Хьалхара аг1у


Акхаройх, олхазарех лаьцна исбаьхьаллин дийцарш


ЖИМА ТАЛЛАРХО

ДОТТАГ1ИЙ

АЬРЗУНАХ ЛАТАР

МАЙРБЕК

СТЕЛАХАЬШТИГ

ХЬАЖМУРДАНА Г1ОЬРТИНА КЪУ

КХЕРАМ

МАЙРА ГОМАШ

АТТРАКЦИОН

ХИЛЛА БОХАМ

ГЕНАРА СОВГ1АТ

ЧЕКХ ЦА ДЕЛИРА Х1ИЛЛА

ШИ К1АНТ А, ЗУ А

ТАШУН ГАЗ

БЕКСОЛТИН АЛАША

ТАС ДАДИЙНА НАЛ

ПАРТАЛ ЧА

ХЬУЬНАН ХЕХО

КЪЕНА ТАЛЛАРХО А, ЧА А

ЧА А, ЗУДАРИЙ А

ЧА А, АЬРСКЪИ А

ХОРБАЗИЙН ХЕХО

БЕРЗАЛОЙ

КХУРАН КОРСАМАШ

ХЬУЬНАН ХЬОЗА

ДЕХА Ц1ОГА ДОЛУ КЪОРЗА-КЪИГ

КЪОРЗА-КЪИЙГАН БЕН, Я ХИЛЛА БОХАМ

К1АЙН КУЬЙРА А, НАНА-КОТАМ А

 

 

ЖИМА ТАЛЛАРХО

Муьргаш яха хьуьнах вахча, цхьана жимчу 1ам т1ехь, акхабедаш гира Хьамидна. Ц1а а веана, шен дега топ йийхира цо:

- Дада, ахь топ а елла со вахийтахьара, шортта яйина акха бедаш-а яхьаш вог1ур вара со!

- Хьо х1инца а топ лелаялла ца хилла. Талла ваха жима ву хьо, - жоп делира дас.

Шега топ ца елча: «Суна хьаха ду и йоьхучул айса йича атта!» - аьлла, топ ян дагалецира Хьамида.

Тхов т1е а ваьлла, аьчгашна юккъера цхьа метр еха турба хаьржира цо, кхокханан х1оа чу даххал шуьйра бертиг а йолуш. Цунах топ ян волавелира Хьамид. Турбин цхьа юьхьиг ц1ергахь ц1ий а еш, ж1аьвнаца ведъеш ваьштаяхийтира цо. Т1аккха, уллора кевнаца хьокхуш 1уьрг а даьккхина, сирник юьллийла йира. Толлан дечигах хен а бина, аьчган сераца и турба, сов лерина гел хьовзош, хена т1е къевлира цо.

Бераша массара а «екар» олура Хьамидан тоьпах. Шен дех лачкъийна, тхов т1ехь д1а а юьллуш, лелайора Хьамида и «топ».

- Молха хьена ду ца хаьа шуна? - олий хоттура цо.

- Хаьа дера - 1адъ1ер ду-кх! - жоп лора Хьамидна.

Цхьа к1ира сов зама яьккхира цо дехча цхьаммо а молха ца луш. Т1аьххьара а, шен ден молха а лачкъийна, чаччамийн меттана т1улгаш жаг1а чу а бухкуш, «топ» юьзира Хьамида. И коча а оьллина, кисана, сирнакийн ботт а йоьллина, хаьнт1е т1оьрмиг а тесна, талла вахара и.

Ша 1ам болчу гергакхаьччи, текхаш йисте кхаччалц д1авахара Хьамид. 1ам т1ехь бад гойла хьажа кондаршна т1ехьара иза хьала айалушшехь «пур-р-р» аьлла, т1емаш а тоьхна, г1евттира бедаш.

Молханан лерге йоьллинчу сирник т1е ботт а хьаькхна, хьалалилхинчу бедашна хьажийра Хьамида шен «екар». «Горров-вв», аьлла, карара топ а йолуш, нийсса аркъал кхийтира Хьамид. Лазийна белаш зийзара. Туьха доьхкича санна, б1аьргаш 1ийжара. Иштта аркъал воьжначохь, дег1 тхьуз а доьлла, меттах ца валалуш вехха 1иллира иза.

Мацца а цкъа ша метта веача, ши б1аьрг схьабиллира цо. Буйнахь йоллуш, цхьа хенан юьхк бен, тоьпах х1ума яцара. Гена боццуш 1уьллуш хаьдда аьчган сара а бара, турбин ах а, хенан гаьргаш а 1охкура. «Сан топ-м кхал-кхежиг яьллера, цхьа а бад мукъна ца йийна техьа ас?» - аьлла, гонаха хьежа велира Хьамид. Бад хьовха, бедан мас а яцара гуш. «Ванах сан б1аьргаш х1унда 1ийжа? - аьлла, юьхьа т1е пхьош хьаькхча, берриг а к1урз схьаийцира Хьамида шей юьхьа т1ера.

1ома т1ехь шен юьхь а йилина, баьсса т1оьрмиг а бахьаш, ц1а кхечира жима таллархо.

- Еан ахь акха бедаш? - хаьттира иза стенга ваханера хиъначу дас. Хьамид ц1а а кхачале цунна дуьхьал кхеттачу бераша баьккхинера дега и кхаъ: «Бедашна талла вахана Хьамид, топ вовшах а яьлла, ерриг а юьхь а мерцина, вог1уш ву», - аьлла.

Цул т1аьхьа дас бехкам бира Хьамидана молханца ловзарш лелон. Хьамид ша а вара шен «тоьпах» догдаьлла а, ши б1аьрг ца боккхуш ша висарна воккхавеш а.

Ц1арций, молханций долу ловзарш дитира цо.

ДОТТАГ1ИЙ

I.

Колхозан жа дажош вара Атби. Ирзешкахь жа чулахка г1ота а йина, т1ехь 1еш вара иза. Жа дежийла а, хи мало меттиг а дика яра цигахь.

Жан г1отанна гена йоццуш эрз баьлла тог1и яра. Оцу тог1ин басах, куллан кондаршна юккъехь берзан бен бара, чохь диъ к1еза а долуш.

Ша дуьххьара царна т1е1оттавелча тоьпа чу патарма а биллина, гонд1а б1аьрг а тухуш, к1езий ловзо хиира Атби. Цул т1аьхьа царна дечгах дина гуй а х1оттийна, ша х1ума юуш йисна цуьргаш а, даь1ахкаш а, галнаш а, чорпа а лора Атбис царна.

К1езаша г1аддоьлхий йоура д1аелларг. Наггахь даь1ахк къовсий «г1иг1» бохуш вовшех летара уьш. «Кхап-кхип» бохуш вовшашна когаш а бетташ, вовшийн лергаш а ийзош, уьш леташ сакъералора Атбин.

Цхьана сарахь, жа чу а лаьхкина, Топ кара а лаьцна, борз ларъян вахара Атби. Тог1ина гена доццуш дохкучу лекхачу таьлсаш юккъехь екаш акхан1аьна яра. Лахахь «Ва-а-а, к1ант!» - аьлла ека а екна, хьалакхоссаелла, т1емаш тоьхна, цкъа д1а а лечкъина, т1аккха едда толлан гаьн т1е хиира иза. Цунна кхосса дагахь топ хьала а лаьцна х1ара воллуш, т1ехьа, т1ехьашха т1е адам дог1уш санна хетта юхахьаьжначу Атбина борз гира. Кхеравеллачу Атбис, ша 1ечуьра хьала а эккхаш, юханехьа а ерзийна барзана топ кхоьссира. Бакъду, х1ара хьалхаэккхашехь д1акхоссаеллачу барзана ца кхеташ т1ехтилира топ. Тоьпан татанах къаьхкина акха-н1аьна г1аьттина яхара. Борз а къайлаелира. Оцу к1езийн нана хиллера и.

Цхьана дийнахь к1еда хьокхамаш а, кхехкийна х1оаш а, ц1иййина шура а эцна Атбина т1аьхьаваха новкъавелира Ваха. Цуьнца даха г1ерташ, ц1ийзаш, з1ена т1ера схьадетталора Барза.

- Мама, Барза а дигийтахь соьга, - Вахас аьлча, и дигийта реза ца хилира 1айшат. Х1ун хаьа новкъахь дуьхьал 1оттавелча цо нехан стаг хьовзавой а, берана я зудчунна катухий а.

Ваха новкъаваьллачул т1аьхьа ч1ог1а карзахделира Барза. Ша Вахица ца дохуьйтуш сацорна реза доцуш, оьг1аздаханера иза. Леташ, ц1ийзаш, з1ена т1ера д1адетталуш, юххерчу кертах каетташ, 1айшатаг1еран чохь 1ойла дайинера цо. Доьша доьттича мукъна а соцур дацара техьа х1ара, аьлла, хьалха доьша х1оттийра цунна 1айшата.

- Х1ун до ахь, ва Барза, хьо стенна карзахдаьлла? - бохуш хьестарх метта ца дог1ура Барза. Ша тергал а ца деш, 1айшат д1айолаелча кхин а карзахделира иза: «Х1инца а со д1а ца хоьцуш яха йоллу-кх х1ара», - аьлча санна.

- Ватта, сан дела, хьо-м 1ен доллуш дац. - аьлла, юха т1е а яхана, ж1аьла д1адаьстира 1айшата. - Х1инца г1олахь хьайн да вахханчу.

Дукха хазахетта лаьттахула керчина кхоъ-биъ го а баьккхина тоьхна аг1у тоьхна гал а йоккхуш, кех ара а иккхина, дедда дахара ж1аьла.

Уьшалан татолах дехьа а ваьлла, хьуьнах чувоьлла воьдуш вара Ваха. Тапъаьлла тийна лаьттачу хьуьн чохь шеца юххехь накъост цахиларна инзаре а, сингаттаме а хетара цунна. Ц1еххьана хьун чохь тата делира. «Къарш-къарш» бохуш, декъа ч1ийшаш а кегдеш, г1аш а хьедеш, гергадог1ура и тата. Борз хир ю-кх иза, аьлла, кхеравелла Ваха шега нийсса некъехьа схьат1едог1учу татанах къаьхкина д1аведира. Бакъду Ваха гена валале, некъа йистехь йоллу ножан кондар а ластош, партъаьлла схьаиккхира Барза.

- Хьай-й йовсар я1, ахь сан д1адаьккхина са! - элира меттавеанчу Вахас. Цкъа д1адодуш, т1аккха юхадодуш, ловзуш хехкалора Барза. Шех накъост схьакхетча сакъералуш майраваьллера Ваха а.

Жан г1отане Атби волчу д1акхечира Вахий, Барзий.

- Эх1е, схьакхечи, доттаг1ий? - элира хазахеттачу Атбис.

Дена т1екхаьчча хазахетта Барза хьесталуш, ц1ийзаш Атбица ловза а левзина, юьстахделира.

Делкъанна х1ума а йиъна садаь1начул т1аьхьа Атбис элира:

- Ваха, цхьа нисбелла меда кхораш а, стеш а дуур дарий ахь?

- Дуур дара! - реза хилла т1етайра Ваха. Гена боццуш цхьана басах болчу кхура к1ел вахара и шиъ. Дуушто саттийна стеш дара цигахь. Кхарста т1ера долу Барза, керла меттигаш толлуш г1отанна гонд1ахула а, хьуьн чухула а, эрз баьллачу тог1ий чухула, а хьаьдда лелара. Меда кхораш а, стеш а дууш, 1индаг1ехь х1ара шиъ 1ечу хенахь «г1алх-г1алх-г1алх», - аьлла, цкъа хьалха Барза лата а летта, йоккха г1овг1а елира хьуьн чохь.

Атбис шен тоьпах катуьйхира:

- Барзах леташ ду вайн ж1аьла, же валолахь, Ваха! - Шаьшшиннан ког ма-боллу чехка хьуьн чу д1ахьаьдира и шиъ. Тог1ий йисттехь т1е1оттаелла хиллера ж1аьл1ина шен к1езашна гергаеана борз. Схьахетарехь, Атбис делкъанна ша х1ума йиъчи йисина цуьргаш а, чорпа а к1езашна лун дела, к1езий дуьзна даьлча гуйна чу мотт хьакха дагахь еана хила тарлора иза.

Тог1ий йистехула д1аведда воьдучу Атбиний, Вахиний, вовшахь-хьерчаш, леташ долу борззий, ж1аьлий тог1ийн басах чукерчаш гира. Ж1аьлин багахь йоллура берзан ворта. Амма шегахь ницкъ хиларе терра, д1ай-схьай етталуш, шен ворта багара яккха г1ерташ, шен дег1аца керчадора цо Барза. Йоккха г1аттийначу берзан багахь ц1арула ц1ен доьлаш а, яккхий к1омсарш а гора. Шен ма-хуьлу, шех леташ долчу ж1аьлин лерг я кхин меже лаца г1ерташ, шен вортанца ж1аьла д1ай-схьай деттара цо. Амма Барза цуьнан буьрсачу к1омсарех ларлуш, шен хирг деш доллура. Берзан къамкъарг шен караеана хиллехь-м и а 1аьвдина юьйр яра цо иза. Делахь а ворта а еанера цунна дика кара. И ворта д1а ца хеца дукха ч1ог1а 1аьвдина мердукъа т1ехь шалхадижначу чкъуран аьрсанаш дара гуш. Гаъ т1ехь а, п1ендарш т1ехь а, чевнаш йинера ж1аьлина. Амма барзах а тийсийтинера кенаш. Маь1-маь11ехь хаалуш ц1ийн томмаг1наш дара барзана т1ехь а.

Атбий, Вахий т1екхаьчча тоьпах кхераелла йодург-м хир яра борз, шен яда аьтту хиллехь, бакъду, Барзас иза са а чохь д1а ца яхийта дагахь схьалаьцнера. Юьйлинчу тоьпан юьхьиг т1ехьийзайора Атбис, барзана тоха аьтту лоьхуш. Барзана йожийна топ ж1аьлина кхетарна кхоьрура иза. Яь1на т1ийриг санна вовшех хьерчара берзан, ж1аьлин ши дег1. Йоккха г1аж а буйнахь шен ма-хуьллу барзаха тоха аьтту лоьхуш гонд1а хьийзара Ваха, Атбис ша юха чехошшехь. Атбин дагахь дерг хууш санна, борз цхьана меттехь сацо г1ертара Барза.

Т1аьххьара а борз гора яхча, дег1 юьстах нисделла, цунна топ тоха аьтту белира Атбин. Т1е юьхьиг а та1ош, топ тоьхна борз лаьттах д1алатийра Атбис. «Х1ун ду аш суна дйнарг?» - аьлча санна, цкъа корта хьала а айбина схьа а хьаьжна, юха а охьабожийра цо. Тоьпа чуьра д1атоьхначу алоно човхийна, берзан ворта д1а а хоьцуш, юьстах иккхира ж1аьла. Шозлаг1а патарма а т1ебассийра Атбис.

Барзо йина чевнаш лозуш, ц1ийзаш, юьстах а даьлла лаьттара Барза. Шен чевнашна мотт хьоькхура цо.

- Миска я1, Барза, и чевнаш лозу хир ю-кх хьан! – бохуш, иза хьоьстуш лаьттара Ваха.

II.

Борз ерна колхозо уьстаг1 а, ц1оканах пачхьалкхо ахча а делира Атбина.

Шен меттана жа 1алашдан кхин стаг а витина, шена оьшург эца Вахица г1ала вахара Атби. Берзан к1езий а дехьира цо шеца.

Берзан к1езий хьаьнга д1алур ца хууш, вехха лийлира Атби. Т1аьххьара а, дукха хан йоццуш г1ала ялийна зверинец а карийна, цуьнан директор волчу вахара Атби. Шен да араваларе хьоьжуш, «Х1ун хир ду техьа берзан к1езех? Нагахь санна цхьаммо а уьш д1а ца эцахь, юха ц1а а дехьна ас айса кхобур ду уьш», - бохуш ойла йора Вахас.

Дукха хан ялале, т1аьхьий, хьалхий а х1оьттина, вела а къежаш, вагон чура аравелира Атби а, зверинцан директор Павел Петрович Колесников а.

Вахига, маршалла а хоттуш, вист а хилла, берзан к1езашка а хьаьжна, т1аккха шен белхалой т1ебийхира цо. Цара к1езий тускарш чу а дехкина д1адаьхьира.

Шен деца къамел деш лаьттачу Павел Петровиче Вахас хаьттира:

- Накъост директор, оцу к1езийн ц1ераш х1ун аьлла тохкур ю? Кхано яккхий хилча суна юха а гур юй техьа уьш?

- Ган тарло. Мичча а хена цкъа юха а кху г1ала дог1ур ду тхо, зверинец ялош. Ткъа ахь деанчу берзан к1езийх кхиъна евлла берзалой хир ю.

- Суна муха евзар ю уьш?

- Церан ц1ерех евзар ю-кх. Царна х1ун ц1ераш тохкийла лаьа хьуна?

- Пхьу к1езашна – Акбаррий, Алтаррий, ткъа вукху шинна – Мархий, Буьйсий туьллийла лаьа-кх! – элира Вахас.

- Делахь х1ета хьуна лууш йолу и ц1ераш а тохкур ю оха царна, цаьргара хьал-де дуьйцуш хьоьга кехат а доуьйтур ду. Схьа дийцал хьайн адрес, - Шегарчу блокнота т1е адрес, д1аяздира Павел Петровича.

***

Цкъа цхьана дийнахь Ваха школера ц1а вог1уш почтальон кхийтира цунна дуьхьал.

- Суна кхаъ. Кехат ду хьоьга, Ваха! - аьлла, конверт д1акховдийра цо Вахига. Катоьхна цуьнгара схьа а эцна, конверт схьадаьстича цу чохь берзан к1езийн сурт а, яздина кехат а дара.

«Сан жима доттаг1, Ваха, даггара маршалла ду хьоьга. Бехк ма билла сан кехат хьедаларна. Хьан берзан к1езий Московски зоопарке д1аделла, дика кхуьуш ду. Ахь ма аллара ц1ераш а техкина царна. Цаьрга хьовса оьху Москва г1алара дуккха а бераш...» - яздора Павел Петровича.

АЬРЗУНАХ ЛАТАР

Хи чуьра ч1ерий дохуш сакъералора Хьажмурдан. Къаьсттана ч1ог1а сакъералора цуьнан дай чу хьоьжуш. Шен воккхах волчу вашас бина жима дуо бара Хьажмурда хи чу буг1уш лелош. Дуьйрийн мижарг а, ягийна ма1а а, багийна хьаьжк1ан кан а, сискал а тосура Хьажмурда цу чу. Башха хи к1оргачу метте а ца буг1ура цо иза. Шалажа а дацара иштта доккха хи а. Маь1-маь11ехь кегий аймеш а х1уьттуш, бердаш а даош, шен хоршахь хьийзаш дог1ура и. Лохачу берда к1ел, хи к1оргачохь, дуо буг1уш меттиг яра Хьажмурдан. 1уьйранна а, сарахь а чу моссаза хьожу, чабакх а, ирг1у а ч1ерий дохура цо.

Цхьана буьйсанна стигал къекъаш дог1а а деана, лам а билхина, хиш дистира, 1уьйранна самаваьллачу Хьажмурдана хезаш яра дистинчу хиэ ен г1овг1а.

- Шалаж дистина, мама? - хаьттира цо шен нене.

- Дера дистина дукха ч1ог1а-м. Тамаш а ма бу хьан дуо охьа бахьаза белахь!

Чехкка меттара хьалаг1аьттина, шен х1умнаш т1е а юьйхина хиййисте ваха кечвелира Хьажмурд.

- К1ант, хи доккха дог1у. Цу хи йисте ма г1орталахь, вари? - аьлла, бехкам бира цунна нанас.

Ши-кхо де даьллачул т1аьхьа, хи дистинчуьра чудоьжчи, хьажа ваханчу Хьажмурдана шен дуо ца карийра.

Дуо боцуш синтем бацара Хьажмурдана. Ткъа кхунна дуо беш валла мукъа вацара цуьнан ваша а. Т1аьхьо бен ц1а ца вог1ура иза балхара. «Айса бан беза ас дуо», - дагадеара Хьажмурдана.

Цхьана дийнахь дуо бан серий даха хьуьнах вахара Хьажмурд. Луьста б1аьлланган кондарш йолчу юккъе а вахана, серий даха х1оьттира иза. Ша схьадаьхна серий юьстахдохуш воллучу Хьажмурдана, шена юххехь, г1езо санна, «са-с-с-с» бохуш юткъа шак хезира. Леррина д1ахьаьжначу Хьажмурдана, багара шалгу мотт а баьккхина, шегахьа юха а хьоьжуш, меттахъяьлла йоьдуш текхарг гира. Кхеравелла дег1е зуз а деана, юха а иккхина, д1ах1оьттира Хьажмурд. Т1аккха майраваьлла, дагарца еха г1аж а яьккхина, т1аъхьавелира иза. Гонд1арачу ж1олмашний, кондаршний юккъехь, кхин цунна тоха аьтту боцуш, къайлаелира текхарг.

Дуо балла серий а даьхна, баь1начу ц1улла сераца и мор д1а а бихкина, ц1ехьа волавелира иза. Хьуьн чуьра аравалале, серий деза хиларна, белаш лаза а яьлла, сада1а охьахиира Хьажмурд.

Хазачу 1аламе хьоьжуш 1ачу цунна, ц1еххьана цхьа тамашена йоккха х1ума гира. Элхьамчийн, ножан, къохкан, дууштун, б1аьлланган бес-бесарчу дечгийн луьстачу хьуьна юккъехь лаьттачу лохочу кхура т1ехь чардакх санна, бен бара, чохь йоккха аьрзу а йолуш. Аьрзу дукха йоккха хиларна, цецваьлла цуьнга хьоьжуш 1ара Хьажмурд. Ц1еххьана аьрзу схьалаца дагадеара цунна.

Шена юххера диг схьа а эцна, байн ког а боккхуш, тебна кхура къел вахара Хьажмурд. Кхор стомма а, баьржина а бара. Лахарчу г1ода т1ехъ ког т1ебаккха генаш хиларна, т1евала аьтту бара цунна. Бен дукха боккха хиларна, аьрзуна ца гора кхура к1ел веана Хьажмурд. Меллаша, кхуран г1одах хьаьрчина, кхор ца ластош, га ца хьадеш, хьала т1е а ваьлла, аьрзун бена к1ел д1ах1оьттира иза. Аьрзуна ка т1е кховдо аьтту бацара. Д1акховдийча бена йисте а ца кхочура цуьнан куьг. Яккхий генаш а, синтарш а кхоьхьуш бинера аьрзуно шен бен. «Да висарг я1, д1о генахь воллушехь дагадеанехьара цхьа г1аж ирйийр яра-кх. Х1инца соьгахь и хилча «чкъашт» аьлла, бенах чекхбоккхуш, дег1ах и хьостам 1уттур бара-кх ас», - бохуш, ойла йора к1анта. Юха охьа а воьссина, и кечам бан воьлча аьрзу г1аьттина д1аяхарна кхерам бара. Х1инца кхура т1ехь воллушехь, цхьа га а хадийна хьостам бан воьлча, диг д1атуххушехь аьрзуна тосалур вара. Аьрзуний, Хьажмурдан коьртаний юккъехь цхьа ге хиллал стомма бенан бух бен кхин юкъ яцара. Шена х1ун кхерам бу а, шен мостаг1 мел гергахь ву, а ца хууш, набарна хьиэг1аш 1ара къена аьрзу.

Юххехула д1адаханчу гаьн т1е ког а баьккхина, бена йистехула пхьарс хьала а кховдош, аьрзуна диг ластийра Хьажмурда. Амма т1ехьарачу генех тасаделла диг, пел а даьлла, б1останехьа кхийтира. Аьрзу т1емашца г1атта тохаелира. Г1оттуш цо д1асабахийтинчу шина т1емо, кхор д1ахьулбеш, 1индаг1 х1оттийра. «Шарх-шарх, шарх-шарх» бохуш, и даккхий т1емаш лестош мох бетташ, Хьажмурдан коьртара месаш ловзайора. Аьрзу д1аяха дагахь г1аьттина ца хиллера. Т1емашца айаелла кхурал лакха а яьлла, Хьажмурдана чухьаьдира иза. Кхуран луьстачу генаша т1емаш ласто новкъарло яр бахьана долуш, йогг1ушехь Хьажмурдана т1еласто аьтту ца хилира цуьнан. Т1емаш лестош, генех етталуш, шен и ехий ира м1араш йолу ког чу кхийдош, Хьажмурдах летара аьрзу. Хьажмурд х1умма а воьхна вацара. Майрра дуьхьало йора цо. Кхуран г1одах хьерчаш а, генашна т1ехьа лечкъаш а, цо схьаеттачу м1арех лар а луш, цунна диг лестадора Хьажмурда. Гонахара генаш новкъа хилар бахьана долуш, аьрзуна тоха аьтту бацара цуьнан а. Аьрзуна лестош долу диг генех а тасалой, цкъа кхуран г1одах кхетара, т1аккха пел а долий, юьстах кхетара. Цкъа цхьана маь11аргона оцу аьтту боцчу т1амехь д1атоха герз доцуш а вуьсур иза: аьрзуна ластийна диг генах а тасаделла, буйнара даьллачул т1аьхьа, охьадожа кхиале катоьхна схьалецира цо. Т1емаш генех тийсалуш аьрзуна т1ера схьаюьйлучу месийн до г1аьттинера. Хьажмурдан хьацар даьллачу юьхьа т1е а леттера и месийн до. «Кха-а-кх, кха-а-кх!» - бохуш, мохь а бетташ, юх-юха а т1еетталора иза.

Т1емаш ирх а дерзийна, шен хьаьвзина еха з1ок а г1аттийна ший а ког чу а кховдош, аьрзуно катоьхна Хьажмурдан кучах йоккха кийсак яьккхира. И м1араш дег1а т1е кхаьчнехь ч1ог1а лазор вара иза. Хьажмурдана ларвала хаар бахьана долуш велира иза оцу кхерамах. Аьрзу чухьоддушехь кхуран г1ода т1ехьа а лечкъаш, дуьхьал диг ластийра Хьажмурда. Дагарах кхераелла аьрзу г1аьттина яхара. И 1аьржа бода т1ера г1аьттича лапъаьлла серлабелира кхор. Иштта серладелира Хьажмурдана дуьне а. «Х1ун дара и хилларг?»- бохуш, гонаха а хьоьжуш, тидам бан велира иза. Кхура к1ел эгна г1аш а, месийн до а дара.

Аьрзу яханчу аг1ор д1ахьаьжча, цхьа а марха йоцуш екхначу стиглахь халла къаьсташ хилла цуьнан г1аларт къайладелира. Шен яьтт1ачу кучан кескаца юьхьа т1ера хьацар д1а а даьккхина, доккха садоккхуш, парг1атвелира Хьажмурд. Т1аккха жимма кхин а хьала а ваьлла, аьрзун бена чу хьаьжира иза. Шарбеш хаза тобинчу бена чохь г1езан х1оьъал доккха х1оа 1уьллура.

Аьрзун х1оа а, серийн мор а бахьаш ц1а веара Хьажмурд.

- Вай, елла яла со дела1! И х1ун ду хьуна динарг? Хьо хьанах тийсавелла? - цецъелира нана.

Шена хилларг ма дарра Хьажмурда д1адийцича, коч иэтт1орна дов ца дира цо. Мелхо а йоккхаера кхин зен доцуш Хьажмурд к1елхьараваларна.

- Эх1, ма дика ду-кх шерачу арахь хьо ца хилла. Уьстаг1 а бахьалуш йолчу цо, м1арашца айвина, хьо д1авехьнехь ас х1ун дийр дара!

- Х1ара аьрзун х1оа тевнехь 1еш йолчу вайн котамна к1ел диллийтахьа соьга, мама, - дийхира Хьажмурда.

- Ой, ахь х1ун дуьйцу, юьстах а карчийна дуьтур ма ду цо иза, лийса а ца луьйсуш. Ловсакх хир ма ю цунах. Цу т1е вон бохийна ахь оцу аьрзунан бен а. Иза-х вайна зуламе яц. Текхаргашший, ялташна зуламе долу кхаш т1ера дехкий ма доу цо.

Адамашна новкъарло а ма ца йо! - бохура нанас. Хьажмурда юха а даьхьна, аьрзун бена чу диллира х1оа.

МАЙРБЕК

Ша балха я хьуьнах воьдуш, юххе воккхий, шен вешин, к1ант Майрбек вуьгура воккхачу стага Дубаза. Цуьнга далун доллу г1уллакхаш т1е а дохкуш, болх бан 1амавора цо иза. Дукха везара Дубазна шен вешин к1ант. Кхетам болуш хиларал совнаха, доьналла долуш а, дечу г1уллакхана кайолуш, т1ахъаьлла а вара Майрбек.

Цхьана сарахь Дубазан етт бежца ц1а ца беара. Цу дийнахь бежехь хиллачу Къосаме бажа лелийна меттиг а йийцийтина, етт лаха хьуьнах вахара Дубаз. Майрбек а вигира цо шеца.

- Майрбек, хьо оцу аг1ор 1инца хьожуш хила, со лакхашхула г1ур ву. Хьайна етт схьакарабахь соьга мохь тохалахь. Нагахь сайна карабахь ас хьоьга а хаам бийр бу, - аьлла, д1асакъаьстира и шиъ.

Суьйре тапъаьлла тийна, йоькхане яра. Делахь а, малх дукъал т1ехьа баьлча, кхоьлана дара ламанан хьаннашкахь.

Маьрк1ажан бода къовлабалале етт схьакароре дог дохуш, кест-кеста соцуш, ла а дуг1уш, хьуьн чухула меллаша д1авоьдура Майрбек. Ц1еххьана «Къарш-къарш», - аьлла, декъа ч1еш кагдеш санна хийтира цунна. Цецваьлла Майрбек ладуг1уш сецира. «Етт бу техьа иза я хьуьнан экха ду техьа?» - аьлла, шеконца татанаш долчухьа д1авирзира иза. Хьаьвзина еха ши ма1а а йолуш, билгал болу шен девешин тайша етт хила мега аьлла хеташ волчу Майрбекна хьалха йоккха нал схьах1оьттира. Т1арг1а боккхучу ахкаран цергаш санна, юсаеллера нелан кхес.

«Чкъап-чкъап» аьлла, мочхалш вовшах а тоьхна, шен муц1а-боьлла ира ши б1аьрг Майрбекна т1е а боьг1на, ши лерг а дижийна чухьада кечъелира нал.

Кхеравелла Майрбек, ц1еххьана хьалатасавелла, шена юххерчу попа т1е велира. Шен и ехий к1омсарш а йина, чухьаьдда нал, Майрбек лаьттинчхула т1ех а эккхаш, цецъяьлла сецира.

- Хуьр-р-р-рук! Хьуьнкъ-хьуьнкъ!

- Х1уьссук! Хьуьнкъ-хьуьнкъ! - элира попа т1ехь 1аш волчу Майрбека, - дела юкъа, хьала-м ца кхача!

Нал, «шарт-шарт» аьлла, чехкка когаш а тухуш, адам дистхуьла хезначухьа юхайирзира.

- Хуьр-р-рук! - элира юха а нело.

- Х1уьссук! - аьлла, попа т1ера чу вистхилира Майрбек.

Нал, 1аламат ч1ог1а цецъюьйлуш, попа гонах хьийзара: цхьана аг1орхьа д1ахьодуш, соций ладуг1уш, юха вукху аг1ор хьодуш.

- Ирх ерза! Ирх! Со х1оккхуза ву хьуна! Хьайн не1алит оцу хьан муц1арна! - олий, доггах мохь тухура Майрбека. Ткъа нело, цецйолий, «Хуьррук! Хьуьнкъ-хьуьнкъ!» - оьккхуьйтура.

Майрбекна шера хаьара нал дечиг т1е хьала ца ялалойла а , иза ирх ца хьажалойла а. Цундела аьшнаш йора цо иза.

- Стиглахь маса седа бу? Х1ей, «Хьуьрк»! Седарчий дагардел, хьала а хьажий!

- Хьуьр-р-р-рук! Хьуьнкъ-хьуьнкъ!

- Бер-р-риг а цхьаъ-шиъ?

Иза вист моссаза хуьлу, цецюьйлуш, попана го туьйсура нело. Гуттар а ч1ог1а цецйоккхура Майрбека иза юткъа зевне шок тухий а, барзах уг1ий а, ж1аьлех летий а.

- Хьуьнк1а-хуьт1ар, ши ч1еш б1аьрга.

Хьуьнк1а-хуьт1ар, ши ч1еш лерга! -

бохуш, йиш а лоькхуш, т1араш вовшахдеттара Майрбека.

- Х1ун деш лаьтта хьо, х1ай тентак? Йиш лоькху ца хеза хьуна?

- Хьуьнк1а-хуьт1ар, ши ч1еш б1аьрга! -

Хьуьнк1а-хуьт1ар, ши ч1еш лерга! -

аьлла, Майрбека юха а йиш лекхча, ша маьттазйохийла хууш санна, оьг1аз оьхуш, даръелла нал, бухъяьккхинчу юьхкан орамах тера шен муц1ар д1а а яхйой: «Хуьр-р-рук! Хьуьнкъ-хьуьнкъ!» - олий, д1ай-схьай хахкалора.

- Х1ай-х1ай! Иштта ялал хьо! - олура Майрбека.

Нелана 1иттарш еш, попа т1ехь 1ечу хенахь, ц1еххьана «Ва-а-а, Майрбек»! - аьлла, мохь туху хезира Майрбекна. Иза Дубаз вара.

- Ва-а-а! Ваша-а-а! Со х1оккхузахь ву! Х1оккхузахь! Со поп т1ехь ву! Нал ю суна гонах хьийзаш! Топ а яхьаш схьавола! - мо1 беттара Майрбека.

Майрбека бохучух кхийтира Дубаз.

- Ва-а-а Майрбек! Кхера ма лолахь, со д1авог1у хьуна! - бохуш, мохь а бетташ, к1ант волчухьа д1ахьаьдира Дубаз. «Х1ун хаьа со д1акхачале нело иза цоьстийла а», - аьлла, дагадеанчу Дубаза, ирах а ерзийна, топ кхоьссира. «Гов-горов-в-в! - аьлла ламанан 1аннашкахула, лелхаш, д1адахара тоьпан тата.

Тоьпан татанах кхераелла, къаьхкина едда яйра нал.

- Йоьду шуна! Йоьду шуна! Ма яхийталаш! - бохуш, вела а воьлуш, т1аьхьа мохь беттара Майрбека.

Циггахь дукха чехка варна вехьа а вехьаш, схьакхечира Дубаз. Попа гонах хьийзаш, нело доккха эра даьккхинера. Нелан лараш шена гича, цец а ваьлла, висинера Дубаз.

- Тоьпан татанах кхераелла юм ехьира цо! - бохуш, вела а къежаш, попа т1ера охьавоьссира Майрбек.

- Етт схьакарийн, Ваша?

- Етт-м, хьо ваха, карийнера. Хьуна оцу нело зе дарна кхоьруш, хьуьн чохь тесна бити-кх...

face=Arial size=2>

СТЕЛАХАЬШТИГ

Гуьйренгахьа те1ара зама. Сихбелла х1ургонашца а, тракторшца а йол т1еузуш бохкура колхозхой.

Ханна воккха велахь а, х1инца а т1ахъаьлла волу ши стаг вара алах раг1 еш. Царшиннах цхьаъ хьаьрса мекхаш а долуш, дег1ана лохо вара. Къусай яра цуьнан ц1е. Ткъа шозлаг1чуьнан ц1е Мохьмад яра.

Хьацарна п1елгаш а хьоькхуш, т1етаь11ина болх беш бохкучу царна т1евеара дешархо Хьуьсен.

- Ой, Хьуьсен, хьо мичара вели? Хьо хьан ваийтина кхуза?

- Цхьаммо а ца ваийтина. Со суо веъна-кх, деша д1аволаваллалц болх бан...

- Х1инццалц мичахь вара хьо ткъа?

- Йол хьокхуш вара-кх. Херхо ког а хадийна и тобаллалц ц1а вахнера со. Бригадир ца гира шуна? Болх боьхур бара-кх сайна…

- Болх беха а ца безаш карийна-кх хьуна. Тхойшинца 1ан реза вуй хьо? Тхойшинна мала хи хьалакховдо а, кагтуха хьокхуш раг1 шаръян а, гонахара охьаэгна йол т1егулъян а накъост оьшу - бохура Къусайс .

Хьуьсен реза хилира. Ч1ог1а самукъадолура цуьнан баккхийчу наха забарш еш. Ялх метр шуьйра а, иштта лекха а юттуш йолчу рог1ах «литта», хи чохь долчу зокех «куршка», шалгох - х1ума юу м1ара, тракторх - «цаьпцалг», - олура Къусайс.

- Оффай, хьо шело! Да-дада-дай! - бохуш, ч1ениг а етташ, шелонна хебаш, кетар т1еийзоран сурт х1иттадора.

Ц1аьххьана мархаш а евлла, де кхуьйлира.

Стигал 1аржйина йог1ура дог1анах юьзна мархаш.

Же, сихо елаш, дог1а дан доллу! Дог1а тохале, раг1 д1акъевлина довла деза вай! - бохуш, сихбинера воккхачу шина стага, йол хьалатосуш болу белхалой.

Хьалатаса ца кхуьуш, жимма йол лафета т1ехь а юьсуш, буьрса тоьхначу дог1ано юкъахбехира уьш.

- Же, довдалаш дашадале! - аьлла, шалгош, кагтухарш рог1ца д1а а х1иттийна, бевдда базе бахара уьш. Х1орш чоьхьабевлла дукха хан ялале дог1а туьйхира.

Дукха чехка тоьхначу дог1ано цу сохьта даккхий 1аьмнаш х1иттийнера. Лакхахь деса бочка керчош санна, стигал а къиэкъаш стелахаьштиг деттара...

Мархаш т1ех а евлла, дог1а сецча, Хьуьсен аравелира.

Дукха хан ялале ведда чуиккхира иза.

- Раг1 йогу! Раг1 йогу! Алах ц1е яьлла!

Чуьра адамаш арахьаьвдира. Паровозан туьнкалгах санна буькъа к1ур г1уьттура б1е метр хиллал ехачу рог1ан юккъера.

- Же, раг1 т1е довла шалгошца! Зударий, аш ведаршца хи т1екхехьа! - омра дира Къусайс.

Ц1е яьллачу метте дехьий, сехьий а х1иттина, йол охьатосуш раг1 хадо буьйлабелира уьш. Цара охьатесначу алах йолу ц1е т1е хиш детташ, когаш бетташ йойура бухахь лаьттачара. Т1оьхулара раг1 дог1ано яшийна хилар бахьана долуш, ц1е яьржина ялаза яра.

Ведар чу х1оттол шуьйра алун арс бара, буру санна хьийзаш, элан рог1ах чубахана. Буьххье т1етоьхна стелахаьштиг рог1ах чекхдаьллера.

Каде хьаьвзинчу белхалоша, дукха хан ялале, оццул йоккха раг1, лаьтта кхаччалц ши ах еш, хадийра.

Рог1ах йоьлла ц1е дика д1аяйина х1орш бовлале, юха а мохь белира Хьуьсенан:

- Берзалоша бекъа йоь! Довдалаш! - шалгу а буйнахь д1ахьаьдира и.

Дехьий, сехьий а яьлла, юкъаерзийнера шина барзо бекъа. Т1ехьа йоьрзий мийраш тухуш, хьалха йоьрзий йоьрзий це тухуш, шен ма хуьллу берзалойх летара кхел.

Шалгош белаш, дагарш эцна, маьхьарий а детташ, д1ахьаьлхира нах. Адамийн орца гергакхаьчча кхераелла берзалой, юха хьуьйсуш, евдда гена евлира.

Шинхьа катоьхна чевнаш йинера бекъанна. Терсаш цунна гонаха хьийзара нана. Ткъа цу шинца хилла говр «Хур-р-р-р» аьлла мерах шок а тоьхна, яжа х1оьттира. Чевнаш йина бекъа а ялош ферме юхабаьхкира уьш. Бокъах къахетара Хьуьсенна. Цуьнан чевнашка хьажа лор вало а вахара иза.

Воккхачу шина стагах кхин д1а ца къаьсташ, дешаран шо доладаллалц болх бира Хьуьсена. Барзо чевнаш йинчу бокъан ч1ог1а терго йора цо. Сийна буц яош, шен хен-хенахь хи малош, ненах йоккхуьйтуш, дика 1алашйора цо бекъа.

Цкъа цхьана дийнахь коьртах дай куьг а хьоькхуш, бекъ хьоьстуш воллура Хьуьсен.

Т1евеара бригадир:

- Хьуьсен, хьо д1а маца воьду?

- Тахана. Кхана 1ийча деша дуьйлало тхо.

- Х1аъа, и бакъ ду. Дешаран шо т1екхаьчна. Казбеках къаста деза моьтту суна х1инца?

- Идрис, овес а яош, дика лелаяйталахь х1ара бекъа, - дийхира Хьуьсена.

- Бекъа ледара юьтур яц. Юха аьхка каникулаш хилча вог1ур вуй хьо кхуза балха?

- Вог1ур ву те...

- Хьожуш хир ву-кх хьо бекъа муха ю! Хьоьга 1амайойтур ас х1ара.

***

Д1аоьхура денош.

Дешаран шо а чекхделира. Т1екхечира аьхкенан каникулаш. Хьуьсен Идрис волчу бригаде балха вахара. Белхалой меттахбовлале сатоссуш хьала а г1оттий, йолайолуьйтуш а, хохкуш а, зоотехника ма-хьеххара, бекъа 1амо волалора иза. Казбекан х1инца шолг1а шо дара. «Казбек, схьало ког!» «Казбек, гора х1отта!» - бохуш 1амайора Хьуьсена иза.

Инзаре дара Хьуьсен дуьххьара цунна т1ехууш. Бекъо охьа тоьхна лазорна кхоьруш, наха т1ехаа ца вуьтура иза.

- К1ант, и бекъа аьрха ю, ма г1ерталахь цунна юххе, лазор хьо. - олура цуьнга.

Амма Хьуьсен кхоьруш вацара. Бокъан амал дика евзара цунна. Дуьрстанан гаьллаш бага а йоьхкина, бекъа керта юххе а оьзна, т1ехиира Хьуьсен. Казбек т1ехьарчу когаш т1е ира а х1уьттуш, кхисалуш го тийса елира. Цецъяьлла, б1аьргаш керчадора цо. Вехха идийра цо Хьуьсен арахула д1а. Х1инций, х1инций цо иза охьатуху бохуш лаьттара нах. Ткъа, Хьуьсен, т1елетча санна, ч1ог1а 1ара говрахь. Дика хаьара цунна говраца шен дег1 лело.

Цхьана дийнахь колхозан председатело кхайкхина д1авигира Хьуьсен.

- Цхьа бутт баьлча говраш хохку. Хьуна муха хета, Хьуьсен?

Хьуьсенан дог тохаделира.

- Аш пурба лахь, Казбек кечйийр яра ас...

- Говр т1аьхьа а йисина, иэхь-м дийр дац ахь?

- Дийр дац! Казбек иэр санна маса ю.

- Делахь х1ета Казбек а кечъе, хьуо а кечло, - т1едиллира председатела.

Кхана говраш хохку аьлча цу буьйсанна наб ца кхеташ, меттахь керчаш, вехха 1иллира Хьуьсен. Делахь а, 1уьйранна сов хьалхе хьала а г1аьттина ферме вахара иза. Хьуьсен не1аре х1оьттича хазахетта «Хьуь-хьуь-хьуь-хьуь!» - аьлла терсира Казбек.

Говраш хахка кечйинчу арахь дукха дара адам. Т1ехевшина а, юьхь лаъцна а хаддаза д1ай-схьай лелайора наха хахка кечйина говраш.

«1ожаниг» хьалха ер юй, «бораниг» хьалха ер юй бохуш, шайна-шайна хетарш дуьйцура гулбеллачу наха. Говраш хахка еза меттиг билгалйоккхуш байракхаш йоьг1нера. Беа гонна барх1 эзар метр яха езаш яра говраш.

Барх1-барх1 цхьана хохкуш, пхоьазза гонна яхара говраш. Секундомерашна т1е а хьуьйсуш, говраш хахкаран низам лардеш бара судьяш. Боьазлаг1чу гонехь хьалхаевлла говраш къастийра юха а хахка. Цаьрца Казбек а яра.

Говраш йолу дай гонах хьийзара, берешна хьехарш деш: «Хьалхарчу шина гонна говр парг1ат йиталахь». «Бертал та11ий 1елахь». «Шед тохий а, т1ехь ветталуш а говр ядарх йоха ма елахь», - бохуш.

- Ладог1алаш! Д1алелхийт! - аьлла, байракх а ластош, сигнал елира. Хьалхарчу гонна юккъе ялале массо а говр шел т1аьхьа йитара Казбека. Говрахь дика 1ара Хьуьсен. Мох к1езга лацийта бертал вижина воьдура иза. Говран букъа т1ехь ветта ца луш, пружинаш т1ехь санна, дайн латтадора цо шен дег1.

Шед ца тухуш, говр ца човхош, яйн голаш а та1ош, кхозлаг1чу гоне велира Хьуьсен. Говр хахкаран говзалла юьйцуш хьехарш динера цунна Къусайссий, Мохьмадий. Хьуьсенна реза хилла, цуьнгахьа озабезам беш, иза хьалхаволийла лууш: «Т1ета1ае! Т1ета1ае!» - бохуш лаьттара и шиъ адамашна юккъера дикка схьа а къаьстина.

Т1аьххьара го чекхболуш шена юххе х1оьттина йог1учу 1ожачу говрал пхи метр хиллал хьалха яра Казбек.

Ехьаш багах 1аь а етташ, меран 1уьргаш а юсийна, маьлхан серлонгахь шен расха дег1 а лепош и хьалхаиккхичи маьхьарий девлира нахе:

- Хьуьсен! Хьуьсен! Човхае!

Тоьхначу зилал ч1архъаьлла т1ех а иккхина, Хьуьсена дуьрстанан га юха а уьйзуш, юьстаххьаьвзира Казбек. Иза ц1еххьана ца сацош, вортант1е дайн куьг а хьоькхуш. «Казбек, Казбек! Дукха яха хьо!» - бохуш хьоьстура Хьуьсена.

Казбек хьалхаяьлча хазахеташ, боккха кхаъ хилла цунна т1ебахара колхозан председателлий, Къусай, Мохьмаддий.

Хьуьсен говрара охьа а ваьккхина, хазахеташ куьйгаш т1ехь хьалакхуьйсура т1егулбеллачу наха.

Шозлаг1чу дийнахь Каэбекаца даьккхина Хьуьсенан сурт дара газета т1ехь.

ХЬАЖМУРДАНА Г1ОЬРТИНА КЪУ

Хьажмурд, дег1ана эг1азо, вуно т1ахъаьлла а, хьуьнар долуш а к1ант вара. Шен шийтта шо бен доццушехь, ц1ахь-кертахь а, школехь а дечу г1уллакхана т1ера вара иза.

Шен хене а, дег1ан ницкъе а хьаьжжина т1едиллина г1уллакх мало йоцуш кхочушдора цо. Цуьнга балу болчу балхана т1ера юхаийзош кхоа а ца вора иза дас, х1унда аьлча, цунна хаьара, жим-жимма вулуш, балхах волар, болх бар пайдехь дуйла а, цо могушалла ч1аг1йойла а, дег1ера ницкъ алсамбоккхийла а.

Школехь къинхьегаман урокаш доккхачу хьуьнарца, кхиамца кхочушйора Хьажмурда. Школан дирекцис сийлаллин грамота а луш, къастош билгалваьккхинера иза. К1ант дика кхиорна бар-калла элира цуьнан дена-нанна а. Нахана юккъехь к1ант хасторна а, шайна баркалла аларна а юьхьк1айеллера Шахьбин, Маликатан.

Урокашкахь дика ладуг1уш а, кхета г1ерташ а хиларе терра, дешар дика хаьара Хьажмурдана. Девне, ч1иркъе воцуш а, шайца уьйр йолуш а хиларна берашна везара иза. Даима цуьнан векхавелла хиларо а гойтура даг т1ехь мекха йоцуш догц1ена иза хилар.

***

Цхьана дийнахь дай, наний ц1ахь доцуш ша виснера Хьажмурд. «Варий, Хьажмурд, ц1ахь ледара ма 1елахь. Ц1енна гена ма валалахь. Керт-кехь б1аьрг тухуш хилалахь», - бохуш, кхийлинера нанас.

Шайна х1ума эца г1ала баханарш ц1а бахка хьебелира. Г1алара ц1а кхаьчча дений, нанний хазахетийта дуккха а г1уллакхаш динера Хьажмурда. Етт д1а1алашбинера, уьйт1е ц1анйинера, кхетилла дечиг даьккхинера.

Дай, наний ц1а дан хьеделча кест-кеста араволий, уьш бог1у гой хьоьжуш, урамехь б1аьрг а тухуш, юха чувог1ий г1уллакх а деш вара Хьажмурд.

Маьрк1ажа хан а хилира, бода боьлла 1арж а елира. Стогар а латийна, пешахь йоккха ц1е а юьйсина 1еш вара Хьажмурд. Цхьа к1еззиг кхоьруш, инзаре хеташ семо ладоьг1ура цо. Амма ла мел дийг1и къора а, акха а татанаш алсам хезара. Бода чу къедачу коре хьажа дегаза хетара. Оцу корах чу къедану боданах инзаре буьрса суьрташ х1уьттура.

Иштта иза ладоьг1уш 1ечу хенахь дехьа чуьра не1арна тоьхна дог1а а хьедеш, «къарч1-къарч1-къарч1», - бохуш татанаш дуьйла-делира. Цецваьлла ладуьйг1ира Хьажмурда, уьш х1ун татанаш ду ца хууш.

Хьажмурда арахьарчу не1арна зайл д1абоьллинера. Зайл д1абуллучу хенахь сени чохь деса дара. Сени чухула бен дехьа чу воьду не1 яцара. Оцу дехьа чуьрчу не1арна тоьхна дог1а дара хьедеш дерг.

«Къу», - аьлла, даг чу дижира Хьажмурдана. Оцу сохьта оьг1азвахана дог тохаделира цуьнан. Бакъдерг аьлча, жимма кхера а велира. Х1инца х1ундича бакъахьа дара техьа, аьлла, ойла ян велира иза. Ластийна коьрта юккъе цхьа х1ума тоьхна охьавиллича, иза къу ца хилахь юьхь1аьржачу х1уттур ву, х1унхаьа иза, х1ара кхеро дагахь веана лулахойх цхьаъ хуьлий а. Х1ан-х1а, билггал къу ву я вац ца хиъча, и дан мегар дац. «Хьаха веза иза схьалаца, - аьлла, дагадеара Хьажмурдана. - Къу хилахь мила ву а хуур, кхеро, 1овдал забарш ян веана стаг хилахь, со стешха воцийла д1а а хоуьйтур ду».

Иштта сацам а бина, ц1еххьана не1 схьа а йоьллуш, - «Хьан дена хила не1алт!» - олуш, сени чу а иккхина, бодашкахь чухула ка хьокхуш, ткъалап аьлла дехьачуьрчу ц1ийнан не1арна т1екхийтира иза. Амма къу а, я цхьа а стаг а кара ца веара Хьажмурдана. Яьсса яра сени. Не1арна тоьхна дог1а а шен меттахь дара.

- Ва нах, х1ара х1ун ду?! - ч1ог1а цецвелира Хьажмурд. Къуьнах лата а, къу схьалаца а тохаделлачу дагна сиха садоь1уш, ведда веача санна, вехьаш вара иза.

Чувахна стогар схьа а эцна, юха а леррина сени чухула б1аьрг туьйхира цо. Сенин не1арна, ша маьрк1ажехь чувоьрзуш тесна хилла ч1уг йоллуш карийча, кхин а цецваьлла, ойла еш лаьттара иза:

- Ма тамашийна х1ума ду хьо дан-м, сенин не1 а йоьллуш ца веача, стаг чу ван боцу меттиг, цунна ас д1атессинчохь йоллу ч1уг, хьедеш хилла дог1а! Самах ду техьа х1ара, я г1енах ду техьа, я суна тарделла техьа?

Иштта Хьажмурд лаьтташ, ц1еххьана дог1а юха а меттахъхьадира, ч1агарш а екош. Не1 яй-й хьиэеш яра. Лов-в-в, аьлла, дег1е зуз а деана, не1арна т1е буьйг1ира Хьажмурда шен ши б1аьрг.

«П1и-м1аьв-в-в, п1и-м1аьв-в-в», - элира дехьа чохь.

- Цициг! Ду те цициг! - Хьай-й, хьох хила йоккха топ, ва къу! Хьо дан а ду хьуна къу, - бохуш, цицигана яппарш ян велира иза, доллачух а ша кхетча.

Хьажмурдан нанас шура а, т1о а кхиболу юучух1уманан г1ирс а чохь латтош дара и ц1а.

1уьйранна не1 схьайиллича чу а дахана т1о баа дагахь поднар к1елахь лечкъина хиллера цициг. Ткъа иза чохь ду дац, а ца хууш, Хьажмурдан нанас дог1а д1атоьхна. Ша т1о биъна дуьзна даьлча, арадала дагадеана цицигана. Амма не1-кор къевлина а карийна, чохь дисина. Де дахделла писуна. Ша чохь дисча, йиънарг а, и чоь а марахъяьлла цунна.

Аре марзъелча, чоь к1ордийна къахьъелча, кхин тоха са а ца хилла, не1аран лаха йисте ког а туьйсуш, не1 д1а-схьа етта даьллера цициг.

Иза цу чуьра арадаккха шен таро ца хилар дага а деана, элира Хьажмурда:

- Д1а 1е хьайна х1инца, мела аьлла мама ц1аяллац чуьра ара-м ца дала. Соьгахь-м хьаха дац кху ц1ийнан дог1анаш.

* * *

Цициго карзахваьккхина хьийзинчул т1аьхьа, меттавеана, урокаш еш 1ара Хьажмурд. Дукха хан ялале «Т1ах-т1ах-т1ах», - аьлла, арахьарчу кех х1ума туъйхира.

- Х1а-а, схьхетарехь, мамаг1ар бу-кх уьш, - аьлла, партъаьлла хьалаиккхина арахьаьдира иза.

- Мила ву? - хаьттира Хьажмурда.

- Тхо ду. Ков д1аделла. - Дуьхьал вистхилйра Шахьби.

Дай, наний ц1а кхаьчна воккхавеш чехкка зайл д1а а баьккхина ков диллира Хьажмурда.

Шахьбигахь, Маликатехь карахь х1уманаш яра.

- Мама, суна х1ун яхьа аш? - аьлла, катоьхна Маликатера х1уманех юьзна йолу сетка схьаийцира Хьажмурда.

- Хьуна дера яхьа шортта х1уманаш. Пальто а, мачаш а, хьуна ца тоьуш хилла дешаран г1ирс а, - нанас аьлла, хазахетта, чукхаччалц са ца тухуш, сеткех тасавелира Хьажмурд.

- Собарде, ва Хьажмурд, чукхаччалц. Цу чохь яций уьш-м, хьан дегахь яй, - бохура Маликата.

Хьажмурда йохйинчу х1усаме чукхаьчча, сапарг1атдаьлла, йоккхаера нана.

- Гора Хьажмурд я1, ледара 1еш-м ца хилла хьо, - хастийра цо к1ант.

Сетка а, т1оьрмиг а, кхин цхьа шед а баьстина хьалаяха йолийра эцна еана х1уманаш. Уггар хьалха т1еюьйхира Хьажмурда шена еана пальто. Дег1а т1ехь вуно хаза товш а, г1ехьа а яра цунна иза.

- Ахь дика дешарна а, ц1ахь-кертахь г1уллакх деш, дика ц1ийнан 1у хьо хиларна а, эцна оха хьуна х1орш. Ахь дика мел дийши а, хьуна оьшург хилийта хьожур ву со, - бохура Шахьбис.

Шена еана х1уманаш, цаьрга хьаьжна ша ваьлча, д1а а ехкина, ша ц1ахь дина г1уллакхаш дагардан волавелира Хьажмурд. Т1аьххьара а, къу г1оьртина моьттуш, ша эрна лелийнарг дуьйцуш коьртахдаьккхира Хьажмурда, Маликата т1ехула дог1а а тоьхна, чохь дитина цициг.

- Мама, наха мелхо а цициг т1е ца кхачийта д1ахьулъеш, ахь, хьайна ма луъу шура а, т1о а, даьтта а даа аьлча санна, цициг чохь ма дитинера, т1ехула дог1а а тоьхна, - аьлла.

- Дитина хир дац! - цецъелира Маликат. - Вай елла яла со дела1, ма къаьхьа де дина хир ду цо цу чохь. Хьажахь, ас куьйра лийса 1а1ийна т1о а бехбина хир бу-кх цо. Хьаха ю ас цунна х1инца ша йиънарг марах-м йоккхур. Схьалацал, Хьажмурд, суна и стогар.

Сени чу а яьлла, нуй юххе а х1оттийна, не1аран дог1а даккха х1оттира Маликат. Юха а «п1и-1аьв-в», - аьлла, 1аьхира цициг.

- Х1а-а, х1инца ладог1алахь хьайн дег1е! - элира стогар лаьттачу Хьажмурда, вела а воьлуш. Хьажмурдана шера хаьара цициг х1ума ца кхеташ к1елхьара дер дуйла. Иза к1елхьара далийтархьама, Маликатана ца тосайолуьйтуш, къайллах сенин не1 д1ахерйира цо.

Цхьана буйна тоха кечбина нуй а лаьцна, меллаша не1 д1ахерйира Маликата. Цициг Маликатан когаш юккъехула, партъаьлла, араиккхира. «Хьай нажжаз я1!» -- аьлла, Маликата ластийна нуй не1-саг1ех кхийтира.

Хьажмурд шен карара стогар хьала а лоьцуш, к1ажъоьхуш воьлура.

- Эх1, ма ч1ог1а марахдаьккхи ахь цунна, - воьлура Шахьби а.

- Шу стенна доьлу-у? Шуна-м мелхо а хаза ма хета цо т1о биъна, - бохура Маликата.

- Хьайна ма луъу т1о баа, аьлла, ахь чохь дитинчу цицига х1ун бехк бу, ва мама, - элира цициг к1елхьарадаларх синкъерам баьлла, воьлуш лаьттачу Хьажмурда, забар еш.

КХЕРАМ

Делкъан-хенахь жа руьйта а далийна х1ума юуш 1ара Шахбий, цунна юург эцна вахна Хьажмурддий. Х1ума йиъна а ваьлла хи йистехьа д1аволавелира и шиъ. Йовхонна тужаркин т1емаш а, чет а даржийна воьдура Хьажмурд. Ц1еххьана човвв-в-в-в бохуш х1аваъ эт1ош стиглахь шакаран тата делира. Оцу шакаро цецваьккхина хьалатаь11ашехь Хьажмурдан чета, бамба санна, к1еда а, йовха а цхъа х1ума иккхира. Чхов-в-в,- аьлла, мох а тухуш, юххехула т1ехъиккхира к1айн куьйра. Хьажмурда, даг т1е ка а тухуш чета куьг дахийтира. Четахь буйна еана йовха к1еда х1ума д1ахьаьжча хьоза хиллера. Кийрара схьаэккха санна детталора цуьнан жима дог.

Хиллачух кхийтира Хьажмурддий, Шахьбий. Х1аваэ лаккха хьала а долий т1емашца гонна хьийзаш ижонна б1аьрг кхарстабо к1айчу куьйрано. Мел генара х1ума го цунна. Иштта сирла ду цуьнан б1аьргаш. Лахахь болу дахка а, моьлкъа а, я жима олхазар а, кхин долу дийнат а шена гича, т1емаш дег1аца охьа а дийшадо, т1улг санна, т1аьхь-т1аьхьа чехка а долуш, чухецало иза. Цуьнан чехкаллина к1елхьарадала ницкъ ца кхочу мел масачу олхазаран а. Шен чехкаллица цо х1аваъ эт1ош мохца доккхучу шакаран татанах къаьхкий доду олхазар.

Иштта шена и куьйра чухьаьдча кхин к1елхьарадала меттиг ца хилла иккхира иза Хьажмурдан чета. Луьрчу куьйранал адам маьрша хийтира цунна. Ткъа шена т1евеанарг кхерамах ларош 1едал ду вайн.

- Доха ма дохалахь, кхерам бац хьуна х1инца, - аьлла, хьаьстира Хьажмурда хьоза.

Ижу карара яьлча, дог а диллина, д1адахара куьйра.

- Меца хир дуй техьа х1ара, яах1ума ло вайшим-мо кхунна, - аьлла, къинхетам бира Шахьбис. Шена д1акховдийна баьпка цуьргаш ца йиира хьозано. Хетарехь, дукха ч1ог1а кхераделла юучух чамбаьллачух тера дара цуьнан.

Х1инца кхин кхерам бац куьйранах, дедда д1аг1ондай шена, аьлла, шен белш т1е хаийра Хьажмурда хьоза.

Цец гондахьа хьоьжуш дехха белш т1ехь 1ийначул т1аьхьа д1адахара иза.

Цул т1аьхьа, «ч1иркъ-ч1иркъ», - бохуш, декаш шена юххехь хьоза нисделча: - Схьадола, сан доттаг1, - олий, вистхуьлура Хьажмурд.

МАЙРА ГОМАШ

Шен ненавешин Хьамидан меттана Хьажмурд беже ваханчул т1аьхьа цхьа 1а а д1аделира. Т1ееара б1аьсте. Оцу б1аьстенан юьхь д1атиллачу хенахь, шайна т1екхаьчна раг1 йоккхуш, кхин цкъа а беже ваха дийзира Хьажмурдан. Бакъду, х1инца-м боккха бохам хилира цунна. Бежехь нехан гомаш а яйна веара иза. Делахь а, Хьажмурдан бехк болушший, цо ледарло йиний ца яйра гомаш.

* * *

Цхьана дийнахь сов хьалхе 1уьйранна нанас самаваьккхира Хьажьурд.

- Же, хьалаг1аттал Хьажмурд, тахана беже ваха веза хьо. Хьан да балха вахана ц1ахь вац, сан а х1инца цига яха йиш яц, - аьлла.

Х1умма а б1окъажош вацара Хьажмурд шена т1едиллинчу г1уллакхана. Дег1 набаро дохийнехь а, мало йоцуш, ч1архъ-аьлла каде хьала а иккхина, чехкка шен юьхь-куьг а дилина, беже ваха кечвелира иза. Хьажмурд хьалаг1аттале цунна яа а, беже яхьа а мерза юург кечйинера Маликата.

Вуззалц х1ума а йиъна, к1алд а тухуш, шурица хьакхош йина сискаллий, кхехкийна х1оашший чохь долу т1оьрмиг коча а тесна, бажа лаьхкина юьртах аравелира Хьажмурд.

Стиглахь наггахь бен марха йоцуш декхна хаза де дара. Х1инца схьакхеттачу б1аьстенан бовхачу малхо самадаьхна полларчий г1евттина дуьйладеллера, х1аваэхь шешан къорза т1емаш а лестош.

Наггахь бен, бежана дажа охьа ца кхевдаш, лаллабелла дежийла йолчу д1абоьдура бажа. Нилхо кол а йолуш, таь1начу меттехь дика дежийла а картина, цигахь сацийра Хьажмурда шен бажа. Туьха доьхкича санна т1елетта дика дежара бежанаш.

Дукха хан ялале Хьажмурдана коьртахъелира цхьа гомаш.

Корта хьала а ийбеш, мерах шок а етташ ладоьг1ура гомашо. Наггахь бен яжа охьа а ца кхевдара иза. Шозза, кхузза и гомаш бежах къаьстина юьстахъяла йоьлча, юхаерзийра Хьажмурда. Т1аьххьара а Хьажмурд дуьхьал идарх саца ца туьгуш хьуьн чу а яхана лечкъира, яхка кечъелла йолу гомаш. Бажа д1а а тесна, и лоьхуш лела тар а ца делла, гомаш хьуьн чохь а юьсуш, суьйранна бажа а балош ц1а веара Хьажмурд. Гомаш йолчу дега хаам а бина, цуьнца цхьаьна гомаш лаха юха хьуьнах вахара иза. И шиъ хьуьн чу д1акхачале маьрк1ажа хан а хилла, бода ч1аг1белира. Буьйсанна дикка хан яллалц лийхира цу шиммо гомаш. Ца карайора 1аьржачу бодашкахь лехарх я гомаш а, я цунах билгало а .

Сарралц бежехь лелла Хьажмурд г1елвеллера. Делахь а шеца волчу надсъостана яхь д1а ца яла, ша г1елвеллийла а, шен настарш лозийла а ца хоуьйтура цо.

- К1ант, вайшиъ ц1а ваха веза, ша тилкхазваьлла т1е ца 1оттавелча, гомаш карор йоцуш, 1аьржа а, ирча а буьйса ю х1ара. Дог1а дан а герга дахна. Йоьг1нехь кхана схьакарор ю вайна и гомаш, - аьлла, ц1ехьа волавелира гомашан да.

Бакъду, Хьажмурдана гомаш караяллац ц1а ваха ца лаьара.

- Берзалой т1екхачахь, цара юьйр ма ю иза, д1а ма г1о вайшиъ гомаш караяллац,- бохура цо. Делахь а, гомаш цу буьйсана ца карош юха ц1ехьа вирзира и шиъ.

Ша яхка хьовзийча ч1ог1а д1алечкъаш 1едал ду гомашан. Адам я, экха а т1е ца кхочу йоллучу луьстачу куллах я юьстахчу меттехь лечкъа иза. Иштта лечкъина ехкинера гомаш.

Буьйсанах хан яьллера. Стелахаьштиг а детташ, дог1а дола деллера. Гомашо хаддаза шен шога мотт хьокхуш ц1анйира к1орни, «хуур-р» - бохуш, мерах шок а етташ. «Со мича дуьнен чу яьлла техьа?» - бохуш, санна оцу буькъачу бодашкахь шен ненан г1аларт бен гуш х1ума а доцуш 1уьллуш яра к1орни, ц1еххьана, буьйса серлайоккхуш стелахаьштиг тоьхча, шарх олий кхосса а луш. Буьрсачу буьйсанах тешам байна гондахьа б1аьрг кхерстош, сема ладоьг1ура гомашо. Махо г1аш ластийна тата даьло а «хурр-р-р», - бохуш мерах шок а етташ, яь1на а аййой ладоьг1уш ехха лаьттара иза. Юха а шена йеко йолуш кхерамехь кхин х1ума ца тосаелча, шен к1орнина мотт хъекха х1уттура иза.

Сатаса герга дахханчу хенахь дог1а сецира. Генахь йоццуш борз уьг1ира, дерриге а дуьнен чу орца доккхуш санна къиэяьлла уг1ура иза. Кхерамах ларлуш, садоь1учуьра соьцуш, ладоьг1у гомашо. Борз уг1учуьра сецначул т1аьхьа дукха хан ялале «къарш-къарш» аьлла тата делира. Гомаш лата кечъелла иэга еш, юса а елла, тата даьллачхьа кур а берзийна д1ах1оьттира. Ц1еххьана къегира берзан, к1егий санна, сирла ши б1аьрг. Гома шен к1орни когаш к1ел а юьтуш, биъ ког а баржийна, лаьттара. Уьг1инчул т1аьхьа, ижонна го тийса елира борз. Гомаш ч1ог1а само еш хилар бахьана долуш, т1ехьашха т1екхета аьтту ца хилира берзан.

Х1инца гомашна тешнабехкаца логах катоха дагахь тебаш герга г1ертара борз. Гомашна хаьара шена хьалха хьийзарг кхераме экха дуйла. Дикка герга а кхачийтина барзана ц1еххьана ма1аш туьйхира гомашо. Борз «к1ар-ц-ц1», аьлла, буьрса к1омсарш а тухуш, ц1еххьана юьстахъиккхира.

Бобелира буьрса т1ом. Гомашна тешнабехк бан г1ортарх г1уллакх а ца хилла, гондахьа хьийза елира борз.

Гомаш кхерийна йохо г1ертара иза. Генна а йолий чухьодура борз. Шена дуьхьал йоьг1начу ма1ех къаьхкий к1омсарш а тухуш, катоха аьтту ца болуш юххехуло т1ехъэккхара. Т1ехьашха т1ег1ерташ гомашна го бохура цо. Ма1ашца шена дуьхьало яр дохош, гомашан аьтту бохо г1ерташ, д1ай-схьай кхийсалора борз. Бакъду, иза муьлххачу аг1ор иккхича а, гомаш шен и ира ма1аш дуьхьал ерзо кхуьура. Т1е ког ца боккхуш сов ч1ог1а ларйора цо шен когаш к1елхьара к1орни.

Д1ай-схьай хьийзарна йохъеллачу гомашна т1ера 1аь г1уьтура.

Са а хилла, де серладелира.

Т1аьххьара а, оьг1азъяхар совдаьлча, барзана кур а ирбина чухьаьдира гомаш. Борз хьалхара едира. Т1аьхьаяьллачу гомашо экхийна борз 1аьссан тог1и чу кхоьссира. Тохара хи ихначу меттехь лекха берд бара. Оцу берда юххе кхаьчча, сада1а сецира гомаш. Борз юха дуьхьал йирзира. Х1инца дуьхьало ян аьтту бара гомашан. Тохара санна го бохуш хьийза а ца дезаш бердах гаъ 1 д1а а тоьхна дуьхьал йирзира иза. Юххешхула т1екхета дагахь борз чухьоддушехь, цхьана аг1ор а эккхаш, борз шен ма1ашний, берданий юккъе нисъеш, кур туьйхира гомашо.

Барзе мохь белира. Оьг1азе дера кур т1ета1ийна, ма1аш чекх а йохуш, бердах д1алатийра гомашо иза.

Берзан ши б1аьрг т1ебеара. Багара мотт арабелира. Борз елира. Гомашна ца хаьара иза елла я ца елла. Цо иза д1а ца хоьцура.

***

Дехха лийлира гомашна т1аьхьадаьлла орца. Т1аъххьара а гомашан, берзан ларт1е нисбелира уьш. Буьйсанна дог1адеана хатт баларна шера къаьсташ яра и лараш. Цу т1е гомашший, борззий едда яхана хиларна лараш яккхий а, ша тоссуш яьхна а яра.

Цу лорах вахначу Хьажмурдана 1аьссан тог1и чохь бердах борз д1а а латийна йоллуш карийра гомаш. Цигга т1екхиира, гомаш лаха арадаьлла, орца. Т1е ма-кхеччи, хиира нахана борз дийна йоцийла.

Сара а тоьхна д1ачовхийча меттах ца елира гомаш. Шозлаг1а а, кхозлаг1а а човхийча а гомаш юха ца елира.

- Эх1ей, цунах г1уллакх хир дац, и борз дийна ю моьтту гомашна. Иза, вай чехорах, юха ер яц. Суна хаьа цунна дан дезарг, - аьлла, шегарчу дагарца берзан корта баьккхира Шахьбис. Берзан корта дег1ах къаьстича юхаелира гомаш. «Хур-р-р, - аьлла ега а елла, - 1о-о-й-1ой», - бохуш, 1еха а 1оьхуш, д1ахьаьдира иза.

Шена т1аьхьадаьлла орца тесна а дитина едда къайлаелира гомаш. Лорах т1аьхьа бахначу Хьажмурдаг1арна, мотт а хьоькхуш, шен к1орни якхош лаьтташ карийра гомаш.

Кар-кара туьйлуш марахь к1орни а яхьаш, гомаш т1аьхьа а яьккхина ц1а баьхкира уьш.

АТТРАКЦИОН

Г1алахь вехаш вара 1имран. Дуккха а доттаг1ий бара цуьнан: оьрси Виктор, эрмло Жора, г1алг1ай Туг1ан, нохчий Султан, Вахий. Мукъачу дийнахь цхьаьна кино я музей боьлхура уьш. Ткъа аьхка лийча оьхура.

Кху аьхка Виктор шен ден даволчу Краснодаре, Туг1ан шен ден наний, ден вежарий болчу Несаре, Жора пионерски лагере вахара.

Иштта, доттаг1ий д1ай-схьай а бекъабелла, цхьа висира 1имран.

Ткъа 1имрана а яьккхира хьошалг1а вахна юьртахь цхьа к1еззиг зама.

Г1аларчу базарна генахь яцара 1имран веха х1усам.

Ша реза йоллуш чохь-кертахь г1уллакхаш дина ваьлча, к1ентан дог хьостуш:

- 1имран, лаахь кино а, лаахь цирке а г1о хьайна, - аьлла, билеташ эца а, марожнех дохка а ахча а делла, г1али юкъа вахийтира иза нанас.

Бакъду, 1имранна базарарчу циркан аттракционе хьажа лиира. Х1унда аьлча, цигахь кара1амийна ча ю аьлла хезнера цунна.

Ча чохь кхобуш йолу аьчкан клетка аттракционна арахьа лаьттара. Юххехула т1ех а дуьйлуш, д1а-схьай лела адамаш хьуьйсура цуьнга.

Аттракционан программа йолалуш, цу клетки чуьра ара а йоккхий, программехь дакъалаца д1аюьгура ча. Иза д1айиггалц йолчу хенахь клеткина юххе т1е а воьдий, ча хьоьстуш, цуьнца гергарло теснера 1имрана. Х1ора дийнахь бохург санна воьдура иза ча йолчу.

Цкъа, цхьана сарахь, базарара чуеанчу лулахочо 1имранан нене цецъюьйлуш дуьйцура:

- Хьажахьа, Тамара, ма тамашийна х1ума ду-кх оцу базарарчу бутки чохь дерг. Гиний хьуна цхьа лекхо а йолуш горга х1ума? Леррина цу чохь лелориг х1ун ду хьажа т1еяхна хаьтти аса, х1ара х1ун ю? - аьлла, «антарциклон» бахара я цхьа циклон ю-м бахара цара.

- Мичара «антарциклон», аттракцион олий цунах-м - г1адъоьхуш воьлура 1имран.

- Х1аа «антарцикон» бахар хьуна. Х1уъа елахь а иза яр-кх и. Чу а яхана со суо ца хьаьжча г1уллакх хир долуш дацара-кх. Ялх шай делла билет а эцна, чуяха со. «Эх1, и тамашена х1ума дара. Шен б1аьрга цагинарг тешар вацара цу чохь лелочух. Теша муха теша бозбуанчаллех. «Дарр-р-ринехь» гондхьашхула пена т1ехула мотцикнеташ хоьхкуш цара лелийнарг! Ванах х1ара г1енахь ду техьа, я самах ду техьа бохуш, лерана хьоьжу со. Хьан б1аьргашна а гуш чухула хехкалуш бу-кх. Иза бакъ хилча охьа ца оьгуш, муха буьсар бара уьш! - бохуш, цецъюьйлуш дуьйцура Алпатус.

- Бозбуанчал дац иза, Алпату, бакъдерг ду, - суна а ма гина уьш - бахара 1имрана.

- Хила а там бу. Суна стенах хуур ду иза, цкъа бен уьш ловзуш гина а ца хилча. И дера дицлур дара хьуна чано матцикнет хозкуш гинехь. Хьажахь, вайн устазора, стага санна, ша т1е а хиъна, хоьхкуш го ма туьйсуьйтора цо оцу матцикнете, дар-р-р-ринехь!

- 1амийна иза матциклет хахка. Со а ву цунна хелхар 1амош.

- Д1авалахь д1а, мичара хелхар 1амор дара ахьа цунна! Со леян г1ерта-кх хьо а. - Ца тешара Алпату 1имрана дуьйцучух.

- Делахь-х1ета тахана делкъал т1аьхьа ши сахьт даьлча цига д1айола, аса гойтур ду хьуна ча хелха йоккхуш, - аьлла, Алпатуца барт бира 1имрана.

Иза ша бохучух тешо, ша ма-аллара, делкъал т1аьхьа ши сахьат даьлча, ча йолчу вахара 1имран.

- Деллахьа к1ант, х1унда лейо техьа ахьа со? - бохуш, 1имранна юххе а х1оьттина, йоьдура Алпату. 1имран вог1у гича кхиссалуш ловза елира ча.

- Хьажахь, хьажахь! Хьо вог1у гуш цо лелориг! Ватта, елла со дела1, - бохуш, цецъюьйлура Алпату.

Вела а къежаш, ча хьоьстуш, забарш йора 1имрана. Цо санна, забарш еш, корта лестабора чано а. Ткъа 1имранан цунах ч1ог1а сакъералора. Веалара а х1оттина, кхиссалуш, кеп х1оттийра цо, чано х1ун до хьажа. Изза дора Мишкас а.

1имран, ши пхьарс хьала а айбина, зударех хелха ваьлча, ча а йолура иштта хелха. Цу шиммо лелочух сакъералуш, боьлуш, и чохь йолчу клеткина го а лаьцна, лаьттара нах.

Ша ма-баххара, ча хелха йохуш а, кхиссайолуьйтуш а, керчаш го бохуьйтуш а гайтира 1имрана цунна.

II

Хийла хан а елира 1имранан чаца гергарло тасаделлачул т1аьхьа. Аттракционан белхалошна а коьртах ваьллера 1имран.

Т1аьххьара а шен доттаг1ий юха ц1а бирзича, цаьрца кхечухьа ваха дезаш хуьлура 1имран. Бакъду, Мишкица долу гергарло дицделла вацара иза. Акробаташ каде ловзуш а. Мишкас мотоциклет хохкуш а сакъералора цуьнан. Керла программа ю аьлла афишаш хьалатоьхна гича, шен доттаг1чо Мишкас х1ундо хьажа кхин цкъа а вахара 1имран. Билеташ д1а а доьхкина, аттракционан болх д1аболо хан хилча, горгали а тоьхна, чугулбира хьовса баьхкина нах.

Б1аьргаш йовлакхца д1адехкийтина а, руль карара д1ахецна

а, стака санна, горгачу пена т1ехула хьийзаш го бохуш мотоциклет хихкира акробато.

Т1екхечира Мишкин раг1.

1аьржачу атлазан хеча а юьйхина, баьццарчу бархатан доьхкарш а тийсина, схьа гучуелира ча. Массара а т1араш деттара. Мотофед схьа чу ялийра акробато.

Т1е ког та1ош, лата а йина, Мишка цунна т1е а хаийна д1ахийцира цо иза. Мишкас матофед хоьхкуш, чухула го туьйсуьйтура. Наха цунах тамаш беш т1араш деттара.

- Лалла! Лалла, Мишка... Хьай ахьа даа моз!.. - аьлла мохь туьйхира хьовсуш болчех цхьаммо... Наха шех тамаш бойла хууш санна, къайлаха гондахьа нахе б1аьрг тухура Мишкас.

1имран а вара Мишкина ша гахьара аьлла хеташ г1опастина герга те1аш.

Масех го баьккхинчул т1аьхьа мотофеда т1ера йоьссира ча.

- Мишка-а молодец! - мохь туьйхира 1имрана.

Цкъа, цхьана дийнахь, белхан хан чекхъяьлча сада1а г1алин ураме ваьллачу акробатах б1аьрг кхийтира 1имранан.

-Де дика хуьлда хьан - аьлла, маршалла хоттуш, вистхилира цуьнга 1имран.

- Диканца вехийла, сан доттаг! Вола тхо долчу, Мишкас сагатдо хьуна. Схьахетарехь, акхарой кара1амалур долуш ву хьо. Шаьш дезаш верг ма веза царна а...

Боккъалла а суна сагатдеш хила там бу Мишкас. Кхин цкъа а ваха веза цига - аьлла, Мишкина яла цхьа ши камфета а хьош, вахара к1ант.

1имран гучуваьлча, хазахетта, бай корта а лестош, бер санна, эсала хьесталора ча.

ХИЛЛА БОХАМ

Октябрь беттан йоькханечу дийнахь серладаьллера Кавказан хаза 1алам. Эсаро човхийначу г1ан-патаро бес-бесара дарийн бос оьцуш, куз тесча санна, къарзбеллера юькъа хьаннаш йолу ламанан арц. Маьлхан з1аьнарша лиэпош, серла дохура орцан даккъашна т1ехула схьа гуш долу шан-ламанан баххьаш. Цу ламанан даккъех хьерчаш г1аьттина йоьдура к1айн морха. Стигланан есалле д1акхийдаш, т1аьхь-т1аьхьа дахлора цуьнан чорда дег1. Ламанан лаха когашкахь к1орга 1ин дара. Т1улгийн чхараш т1ехь кхиссалуш, лахенга охьа хьаьдда доьдура ламанан сирла хи. Цу хил сехьа, лакха т1ехь, 1инан бердан йистошца, цхьа жима к1отар ю. Ламанан басошца ховхачу бацалахь дежа бежнаш, уьстаг1ий. Билгалдара оцу жимчу к1отарахь бехаш берш даьхнийлелорхой хилар.

Оцу к1отарахь дехачу адамашна буьрсачу хьаннийн тийналла йохош а, я сарахь суьйренца, я буьйсанна хан яьлча, схьахезара акхаройн бес-бесара аьзнаш:

«1ов-в-в во-во-ву-ву-ву, 1ав-1ав», - дерриг а дуьнене орца доьхуш санна, уг1ура борз.

«В1ав-в! В1аьв-в-в! Ваь-в1аьв-в! Вай-ва-а-й! Вай-вай-вай», - чуо лозуш санна, маьхьарий хьоькхура чаг1алкхаша.

Кавказан 1алам дуьненчохь а цхьа ша-тайпа башхонаш йолуш ду. Х1инца а адамийн лар а кхетаза, шена чуьра хазна а йовзаза, яккхий къайленаш ю цуьнца. Б1еннаш шерашкахь кхиъна къена хьаннаш лаьтта к1оргачу 1аннашкара дуьйна, ламанийн лекхачу даккъаш т1е кхаччалц, баххьаш вовшех а г1оьртина. Цундела цу чуьра схьа акхаройн доцурш а, къора а, инзаре а аьзнаш хезийла ю. Мохо меттахдаьхча, вовшеххьекхалуш, чкъор шар а лой «Ц1а-а-къ! Ц1и-и-къ!» - бохуш, даьтта хьакхаза йолу варданан сема санна, ц1ийза генаш. Я, ч1ог1о мох баьлчи, цу мохо попан хара лоькху, лаьтта бухера схьа узарш деш санна хоьтуьйтуш. Я мохо лесточу г1ан-патаро къайлах шабарш до. Я хьаннийн баххашкахь шакарца мох ц1ийза. Цу акхачу 1аламо сагатдеш, стаг1 вон деъначу х1усаме кхойкхуш санна, бух1а ека: «Бу-у-х1! Бу-у-х1!» - бохуш.

Акхаройн а, олхазарийн а шайн-шайн амалаш ю. Тайп-тайпана ду церан дахар а. Х1ораннан тидам беш 1ама ца дича, хуур дац церан дахаран хьал.

Цкъачунна уьш шадерш дитина, хьовсур вай орцан хъаннашкахула, шен к1орни т1аьхьа а яьккхина, йог1учу чано х1ун леладо.

II

Леррина д1ай-схьай хьоьжуш, массо а х1уманан тидам беш, б1аьрг кхобура хьалхаяьлла йог1учу чано. Цхьана къеначу попа к1ел кхаьчча, т1ехьарчу когаш т1е а х1оьттина, попан боьххье хьала хьоьжура иза. Попан лахара генаш дакъаделлера.

- Х1а-х1ан, дукха лекха бу поп. Б1араш а к1езиг ду, цу т1е кегий а ду. Кху т1е ер яц вайшиъ. - Еълара а х1оьттина, д1айолаелира къена ча.

Чан к1орни, шен ненал т1аьхьа ца йиса г1ерташ, наггахь кхиссалуш йодура. Попан харий чохь санна, гатто яц кхузахь. Харий чохь-м, баккъаш вовшах а г1ортийна, хьаьрчина 1ахка езара. Ткъа х1инца, хьун луьста елахь а, яда, ловза парг1ато ю. Т1едачохь, когаш шершина, жимма чухахкаелчи а, 1инах чуяхарна кхерам бац.

Йоьдуш, йоьдуш цхьана доккхачу боча-б1арана к1ела кхечира и шиъ.

- Х1ара боча-б1ар ду. Г1аш т1е бат а 1оттий хьожа яккхал, Парталниг. - Адмашна санна, мотт бийца ца хаахь а, багахь г1арг1аш а беш, шешан акхаройн маттахь «Парталниг» олура Ча-бабас шен цхьаъ бен йоцчу к1орнех.

Онда яллалц яа х1ума т1е а кхоьхьуш, гондхьа хьуьн чу а, аренга а б1аьрг тоха наггахь шеца ара а йоккхуш, попан харий-чохь кхаьбнера цо иза.

Ткъа х1инца, ондаяьлча, шена яа х1ума лаха а, буьрсачу орцан хьаннашкахула лела а 1амош, т1аьхьа яьккхинера цу чано шен к1орни. Боча-б1арана к1ела кхаьчча, шен нанас ма-баххара, г1ан-патарх хьожа яха х1оьттира Парталниг.

- Хьожа хаза юй? - хаьттира нанас.

- Хаза ю. Вуьшта цу хьожанах сан гай-м ца дуза, ва Чабаба.

- Х1а, ма хаза элира ахьа и. Хьожанах гай дузур дац. И бакъду. Амма хьожа а йоккхуш, б1аьрг сема а кхобуш, мало а йоцуш, лаха дезар ду даа рицкъа. И хаа - 1адоьлча хьайн кетарх а хьаьрчина, хари чохь 1илла дезар ду коган кера-юккъе мотт а хьоькхуш. Доцца аьлча, хьайн ког а ц1уббеш. Иштта ду 1аламан г1иллакхаш! Х1ара х1ун ю хаьий хьуна? - аьлла, хьала а эцна д1агайтира цо, т1ера ботт д1а а яьлла, лоппаг санна, сирла боча-б1ар.

- Хаьа те. Боча-б1ар ду-кх. Со йицъелла моьтту хьуна?!

Бага туьйсуш, цергашца кег а деш, б1араш даа х1оьттира Ча-баба. Цо дийриг дора Парталчо а.

- Чомехь ду - муц1ар раз а йохуш, шен жима ши б1аьрг а керчош, боьххье хьала хьоьжура иза. Беттанаш а лилхина, охьаэга кечделла кхозура б1араш.

III

Дукха хан йоццуш, хьуьнан стом лаха араваьлла бежан 1у Тойсам нисвеллера оцу б1ара к1ел. Буха охьаэгна а, т1ехь а б1араш карийча, г1адвахна:

- Х1ара доккха беркат ду, - аьлла, ц1ера гали дан ваханера иза.

Шел а хьалха кхин стаг цу к1ела нисваларна кхоьруш, чехкка юхахьаьдда вог1ура Тойсам. Герга кхаьчча, ц1еххьана б1аьрг кхийтира цуьнан б1ара к1елахь хьийзачу цхьана-шина «адамах».

- Ой! Х1ара х1ун ду?! Х1орш муьлаш бу, ал кетарш а юьйхина, сол а хьалха сел сиха кхуза кхаьчнарш? Х1окху к1отарахь а ма вац и тайпа ал кетарш йолуш ши стаг! - цецвелира Тойсам.

Ча а, чан к1орни а, т1аьхьарчу когаш т1е а х1иттина, б1аран дитта т1е хьала хьоьжуш гича, адамаш ду моьттура Тойсамна.

- Герга т1е а вахна, х1орш муьлаш бу хьажа веза со - аьлла, т1еволавелира Тойсам.

Тойсамах б1аьрг кхетча, схьа а йирзина, хичаш йира чано.

- Ой, черчий ю-кх уьш! Х1ей, ши тодакх! Д1аялий д1а г1ол цигара, сан ду и б1араш.

- Г1ам-г1ам-г1ам. «Кхин ахьа доьг1на кхиийна-м дац х1ара?» - ша б1арана дола дойла хаийтира Чано.

Т1е а волалуш, човхийра Тойсама и шиъ:

- Со хьаьнга лоь ца хаьа шуна? Йорт эца, гена яла ший а! Аса топ тоьхна т1ера кетар марцале!

Ча боккъал а оьг1азъяхна, лата дагахь, дуьхьалйирзира.

Ша кетар морцур ю бохуш кхерам тийсахь а, цу шинна топ етта даго ца витира Тойсам. Цкъа делахь, цу шиннех къа а хетара, шозлаг1а делахь, 1аламан куц дохо кхоам а хетара. Топ юха а ерзийна, деса гали пхьаьрса к1ел а доьлйина, юха ц1ехьа вирзира Тойсам.

- Шу б1араш а хьаха хилла суна ца доьг1на, - бохуш, ша-шеца кхиэл а еш. - Суна моьттура и б1араш цхьа а да воцуш ду!

Товсам д1авахча, хазахеташ, йоккхаера ча:

Х1аа, иштта д1аг1о хьо. Хьан ирзехь дийна ялта а ду, даан уьстаг1ан жижиг а ду, соьгара б1араш д1а ца даьхчи а лахьо шортта хьуьнан стом а бу, - бохуш, б1араш схьа а гулдина, т1е г1аш хьокхуш, уьш къайла а даьхна, цигара йолаелла д1аяхара ши ча.

IV

И арц а, и хьун а дуьххьара гуш санна, маосо а меттигаш лерина тергал йора йоккхачу чано. Иштта шен к1орни тидам бан 1амайора цо. Хьуьна чуьра некъаш а дара довза дезаш. Х1ун хаьа, цхьана харцхьа некъа т1е а нисъелла, таллархошна дуьхьал 1отталой а!

Бат д1а а ерзош, сецира нана ча:

- Хьажал и боллу къена наж. Г1одал а г1аддайча ножан б1араш а дац вон! Билгалбаккхал и баьржина къена наж! Х1оккху юххехула йиллинчу оцу некъа лорах йосса еза 1инах чу. Аьхка ма хаза ду моьттахь цу 1ин чохь. Лийча а, ловза а, мала а шийла хи ду. Наггахь баа ч1ара а бог1у кара.

Жимма д1анехьо яьлча, цхьана боккхачу кхура к1елахь сецира и шиъ.

- Эх1, беркат я1! Хьажал х1ара боллу кхор! Лекха бу-кх дависарг! Цу т1е дакъаделла генаш дукха а ду. Кхораш ма мерза бу моьттахь. Кхаллий хьажал, Парталниг, чоме.

- Со х1инцале а хьуьнан акхачу стоьмех юьзна. Делахь а юьзна хиларх чоме хьажа мегар ду. Кхано мацъелча юха ян а дезар ду.

Гуьйрено бос баьхьначу г1ан-патарца, нилхо эгна меда кхораш карабора. Кхор кхаьллича, чам а тайна, г1адъяххана кхораш баа йолаелира чан к1орни. Муттах буьзна, мерза бара уьш.

Эх1, х1орш мерза бу.

- Дависа, к1езиг бу-кх.

Бухарнаш, цхьацца кхоллуш, биъна шаьшшиъ яьлча, кхура т1е хьалахьаьжира къенача.

- Хьала т1е яьлча х1ун дара техьа?

- Со ялийтахьа, Чабаба. Ас кхораш т1ера охьаэгор бу. Хьун баа а хир бу, суна баа а буьсур бу....

- Яьхьар юй техьа хьо?

- Яьхьар ю.

- Т1ера чу ма йожалахь, Парталниг.

Йожа дагахь-м яц.

Кхуран г1одах а хьерчаш, хьала йолаелира чан к1орни.

Цкъа декъа га лоцуш, т1аккха т1еда га лоцуш, ког т1е баккха аьтту лоьхуш, гондахьа хьоьжуш, кхорех б1аьрг а бетташ, хьала йоьдура чан к1орни.

- Дукха буьххье ма яла, Парталниг, чуюжур ю хьо?- бохуш, бухара хьала хьоьжура нана.

Парталниг, нанас бохучуьнга ла ца дуг1уш, боьххье хьала елира. Наггахь, схьалаьцна га каглой, дег1е зуз а дог1уш, кхораш баа йолаелира иза. Генашна боьххье наг-наггахь бен ца биснера уьш. Боьххье латийначу кхорашна т1е кхача г1оьртича, генаш сеттара. Чан к1орни, кхоьруш, эгайора. Кхор схьабаккха д1акхевдича техка доладелира га. Парталчунна эгош хьацар деттара. Кхунах г1уллакх хир дац аьлча санна, ша т1ехь лаьтта га ластийра Парталчо. Га каг а делла чухецаелира Парталниг. «Къарш! Къарш! Т1ох!» -декъа генаш а кегдеш, - «Гап» - аьлла, буха лаьттах кхийтира чан к1орни.

Чуйог1уш кхераелла дог иккхинехь а, я охьакхеттачул т1аьхь кийрахь мел долу йоьхь хаьддехь а, оцу сохьта, когаш а хьаькхна, шен ши б1аьрг г1ийла ненехьа а хьажош, елира чан к1орни.

Иккхинчу сингаттамана б1аьргашна дуьхьал бода х1уттуш холчу х1оьттира нана. Цкъа шен к1орни д1акарчош, т1аккха схьакарчош, йоьлхуш, цунна т1еетталора иза. Бетах а, б1аьргаш чу а, юьх т1е а мотт хьоькхура нанас, иза самаяккха, денъян г1ерташ.

Дега т1е лерг а диллина ладоьг1ча, билггал иза еллийла хи1на, оцу акхачу хьаннашка орцах кхойкхуш санна, йоьлхуш мохь хьоькхура чано.

Цо хьоькху мохь 1инал сехьа к1отарахь бехачу нахана хезара.

- И мохь лаа хьоькхуш-м бац, аьлла, катоьхна шен топ схьа а эцна, юха а д1ахьаьдира Тойсам.

Шен аьтту болчу аг1ор лечкъаш, тебаш къайлах т1ег1ерташ, йоьлхучу чана герга кхечира иза. Кхура к1елахь елла 1уьллу к1орни а, гондахьа хьийза ча а гича доллучух а кхийтира Тойсам.

- Миска я1, хьуна хилла бохам - бохуш, цунах къахеташ и тергал еш вехха 1ийра иза.

Шен к1орнех дог а диллина, йоьлхуш са а тедина, и къайла йоккхуш цунна т1е г1аш а хьаькхна, г1ийла телхаш, техкаш д1аяхара нана-ча.

Чан к1орни х1ета а, вета а елла яьлла. Т1ехь йитарх цунна пайденна а яц аьлла, цунна т1ера схьаяьккхина ц1ока шешан ц1а еара Тойсама.

Х1инца а ю чан ц1ока Тойсамера чохь маьнгина хьалхахула ц1енкъа охьатесна 1уьллуш.

- И ц1ока мичара яьлла? - олуш шега хаьттича, кхура т1ера чу кхетта еллачу к1орнех а, цхьа йисначу цуьнан ненах а къахеташ, юх-юха дуьйцу и Тойсама.

ГЕНАРА СОВГ1АТ

Алтай лаьмнашкара ц1а вог1уш шен доттаг1чо «совг1ат» деара Муслимана. Иза дара цу мехкан жима экха. Ч1ог1а хаза хийтира к1антана шена деана и совг1ат. - Х1ун ю х1окхуьнан ц1е? - хаьттира цо, жима экха кера схьа а оьцуш.

- Нохчаша х1ун олу ца хаьа суна кхунах. Оьрсаша сурок олу. Муслимаг1еран доьзалехь мел берш а, лулара бераш а схьагулделира генара деъначу «совг1ате» хьовса.

Гулделлачу адамашка лерина хьоьжура цецдаьлла жима экха.

«Х1орш х1ун адамаш ду?» аьлча санна, х1оранна т1ехь соьцура

хаза а, кхетаме а б1аьргаш. Муслиман керахь 1ад1ара сурок, ша цуьнан дола яьллийла хууш санна. Бертаза лаьцна цициг санна, м1араш а туьссуш, карара д1а яда а ца г1ертара иза.

- Ц1е х1ун тиллича бакъахьа хир дара аса кхунна? Х1ун йоу техьа х1окхо? - бохуш, сихвелла хоьттура к1анта.

- Ц1е хьайна луъург тилла. Яа ахьа д1аелларг йоу хьуна цо, - элира генарчу Алтайн лаьмнашкара дуьйна иза яхьаш веанчо.

- «Сурок» эр ду аса кхунах. «Сурок» хаза ц1е ма ю. Аса чохь 1ан бен бийр бу х1окхунна, я клетка йийр ю, - цу сохьта тохавелира Муслим.

Лимонадан шишанаш чух1иттош хилла аьчкан яьшка карийра Муслимана раг1у к1елахь. Цуьнан юккъера оганаш д1а а даьхна, гонахьа аьчкан серий дуьйцира цо. И болх цо беш де чекхделира. Делахь а буьйсанна шаьш чудерзале Сурок клетки чу ерзо кхиира Муслим. Баьпкан цуьргаш, буц, наштаран г1утакх чохь хи... бес-бесара х1умнаш хьалха х1иттийра Муслима цунна. Жимчу экхано муьлха, х1ун йоу хьажа г1ертара иза...

Клетки чохь доттаг1чо сагатдеш санна хийтира Муслимана. Д1аелла х1ума а юуш, карахь 1адда а 1аш, куьйгах йоьллачу хенахь х1ундо хьажа д1ахийцира к1анта Сурок. Т1аьхьарчу когаш т1е к1егар а хиъна, хьалхара ши ког, адамо куьйгаш санна, хьалха некха т1е а биллина, д1ай-схьай хьаьжира иза. «Суна новкъарло ян кхерам болуш х1умма а дуй техьа?» - бохуш санна. Т1аккха бертал а йижна, парталочу боларахь кет1ахьа йолаелира иза. Кех ара яьллачул т1аьхьа, кхин цкъа а к1егар а хиъна, хьала а, охьа а хьожуш б1аьрг а тоьхна, некъал дехьа а яьлла, буц яа х1оьттира Сурок. Муслим а вара, цунна гено т1ехьа а соьцуш, иза тергалъеш. Ежаш, йоллучу сурокана, мичара дели ца хууш, д1о ген майданахь кхерсташ лела ж1аьла чухьаьдира. Иза д1аэккхо орцаха хьаьдда Муслим т1екхиале, ж1аьла Сурокана т1екхийтира. Бакъду, кхузахь Муслимана ца моьттург хилира. Цу минотан ж1аьло сурок букъ т1ера а лаьцна вовшахйоккхур ю, яа д1а а ядор ю моьттуш хилла Муслим, цу шиннан тасаделлачу девнах цец ваьлла, цаьрга хьоьжуш сецира. Ж1аьла дег1ана сурокал пхоьаза-йолхазза доккха дара. Ткъа сурок дег1ана, когаш т1ехь лоха туьппалг санна горга а, жимочу цицигал яра. «Цкъов» аьлла шок а тухуш, вуно каде м1араш тесира суроко ж1аьлин мерах. Жима экха эшо дагахь дарделла ж1аьла т1е мосазза кхийти, изза дуьхьало хуьлура. Кхозлаг1а т1екхеттачу ж1аьлига мохь белира. Ц1ийн аьрснаш дара цуьнан мерадукъа т1ехь. Кхераделла юхаделира мокха ж1аьла. Муслим са а хаьдда воьлура цунах. Дан а дара кхераделла юхадаьлла ж1аьла беламе. Лесто корта, бетах хьоькху мотт, г1ийла хьоькху ц1ог1а... Жимачу экхано эшийна, эхь а дина дахийтира г1уллакх доцуш лата деъна иза.

Муслима Сурокана лаьттах жима к1аг а баьккхина, гондах а, т1ехула а еттина кибарчигаш а йохкуш бен бира. Юьхьанца, сурок д1аяхарна кхоьруш, дуьхьал кибарчиг юьллура Муслима. Т1аьхьо шен лаамехь чу а йоьдуш, шен лаамехь ара а йолуш бена юьйлира Сурок. Кхин не1 д1акъийла а, сецо а ца дезаш, кара 1ем1ира иза.

Муслим вистхуьлу хезча, миччахьара а йодий схьайог1ура Сурок. Муслима шена лучу мерзачу х1умнашка марзъеллера иза. Ч1ог1а г1адйоьдий йоура цо конфет а, печени а. Сийна хох кхин а хаза боура. Куьйгашца санна, хьалхзрчу шина когаца схьа а лоций, бете хьала а шершош боура цо иза.

Т1екхечира гуьйре. Стенна делахь а, оьпано санна латта ахка йолаелира Сурок. Раг1у к1елахь лаьттачу сайри к1ел а, цунна жимма сехьа а арахьоькхучу лаьттан боккха барз х1оттийра цо. Дукха хан ялале т1улг а, жаг1а а болийра арахьекха. Уьйт1арчу жимчу ц1ийнан лард яра цо охкуш. Боккха т1улг нисбелча, бат г1ортайой туьттуш хьалабохьура цо иза. К1оргга лаьтта буха а яхана, 1аьнна д1айижа кечлуш яра сурок.

- Муслим, вайн керт-ков трактор санна охуш ю-кх хьан и сурок, х1ун дича бакъахьа дара-техьа вай цунна? - элира нанас. Муслим ша а вара цу балхана сагатделла , цуо аьхкинчу оганна бехкала вахана а.

- Аьчкан клетка йича х1ун дара техьа ас цунна?

- Цулла а, паркехь акхарой кхобуш меттиг ю, цига д1ало. Г1алара дукха бераш хуьлу цига хьовса оьхуш. Царна а хазахетар ма ю хьан Сурок. Хьайна дагадеъча, хьо а г1ур ву цуьнга хьажа, - элира йоккхах йолчу йишас.

Цунна реза а хилла, сурок д1аяхьа кечвелира Муслим. Х1инцалц схьаехча т1ейог1уш а, атта ша схьалоцуьйтуш а хилла Сурок, стенна делахь а, Муслиме схьа ца лоцуьйтуш, хьалхара д1ауьдура. Ткъа иза шена т1аьхьара д1а ца ваьлча, т1ап олий йовра иза. Уьйт1арчу дечигаш к1ел а, божали чохь а, массо а меттехь иза лохуш т1аьхьаваьллера Муслим. Т1аьххьара а раг1у к1елахь цхьана соне тебна йоллуш кара а йина, хьоьстуш, конфета а кховдина, схьалецира Муслима иза. Цунна т1аьхьаидда г1ел а веллера, мац а веллера Муслим. Юьхь-куьг а дилина , х1ума а йиъна, кечваллалц аьлла, сурок яьшки чу а йоьллина, т1е у дуьллуш, яьшка д1а а къевлина, чувеара к1ант.

Амма, шен кечам бина а ваьлла, Сурок д1аяхьа яьшки чу хьажча, яьшка еса карийра цунна. Яьшкин у цоьстуш, доккха кор а даьккхина, араяьллера иза.

- Сурок! Сурок! Сурок! - схьайоьхура Муслима иза. Сурок гучу ца йолура. Шена цхьа х1ума тосаделча санна лечкъинера иза.

- Муслим, тахана ма ч1ог1а хьох лечкъаш ю иза. Д1аяха ца лаьа техьа цунна?

- Суна-м ца хаьа, мама. Х1инццалц сан кара схьа ма йог1ура иза. Х1инца схьа ца лоцуьйту-кх.

Тохара санна лечкъина йоллуш схьа а карийна, х1уш кхийдош 1еха а йина, эххар а схьалецира Муслима иза.

Сурок, парке д1а а яьхьна, д1аелира Муслима.

- Ахь деънарг берашна доккха совг1ат ду. Баркалла хьуна, - реза хилла сурок д1аийцира паркан директора.

- Со кест-кеста вог1ур ву х1ара йолчу. Со веъча, суна гойтур юй аша х1ара? - г1ийлла хаьттира Муслима. Суроках къаьсташ велхар деъна, к1ентан б1аьргех хиш даьллера.

- Шек а ма вала хьо, сан к1ант, са а ма гатде. Хьайна лиъначу хенахь схьавола, хьайн доттаг1 сурок гина ца 1аш, кху чуьра тхан кхин долу акхарой а, олхазарш а гур ду хьуна. Дика совг1ат ду ахь тхуна елла сурок, - аьлла, Муслиман дог а хьаьстина, не1арехь лаьттачу контролере вистхилира директор:

- Вера Павловна, х1ара к1ант кхуза мосазза веа, мах боцуш чувиталахь. Дикка хьажал х1окхуьнга. Дагавог1ур вуй хьуна х1ара? – велакъежира иза.

- Дагавог1ур ву, Николай Кириллович. Дага муха ца вог1у х1ара санна волу к1ант? – Муслиман коьртах куьг хьаькхира контролера.

- Хезаш ву-кх хьо, сан доттаг1. Вола тхо долчу кест-кеста. – Муслиман куьг а 1аьвдина, шен г1уллакхе д1авахара паркан директор. Ша ц1а кхаьчча, къора а, тийна а, еса а хийтира к1антана уьйт1е, ков-керт. Тохара юьртара йог1уш хилла Муслиман ненан йиша гам, я бел оьций уьйтахьа д1ахьодура: «Сурок ен йоллу со» - олий. Муслима, цо лелош дерг боккъалла а ду моьттуш, ядайой къайлайоккхура сурок. Ненан йиша сайри к1ел г1аж 1уьттуш, божлаш чухула, раг1у к1елхьахула хьожуш чекхйолура, «Сурок лохуш». Цунна иза схьа ца карийча хаза хетара Муслимана.

- Х1аъ, дера, карор а ма ю хьуна! Караел! – воьлуш, ирх кхиссалора Муслим. Оцу дийнахь а еъна схьакхечира ненан йиша.

- Неца йог1у хьуна, Муслим! Йог1у хьуна! Д1алачкъае хьайн сурок! – бохуш, орца дохура массарел а жимах йолчу Луизас, Муслима Сурок д1аялар диц а делла.

- Схьаяийта, х1умма а дац. Х1инца сурок гур яц цунна, - г1ийла вистхилира к1ант.

Катоьхна учара охьа ма-воьсси лаьтташ болу жима аьшкал схьа а эцна, гуттар а санна:

- Мичахь ю иза? Аса бийр бу цуьнан болх! – аьлла, ненан йиша уьйт1ахьа д1айолаелча, Муслим ша лаьттачуьра меттах а ца велира.

- Яц Сурок, - элира цо.

- Х1ун хилла цунна? Стенга яхана иза?

- Парке д1аелла…

- Артист хилла яхна иза цига?

- Хелхаяла яхна-кх.

- Хелхар а 1амийнера ахьа цунна?

- Ч1ог1а, - доккха са а даьккхина, корта оллийра к1анта. Са ца къералора Муслиман Сурок хьехош ненан йишас х1инца шеца ечу забарех.

- Муслим, дагахь йоллу хьуна иза? Сагатдо ахь цунна? – хаьттира ненан йишас.

- Х1аъ, гатдо…

- Д1аяла езаш ца хиллера-кх, иштта ч1ог1а х1окхунна езаш хилча.

- Х1ун дийр дара оха. Х1ара ков-керт охкуш, цо динарг къаьхьа къемат де дара, - элира нанас.

- Т1аккха дан х1ума дац. Са ма гатде ахь, Муслим, хьайн ненан йишас жима 1ахар лур бу хьуна.

Ненан йишас, ша ма-аллара, 1ахар беара Муслимана. Дас ши уьстагг1ий, эсий а ийцира. Царех сакъералуш, жимма меттавеара Муслим. Царна хи малош а, хьалха йол юьллуш а 1уналла дора цо. Царна ц1ераш х1ун аьлла тохкур ю ца хууш, шеца ловзуш долчу берех дагавуьйлира Муслим. Эсах «Мимша» олура цо, цхьана уьстаг1ах «Ког беттарг» олура. Стаг чоьхьаваьлча кхоьруш, цецбуьйлуш, «дар» бохуш ког бетташ 1едал дара цуьнан. Вукху уьстаг1ах «Эсалниг», 1ахарах «Бакхари» олуш, ц1ераш техкира Муслима.

Дохнах Муслим 1ехавелла хаза хеташ, синтем хилла яра нана а.

Цхьана дийнахь Парке ваханера Муслим. Паркан директора ма-аллара, мах боцуш акхарой долчу чувитира иза. Шена д1аелла х1ума юуш, соне а летта йоллу сурок, Муслима «Сурок! Сурок!» аьлча, ц1еххьана схьахьаьдда, решеткех тасаелира. «Цкъов» бохуш шок еттара цо. Цуьнга хьуьйсуш долуш адамаш цецдевллера. Ша юуш хилла х1ума юкъахйитира цо.

Б1аьрга т1е б1аьрг х1оттош, лерина хьоьжура сурок шен доттаг1чуьнга. Клетки чуьра араяла йиш хиллехь, гуттар а санна цунах бах а 1уьттуш, Муслиман кара а, мара а хьерчар яра иза. Ткъа х1инца и хьоьстург эсала, хаза ши б1аьрг бара.

ЧЕКХ ЦА ДЕЛИРА Х1ИЛЛА

Колхозо юьртана гена йоцуш, тог1ичу хи а хецна, бедийн ферма йиллира. Хи т1ехь луьйчуш, йистошца ежаш хьалакхиира бедан к1орнеш. Ши эзар сов яра уьш.

Бедаш 1алашъян т1ейиллина кхоъ белхало яра. Цара шен хенахь х1оъ тосура бедашна, б1аьрган 1уналла дора.

Буьйсанна бедаш чуерзо б1аьлланган серий а дуцуш, эрз т1е а тухуш йина баннаш яра. Сарахь оцу баннаш чу лохкура и бедаш Асетий, Маретий, Кхокхассий.

1омана гондахьа луьстта коьлаш яра вовшахъийна.

И коьллаш хилар бахьана долуш, боккха аьтту бара чаг1алкхийн, цхьогалийн юьстахъяьлла бад лаца.

Бедаш а къахкош, даррехь т1екхетта бад лаца ца лаьара акхарошна. Х1илла ма ду цаьргахь. И дича коьртахдевр ма ду уьш. Т1аккха хехочо тоьпан ц1арца шайн ц1ока морцур юйла ма хаьа царна. Цундела кондаршна к1елахь д1а а лечкъий, г1а меттах ца хьадеш, бедашна къайлаха тебара уьш.

Цкъа цхьана сарахь шегара сара а лестош, бедаш чулоьхкуш йоллучу Маретна хьалхара ши ког некха т1е хьала а хабийна, т1ехьарчу когаш т1е ира а х1оьттина, кондаршна юккъера хьалакъедачу цхьогалан корта гира.

- Гучудели хьо, мекарниг! Бад лачкъо доллура хьо?! – йистхилира Марет. Т1аккха т1улгаш а, б1аьллаш а кхуьссуш: - 1айт! 1айт! – бохуш, мохь бетташ эккхийра цо цхьогал.

- Цул т1аьхьа бедашна ха дан шайн ж1аьла далийра Марета. Барза яра цуьнан ц1е. Кест-кеста коьллашна го боккхуш, акхаройн лорах хьожа йохуш, бедашна 1уналла дора Барзас.

ШИ К1АНТ А, ЗУ А

Куьйга узу г1удалкх а такхийна, хьуьнах вахара 1ийсай, Мусай. Кхин башха доккха г1уллакх а дацара цу шиммо дан дагалаьцнарг. Олуш ма-хиллара, церг тоьхча моз а дуьйлуш мерза хьуьнан кхораш карийнера цу шинна. Август бутт чекхбала герга хан яра иза. Де довха деънера. Наггахь бен гуш марха йоцуш, йоькхане, сирла лаьттара стигал. Цкъа 1аббалц хи чохь лийча а лийчина, шаьшшина билгалчу кхура к1ел д1авахара и шиъ. Кхура к1ело баьццарчу бацо хазйина, куз тесча санна лаьттара. Ношбелла, мадбелла, хоржуш охьатесча санна, цхьа безаме 1охкура кхораш. Г1адвахана кхораш а бууш, садо1уш вехха 1ийра 1ийсай, Мусай. Башха сиха а вацара и шиъ кхораш лахьо. Де деха а дара. Мукъа хан а яра. Цундела, сарле кхораш лахьо кхуьур ву шаьшшиъ бохург дагахь, парг1ат вара ши к1ант. Кхор болчу т1ера дуьйна д1а луьста элхьамчакуллан хьун лаьттара. Кхура к1елахь а йоллура лохчу куллан кондар. Ц1еххьана «хьуьнк1-хьуьнк1» баха долийра цу юккъехь. Цецваьлла ши к1ант, вовшашка вист а ца хуьлуш, куллехьа д1ахьаьжжинчохь 1адийча санна висира.

- И х1ун ю? – элира 1ийсас, доккха са а доккхуш.

- Суна-м ца хаьа, - жоп делира Мусас, вада дагахь, ша 1аьчура хьала а айлуш. 1ийса Мусал ши шо воккха вара. Ша воккха хиларна жимах волчу вешина яхь д1а ца яла, майралла гучуяккха лиира цунна. Х1инцале кхойтта шо кхаьчна ма вара иза! Меллаша д1акхевдина, б1аьлланган серийн кондарх цхьа сара а баьккхина, куллан кондарш д1а-схьа а теттина, хьаьжчи, шен а 1аьржа меран боьхьиг схьа а берзийна зу яра 1аш. 1ийсас сара а 1оьттира цунна. Зуно корта чулачкъийра. Сераца керчош, зу схьаараяьккхира к1анта.

- Зу! – цунах б1аьрг кхетташехь хьалаиккхира Муса. Х1етталц зу газа вацара и шиъ. Бакъду, цо и «хьуьнк1-хьуьнк1» олу хезна дацара цушинна. Шайн кертарчу бешахь, к1охцалан керта к1ел, дукхазза а гинера цушинна зу. Жимма ор а доккхий, т1оьхула г1аш-хьардаш а гулйой хуьлура цуьнан бен.

- Хьажахь, 1ийса, хьастаг1а буса вай лечкъаргех ловзуш, Идрис кхерийнарг зу хилла-кх. Д1алечкъина воллуш, къухалахь цунна хезнера-кх х1инца х1окхо санна «хьуьнк1-хьуьнк1» бохуш.

Шаьшшиъ кхораш лахьийна валлалц тергал а ца еш 1адда йитира шина к1анта зу. Кху шиннан г1ара яйча корта гучу а боккхий, коьллашкахьа д1ахьодура зу. Ткъа 1ийсас къайлаяла ца юьтура иза. Х1окхо сара хьакхабалийтича, корта д1алачкъабой, ирачу к1охцалийн уьйриг хуьлура цунах.

Шина к1анта шаьшшиъ кхораш а лахьийна, ц1а вог1уш, г1удалкхан ц1а чу а йиллина, ц1а еара зу. Раг1у к1елахь бен а бина, д1алачкъийра цу шиммо зу.

Куьпахь мел долу бер схьа а гуллой, хьуьйсуш хуьлура зуьне. Шена гонаха долчунна х1умма бала а боцуш йолу зу, берийн сур схьагулделча, корта гучубаккха ца яьхьара. Бакъду, бераш д1а-схьа девлла, г1ара-тата яйча, корта схьагучу а боккхий йолалора. Ша тергалъеш тапъаьлла тийна лаьттачу 1ийсан когах шен муц1ар д1а ма-1оттаелли, ц1еххьана саца а сецца, юха чухьарчийна корта къайлабаьккхира цо. Хетарехь, б1аьрса дика дацара цуьнан. 1ийсана зун г1иллакхаш девзаш лаьттара. Иза вист а ца хуьлуш сецча, юха а тохара санна йолалора зу. Сихха йицлучух тера дара иза шена хьалха нисделлачу «тамашийна доккхачу» адамана.

1ийсас, Мусас дийнахь д1ахецна зу парг1атйитча, дукхах йолчу ханна корта къайла а боккхий, йижина 1уьллура, малхехь йох а луш. Буса д1ахоьций а тергалйора цу шимма зу. Цо юуш ерг х1ун ю х1инца а ма-дарра хиъна ца даьллера шина к1антана.

Буьйсанна шен бенара ара а яьккхина, кертахь д1ахийцира шина к1анта зу. Ижонна толлуш д1ай-схьай а ца хьийзаш, меллаша йорт эцца, нисса д1айоьдура иза. Лаьттах хьакхалуш корта охьа а берзийна, хьожа а йохуш йоьдура зу.

- Схьахетарехь, хьожанах билгалйоккху цо шена яа тамехь х1ума. Гой хьуна, шена дуьхьал нисъеллачу х1уманах хьожа а йохуш йоьду иза, - п1елг хьажира 1ийсас.

- Вайшиммо шена хьалха х1оттийна х1ума а ца йоу цуо-м, цкъа хьожа а яьккхина, х1ун ю ца хиъча, - билгалдаьккхира Мусас. Къеггина кхетта беттаса дара. Зун пхьор дара шена дуьхьал нисъелла схьалацан, сацон, летча эшон ницкъ мел кхочу садолу х1умнаш. Ша яа йолийна х1ума: цаьпцалг елахь а, ц1оз делахь а – йиъна яллалц кхечу х1уманна т1е ца кхевдара зу. Шена хьалхара д1аеддачу садолчу х1уманна т1аьхьа а х1уттий, йортахь йоьдура зу. Ткъа цунна т1аьхьакхиъча, юххе а х1уттий, саца а соций, корта охьабохуьйтуш, ц1еххьана т1екхетий схьалоцура.

Зун амалш а, цо ижунна муха толлу а дуьйцура 1ийсас берашна. Цуьнга ладоьг1уш хиъна 1ачу лулахочо элира:

- 1ийса, хьуна зуно х1ун йоу х1инца а ца хиъна. Стохка со жехь волуш цхьа тамашена х1ума гира суна.

Де дохделча, жа кхуран 1индаг1е охьа а дижийна, сайн х1ума а юуш, садо1уш 1ара со. Г1езо санна, «са-сс-с-с-с» бохуш, моторо санна г1овг1а а еш, цхьа х1ума кхиссалуш тата хезира суна. Суо 1ачуьра хьала а г1аьттина, и татанаш дечухьа д1ахьажча, зу ю-кх. Корта къайла а баьккхина, цхьа вон г1овг1а а еш, текхаргана чу а уьдуш, хьалакхиссалуш. Схьахетарехь, и текхарг кхеро х1иттош сурт дара иза. Текхарг, корта хьала а айбина, багара мотт а баьккхина, дуьхьал яьллера цунна. Суо ца тосаволуьйтуш, къайлах тергалдора аса и шиъ. Иштта кхиссалуш, текхаргана и «яппарш» еш, ша герга ма-кхеччи, т1екхетта, текхарган ц1ога схьалецира зуьно. Текхарг, карара яла г1ерташ, хьерчаш, етталора, багара мотт баьккхина, «сас-с-с» бохуш. Д1аьвше лаьхьа бара иза. Зуьно тергал а ца дора цуьнан беттабалар. Шек а йоцуш, ц1ога юьхьара а лаьцна, дийна боллушехь баа болийра цо иза. Цуьнга хьежа дегаза хетта, къайлавелира со. Мацца а цкъа «х1ун дина техьа цу шиммо?» аьлла, юха а вахана, д1ахьаьжча, нисса ах лаьхьа биъна яьллера зу, - бохуш дуьйцура 1ийсан лулахочо. Лулахочо и дийцинчул т1аьхьа кхин а ч1ог1а терго ян велира ши к1ант, зуьно ижонна муха толла хьоьжуш. Зуьно, чхьаьвриг я и санна йолу садолу х1ума шена гича, т1е ког а тухий, охьата1айой, сацайора. Т1аккха йоура.

1ийсас, зуьно х1ун до хьажа, букъ т1ерачу к1охцалгех дайн чамхалг хьакхадалийтича, шарххинехь кхиссалора зу, цкъа хьалха д1аэккхаш, т1аккха юхакхоссалуш, д1ай, схьай лелхаш, ког бетташ. Хетарехь, шена лелочунна оьг1азъоьдура иза.

Цхьана дийнахь бенара зу ара а хецна, берашна цхьацца дуьйцуш лаьттара 1ийса. Ц1еххьана к1ажа лазийра цуьнан. М1ара тесча санна, «шарх» аьлла кхосса а луш, юхахьаьжначу цунна шен кога юххехь зу гира. Т1ехьашхула т1е а еана, к1ажех цергаш йоьхкинера цунна зуьно. Цул т1аьхьа мосуьйттаза а бира цо и болх. Цу т1е, когахь мача елахь а, меже ерзина йисинчу метте тасалора иза.

- Х1ий, иммансиз я1! – човхайора иза 1ийсас.

Дийнахь жимма тийна а, эсала а хуьлура зу. Бакъду, буьйсанна ч1ог1а майрайолура, 1ийсах, Мусах лата а г1ерташ, мара а лоькхуш, юса а лой, лата чу а кхиссалуш.

- Юхаяла, ловсакх, - вела а воьлуш, човхайора 1ийсас иза. Гена яккха дагахь, д1ачовхийча а, гам 1оьттина, гена яьккхича а, тохара санна, юха а йог1ий, лата дагахь д1ах1уттура.

Барза ц1е а йолуш, ж1аьла дара 1ийсаг1еран. Ч1ог1а ца езара цунна зу. Цкъа юьхьанца боккха «т1ом» лаьттира зуьнан а, цуьнан а. «Г1алх-г1илх» олий, и лаца ж1аьла т1екхеташ, бетах ира к1охцалаш а 1итталой, юхаэккхаш, ч1ог1а оьг1азъоьхуш, дарделла летара иза. Зуьно, корта къайла а боккхуш, цхьа б1аьрг цуьнга а хьежош, къайлах тергалдора ж1аьла. Цкъа 1ийсассий, Мусассий д1а ца даьккхинехьара, боккъалла а ч1ог1а дарделла, зунна т1едетталора Барза. К1охцалш 1иттаделла, бат ц1ийша юьзнера цуьнан.

Дехха лелийра Барзас шайга веъначу оцу керлачу «хьешаца» и мостаг1алла. Т1аьххьара а, цуьнца и т1ом латторах шена пайда бер боцийла а хиъна, 1ад1ийра Барза. Бен а, башха а ца хеташ, зу тергал а ца еш, ша-шена синтем бира цо. Бакъду, зунна ша юххе нисделча, цуьнга боцчу безамна къайлах иза тергалйора цо. «Х1ейт, дависарг я1, и к1охцалш ма делара хьуна т1ехь, аса бийр бара хьан болх!» бохуш санна.

Шура а, к1алд а, х1оа а – шена д1аелларг йоура зуьно. Бакъду, буьйда жижиг хьалха диллича, хийцалора цуьнан амал: ц1еххьана юса а лой, мерах шок а етташ, «хур-хур» а деш, т1екхетий дададой, жижиг къайла а доккхий, доура цо.

1ийсан, Мусан радиоприемник – «Г1ала» транзистор яра. Цхьа хаза йиш лоькхуш шена хезча герга а йог1ий, ладуг1ура зуьно.

Ч1ог1а езаеллера шина к1антана зу. Амма нанас дов деш, шаьшшинна ма-луъу зу лело ца вуьтура ши к1ант.

- Д1аяккха и зу! Хьуьнах д1акхосса. Зу ловзош 1ен йиш яц вайн. Дан дезаш г1уллакхаш дукха ду, - яппарш йора цо.

Дешаран шо доладелира.

Х1инца чохь-кертахь г1уллакхаш дан а, урокаш ян а дезара шина к1ентан. Зу ловзош лела мукъа вацара и шиъ.

Цхьана дийнахь тускар чу а йиллина, зу эцца хьуьнах вахара и шиъ. Шаьшшиммо схьаеъанчу метте зу охьайиллира царшимма.

- Ловсакх, х1инца д1алелар ю-кх хьо кху хьуьнчохь, хьайна ма-луъу, екхаргаш а юуш, цаьпцалгаш а лоьцуш. 1одика йойла хьан! Марша 1ойла хьо! – элира 1ийсас.

Зу, шега бохучух кхеташ санна, д1ахьаьрчинчуьра ясталуш, корта гучу а баьккхина, го тосуш цаьршингахьа а йирзина, ехха лаьттира.

- Д1аг1о! Х1ун деш лаьтта хьо, тентак! – доккха са даьккхира Мусас.

Зу меллаша йолаелла куллан кондаршна юккъе д1аяхара.

ТАШУН ГАЗ

Сарахь балхара ц1а а баьхкина, керт-кехь г1уллакх а дина, чутийра Ташуг1ар.

Суьйранна пхьор диинчул т1аьхьа бехха 1ийра уьш, цхьацца хабарш а дуьйцуш, забарш еш. Уьйт1арчу г1езашка ц1еххьана маьхьарий девлира.

Катоьхна, шен цкъа йолу топ схьа а эцна, чуьра араиккхира Ташун к1ант.

- Къи-и-ий-къ! Къий-й-и-йиъ! – бохуш, мохь оьхура бодашкахь керташкахула ядийна хьочу г1езе. Юьйлина топ кара а лаьцна, цунна т1аьхьахьаьдира Биту. Г1езо детта т1емаш, к1айн шаршу лестош санна, халла къаьстара бодашкахь. Амма г1аз ядийна воьдург къаьсташ а, я гуш а вацара.

- Д1а ма ида, да хьакхийца валларг, ас топ туху хьуна! – шен ма-хуьллу чехка ведда воьду Биту т1аьхьа ца кхиалора. Ой, боккъалла а гуш лаьтташехь г1аз а ядийна, к1елхьаравала воллу-кх иза! Г1аз бахьана долуш, нехан стагана топ а муха тухур ю, г1аз схьа ца йоккхуш д1а а муха вохуьйтур ву? – аьлла хийтира цунна.

Ташуг1еран керт эвлан йистехь яра. Кертана когашкахь коьллийн кондарш а йолуш жимо тог1и 1уьллура. Цу тог1и чу кхоччуш:

- Д1а ма… - оллушехь, цхьана дечиган юьхках ког а тасабелла, карара топ а йолуш, бертал кхийтира Биту.

Лаьтта кхаьчна а валале бохург санна, юха хьала а йиккхина, д1ахьаьдча, басах хьалаяьллачу чаг1алкхан г1аларт къаьстира цунна.

Кхин цхьа патарма чу а биллина, Биту топ юза кхиале, къайлаелира чаг1алкх.

Тоьпан татанах кхераелча цо охьатесна г1аз, т1емаш а охкийна, астаг1а а лелхаш, тог1ин басца дуьхьал йог1ура.

- Чаг1алкхан даар хуьлур-кх хьох цхьана маь1аргонехь, г1аз мара а йоьллина, юха ц1ехьа веара Биту.

БЕКСОЛТИН АЛАША

Хьуьнан хехо вара Бексолта. Расха алаша яра цо т1ехиъна лелош. Олуш ма-хиллара, чо баьккхинчуьра даьтта а дер долуш ерстина яра иза. Къаплам яра цуьнан ц1е. Лекха йолу дела аьллера цунах иза.

Цхьана дийнахь 1аьсан тог1и чу яжа говр д1а а хецна, г1аш хьуьн чухула гобаккха ваханера Бексолта.

Къаплам паргг1ат ежаш йоллура. Тог1и чохь хи долчу аг1ор йистехь буькъа эрз бара. Хьун йолчу аг1ор луьста кондарш лаьттара. И кондарш хьееш санна хетта, цигахьа лергаш д1а а хьийзош, ладоьг1ура говро. Байн мохь хьаькхча, г1аш хьедеш санна, шах-шах хезара.

И лаа дацара. Тог1и чохь ежаш йоллу говр тосаелла, цунна тебаш гондахьа хьийзара борз. Говрах катоха дог хилла, бага а г1иттош, шен и мекар ши б1аьрг говранна т1ера д1а ца боккхура цо. Тебаш, говрана дикка герга кхаьчнера иза. Говрана ша ца тосайолуьйтуш, т1екхета аьтту лоьхуш, цунна юххе йохкучу кондаршна т1ехьа д1алечкъира борз. Амма говр а яцара 1овдала. Борз тоххарехь хааеллера цунна. Иза кондаршна т1ехьа лечкъаш а хиира. Борз шех шек ца яккха, иза шена ца тосаеллачуха ежаш йоллура говр. Бакъду, кондаршкахьа лерг сема латтадора цо, къайлаха, цхьана аг1ор сонехула хьоьжуш б1аьрг а кхобура.

Борз ц1еххьана т1екхета дагахь юйла а хууш, царна мийраш тоха кечъеллера говроо. Дукха хан йоццуш тоьхна ленаш дохкура цуьнан когех, ехий, ира з1акарш а йолуш. Говр, барзана герга г1ерта шен г1уллакх цахиларе терра, яжа кхийдаш мелхо а д1ате1ара. Эххар а, чоже катоьхна чо-ко охьахеца дагахь, ц1еххьана д1ачукхоссаелира борз. Говро, пружинца буьйлина д1ахецча санна, т1ехьашха ластийна аьтту мийра тоьхна, багара цергаш а кегъеш, тум санна карчийна д1аяхийтира борз. Тентакъяьлла, хьийзаш, корта раз а бохуш д1аиккхира иза.

Хуур-р-р, - деш, мерах шок а етташ барзана т1аьхьа хьоьжуш а лаьттина, юха а меллаша яжа х1оьттира говр.

ТАС ДАДИЙНА НАЛ

Орца к1отарахь вехаш вара воккха стаг Бойсхар. Граждански т1ом болчу шерашкахь к1айчу гвардейцашца дуьхьал майра леташ хилла къена партизан. Т1амехь аьтту когана чов хилла, жимма астаг1а таь1аш велахь а, вуно т1ахъаьлла воккха стаг вара иза. Тукарца лоргуш, тодина шурула-к1айн ши мекх хаза товра цуьнан горгачу юьхь т1ехь. Ткъа х1инца иза колхозан ялташна а, цанашна а ха деш вара. Таллархойн союзе д1аязвелла билет а долуш, шалгу топпий, шовзткъе итт патармий, х1оъ-молхий дара цуьнан.

Къаьсттина ч1ог1а ларъян езаш хуьлура т1еяьхкинчу хенахь колхозан хьаьжк1аш. Жимма а ледарло йича, буьйсанна т1елетий, акхачу хьакхарчаша х1аллакйора уьш. Цундела Бойсарха ч1ог1а само йора буьйсанна ялташ лардеш.

Йочанна хилахь а аьлла, д1ога 1ина йистехь лохо бун а, вукху аг1ор боллучу кхура т1ехь чардакх а динера цо.

Екхначу буса седарчий дагардеш, Чухчахьера тергалъеш, Жоьра-бабас ча такхийна аса, сахуьлу-седа гуш сакъералуш волу Мохьмад а вара Бойсхарца буьйсанна ха деш. Цуьнан х1инца дейтта-пхийтта шо хан яра. Бойсхарна массарел а хьоме хетара и шен вешин к1ант.

Акхаройн уг1арш а, буьйсанан аьзнаш а хаза 1еминчу цуьнан, буьйса дукха тийна еъча, сагатлора. Бакъду, и тийналла башха ях а ца лора. Дукха хан ялале берзалой уг1ура, я чаг1алкхаша маьхьарий хьокхура, я акхарой ялташна т1елетий, меттахвоккхура и шиъ.

Неларчий хьаьжк1ийн куьпех чулетча билгал хуьлура цара г1одмаш кегдеш ден татанаш. Т1аккха, шаьшшиннан барт ма-хиллара, чардакх т1ехь 1ашшехь, Мохьмада йоьзан тас тухура. Вукхузхьа, уьш чуяьхкинчу метте к1ел а хоий, Бойсхара царна топ еттара. Ша йийна нал г1алахь вехачу шен доттаг1чунна, Михаил Ивановична лора цо.

Мохьмадан доллучул а ч1ог1а сакъералора неларчий ялташна т1елата 1инах хьалайовлучу меттехь, готтачу некъа т1ехьа боьг1начу гурах. Цхьа шатайпа башха гур бара иза. Кхузахь кхин цхьа тиша йоьзан тас ийшира и бозбуанчалла дагалаьцначу Бойсхарна.

Тесан йистах хьостам чекхбаллал 1уьргаш а даьхна, винташ теснера цо, нело дадийча тас ч1ог1а декийта. Бакъду, хазахета-м дадор дацара нело и тас, цаяьллачу денний бен. Борз лоцу гур боьг1нера Бойсхара, юткъачу з1енаца тесах д1а а бихкина. Тас нелана ца гайта, некъана юьстахо гурана юххе охьадиллинера цо.

Цхьана буьйсанна, шайн тхьамда хьалха а йолуш, 1инах хьалайолаелира неларчийн арданг. Гуро царна х1ун до хьоьжуш, к1елхиъна, уьш ларъеш 1ара Бойсхаррий, Мохьмаддий. Хьалхаяьлла йог1учу нелан ког гуро лецира. Ваьштакхеттачу 1одмаша ког а лазийна, д1аиккхира нал, шена т1ехьара йоьзан тас а декош. «Д1ов-д1ов-д1ов…» – бохуш, 1ин чухула чекх а даьлла, орцах хьалахьош дара и инзаре тата. Тхьамдина т1ехьара арданг и арц мел бу едда яххара. Тас декаш дечу татано самадаьккхинера буьйсанна набарна д1атийна массо экха а, олхазар а. Тас декош еддачу нелах сакъералуш, г1адъоьхуш воьлура Мохьмад.

- Воккха ваша, ма юм яьхьира цара. И тас дадийна яхна нал кхин юхайог1ур юй техьа?

- Ца хаьа, тас дахьаш яг1ахь къайла-м г1ур яц хьуна иза, - элира Бойсхара.

Цкъа цхьана буьйсанна, аьлча а, сатоссуш, тамашийна х1ума хилира Бойсхарна.

Х1оьттина дуькъа дохк а долуш, сатоссучу заманчохь, топ хьалха а х1оттийна, уьрдан йисте хиъна 1ачу Бойсхарна наб озийра. Циггахь г1ан гира цунна, шена борз т1еетталуш. Ц1еххьана самаваьллачу Бойсхарна тоъал хьалхха схьа а еъна, дуьхьал а йирзина 1аш борз гира. Дег1е, «лов», аьлла, зуз деара цунна. Амма Бойсхар воха ца вуьйхира. Топ юлар а, тоьпан юьхьиг барзана т1еерзор а цхьабосса дан дезаш дара.

«Ч1ак-ч1ик» аьлла, ши лаг юхаоьзна топ юллушехь, цу татанах шекъяьлла борз, «шарх», аьлла, хьала а иккхина, Бойсхар топ йожо кхиале, гена доццуш долчу 1инах чутиллира. Ший а лаг цхьабосса узуш топ ялийтира Бойсхара. Амма иза барзах т1ехтилира. Топ йолу хезча, чардакх т1ера охьа а воьссина, схьахьаддачу Мохьмадна ма-дарра дийцира Бойсхара шена хилларг.

ПАРТАЛ ЧА

Байна етт схьалаха вахна, вехха лийлира Дуда. Цхьа 1ин хадийча, вукху 1инах чу а вуссуш, боккха арц толлуш лелара иза. Г1ел а велла, сада1а цхьана юьхка т1е хиъна ша 1ечу хенахь ча гира цунна. Г1еххьа генахь яра иза Дудина. Юьхк санна стомма, партал яра иза. Техкаш, кест-кеста соьцуш, халла болар дора цо. Цкъацкъа ехха йоллура иза м1арашца латта охкуш, леррина цхьа х1ума лоьхуш. «Шена даа напг1а лахар бен, кхин цхьана а х1умана бала бац-кх цунна», - аьлла хетара и гуш волчу Дудина. Дагахь а доцуш, ц1еххьана хийцаделира оцу экханан хат1. Муц1ар д1а а яхйина, хьожа йохура цо, корта д1а а, схьа а хьийзош. Т1аккха т1аьхьарчу когаш т1ехь ира а х1оьттина, шена шеко йолу хьожа муьлхачу аг1ор схьаеттало, кхерам туьйсу меттиг мичахь ю хианчул т1аьхьа, ц1еххьана д1аиккхира иза. Ядар партал делахь а, кхиссалуш, чехка йоьдура иза. Ядар беламе дара цуьнан, карчийна чухаьхкина гуьйриг санна, пурх а йирзина йоьдура ча 1инах чухьаьдда…

Дуда цунна гуш вацара. Делахь а, х1ара волчу аг1орхьара дай хьоькхучу мохан х1онах кхийтира цунна адаман хьожа. Иштта ларлора ча таллархочух.

ХЬУЬНАН ХЕХО

Дейтта шо сов хан яра Бекаш хьун ларъеш волу. Шеначулла дукха 1аламан хьелаш девзинера цунна. Ц1а вирзича бераша гуо бора дена. «Дийцахьа, х1ун гира хьуна хьуьн чохь тамашена?» – бохуш, хоьттура цара. Туьйранахь санна хетара берашна акхаройх, олхазарех, 1аламан къайленех лаьцна дуьйцу хабарш.

- Дада, т1аккхахула хьуо воьдуш, со а вигахь хьайца хьуьнах, - дехар дира цхьана дийнахь воккхах волчу к1анта Битус.

Шен дена санна 1аламан хьелаш довза лаьа Битуна.

К1ентан лаам кхочушбеш, кест-кеста шеца хьуьнах вуьгура дас иза. Наггахь юххе даккхий шайн ж1аьла а дуьгура цу шимма. Говр южий, г1удалкхахь а воьдура и шиъ хьуьнах. Ерстана, т1ахъаьлла говр яра Бекаша лелош. Ядарна маса а, д1айоьжча дайн кира чаболахь дадийна хьош а яра иза. Бакъду, ж1аьла юххе даьккхина вахча а, г1удалкхаца вахча шаьшшинна ма-хетта дийнатийн тидам бойла ца хуьлура.

Цкъа цхьана дийнахь шалгу топ коча а тесна, жима диг кара а лаьцна, Биту т1аьхьа а х1оттийна, ша ларъеш йолчу хьуьнах го баккха вахара Бекаш. Иза дара август баттахь. Хьуьнчухула орцан дукъах хьала воьдура и шиъ. Гаттий дара акхарой лелла некъаш.

Хьалхаваьлла воьду Бекаш сецира. Иза чецча шекваьлла д1ахьаьжначу Битуна шаьшшиъ д1авоьдучу новкъахь нисса дуьхьал а йирзина хиъна 1аш йоккха ча гира. Ден пхьарс схьалецира к1анта, хьуьн сохь дуьххьара шена ча гича инзарвелира иза.

- Кхера ма лолахь, Биту. Цуо х1умма а дийр дац вайшинна. Цахуьлчу далахь топ а ю…

Делахь а Бекашна хаьара, иштта гергахь чана топ тоха маьрша доцийла. Ший а патарма т1ебассош топ тоьхча а атта к1ел юьтур йоцуш, йоккха яра ча. Ткъа шозлаг1а патарма тоьпа чу билла кхиале чано шаьшшиъ ворур вуйла хаьара цунна.

- Д1аяла, 1овдал, цу новкъара! Х1ун деш 1а хьо, некъ ларбан хиъча санна?! – вистхилира Бекаш.

Ча шек а яцара, я х1ара шиъ тергал а ца вора цо. Цхьана а х1уманна бала а боцуш, ша-шена м1араш а хьоькхуш, 1адда 1ара иза.

- Дада, юхавала вайшиъ, - элира к1анта, чана хазарна кхоьруш, лохха.

- Юхавала ца йоьшу. Юхаваьлча т1аьхьаяларна кхерам бу.

Вехха лаьттира и шиъ.

Х1ара шиъ тергал а ца веш, меллаша хьала а г1аьттина, д1аяхара ча.

- Дада, цуо х1умма а ца дира вайшинна, - д1аяхначул т1аьхьа доккха са даьккхира к1анта.

- Меца ма яцара иза. Дуьзча экха а дера ца хуьлу.

- Х1ун йоу цо кху хьуьн чохь?

- Цо ца юуш х1ун ю. Кхораш, хьаьмцаш, хьаьрса хьечаш, акха 1ежаш, элхьамчаш, попан б1араш доу. Меца ца лела х1умма а.

- Кхин х1ума йоий цо?

- Буц а йоу, бежна санна, яжа а ежаш, зингатийн тоьлгаш а йохош, зингатий а доу, хин йисте ша кхаьчча, массо а т1улг т1ек1ел боккхуш, т1улгаш к1елара садолу х1умнаш а, кхоьбарчий а йоу.

- Адамашна х1умма а дой цо?

- Адамех кхоьру иза. Бакъду, мацалла даръелла а, шена новкъарло йича а лета иза стагах.

Х1инца гучуьра къайладаьллачу буьрсачу экханах лаьцна хетта дуккха а дара к1ентан дагахь. Гонаха ла а дуг1уш, меллаша д1авоьдура и шиъ.

Ча т1аьхьаяларна кхоьруш, д1аса б1аьрг кхобура к1анта.

- Ча т1аьхьаяларна кхоьрий хьо, Биту? – аьлла, дас хаьттича, к1ант велавелира:

- Т1аьхьаяларна-м ца кхоьру, делахь а, иза йог1ий хьожуш, гондахьа б1аьрг ца тоьхча ца 1ало.

- Топ тоьхна, чов йича, кхераме а, ч1ог1а ницкъ болуш а ю иза. Бежна а, говр а, нал а йоь цо.

Вехха хьуьн чухула а лелла, ц1ехьавирзира дай, к1анттий.

Берашна дийца х1ума дара х1инца Битун.

КЪЕНА ТАЛЛАРХО А, ЧА А

Фермехь къиэелла, бежана хьалха говр а тоьхна такхийна орца хьала а яьхьна, ча лаца боккха гур буьйг1ира къеначу таллархочо Исраила. Х1инцца б1аьсте яьлла, ча 1аьнна йижначуьра г1отту хан яра иза. Шена рицкъа лохуш лелачу чана тосаелира еллачу бежанан чарх. «Цхьана тешнабехкана йиллиний техьа иза? – аьлла хеташ, кхоъ-диъ де даьккхира цо, схьайог1уш, геннахула го а туьсий д1айоьдуш.

Йол-йолуш майра а яьлла, т1еяхара ча. Исрапила, ша гур боьг1начу аг1ор бен т1еяха меттиг ца буьтуш, важа аг1онаш гобаьккхина д1акъевлинера, т1улган чхараш а, дечигаш а йохкуш. «Делаюкъ сан суна и тешнабехк-м ца бан» аьлча санна, жижиган чархана паргг1ат т1ейоьду меттиг а йитина, вукху аг1онгахьара т1улган чхераш а, дечигаш а д1а а яьхна, жижиг даа х1оьттира ча.

Юззалц жижиг а диъна, бухадисинчунна жимма хьожа кхетийта т1е г1аш, хьардаш а хьаькхна, д1аяхара ча.

Цул т1аьхьа веъначу Исрапилна жижиг диъна а, гур хьабаза а карийра. Цигара бухадисна жижиг кхечухьа д1а а даьхьна, т1е г1аш тесна къайла а боккхуш, юха а гур буьйг1ира Исрапила.

Шозлаг1чу дийнахь мацъелла ча, лорах яхна, жижиг схьа а лехна, хьаьккхина т1е ца йоьдуш, цхьа «х1ума» лохуш бох бан х1оьттира. Иттех метр генара дуьйна, м1арашца меллаша г1аш схьа а кегош, жижиган чорха юххе д1акхечира иза. Циггахь гучубелира цунна тешнабехкана боьг1на гур. З1енаца дечиган г1одан буха д1атесна карийра цунна иза. Меллаша схьа а эцна, юьстах биллира чано гур.

Х1инца а бохура цо шен дагахь «Делаюкъ сан, со 1иэха-м ца ян». Ча леян кхин аьтту ца болуш, шен гур ц1а баьхьира Исрапила. Ткъа, жижиган чарх иштта чано а, бухайиснарг чаг1алкхаша а, къийгаша а йиъна д1аяьккира.

ЧА А, ЗУДАРИЙ А

Кабехий, Бикатуй яхара хьуьнах хи чу бохка кхораш лахьо. Лекха а, буьрса а яра хьун. Ширчу некъашкаъула, хьуьнан кхораш лоьхуш, генна д1аяхара и шиъ. Ирзу тайпа цхьана майдана кхаьчча, саттийна охьабан болалуш кхор карийра цу шинна. Маьлхан селонгахь, лоппагаш санна, лепара ношбелла кхораш. Кхуран к1ело хьешна яра. Наггахь а кхор ца битанера охьаэгначех. Лохо к1ондарш д1а а, схьа а кегош, леррина лехча шиъ-кхоъ ношбелла кхор а карийра Бикатуна. Церг а тоьхна, хьаьжча чам тайра цунна.

- Эх1, х1орш ч1ог1а дика чам болуш кхораш бу! – кхура т1е хьалахьажира Кабеха.

- Х1ара х1ун ду? Цхьа адамаш леллачух тера а ма ду кху к1елахула. Т1ехь саттийна кхораш а бу.

- Же, шимма а т1е а яьлла, массо а га лестош кхораш охьаэго беза вайшимма, - аьлла, хьалаелира ши зуда.

Сих а ца луш, паргг1ата генаш а лестош, к1ело юьззина кхораш охьаэгийра цу шиммо, куьг т1екхочера схьабоккхий наггахь кхор а бууш.

Ши зуда охьа а йоьссина, кхораш схьалахьо йолаелча, «къарш-къарш» аьлла, юьстах хьуьн чохь татанаш хезира цу шинна. Кхораш лахьочуьра юкъах а яьлла, ладуьйг1ира шина зудчо. Я ча, я нал а, я бежна – цхьаъ хила еза-кх и татанаш дийриг, аьлла хеттачу хенахь, т1аьхьарчу когаш т1е ира а х1оьттина, чухьаьдда йог1ура ча.

- Ва-а, орца дала!!!

- Ва-да-а-дай! Орца дала!!! – маьхьарий а хьаькхуш, кхин хьуьн чохь ца соцуш, едда ц1а еара ши зуда.

Едда ши зуда кхин тергал а ца еш, адамо санна, меллаша схьа а лехьош, кхораш баа охьахиира ча.

ЧА А, АЬРСКЪИ А

Аьрскъи ша пенсе ваханчул т1аьхьа накхарш лелош вара. Шина а шарахь алсамо вай а даьлла, накхарш 1аь1нера цуьнан.

Дургал эца шортта зезагаш долчу метте ламчу хьала даьхьара цо шен накхарш.

Накхарш дуьзна, моз доккху хан а гергаг1оьртинера.

Х1ора буьйсанна цхьацца никх бохийна, вовшахбаьккхина карабора Арскъина.

- Яраббана х1ара х1ун ду техьа? – олий, цецвуьйлуш ойла йора цо. Бацалахь ца къаьстара накхарш дохочу «къуьнан» лар.

Цхьана дийнахь кхуран 1индаг1е «раскладушка» а х1оттийна, д1атаь1на 1уьллура Арскъи, шена т1ееталучу чуьркашна га а лестош. Цхьа дай татанаш деш санна хетта, д1ахьаьжначу цунна ча гира йог1уш. Х1умма а шек йоцуш, шен ц1а йог1уш санна, партал, техкаш, накхаршна юккъе схьа а еъна, «закъ» аьлла д1ах1оьттира ча. Ког тесна д1аса туьйхира цо йистехьо лаьттачех цхьа никх. Иза бесо хетта, кхин цхьаъ д1асаластийра. Цунах, цкъа муц1ар т1еяьхьна, хьожа а яьккхина , туьппалг ят1ош диг санна ластийна хьалхара ког тоьхна, т1ера нег1ар а кагдеш, никх вовшахбаьккхира цо. Арскъи, ша витчахьана, накхарш-м стигала довлахьара аьлча санна, 1адда 1ара. Цкъа дог хилира цуьнан «Х1ей, хьо х1ун дан г1ерта? Моз даа веъна хьаша иштта г1иллакх доцуш хуьлу?» – ала. Делахь а, вист ца хуьлуш 1ад1ер дарбане хийтира цунна.

Чано деллачу ж1аьлел башха тергал а ца вора Арскъи. Цхьа а да воцуш и накхарш долуш санна, шена ма-луъу «пхьола» деш йоллура ча. «Х1окху къонахчунна муха хета-техьа аса лелориг?» - аьлча санна, шен и кегийра б1аьргаш раз дохий, наггахь къайлах Арскъига а хьожура иза. Кагйой рама юьстах а кхуссуш, мезан алхаш йоура чано. Карзахдаьлла вай хьийзара цунна гондахьа, 1аьржа бода х1оттийна. Мера боьххье а, лергаш чу а, дег1ах а , т1ерг1а юккъехула чу а оьхуш, мозаша юнаш еттара цунна. Юнаш тоьхна лаза мосазза йин, оьг1азъоьхуш, лерга юххе а, муц1ар т1е а ког тухура чано, иза шен йоцуш санна. Лестош, раманаш лаьттах а етташ, шайна деш лаьттачу «та1зарна» дарделла мозий ю тоха т1едетталора кхайкхаза веанчу «хьешана». Мозий т1елетта, х1ун ю а цахуург хиллера ченан корта. Наггахь цо Арскъи волчухьа схьахьажо жима б1аьрг нуьйда санна керчий серлаболура.

- Же хьайн хирг делахь! - аьлла, мохь туьйхира Арскъис чано ког тоьхна кхозлаг1а никх бохийча, 1а а ца велла.

Ахьа дуьйцучуьнца-м бала бацара сан аьлча санна, мозаша юнаш йиттина, даръелла ча кхин а челакх яьлла йоллура Ша т1аьххьара бохийнчу накхар чуьра мезан алхаш т1аьхь бухайисна ши-кхо рама ластийна лаьттах а тоьхна, царна т1ера моз а диъна йолаелла д1аяхара ча.

Иза д1аяханчул т1аьхьа: «Хьай, даь ма ят1а ахьа динчу г1уллакхан!» - бохуш, чано дохийнчу накхаршка а хьоьжуш, вехха воьлуш лаьттира Арскъи.

ХОРБАЗИЙН ХЕХО

1аьссан тог1и чохь хорбазаш йийнера колхозо. Уьш ларъян вахийтира воккха стаг Салам. Цуьнан жимах волчу вешин к1ант 1алман а вара цунна г1о деш. 1аьссал дехьара дечигаш а яьхна, чардакх дан волавелира и шиъ. 1алмана оьрнаш а даьхна, лекха биъ б1ог1ам буьйг1ира цу шимма. Лакха т1ехь гежалгашна чу х1иттош пурхалнехьа дечигаш а ехкина, цу т1ехула г1ан генаш а дохкуш, екъа йол а йиллина, мотт кечбира. Б1аьлланган серийн х1азарш а хьовзош, цу т1оьхула йол а тухуш тхов бира цара. Цхьана б1ог1ам т1ехь, генаш д1ахедош, ехийро юьхкаш а йитина, ламин меттана т1еволийла йира.

Лекха а, самукъане а дара чардакх. Бакъду, чуьркаша хьийзавора и ший. Чуьркаша къийзорал к1ур г1олехь хеташ, наггахь чардакхна бухахь дакъаделла кхош дагош, к1ур бора цу шиммо.

1алмана до а боьг1на, хи чуьра ч1ерий лоьцура. Царех дика пхьор хуьлура. Ч1ерий зайли чохь кхорзура цу шимма, наггахь чорпа а йора.

Буьйса инзаре хетара 1алманна. Наггахь ч1аг1алкхаш екара. Делахь а, иза кхоьруш вацара, деваша шеца хилча муххале а.

Цхьана буьйсанна хилдехьа берзалой уьг1ира.

- Х1инца само ян еза вайшиммо, - элира Салама.

Къеггина беттаса а кхетта, екхна яра и буьйса.

- «Ч1алкъ-ч1алкъ», - аьлла, хи кегош санна хийтира хехошна.

- Х1а-а, схьахетарехь, берзалой хих сехьайовлуш ю. Шаьш йитахь хорбазаш йохор ю цара, - бохура Салама, тоьпа чу ши патарма а буьллуш.

Чардакхана к1елахула кхаш т1е схьаеара берзалойн арданг.

Гергахьо йолчу барзана хьажийна топ кхоьссира Салама ший а лаг узуш, тог1и а, и ерриг хьун а екош. Жа лаьхкича санна, дур даьхьира евддачу берзалоша.

1уьйранна хьаьжча, барзана топ кхеттачохь ц1ийн лар карийра шина хехочунна. Чов хилла борз д1аяхнера.

БЕРЗАЛОЙ

Ламанийн дежийлашкахь колхозан даьхни кхобуш вара Х1арон. Шен накъост дохнаца а витина, ц1ахь долу хьал-де а хаа, кхачанан сурсаташ а дахьа ц1авеара иза.

- Дада вог1у! Дада вог1у! - бохуш, дуьхьал уьдура бераш.

- Х1унду вайн ц1ахь? Могуш вуй массо а? Са-м ца гатдора аша? Керла х1ун ду? - хоьттура дас.

Бераша керла дерш дуьйцура.

- Мамас хьуна костюм эцна, - элира Асета.

- Аса пхи класс чекхъяьккхина, - элира Марета.

- Вайн цициго к1орнеш йина, - бохура массарел а жимчу Разета. Да воьлура. Сакъералора цуьнан шен доьзалах. Къаьсттина Разета дуьйцучух самукъаделира цуьнан. Иза массарел а жима ма яра.

- Цициго к1орнеш йина бах ахьа?

- Боху. Мел хаза ю уьш! Аса бен а бина царна...

Доьзалца де-буьйса а даьккхина, юха д1аваха кечвелира Х1арон.

- Дада, со а ваийтахьа хьайца аьхкенан каникулаш чекх-йовллалц хьуна г1о дан, - дийхира Халида.

- Суна г1о дан эша-м оьшура хьо. Делахь а кху ц1ахь а ма ду дан дезаш дуккха а г1уллакхаш. Нана, ахьа х1ун олу? Хьуна х1ун хета? - хаьттира Х1арона шен зудчуьнга.

- Суна-м ахьа Халид хьайца вигча бакъахь хета. Хьо хьуо цигахь волуш, тхуна дагахь воллу. Хьан накъост ледара воцийла-м хаьара. Делахь а, х1ун хаьа, хьуна цхьа сиркхо хьакхалахь, хьалхара д1ахьажо к1ант хилча атта хир ма ду. Вигахь, кхунна иштта лууш хилча.

Цу т1ехь барт а хилла, Халид шеца вигира дас. Дика накъосталла дора к1анта дена. Дечиг лахьадой, ц1е латайора. 1ин чу вуссий, мала хи дахьара. Даьхни дажадора. Масане ду аренца накъосталла оьшуш долу г1уллакхаш.

Цхьана сарахь, кхеран г1отанна гена йоццуш хьуьн чохь, борз уьг1ира. Цунна т1аьххье вукху берзалойн аьзнаш а хезира.

Дуьххьара берзалой уг1уш хезна, цецваьллера Халид.

- Халид, кхера-м ца велла хьо? Берзалой уг1у хезча, ма д1атий хьо, - велакъежира да.

- Кхера-м ца велла со. Делахь а цхьа тамашийна хета-кх уьш уьг1уш.

- Хьалха уьг1анарг нана-борз яра ша ижонна яханчуьра ц1а йог1ийла хоуьйтуш. Вуьйш дуьхьал уьг1нарш андадевлла цуьнан 1 дара, шаьш йолу меттиг хоуьйтуш, нанна дуьхьал жоп луш. Нана шайна ижу яхьаш йог1у дела, хазахеташ уг1у уьш.

- Буьйсанна наб йой цара? Кест-кеста уг1ий уьш? - хоьттура к1анта.

- Буьйсанна а, дийнахь а, - наб шена дагадеъначу хенахь йо барзо. Буьйсанна са дика го барзана дийнахьчул. Берзалой дукха хьолахь сарахь уг1у. Буьйсанна уг1уш меттиг а хуьлу. Сатоссуш а уг1у.

- Берзан к1езий кегийра йолуш уг1ий?

Х1ан-х1а, кегийра йолуш ца уг1у, ц1ийза. Кхано онда евлча, шайн ненах 1ема уьш уг1а.

Маьрк1аж-бода къовлалуш лаьттара. Х1аронца рог1ехь хийцалуш волу Супьян буьйсанна бажа бажо д1авахара. Х1аронний, Халиддий меттахь висира.

Оганашна г1айракхан т1улг а буьллуш, тхевнна дечигаш а йохкуш цу т1ехула т1е къаж а тоьхна, сихха йина яра уьш чохь 1ен х1усам. Цхьа не1 а, жима ши кор а доьг1на, лоха, жима ц1а дара иза. Цунна хьалхха кхача кечбеш ц1е яго меттиг а яра товханан хьесапехь йина. Х1инцца юург йина а, йиъна а бевлла, д1ай-схьай къастинера бежа1уй. Супьян бажа важо вахча бухависна дай, во1, наб еъча охьавижар бен кхин дан х1ума доцуш, мукъа висинера. Дукха хан йоццуш х1окхара юург еш латийна ц1е х1инца а д1аяза, йогуш яра. Даьгна хаьштигаш юха т1е а тохкуш, наггахь кхин а т1е дечиг а дуьллуш, ц1е ягош 1ара и шиъ. Тапп-аьлла тийна и 1алам самадоккхуш, ц1еххьана кхин цкъа а уьг1ира берзалой. Цкъа тийжаш, цкъа доьлхуш, цкъа доьлуш, т1аккха «г1алх» бохуш леташ, дерзочу хенахь узаршца, сингаттаме а, инзаре а дара церан уг1аран акха аьзнаш. Халидна синтем бацара, берзалойн дахарх шен дена хууш долчуьнга цкъа ла ца доьг1ча. Даьхни 1алашдарх а, ц1ахь болчу бахаман а, дан дезачу г1уллакхех а, дешарх а лаьцна ей ойланаш а, ден къамел а юкъахдаьккхира берзалойн уг1аро.

- Кхузахь бен хуьлий берзалой? - юха а дега хетта волавелира к1ант, изза бен, кхин дагахь доллуш х1ума доцуш санна.

- Берзалой вайн махкахь массо а меттехь бохург санна хуьлу: лекхачу лаьмнашкахь, аьрцнашкахь, чоьхьарчу хьаннашкахь, эрзан тог1енашкахь, акхачу боьранашкахь, раьг1нашкахь, г1амаран аренашкахь. Бакъду, юькъачу, яккхийрачу хьаннийн к1оргенашкахь ца хуьлу берзалой.

- Х1унда?

- Цигахь ижонна талла аьтту бац церан. Шайна даа напха лаха аьтту болчухьа те1а уьш.

- Суна зверинцехь гина борз ж1аьлех ма тера яра.

- Ж1аьлех тера хуьлу борз. Къаьсттина милицехь, доза лардеш болчу салташа лелош долчу ж1аьлех. Немцойн овчаркаш олу1 царах.

- Цкъа а хьуьн чохь борз ца гина-кх суна. Гуш ма ца хуьлу уьш хьуьн чохь а, я арахь а?

- Борз ч1ог1а ларъяла хууш ю. Ярташ яккхийра йолчохь, адамаш дукха долчу меттехь адамех кхоьру иза. Дийнахь шерачу арахь ижуна араяьлла лелаш хила а тарло борз. Бакъду, кхузахь а цо ша нахана тоса ца йолуьйту...

- Х1ун до цо?

- Гондахьа б1аьрг а кхобуш, саьнгар а, и к1орга харш а, таь1на ор а, боьранаш а дол-долчухула, ларлуш лела иза. Бакъду, дуьхьалнисвелла стаг шена кхерамехь велахь а, вацахь а дика хаьа барзана. Цуьнгахь герз хилча а хаьа. Шена кхерамехь волу таллархо, кхерамехь воцу ахархо я некъахо дика къастало цуьнга. Стаг шена дуьхьало ян ницкъ боцуш вуйла ма-хиъинехь «г1иллакхах» юху борз. Буьйсанна къу санна юьрта чу а йоьдий, ж1аьла а, уьстаг1 а хьо барзо, божли чуьра доккхий эса а дуьгу.

- Хьалха а лоллий дуьгий цо иза?

--Мичара. Ден а доьй, чуьра чо-ко д1а а йоккхий, жижиг д1ахьо.

Ижонна араяьллачу хенахь барзана дика хаьа талла. Ша толлучу меттиган хьелашка хьаьжжина, хьесап а деш, аьтту лоху цо. Къайлаяла меттиг а лохуш, тебаш герга а йоьдий лоцу цуо бежна а, говр а, кхин ерг а. Говран бетах катухий, бат а лоций озайо цо. Говр юхаг1урту. Говр юхаг1оьртича, ц1еххьана д1ахоьций, к1егар а кхоьтуьйтий, логах катуху. Иштта лаг а хададой йоь цо говр.

Туьйранахь даима борз 1овдала, партал юьйцу. Цхьогал х1илла долуш гойту. Туьйранахь цхьогало борз 1ехайо, шен х1илланца иза эша а йо. Амма цу акхаройн дахарехь борз мелхо а цхьогалал а ч1ог1а ларъяла хууш а, кхетам болуш а ю, - дуьйцура дас. И бакъ дуйла хиира к1антана, дукха хан ялале, буьйса ларъеш.

* * *

Дажо дигначу дохнаца цомгуш бежна яра. Лоьро дарба лелийча а, кхин дарба ца хуьлуш, елира иза. Яхкаелла хьожа кхетахь а аьлла, шаьш 1ачу меттигана гено яьккхина, д1акхоьссира беж1уша иза.

- Х1инца хьожур ву-кх вайшиъ, Халид, хьуна берзалой ган лаахь, - элира Х1арона. - Тховса елдачу бежанах шайна пхьор даа йог1ур ю уьш.

- Царна муха хуур ду и бежна цигахь юйла?

- Ладог1ал! Цунна гондахьа къийгаша яьккхина г1овг1а хезий хьуна? Ас хьоьга хьалха ма-аллара, цунах хуур ду берзалона цигахь елла бежна, я говр, цхьаъ хила езийла.

Х1арона ма-боххура, еллачу бежанна гондахьа хьийзаш къийгийн г1овг1а яьллера.

Сарахь х1ума а йиъна, шен накъост бажа бажо д1а а вахийтина, буьйса ларъян вахара дай, во11ий. Х1аронехь шалго топ а, дуьзначу патармийн г1ап а яра. Шаьшшинна аьтту хеттачу, берзалошна гур воцчу метте къайлехь д1алечкъира и шиъ. Къеггина кхеттачу беттасехь гуш яра д1акхоьссина 1уьллу бежна. Маьрк1ажал т1аьхье а хилира. Пхьуьйра хан а гергаг1оьртира. Ламанан арцехьара бежна 1уьллучу жимчу майдана схьагучуелира борз. Х1арона, кхин вист а ца хуьлуш, тол меттах а да хьаеш, к1ентан белаш т1е куьг диллира. «Ас топ кхуссур яц. Хьожуш хир ву вайшиъ -- бохург дагахь. К1ант кхийтира.

Дукха хан ялале кхин цхьа борз а схьат1ех1оьттира. Т1аккха кхин цхьаъ, т1аккха кхин цхьаъ... Ялх-ворх! борз елира гучу. Д1а а, схьа а хьоьжуш ладоьг1уш а лаьттина, хьалхаяьлла еънарг т1еяхара. Бежанна яь1на т1е а ерзийна, го баьккхира цо. Т1аккха катоьхна цергашца юххера г1ог1 а лаьцна, биэ а ког д1а а г1ортош тасаелира иза. Болар сихдина, т1ееара кхин цхьа борз. Т1аккха вуьйш а т1еяьхкира. Кескаш туьйсуш, бежна вовшахъяккха йолийра цара. Наггахь юьстах а йолий, ладуг1ура царех цхьаммо. Шеко йолуш а, шайна кхерамехь а х1ума ца тосаделча, юха а даа х1уттура иза.

Х1аронний, Халиддий, берзалой шайна ма-луъу а йитина, топ а кхоьссина церан пхьор ца къахьдеш, меллаша юха а ваьлла, метта схьавеара.

Шаьшшиъ чукхаьчна ваьлча хаьттира к1анта:

- Дада, топ х1унда ца туьйхира ахьа царна? - аьлла.

- 1аламан куц дохо ца лууш 1ийра со, - элира цо, вела а луш. - Хьуьн чохь борз ца гина ахьа аьлла дела, хьуна уьш гайта а, церан амалаш йовзийта а 1ийра со.

Шозлаг1чу буса Х1арон шен рог1ана бажа бажо вахара. Супьян висира Халидца меттахь. Цуьнга дийцинера дас, шай, к1антий, шаьш берзалошка хьажаран хьокъехь.

- К1ант, х1инца вайшиъ ваха веза оцу концерте хьажа, -

элира Супьяна, х1ума йиъна а ваьлла. - Сийсара и дийнна бежна йиъна-м хир яц цара.

* * *

Маьрк1ажал т1аьхьа вахара Супьянний, Халиддий берзалой ларъян. Халида хьалха шай, шен дай 1ийначу метте д1авигира накъост. Берзалой ца йог1уш дикка хан елира. Уьш ларъеш 1ен к1ордийра царшинна.

- Д1авала, д1аг1ур ву вайшиъ. Схьахетарехь, сийсара дика катоьхначух тера ду цара. Тховса ца яхка там бу уьш, - юхавеара Супьянний, Халиддий. Делахь а, цу буьйсанна 1аббалц наб а йина, малх лакхабаьллачу хенахь берзалой т1еяьхкина, ца яьхкина, цара х1ун дина хьажа ца вахча ца 1евелира и шиъ. Ворх1 борз яра еллачу бежанна гонаха 1еш. Къийгаш т1е ца г1уртуьйтура цара жижигана. Шаьш т1е а ца кхевдара. Мунди т1ехь кхес а йолуш, царалахь массарел а онда борз яра шеца йолчех цхьа а борз т1е ца кховдуьйтуш дуьхьалъяьлларг. Цуьнга ла а ца дуг1уш, жижигана т1екхевдира берзалойх цхьаъ. Шен бертаза и т1екхевдича, гоах катоьхна, кхоьссина д1аяхийтира иза тхьамдас. Борз, г1еххьа лазийна, ц1ийза а ц1ийзаш, юхаяьлла д1ах1оьттира. Хьалхарчу буса шаьш юуш йисинчу нисса ах бежанна кхин т1е ца кхевдаш, къаххашна, т1улгашна юккъе къайлехь бертала йийшира уьш. Малх дикка лакхабаьлча Супьян, дег1 нисдеш ира а х1оьттина, берзалой йолчухьа д1аволавелира. Адамах б1аьрг ма-кхийттинехь, меллаша хьала а г1евттина, 1инах д1ачуйиссира берзалой.

Цара жижиг цадаарх цецваьллачу Халида Супьяне хаьттира:

- Жижигана т1е х1унда ца г1уртура уьш?

- Селхана дййнахь т1евахана, цара юуш йисначу чархана, аьчган серах даьхна, ирдина хьостамий доьхкинера ас, юха т1е-яг1ахь царех цхьаннан пхьор къахьдан дагахь. Цунах цхьа шеко хилла хир ю-кх церан. Шеконах лар ма ло уьш. Вуьштта, лаьтта к1оргга ло а диллина, шаьш мацъелча, шеконаш тергал а ца еш, наппаг1ах катуху берзалоша.

Хьо хьала а х1оьттина, т1еволавелча д1а ма яхара уьш, шаьш дуккха а йоллушехь. Иштта ч1ог1а кхоьру уьш стагах! - хоьттура Халида. - Жа я бажа бажош кху акхачу меттехь герз доцуш стаг хир воцийла хаьа хир ду царна.

Аьхкенан каникулашкахь шен деца лам чохь хан йоккхуш дуккха а 1аламан хьелаш девзира Халидана. Туьйранахь санна дуьйцура цо шена гинарш шен хенарчу берашна. Ткъа цхьадерш берашна бакъ ца хетара, я теша а ца тешара.

- Супьяне хаттал аш, шаьш ца тешахь, - олура Халида.

КХУРАН КОРСАМАШ

Жуми, шайн тиша гали а эцна, хьуьнах вахара, кхуран корсамаш даха. Йолуш лаьттара б1аьсте. Диттийн ч1ениг тохаеллера. Къеггина малх а хьаьжна, де дохделлера.

Жуми, хина тиллинчу готтачу т1ех а ваьлла, хьуьнах чувуьйлира. Х1инцца схьакхаьчна алкханчийн г1ера яра хьаннийн баххьаш т1ехь. Бес-бесара шакарш лоькхура цара. Цкъа б1аьстенан хьозанах екара цхьаъ. Вукхо юткъа-еха шок локхура.

«Ч1ив-в. Ц1ир-р-р-р. Ч1ак-ч1ак-ч1ак-ч1ак», - олий, Жуми вехха лаьттира цаьрга хьоьжуш, церан эшаршка ладоьг1уш. Г1аьттина полла хьийзара ц1енчу х1аваэхь.

Жумис кхорашка б1аьрг кхерстабора. Корсамаш лоьхура цо. Шина кхура т1ехъ нилхо дара корсамаш. Ткъа кхозлаг1чунна т1ехь луьсто дара. Гали буха охьа а диллина, кхура т1е хьалавелира Жуми. Схьасеттош кег а деш, чуэгадора цо корсамаш. Шатайпа хаза хьожа етталора царех. Садайра. Жуми корсамаш эгош кхура буьххье хьалаваханера. Наггахь, садо1уш, гонаха б1аьрг кхарстабора цо. Хьуьн чухула ширчу новкъахула схьайог1учу барзах б1аьрг кхийтира Жумин. Яйн йорт етташ йог1ура иза. Жуми ша 1аччохь, меттах ца хьовш, д1атийра. Кхуре схьанисъелча, саца а сецца, бухахь 1уьллучу галига а, чукхисинчу корсамашка а хьоьжура борз.

- Мила ву техьа кхузахь?» - аьлча санна, д1а а, схьа а хьажна, йорт эцна яхара борз. Жумис къайлаяллалц, т1аьхьахьоьжуш, тергалйира иза. Вехха кхура т1ехь а 1ийна, барзах кхерам бац аьлла хетачу хенахь кхура т1ера охьа а воьссина, гали чохь корсамаш а дахьаш, ц1а веара Жуми.

ХЬУЬНАН ХЬОЗА

Б1аьсте елира. Довха даьхкира апрель беттан денош. Ховха г1а-патар дукъделлера. Дитташ т1ехь олхазарш декара. Суьйре гергаеъча къаьсттина хаза декара цхьа хьоза:

«Ч1ек-ч1ек-ч1ек-туьк» -

«туькари-та-ри-ку-у».

И хьоза ган лууш, хьуьнах вахара ши к1ант. Юьртана генахь яцара хьун. Олхазар декачу дитта к1ел д1ах1оьттира и шиъ. Хьоза цкъачунна д1атийра. Дукха хан ялале юха а дийкира иза:

«Ч1ек-ч1ек-ч1ек-туьк-

туькари-та-ри-ку-у».

- Хьажал, Мохьмад, гой хьуна? - п1елг а хьежош, д1агойтура Султана хьоза.

Чук1ело к1айн а йолуш, ал бос болуш, мокха хьоза дара иза. Ира, нийса з1ок яра цуьнан. Чук1елахь нилхо-1аьржа т1адамаш дара.

Лакхахьа и хьайн хаза йиш! - вистхилира Мохьмад.

Хьоза, г1аьттина, кхечу гаьн т1е а хиъна, юха а йиш лоькхуш

«Ч1ек-ч1ек-ч1ек-туьк-

туькари-та-ри-ку-у».

ДЕХА Ц1ОГА ДОЛУ КЪОРЗА-КЪИГ

Март бутт юккъе баьллера. Малх хьаьжна, довха де деънера. Дукха хан йоццуш т1ера ло дешна, т1уьнчу лаьттах, морхан кескаш санна, чорда 1аьнарш г1уьттура. Гурахь динчу оханаш т1ехула ц1ера-алунан тов санна тулг1ешца детталора бовхачу маьлхан нур.

Цкъа охани т1е хууш, цигара г1оттий диттан кондарш т1е хууш, т1аьххьий, хьалхий яьлла лелара ши къорза-къиг. И шиъ некъаца д1ай-схьай лелачу машенийн г1овг1анех къехкаш яцара. Къийгаш йоьллера йоккхачу автобусан дизельни моторан г1овх1анах чехкачу «Волгин» ч1ургийн татанах, наггахь некъаца д1а-схьа йоьдучу г1удалкхах.

- Ч1ак-ч1ак-ч1ак! - з1акарца сирхат оьций, кхоссалой, акхтарган гаьн т1е хьалайолура къорза-къиг. Генаш шалго дирзинчу юккъе нйгсъеш, охьаюьллура цо сирхат.

- Ч1ак-ч1а-къар-чак! - олий, цунна лахарчу гаьн т1е охьахоура важа.

- Хьо х1ун дан г1ерта? - бахара цо.

- Ч1ак-ч1ак! - бен боло г1ерта.

- Некъа йистехь х1унда бо вайша х1ара?

- Адамо вайшиннан бен хьабийр ма бац. Кхузахь экханах кхерам а бац.

- Ч1ак-ч1ак! - И бакъ ду.

Цу шингехь хьекъал ма ду. Даа пхьор а ма оьшу. Охана генахь дац, оханаш т1ера н1аьний дуур ду, кхин йолу садолу х1уманаш карор ю. Некъаца доьг1начу акхтаргаш т1ехь бен бар а ма ду бег1ийла йолуш. Буьйсанна я дийнахь некъа т1е нисделла экха, ж1аьла я цициг доь машено, бежана дуьйш меттиг а хуьлу. Ткъа иза къорза-къийгийн йоккха мулк ю! Къорзачу къийган мерза пхьор еллачу х1уманан дилх ма ду!

- Ч1ак-ч1ак! Ч1ар-къач1ар-ч1акх! - Схьат1екхехьа ахьа х1усамна г1ирс.

Яккхий генаш буха йохку шина къорза-къийго. Ира к1охцал дерг арахьа йисте юьллу. Чухула юьллург дег1ана 1итталур йоцуш нисйо.

- Ч1ак-ч1ак-ч1ак! Шога хир буй-техьа бен?

- Хир бац. Же, хьомениг, охана т1ера бецан орамаш дал.

- К1еда г1аш х1унда ца дахьа вайша?

- Ч1ак-ч1ак! 1овдал тентак! Дог1а деъча хиндерг хаьий хьуна?

- Х1ун хир ду, сан хьомениг?

- Дог1а деъна т1адийча, бен т1уьна лаьттар бу. Г1аш муст а луш, матардуьйр ду. Т1аккха царех хьожа йог1ур ю.

Хьалха даккхий а, дехий а орамаш схьакхийхьира шина олхазаро. Беха орам бенна гондахьашхула хьовзош чубуьллура цу шиммо. Боца орам бухехь д1анисбора.

Бен кхочушхуьлуш, горг а беллера, к1арг а беллера. Делахь а, 1ойла дика к1еда яцара. Х1оаш дан а ма деза, уьш лийса а, к1орнеш яха а ма деза. К1орнешна бекъа мотт дика хир бац.

- Ч1ак-ч1ак! Ч1ак-ч1арак-ч1ак. Дуткъий орамаш схьакхехьа деза, сан хьомениг.

- Ч1ак-ч1ак! Х1унда?

- Ч1ак-ч1арак-ч1ак! Мотт к1еда хилийта.

Хьесий санна дуткъий орамаш буха тесна, бен тобира цу шимма.

- Ч1ак-ч1ак-ч1ак-чарак-ч1ак! Х1инца йоккха йочана хилахь а, хецна дог1а чекхдер ду. Мох а кхеташ, бен сиха бакъалур бу.

- Ч1ак-ч1арак-ч1ак. Тхевнна х1ундо вайша х1инца?

- Тхов ца бича а бер бац. Йочана новкъа яцахь а, букъ т1е ладарш 1ийдалуш, там ца хуьлу. Мостаг1чух кхерам а бу.

Ший а къорза-къиг х1усамна тхов тилла йолаелира. Бенна т1ехула луьстта генаш дехкира цу шиммо. Леррина гидам бича, генийн юьхьигаш бена чу 1ункар йирзина яцара. Бенна т1ехула нислуш ерш ирхъерзийна ехкина, сирхатийн баххьаш бенна юьстах а долуш. Дог1анан т1адамаш сирхаташна т1ехула юьстах охьаоьгур ду.

Олхазар чудаха меттиг йита а йитиний техьа аьлла хетало бене хьажча. Кхечу олхазарна бена чу даха меттаг карор яц. Каро оьшуш а дац. Х1ун г1уллакх ду шен йоцчу х1усаме г1ерта?! Ткъа шаьшшиъ чуяха меттиг йитина шина къорза-къийго. Иза къайлахь хуьлу, цхьацца говзаллица хьулам бой.

Апрель баттахь х1оаш дан йолало стен къорза-къиг. Июль баттахь тевна хоу. Боьршачо цунна юург т1екхоьхьу.

Наггахь дохнан а, з1акардохнан а фермехьа г1ерташ хуьлу къорза-къиг. Ша зуламе яцахь а, цхьак1еззиг къола дан а хаьа цунна. Х1оа молуш а, к1орни лачкъош а меттиг йо. Х1илла долуш ма ю иза! И х1илла-м, хьаха дац наха цуьнга леладойтур. Хехочо топ ца кхоссахь а, наггахь г1аж ойъий а къахкайо иза.

КЪОРЗА-КЪИЙГАН БЕН, Я ХИЛЛА БОХАМ

Элхьамчин кулла т1ехь бен бинера къорза-къийго. Х1оаш лийсина к1орнеш ехира цо.

«Ч1ак-ч1ак-ч1ак-ч1ак», - олий, екара иза ша ижунна г1оттуш. Цхьогална тосабелира къорза-къийган бен. К1орнеш яа бена т1е кхача дагахь, хьалакхоссаделира цхьогал. Бена т1е хьала ца кхаьчна, юха охьадог1уш, шалгун гена юкъа бахара цхьогалан корта. Т1аьхьара когаш лаьтта ца кхочуш, кхозаделлачохь дисира иза.

К1орнешна напха дахьаш юхаеанчу къорза-къийгана бена к1елахь

детталуш кхозу цхьогал гира.

Орца дохуш т1ехула хьийзара нана а, орцах еъна боьрша къорза-къиг а.

«Ч1ак-ч1ак-ч1ак! Вач1ак-г1ара-к1ач1акъ!» - бохуш, бенна т1е ян а ца яьхьаш, екаш, гонаха хьийзира и шиъ. Цхьа хан яьлча, цхьогал детталучуьра д1атийра. Иза деллийла хиъна, маршо елира къорза-къийгашна.

К1АЙН КУЬЙРА А, НАНА-КОТАМ А

Т1емаш даржийна, стигалахь гуотуьйсуш кхерстара к1айн куьйра.

Дахка а, жима олхазар а, котаман к1орни а ижонна лоьхуш лакхара охьа сирла б1аьрг кхерстабора цо.

- «Харт-харт, харт-харт-харт», юханехьа лаьттах ма1араш а хьоькхуш.

- Тик-тик-тик-тик! Тик-тик-тик-тик!

Тик-тик-тик-тик!

Же диканиш, довдалаш!

Же хазаниш, довдалаш! - бохуш, т1е а доьхуш, к1орнеш дузадора нана-котамо. Корта раз а бохуш, цо шен цхьа б1аьрг стигалахь кхобура.

- Г1алх-г1алх-г1алх! 1ов-1ов-1ов! Ва нана-котам, х1унда хьоьжу хьо, корта раз а бохуш, стигала хьала? - хаьттира Гудес.

- Кхур-р-р-р-р-ракх. Кхурр-р-р-р-ракх! К1айн куьйра дог1ийла хьоьжу. И ма ду сан к1орнешна кхерам туьйсуш, луьра мостаг1, - жоп делира котамо.

Т1ома х1аваъ цоьстуш, ц1еххьана стигалахь гучуделира к1айн куьйра. Котаман цунах б1аьрг кхийтира.

Т1емаш дусийна, гондахьа а хьийзаш, котамо к1орнеш сихдира:

- Кхур-р-р-р-р-ракх! Кхур-р-р-р-ракх!

Довдалаш, куьйра дог1у шуна!

Довдалаш, куьйра дог1у шуна!

Цо шен к1орнеш кхалора к1ел дигира. К1айн куьйра?

К1айн куьйра царна т1ехула хьийзаш, гуо а тийсина, шена кхин ижо лаха д1адахара.

Сайт управляется системой uCoz