Хьалхара аг1у


ОЛХАЗАРШ


Хьийзина месаш йолу пеликан

Ц1иэн бос болу пеликан

Г1ург1аз

Акха г1аз

Мокха акха г1аз

Акха бад

1аьржа акха бад

Мокха акха бад

Тодакх

Г1араг1ули

Хин олхазар

Мокъа хин олхазар

Къайн лаг долу хин олхазар

К1уж болу хьоза

Ц1иэкогашберг

Ц1ога лесто хин олхазар

Аьрзу

Аренашкара аьрзу

К1айн корта болу аьрзу

1аьржа аьрзу

Лаьхьарчий дуу аьрзу

Маж йолу аьрзу

К1айн ц1ога долу аьрзу

Можа беснеш йолу аьрзу

Можа т1уьска йолу аьрзу

Дарта

Г1ирг1а

1аьржа г1ирг1а

Ц1иэн г1ирг1а

З1угарчий йоу г1ирг1а

Куьйра

Жима куьйра

Къорза куьйра

К1айн куьйра

Леча

Хьарг1а

Кхаллакъ

Къиг

Човка

Къорзакъиг

Бух1а

Жима бух1а

Лергаш долу жима бух1а

Акхан1аьна

Бецамеъ

Байт1акусказ

Къоракотам

Лекъ

Кхокха

Кечал-кхокха

Къор-кхокха

Оттйокх

Ч1об

Х1уттут

Селасат

1аьржа корта болу селасат

Ж1аьлин-къорг

Баьццара ж1аьлин къорг

Хенак1ур

Баьццара хенак1ур

Къорза хенак1ур

Алкханч

Шоршал

Суьйлин-ч1ег1аг

Кукм1аьв

Хьозий

Н1аьвла

Буьйсанан мокха хьоза

Ч1ег1ардиг

Дургли

Х1уьрц1алдиг

К1айн х1уьрц1алдиг

Хьуьнан хьоза

1аьржа хьоза

Т1улган г1айренашкара хьоза

Къор-б1елиг

Ц1ик-ц1ик хьоза

Ц1ир-ц1ир

Бешара хьоза




ХЬИЙЗИНА МЕСАШ ЙОЛУ ПЕЛИКАН

Хьийзина месаш йолу пеликан – 'Кудрявый пеликан' Хьийзина месаш йолчу пеликанах оьрсаша "Кудрявый пеликан" олу.

Вукху ц1иэ бос болчу пеликаначул хийцамаш дукха бац цуьнан. Месаш к1ай ю, сиро бос а болуш. Т1емаш мокха ду, жимма сиро бос а бетталуш. Г1ортанна т1иэхьара месаш еха а, хьийзина а ю. Д1ай-схьай даржичи т1емаш шина метре кхочу.

Вукху ц1иэ бос болчу пеликанан санна ду цуьнан дахар. Иза хуьлчу меттигашкахь хуьлуш а ю.



Ц1ИЭН БОС БОЛУ ПЕЛИКАН

Ц1иэн бос болу пеликан – 'Розовый пеликан' 
Ц1иэн бос болчу пеликанах оьрсаша "Розовый пеликан" олу.

К1еззиг ц1иэ бос а бетталуш к1ай ю. Т1емаш йоьххьера 1аьржа ду. Коьрта т1ехь жима к1ужал бу. Еха з1ок ю цуьнан. З1акарна к1елахь т1аьрсиган т1оьрмиг бу. Т1емаш д1а-схьа даржийчи 2 метр ду. Х1урдан г1айрешца, бердащца, хишца, 1аьмнашца хуьлуш ю пеликан.

1аьржачу х1урдан къилбаседа-малхбузехьа х1урдан йистошца а, Азов х1урдан йистошца а, Каспийски х1урдан къилбаседехьа йистощца а, Г1алмакхойн аренашкарчу 1аьмнашкахь а, Казахстанехь а, Малхбезехьа Сибрехахь а ю уьш. Дозанал арахьа Румынехь а, Африкехь а, Сирехь а, Иракехь а, Къилбаседа-Малхбузехьа, Индехь а ю пеликанаш. Вайн республикехь наггахь бен гучу ца йовлу уьш. Б1аьста къилбехьара бовхачу махкара схьайог1уш а, гурахь юха цига д1айоьлхуш а вайн хиш, 1аьмнаш долчохь; цхьана к1езигчу ханна сеца уьш. Х1инцачул хьалха Теркан йистошца а, 1аьмнашкахь а баннаш дора цара. Дукха а ч1ерий долу меттигаш, буткъа эрз болу тог1еш еза царна.

Баннаш дечу хенахь яккхийра тобанаш хуьлу церан. Цара баннаш до 1аьмнаш долчохь, буькъа эрз болчу, адамашна т1екхача хала долчу меттигашкахь. Баннаш эрзах а, бацах а диттийн генех а до цара.Хоьаш апрель-май баттахь до. Шиъ до х1ораммо х1оа. Тойнахь 33-38 дийнахь 1а. К1орнеш йоха июнь-июль баттахь. Таь1на мокхачу басахь хуьлу уьш.

Ч1ог1а ларлуш олхазар ду иза. Стаг юххе ца кхочуьйту цо. Г1аттар хала ду цуьнан. Т1емашца г1оттуш хи т1оьхула когаш а бетташ йоьду иза. Ядар чехка ду, генна охьа т1емаш а лестош. Т1оьхула хьийзаш 1едал а ду цуьнан. Г1еранца х1аваэхула мог1а бой йоьлху уьш. Г1араг1улеш санна са бой а йоьлху. Хи т1оьхула нека до цара. Амма хи буха ца лечкъа уьш. Ч1ерий доу цара, хи гомхачу д1а а лоьхкуш, з1акаршца каде схьа а луьйцуш.


Г1УРГ1АЗ

Г1ург1аз – 'Лебедь' Г1ург1езах оьрсаша "Лебедь" олу.

Г1ург1аз шина-кхаа тайпана ю. Юххехьара з1ок можа ю уггаре а йоккхачу г1ург1езан. Къоначийн з1акарш ц1ечу басахь хуьлу. Тундран 1аьмнашкахь хуьлу уьш. Д1ай-схьай йоьлхучу хенахь х1орднашкахь а хуьлу. Баннаш шишша цхьана къастина до. Х1оьаш ма баттахь до 4-6. Жимма можа бос бетталуш къайн хуьлу х1оьаш. Хина бухахула ца лела иза. Кортий, г1ортий хи буха оьхуьйту цо. Т1емашца г1аьттина йоьдуш г1орта хьалха д1аяхйо. Екар хаза ду цуьнан "гангго... ганг-го" бохуш. 1аламехь к1езиг ю уьш. Цундела царна таллар дихкина.

Ц1иэн з1ок йолу г1ург1аз. Цуьнан з1акаран бухехьа 1аьржа ма1а ю. Можа з1аг ерш санна к1езиг ю уьш а. Хин берда йистошца эрзалахь до цара х1оьаш. Тойна май бутт чекхболлуш доккха 6-8 х1оа до цхьаммо. Т1емаш жимма хьала а айдой, хаза саттийна латтайо цо г1орта. З1ок нисса охьаерзийна латтайо. Аз г1орг1а ду, йиш - хаьлчи санна. Хи буха кхийдаш ежа иза. Хин соьналлаш а цхьацца садолу х1уманаш а йоу цара.


АКХА Г1АЗ

Акха г1аз – 'Дикий гусь' Акхачу г1езах оьрсаша "Дикий гусь" олу.

Акха г1езаш масех тайпана ю, к1айн а, мокха а. Ц1ахь кхобучу г1езийчулла ду церан дог1маш. Цхьаерш кегийро ю. З1акарш а, когаш а ц1иэ хуьлу церан. Юткъа еха хуьлу церан г1ортош. 1аьржа з1акарш йолуш а ду акхачу г1езийн тайпа.

Хиш, 1аьмнаш долчу меттехь, бецан а, ялтийн а аренашкахь, хьаннийн йистошкахь хуьлу уьш. Д1ай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Шишша цхьана х1уттий до цара баннаш, хин бердан йистошкахь, 1аьмнашкахь, эрз болчу тог1ешкахь, тоьлгашкахь, шачйолчу меттехь.

Бен буха буц а юьллуш, месийн до а дуьллуш тобо цара. Можо бос а болуш 4-6 х1оа до г1езо. Аз ч1ог1а декаш ду акхачу г1езан. Тобанаш йой лела уьш. Адамах, экханах ларъяла хаьа царна.


МОКХА АКХА Г1АЗ

Мокха акха г1аз – 'Серый гусь' Мокхачу акха г1езах оьрсаша "Серый гусь" олу.

Ц1ахь кхобучу г1езал дег1ана жима ю иза. Г1орта жимма йоца а, стомма а цуьнан, вукху г1езачул. З1ок, можо бос болуш, ц1иэ а, йоца а ю. Когаш можо бос бетталуш ц1иэ бу.

Х1урдан йистошца а, хищца а, 1аьмнашкахь а хуьлуш ю и тайпа г1езаш. Д1ай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Боьршачой, стечой, шишша цхьана кхетий до баннаш. Х1урдан йистошца а, хин бердан йистошца а, оьрзалахь, шочалахь, тоьлгашлахь до цара баннаш. Х1оьаш июнь баттахь до 4-6. Т1ема йовдар хала ду церан. Т1емаш доцийро хиларна чехка лесто деза. Т1ома евдда лакхахула лела церан г1еранаш. Х1урда чохь, хиш чохь, 1аьмнаш чохь иштта берда йистошца а карош йолу садолу х1умнаш, кхоьбарчий, соьналлаш йоу цара.


АКХА БАД

Акха бад – 'Кряква' Акхачу бедах оьрсаша "Кряква" олу.

Ц1ахь кхобучийл дог1маш долуш ю акха бедаш. Бедан-н1аьна хаза ю. Баьццаран бос лепаш бу цуьнан корта. Лог к1ело ал бос бетталуш ю. З1ок можа ю. Ц1оганан т1оьхуле 1аьржа ю. Когаш, можа бос а бетталуш ц1иэ бу. Стиэ бад 1аьржа т1едарчий а долуш мокха ю.

Акха бедаш дукху а мехкашкахь хуьлуш ю. Д1ай-схьай кхелхаш ду церан дахар. 1аьмнашкахь, хин бердан йистошкахь бецан тоьлгашлахь, оьрзалахь до цара банаш. Х1оьаш дан юьйлало апрель баттахь. 7-12 х1оа до цхьана бедо. К1орнеш т1емашца г1овттало август баттахь. Екар ц1ахь кхобучу бедачух тера ду. Яжар хи чохь ду хина буха а ческъаш. Т1емашца йовдар чехка ду. Хи чохь карош йолу садолу х1уманаш а, кхоьбарчий а цхьацца соьналлаш а йоу цара.


1АЬРЖА АКХА БАД

1аьржа акха бад – 'Черная кряква' 1аьржачу акха бедах оьрсаша "Черная кряква" олу.

Ц1ахь кхобучу бедачулла ду 1аьржачу бедан дег1. Бедан н1аьна а, стиэ бад а цхьана басахь ю, мокхачу месаш т1ехь 1аьржа т1едарчий а долуш. Жимма сирло ю чук1ело. З1ок 1аьржа ю, можа йоьхьиг а йолуш.

Хишца, 1аьмнашца хуьлуш ю 1аьржа акха бедаш. Баннаш дар а хин тог1ешкахь ду.

Май баттахь х1оьаш до 7-10.


МОКХА АКХА БАД

Мокха акха бад – 'Серая утка' Мокхачу акха бедах оьрсаша "Серая утка" олу.

Ц1ахь кхобучул дег1ана жимо ю мокха акха бад. Бос мокха бу цуьнан, т1емаш ал басахь ду. Стиэ бад къорза букъ болуш ю. Некха т1ехь 1аьржо бос бетталуш ю цуьнан месаш. З1ок а, когаш а можа бу. Вуьш санна хишца, 1аьмнашца хуьлу мокха бедаш. Яккхийра г1еранаш ца хуьлу церан. Баннаш екъчу меттехь, хишна генахьо до цара.

Май бутт юккъе болуш до цара х1оьаш 7-11. Х1оьаш можа бос бетталуш, к1ай хуьлу. Т1емашца йовдар чехка а, атта а ду. Яжар вукху бедийн санна хишца а, аренашца а ду.


ТОДАКХ

Оьрсаша "Дрофа" олу тодакхах. Доккха олхазар ду иза. Корта а, г1орта а овкъаран басахь ю цуьнан. Букъ хьаьрса бу, пурхалхьаша 1аьржа сизаш - т1едарчий а долуш. Чук1ело сира ю, т1емаш к1ай ду 1аьржачу месийн йист а йолуш. Боьршачу тодакхан лог к1ел 1аьржа мас ю.

Тодакхаш хин тог1ешкахь а, буц-аренашкахь а, хьаннийн йистошкахь а хуьлуш ю. Адамаш к1езиг лелачу меттехь до цара баннаш, жимма лаьттах к1аг а боккхий, буха х1ума а ца юьллуш. Тойна апрель баттахь доккху. Х1оа шиъ я кхоъ до тодакъо. Баьццара бос а болуш, 1аьржа т1едарчий а долуш хуьлу цуьнан х1оьаш. Тойна доккхачу хенахь н1аьна юххехь ца соцу. Тойнахь 1еш йолу тодакх шен басца бецех д1аоьй хуьлу. Цундела адамийн а, акхаройн б1аьрг т1е ца кхуьу цунна. К1орнеш кхианчул т1аьхьа г1еранашца хуьлу тодакхаш. Лаьттара хьала г1овттар хала ду церан. Г1евттина евллачул т1аьхьа йовдар чехка ду. Генна хьалий, охьий кхочуьйтуш ластабо цара т1ам. Х1аваэхь мог1а бой ца йоьлху уьш. Даар соьналлаш а, садолу х1умнаш а, бецан х1у а ду. Уьш 1аламехь к1езиг йолу дела, царна таллар дихкина.


Г1АРАГ1УЛИ

Г1араг1ули – 'Журавль' Оьрсаша г1араг1улих "Журавль" олу. Хаза а, доккха а, когаш т1ехь лекха а олхазар ду иза. Б1аьста яьлча, апрель беттан деношкахь, вайна го стиглахь мог1анаш дина схьаоьхчу г1араг1улин г1еранаш. Церан зевне а "къар-р-р-р! Къар-р-р-р!" бохуш г1орг1ачу декаро адамийн дегнашка б1аьстенан бовха кхаъ бахьа. Гуьйранна сентябрь кхилбехьа бовхачу махка юха д1акхелха г1араг1улеш. Екхначу стиглахь 1аламан исбахьа сурт х1оттадо мог1анаш хуьйцуш йоьдучу г1араг1улин г1ерано а, церан зевнечу аьзнаша а.

Г1араг1улин з1ок нийса а, еха а, ира а ю. Г1ортош еха ю. Настарш лекха а, юткъий а ю цуьнан. Ц1ога доца ду, месаш охьайирзина кхозуш а йолуш.

Г1араг1улеш ялх тайпана ю вайн мехкашкахь. Церан дахар д1ай-схьай кхелхаш ду. Б1аьста бовхачу мехкашкара къилбаседехьа хьала йог1у уьш, гурахь къилбехьа бовхачу мехкашка юха йоьлху. Г1араг1улин коьрта туьтан т1ехь мас йоцуш меттиг ю. Нилхха чо а болуш. И ялхе а тайпа г1араг1ули шен-шен беса ю. Масала, уггаре а йоккханиг мокхачу басахь ю т1еман йоьхьигаш 1аьржа а йолуш. Цуьнан лаг а 1аьржа ду, б1аьрга т1ера охьа шина а аг1ор к1айн сиз а долуш. И шиъ сиз г1орта кхаччалучохь букъ т1ехь вовшаххоттало. Коьртан туьтанна т1иэхьа ц1иэ т1еда бу цунна. Когаш 1аьржа бу.

Г1араг1улин яхар тундрехь хьаннашкахь а, буц-аренашкахь а лаьмнашка кхаччалц ду. Боьршан, стен шиъ цхьана хуьлу г1араг1ули. Баннаш дечу хенахь г1еранаш хуьлу церан. Хиш, 1аьмнаш долчу меттехь совцу уьш. Баннаш лаьттахь до цара бацах, кхин йолчу соьналлехь, оьрзалахь а, шач йолчу тоьлгашкахь а, диттан кондаршлахь а. Х1оа шиъ до г1араг1улино, вайн ц1ерачу котаман х1оьан кепехь. Баьццаро бос а бетталуш, ц1иэ т1едарчий а долуш хуьлу цуьнан х1оьаш. Тойна апрель, май беттанашкахь доккху цо. Ч1ог1а ларлуш 1едал ду г1араг1улин. Адам аьттехьа г1оьртича бенара г1оттий д1айоьду иза. Т1ома г1аьттина йоьдучу хенахь д1аяхйина г1орта а, т1иэхьаша д1ахецна ши ког а цхьана мог1ара нисбо цо. Цундела х1авао доьхьало яр к1езиг ду.

Баннаш дечу хенахь масех г1араг1ули цхьана а кхетий рог1-рогг1ана охьахууш, хьалаг1оттий кхиссалуш, т1емаш охьа а охкадой маьхьарий хьоькхуш "хелхар" до цара.

Г1араг1улин даар борц а, горох а, к1а а, бецан х1у а, бецан соьналлаш а, садолу х1уманаш а, цхьацца акха стоьмаш а ду.

Ал-басахь а, к1ай а, 1аьржа а хуьлу г1араг1улеш.

1аламан хазна еш уьш хиларе терра г1араг1улеш ларо декхар ду адамийн.


ХИН ОЛХАЗАР

Хин олхазар – 'Поганыш' Хин олхазарш дукха ду. Вайн махкахь хуьлуш долчех ду алкханчал жимма доккха олхазар. Оьрсаша "Поганыш" олу цунах. Таь1начу ал басахь ду иза, букъ т1ехь къорза т1едарчий а долуш. Чук1ело стигал басахь ю к1ай т1едарчий а долуш. Хенашкахь к1айн, 1аьржан пурх мог1анаш ду. З1ок юххехьара ц1иэ ю, йоьххьера баьццара бос а бетталуш можа ю. Когаш а баьццара бос бетталуш бу. Баннаш хин тог1ешкахь, 1аьмнашкахь, оьрзалахь, бецан тоьлгашкахь, толлан кондаршлахь до цара.

Тойна май-июнь баттахь доккху. 8-10 х1оа до цо, ал басахь т1едарчий а долуш. Сарахь а, буьйсанна а т1ахъолий хуьлу иза. Лелар лечкъаш ду. Т1ома дадарна т1иера дац. Г1аьттина дедчи а гена далале охьа а хоий, бацалахь, я эрзалахь лечкъий, т1ап олий дов. Дадар чехка ду. Баца т1ехула а, г1аш т1ехула а ца лела. Хи т1ехь нека дар к1езиг ду. "Уитъ... уитъ... уитъ" - бохуш ду цуьнан декар. Н1аьний а, кхоьбарчий а, кхин садолу х1уманаш а йоу цо.


МОКХА ХИН ОЛХАЗАР

Мокха хин олхазар – 'Авдотка' Кхин цхьа тайпа а ду хин олхазар, даккхийра можа б1аьргаш а долуш, г1амаран басахь къорза букъ а болуш, можа з1ок а йолуш. Оьрсаша "Авдотка" олу цунах. И олхазар деддачу заманчохь гучу а йолуш цхьацца гучу а йолуш цхьацца к1айн моха ю т1емаш т1ехь. Хиш, 1аьмнаш долчу меттехь хуьлуш ду и олхазар. Бен г1амарлахь а, т1улган жаг1и т1ехь а бо цо, буха х1ума а ца тосуш, жимма к1аг а боккхий. Цуьнан бен атта карош бац, я жаг1и а г1амарлахь а гуш а ца хуьлу. Ца хууш, т1е ког баккха а тарло цуьнан х1оьашна. Тойна апрель баттахь доккху 2-3 к1орни хуьлу цуьнан. Стен - боьршан шишша цхьана хуьлу уьш. Гурахь г1еранаш йо. "Тар-ли-и... тар-ли-и", бохуш хуьлу цуьнан декар.


К1АЙН ЛАГ ДОЛУ ХИН ОЛХАЗАР

К1айн лаг долу хин олхазар – 'Малый зуек' Кхин цхьакха жима олхазар а ду хин берда йистошца а, 1аьмнашкахь а хуьлуш. Нийса ира 1аьржа з1ок ю цуьнан. З1акарна т1оьхлура коьртан хьалхе а 1аьржа ю. Б1аьргашна гондахьа можа х1оз бу. Когаш жижиган басахь ц1иэ бу. Т1емаш 1аьржа ду, чук1ело к1айн ю. Оьрсаша "Малый зуек" олу цунах. "Пиу-пиу" олий дека иза. Беса т1едарчий а долуш, кегийра хуьлу цуьнан х1оьаш. Тойна апрель баттахь доккху цо. Цуьнан даар садолу х1умнаш ю.


К1УЖ БОЛУ ХЬОЗА

К1уж болу олхазар – 'Чибис' Оьрсаша "Чибис" олу цунах. Йоца з1ок а йолуш, боцийра когаш а болуш ду иза. Т1емаш шуьйра ду цуьнан. Букъ баьццарчу дарийн бос бетталуш бу. Чук1ело к1айн ю. Лога к1ело 1аьржа ю. Корта а 1аьржа бу, б1аьргашна гондахьара к1айн ю. Хиш, 1аьмнаш долчу т1уьнчу меттигашкахь хуьлуш ду и олхазар. Къилбехьа бовхачу мехкашка д1ай-юхий оьхучех иза. Бен лаьттахь бо бецан хаьлгехь. Тойна апрель, май беттанашкахь доккху. Х1оа диъ хуьлу цуьнан, мокха т1едарчий а долуш. Дадар т1емаш ваьштадохкий охьадог1уш, чехка т1емаш тухий айлуш, хьалий-охьий ийлуш ду. Адам юххе г1оьртича цунна чу а хехкалуш бен ч1ог1а ларбо. Садолу х1умнаш йоу цо.


Ц1ИЭКОГАШБЕРГ

Ц1иэкогашберг – 'Травник' Кхин цхьа тайпа а ду вайн кхузахь хуьлуш хин олхазар. Хи чохь нека дан а хууш хин йистошка хуьлуш долчух олу хин олхазар. Царех ду кхин цхьакха тайпа олхазар ц1иэ когаш а болуш. Ехийра ю цуьнан настарш. З1ок ира а, нийса а ю цуьнан. Букъ мокха бу луьста 1аьржа т1едарчий а долуш. Чукъело к1ай ю, ц1ога а т1оьхлара к1ай ду цуьнан. Шина а т1ома т1ехь к1айн моханаш ю, г1аьттича гуш. З1ок юххера ц1иэ ю. Оьрсаша "Травник" олу цунах. Хин берда йистошкахь 1аьмнашкахь, т1уьнчу тог1ешкахь ду цуьнан дахар. Бовхачу махка д1ай-схьай доьлхачех ду иза а. Цхьайолчу меттигашкахь яккхийра г1еранаш хуьлу церан. Бецан тоьлгашлахь до цара баннаш. Х1оа диъ хуьлу т1ехь т1едарчий а долуш. Тойна май баттахь, июнь юккхе кхаччалц а йолчу хенахь доккху. Декар "тю-ли, тю-ли", бохуш ду.


Ц1ОГА ЛЕСТО ХИН ОЛХАЗАР

Ц1ога лесто хин олхазар – 'Перевозчик' Бовхачу махка д1ай-схьай кхелхачех кхин цхьакха а ду вайн махкахь хуьлуш хин олхазар. Оьрсаша "Перевозчик" олу цунах. Букъ мокха бу цуьнан, чук1ело к1айн ю. Кхоьчу хин олхазарийчул йоцо ю з1ок. Когаш а церачийл боцийро бу. Хин тог1енашкахь 1аьмнашкахь хуьлуш ду и тайпа олхазарш. Хин берда йистошца, оьрзалахь а, г1амаран г1айреш т1ехь а до цара баннаш, лохо к1аг а боккхий, цу чу екъа бецаш а йохкуш. Бен къайлехь хуьлу цуьнан я куллан кондарна к1елахь, я бецан тоьлга к1елахь. Х1оьаш жимма ц1иэ бос а бетталуш, ц1иэ т1едарчий а долуш хуьлу. 4 х1оа до цо. Додачу хенахь "ти-ти-ти-ти", "пюи-пюи" олий дека иза. Цхьаъ ша хуьлу иза, баннаш ден хан кхаччалц. Дукха хьолахь хи юккъерчу гоьрга т1е я чалхаш т1е хоий 1а иза, ц1ога а лестадеш. Хи т1оьхула дадар цкъа т1емаш ваьшта дохкуш, т1аккха чехка уьш ластош, хьалий-охьий ийлуш ду цуьнан. Садолу х1умнаш йоу цо .


АЬРЗУ

Аьрзу – 'Орел' Аьрзунах оьрсаша "Орел" олу.

Аьрзу уггаре а доккха олхазар ду. Аьрзунийн ворх1 тайпа ду. Вайн махкахь хуьлаш ю царех цхьаерш. Ламанан аьрзу. Йоккха аьрзу ю иза. Ал-1аьржа бос бу цуьнан. М1араш яккхийра ю. Онда ю з1ок а йоьххьера охьа а хьаьвзина. Ламанца а, охьанехьа хьаннашкахь а хуьлуш ю иза. 1ер, дахар цхьана меттехь хуьлу. Я ижонна, я кхоьчу бахьнашца меттигаш а хуьйцу. Т1екхача аьтту боцчу ламанан даккъашкахь, диттийн генех бо ца бен. Чу мас а, кхин к1еда х1ума а юьллуш тобо цо иза. Цхьаъ я шиъ бен ца до цо х1оа. Апрель баттахь тойна хоу. Екар-аз г1орг1а ду "кхекъ-кхеъ-кхеъ". Ижонна пхьагал а, цхьогал а, кхин долу экха а, олхазар а лоцу цо.


АРЕНАШКАРА АЬРЗУ

Аренашкара аьрзу – 'Степной орел' Аренашкара аьрзух оьрсаша "Степной орел" олу.

Аренца а хуьлу аьрзу, 1аьржачу басахь. Бен синтарех бо цо. Бен к1адбеш чуйохкий хуьлу, кхакханан кердигаш, бехчалгаш, месаш. Бен чан я элан рог1а т1ехь а, лекхчу гу т1ехь а бо цо. Тойна апрель-май беттанашкахь доккху. Шиъ я кхоъ хуьлу к1орни. Телеграфни б1ег1нашна т1ехь а чан рог1а т1ехь а хевшина 1аш хуьлу уьш. Адамех къахкар вукху аьрзунийн санна дац. Дикка герга г1ортталц д1а ца йоду аренгара аьрзу. Ижонна таллар - г1аьттина йоьдуш а хиъна 1еш б1аьрг кхарстош а ду. Дехкий а, ялташна зуламе садолу х1уманаш а яарна пайдехь лерина аренгара аьрзош.


К1АЙН КОРТА БОЛУ АЬРЗУ

К1айн корт болу аьрзу – 'Сип белоголовый' К1айн корта болчу аьрзух оьрсаша "Сип белоголовый" олу. И тайпа аьрзунаш к1езиг ю. Д1айовш лаьтта уьш. Бос мокха бу цуьнан, чук1ело хьаьрса ю. Лаг дерзина ду, к1айчу дон кач бу логехь. Т1емаш д1а-схьа даржичи 2,5 метр ду.

Уьш хуьлу меттигаш Средиземный х1орд Юккъера а Жима Ази, Иран, Афганистан, Пакистан, Крым, Кавказ. Вайн лаьмнашкахь а хуьлу и тайпа аьрзу.

Уьш дукху а йолчу хенахь г1еранаш хуьлура. Х1инца цера г1еранаш яц. Баннаш адам т1е ца кхачалучу меттигашкахь, ламанан лекхачу даккъашкахь, т1улган, мокхазан чхерашкахь до цара. Баннаш даккхийра хуьлу, дечиган синтарех дой. Февраль баттахь доккха к1ай цхьа х1оа до цо. Тойнахь цхьана баттахь, кхаа к1ирнахь 1а (50-52 дийнахь). К1орни кхаа баттахь эха баттахь кхуьу. Деллачу акхаройн, бежнийн дилх доу цара. Х1аваэхь т1ам ца ластош гонаш туьйсу цо. Т1емаш хьалаг1оттош х1аваэ хьала яллалц бен ца лестадо цо. Х1аваэхь дукха лакхахула кхерста иза т1ам ца ластош. Шарой-Органехь, Ч1аьнти-Органехь бен гуш яц уьш. Цигахь гуш билгалъяьлларг иттех бен яц. Уьш доь ца дайта ларо езаш ю.


1АЬРЖА АЬРЗУ

1аьржа аьрзу – 'Черный гриф' Оьрсаша "Черный гриф" олу цунах. Шуьйра, дехий т1емаш а долуш, йоккха аьрзу ю иза. Коьрта т1ехь мокха до ду цунна. Г1орта ерзина ю. Сийна бос болуш ду дерзина лаг. И лаг дег1ах д1ахотталучохь мокхачу месийн кач бу. Горга ю цуьнан з1акарт1ера мер1уьргаш.

Яхар ламанца а, ламанан лахенца а ду. 1ер цхьана меттехь а, д1ай-схьай кхалхарца а ду. Дукха яц и аьрзош. Елла бежна, я говр йолчохь цхьак1еззиг цхьана кхета уьш. Баннаш ламанан даккъашкахь до цара. Х1оа цхьаъ до март баттахь. Ижо лоху вуно лакхара охьа а хьоьжуш, т1ам ца ластош, х1аваэхь го а туьйсуш. Церан коьрта даар еллачу х1уманан дилх ду. Цундела "декъий дуург" олу цунах. К1езиг уьш хиларна ларо хьакъ долуш ю и аьрзу.


ЛАЬХЬАРЧИЙ ДУУ АЬРЗУ

Лаьхьарчий дуу аьрзу – 'Змееяд' Лаьхьарчий дуучу аьрзунах оьрсаша "Змееяд" олу. Дехийра т1емаш а долуш, боккха корта а болуш олхазар ду иза. Букъ 1аьржа бу цуьнан, моккха бос а бетталуш. Чук1ело к1ай ю 1аьржа хийцалуш томмаг1наш а долуш. Т1емийн йоьхьигаш а 1аьржа ю. Цуьнан ц1оганан дохалла 3-4 сиз ду. Б1аьргаш можа а, баккхийра а бу. Месаш нилха а до долуш а ю. Т1емаш д1ай-схьай даржичи 1,8 м.

И тайпа аьрзунаш ю Европан декъехь а Къилбаседехьа Ленинграде а, Рыбинске а, Казани а кхаччалц, Сибрехьа къилбаседа-малхбузехьа кхаччалц болчу мехкашкахь а, Юккъерчу Азехь а, Кавказехь а, Закавказехь а, дозанал дехьа къилбехьа Европехь а, Африкехь а къилба-малхбузехьа Азехь а. Вайн Нохч-Г1алг1айн республикехь и тайпа аьрзунаш ю ламанца а, лаха аренашкахь а, хьаннийн хотешкахь а, хин тог1ешкахь а. Баннаш нилха синтарш а дохкуш , диттийн баххьашкахь до цара. Цхьа х1оа до апрель я май баттахь. Иза к1ай хуьлу. Тойна 45 дийнахь доккху. К1орни х1оьачуьра схьаяьккхинчул т1аьхьа шиъ бутт баьлчи, т1емашца г1отту. Ядар атта ду цуьнан. Х1аваэхь т1ам ца ластош готуьйсу цо. Ижонна лаьтта охьа хьоьжуш, т1емаш а лестош, цхьана меттехь лаьтта иза. Т1ома г1аьттина иза йоьдучу хенахь, дика го некъа т1ехь 1аьржа томмаг1. Екаран аз дахдеш ду. Масала, иштта "хиий-о". Цуьнан коьрта даар лаьхьарчий ду. Наггахь моьлкъа а боу цо, пхьид а йоу. Уьш к1езиг хиларна ларо езаш ю.


МАЖ ЙОЛУ АЬРЗУ

Маж йолу аьрзу – 'Бородач' Маж йолчу аьрзунах оьрсаша "Бородач" олу.

Йоккха аьрзу ю иза готтийро деха т1емаш а долуш, деха й1ога а долуш. Ч1ениг к1ел морсачу месийн маж ю цуьнан. Настаршна т1ехь а, п1елгашна т1е кхаччалц месаш ю. Букъ 1аьржа бу. Чук1ело сирло ю, ал бос а бетталуш. Корта к1ай бу, б1аьргашна т1оьхула 1аьржа томмаг1 а долуш. Шок етташ санна ду цуьнан екаран аз.

Уьш хуьлу Кавказан лаьмнашкахь, Юккъерчу Азехь, Алтайхь, дозанал арахьа кхилбехьарчу Европехь, Африкехь.

5-6 шо кхаччалц к1орни ца доккху маж йолчу аьрзуно. Стен, боьршан ши аьрзу даиманна цхьана хуьлу. Баннаш адам т1е ца кхочехь, ламанан даккъашкахь, мокхазан, т1улган бердашкахь до цара.

Маж йолчу аьрзунан бен боккха хуьлу, цхьа метр стомма а ши метр го болуш а. Баннаш до диттийн генех, кердагех, т1ергах. И цхьа бен дукху а шерашкахь лаьтта. Х1оьаш 1 я 2 хуьлу ал басахь, мокха т1едарчий а долуш. Шина, кхаа баттахь г1овтту к1орнеш. Ижонна таллар х1аваэхь го туьйсуш ду. Еллачу бежанан дилх а, даь1ахкаш а, акхарой а, олхазарш а доу цо.


К1АЙН Ц1ОГА ДОЛУ АЬРЗУ

К1айн ц1ога долу аьрзу – 'Орел белохвост' К1айн ц1ога долчу аьрзунах оьрсаша "Орел-белохвост" олу.

К1айн ц1ога долу аьрзу яккхийрчех аьрзу ю. Цуьнан ц1ога дечиг йоькъачу зайлан кепехь ду. Бос мокха бу, кортий, лахара дегг1ий жимма сирло ду цуьнан. Ц1ога к1айн ду, з1ок можа ю.

Тундрера дуьйна есачу аренашка, лаьмнашка кхаччалц массо а мехкашкахь ю и тайпа аьрзунаш.

Церан дахар х1урдан йистошкахь, хин бердашкахь, тог1ешкахь, ламанийн даккъашкахь ду. 1а доьлчи къилбаседехьара йовхачу метте охьайог1у уьш. Иштта ду церан д1ай-схьай кхалхар. Яккхийра шелонаш йоцчохь цхьана меттехь ду церан дахар. Диттийн генех, синтарех боккха бен бо оцу аьрзуна доккхачу диттан боьххьехь. Дуккху а шерашкахь оцу цхьана бенахь йоху цо к1орнеш. Бен атта д1а ца тосу цо шена адамаша новкъарло ца йичи. Бен бар доладо март-апрель баттахь. Х1оа 2-3 до. К1айн хуьлу уьш. Ларлуш ю иза. Адама герга ца кхочуьйту. Дукъа лекха хьалайолий дац цуьнан х1аваэхь хьийзар. Лахахула х1аваэхь го туьйсуш лоху цо ижо: моьлкъарчий, дехкий, ч1ерий, пхьагалаш, акха бедаш, кхин долу олхазарш. Ламанан чхар т1ехь, я дечиган юьхка т1ехь хохий а 1а иза ижо ларош. Вукху аьрзунийчул ядар хала ду цуьнан. Екаран аз иштта ду "кра-кра-кра!" я "кий-кий-кий!".

З1ок йоккха хиларна а ц1ога к1ай хиларна а, кхоьчу аьрзонех къаьсташ ю иза.


МОЖА БЕСНЕШ ЙОЛУ АЬРЗУ

Можа беснеш йолу аьрзу – 'Стервятник' Можа беснеш йолчу аьрзунах оьрсаша "Стервятник" олу.

Шуьйра, деха т1емаш а долуш йоккха аьрзу ю иза. М1араш аьрта ю. З1ок к1езиг чухьаьвзина еха ю. Беснеш ц1иэ бос а бетталуш можа ю, т1ехь чо а боцуш. К1есаран к1ог т1ера г1ортанна го боккхуш месийн кач бу. Аьрзу ша к1ай ю, т1емаш - йоьххьера 1аьржа ду. Д1ай-схьай даржийчи 1,7 м шуьйра ду.

Кавказан лаьмнийн къилбаседехьа йолчу аг1ор ю и тайпа аьрзунаш. Вайн махкахь наггахь бен гуш яц и тайпа аьрзу. Уьш хуьлу Юккъерчу Азехь а, Казахстанехь а, Закавказехь а. Дозанал арахьа Къилбехьа Европехь а, Жимчу Азехь а, Юккъерчу Малхбалехь а, Индехь а, Африкехь а. Вайн республикехь и тайпа аьрзу тосало Макажахь, Итон-Кхаьллахь, Ялхарахь, Галанч1ожахь, Таргимехь, Джейрахахь. - Баннаш до ламанан даккъашкахь шишша цхьана х1уттий. Бен тобеш, кхакханан кердигаш, т1арг1а я кхин йолу к1еда х1умнаш йохку буха. Х1оа шиъ до, мокха т1едарчий а долуш. Х1оьаш апрель баттахь до. Тойна май баттахь доккху. Июль бутт чекхболлуш г1овтту к1орнеш. Ижу лоху х1аваэхь т1оьхула хьийзаш, я ламанан даккъаш т1е хоий гондахьа б1аьрг кхарстош. Даар еллачу х1уманийн дилх, лаьхьарчий, моьлкъарчий ду.


МОЖА Т1УЬСКА ЙОЛУ АЬРЗУ

Можа т1уьска йолу аьрзу – 'Могильник' Кешнашкахь хуьлучу аьрзунах оьрсаша "Могильник" олу. Шуьйра т1емаш а долуш йоккха аьрзу ю иза. Ц1ога доца ду цуьнан. Бос мокха бу. Бос таь11ана-мокха хиларна 1аьржо ю ала мегар долуш ю иза. Коьртан т1уьска можа ю цуьнан. Белашкахь к1айн т1едарчий ду. М1араш дартананчул кегийра ю. Т1емаш д1ай-схьай даржийчи 2 метр гергга ду.

И тайпа аьрзунаш ю вайн мехкан хьаннашкахь, буц-аренашкахь Малхбалехьа Байкал 1ома т1е кхаччалц йолчу меттигашкахь, Юккъерчу Азехь, цуьнан къилбаседехьарчу дазоне кхаччалц Закавказехь, Туркменехь, Таджикистанехь. Дозанал арахьа малхбузе Европехь, Къилбаседа-Малхбузехьа аг1ор Африкехь, Жимчу Азехь, Иранехь. Вайн республикехь и тайпа аьрзунаш лаха аренашкахь хуьлу. Шишша цхьана хуьлу уьш. Баннаш синтарех до, диттийн баххьашкахь. Х1оьаш апрель баттахь до 1-3. Мекханан басахь ал т1едарчий а долуш к1ай хуьлу х1оьаш. Тойна 45 дийнахь доккху стен а, боьршан а аьрзу рог1-рогг1ана т1е а хуьйшуш. К1орнеш бенара г1овтту июль бутт чекхболуш я август бутт болалуш. Церан даар: пхьагалаш, дехкий, олхазарш - еллачу х1уманийн дилх ду. Вайн республикехь к1езиг ю уьш. Шелковской, Наурский, районехь наггахь тосало и тайпа аьрзу.

Йолу меттиг билгал а йоккхуш ларо еза уьш.


ДАРТА

Дарта – 'Беркут' Оьрсаша Дартах "Беркут" олу. Готтийро т1емаш а долуш, деха ц1ога а долуш йоккха аьрзу ю иза.

И тайпа аьрзунаш ю дозанал арахьа Малхбузехьа Европехь а, Азехь а, Гималайна къилбаседехьа аг1ор а, Къилбаседехьарчу 1америкехь. Вайн Нохч-Г1алг1айн республикехь а ю дарта-аьрзунаш. Баннаш а дина тойна доккхачу хенахь ламанца хуьлу уьш. Цул т1аьхьа лаха аренашкахь а, хьаннашкахь, хин тог1ешкахь массо а меттехь хуьлу. Наггахь бен гуш яц уьш.

Баннаш адам т1е ца кхочехь ламанан даккъашкахь, я лекхачу диттийн баххьашкахь до цара. Даимана шишша цхьана хуьла дарта - стен, боьршан. Дарта тойна даккха йолало 4-5 шо кхаьччи. Бен дакъаделлачу диттийн синтарех бо цо. Х1оьаш март-апрель баттахь до 1-2. К1ай хуьлу уьш, ал бос бетталуш ц1иэ т1едарчий а долуш. Тойна 45 дийнахь доккху. 2 бутт баьлчи йовддург хуьлу к1орнеш. Даар котамаш, кхин долу олхазарш, пхьагалаш, цхьогалаш ду церан. 1ай еллачу бежанийн дилх доу цара.

Вайн республикехь наггахь бен яц дарта. Ч1аьнтийн-Органе новкъахь шиъ тосаелла, Рошничохь цхьаъ, Эвтар юьртана лакххьа цхьаъ тосаелла. Теркал дехьа г1амаран аренашкахь шишша цхьана йолуш итт гина. Ламанан лакхенашкахь Таргим олучу меттехь шиъ тосаелла. Ламанца баннашкахь 10-12 тосаелла.

Уьш к1езиг хиларна ларо езаш ю. Мегар дац и тайпа аьрзунаш йолчу метте д1овш дилла а гур бог1а а.


Г1ИРГ1А

Г1ирг1а – 'Коршун' Г1ирг1анах оьрсаша "Коршун" олу.

Г1ирг1анаш бес-бесара хуьла, таь11ана ал басахь т1емаш долуш, чук1ело къорза йолуш а. Йоьххьера хадийчи санна нийса а, деха а ц1ога, готто т1емаш долуш. Уьш хуьлу ялтийн аренашца а, хин бердан йистошца а, хьаннашкахь а.

Баннаш до дитташ т1ехь, ламанан даккъашца т1улган чхарийн херонашкахь. Бен тобеш буха йохку бехчалгаш, кхакханан кердигаш, т1арг1а, кхин йолу к1еда х1умнаш. Х1оьаш до апрель бутт чекхболлуш - май бутт болалуш. Шиъ я кхоъ х1оа до г1ирг1ано мокха т1едарчий а долуш. Цкъацкъа г1еранаш йой а лела г1ирг1анаш. Декар терсаш ду. Генаро дека хезчи бокъан терсарх теро хета. Ижо лахар лакхара охьа б1аьрг тухуш ду, наггахь бен т1ам ца ластош, цхьана метта го туьйсуш. Иштта х1аваэхь го туьйсуш генна д1адоьду г1ирг1а. Церан даар ду къиэелла х1ума, хе юьстахтесна белла ч1ара. Цара дехкий а, моьлкъарчий а доу. Кхеллеш, нехаш д1акхиссанчохь а карадо царна напг1а.


1АЬРЖА Г1ИРГ1А

1аьржа г1ирг1а – 'Черный коршун' 1аьржачу г1ирг1анах оьрсаша "Черный коршун" олу. Доккха олхазар ду иза, готтиро т1емаш а долуш. Ц1ога йоьххьера жимма шалго дирзина ду, тукарца хадош юкх чу яьхьчи санна. Генара б1аьрг кхетчи 1аьржа хеталуш бу цуьнан бос. Цундела "1аьржа г1ирг1а" олу цунах. Амма цуьнан бос таь1на ал бу. Чук1ело хьаьрса ю, таь1на ал т1едарчий а долуш. Корта басна сирло бу.

И тайпа г1ирг1анаш хуьлу Европехь, Азехь, Африкехь, Мадагаскарехь, Индо-Австралийски архипелагехь, Австралехь. Вайн Нохч-Г1алг1айн республикехь а ду и тайпа г1ирг1анаш, массо а меттехь бохург санна. Бакъду, ламанийн даккъашкахь ца хуьлу уьш. Хин тог1еш, 1аьмнаш долу меттигаш еза царна. Г1алина а, ярташна а гергахьа даан напг1а долчохь хуьлу уьш. Д1ай-схьай кхелхаш олхазар ду иза. Вайн махка схьадог1у февраль-март баттахь. Баннаш диттийн баххьашкахь до. Бен тобеш т1арг1а а бехчалгаш а кхин тайпа к1еда х1уманаш а йохку. Х1оьаш апрель баттахь до 2-3. Мокха т1едарчий а долуш, к1ай хуьлу х1оьаш. К1орнеш июль баттахь бенара г1овтта. Сентябрь, октябрь баттахь бовхачу махка д1акхелха уьш. Лаккха х1аваэхь готуьйсуш лоху цара ижу. Еллачу бежнийн, кхин йолчу х1уманийн дилх, кегийра олхазарш, дехкий, моьлкъарчий, лаьхьий доу цара.

Ялтийн хасстомийн аренашка тухучу д1овшо х1аллакдо уьш.

Юьртабахамна пайдехь а хиларна, к1езиг а хиларна ларо дезачех ду 1аьржа г1ирг1а.


Ц1ИЭН Г1ИРГ1А

Ц1иэн г1ирг1а – 'Красный коршун' Ц1иэчу г1ирг1анах оьрсаша "Красный коршун" олу.

Ц1иэн г1ирг1а вукха тайпанел онда ду. Букъ ал бу цуьнан. Чук1ело сирла лепаш ц1иэ бос бетталуш ю. Цундела "ц1иэ г1ирг1а" олу цунах. Ц1ога, йоьххьера тукарца хадош юкъ яьккхачи санна, шалга ду цуьнан.

Дахар хьаннашкахь, хьуьнан-кортехь ду, церан. Баннаш диттийн баххьашкахь до цара. Х1оьаш апрель бутт чекхболуш до шиъ я кхоъ. Т1едарчий долуш къорза хуьлу уьш. Декар х1окху кепара ду: "Къий-я!" "Къий-къий-къий-къий-я!".

Цуьнан даар моьлкъарчий, лаьхьарчий, дехкий кегийра олхазарш ду. Къиэеллачу х1уманан дилх а доу цо.


З1УГАРЧИЙ ЙОУ Г1ИРГ1А

З1угарчий йоу г1ирг1а – 'Осоед' Деха ц1ога а долуш, готтий т1емаш а долуш, лечанах тера г1ирг1а ду иза. Букъ мокхачу басахь бу цуьнан, чук1ело сирло ю, ал т1едарчий а долуш. Оцо з1уганаш йоу дела оьрсаша "Осоед" олу цунах. Декаран аз иштта ду: "кии-е!" я чахко "ки-ки-ки-ки! "

Европехь хьаннаш йолчу меттехь а, буц аренашкахь а, Малхбузехьа Сибрехахь а, Жимчу Азехь а вайн лаьмнашкахь а, лахарчу аренашкахь а ду и тайпа г1ирг1анаш. Баннаш лекхачу диттийн баххьашкахь до цара.

Май бутт болалуш до цара баннаш, шен г1ашца схьадаьхначу диттийн марг1алех. Х1оа 1-2 до жимма ц1иэ хеталуш ал басахь хуьлу уьш. К1орнеш дас, нанас шиммо а кхобу. Гурахь октябрь баттахь кхузара йовхачу метте д1акхелха уьш. Б1аьста апрель баттахь юха дог1у. Даар накхаран мозий, з1уганаш, церан кхоьбарчий.


КУЬЙРА

Куьйра – 'Тетеревятник' Куьйранаш а хуьлу бес-бесара. Къийгал доккха, букъ т1ера сиро бос болуш, мокха, корта таь1ночу басахь болуш, к1ай ц1оцкъам долуш, чук1ело сирла а, пурхалхьа луьстта 1аьржа сизаш долуш а ду цхьа шамайпа куйра. Цунах оьрсаша "Тетеревятник" олу.

Дахар цхьана меттахь а, д1ай-схьай кхелхаш а ду. Баннаш дечагийн баххьашкахь до цара. Х1оьаш к1ай хуьлу кхоъ я диъ. Диэкар зевне ду "къяк-къяк-къяк" я "хи-хи-хи". Т1емаш доцийро ду, цуьнан ц1ога деха ду. Оцо аьтту бо дадар сихдан а, дитташ юккъехулу д1ай-схьай дерза а, дедда доьддушехь хьоза лаца а. Куьйрано котаман к1орнеш а луьйцу, кхокха а лоцу, беца-меъ а, лекъ а, кхин долу олхазарш а, дийнаташ а луьйцу. Адамех ларлуш а, къаьхкаш а ду иза.


ЖИМА КУЬЙРА

Жима куьйра – 'Тювик' Жимчу куьйранах оьрсаша "Тювик" олу. Кхокханалла ду иза. К1ай ю цуьнан логак1ело. Б1аьргаш ц1иэ ду. Хаьндарг йолчуьра дуьйна чук1ело албасехь ю, пурхалхьа юткъий 1аьржо моханаш а йолуш. Дахар буц-аренашкахь а, хьаннийн хотешкахь а, хин тог1ешкахь а, бошмашкахь а ду цуьнан. Цхьана меттера кхоьчахьа кхелхаш ду иза. Бен дитта т1ехь бо цо. Х1оьаш жимма сийна бос а бетталуш к1ай хуьлу. Тойна май бутт чекхболуш, июнь бутт болалуш доккху. Кхоъ я диъ к1орни доккху цо. Декар дахдой хуьлу "тью-ю-вик, тью-ю-вик" бохуш. Цундела аьлла цунах оьрсаша "тювик".

Дехкий, моьлкъарчий, кхин йолу садолу х1уманаш йоу цо.

Ялташна зуламе, садолу х1умнаш цо яарна пайдехь лоруш олхазар ду иза. Цундела уьш хуьлучу меттехь д1овш тийсар дика дац. Д1овшо бийна дахка а кхин йолу садолу х1ума а йиъчи иза ле.


КЪОРЗА КУЬЙРА

Къорза куьйра – 'Малый перепелятник' Къорза чукъело йолу куьйра кхокханал жима ду.

Оьрсаша "Малый перепелятник" олу цунах. Боьршачуьнан букъ овкъаран басахь бу, чук1ело хьаьрса ю, пурхалхьаша к1ай сизаш а долуш. Ц1ога а пурхалхьа шуьйро моханаш йолуш ду. Б1аьргаш можа ду цуьнан. Дахар хин тог1ешкахь ду. Д1ай-схьай кхелхаш а, к1езгачех а олхазар ду иза. Х1оьаш июньехь до диъ я пхиъ. Х1оьаш ц1иэ т1едарчий а долуш к1айн хуьлу оцу олхазаран. Цуьнан даар кегийра олхазарш ду.

Кхин цхьа тайпа а ду куьйра. Оьрсаша "Перепелятник" олу цунах. Т1емаш таь1начу ал басахь ду. Логера дуьйна охьа накха а чук1ело а, пурхалхьа к1айн, хьаьрсан сизаш а долуш къорза ю цуьнан. Стечуьнан таь1на ал бос болуш ю. Б1аьргаш можа ду.

Дахар хин берда йистошкахь, хин тог1ешкахь, хьаннийн кортошкахь ду. Бакъду, луьста юькъа хьаннаш ца еза царна. Цхьана меттехь ду церан дахар. Цхьацца новкъарлонаш йичи д1ай-схьай а кхелха уьш. Баннаш дитташ т1ехь до цара. Х1оьаш кхаанне т1ера ялхан т1е кхаччалц до. Х1оьаш к1ай хуьлу, ц1иэ т1едарчий а долуш. Тойна июнь баттахь доккху. Даар вукха куьйранийн санна ду. Декар ч1ог1а зевне ду: "къив-къив-къив-къив!" Кегийра хьозий цо дайарна зуламе лоруш олхазар ду иза.


К1АЙН КУЬЙРА

К1айн куьйра – 'Степной лунь' К1айчу куьйранах оьрсаша "Степной лунь" олу. Ялтийн аренашкахь, буц-аренашкахь хуьлуш ду иза. Бен латтахь, я бецан тоьлга т1ехь бо цо. Х1оьаш апрель-май баттахь до 4-6 стиглан бос бетталуш к1ай. Додуш чехка дац иза. Боьрша куьйра х1аваэ лекха хьала а долий аг1у а берзабой бен болчухьа чухахкало. Аз декаш ду: "пир-р-р", "гик-гик-гик".

Цуьнан даар дехкий, моьлкъарчий, кхин йолу садолу х1уманаш ю.


ЛЕЧА

Леча – 'Сокол' Оьрсаша лечанах "Сокол" олу.

Вай ламанан леча олу, лаьмнашкахь леча хуьлу дела. Амма леча лахарчу аренашкахь а, хьаннашкахь а хуьлуш ду. Ира а, деха а ду цуьнан т1емаш. Ц1ога деха ду цуьнан. Когаш т1ехь месаш яц. З1ок х1отталучохь чохчаман шед бу. Ядар сиха ду, чехка т1ам а тухуш. Х1аваэхь накха тухий дожадо цо муьлхха а олхазар, къиг а, бад а, кхокха а. Бен ламанан даккъашкахь т1улган бердашкахь бо лесано. Дукха хьолахь кхоьчу олхазаран бен схьабоккху цо. Х1оьаш апрель-май баттахь до я шиъ, я кхоъ, я диъ. Х1оьаш, ц1иэлла а етталуш, ал басахь хуьлу. 1аьржа а, сира а, бероза а, ал а бос болуш хуьла лечарчий. Б1аьргаш к1елахь 1аьржа томмаг1 хуьлу цунна микх ду а моьттур долуш. Когаш можа бу.

Леча - олхазар зуламе лерина дац. Цундела иза ларор вайн декхар ду.


ХЬАРГ1А

Хьарг1а – 'Ворон' Хьарг1а 1аьржа ю. Оьрсаша "Ворон" олу цунах. Вай 1аьржачу х1уманна олуш ду "хьарг1а санна 1аьржа". Сийна к1ур билличи санна 1аьржа бас лепа цуьнан. Цхьана меттахь а, д1ай-схьай кхелхаш а ду церан дахар. Баннаш дечу хенахь шишша цхьана хуьлу уьш. Важа йолчу хенахь г1еранашца хуьлу. Яжар лаьттахь ду церан. Баннаш дитташна т1ехь до. Х1оьаш 4-5 до хьарг1ано. Баьццара бос а бетталуш, мокха т1едарчий а долуш, сийна хуьлу уьш. Аз г1орг1а ду церан "къар-р-р" бохуш. Х1оьаш март-июнь баттахь до.


КХАЛЛАКЪ

Кхаллакъ – 'Ворона' Кхаллакъ олу корта а, хаьндарг а, т1емаш а, ц1ога а, 1аьржа а долуш, дег1 сира а долуш йолчу йоккхачу къийгах. Оьрсаша "Ворона" олу цунах. З1ок стомма а, еха а ю цуьнан. Ялтийн аренашкахь а, хьаннашкахь а хуьлу уьш. 1аьнан заманчохь ярташна, г1алина гергахь еха уьш. Цхьана меттехь ду церан дахар, гена д1ай-схьай ца кхелхаш. Яжар лаьттахь ду. Баннаш дитташна т1ехь до. Х1оьаш 5-6 до апрель-май баттахь. Баьццаро бос а бетталуш стигалан басахь хуьлу уьш, мокха т1едарчий а долуш. Екар зевне ду "кра-а, кра-а" бохуш.


КЪИГ

Къиг – 'Грач' Оьрсаша къийгах "Грач" олу. Бос 1аьржа бу цуьнан, сийна к1ур биллачи санна лепаш. З1акарна юххехь к1ай томмаг1 хуьлу цуьнан. Буц-аренашкахь, ялтийн аренашкахь, нилхачу хьаннашкахь ду церан дахар. 1аьнан заманчохь ярташна, г1алина гергахь хуьлу уьш, яккхийчу к1еранашца. Цхьана меттахь еха уьш гена д1ай-схьай ца кхелхаш. Яжар лаьттахь ду. Баннаш дитташна т1ехь до. Х1оьаш апрель-май баттахь до 5-6 баьццаро бос а болуш, стигалан басахь, мокха т1едарчий а долуш. Екаран аз г1орг1а ду "крааа-крааа" бохуш. Ялташна зуламе йолу садолу х1уманаш а, кхоьбарчий а цара яарна пайдехь лору къиг.


ЧОВКА

Човка – 'Галка' Човканах оьрсаша "Галка" олу. Коьрта т1ера а, г1орта а сира ю цуьнан. Важа долу дег1 1аьржа ду к1ур биллича санна сийна бос а лепаш. Нилхачу хьаннашкахь а, хин бердашкахь а, аренашкахь а хуьлу уьш. Д1ай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Цхьана меттехь совций а еха уьш. Яккхийра г1еранаш йой а лела уьш. Баннаш дитташ т1ехь а, дичиган харанаш чохь а до. Бердах а доху цара баннаш. Х1оьаш апрель-июнь баттахь до 4-6. Стигалан басахь, баьццара бос а бетталуш, мокха т1едарчий а долуш хуьлу уьш. Екар "кха-а, кха-а" бохуш ду.


КЪОРЗАКЪИГ

Къорзакъиг – 'Сорока' Къорзакъийгах оьрсаша "Сорока" олу. Киртигаш а йолуш, деха ду цуьнан ц1ога. Дег1 вукха къийгийчулла ду. Корта а, г1орта а, некха хьалхе а 1аьржа ю. Букъ а, ц1ога а, т1емаш а 1аьржа ду, к1ур биллича санна лепаш. Чук1ело а, т1емаш долчу т1оьхлара а к1ай ю.

Кегийрачу хьаннашкахь, диттийн кондаршкахь, бошмашкахь хуьлуш ю кърза-къийкаш. Нехан бошмашкахь а, некъаца доьг1начу дитташца а хуьлу уьш. Яккхийра хьаннаш ца еза царна. Цхьана меттехь 1ер долуш а, д1ай-схьай кхелхаш а ду церан дахар. Цхьаъ ша а, шишша цхьана а хуьлу уьш. Ядар хала ду къоркъийган, чехка доцийра т1емаш а лестош. Лаьттахула ц1ога ирах а дохийтий йолало иза. Баннаш дитташна т1ехь а, диттан кондаршна т1ехь а до цара, т1оьхула тхов а беш. Х1оьаш апрель-июль баттахь до 5-8. Сийно-баьццара бос а болуш, мокха т1едарчий а долуш хуьлу церан х1оьаш. Екаран аз зевне г1арг1аш беш ду.


БУХ1А

Бух1а – 'Сова' Бух1анах оьрсаша "Сова" олу. Вайн махкахь 12 тайпа ю бух1анаш. Куц а, хат1 а, бос а хилар 18 кепар ду. Бух1анаш яккхийра а, кегийра а ю. Т1емаш шуьйра, ц1ога доца ду церан. Мас нилха а, к1еда а ю. Когаш баьлла бу, м1араш т1е кхаччалц. З1ок йоца а, йоьххьера ц1еххьана охьахьаьвзина а ю. М1араш ира а, чухьаьвзина а ю. Б1аьргаш даккхийра ду. Цхьайолчу бух1анийн лергаш т1оьхула ирах йоьлхий ма1анаш санна, месаш хуьлу ("Лергаш"). Хиъна 1ер, дег1 нисса ирах дирзина а долуш хуьлу цуьнан. Бух1а буьйсанна сема хуьлу. Дийнахь наб еш санна, тап олий тийна 1а иза. Х1оьаш, котаман х1оьан кепехь доцуш, царел доцийро хуьлу. Котаман х1оьал кегийра, кхокханан х1оьал даккхийра. Бос хьаьрса бу 1аьржа т1едарчий а долуш.

Баннаш, ламанан даккъашкахь, юькъчу хьаннашкахь, боьранашкахь до цара. Х1оа 2-3 до бух1ано. Тойна апрель баттахь доккху. Ижо т1ома т1аьттина йоьдуш а хиъна 1ечу заманчохь, гондахьа б1аьрг кхарстош а, лоху цо. Т1ома ядар меллаша а, г1ар-тата доцуш лахахула а ду цуьнан. Екар сингаттаме ду: "бу-у-х" бохуш. Бух1ано пхьагал а, беца-меъ а, лекъ а, кхин долу олхазар а лоцу. Хьозий а, дехкий а доу цо. И тайпа олхазарш цо х1аллакдеш хиларна зуламе лерина ю бух1а. Бакъду, бух1наш к1езиг хиларна, 1аламан хазна ларор доьхьа, уьш яйар магош дац.


ЖИМА БУХ1А

Жима бух1а – 'Домовой сыч' Жимачу бух1анах оьрсаша "Домовой сыч" олу. Вукха бух1анийн басахь ю иза. Даккийра б1аьргаш а, б1аьрган х1азарш а ду цуьнан. Амма лергаш дац. Къора а, тийна а еса меттигаш еза царна. Тог1ешкахь, боьранашкахь, адам ца дехаш д1атесна йитначу г1ишлошкахь ду церан 1ер-дахар. Бердах охкуш а доху цара баннаш. Тойна апрель-май баттахь доккху. Х1оа 4-8 хуьла. Даар вукха бух1анийн санна ду. З1енан б1ог1ашна т1ехь 1еш а хуьлу уьш. Т1ома ядар чехка ду. Екар "ку-вить, ку-вить" бохуш ду.


ЛЕРГАШ ДОЛУ ЖИМА БУХ1А

Лергаш долу жима бух1а – 'Сплюшка' Оьрсаша "Сплюшка" олу жимачу бух1анах. Бос вукха бух1анийн санна бу цуьнан а. Йоккхачу бух1анан санна ши лерг а ду. Яхар ширчу, д1атесна йитначу бошмашкахь, тог1ешкахь, хьаннийн хотешкахь ду цуьнан. Х1оьаш дечиган хари чохь, я бердах баьккханчу бенахь до цо. Тойна май баттахь доккху. Х1оа 4-6 до. К1ай хуьлу цуьнан х1оьаш. Ижо, садайначул т1аьхьа, буьйса йоьлчи лоху цо. Дийнахь, диттан г1одах д1а а таь1ий, 1адда 1а иза. Екар сингаттаме ду цуьнан "сплю-ю" бохуш. Цундела аьлла хила а там бу цунах оьрсаша "сплюшка".

Дехкий а, кегийра хьозий а доу цо. Кхин йолу садолу х1уманаш а йоу.

Ялташна зуламе садолу х1уманаш цо яар бахьана долуш пайдехьчу олхазарех лерина иза.


АККХА Н1АЬНА

Акхан1аьна – 'Фазан' Акхан1аьнех оьрсаша "Фазан" олу. Ц1ахь кхобачу н1аьнин дег1ахь ю иза. Ц1ога, нисса д1адахана, деха ду. Б1аьргашна гондахьара йоьхь, мас йоцуш, ерзина а ц1иэ а ю. Коьрта т1ехь шина а аг1ор жимма еха месаш йохку. Деши а, ц1еста а санна лепаш хаза бу акхан1аьнин бос, букъ т1ехь а, некха т1ехь а, хенашкахь а 1аьржа т1едарчий а долуш. Корта сийна а, баьццара а бос лепаш хаза бу. Логах гобоккхуш доьхка санна к1ай сиз ду. Котаман бос мокха бу 1аьржа т1едарчий а долуш. Ц1ога н1аьничул доца ду.

Коьллашкахь, хин тог1ешкахь еха уьш. Дахар цхьана меттахь ду. Д1ай-схьай кхелхаш, 1едал дац церан. Цхьацца йолий лела уьш. Цкъацкъа вовшахкхетий к1езиг г1ера а йо. К1охцалан куллах а, эрзалахь а, цанашлахь а до цара баннаш. Лаьттахь екъчу меттехь, я кулла к1ел, я кондаршлахь къайлехь хуьлу церан баннаш. Апрель баттахь до котамо х1оьаш. Баьццара бос а бетталуш хуьлу уьш. 8-12 х1оа. Тойна котамо доккху. Тойнахь 1аш йолу котам сарахь а, 1уьйранна а тойнара г1оттий, гена ца йолуш, ежа.

Ч1ог1а лечкъана, ларлуш хуьлу акхан1аьна. Т1ома г1аьттича гучуер йолу дела, лаьттахула лела иза. Г1аш ядар чехка ду цуьнан. Дитта т1е хоий а 1а иза. Т1емаш тоьхна йодачу хенахь цкъа ирах хьала а йоьдий, т1аккха раз д1айоду. Охьахаале хьалха гонаш туьсу цо. Екар ч1ог1а ду цуьнан "Ва-а к1ант!", "Ва-а, к1ант!" бохуш санна. Т1емаш а тухуш ека иза. Яжар вукха котамийн санна ду. Бецан х1у а, ялта а доу цо, соьналлаш а, садолу х1уманаш а йоу.


БЕЦАМЕЪ

Бецамеъ – 'Куропатка' Бецамеъ оьрсаша "Куропатка" олу цунах. 1ай к1ай бос болуш хуьлу иза. Аьхка н1аьно а, мео а хьаьрса бос оьцу пурхалхьа 1аьржа томмаг1наш а долуш. Т1емаш а, чук1ело а к1ай хуьла. Ц1оцкъамаш ц1иэ ду. Б1аьста шишша цхьана хуьлу уьш, н1аьни, меъ. Гурахь а, 1ай а цхьанакхетий г1еранаш йо цара. Баннаш лаьттахь, екъчу меттехь коьллаш к1ел до цара. Тойна май баттахь доккху. Ялх а - шийтта х1оа до цхьана мео. Ал т1едарчий а долуш, хуьлу бецамеан х1оьаш. Котам тойнахь 1еш йолчу хенахь н1аьна а, котам а лаьттахь хуьлу. Дитта т1е а йолу и шиъ. Ядар, чехка т1емаш а тухуш, сиха ду. Яжар ц1ерачу котамийн санна ду. Диттийн ч1енигаш а, соьналлаш а, бецийн х1у а доу цара.


БАЙТ1АКУСКАЗ

Байт1акусказ – 'Тетерев' Оьрсаша, "Тетерев" олу цунах. Бос кхокханчух тера бу. Ц1ога шина аг1ор д1а-схьа хьаьвзина ду. Котам хьаьрса бос болуш ю пурхалхьа 1аьржа сизаш а долуш. Лаьмнашкахь хуьлаш ю уьш. 1аф хьуьн чу охьайог1у. Цхьана меттахь ду церан дахар. Д1ай-схьай кхелхаш меттигаш а йо цара, 1аламан хьелашка хьаьжжина. К1езиг ю уьш. Цундела наггахь бен гуш яц. Баннаш къайлехь до цара, диттийн кондаршлахь, т1улган чхара к1ел йисначу херонехь. Тойна май баттахь доккху. Х1оьаш 5-8 до, мокха т1едарчий а долуш. Бецаш, дечагийн ч1енгаш, бецан х1уш доу цара. Лечкъий хуьлу байт1акусказ.

Бацалахь къайлайолий, адамана ца тосалуш, когаш к1елхьара, ц1еххьана хьалаэккха иза. Аьхка цхьацца йолий хуьлу уьш. 1ай цхьанакхетий г1еранаш йо. котамаш, н1аьнеш шаьш-шаьш къаьстий лела. 1аьнан заманчохь акха стоьмаш лоу цара. Уьш к1езиг йолу дела, царна таллар дихкина ду.


КЪОРАКОТАМ

Къоракотам – 'Глухарь' Оьрсаша "Глухарь" олу цунах. Н1аьна лог к1ело 1аьржа а йолуш, къокханан басахь накха а болуш, ал т1емаш а долуш ю. Чук1ело к1ай т1едарчий а долуш, къорза ю цуьнан. З1ок к1ай бос болуш ю. Котам 1аьржа т1едарчий а долуш хьаьрса ю. К1езиг ю уьш. Ламанца а, лахенца а хьаннашкахь хуьлуш ю уьш. Шишша цхьана кхеташ 1едал дац церан. Баннаш диттийн кондаршна к1елахь до. Тойна май баттахь доккха. Х1оьаш ал т1едарчий а долуш хуьлу 5-9. Д1ай-схьай кхелхаш дац церан дахар. Цхьана меттехь хуьлу уьш. Котам тойна хиъначу хенахь меттах а ца йолу. Бос д1адаханчу шеран екъчу бацах, г1ах д1атарлой хуьлу цуьнан. Цундела атта б1аьрг т1е ца кхуьу цунна.


ЛЕКЪ

Лекъ – 'Перепел' Оьрсаша лекъах "Перепел" олу.

Котамийн тайпанах уггаре а жимах дерг лекъ ду. 1аьржа т1едарчий а долуш, ал бос бу цуьнан. Ц1ога доца ду. Чук1ело сирла ю. Н1аьнин лог к1ело 1аьржа ю. Меан хаьндарг къорза ю. Лекъаш ялтийн аренашкахь, цанашлахь хуьлуш ду. Шиъ цхьана кхетий ца лела уьш. Бен бацалахь а, ялташна юккъехь а бо лекъо, жимма ор а доккхий, чу бецаш а йохкий. Тойна май баттахь доккху. Х1оьаш даккхийра т1едарчий а долуш хуьлу 7-15. Дукхах йолу хан лаьттахь йоккху лекхаша. Бацалахь лечкъий хуьлу уьш. Дитташ т1е ховшуш 1едал дац церан. Т1ома г1аьттича гена далале охьахоу лекъ. Т1емаш тохар чиха а, дадар чехка а ду. Декар иштта ду боьршачу лекъан "пит-пипить, пить-пипить". Лекъийн даар коьртачу декъана бецан х1у ду. Садолу х1умнаш а йоу цара.


КХОКХА

Кхокха – 'Голубь' Оьрсаша кхокханах "Голубь" олу. Горга, дуьзна дег1 а долуш, луьста, шера дег1а т1е йийшина месаш а йолуш ду кхокхий. Кхаа тайпана а, шийтта беса а ду уьш.

Оьрсаша "сизый голубь" олуш бу вайн ц1ахь, адамаш дехачохь г1аланашкахь а, ярташкахь а хуьлуш болу кхокха. И тайпа кхокхий дукха а ду. Яккхийчу г1еранашца хуьлу уьш ялташ лелочу меттехь. Элеваторшкахь, амбарашкахь, хьаьттанашкахь. Букъ т1е кхаччалц г1орта а, хаьндарг а, таь1но сийна а, баьццара а бас бетталуш, арий санна лепаш хуьлу кхокханан. "Кхокханан басахь" лоу вай цуьначух тера бос болчу х1уманах. Шина а аг1ор т1ома т1ехь шалха 1аьржа мозанаш ю цуьнан, т1омана пурхалхьа, т1ам буткълучу меттехь. Кхокханан когаш а, б1аьргаш а ц1иэ ду. З1ок хотталучохь чохчам ю цуьнан. Кхин бос болуш а хуьлу адамаш дехачохь долу кхокхий.

Цхьана метта дехаш а, д1ай-схьай кхелхаш, 1ен меттиг хуьйцуш а хуьлу кхокхий. Ах акха а, ах адамех доьлла кара1емина а ларалуш ду уьш. Кхокхаша баннаш до т1улган я сацкъаран бердашца, д1атесна йитначу тишчу г1ишлош чохь, ц1енойн тхевнашкахь, карнизашкахь. Кхокханан бен башха лерина бой а ца хуьлу. Цхьа к1еззиг синтарш а гулйой, буха масс а тосий бо кхокхано бен. Февраль, март баттахь болало кхокха х1оьаш дан.

Кхокхано шиъ до х1оа. К1орнеш шарахь кхузза, доьазза йоху цо. Кхокханан бадар чехка ду. Т1емаш сиха детта цо. Бекар "Кхур-кху-у-кх, кху-у-кх" бохаш ду цуьнан. Цкъацкъа "къу-у-у, къу-у-у", бохуш, узарш деш санна бека иза. Дитта т1е хууш г1иллакх дац цуьнан.


КЕЧАЛ-КХОКХА

Кечал-кхокха – 'Вяхирь' Оьрсаша "Вяхир" олу кечал-кхокханах. Ц1ахь хуьлуш болчу кхокханах тера бу иза, цхьа к1еззиг башхонаш хилар бен кхин хийцамаш боцуш. Кечал-кхокханан г1ортан т1ехь а, т1емашна т1ехь а к1ай томаг1наш ду. Т1емашна т1ехь вукха ц1ахь хуьлачу кхокханан санна шолха, 1аьржа моханаш яц цуьнан. Ц1оганна т1оьхула д1айоьдуш шуьйро 1аьржа моха ю. З1ок можа ю цуьнан, когаш ц1иэ бу. Ц1ахь хуьлуш болчу кхокханал дег1ана боккха бу иза. Бос а цуьначух тера бу.

Кечал-кхокхийн дахар хьаннашкахь, бецан аренашкахь, ялтийн аренашкахь ду. Цхьана меттехь дац церан дахар. Д1ай-схьай кхелха уьш. Баннаш стен, боьршан - шишша цхьана а кхеташ дитташ т1ехь до цара. Чекх са а гуш сирг1атех бой хуьлу церан бен. Тойна апрель баттахь доккху. К1айн шиъ х1оа до кечал-кхокхано. Баннаш ден хан д1аяьлчи г1еранашках лела уьш. Бадар вукха кхокханан санна чехка ду. Аьхка де дохделлачу хенахь дитта т1ехь набарш еш 1еш хуьлу уьш. Бекар ч1ог1а ду цуьнан г1орг1ачу озанца "кху-у-ру-ра... кху-у-рура" бохуш. Дажар ялтийн аренашкахь, кхаш т1ехь ду церан. Ялта а, бецан х1у а доу цара.


КЪОР-КХОКХА

Къор-кхокха – 'Горлица' Оьрсаша "Горлица" олу къор-кхокханах. Вукха кхокханал дег1ана жима бу иза. Дег1 цуьначул куьцехь ду. Хаьндарг жимма ц1иэ бос а бетталуш овкъаран басахь ю цуьнан, чук1ело сийно бос бетталуш сира ю. Т1емаш ал бос болуш ду, 1аьржа т1едарчий а долуш. Ц1оганна йоьххьера месаш к1ай ю. Когаш ц1иэ бу цуьнан. Г1ортан т1ехь 1аьржа а, к1ай а раз-пурх сизаш ду.

Дахар хьаннашкахь, хин тог1ешкахь, стоьмийн бошмашкахь ду церан. Стен боьршан шишша цхьана а кхеташ до цара баннаш хьаннийн йистошца а,бошмашкахь а. Баннаш дитташ т1ехь до цара. Нилхха синтарш а йохкуш, чекх са а куш. Тойна май баттахь доккху. Х1оа 2 хуьлу цуьнан. Бадар вукха кхокханан санна ду. Амма цуьначул атта ду. Лечкъана лелаш бац къор-кхокха. Ардаш юккъехула д1абоьдачу некха т1ехь а, телеграфни сераш т1ехь а хоий 1еш хуьлу къор-кхокха. Бекар хаза ду цуьнан, эшаран аз санна дагах кхеташ. "Къур-кхурр... кхур-кхурр..." бохуш.

Бажар лаьттахь ду цуьнан, ардаш т1ехь, некъаш т1ехь а. Ялта а, бецан х1у доу цо.


ОТТЙОКХ

Оттйокх - 'Кукушка' Кхокханал жимо олхазар ду оттйокх. Оьрсаша "Кукушка" олу цунах. Деха ц1ога а, дехийра т1емаш а долуш хаза олхазар ду иза. Бероза ю цуьнан чук1ело, дег1ана пурхалхьа 1аьржан, к1айн мог1анаш а долуш. Жимма охьахьаьвзана ю цуьнан з1ок. Букъ а корта а, лаг а, логан к1ело а сира бос болуш ю цуьнан. Ц1оганна т1ехь к1айн т1едарчий ду.

Церан яхар хьаннашкахь, коьллийн кондаршкахь ду. Б1аьста бовхачу махкара схьайог1у уьш, гурахь юха д1айоьлху. Цхьацца ша йолий лела уьш. Цкъацкъа шиъ цхьана а хуьлу. Х1оьаш ц1ир-ц1ир-хьозанан а, х1уьрц1илдиган а, хьуьна хьозанан а, иштта кхоьчу олхазаран а бенахь до цо. Х1оьаш церачех тера а хуьлу цуьнан. Бакъду, церачул жимма даккхийро хуьлу уьш. Оттйокхан екар иштта ду:"Ков-кук! Ков-кук!" Екачу хенахь ц1ога жимма ай а деш, т1емаш охьа хоьцу цо. Стечу оттйокхан екар шатайпа ду "кли-кли-кли" бохуш. Садолу х1уманаш йоу оттйокхо.


Ч1ОБ

Ч1об – 'Сизоворонка' Оьрсаша ч1оьбах "Сизоворонка" олу. Кхокханалла олхазар ду иза. Баьццаро бос бетталуш стигалан басахь ду цуьнан дег1. Т1емаш таь1ночу басара сийна ду. Ц1ога а оццу басахь ал ду цуьнан.

Ч1оьбан дахар аренашца ду. Къилбехьа довхачу мехкашка д1ай-схьай кхелхачех ду иза. Ч1оьбаша баннаш диттийн харанаш чохь а, хин тог1ийн кортошкахь а, хин бердашца а до. З1акарца а, м1арашца а охкуш бердах а боккху ч1оьбо бен. Х1оа 4-6 до цо. Тойна май-июнь баттахь доккху. Цхьаъ ша а, шишша цхьана кхетий а хуьлу уьш.

Телеграфан сераш т1ехь, я диттан дакъаделлачу гена т1ехь цхьаъ ша 1еш го ч1об дукха хьолахь. Гуьйранна къилбехьа бовхачу мехкашка д1акхелхаш, цхьанакхетий, г1ера йо цара. Церан даар моьлкъарчий, дехкий, кхин йолу садолу х1умнаш ю.

Ч1об буьйсанна дека "Ч1о-об, ч1о-о-об" бохуш, цхьана эшарехь шиъ-кхоъ секунд юкъаюлуьйтуш.


Х1УТТУТ

Х1уттут – 'Удод' Х1уттутах оьрсаша "Удод" олу. Кхокханал жимо хаза олхазар ду иза. З1ок юткъа ю, еха а, жимма охьасеттина а ю цуьнан. Коьрта т1ехь, мох ласториг санна мог1ара пелагаш а долуш, к1ужал бу. Т1емаш шуьйра ду. Т1емаш 1аьржан, к1айн мог1арш долуш къорза ду цуьнан. К1ужалан йоьххьехула 1аьржа сиз доьду, аьлчи а к1ужалан х1ора мас йоьххьера 1аьржа ю. Цунах з1акар т1ера дуьйна к1есарк1ог т1е кхаччалц хьаьвзина 1аьржа ах х1оз х1утту. Корта а, г1орта а, чук1ело а можа ю.

Яхар еса аренашкахь, бошмашкахь, хин тог1ешкахь ду. Къилбехьа бовхачу махкара б1аьста схьа а йог1у, гурахь д1а а йоьду. Бен дечиган хари чохь а бо, бердах а боккху. Х1оьаш 3-9 до. Тойна апрель-июнь баттахь доккху. Цхьаъ ша а лела, шиъ цхьаьна а хуьлу. Цхьа к1еззиг цхьанакхетий г1ера а хуьлу церан. Адамаш долчохь ярташкахь а хуьлу уьш. Яжар лаьттахь ду цуьнан, садолу х1умнаш йоу цо. Екар "х1уп-х1уп-х1уп-х1уп, п1иж-ж-жакъ" бохуш ду.


СЕЛАСАТ

Селасат – 'Иволга' Оьрсаша селасатах "Иволга" олу. Боьршачу селасатан т1емаш а, ц1ога а з1акара т1ера дуьйна б1аьрга т1е кхаччалц, дехьий, сехьий шиъ сиз а 1аьржа ду. Важа долу дег1 къеггина можа ду. Стечу селасатан букъ, можа бос а бетталуш, баьццара бу. Чукъело, можа бос а бетталуш, к1ай ю, мокха т1едарчий а долуш. Нилхочу хьуьн чохь а, стоьмийн бошмашкахь а хуьлу уьш. Селсаташ д1ай-схьай кхелхаш ю. Б1аьста яьлчи апрель баттахь, бовхачу махкара вай долчу схьайог1у уьш, гурахь сентябрь баттахь къилбехьа бовхачу махка д1айоьлху. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а лела уьш. Лаьтта охьахууш, г1иллакх дац церан. Цхьана дитта т1ера г1евттича кхоьчу дитта т1е ховшу уьш. Екар зевне ду церан. Цкъацкъа "ч1ий-и-йкъ" "п1аьв-плаьв" олий ека. Цкъацкъа "плю-тиу-лиу" бохуш ека. Бен дитта боьххьехь бо селасата. Х1оьаш май-июнь баттахь до 3-4. Бос к1айн бу х1оьийн, 1аьржа т1едарчий а долуш.


1АЬРЖА КОРТА БОЛУ СЕЛАСАТ

1аьржа корт болу селасат – 'Черноголовая иволга' Оьрсаша "Черноголовая иволга" олу цунах. Изза бен кхин башхо йоцуш, вукху селасатах тера ю иза. Башхо цхьаъ ю, з1акарна т1ера дуьйна б1аьргашна юххехула г1ортанна т1иэхьа кхаччалц 1аьржа ю месаш. Вуьш санна цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу. Баннаш дитта боьххьехь до. Х1оьаш май-июнь баттахь до 3-4. К1ай хуьлу уьш, жимма ц1иэ бос а бетталуш, ал т1едарчий а долуш. Садолу х1умнаш йоу цара.


Ж1АЛИН-КЪОЬРГ

Ж1аьлин къоьрг – 'Щурка' Оьрсаша ж1алин-къоьргах "Щурка" олу. Цхьацца йолчу яртийн бахархоша "къоьрг" олу цунах. "Къоьр, къоьрг" бохуш ду цуьнан декар а.

Дег1ана алкханчалла ду и хаза олхазар, жимма охьахьаьвзина юткъа еха з1ок а йолуш, деха ира т1емаш а долуш, деха ц1ога а долуш. Ц1оганна т1ера къаьсташ д1аяхна ю, юнаш санна, ира, шиъ мас. Когаш боцийра бу цуьнан. З1акар т1ера б1аьрга т1оьхула коьрта туьтан т1е кхаччалц 1аьржа сиз ду цуьнан. Логан го а 1аьржа бу. Лаг можа ду. Корта а, букъ а дешин бос бетталуш хьаьрса бу, жимма сийна бос а бетталуш. Т1емаш сийна, ц1ога баьццара ду, хьаж к1айн ду. Чук1ело стигалан басахь ю. Хаза олхазар ду иза.

Дахар ламанан лахенашкахь, аренашкахь, хин бердан йистошкахь, хинтог1ешкахь, боьранашкахь,баьрзнашкахь ду церан. Ж1аьлин-къоьргаш дукха ю. Б1аьста яьлчи апрель баттахь Къилбехьарчу бовхачу мехкашкара схьайог1у уьш, гурахь цига юха д1акхелха. Баннаш дар г1еринашца ду. Баннаш берд охкуш доху цара. Дукха хьолехь бердан лакхарчу чкъурах доху цара 1уьргаш. Цхьа метар ца кхоччуш к1орга цу охку ж1аьлин-къоьрго. Т1 аккха к1еззиг охьаохкий, горга ор доккху. Цу чу бецан хаьлгаш, месаш йохкуш мотт кечбо. 5-8 к1ай х1оа до цо. Тойна май-июнь баттахь доккху. Дадар чехка а, атта а ду. Г1еранаш йой лела уьш. З1енан сераш т1е а дечиган декъачу генаш т1е а ховшу уьш. Декаран аз терсаш ду. "Къорг-къорг" бохуш. Х1аваэхь едда йоьддушехь лоцу цо садолу х1ума, чуьрк а, моз а. Накхараш лелочарна зенаш до цара. Уггаре а церан мерза даар накхаран мозий ду.


БАЬЦЦАРА Ж1АЬЛИН-КЪОЬРГ

Баьццара ж1аьлин къорг – 'Зеленая щурка' Баьццара а хуьлу ж1алин-къоьрг. Оьрсаша "Зеленая щурка" олу цунах. Вукха ж1алин-къоьргах тера ю иза. Бос жимма хийцабелла баьццаро хилар бен кхин бошхо йоцуш. З1акарна т1ера дуьйна б1аьргана т1оьхула к1есаран к1ог т1е кхаччалц 1аьржа сиз доьду цунна. Хьаьжа юкъ а, б1аьргана лакхара а стигалан басахь ю. Логан к1ело хьаьрса ю можо хеталуш. Хинбердан йистошкахь, тог1ешкахь, буц-аренашкахь хуьлу уьш. Дахар д1ай-схьай кхелхаш ду. Баннаш бердах доху цара. Х1оьаш май-июнь баттахь до 5-8. Г1еранаш йой лела ж1алин-къоьргаш.


ХЕНАК1УР

Хенак1ур – 'Дятел' Хенак1урах оьрсаша "Дятел" олу. Боций когаш а болуш, сто санна ира з1ок а йолуш, шиъ хьалхаша д1ай, шиъ т1ехьа бирзиний биъ-биъ п1елг а болуш олхазар ду иза. Т1емаш шуьйра ду цуьнан. Ц1ога ч1ог1а а, декъа а, йоьххьера ира а ду. Х1оьаш, х1оьа кепел доцийра ду. Боьршачу хенак1еро декъачу диттан г1одах з1ок етта, автомат санна чехка. Вайн махкахь 5 тайпа , 14 беса ю хенак1ур. Хьаннашна зуламе йолу садолу х1уманаш цара х1аллакъеш хиларна пайдехь лерина уьш.


БАЬЦЦАРА ХЕНАК1УР

Баьццара хенак1ур – 'Зеленый дятел' Баьццарчу хенак1урах оьрсаша "Зеленый дятел" олу.

Букъ баьццара бу цуьнан, ц1ога т1оьхалара деши басахь можа ду, лахара дег1 баьццара бос а бетталуш к1ай ду. Т1емаш а, ц1ога а мокха ду пурхалхьа моханаш а йолуш. Хьаж а, мекхаш а 1аьржа ду (боьршачуьнан ц1иэ т1едарчий хуьлу), коьрта т1ера а, логера а месаш ц1иэ ю. З1ок 1аьржа ю.

Дахар хьаннашкахь, тог1ешкахь бошмашкахь ду. Баннаш дечиган хари чохь до. Х1оа 3-6 хуьла. Тойна апрель-июнь баттахь доккху. Цхьацца а, шиъ цхьана кхетий а хуьлу уьш. Охьахаар доккху. Цхьацца а, шиъ цхьана кхетий а хуьлу уьш. Охьахаар лаьттахь а, диттан г1одца а ду. Церан коьрта даар зингатий ду.


КЪОРЗА ХЕНАК1УР

Къорза хенак1ур – 'Пестрый дятел' Оьрсаша къорзачу хенак1урах "Пестрый дятел" олу.

1аьржан, к1айн, ц1иэн кхаа басара ду цуьнан дег1 хазчу куьцехь, иза къарзъеш, 1аьржачу т1ома т1ехь к1айн т1едарчий ду цхьа хаза зезаган куц а х1оттош. Боьршачуьнан к1есара-к1аг болу меттиг ц1иэн ю, корта 1аьржа бу. З1акарна т1ера коьрта т1ехьа кхаччалц 1аьржа сиз ду шина а аг1ор. Цу т1ера хенашка кхаччалц охьадог1у 1аьржа га. Б1аьргашна т1ера охьа к1айн беснеш ю. Т1иэхьа аг1ор чук1иэло а ц1иэ ю цуьнан. Вукха хенак1уран санна ду цуьнан дахар. Вукха хенак1уро санна бен диттан хари чохь бо. Тойна апрель-май баттахь доккху, 4-6 х1оьах. Дадар чехка ду. Цхьаъ ша а хуьлу иза, шиъ цхьаьна а хуьлу. Декар "кик-кик-кик" бохуш ду. Садолу х1уманаш йоу цо. 1ай акхачу стоьмийн х1уш доу.


АЛКХАНЧ

Алкханч – 'Скворец' Оьрсаша алкханчах "Скворец" олу. Хьозанал доккха олхазар ду иза. Бос 1аьржа бу сийна к1ур биллича санна лепаш. Т1емаш а, ц1ога а кхоьлано ду. Гурахь к1айн тедарчий х1уьтту цуьнан дег1а т1е. Ярташна аьттехьа, ялтийн аренашца ду алкханчийн дахар. Б1аьста, апрель баттахь бовхачу махкара схьайог1у уьш вай долчу. Гурахь, октябрь баттахь къилбехьа бовхачу махка д1айоьлху уьш. Церан яжар лаьтта т1ехь ду. Дитташ т1ера стом а, садолу х1ума а йоу цара. Алкханчаш г1еранаш йой лела. Баннаш бердах доху цара. Дечиган хари чохь а до цара баннаш. Адамаша бошмашкахь аннех баннаш до царна. Х1оьаш апрель-июль баттахь до 5-7. Стигалан басахь сийна хуьлу уьш. Аз кхоьчу олхазарийнчух тардеш ду декар.


ШОРШАЛ

Шоршал – 'Синяя птица' Оьрсаша шоршалах "Синяя птица" олу. Амма цуьнан бос ша-шах сийна бац. Генаро хьаьжчи 1аьржа хетало цуьнан бос. Юххера хьаьжчи к1ур биллича санна лиэпаш сийна бос беттало. Къийгалла олхазар ду иза. Ц1ога деха ду цуьнан, т1емаш доцийра ду.

Лаьмнашкахь а, охьанехьа хьаннашкахь а ду и тайпа олхазар. Цхьаъ ша хуьлу иза дукхах йолчу ханна. Шиъ цхьана а хуьлу. Екар зевне ду "къи-къи-къи-къи!" шок тухуш санна. Ша хьалаэккхаш туху цо и мохь. Хьаннаш к1елахула ду цуьнан ядар. Едчи а гена ца йолуш охьахоу иза. Бен диттан 1еханах, бецах бо цо. Х1оьаш 4-5 до. Жимма баьццара бос а болуш кхоьллано ц1иэ т1едарчий а долуш хуьлу цуьнан х1оьаш.

Х1оьаш май-июнь баттахь до.


СУЬЙЛИН-Ч1ЕГ1АГ

Суьйлин ч1ег1аг – 'Сойка' Суьйлин-ч1ег1агах оьрсаша "Сойка" олу. Кхокханалла олхазар ду иза шуьйро хьаж а долуш, доцийро т1емаш а долуш. Ц1ога нийса а, шера а ду. Логак1ело к1айн ю цуьнан. З1акарна бухехьара схьа б1аьрга к1елахула лога т1е кхаччалц 1аьржа томмаг1 ду. Т1емийн юьхкаш т1ехь к1айн т1едарчий а долуш сийна месаш ю. "Куьзга" олу цунах. Дег1, хьаьрсо бос болуш, ал ду. Хьуьн чохь хуьлуш ду и тайпа олхазарш. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а г1ера йой а лела уьш. Охьахийшар диттийн генаш т1ехь а, лаьттахь а ду. Ядар хало ду цуьнан. Бен диттийн генаш т1ехь бо. Х1оьаш 5-7 хуьлу, баьццаро бос а болуш, мокха т1едарчий а долуш. Х1оьаш апрель-май баттахь до. Декар зевне ду "ч1ие-ч1икеъ" бохуш.


КУКМ1АЬВ

Кукм1аьвБуьйсанна дитта т1е а хоий декаш ду кукм1аьв олхазар. Иза декар адамашна дезаш дац. Уггаре а иза гергахь декначу ц1енна т1е сингаттам бог1у олуш ду, чуьра доьзалхо кхелхина. Дийнахь атта гуш дац и тайпа олхазар. Наха "Олхазарх тарделла деъна са оьцу малик ду" олу цунна.

Можа чук1ело а йолуш, 1аьржа т1емаш а долуш селасатах тера олхазар ду иза. Цуьнан дахар муха ду, иза хуьлуш йолу меттиг зийна яц.


ХЬОЗИЙ

Хьоза – 'Воробей' Хьозий тайпа олхазарш вайн махкахь 312 беса а, кепа а ду. Церан тайпанаш 96 ду. Кхоъ хьалха, цхьаъ т1иэхьа биъ п1елг хуьлу оцу тайпанех долу олхазарийн. Х1оьаш кхин долчу олхазарийн кепара ду. Т1едарчий долуш а, доцуш а. К1айн а кхоьчу басахь а. Церан дахар тайп-тайпанарчу хьелашкахь, мехкашкахь, меттигашкахь ду, адамаш дехачу ярташкахь, г1аланашкахь, лаьмнашкахь, хьаннашкахь хин-бердан йистошкахь, 1аннашкахь, тог1ешкахь, цанашкахь, ялтийн, бецан аренашкахь. Ялташна зуламе садолу х1умнаш цара х1аллакьярна, пайдехь лерина уьш. Аса х1инца дуьйцар ду вайн кхузахь Къилбаседа Кавказехь долчех лаьцна.


Н1АЬВЛА

Н1аьвла – 'Жаворонок' Оьрсаша "Жаворонок" олу цунах. Н1аьвларчий а бес-бесара ю. Царех цхьа тайпа ардашкахь, ялтийн аренашкахь хуьлуш ю. Цундела оьрсаша "полевой жаворонок" олу цунах. Ц1ахь хуьлучу хьозанал жимма йоккха ю иза. Бос сира бу цуьнан. Букъ т1ера кхоьлина чук1елара сирла, мокха т1едарчий а долуш. Коьрта т1ехь к1ужал бу.

Дахар хьаннийн кортошкахь аренашкахь ду. Дажар лаьттахь ду. Наггахь дитта т1е а, диттан кондар т1е а хоу. Шишша цхьана а хуьлу, г1еранашца а хуьлу. Г1аш-некъахочунна тосало н1аьвларчий новкъахь ежаш. Т1ома х1аваэ хьала а юьйлуш ека н1аьвларчий. Н1аьвланан екар иштта ду: "юьли-юьли-юьли, юьл-юьлу-юьлу". Бен лаьттахь бо н1аьвлано. 5-6 х1оа до цо. Х1оьаш к1айн ду, ц1иэ т1едарчий а долуш. Тойна а апрель-июнь баттахь доккху.

К1ужал боцуш а ю н1аьвларчий. Церан дахар а к1уж болчийн санна ду. Амма екар жимма кхечу азанца ду. "Витти-витти, витти, тирий-ти-ти-ти" олий ека и. Цунах терра кхин цхьакха а ю н1аьвла. Басна а иштта ю. Делахь а, цхьа к1еззиг башхо ю цуьнан. Т1ам хотталучу хьалха, хаьндарг йолччохь шина а аг1ор томмаг1 ду.


БУЬЙСАНАН МОКХА ХЬОЗА

Буьйсанан мокха хьоза – 'Козодой' Деха ц1ога а долуш, деха т1емаш а долуш, кхокханал жимо мокха хьоза ду вайн махкахь хуьлуш. Т1ера мас нилха а, к1еда а ю цуьнан, когаш боций, б1аьргаш баккхий бу. З1ок йоца ю, бат шуьйра ю цуьнан. З1акара юххехь шина а аг1ор ча санна юткхий месаш ю. Буьйсанна ду цуьнан кхарстар, лелар. Дийнахь диттан гаьн т1ехь, я лаьттахь 1адда хоий 1а иза. Оьрсаша "Козодой" олу цунах. Коьрта т1ехь а, белаш т1ехь а, дег1ан дохалла а 1аьржа мог1анаш ду цуьнан. Дахар хьаннашкахь, буц-аренашкахь, лаьмнашкахь ду цуьнан. Цхьаъ ша а, шишша цхьана а хуьлу уьш. Д1ай-схьай кхелхачу хенахь г1еранаш хуьлу церан. Баннаш лаьттахь до цара буха х1ума а ца тосуш. Тойна май-июнь баттахь доккху. Х1оа 2 хуьлу цуьнан сирчу басахь, беса т1едарчий а долуш. Т1ома дадар раз лелхаш, хьийзаш ду, "кувык, кувык" бохуш ду цуьнан декаран аз. Буьйсанна полларчий а, чуьркаш а кхин йолу садолу х1уманаш а йоу цо, дедда доьддушехь х1аваэхь схьа а лоьцуш.


Ч1ЕГ1АРДИГ

Ч1ег1ардиг – 'Ласточка' Оьрсаша "Ласточка" олу ч1ег1ардигах. Букъ 1аьржа сийна бу цуьнан. Ц1ога к1елахула хаьндарга т1оьхула пурх шуьйра 1аьржа моха ю цунна. Т1емаш а, ц1ога а лиэпаш сийна-1аьржа ду. Хьаж а, лаг а мекханан басахь ал ду. Накха, чук1ело к1айн ю. Ц1оганан шалгу - ши мас еха а, юткъа а ю.

Дахар ярташкахь, г1аланашкахь а, ярташна, г1аланашна юххехь а ду. Г1еранца хуьлу ч1ег1ардигаш. З1енан серашна т1ехь йоккха г1ера хуьлу церан 1еш. Баннаш поппарх до цара юккъе (бен вовшах ца балийта) чемхалгаш а дохкуш. Баннаш, нехан сеннеш чохь, раг1ош к1елахь, т1ай к1елахь, дог1а ца кхетехь до. 4-6 к1айн х1оа до ч1ег1ардиго, ц1иэ т1едарчий а долуш. Тойна май-июнь баттахь доккху. К1орнийн когаш вовшахбоьхку ч1ег1ардиго, уьш бенара охьа ца эгийта, говран кхесах я ц1оганах боьжна мерз бахьа цо церан когаш бехка. Ч1ег1ардиган к1орнеша бен ца бехбо. Т1иэхье бенал арахьа а йоккхий бехло уьш. Ч1ег1ардиган декар иштта хуьлу: "Цхьа-коьна, ши коьна-коьна-коьштара , ч1амарг1ана ч1иж-ж-жикъ" бохуш санна.


ДУРГЛИ

Дургли – 'Стриж' Оьрсаша дурглех "Стриж" олу. Ч1ег1ардигах тера ду иза. Лог-к1ело к1айн ю цуьнан. Ша мокхо бос бетталуш 1аьржа ду иза. Дахар хьаннашкахь, есачу аренашкахь, г1аланашкахь, ярташкахь адамаш дехачу кхин йолчу меттигашкахь ду. Б1аьста бовхачу махкашкара схьадог1у дурглеш, гурахь цига юха кхелха уьш. Баннаш дар яккхийрачу г1еранашца ду церан. Баннаш дечигийн харанаш чохь а, т1улга даккъийн херонашкахь а, саз-лаьттан бердах а хуьлу церан. Тойна июнь баттахь доккху. Х1оа 2-3 хуьлу. Дадар чехка ду, чехка т1емаш а детташ. Декаран аз "виз-з-з...виз-з-з" бохуш ду. Мозий, чуьркаш йоу цара, дойдда доьлххушехь х1аваэхь схьа а лоьцуш. Ц1ога ч1ерачух тера шалгу доьрзуш хаьдда ду. Т1емаш марс санна чоьхьа хьаьвзина ду. Цара садолу х1умнаш юу дела пайдехь лерина уьш.


Х1УЬРЦ1АЛДИГ

Х1уьрц1алдиг – 'Трясогузка' Оьрсаша х1уьрц1алдигах "Трясогузка" олу. Можа а, к1айн а хуьлу х1уьрц1алдиг. Шен дег1алла деха ду можачу х1уьрц1алдиган ц1ога. Боьршачунан корта я сира, я 1аьржа хуьлу. Букъ баьццара бос а бетталуш можа бу. Т1емаш 1аьржа ду. Ц1ога нисса д1а дог1аделла ду шина аг1ор к1айн сизаш а долуш. Стечуьнан дег1 можа ду, букъ т1ера бос кхоьлано бу.

Можачу х1уьрц1алдиган дахар цанийн аренашкахь а, 1аьмнашкахь а, хин тог1ешкахь а, лаьмнашкахь а ду. Цхьайолчу меттигашкахь дуккха а ду и тайпа олхазарш. Дажар лаьттахь ду церан. Куллан кондар т1е а, дакъаделлачу синтар т1е а ховшу уьш. Адам шен бенна аьттехьа г1оьртича дека а декаш т1оьхула х1ийза х1урц1алдиг, я цхьана кондар т1ера вукха кондар т1е хуьйшуш, синтем байна хьийза. Баннаш лаьттахь до цара, я бецан тоьлга к1еллахь я бецан кондаршлахь. Х1оьаш 5-6 до баьццара бос а болуш, кхоьлано т1едарчий а долуш. Тойна май-июнь баттахь доккху.


К1АЙН Х1УЬРЦ1АЛДИГ

К1айн х1урц1алдиг – 'Белая трясогузка' Можа х1урц1алдиг – 'Желтая трясогузка' Оьрсаша "Белая трясогузка" олу к1айчу х1уьрц1алдигах. Шашах к1ай а дац иза, сийно бос беттало цунах. Коьртан туьта а, букъ а, кога к1ело а, накха а, ц1ога а, т1емаш а 1аьржа ду цуьнан. Букъ овкъаран басахь сира бу. З1акарна т1ера дуьйна б1аьрга т1оьхула г1ортан т1е кхаччалц 1аьржа сиз ду. Шина аг1ор ц1оганан йистехула а, т1емаш т1оьхула а к1айн моха ю, бухара дег1 а, к1ай ду. Дахар вукха х1уьрц1алдиган санна ду. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу уьш. Б1аьста къилбехьа бовхачу махкара схьакхелхаш а, цига юха кхелхаш а цхьанакхетий г1еранаш хуьлу церан. Баннаш дечигийн харанаш чохь а, ц1еной тхойнашкахь а до. Х1оьаш к1айн хуьлу таь1но сира т1едарчий а долуш 5-6. Тойна апрель-июнь баттахь доккху. Декар "жижиг-датта , жижиг-дата" бохуш санна ду.


ХЬУЬНАН ХЬОЗА

Хьуьнан хьоза – 'Певчий дрозд' Б1аьста дитташна г1а даьллачу хенахь, хьаннийн кортошкахь хаза декаш хуьлу хьуьнан хьоза. Оьрсаша "Певчий дрозд" олу цунах. Эрза шедаган аз санна зевне хуьлу цуьнан аз. "...Чукаричу-у-къ" "х1инц-х1инц". Ира йоца з1ок а йолуш, мокха хьоза ду иза, чук1ело къорза а йолуш. Хьаннашкахь а, аренашкахь а, лаьмнашкахь а хуьлу и тайпа хьозий. Б1аьста баннаш дечу хенахь шишша цхьана хуьлу уьш стен, боьршан. Важа йолчу хенахь г1еранашца хуьлу. Лаьтта а, диттан кондарш т1е ховшу уьш. Баннаш дитта т1ехь а, диттин кондарш т1ехь а до цара. Х1оьаш стигалан басахь сийна хуьлу, 1аьржа т1едарчий а долуш. Тойна апрель-июнь баттахь доккха. 4-5 к1орни доккху цо.


1АЬРЖА ХЬОЗА

1аьржа хьоза – 'Черный дрозд' Оьрсаша "Черный дрозд" олу оцу 1аьржачу олхазарх. Вукха хьозанел доккха ду иза, алкханчал жима ду. Боьршачу хьозанан з1ок а, б1аьрган х1азарш а можа ду ц1иэ бос а бетталуш, дерриге а дег1 1аьржа ду. Стечу хьозанан таь1на мокха бос бу, з1ок 1аьржа ю.

Дахар хьаннашкахь, хьаннийн хотешкахь, тог1ешкахь стоьмийн бошмашкахь ду 1аьржачу хьозанан.

Гурахь къилбехьа бовхачу мехкашка д1акхелха 1аьржа хьозий, б1аьста, апрель баттахь вай долчу юха дог1у. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу уьш. Г1еранахь лелар к1езиг ду церан. Лаьтта а, куллан кондарш т1е а, диттан генаш т1е а ховшу уьш. Когаш т1ехь кхиссалуш ду цуьнан болар. Боьрша хьоза дитта боьххье хьала а долий дека, дег1 меттах а ца доккхуш. Декар сингаттаме ду цуьнан "чок-чок" "терре-чок-чок". Бен лаьттахь, я диттан кондаршлахь бо. 4-7 х1оа до 1аьржачу хьозано баьццаро бос а бетталуш, мокха т1едарчий а долуш, стигалан басахь сийна. Тойна апрель-июнь баттахь доккху.


Т1УЛГАН Г1АЙРЕНАШКАРА ХЬОЗА

Т1улган г1айренашкара хьоза – 'Каменка' Лаьмнашкахь а, лаха аренашкахь а, хин бердан йистошца, т1улгийн г1айренашца хуьлуш ду, т1оьхлара корта а, букъ а цизаьрканан чим санна, сира а болуш, з1акарна т1ера б1аьрга т1оьхула д1а корти, г1орти хотталучу кхаччалц 1аьржа томмаг1 долуш хьоза. Оьрсаша "Каменка" олу цунах т1улган г1айрешца иза хуьлу дела.

Т1емаш 1аьржа ду цуьнан. Ц1оганна шина аг1ор к1ай моханаш ю чекхъяла герга яххалц. Ц1ога йоьххьера хадийчи санна нийса а, 1аьржа а ду. Цунах хотталуш ц1оганна юккъе кхаччалц дег1 долчу аг1ор схьадог1а 1аьржа сиз. Чук1ело а лаг а к1ай ду цуьнан. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу и тайпа олхазарш. Х1оьаш 4-7 до.


КХОР-Б1ЕЛИГ

Кхор-б1елиг – 'Малая мухоловка' Кхор-б1елиг жима хьоза ду. Вайн ярташкахь хуьлучу стечу хьозанах тера ду иза. Цул жима доца дег1 ду цуьнан. Дитташ т1ехь цхьана гена т1ера вукха гена т1е а хуьйшуш лела иза. Чуьркаш, мозий луьйцу цо. Х1оьаш апрель-май баттахь до. Бен диттан генаш т1ехь бу. Г1а меттах даьккхина а ша долу меттиг билгал ца йоккху цо. Дека хезаш а дац иза. Тилкхазбелла б1аьрг ца кхетчи, иза дитта т1ехь ду дац а ца хаьа.

Оьрсаша кхор-б1елигах "Малая мухоловка" олу.


Ц1ИК-Ц1ИК ХЬОЗА

Ц1ик-ц1ик хьоза – 'Камышовка-барсучок'Оьрсаша "Камышовка барсучок" олу "ц1ик-ц1ик" хьозанах.

Генарчу малхбалехь Хьасан 1оман берда йистошца ду Ц1ик-ц1ик хьоза. Кхин иза хуьлуш меттиг яц билгалъяьлла Ша1ми-Юьртана къилбаседехьа 1аьсан тог1ий йоцург. Оцу 1аьсан тог1и чохь 1аьржачу толлан кондаршна т1ехь декаш хуьлура и тайпа хьозий. Дакъаделлачу синтарна т1е а хоий декара иза иштта. "Ц1ик-ц1ик-ц1ик-ц1ир-р-р-р!" олий. Дуткъа дег1 а долуш, мокха хьоза ду иза. Баннаш толлан кондаршна юккъехь, бацалахь до цара. Х1оьаш к1айн хуьлу ал т1едарчий а долуш 4-5. Х1оьаш апрель-май баттахь до. Чуьркаш а, мозий а кхин йолу садолу х1умнаш йоу цара. 1аьсан тог1ийна лаххьа Шалажца йолчу Далинтог1и чохь а, Бекшан тог1и чохь а хуьлуш ду и тайпа хьозий.


Ц1ИР-Ц1ИР

Ц1ир-ц1ир – 'Соловей' Ц1ир-ц1ирах оьрсаша "Соловей" олу. Цуьнан бос таь1на мокха бу. Иза хуьлу хьаннашкахь, бошмашкахь, хин тог1ешкахь, хиш долчу меттехь. Дег1 вукха хьозанчулла бен дац цуьнан. Ц1ога дехо ду. Декаран аз хаза ду. Бен лаьттахь бо цо. Х1оьаш 4-5 до май-июнь баттахь. Цуьнан х1оьаш ал бос болуш хуьлу.


БЕШАРА ХЬОЗА

Бешара хьоза – 'Лазаревка' 
Бешарчу хьозанах оьрсаша "Лазаревка" олу. Т1емаш а ц1ога а сийна ду букъ баьццара бу, хьаж к1ай ду цуьнан, беснеш а к1ай ю, лаг 1аьржа ду, хандаргана т1оьхула а 1аьржа мас ю. Накха можа бу, чук1ело а можа ю. Хьуьн чохь а бошмашкахь а хуьлуш ду и тайпа хьоза. Баннаш дечу хенахь цхьана хуьлу стен боьршан шиъ. Диттан гаьннаш т1ера каде ду г1аттар, кхечу гаьн т1е хаар. Бен диттан хари чохь бо. Х1оьаш апрель-май баттахь до 5-10. Х1оьаш к1ай хуьлу, ц1иэ бос бетталуш, ал т1едарчий а долуш. Декар иштта ду: "Ци-ци-ц1ир-р-р".




Олхазарш - чулацам

Сайт управляется системой uCoz