.
Лоьмах б1аьрг кхетча, кхераделлачу виро мохь хьаькхира:
- Хьо-о-къий! Хьо-о-о-къий! Хьо-о-къий! Орца дала! Орца дала! Орца-орца-орца!
Лом, кхераделла, юха а дедда, эрза юккъе д1алечкъира.
- Ва-да-дай! Хьо ма ирча х1ума ю! Хьоькхург х1ун мохь бу, адамийн а, акхаройн а боцчу тайпана! Со-м даьхьар дац хьоьга х1умма а хатта, - бохура лоьмо, вире а хьоьжуш.
Циггахь деъна цхьогал 1оттаделира лоьмана т1е. Дедча ша цунах к1елхьарадер доцийла хууш, сецира иза. Ша цо д1акхалларна кхоьруш, ц1ога а хьийзош, эсала хаьттира цо:
- Х1ай сийлахь паччахь, хьо ма г1айг1ане ду, ахьа стенан ойланаш йо?
- Эх1ей, ма хетталахь! Сан махка и д1огара ирча экха деъна.
Цо т1е мохь хьаькхна, лергаш чу поттанаш х1иттина суна. Цунах кхераделла, и сайн мохк д1а а тесна, дедда деъна лаьтташ ду-кх со. Г1айг1ане муха ца хуьлу т1аккха?
- Генара суна дика ца къаьста. Юххера хьаьжча, мича басахь, муха дара иза?
- Юкъ санна мокха ду. Гой хьуна, деха ши лерг ду, доккха гай ду. Х1ож санна боккха корта бу, юткъий настарш ю. Цу т1е, ша кан тилла а ду. Со хууш дац и х1ун экха ду.
- Схьагарехь, вир ду-кх иза.
- Вир делахь а ду-кх иза ирча экха. Цо кхерийна, сан голаш х1инца а эгош ю-кх.
Цхьогал, боккъалла а шега цуьнан бала кхаьчна сурт а х1иттош, текъамаш бан доладелира.
- Вай, миска я1, ма ч1ог1а кхераделла хьо!
- Тамаш а бац, кхера хьаха лур дара хьо, и суна цо хьаькхна мохь хьайна т1е хьаькхнехь.
- Д1а ма маса ахьа хьайн х1ара мохк. Иза-м аса, цхьа х1илла а хьовзийна, лоллур ду хьуна кхузара.
- Делахь х1ета, цкъачунна д1а дуьтур ду вай иза. Ахьа хьайн х1илла дагалацалахь. Цунна дуьхьалбаккха цхьа ницкъ карориг хир бу вайна, - аьлла, лом хьалха а долуш, цхьогал цунна т1аьхьа а х1оьттина, ший а доладелира и шиъ.
Шен дада аьтту ма-белли, дада кечделла цхьогал т1аьхьасецира.
- Долалой дала, йорт эца, ва цхьогал. Хьо ма ч1ог1а т1ехьа соьцу.
- Вир эккхо бахьана дагалоьцуш, ойланашка даьлла сецира со, - бехказаделира цхьогал.
Циггахь борз дуьхьал 1оттаелира цу шинна.
Лоьман сийдеш, жимма гора а таь1на, цхьогале хаьттира барзо.
- Х1ей, сан йиша, х1ара вайн сийлахь паччахь г1айг1ане х1унда ду? Х1ун хилла кхунна?
- Вирах кхераделла,шен мохк а битина дада г1ерта х1ара.
Борз цунах кхаъ хилла г1адъяхара:
- Са ма гатделахь цунна-м. Ижунна араяьллера со. Иза х1инца леха а ца оьшуш, суна кийча пхьор ду. Хьоьжуш хир ду-кх хьо, аса цунна х1ун до.
Борз, вирах катоха дог хилла, бага а г1иттош, цергаш а хьекхош, вирна герга г1оьртира.
Вир реза дацара борз шена герга г1ортарна.
- Хьо стенна теба, ва борз, бага а г1иттош, ма ч1ог1а цергаш хьекхайо ахьа?
- Хьо даа дог хилла теба.
- Хаьа суна, со даа дагахь ахьа цергаш хьекхайойла. Хьох к1елхьарадаьлла сан даха меттиг а бацара, сан цхьа дехар ду хьоьга, жоп лохьа суна.
- Х1ун дехар дан доллу хьо дала герга дахначу хенахь?
- Дукха хан ю сан т1аьхьарчу когах лан доьжна, бухабисначу хьостамо сагатдо. Цо сагатдеш, аз а делла, г1ел а делла со. И хьостам д1абаккхахьа.
- Суна х1ун пайда хир бу и д1абаьккхича?
- Цкъа делахь, мел хир бу, шозлаг1а делахь, со дерстар ду.
Барзо ойла йира: "Эх1ей, суна г1олехь хьаха ду, ленан хьостам д1а а баьккхина, вир дарстийтича. Со хьан ца юьту, оза х1ара вовшах а яьккхина, кхуьнан п1ендарш ца даьжча?
- Со реза ю. Муьлхачу когах боллу и хьан садуу хьостам?
- Т1аьхьарчу аьтту когах.
- Ватталхьа! Ватталхьа! Схьакховдабел и хьайн ког, - аьлла, хьостам баккха кечлуш бага а г1аттийна, борз вирана т1ехьа д1ах1оьттира.
Виро мийраш тоьхна, карчийна д1аяхийтира борз.
- Ой, д1а х1унда лелха хьо? Ленан хьостам баккхийта ког схьакховдабе ца бохура ахьа?
- Сан да а, ден да а аьчган пхьар ца хилла, я со яц аьчган пхьар. Сан х1ун г1уллакх ду хьан когара ленан хьостам баккха - лоьманий, цхьогалний юха т1еяхара борз.
- Хьо юха х1унда йог1у, ва борз? Вир даа ца яханера хьо?
Чам ца тайра хьуна? - хоьттура цецдаьллачу цхьогало.
- Хьожа а яьккхина, чоме хьаьжира со. Ленан хьостамий дохкура цуьнан когах. И хьостам легашка бахарна кхоьруш, юхайог1у со. Цулла а, вай кхааммо кхерийна эккхо деза и кху махкара.
- Бакъахь ду. Со реза ду, - ц1ога ластийра цхьогало.
- Со а ду реза. Аса, к1омсарш гучу а яьхна, мохь хьокхур бу, борз, хьо уг1а. Цхьогал, ахьа лаьттах ц1ога детта. Т1аккха мукъане а кхералур дацара техьа и буьрса экха, - вирна герга г1оьртира акхарой.
Лоьмо, к1омсарш гучу а яьхна, мохь хьаькхира, борз уьг1ира, цхьогало лаьттах ц1ога деттара. Царах кхераделла, орца дохуш вир 1аьхира:
- Хьо-о-къи! Хьо-къи! Хьо-къи! Ва-ама! Орца дала! Орца-орца-орца!
Кхин а ч1ог1а кхераделла, дедда юьстахделира цхьогал. Лом эрзашлахь лечкъира, борз кхераелла, едда яхара.
- Айхьа дийр ду-кх ахьа хьайн махкана дола, - д1адахара цхьогал а. Борз кхин юха лоьмана гучу ца елира.
Лоьмо ойла йира: "Эх1ей, девнаца къийсарх г1уллакх хир дац кхунах. Х1уъа а дина а, цхьа машар бина, бертахь дерзо деза х1ара дов, - хьесталуш, ц1ога а лестош, юха а вирна герга г1оьртира лом.
- Х1ун оьшу хьуна, ва доккха цициг? - хаьттира цуьнга виро.
- Х1ай сийлахь, Хьокъи-Мокъи, хьан лаам кхочушбийр бара-кх аса, суна т1е и буьрса мохь а ца бетташ, хьайца кху махкахь дитахь со.
- Сан лаам кхочушбийр белахь, дуьтур ду. Ас х1окху махкана урхалла дан д1ах1оттор ду хьо. Нагахь санна ас аьлларг кхочуш ца деш, шозза хьо галдалахь, кхозлаг1а ларлуш хилалахь.
- Бийр бу ас хьан лаам кхочуш.
- Х1инца со аг1ордаьлла сада1а доллу. Суна новкъарло ма елахь.
- Йийр яц, - дош делира лоьмо. Цунах синтем хилла вир, бие ког д1а а хецна, хин йисте охьадижира.
- Делахь х1ета, хьо дижий 1илла, со хих дехьий, сехьий а лелхаш, жимма ловза доллу - ловзаделира лом. Хих дехьа эккхаш, хи цу ц1ога а кхетта, вирна хиш туьйхира лоьмо. Вир самаделира.
- Х1ун дан г1ерта хьо, доккха цициг? Хиш х1унда детта ахьа суна? - оьг1аздахара вир.
- Со ловзуш ца го хьуна? Хьо кхоссалур дарий хих дехьий, сехьий, х1инца со санна? - аьлла, лом кхин цкъа а хих дехьий, сехьий иккхира.
- Сол каде дац маймал а. Хьожуш хилалахь, со дехьа муха эккха! - д1акхоссаделла вир нисса 1ункар хи чу дахара. Хе дуьйш лаьттачуьра кхес а лаьцна, лоьмо хьаладаьккхира вир.
- Ас хьала ца даьккхинехь, хи буха а дахана, леш доллура-кх хьо, - бахара лоьмо.
- Ца доллура дера со-м леш. Хих дехьа эккхаш, цу чохь ч1ерий а гина, уьш схьалеца чуиккхинера со. Ахьа х1унда доккхура со хьала? Хьан бохура хьоьга со хьаладаккха? - бехкбаьккхира виро цунах. - Яхийта кхузара! Д1адала суна гена!
- Вир вир ду-кх, - аьлла, доладелла д1адахара лом.
Варшахь мангал хьокхуш воллура воккха стаг. Кхуран 1индаг1ехь бара цуьнан меттан-мотт. Хи чохь зока а, т1о чохь кхийран гуьмалк а, юург юкъахьарчийна шаршун шед а битинера цо кхуран 1индаг1ехь.
Тебаш, кхура к1ел деара цхьогал. Гуьмалках хьожа яха х1оьттира иза.
- Кху чохь цхьа башха х1ума ю, схьахетарехь, - корта гуьмалка чу боьллира цхьогало.
Г1аддахана т1о бууш доллура иза. Мац а велла, хьаг а велла, са а да1а, х1ума а яа, хи а мала, кхура к1ел веара воккха стаг. Шен гуьмалка чу корта а боьллина, т1о бууш доллучу цхьогалх б1аьрг кхийтира цуьнан.
- Ватталхьа! Ватталхьа! - аьлла, т1екхетта схьалецира воккхачу стага цхьогал. Цкъа хьалха т1ехьара ког куллан кондарх д1абихкина, коьртах йоллу гуьмалкх озийна схьаяьккхира цо.
Цхьогалан корта т1айша буьзна к1айн бара. Бетах мотт хьоькхура цо.
- Х1ун та1зар дан воллу хьо, воккха стаг суна, д1а-м дихкинера ахьа со? - дистхилира цхьогал.
- Ахьа, т1о а биъна, меца витина со. Хьуна г1аж етта воллу-кх.
- Биъначу т1айна дуьхьал сайн ц1ока елчи дуьтий ахьа со. Йоккхачу стагана кетаран кач бан дика ма ю хьуна иза?
- Цу т1ехь хьо харц ца лоь. Хьо д1адихкина сан карахь ду. Ц1ока ас хьуна т1ера йоккхур ю.
- Эх1ей, воккха стаг, хьекъал эшна хьан. Ахьа г1аж тоьхча, суна т1ера ц1ока эккхар ю, чо телхар бу. Хьайна пайдехь дерг ца хаьа хьуна а.
- Хьуна г1аж ца тохарх-м со 1елур ву.
- Делахь х1ета, хьайна луъург де сох а, сан ц1оканах а.
- Ас хьо ц1а дуьгур ду.
- Цхьана баттахь, т1о а баош, ахьа со кхаьбча, чо шар-м лур бара сан.
- Воккха стаг, сарралц мангал а хьаькхна, ц1а ваха кечвелира. Цхьогал шеца ц1а дига, куллан кондарх д1атесначура схьадостуш воллура иза.
- И чуха т1ехьарчу когара схьа а яккхий, коча тасахьа, хьуна т1аьхьа а х1оьттина, атта дог1ур дара со, - элира цхьогало.
Воккхачу стака, чуха коча таса дагахь, т1ехьара ког схьа ма-баьстти, д1акхоссаделла цхьогал, юьстах а даьлла, д1ах1оьттира.
- Воккха стаг, т1аккхахула хьуо вог1уш, и т1о бертиг шуьйра йолчу гуьмалка чохь балахь. Ша-шаха караеъна х1онц иштта атта карара а ма ялийталахь, - аьлла, д1адахара цхьогал.
Кха т1ехь дахка ловзош доллура цхьогал. Цунна г1аддахана, шена герга кхаьчна э1аьла ца гора цхьогална. Ц1еххьана т1екхетта, цхьогал схьалецира ж1аьло.
- Цкъа лодог1ахьа соьга, пхьу-к1еза, - хьастаделира цхьогал, - хаьа суна, сайн 1ожалла кхааьчнийла, ахьа суо вовшахдоккхур дуйла. Вуьшта, оцу делан эхарта дахале, сан цхьа дехар кхочушдехьа.
- Х1ун дехар ду иза?
- Хьуна ма-хаъара, оцу дехкашца мостаг1алла долуш ду тхо цхьогалийн тайпа. Цкъа со д1а а хеций, соьга цхьа дахка лацийтахьа, к1ордадаллац и ловзор бара ас. Цул т1аьхьа хьайна луъург дийр ду ахьа сох.
Ж1аьло ойла йира. Х1инца х1ара соьгара к1елхьара дала аьтту болуш а дац. Суна х1ун хуьлу х1окхо дахка ловзорах.
- Лаца хьайна дахка а. Х1илла а дай, дада ма г1орталахь ас кескаш туьйсуьйтур ю хьох, - д1ахийцира ж1аьло цхьогал.
Д1а а, схьа а кхоссаделла, кха т1ера дахка а лаьцна, дахка ловзо доладелира цхьогал. Хьалхарчу когаца дахка лаккха хьала а кхуьйсуш, к1ел хьодий, схьалоьцуш, шен 1уьрган бертехьа д1адахара цхьогал. Цига ша кхаьчча:
- Хьажалахь, аса х1ара дахка мел лекха кхуссу, - аьлла, дахка лекха хьала а кхоьссина, ж1аьла цуьнга хьалахьожжушехь, 1уьрга иккхира цхьогал.
Ж1аьла кхийтира шена х1илла дан цхьогало лелийначух. 1уьрган берте а хиъна, цхьогале дехар дира цо:
- Хьалададахьа, цхьогал, хьо дика а дай. Ма ч1ог1а сакъераделлера сан ахьа и дахка ловзош. Кхин а ловзабехьа иза.
- Х1окху чуьра хьала а даьлла, кхин и ца ловзо-м хала хьаха дацара. Тохара и ловзош сайна хиллачух а дацара со башха доккхадеш.
- Делахь х1ета, ас таллархо валор ву. Цо цу чохь к1ур а бина, аратосур ду хьо, - аьлла, д1адахара ж1аьла.
- 1уьргара хьала а къедда, т1аьхьа мохь туьйхира цхьогало.
- Дика гина г1ан ду. Ахьа таллархо валоре хьоьжуш кху чу а хиъна 1ийра ду моьтту хьуна со?
1уьргара хьала а даьлла, дедда д1адахара цхьогал.
Сарралц охуш баьллина сту ц1а беара. Мукх бууш доллура вир.
- Ирс я1, хьан, вир. Хьуна баа мукх а ло, хьера а, хьаьтта а дуьгу. Со сарралц бацабо, деза кир леладойтуш, охуьйтуш.
- Х1илла хьовзаде, - элира виро.
- Муха?
- Болх ма бе. Ворданна д1абоьжча, ког д1а а ма баккха.
- Т1аккха хьаха ю суна не1 хьаллалц шед еттар.
- Х1умма а дац. Жимма сатоха. Хьо ца мегаш хилла моьттуш, д1ахоьцур бу.
Виро дина хьехар схьаийцира старо. Дечиге бига, ворданна д1абоьжча ког д1а а ца боккхура цо. Цкъа а, шозза а шед тухуш, човхийра воккхачу стага шен сту. Амма иза меттах ца белира.
Цаьрца дечке даха т1аьхьадаьлла пхьу-к1еза а оьг1аздахана летара.
- 1ав-1ав-1ав! Вг1ов-в-в! Хьо х1ун деш лаьтта, меттах а ца болуш? - бахара цо.
- Эх1ей, сту, хьо хьаха беза уьрсана билла. Сан х1ун г1уллакх ду хьо эрна кхаба. Сту д1а а хецна, и бен шаьлта иръян х1оьттира воккха стаг.
- 1ав-1ав-1ам. Х1а а, бакъахьа ду цунах лахьа дича. Шуна даа жижиг а хир ду, суна яжа жаь1ахк а хир ю, - бохура ж1аьло.
Старна хиира, воккха стаг шена шаьлта хьакха кечлуш вуйла. Цо вире элира:
- Белла бала со дела1, виро динчух х1ун хьехар хир дара. Хьажал ахьа суна бина тешнабехк.
- Ва 1овдал, ц1ога ирх а дахийтий, кертахула хахкало. "Х1инца х1ара-м тобелла", - аьлла, шаьлта цо хьокхуш, буьтур бу хьо.
Сту, хьалаиккхина, кертахула уьдуш, ловзабелира.
- Х1ара бен оьшуш дац, тобелла. - Сту д1а а боьжна, дечке вахара воккха стаг.
Т1аьхьах1оьттина дог1учу ж1аьло старах бехкаш дохура. - 1ав-1ав-1ав! Вг1о-в! Ахьа х1унда лоцура виро дина хьехар схьа? Вир вир ма ду. Хьуна ца хаьа, къа ца хьегначо яа ца йоийла?
Цхьогал дара ижуна арадаьлла, хьуьн чохь кхерсташ лелаш. Таллархочо боьг1начу гура т1е кхечира иза. Цу т1ехь доллучу жижиге безам бахана, бетах мотт а хьоькхуш, гондахьа хьийзара мекарниг.
- Ма нисделла жижиг а ду! Цхьана тешнабехкана диллиний техьа хьо? - бохура цо ша-шега.
Циггахь т1е1оттаелира борз цунна.
- Хьо х1ун деш 1а, ва цхьогал, и жижиг ца дууш? - хаьттира цецъяьллачу барзо.
- Цу веза-воккхачо пераздина т1едиллина, марха ду сан тахана. Марха досту хан хиларе хьоьжуш 1а со.
- Делахь х1ета, хьо марха досту хан хиларе хьоьжуш 1е. Жижиг аса дуур ду, - аьлла, цхьогал д1а а човхийна, жижигана т1екхийтира борз. "Т1ох!" аьлла, гур иккхира, берзан ког а лоцуш. Лазийначу барзо "г1иг1" оллушехь, багара жижиг дуьйжира. Т1екхетта, барзана хьалхара жижиг схьа а эцца, юьстах а даьлла, даа охьахиира цхьогал.
Борз шекъелира цхьогало аьллачух.
- Ахьа-х хьайн марха ду бохура. Х1инца х1унда доу ахьа жижиг?
- Суна гергахь, сан марха досту хан хилла. Хьан марха досту хан хилаза ю.
- Маца хир ю техьа аса марха досту хан?
- Гур боьг1на таллархо т1екхаьчча хир ю, ахьа марха досту хан, жоп делира цхьогало.
Гуро лаьцна борз хьега а еш, цхьогало жижиг дуучу хенахь схьагучувелира таллархо. Цхьогал дедда кхин а гена делира.
Борз, гурах ка а етташ, д1атохаелира. Цунах б1аьрг кхетча таллархо г1адвахара.
- Х1аа, т1упча лаьцна! Т1упча лаьцна!
- Со-м яц т1упча. Со борз ю. Д1ахецахьа со! Аса х1ун дина хьуна?
- Жа юккъе иккхина, уьстаг1ий цистира ахьа? Эвлан йисте д1алаьллина эса диира ахьа? Бабин мокха г1аз йиира ахьа?..
- Аса кхин уьстаг1ий а цоьстур дац, бабин г1аз а юур яц. Д1ахецахьа со.
Цо иштта хьастаелла аьлча, цунах къа а хетта, таллархочо д1ахийцира борз.
Ша д1ахецарна таллархочунна баркалла а аьлла, шена тешнабехк бинчу цхьогалин т1аьхьаелира борз. Цунах б1аьрг ма-кхийтти, дала детталуш санна, охьадижина, когаш хьоькхура цхьогало.
- Хьуна х1ун хилла, ва цхьогал, леш-м ца доллу хьо? - хаьттира барзо.
- Д1овш тоьхна дара и жижиг, х1инца иза а диъна, со леш доллу. А-а-а-х1! А-а-а-х1! Г1о дехьа суна.
- Ас х1ун г1о дийр ду хьуна? Ахьа суна бина тешнабехк бу иза, хьох баханарг.
- Эх1ий, сан ваша, цунах д1овш тоьхна хир дуйла а хууш 1арий со-м и ца дууш. Ас сайна х1ара болх ца бинехьара, хьо тешар ма яцара.
- Со гуре х1унда лацийтира ахьа? Хьажал ахьа лазабайтина ког! - т1ечевхира борз.
- Гуро д1а ца лаьцнехь-м со д1аэккхийна и д1овш тоьхна жижиг а диъна, хьо лийр яра, - бехказдуьйлура цхьогал.
- И бакъ бохура ахьа, сан йиша. Х1инца соьгара х1ун г1о оьшу хьуна? - хоьттура оьг1азъяхначуьра ястаеллачу барзо.
- Эцца хин йисте а г1ой, хи чу ц1ога а 1оттий, юхайолахьа. И ц1ога ластийна, хин цинцаш тоьхча, толур дара-кх со, - элира цхьогало.
Цо бохург бакъ ду моьттуш, борз хин йисте яхара. Цхьогал, иза юхакхачале, дедда д1адахара.
(туьйра)
Воккхачу стеган кхо газа хилла: Цхьа гай дерг, Ши гай дерг, Кхо гай дерг. Шовданан коьрте уьш яжа яхча, царна к1елхуьйшуш хилла цхьа гила борз.
Кхо гай долу месала газа хьалха а яьлла, ши гай дерг цунна т1аьхьа а х1оьттина, йхьа гай дерг цунна т1аьхьа а йолуш, некъан бохалла, илли а олуш, шовданан коьрте яжа яхна гезарий.
Сийн-сийнчуьра буц кхоллуш, шийл-шийлачуьра шовда молуш, сарралц яьжна гезарий. Ц1а яха дагадеъначу жимах йолчо ши гай долчуьнга аьлла:
- Сан цхьа гай дуьзна, со яха йоллу. Хьо ц1а йог1ий газа-гуьзалг? - Ца йог1у, дера, со-м. Хьан цхьа гай дузарх, сан ши гай ца дуьзна. Г1уо хьайна, илли а олуш. Амма барзах ларлолахь, некъана юьстах ма ялалахь. Цхьа гай дерг ц1ехьа йолаелла, илли а олуш:
«Ва вайна садайна, там хилла сан гайна, берзан ши б1аьрг балийта, некъ маьрша хилийта».
Маьрс-маьрсал цергаш а йолуш, кед-кедал б1аьргаш а долуш, тебаш, еъна борз дуьхьалъяьлла газанна. Цо хаьттина:
- Хьо стенгара йог1у, газа-гуьзалг?
- Яжа-кхажа яхана йог1у.
- Хьан гай чохь йохкурш х1ун ю?
- Бецан хаьлгаш ду-кх.
- Хьан коьртах йохкурш х1ун ю?
- Ма1а-цуьргаш ю-кх.
- Хьан логан пхенаш
х1унда деттало?
- Хьох кхоьруш деттало-кх.
- Хьо яра суна езарг, -
Барзо газа «хьап» аьлла, д1акхаьллина.
Сийн-сийнчуьра буц кхоллуш, шийл-шийлачуьра шовда молуш, сарралц, яьжна, ши гай дерг а юьзна. Цунна ц1а яха дагадеъна. Кхо гай долчуьнга цо аьлла:
- Сан ши гай дуьзна, со яха йоллу. Хьо йог1ий ц1а, газа-гуьзалг?
- Ца йог1у, дера со-м. Хьан ши гай дузарх, сан кхо гай ца дуьзна. Г1уо хьайна, илли а олуш. Амма барзах ларлолахь, некъана юьстах ма ялалахь. Ши гай дерг ц1ехьа йолаелла, илли а олуш:
«Ва вайна садайна, там хилла сан гайна,
Берзан ши б1аьрг балийта,
Некъ маьрша хилийта».
Маьрс-маьрсал цергаш а йолуш, кед-кедал б1аьргаш а долуш, тебаш, еъна, борз дуьхьал яьлла газанна. Цо цуьнга хаьттина:
- Хьо стенгара йог1у, газа-гуьзалг?
- Яжа-кхажа яхана йог1у.
- Хьан гай чохь йохкурш х1ун ю?
- Бецан хаьлгаш ду-кх.
- Хьан коьртах йохкурш х1ун ю?
- Ма1а-цуьргаш ю-кх.
- Хьан логан пхенаш
х1унда деттало?
- Хьох кхоьруш деттало-кх.
- Хьо яра суна езарг, -
Барзо газа «хьап» аьлла, д1акхаьллина.
Сийн-сийнчуьра буц кхоллуш, шийл-шийлачуьра шовда молуш, сарралц яьжна, кхо гай дерг а юьзна. Цунна ц1а яха дагадеъна. Цо ша-шега аьлла: - Сан кхо гай дуьзна, малх чубузуш, са а дайна, х1инца со ц1а яха еза.
Кхо гай дерг ц1ехьа йолаелла, илли а олуш:
«Ва-а вайна садайна,
Там хилла са гайна,
Гена яла борз суна,
Некъ маьрша хилийта».
Маьрс-маьрсал цергаш а йолуш,
Кед-кеддал б1аьргаш а долуш,
Тебаш, еъна, борз дуьхьалъяьлла газанна. Цо цуьнга хаьттина:
- Хьо стенгара йог1у, газа-гуьзалг?
- Яжа-кхажа яхана йог1у!
- Хьан гай чохь йохкурш х1ун ю?
- Хьуна бетта лелош т1улгаш бу.
- Хьан коьртах йохкурш х1ун ю?
- Хьуна 1итта кечйина ма1аш ю.
- Хьан
логан пхенаш х1унда деттало?
- Хьох лата догхилла деттало!
- Хьо яра суна езарг, -
«Харт» аьлла, ма1аш тесна, берзан чуо-куо араяийтина кхо гай долчу газано. Къеначу барзо дийна йоллушехь кхаьллина ши газа гай чуьра араиккхина.
Меъ-ме-э-э-эъ! - Меэ-ме-э-э-эъ! - 1аьхаш, ц1ехьа хаам а беш, некъан бохалла, нох а дохуш, кхо гай дерг хьалха а яьлла, ши гай дерг, цхьа гай дерг цунна т1аьхьа а х1оьттина, воккхачу стеган гезарий сарахь ц1а яьхкина.
Йовха, хьена шура яош боьхьигаш а якхийна, воккхачу стага биллинчу к1едачу чан метта, нахарш а дохуш, охьайийшина гезарий.
ЯККХИЙ МА1АШ ЙОЛУ КЪЕНА МАЖ-ДАДИЙ, Ц1ЕН КОГАШ БОЛУ МЕСАЛА НАНА-ГАЗИЙ, БОЬХЬИГАШШИЙ
(туьйра)
Яккхий ма1аш йолу, къена Маж-Дадий, ц1иэн когаш болу Месала Нана-газий ховха буц а яа, шийла шовда а мала, боьхьигаш якхо, шура а 1а1о, Уккал-Ирзе яжа яхна.
Шаьшшиъ арайолуш, яккхий ма1аш йолчу къеначу Маж-Дадассий ц1ен когаш болчу месалчу Нана-газаной боьхьигаш, хьоьстуш, кхийлина: - Варе, диканиш, чуьра ара ма йовлалаш, не1аран зайл д1а ма баккхалаш, чохь вон лелаш, чан ма яккхалаш, Маж-дадин чан мотт а ма кегабелаш, йоьлхуш, тхуна са а ма гатделаш. Дадий, бабий ц1ера даьлча, жима ши боьхьиг ловзаяьлла: не1аре йодуш, коре эккхаш, ловзуш, чохь ченан к1ур х1оттийна, Маж-дадин чан мотт а кегийна, мала х1оттийна хи а 1анийна, мукх чуьра кад а харцийна, туьха чуьра бошхап а дохийна, дижна 1уьллу пису сама а даьккхина, шера йиллина ц1енкъа а аьгна шина боьхьиго.
Муьргийн хьуьна чуьра араяьлла, юьрта бог1учу ширчу новкъа, ког байбеш, хих а яьлла, тебаш, еъна боьхьигаш йолчу ц1ийнан не1аре х1оьттина кан тилла къена борз. Меллаша ког а г1ортош барзо не1 д1атеттина. Не1 д1а ца еллаелла. Ч1агаро тата дича цецъяьлла ши боьхьиг, не1арехьа а йирзина, ладог1а х1оьттина. Шозлаг1а а ког г1ортош, барзо не1 д1атеттина, боьллина зайл а саттош, не1ара-саг1а ц1евзина, ши боьхьиг кхоьруш цецъяьлла.
- Мила ву цигахь чу ван г1ертарг? Дийнан делкъехь не1 сетториг? - аьлла, хаьттина боьхьигаша. Лаг сеттош, аз а хийцина, хьасталуш, йистхилла кан тилла къена борз:
- Со шун нана ю. Сан хьоме маь1а-ц1оьлгаш, д1аелла не1, же диканиш!
- Х1ан-х1а, йоьллур яц, хьан аз г1орг1а ду, къамел шога ду. Хьо тхан нана яц. Тхан хоьца г1уллакх дац.
- Муха ду ткъа шун ненан аз? - хаьттина барзо.
- Шовда санна, декаш ду, пондар санна, лекхалуш ду, - жоп делла боьхьиго.
- Сайниг дац ткъа иштта? - аьлла, йиш лакха йоьллачу кан тиллачу барзо шеха г1арг1аш бина.
- Тера а дац хьан аз тхан неначух, данне а, хьо тхан нана яц, тхойшиъ хьох тешар яц: д1аяла цигара, д1аг1о, аьшпаш бутту к1илло.
- Сан аз г1арг1делла, шийла шовда мелла. Сан къамел шагделла, бецан хьалгаш ийзина. Ас кхин х1ун билгало гайта шуна? Жоп луо, - хаьттина барзо.
- Тхан ненан когаш ц1иэн бу, цуьнан болар хаза ду, - жоп делла боьхьиго.
- Зайл д1а а баккхий, не1 херъел, сан диканаш, ас ког гойту шуна, - аьлла, боьхьигаш лейина, не1 а херъяйтина, чуиккхина кан тилла къена борз.
- Меъ-ме-э-э-эъ! Меъ-ме-э-эъ! - бохуш, 1оьхуш, орца дохуш сонера соне лелхаш, кхераелла ши боьхьиг. Чухула едда, и шиъ кхалла борз т1аьхьаяьлла.
Ши боьхьиг кхоссаелла пеша т1е яьлла, Пису, цецдаьлла, г1аьттина, борз гича дусаделла, барзах лата кечделла.
Маьрс-маьрсал цергаш а гажийна, кед-кедал б1аьргаш къарзийна, ши боьхьиг кхалла цхьа ч1ог1а масъелла, кан тилла къена борз пешах хьалатасаелла.
«П1и-1аьв-в-в-в! Хиш-ш-шшт! Хишт», - аьлла, хьалакхевдинчу барзана цициго м1араш тесина оцу ц1умари т1е. Кан тиллачу къеначу берзан б1аьргашна бода х1оьттина. Даръелла борз цицигана чуг1оьртина, цициг кхоссаделла пхьег1аш х1итточу уьн т1е даьлла.
- Охьадосса цу т1ера, хьуо майра делахь! - бохуш, хьала хьоьжуш лаьттачу барзана, цицго шар чохь долу бога чухецна. Коьртах бога кхетта, тентиг а яьлла, юьхьа т1ехула шар а 1ийдалуш, борз чухула хьийзачу хенахь, сийн-сийначуьра буц а кхоллуш, шийл-шийлачуьра шовда а молуш, сарралц ежаш юьзна, боьхьигаш якхо шура а 1а1ийна, барзах лата ницкъ а гулбина, некъан бохалла нох а дохуш, ц1ехьа йолаелла яккхий ма1аш йолу къена Маж-дадий, ц1ен когаш болу месала Нана-газий, еъна ц1а кхаьчна.
Йиллина лаьтташ не1 а яйча, чухула хьийзаш борз а гича, «Меъ-ме-э-э-э! - бохуш, боьхьагийн орца а хезча, хиллачух кхетта, барзана 1отта ма1аш а ирйина, ц1еххьана чуиккхина яккхий ма1аш йолу къена Маж-дадий, ц1иэн когаш болу месала Нана-газий.
- Кхера ма лолаш, тхан хьомениг! Шун дай, наний орцах кхиъна, берзан х1инца лен хан кхаьчна, - аьлла, цхьацца аг1ор цхьабосса ма1аш 1оьттина, чуо-куо охьа а йохуьйтуш, кан тилла къена борз йийна дадас, бабас.
Х1етахь дуьйна яккхий ма1аш йолчу къеначу Маж-дадассий, ц1иэн когаш болчу месалчу Нана-газаной аьлларг деш, чохь вон ца лелаш, чан а ца йоккхуш, йоьлхуш са а ца гатдеш, къеначу Маж-дадин мотт а ца кегош, хаза хьалакхиъна ши боьхьиг.
(туьйра)
Ворх1 ламанал дехьа кхевдий бежаш, ворх1 ламанал сехьа кхевдий хи молуш боккха сту хилла. Стигала морхашкара охьа чу хьаьддачу аьрзуно м1арашца катоьхна бадийна морхашка хьалабаьккхина иза.
Сту охьа а биллина баа меттиг лоьхуш го тийсина аьрзуно. Жаца ежаш йолчу йоккхачу божах б1аьрг кхетта цуьнан. Оцу божан ма1 т1е охьабиллина цо сту. И сту биъна а яьлла д1ай-схьай хьоькхуш цо з1ок ц1анъечу заманчохь з1акарх тасаделлачуьра д1акхоссаделла оцу стеран пханар божан можа к1ел вижна 1уьллачу жа1ун б1аьрга дахна.
Сту биъна а яьлла, з1ок а ц1анйина, т1емашца г1аьттина д1аяхна аьрзу.
Жа1у кхано самаваьлла. Б1аьрго сагатдеш куьйга хьакхийна цо. «Цхьа х1ума яхна-кх сан б1аьрга» аьлла хетта ша жера ц1авеъчи шен зуда хьажийтина цо.
«Хьан б1аьргах даь1ахк санна цхьа к1айн х1ума йоллу» аьлла, схьаозийна зудчо. Схьа ца яккхаелла. Лулахой а балийна схьа озаяйтина, схьа ца яккхаелла.
Жа1у вехаш ерг исс эзар ц1е йогуш йоккха шахьар хилла. Оцу шахьарахь аьчкаца а дечигаца а пхьол деш мел волу пхьар схьа а валийна, пханаран цхьана йистах сто дуг1уш варзапаш етташ доккха 1уьрг даьккхина. Цунах аьчкан з1енаш а тесна оцу исс эзар ц1е йогачу шахьарахь мел волчу стага озийна, жа1уьнан б1аьргара схьадаьккхина пханар.
«Эх1, далла хастам бу, ма парг1атбели сан б1аьрг» - аьлла, жа дажо д1авахна дан 1у. Иза парг1атваьккхаран хьурматна, и исс эзар ц1е йогу шахьар оцу пханарий т1ехь йиллина наха.
Х1ора буьйсанна шахьар д1ай-схьай хьийзош хилла. Шахьарахь дехачу адамийн синтем байна. Уьш шахьар йохарна кхерабелла. «Х1ун ницкъ бу техьа шахьар меттахъяхалла берг?» - аьлла, буьйса ларо бахна шахьарахь бехаш болу нах. Меллаша т1едеъна цхьогал оцу пханарийна т1ехь дисначу жижигах тасаделла. Жижиг схьаийзош цо пханар меттахдохуш хилла. Циггахь тоьпаш етташ дийна цхьогал, шайна хуьлуш болчу бохамна орцах бахначу наха.
Цхьана аг1ор ц1ока схьаяьккхина наха. Вукха аг1ор цу шахьарахь мел долу адам тасаделчи а цхьогал карча а ца делла ц1ока йисна. 1уьйранна хи т1е яхначу жоьра-бабас чамийн йоьхьиг 1оьттина цхьогал карча а дина: «Х1ара хьаха ю сан к1антана кетар ян дика» аьлла йисна ах ц1ока ц1аеъна. Наха д1аяьхьначу эха ц1оканах, оцу исс эзар ц1е йогачу шахьарахь мел долчу адамана кетарш, куйнаш тегна.
Жоьра-бабас ша д1аяьхначу эханнах к1антана кетар тегна. Амма ши пхьош дан ц1ока ца тоьъна цунна.
Хаал, царех йоккха муьлха хилла?
(Бож хилла йоккха)
Даиман ламчохь вехаш, стоьмийн беш газа хилла цхьаъ.
Цкъа лахенга охьавеъна иза. Беш а гина беша вахчи, тайп-тайпана стоьмаш, хасстоьмаш гуш цецваьллачу цо далла хастам бина.
- Хастам бу хьуна дела сел беркате х1ара стоьмаш кхолларна. Бакъду, со цецваьккхина ахьа оццала йоккха паста юткъачу хутал т1е а тесна кегийра б1араш доккхачу дитта т1е х1унда оьхкина?
Стаг г1елваллалц бешахула а лелла б1аран дитта к1ел охьавижна. Дитта т1е хиъначу къийго з1ок тоьхна б1ар чухецна. Вижна 1уьллучунна хьаьжа юккъе кхетта иза буьччалг а х1оттош.
Вижна 1уьллург, коьртах ка а тухуш хьалаиккхина .
- Хастам бу хьуна дела массо а х1ума сел нийса кхолларна. Дитта т1ера чудеъна б1ар пастаналла хиллехь сан корта кагбийра бара-кх цо, - аьлла стага.
Адамашца къиза хилла Ширван-Шах. Шен каравеъна г1ийла-миска стаг а, саг1а доьхуш верг а вуьйш хилла цо.
Цкъа иштта саг1адоьхург г1опа веъчи иза ве аьлла, цо шен г1ароле.
Саг1адоьхарго дехар дина:
- Со вен ма вехьара ахьа, суна массо а олхазарийн а, акхаройн а мотт хаьа.
Паччахь цецваьлла. Саг1адоьхарг ца вуьйш витна цо. Шен везир схьа а вехна, цуьнга омра дина паччахьо:
- Цуьнга хьайна акхаройн, олхазарийн мотт а 1амабайта. Т1аккха суна айхьа 1амабе.
Визира миска стаг ша волчу д1авигна. Цунна олхазарийн, акхаройн мотт цо хаьийла а, ша к1елхьаравала цо иза аьллийла а хууш хилла визирна. Цо миска стаг д1авахийтина.
Хийла хан а яьлла. Цкъа цхьана буса той дина 1еш хилла Ширван-Шах. Гена йоццуш шиъ бух1а хилла екаш. Паччахьана дагавеъна олхазарийн мотт хуург. Цо визире хаьттина:
- Олхазарийн мотт 1амийри ахьа оцу стагера?
- 1амийра, - жоп делла визиро.
- Х1ун боху оцу шина бух1но?
Визиро жоп делла:
- Оцу цхьана бух1анан йо1 ю. Вукхуьнан к1ант ву. Захлу дуьйцуш ю и шиъ. Йоь1ан дас боха «Ворх1 б1е яссаелла юрт ахьа ца елчи, йо1 маре лура яц ша». К1ентан дас боха «ворх1 б1е яссаелла юрт аса хьан цхьана йо1на елчи, вукха зуда яло дезаш волчу ялх к1антана зударий балийчи аса мичара лур ю еса ярташ?»
Йоь1ан дас боха: «Нагахь санна Ширван-Шах дийна висахь, кхин цулла ярташ х1аллакйина 1ийр вац иза».
- Со иштта къиза ву ала г1ерта хьо? - оьг1азвахана Ширван-Шах.
- Ца г1ерта дера со-м. Оцу бух1наша боху-кх иза, - жоп делла визира.
Цул т1аьхьа цхьа к1еззиг къинхетаме хилла Ширван-Шах.
Чаной, стагий доттаг1алла тесна. Чане хьошалг1а кхайкхина стаг. Хьешана той дина.
- Эх1, ма боьха хьожа йог1а цунах! - аьлла х1усамнанас ча йолчухьа туйнаш а тесна.
Ча дегабаам а бина д1аяхна.
Цул т1аьхьа, цхьа хан яьлчи, диг а эцна хьуьнах вахна стаг, дечиг а даккха, чанах б1аьрг а тоха.
Ча доьхьалъяьлла цунна. Шен доттаг1а гичи хазахетта мараиккхина иза. Т1аккха хьастаелла.
- И хьайгара диг тохахь сан коьртах аьлла цо.
Стага диг тоха ца тигна. Чано боккъалла а ч1ог1а т1едожийна шена диг тохар.
Стага ца тоьхчи ца волуш диг тоьхна чана коьртах йоккха чов а еш. Шен дечиг а даьккхина ц1авахна иза.
Цхьа бутт баьллачу хенахь юха а хьуьн чохь вовшахкхетта стаггий, чай. Чан корта тобелла. Цо стаге аьлла:
- Хьажал гой хьуна, хьан дагаро сан коьртах йина чов д1айирзина. Хьан зудчо маттаца йина чов д1аерза туьгуш яц.
Цхьогало ша долчу хьошалг1а ехна г1араг1ули. Гомхачу бошхап чохь чорпа х1оттийна цо цунна хьалха, хьошалла деш. Г1араг1ули хедар чу з1ок хьоькхуш йоллушехь цхьогало мотт хьаьккхина йиъна чохь ерг.
Шозлаг1чу дийнахь г1араг1ули хилла цхьогална хьошалла деш. Юткъа къамкъарг йолчу зоки чохь хьалхах1оттийна цо худар. Цхьогал дан х1ума доцуш зокийна гондахьа хьийззашехь г1араг1улино чу з1ок а яхийтина худар дууш хилла. Цунна и пхьор къахьдан циггахь хьожа а яьккхина д1адахна цхьогал.
Саг1а деха араваьлла миска стаг кхаьчна къиза а, 1еса а, ц1армата а нах бехачу махка. Цхьаммо а буьйса яккха чу а ца вуьтуш, яа х1ума ца луш мацалла к1елвиса гергга вахна миска стаг.
Кхоьссина г1аж тоьхна, т1ам а кагбина къиг лаьцна мискачу стага. И къиг т1ам 1аьвдичи ека 1амийна цо. И къиг чета а йоьллина цхьана нехан не1аре х1оьттина иза. Шозза а, кхузза а не1 тоьхна. Не1 д1а ца йиллина. Буьйса йоьлла а хиларна, ша г1ел а валорна кхин д1а ца воьдуш не1аре охьахиъна миска стаг.
Х1усамнанас кхера к1айчу деман хьокхам схьа а баьккхина д1алачкъийна.
Дукха хан ялале зудчун везарг не1аре х1оьттина. Иза вог1у гичи миска стаг д1алечкъина. Везарго кувшин чохь чаг1ар а, кхерзина г1езан жижиг а деъна. Везарг зудчуьнца ловза а левзина, шена чаг1ар мала охьахиъна. Оццу хенахь цхьа бере веъна не1аре. Говран бергийн тата ма-хеззинехь зудчо шен везарг д1алачкъаво, ц1ийна сонехь лаьттачу тускар к1ел. Ша метта а яьлла охьайижна. Мискачу стагана везарг д1алачкъош а, зуда шен меттаяьлла д1аюьжуш а гина. Не1аре веъна бере зудчун ц1инда хилла.
Корехь лаьтташ саг1адоьхарг гина беречунна.
- Хьо мила ву? - аьлла хаьттина цо цуьнга.
- Со делан лай ву. Кху х1усаме чу ца вуьту со.
Х1усамда зудчуьнга вистхилла.
- Д1аелла не1! - аьлла.
Зуда ша наб кхетта ю моттуьйтуш, шозза а кхузза а мохь тоьхчи бен хьала ца г1аьттина. Зудчо не1 д1айоьлла. Миска стаг а х1усамда а чувоьда. Стогар хьала а латийна:
- Охьах1оттаел яах1ума меца ву со. Х1ара хьаша а хир ву меца. - аьлла х1усамдас.
Зудчо сискал-мижарг хьалхабуьлла.
- Буьйса юккъеяхна. Яах1ума кийча яц. Аса мичара х1ун лур ю шуьшинне, - аьлла х1усамнанас.
Мискачу стага шен четара къиг пхьаьрса к1ел 1аьвдина. Къиг екна.
- Иза х1ун ю хьан четахь 1аьхнарг? - хаьттина х1усамдас.
- Х1ара х1ума хууш къиг ю, хин дерг а хаьа х1окхунна. Кхуьнан мотт хаьа суна.
- Делахь х1ета хаттал оцу къийге ялта хир дуй т1едог1ачу шарахь?
Пхьаьрса к1ел 1аьвдина къиг а охьийтий «Хир ду боха» жоп ло мискачу стага. Кхин цкъа а къиг а 1овдий 1охуьйту цо.
- Х1инца х1ун боху оцу хьан тамашеначу олхазаро?
- «Якъаелла шийла сискал х1унда йоу ашшиммо, шаршу т1иэхьа 1уьллуш к1айчу деман шиъ хьокхам боллушехь» боху-кх.
Цига хьаьжначу х1усамдена ши хьокхам карабо.
Кхин цкъа а къиг 1охуьйту мискачу стага.
- Х1инца х1ун боха цо? - хотту х1усамдас.
«Паднара к1ел текха чохь лаьтташ кхерзина г1аз ю, цуьнан чоме х1унда ца хьожу шуьшиъ» боху-кх х1окхо.
Х1усамдена г1аз а схьакарайо. Зудчунна дов дан волало иза.
Иштта чаг1ар а гучудаьккхина цо.
- Х1оккхалла рицкъа кху чохь д1а а лачкъийна хьо х1ун деш 1ара х1ара схьа ца луш? - т1ечевхина мар.
- Денц1а яхьа кечйинера аса уьш, - аьлла бехказаяьлла зуда.
Мискачу стага кхин цкъа а къиг 1ахийтина.
- Х1инца мукъана х1ун боха цо? - хаьттина х1усамдас.
- Вайшиннех бехк боккху «Шаьш юуш молуш 1а шу». Д1ога тускар к1ел волларг меца ву. Иза а х1унда ца воьху ашшиммо шуьне?» - боху-кх х1окхо - аьлла гучуваьккхина зудчун везарг.
Цо иштта оллушехь тускар т1ера д1а а кхуссий вода везарг. Х1усамда цунна т1аьхьа вода. Саг1адоьхург д1авоьду.
Новкъа воьдуш хилла цхьа стаг. Ц1е а летта йогачу кулла т1е кхаьчна иза. Оцу ц1аро холчу х1оттийна, к1елхьарабала меттиг йоцуш бисна лаьхьа.
- К1елхьарабаккха беза аса х1ара - аьлла, шегара г1ама д1акховдийна некъахочо.
Цу тоьхула схьахьаьдда лаьхьа стеган логах хьаьрчина.
- Аса, ц1аро багочуьра, к1елхьара ма-баьккхира хьо, х1унда во ахь со х1аллак, д1ахеца со, - аьлла стага.
- Шена дика динчо бен вониг деш ца хуьла, жоп делла лаьхьано.
- Собар дехьа цкъа. Д1амалдехьа сан лаг, оцу боллучу къеначу ноже хоттур ду вайшиммо бакъ муьлхарг ду, я хьо, я со.
Лаьхьано стеган лаг малдина.
Стага ноже хаьттина:
- Аса х1ара лаьхьа ц1аро багочуьра к1елхьарабаьккхина. Суна баркалла аларан меттана сан логах а хьаьрчина со вен боллу х1ара. Х1окхо йийриг харцо ю, я яц?
Ножо иштта жоп делла:
Х1окху шерачу арахь со цхьаъ бен дитт дац. Маьлхан товнехь г1елвеллачу некъахочунна садо1а 1индаг1а латтадо аса. Сан 1индаг1ехь са а до1ий: «Ма дика наж бу хьо» бохуш, суна т1ера генаш кегдо, г1одах диг а детташ поттарчий йоха. Дика динчо бен вон ца до. Легаш а 1овдий, ве и стаг - аьлла ножо.
Лаьхьано стеган легаш 1аьвдина.
- Собар дехьа лаьхьа, ма вехьа со. Ма харцо ю ахьа йийриг. Ножо аьллачунна со реза вац. Д1огахь бежаш боллучу старе хоттур ду вайшиммо - аьлла некъахочо.
Лаьхьано стеган легаш малдина. Т1аккха старе хаьттина.
- Аса охана а до, мекха а боккху, кир а леладо. 1ай а, аьхка а болх бо аса. Оццала со бацош схьавог1ачу дас, шена даа жижиг дезчи уьйт1а юккъе охьа а тухий, логах урс а хьокхий боь. Шена дика динчо бен вониг ца до. Легаш а 1овдий ве иза!» - аьлла старо.
Лаьхьано стеган легаш 1аьвдина.
- Собар дехьа цкъа, д1огарчу цхьогале хатта вайшиммо? - аьлла стага.
Цхьогале д1адийцина стага лаьхьа ша к1елхьарабаккхар а иза шен логах хьарчар а.
Лаьхьано д1адийцина ножан дитто аьлларг а, старо аьлларг а .
Т1аккха цхьогало жоп делла:
- Акхаройн паччахь долчу лоьмо суд ян х1оттийна со. Стеган логах а хьаьрчина нийсонца кхел яр доьху ахьа. Цу т1ехь хьо харц лоь. Лаг д1а а хеций, лаьтта охьабосса. Т1аккха шиммо а бакъдерг дуьйцур ду алий суна дуй баа. Цул т1аьхьа йийра ю аса нийсонца кхел.
Лаьхьа, стеган лаг д1а а хоьций, лаьтта охьабуссу. Иза лаьтта охьа ма боьсси цхьогало т1е ког а боккхий боь. «Кетаран кач бан ма дика хир яра хьан ц1ока!» шен дагахь олий цхьогална тоха шалгу ластайо стага. Цхьогал д1аэккхий к1елхьара долу.
- Хьо к1елхьара ваккхарна г1алат со а дели, - аьлла, цхьогало дедда ша юьстахдаьлчи.
Адамашца санна акхарошца а, олхазаршца а къинхетаме хиларна дала совг1ат дина цхьана стагна. Олхазарийн, акхаройн мотт 1емина цунна. Иза йоккха къайле хилла. И къайле гучуяьккхича лийр волуш хилла и стаг.
Цхьана дийнахь йол гулъян вахначохь г1ел а велла такхора юххе охьавижна акхаройн, олхазарийн мотт хуу стаг. Оцу такхора т1е хиъна къиг а, къийган къорни а.
- И стаг велла 1уьллуш ву цуьнан б1аьрг мала йоллу со, - аьлла къийган к1орнис.
- Мегар дац сан диканиг, цо д1алоцар ю хьо, иза дийна велахь.
- Когашка а хиъна аса когах з1ок тухар ю. Вижна 1уьллуш велахь иза самавер ву, со д1айодар ю. Велла 1уьллуш велахь меттахвер вац, - аьлла къийган к1орнис.
- Мегар дац сан диканиг, цо д1алоцар ю хьо иза дийна велахь.
Цу шиммо дуьйцург хезаш 1адда 1уьллуш хилла стаг, меттах а ца волуш.
Къийган к1орнино стеган когашкахьа а хиъна когах з1ок тоьхна. Стаг меттах а ца ваьлла. Б1аьрг мала стеган некха уьн т1е хиъна къийган к1орни. Стага катоьхна схьалаьцна иза.
- Г1о де суна! - бохуш, нене кхойкхуш хилла.
- Аса х1ун дийр ду хьуна? Ма г1ерта цунна юххе элира аса хьоьга. Ахьа ла ца дуьйг1ира. Аса д1абохург хууш иза велхьара, хьо д1ахеца аьлла аса дехар дийра дара цуьнга.
Стаг къийге вистхилла.
- Х1ун оьшу хьуна? Ахьа бохачух со кхета.
Къийгана хаза хетта.
- Вало соьца. Ахьа сан к1орни схьалур елахь аса цхьа дика дийр ду хьуна, - аьлла, йоккхачу хазни т1е вигна къийго иза. И хазна цо ц1а еъна, къийган к1орни д1ахецна.
Цкъа цхьана дийнахь хьошалг1а ваха дагадеъна олхазарийн, акхаройн мотт хуъчу стагна. Лаахь а ца лаахь а ша а йог1ур ю хьоьца, аьлла, т1аьхьаяьлла цунна зуда. Иза ц1ахь 1ен ца тигчи, кхин дан х1ума а ца хилла, яхка йоллучу кхелана нуьйр а тиллина цунна т1е хаийна цо шен зуда. Зуда а хилла берах. Оцу кхелана т1аьхьа х1оьттина йоьдуш шо кхаьчна бекъа хилла.
Цхьана ламанан дукъах хьала йолуш т1аьхьайисначу бокъо терсаш шен нене аьлла:
- Собар дехьа цхьажимма со г1елъелла.
Кхело жоп делла:
- Сан кийрахь цхьа бекъа ю, кхоъ сан букъ т1ехь 1еш ву, цу т1оьхула т1е, т1ебоьттина мохь а бу. Х1етте а со дукъах хьалайоьда. Ткъа, хьуна х1ун хилла. Хьо х1унда ца яло?
Стаг г1адъоьххуш велавелла.
Зудчо хаьттина цуьнга. - Хьо стенах воьла? Дийцал суна? - аьлла.
- Иза дийца йиш яц, - аьлла майрчо.
Лаахь а, ца лаахь а дийца бохуш т1ейирзина цунна зуда. И дийцича со лийр ву, - бохуш, тоьшалла деш хилла стага. Зуда юха ца яьлла.
Зудча ца витчи, кхин дан х1ума ца хилла ц1ийндас аьлла:
- Делахь х1ета собар де. Хьошалг1а д1а а дахна, цигара вай ц1адирзича, саг1ийна х1ума а елла, къинойх а ц1анвелла, хьарчо марчо а кечдина, т1аккха дуьйцур ду аса хьуна.
Цу т1ехь барт а хилла хьошалг1а д1абахна уьш. Цигара юха ц1абирзича:
- Дийцал х1инца, хьо х1ун хазделла воьлура? - аьлла, юха а т1ейирзина зуда.
Стаг вала кечвелла, шена хьарчо марчо а, д1ах1итто уппаг1наш а кечдина цо.
Оцу стагана ж1аьла хилла вуно муьт1ахь. Доьлхуш хилла иза.
- Хьо х1унда доьлху? - аьлла, хаьттина цуьнга н1аьно.
- Зудчо бохург а дина вала кечвелла сан да, - жоп делла ж1аьло.
Кхайкхий схьа араваккхахьа иза, - аьлла, араваккхийтина н1аьно иза.
Массо а котамаш схьа а гулйина, царна т1ам такхош, гондахьа хьаьвзина н1аьна. Т1аккха цо х1усамдега аьлла:
- Сан кхузткъа зуда ю. Аса царна иштта дола а до. Хьоьга, х1унда ца дало хьайн цхьаъ бен йоцчу зудчунна дола?
- Х1ун дан деза аса? - аьлла стага.
- Цхьа дика дуушто г1аж а яккхий. Цо хьайга «Дийца» моссазза эли «Дуьйцар ду. Дийций аса а?» бохуш яла йоллалц г1аж етта. Цул т1аьхьа «Дийца» эр дац хьоьга - аьлла, хьехар дина н1аьно.
Зудчо «Хьо стенах велавелира дийца суна» мосазза эли «Дуьйцур ду. Дийций аса?» - бохуш г1аж етташ зуда къар а йина, лечуьра к1елхьараваьлла стаг.
Цхьогалой, божой юкъахь к1а дийна. К1а чу дерзийчи декъа барт бина цу шиммо. Цхьогало боже аьлла:
- К1а сан хир ду, кегаш хьан хир ю.
- Иза нийса яц. К1а а, кегаш а цхьабосса доькъар ду вайшиммо - аьлла божо.
- Делахь дика ду аса сайн верас валор ву, цо динарг хир ду.
Иза а аьлла, цхьогал дахна леллашехь, божо жера шиъ жан-ж1аьла а далийна и шиъ кегаш юккъе д1алачкъийтина.
Борз а ялош юхадеъна цхьогал.
Барзо боже аьлла:
- Х1окху сан йишица харцо х1унда лелайо ахьа?
Божо барзе аьлла:
- Нагахь санна нийсо езаш, тоьшалла дан хьо еънехь х1ара кегаш йоьхканчу меттехь д1авоьллина сан да а, ден ваша а. Церан когах дуй баа беза ахьа «Нийсо ян ма еъна со» алий.
Борз кегаш лаьттачу метте т1еяхна. Цу юккъера хьалаиккхинчу шина ж1аьло хьакхийна борз а, цхьогал а. Т1едеъна ялта а, т1едог1у дерг а дицдина дедда к1елхьарадаьлла цхьогал а, цунна тоьшалла дан еъна борз а.
Хьуьн чохь кхерсташ лела цициг делла 1уьллачу лоьмана т1е кхаьчна. Екха хан йолу к1орни хилла цунна юххехь байлахь йисна. И к1орни напг1а т1е а кхоьхьуш кхаьбна цициго. Цунах ницкъ болуш доккха экха хилла. Цул т1аьхьа ижонна ша арадолуш хилла иза. Ижу ца карош меца дисчи цициг даа дог хилла лоьман. Ша схьалаца лом чухьаьдчи, цуьнан дагахь дерг а хиъна цициг дитта боьххье хьаладаьлла.
Лом дитта буха охьа а дижна лахара хьала дистхилла:
- Со дузош кхиийна сан нана хьайн массо а амалаш 1амийра ахьа суна. Хьуо санна дитта т1е хьаладала х1унда ца 1амийра ахьа со?
Цициго жоп делла:
- Х1ара тайпа кхераме киртиг т1ех1оьттича хьох к1елхьара дала и амал сайнна йитира аса.
Букъ боьхна вир хилла цхьана къиэчу стеган. Иза эвла йисте дажа д1а а лаьллина цуьнга хьоьжуш хилла да. Еъна т1ехиъначу къийго да1 долчу метте з1ок тоьхна. Вир кхоссаделла. Къийго з1ок мосазза туху кхиссалуш, ц1ингаш бетташ хилла виро. Вир долу да са а хаьдда воьлуш хилла.
Хьуьн чуьра схьахьаьжначу барзана гина иза. Т1аккха цо аьлла:
- Оцу вирна со аьттехьа яхнехь орца дохуш ерриг а юрт схьахьодур яра, ткъа х1инца къорзачу къийго вир дуьйш лаьтташехь, вир долу да са а хаьдда воьла.
НОВКЪАХЬ КАРИЙНА ЙОЬХЬАН ЙОЬХЬИГ
Борззий, чай, цхьогал, чаг1алкх, цициг ижонна арадевлла лелаш хилла. Новкъахь 1уьллуш йоьхьан йоьхьиг карийна царна. Цкъа вовшашца къевсина цара иза.
- Д1адовла д1а. Со массарел а ницкъ болуш ю. Къевсича аса иза шу эша а дина схьа а йоккхур ю. Делахь а г1иллакхах йоха ца лаьа суна. Йоьхьан йоьхьиг къевсина вовшехлатар г1иллакхехь дац. Йоьхьан йоьхьиг йоькъар ю вай, - аьлла чано.
- Цо х1ун дуьйцу. Екъчи цунах вайна цкъа кхаллал х1ума кхочур яц. Тховса хаза г1ан гиначунна лур ю вай йоьхьан йоьхьиг, - аьлла цхьогало.
- Цу т1ехь барт а хилла х1оьттана лаьттачу хьера чу а дахна, акхарой охьадийшина. Царна набарш а кхетийтина цхьогало йоьхьан йоьхьиг йиъна.
Сахилла. Акхарой хьалаг1евттина.
- Дийцал шайн-шайна гина г1ан, - аьлла цхьогало.
Чано «Моз дууш г1ан гира суна» аьлла. Барзо «уьстаг1ан дума бууш г1ан гира суна» аьлла. Чаг1алкхо «г1аз юуш г1ан гира суна» аьлла. Цициго «дехкий дууш г1ан гира суна» аьлла.
- Шу иштта зовкх хьоьгаш дуйла а хиъна йоьхьан йоьхьиг аса йиира, - аьлла цхьогало.
(туьйра)
Тапп аьлла тийна дара хьуьн чохь. Мохо г1а а дацара ластош, шакаршца дарц а дацара хьийзош. Наггахь шоршал г1оттий, «ч1ак-ч1ак, ч1ак-ч1ак» олий, екаш гена йолура. Можа харданг йолу хьоза, диттан генаш т1ехь, синтем байна хьийзара.
Цхьогал дара буьрсачу хьуьн чухула, ламанийн даккъашкахула, к1оргачу 1аннашкахула, шерачу аренашкахула доладелла лелаш.
Къеначу попа к1ел деъна д1ах1оьттира иза. Попан хари чуьра схьа ара къедира тарсал.
- Ахьа х1ун лоьха, ва цхьогал, хьо стенна арадаьлла? - хаьттира цо.
- Акхаройн паччахь - лом ду вайга дистхила лууш. Олхазаршка дистхила деъна Леча а ду цуьнца. Тахана делкъал т1аьхьа Бекшан тог1и чохь вовшахкхетар ду вай. Цига д1адан деза хьо.
- Дог1ар ду, - реза хилира тарсал.
Цхьогал доладелла д1адахара.
Борз доьхьал кхийтира цунна.
- Ва-а борз!
- Ва-а вай!
- Акхаройн паччахь - лом ду вайга дистхила лууш. Делкъал т1аьхьа Бекшан тог1и чохь д1агуллуш ду акхарой а, олхазарш а. Цига д1аян еза хьо а.
- Йог1ар ю. Йог1ар ю. - «Даа напг1а лаха атта дац суна, ижонна х1ума кера йог1ур яц техьа?» - аьлла, хийтира барзана.
- Хьайга юха ма алийталахь, д1аян йиц ма лолахь - аьлла, курра ц1ога а ластош, 1одика а йина, д1адахара цхьогал. Лелаш, лелаш чаг1алкхана т1е кхечира иза.
- Сан салам ду хьоьга муьста хьожа йог1у чаг1алкх. Хьо х1ун лоьхуш лела, и муц1ар д1а а яхийтана?
- Со, сайна даа напг1а лоьхуш лела. Т1ам бойна, г1атта ца луш, йисна акха г1аз а, тодакх а, г1ода а г1ад дайчи къорза къиг а карор яцара техьа, аьлла хеташ. Дийцахьа хьайн доттаг1чуьнга, и тайпа х1умма а ца тосаелира хьуна?
- Ахьа х1ун дуьйца? Иштта мулк сайн кера йог1уш хиллехь-м эрна йорт а ца етташ, гай т1е м1араш а хьоькхуш, сайн бен чохь аркъал а даьлла 1уьллура дара со. Акхаройн паччахь лом ду вайга дистхила лууш. Делкъал т1аьхьа Бекшан тог1ий чу д1агуллуш ду акхарой, олхазарш. Цига д1айола хьо. Цо ваьшка х1ун олу, хьовсур вай.
- Дала диканца кхаъ баккха хьоьга, мекарниг. Ма дика ду, ахьа соьга и схьааьлла. Шех б1аьрг тохийта мукъана а акха бад йог1ур яц техьа цига? - элира чаг1алкхо, цхьа коча яь1на а саттош.
Лелаш, лелаш, цхьогал нелана доьхьал нисделира.
- Сан салам ду хьоьга, еха муц1ар йолу «хьуьнк1а хуьт1ар». Хьо стенна кхерста кху хьуьн чухула и ши б1аьрг а мустбина, ира к1омсарш гучу а яьхна?
- Ножан б1араш, бецан орамаш, хьуьнан кхораш бууш лела.
- Хьоьгахь-м вон хьал дац. Вуьшта цхьа жимма шеко ю суна 1а т1е а деъча, г1айба санна стомма ло диллачи х1ун дан йоллу хьо?
- Х1ара муц1ар стенна лелош ю моьтта хьуна лайх чекх а йохуш, лаьттан чкъор а охкуш, беца-орамаш даан бе, элхьамчаш, меда хьаьмцаш бицбина ахьа 1овдал тентиг? «Хьуьнк1! Хьуьнк1! Хьуьнк1!» - аьлла, д1айолаелира нал.
- Собар! Собар! Хьуьнк1а хуьт1ар! - сан къамел чекх ца даьлла. Акхаройн паччахь, лом деъна вайца къамел дан. Тахана делкъал т1аьхьа акхарой, олхазарш ду Бекшан тог1и чу д1агуллуш. Цига д1айола хьо а. Вуьшта х1умма а хаза-м яц хьо. Зоккха дара хьо б1аьрга ца гойла - аьлла, д1адахара цхьогал.
Нал, цо аьллачунна реза йоцуш, цхьогална т1аьхьа хьоьжуш а лаьттина, «хьуьнк1-хьуьнк1!» аьлла, ша лаьттачохь когаш а тоьхна, йорт эцца д1аяхара.
Цхьогална сай доьхьал кхийтира.
- Сан салам ду хьоьга, ламанан кура сай! Хьо стенна арабаьлла? Ахьа х1ун леладо?
- Хьуна ца хаьа, аса х1ун леладо? - сийна буц яа х1оьттира сай. - Со иштта бежаш лела-кх.
- Хьоьга а хьайна амал бало. И хьайгара хьал а дуьйцур ахьа. Лом ду вайга дистхила лууш Бекшан тог1и чу д1абола, цига акхарой, олхазарш д1агуллур долуш ду.
- Борз хир юй цигахь?
- Борз а хир ю. Кхин долу акхарой а, олхазарш а хир ду.
- Дика ду, со д1абог1ар бу. Амма тешнабехкана ахьа со бигахь, х1ара ма1аш аса хьан дег1ах чекхйоккхур ю. Барзе а д1ахаийта х1ара кур аса лаа лелош боцийла, - аьлла, сай д1абахара.
Иштта, йилланчу метте олхазарш д1адоьхуш, цхьанхьара г1оттий кхечахьа хууш, цигара г1оттий кхин а дехьа долуш, кхерсташ лелара мокха г1ирг1а. Шоршал гира цунна.
- Ва-а шоршал!
- Ч1ак-ч1ак-ч1ак. Ва-а-вай!
- Тахана делкъал т1аьхьа Бекшан тог1и чохь вовшахкхета деза вай. Цига д1айоьлалахь, массо а шоршал а ялош. Вайн паччахь Леча ду дистхила лууш.
- Ч1ак-ч1арик, ч1ак-ч1арик! Йог1ар ю - йог1ар ю. Диканца кхаъ бахьаш деъна хуьлда иза - аьлла, йилланчу метте д1аян реза хилира шоршал.
Мокха г1ирг1а, т1емаш тухуш, г1аьттина д1адахара.
Бекшан тог1и чохь акхарой, олхазарш вовшахкхеташ хилар д1ахьедира мокхачу г1ирг1ано къеначу аьрзуга а, 1аьржачу хьарг1ане а, баккхий б1аьргаш болчу бух1ане, селасате а човкане а кхорб1аьлге а, шена мел гинчу олхазаре а.
Делкъал т1аьхьа а хилира. Цхьогал, мокха г1ирг1и шайна йилланчу метте юхадеара. Акхарой а, олхазарш а схьагулделира. Бекшан тог1и чохь борз, гу т1е а яьлла уг1уш яра: «1ов-в-в, вов-вов-вов». Нал т1еян ца яьхьаш, муц1ар д1а а яхийтина, варшахь ладоьг1уьш лаьттара. Сай юьстахо сецца, шен кур а айбина, схьахьоьжуш бара. Чаг1алкх кхуран г1одах аг1у а тоьхна, дитта боьххье 1ечу къорзачу къийге б1аьрг кхобуш яра. Кхайкхаза еъна пхьагал, гучуяла ца яьхьаш, куллан кондаршна юккъехь лечкъанера. Тарсало, кхуран г1одца охьа а деъна, чаг1алкхана т1уьски т1е кхораш беттара.
Цхьогало мохь туьйхира.
- Тхан сийлахь паччахь тхо схьогулделла-кх х1инца. Х1ун олу ахьа тхоьга?
- Сан маршалла ду шуьга мехкан акхарой, олхазарш! Цхьогал, х1ара акхарой схьагулдарна хьуна баркалла. Сайн хьехарш аса хьуна т1ера д1адолор ду. Хезаш дуй хьо?
- Хезаш ду.
- Цхьогал, х1инцачул т1аьхьа и хьайн х1илла ма леладелахь. Котамаш лечкъо нехан буьн чу а ма кхийда, ялтийна зуламе а долуш дехкий ду хьуна. Ахьа дехкий даа. Хьан 1ай лелош йовха кетар а ю. Хьо меца а дац. Хастам бе хьайна деллачу диканна.
- Со хастам беш ду сайна деллачунна. Ахьа луш берг дика кхетам бу - реза хилира цхьогал Лоьмо аьллачунна.
Т1аккха борз йистхилира, йиш хаьлла г1арг1аш а беш:
- Сийлахьниг, аса х1ун дан деза? Пхьагал лаца а ка ца йолу. Долчу дас доханна т1е а ца кховдуьйту. Къан а елла со, меца а ю со. Даа напг1а аса мичара лаха деза?
- Гу т1е а юьйлуш эрна ма уг1а, кхерамаш а ма тийса. Наха дажа д1алаьхканчу бежнашна а ма теба, ижонна нехан керта а ма кхийда. Жа юккъе лелхаш уьстаг1ийн дуьмеш а ма цеста.
- Кхин х1ун дан деза аса?
- Хьуна луш напг1а ма ду. Къиэелла бежна хьан пхьор ду. Хьо реза ца хила бахьана дац. Ахьа нахана беш пайда бац. Ахьа к1а а ца доь, асар а ца до. Айхьа бечу пайденга ла а дог1ий, еза а ца еш, текъамаш а ца беш, 1адда 1е, - аьлла, жоп делира Лоьмо.
- Йистхила дог хилла меттахъяьлла д1ай-схьай хьийзара Чаг1алкх.
- Чаг1алкх, ахьа х1ун олу? Хьо д1ай-схьай х1унда хьийза, сера дайна котам санна?
- Оцу д1огарчу къорзачу-къийге къамел дийра дара аса, ахьа пурба делчи.
- Пурба ду хьуна, де хьайн къамел.
Чаг1алкх д1а а схьа а йолаелла, хьалхара аьтту цхьа ког а айбина, дита т1е хьалахьаьжира.
- Схьа охьайоссахьа, суна герга хилахьа къорза-къиг, хьо дукха яха. Ма хаза ю хьо, ма дика ю хьо. Хьоьца гергарло таса лаьар-кха суна, - элира чаг1алкхо.
Къорза-къиг кхоссаелла лахарчу гаьн т1е хиира.
- Ч1акъ-ч1акъ! Ч1акъ-ч1акъар-ч1акъ! - Со ладуг1уш ю-кх тешам боцу экха, х1ун ала йоллура хьо? Х1ун гергарло дезара хьуна соьца?
- Ирах а йирзина къамел дан со хууш яц. Суна юххе лаьтта охьайоссахьа.
- Муц1ар ира ю хьан, бага йоккха г1аттайо ахьа. Хьан х1илла суна девза. Сох даар хьуна хир дац, муьста хьожа йог1у чаг1алкх, - аьлла, т1емаш тоьхна г1аьттина, дитта боьххье хиира къорза къиг.
- Хьажал, х1ай сийлахь паччахь, кхин сох ца теша и олхазаран некъий.
- Бехк а бац, церан хьох ца тешарх. Хьан аьшпан, х1иллий царна девзина, хьан ямартлонаш гучуйийла. Хийла, эвла йисте яжа лаьхканчу г1езашна юккъера г1аз а ядийна, бедашна юккъера бад лаьцна ахьа а хьох терчу цхьогало а. Олуш хезний хьуна илли:
«Боккхачу 1ам т1ехь,
Шуьйрачу 1ам т1ехь,
Мокхачу г1езо нека до.
Сан т1ам бойна,
Со лазийна,
Яда лууш яц со.
Цхьогал, х1илланца,
Лечкъаш, тебаш,
Бердаца гучуделира.
Мокхачу г1езо
Дехар дира:
Цхьогал, ма елахь со,
Сан бераш ду кхаба дезаш.
Къинхетам бе царех»
Иштта и хьесталушшехь, цхьогало т1екхетта схьалаьцна, мокха г1аз шена хьуьнах яьхьна йиъна. Цхьогало а, ахьа а шаьшшиннан х1илла а дитий, кхин напг1а лаха - жоп делира Лоьмо.
Меллаша болабелла герга а беъна сай бистхилира.
- Цхьа ши дош ала пурба лохьа суна Х1ай сийлахьниг. Со маттана шера бацахь а ала дезарг хууш бу.
- Пурба ду хьуна ши дош ала, лаахь кхо дош ала а.
- Шуна ма хаъара аса деш зиэ а дац, зулам а дац. Буц а йоу, хи а молу. Со нехан ялташна т1е а ца кхийда. Х1етте а оцу д1огарчу барзо шен ка ма-елли сан эса доу. Д1асацаел иза.
- Хьо бакъ лоь. Шен амал цо ца йитахь, и тайпа зуламаш цо кхин дахь, цуьнан г1уллакх таллархочуьнга д1алур ду вай, - элира Лоьмо.
- «Хьуьнк1-хьуьнк1-хьуьнк1!» - олуш хезира массарна а.
- И х1ун яра? Цунна х1ун оьша? - дистхилира Лом.
- Нал ю! Еха муц1ар йолу «хьуьнк1-хьуьт1ар! - элира цхьогало.
Ша-шега луьйш яппарш а еш, варшах хьала елира нал.
- …Аьлчи а х1ун дара, дуй хьуна, дец хьуна! Соьга ала х1умма а дуй хьан, х1ай сийлахьниг?
- Дика ду хьо схьа гучуяьлла. Хьоьга ала дезаш ду: Хьуна баа хьуьнан кхораш а хьаьмцаш а бу, муьста 1ежаш а элхьамчаш а ду. Хьо ерстана ятт1а йолла, ц1ога тесна лаьттахара 1аь1а д1айийна хьаьжкаш, картолаш х1унда йоу ахьа? Дийцал хьуьнк1а-хьуьт1ар? Ахьа асар-м ца динера царна? Ахьа и тайпа зулам дахь могуьйтур дац хьуна! - д1ахьедира Лоьмо.
Нал, шена и ца хезчуха, «хьуьнк1-хьуьнк1-хьуьнк1!» - аьлла, варшахула д1аяхара.
«Тахь-тахь-тахь! Ура! Ура!» - мохь хезара массарна а кондаршна юккъера схьа. Иза хиллера Лоьмо аьллачунна реза хилла лергаш вовшах а детташ йоьллу пхьагал.
- Х1ей, хьо х1ун ю? Схьа гучуялал, кондаршна юккъехь д1а а ца лечкъаш! - дистхилира Лом.
- Со яра иза-м лергаш деха пхьагал. Со зулам деш а яц. Бакъ ду майра-м ю!
- Майра хилла ахьа х1ун дина? Хьох мила кхоьра?
- Сох пхьидаш кхоьра! Со т1ейолаелча хи чу 1ункар лелха уьш.
- Хьо ч1ог1а майра ю. Амма д1ахоалда хьуна деха лергаш дерг. Ахьа нехан стоьмин беш чкъор дууш яжахь, аса и ши лерг а лаьцна барзана д1алур ю хьо!
- Ватта сан дела, Сийлахьниг, дукха г1иллакх доцуш ма алахьа. Ахьа боххург дийра ду аса-м. Кхин йожар яц аса нехан бошмаш.
- Ма йохае, зенехь дерг ма де, - элира Лоьмо. Иштта акхарошна хьехар дира Лоьмо, цара хаьттанчунна дуьхьал жоьпаш а делира. Т1аккха цо дош лечанна делира.
- Олхазарийн паччахь Леча ду дистхила лууш, ладог1алаш хьоме акхарой, олхазарш!
Лечано, шен йиш а тойина къамел долийра.
- Хьоме олхазарш! Шу дацахьара йиш яцара. Деса хир дара 1алам. Адамаша шух «Тхан доттаг1ий олхазарш» олу. Делахь а сан шуьга хатта дезаш а, ала дезаш а цхьацца х1ума ду. Г1ирг1а, хьуна баркалла х1ара олхазарш схьагулдарна. Делахь а раг1 хьуна т1ера йоло лаьа суна. Наггахь шок а тухуш оцу х1аваэхь го бохуш хьийзар х1ун г1иллакх ду хьан?
- Ижонна б1аьрг кхарстош хьийза со.
- Хьан даар дехкий ду, ялташна зуламе садолу х1уманаш хьан кхача бу. Х1етте а къеначу бабин нана-котамна т1аьхьара к1орни дадор х1ун г1иллакх ду хьан?
- Мацалла г1аддайчи дадийна, кхин дадор дац.
- Хаалахь, адамашна зенехь дерг дан мегар дац.
- Аьрзу, хьо олхазарийн эла ду. Хьоьгахь сийлаллин дарж ду, лаьхьарчий а, моьлкъарчий а ахьа доу, оьпарчий а уьнт1апхьидаш а ахьа йоу, дехкий а мука-дехкий а ахьа доу. Оццула рицкъа хьайна деллашшехь х1етте а хьайн йижарий хьозий, кегийра олхазарш х1унда доу ахьа?
- Со меца йисчи дера хуьлу.
- Дера хила мегар дац. Г1иллакхехь хила еза.
- Реза ю со ахьа бохачунна - аьлла, т1етайра аьрзу.
- Х1ей ч1об! Схьадерзал цкъа ладог1ал. Буьйса массо а х1уманна садо1а елла. Наб еш долчу адамашна, акхарошна, олхазаршна новкъарло а еш буса сахиллалц «Ч1о-о-б! Ч1о-о-б!» бохуш дека х1унда дека хьо?
- Хьан сийлалла, буьйсанан тийналла йохош уггаре а хазаниг сан аз ду аьлла къобал дина-кх со Цуьнан возалло. Х1ун де ас ткъа?
- Дека хьо. Хьо декаш-м суна а хета хаза, - реза хилла т1етайра ламанан Леча. Т1аккха иза дистхилира Къорза-къийге.
- Х1ей къорза-къиг! Т1емаш доца ду хьан, ц1ога деха ду. Хьо къорза а ю, хаза а ю. И аз ма вон ду хьан. Ахьа буьйцург адамийн мотт а бац, хьан декар олхазарийнчух тера а дац. «Ч1акъар-вакъар-пакъар» бохург и х1ун ду хьан?
- Тхан къорза-къийгин мотт бу иштта. Дуьненан г1иллакх ду-кх шен-шенна мотт балар. Х1оранне шен-шен мотт хьоме бу. Маьттаза ма баккхахьа тхан мотт, х1ай сийлахь паччахь.
- Хьо а бакъ лоь. Бехк ма билла. Лар а бе шар а бе шешан мотт - элира Лечано. Т1аккха иза дистхилира Ч1ег1ардиге.
- Х1ей ч1ег1ардиг!
- Ва-а вай.
- Нехан ц1енна юххе, раг1ош к1ел бенаш до аша. Наха шун баннаш лардо. Бераша а новкъарло ца йо. Оццулла шайца г1иллакх лаьцчи, гурахь цхьаннен а 1одика а ца еш «т1ап» олий дов шу. И х1ун 1едал ду шун?
- Х1ун дийр ду ткъа. Иштта диллина-кх тхуна.
- Дика ду. И къайле а шуна юьтур вай. Цхьа куна - ши куна, куна-коьштара-ч1амарг1ана ч1ижжикъ» олуш 1едал ду шун. Йиш лакхар ду иза, я вовшашка къамел дар ду?
- Вовшашка къамел до оха иштта.
- Д1а де х1ета шешан къамел. Вониг ма дийцалаш, - элира Лечано.
Иштта олхазаршна хьехар дира Лечано. Цул т1аьхьа д1ай, схьай къаьстира акхарой, олхазарш. Хазчу 1аламо шайна кхоьлланчу хьелашна реза хилла, хьаннашкахула, 1аннашкахула, буц-аренашкахула дуьйладелира уьш.
Хьоме бераш, х1ара туьйра аса шуна 1аламан хьелаш, акхаройн, олхазарийн дахар довзийта 1алашо йолуш яздина. Тидам бе, ларде, 1амаде 1аламан хьелаш!