Лом
Ц1оькъалом
Борз
Чаг1алкх
Цхьогал
Ча
Нал
Акха цициг
Хьуьнан акха цициг
Эрзашкара цициг
Пхьагал
К1айн пхьагал
Лаьттан пхьагал
Тарсал
Оьпа
Хаьштиг
Дингат
Зу
Акха сту
Акха
газа
Лу
Масар
Сайгак
Г1ела
Сай
Боккха сай
Оьрсаша лоьмах "Лев" олу. Майра а, ницкъ болуш а экха ду иза. Аккхаройн паччахь ду олу цунна. Лоьмо мохь тоьхчи цуьнан ц1ог1анах кхералой д1атоь акхарой. Боьршачу лоьман кхес хуьлу лергаш т1е кхаччалц г1ортан т1ехь. Кхин д1а а дег1а т1ехь лоха а, луьста а, морса чо хуьлу. Деха ду цуьнан дег1. Корта боккха бу. Ц1ога деха а, жимма охьадирзина а ду, йоьххьехь к1ужал а йолуш. Стечу лоьман кхес ца хуьлу. Дег1а т1ехь цхьабосса лоха а, луьста а, морса а чо бу цунна.
Лоьман к1еза шиъ хуьла дукха хьолахь. Лом т1ехьаьжчи эсала хеташ экха ду.
Оьрсаша ц1оькъалоьмах "Тигр" олу.
Вайн Кавказан лаьмнашкахь цхьана хенахь хилла ц1оькъалоьмаш. Х1инца уьш тосалуш дац.
Иза онда а, ницкъ болуш а, майра а экха ду. Дег1 деха ду цуьнан 110-180 см, ц1ога 80-110 см. Настарш йоций а, стоммий ю цуьнан. Чо луьста а, боца а бу. Ц1ока сирла а, т1ехь т1едарчий долуш къорза а ю. Бос кхоьлано можа бу, томмаг1наш мокха ду.
Ц1оькъалом хуьлуш долу меттигаш: <...>
1аннашкахь, аьрцнашкахь,
т1улг1ийн берд<...>
зан лаьмнашкахь, къилбехьа
Туркменин<...>
хьа Бабатаг а, Актау а лаьмнашкахь хуь
<...>
Иранехь, Афганистанехь, Пакистанехь а ду <...>
Церан
даар сеш, лунаш, масарш, акха <...>
чий. Олхазаршна таллар к1езиг ду
церан. <...>
цара ижу лахарна. Доладелла лелар меллаша
<...>
тахь ца лела ц1оькъалом. Дитта т1е а далало <...>
къашка
хьала а долу, мел ирхе йолуш т1улган <...>
Ижо лахар к1елхоий ларош, я
т1аьхьа долий экк <...>
Бен ламанан чхарашлахь, херонаш йолчохь хуьлу
цуьнан. Декабрехь, январехь оре дог1у уьш. Ц1оькъалоьман к1еза шиъ хуьлу. Диъ
к1еза деш меттиг а хуьлу.
М1айстахь, Алкунехь, Маьлхастахь тосало ц1оькхалом.
Барзах оьрсаша "Волк" олу. Вайн халкъо олуш ду майрачу стагана "борз санна майра", х1ума лачкъош а, ядош а волчунна "Ка тухуш борз ю" олу. Туьйранашкахь цхьогале х1илланца борз 1иэхайойту. И иштта а дац. Борз а ю шеначулла х1ума хууш.
Цхьацца тайпа акхарошна шайн-шайна езаелла меттигаш хуьла: г1амарш, еса аренаш, цанаш, лекха ламанаш, хьаннаш, хин бердан йистош, раьг1наш, тог1еш и д1. кх.
Берзалойн, езаш кхастийна меттигаш яц. Уьш лекхачу лаьмнашкахь а, лахарчу аренашкахь а, хьаннашкахь а, раьг1нашкахь а, г1амаршкахь а хуьлу. Бакъду яккхийчу хьаннийн к1орге ца еза царна, цигахь ижу лаза хала долу дела.
Борз евзашвоцчунна доккхачу ж1аьлех кхасто хала ду. Бакъду башхонаш ю барзаний, ж1аьлиний юккъехь. Берзан ц1ога текхаш ду, лергаш нисса ирахь лаьтта, я жимма т1ехьа дийша дой а хуьлу. Ж1аьлин санна охьакегделла кхозуш ца хуьлу берзан лергаш. Берзан само ч1ог1а ю. Ижо лахар лергийн самонца хуьлу цуьнан коьртачу декъана. Масала, хьакхин херсино мохь хьаькхчи, я эса 1аьхчи шиъ-кхоъ километр генахь хеза барзана. Елла бежана хьожанах ца хаало барзана, цунна т1ехула хьийзачу кхийгийн г1овг1анах хаало. Барзана, набкхетта йоллушехь хеза мохо декъа г1а хьадичи а, коган тата а. Йижна уьллучу барзана тоса ца луш т1е ца вахало, кхин долчу акхарошна санна. Барзана дийнахьчул дика го буьйсанна са. Цундела буьйсанна адамах къаьхкина гена ца йолуш, гергахь, къайлайолий д1алечкъа иза. Дийнахь адамах къаьхкий генайолу. Аьхка лорах хьожа йокхуш ца лацало барзе ижо. Пхьагална т1аьхьа едчи, иза коьллашна юкъа а иккхина къайлаяьлчи дан х1ума доцуш юьсу борз.
<...>экха ду борз. Адамах шена кхерам бе-
<...> на.
Таллархочух къаьхка иза. Амма ке-
<...>къахочуьнца, я бежа1уьнца
эвхьаза хуь-
<...>
<...>амах кхерар, къахкар х1ун ду а ца хаьа.
<...> цуш хилчи
хаьа барзана. Цунах х1умма а
<...>ш, жа юккъера схьа а лоций, уьстаг1
буьгу цо.
<...> на карара д1абоккхуш меттигаш а хилла,
шена
<...>жа1у вуйла хиъчи. Барзо юьрта чу йог1ий
<...> ,
уьстаг1, я уьйт1ара ж1аьла дуьгуш меттигаш а
ху<...>
Барзо ижонна толлу оцу меттигашка а, гондахьа долчу 1аламан хьелашка а хьожжий. Цхьаъ ша хилчи барзо лечкъаш, тебаш герга а йоьдий лоцу ижу. Берзалойн арданго ижу кхечу кепара лоцу: я гондахьа йолий го бой, я цхьаерш к1ела а ховший,вукхара т1етоллуш. Ж1аьлина тешнабехк бо барзо. Иза уьйт1ахь, кертахь долу меттиг а лохий, ша цунна гучуйолу борз. Жйаьла шена летчи, ша кхераелла моттуьйтуш хьалхара йоду. Ж1аьла цунна т1аьхьа долу. Дех кхерам боцчу метте гена яьлчи, ц1еххьана доьхьал а йоьрзий, ж1аьла хьакхадо барзо. Иза ден а доьй д1ахьо.
Борз гураца лаца а хала ду. Елла 1уьллучу бежанна т1е ца йог1у борз шена цхьа жимма а шеко хилчи.
Борз говрийн реманна а, я бажа белахь цунна а юкъаэккха ца яьхьа. Бажо, гоъмаш вовшах а тухий, мо1ийн керт доьхьал х1оттайо цунна. Говраш, кортош чоьхьа а долуш, мийраш барзехьа берзабой, д1ах1уьтту. Мел дуккха го тийсичи а, и дуьхьало ца юху церан. Борз кхин дан х1ума доцуш д1айоьду. Цундела бежна, я говр, ша ца гуччу юьстахйолу ларйо цо.
Т1аьхьа 1у воцуш дисначу жана юкъа лелха берзалой. Ка а етташ уьстаг1ийн дуьмеш хедадо цара. Т1аьхьа 1у воцуш долчу жана цхьана борзо а до доккха зиэ.
Йоккха ижо хьалха нисъелчи къиза йоь берзалойн арданго. Масала боккха сай цхьана барзе бе ца ло. Арданг т1аьхьаяьлчи ка етташ жижиган поттанаш йохуш божабо иза.
Иштта ижонна т1аьхьаевллачу берзалошна шайна юккъе цкъа а, шозза а топ тоьхчи а ца хаьа, оцу ижонна шаьш дечух маслой.
Шаьш дийначу экханах жижиган потта к1езашна хьо берзалоша. К1езий 1амош царна а гойтуш вовшахйоккху берзалоша сайгак а, газа а, пхьагал а. Т1аккхахула, ижу д1аядалур йоцуш лаза а йой, к1езашка шайга вовшахйоккхуьйту.
Берзан к1езий кегий йолуш ц1ийза, латар, уг1ар доцуш. Берзалой уг1у суьйранна а, я буьйсанна, я сатоссуш. Дийнахь борз ца уг1у.
Кхиъна онде евлича, бенара г1овттий, кхерсташ лела берзан к1езий. Цхьана
метта ца совцу уьш. Ша ижонна яхна леллачуьра к1езашна юха т1ейог1уш, уьш мичахь
ю хаан уг1у борз! "1ав-в-в, ву. Вов-вов". К1езий йоккха г1овг1а йоккхуш
доь<...>
захь дукха хуьлу церан аьзнаш: ц1ийзар, летар,
у<...>
Нана-барзо ч1ог1а лардо шен к1езий. Ада<...>
дог1ийла
хиъчи к1езий кхечухьа д1ахьо барз<...>
шен бен болчу меттигана гергахь
адам тосаде <...>
боккху цо. К1езий к1елхьара даха аьтту боцу
<...>
леш т1екхаьччи а, кхин кхерам т1ех1оьттича а
<...>
К1езий ондеевлича дас, нанас шайна юххе<...>
ла
1амайо.
Дорцах тилла арахь висна а, цхьаъ ша некъе <...>
стагна барзо зиэ
до. Барзо стаг вийна а, виъна а, меттигаш дукха ю. Берзалойн арданг т1е1оттаелчи
царех к1елхьаравала аьтту боцуш вуьсу стаг карахь герз дацахь.
Оьрсаша чаг1алкхах "Шакал" олу. Барзах тера ю иза, цул дег1ана жима хилар бен башхо йоцуш. Бакъду ц1ока берзачул сирла ю цуьнан. Олхазарш, дехкий, моьлкхарчий, кхин йолу садолу х1умнаш йоу чаг1алкхаша. Таллархо тосавелчи ларво чаг1алкхо, т1аьхьара д1а а ца йолуш, ша тоса ца йолуьйтуш. Таллархочо акха котам, бад, я лекъ и тайпа х1ума топ а тоьхна йийчи иза т1екхачале лачкъайо чаг1алкхо. Яах1ума чохьйолу т1оьрмиг таллархочо охьабиллина битчи, чаг1алкхо д1ахьо. Уг1ар тамашена ду чаг1алкхан, цкъа ж1алех уг1у иза, т1аккха бер доьлхуш санна ека.
Цхьогалах оьрсаша "Лиса" олу. Цхьогалаш дуккху а мехкашкахь хуьлуьш ду Европехь, Азехь, 1америкехь.
Иштта Генарчу Къилбаседера, Къилбе дозанашка кхаччалц болчу вайн махкахь а ду цхьогалаш. Уьш хуьлу ламанашкахь а, генарцу цанашлахь а, хин тог1ешкахь а, г1амаран аренашкахь а. 1аьмнаш дочу метте а кхочу уьш хин олхазаршна тебаш.
Цхьогал массо а адамашна девзаш экха ду. Иза туьйранашкахь а дуьйцу. Цунах лаьцна кицанаш ду, баснеш ю. Дийцашкахь а, туьйранашкахь а цхьогал х1иллане, хьекъале гойту.
Таллархоша гобина к1елхьарадала аьтту боцуш дисна цхьогал. Цхьана аг1ор екъчу бацах летта йогуш ц1е хилла. Вукху аг1ор дог1уш хи хилла. Кхин даха меттиг боцуш дисчи, хи чу иккхина цхьогал. Цигга дуьхьал хьаьлхина таллархойн ж1аьлеш. Цхьогал хи чуьра хьала а даьлла, дега ца луш, ц1арах чекх иккхина. Ц1арах чекх а иккхина, ткъех метар дехьа даьлчи таллархошкахьа юха а хьаьжна, дега а делла, дедда д1адахна цхьогал.
<...>ж1аьлеш т1аьхьадевлла ша эккхийчи шен лар яйа
<...> а.
Лай т1ехула лар юьтуш ца доду иза. Шен лорах
<...> ваккха пхьагалан
лорах доду иза, я шен шир-
<...>йлехь цхьана метта хьийзаш гобоха,
басеш-
<...> кахь шалха, кхолха лар йо цо. Эккхийна
<...>у
т1ехь, гондахьара меттигаш гунйолчу мет-
<...>хьогал.
<...>а
х1ума хаа лууш хуьлу иза. Стаг хьуьнах чу
<...>ххье тебаш д1адоьду
цхьогал, цо х1ун леладо
<...> ахь 1уьллуш аьчкан г1утакх, я кхин тайпа
х1ума гичи, цунна го а тесна х1ун ю ца хьожуш д1а ца доьду иза.
Адамашна герга г1орта а даьхьа цхьогал. Шен ка яьллачхула нехан буьн чуьра котам а хьо цо. 1аьнан заманчохь, мацделчи, эвла йисте д1акхиссинчу кхеллешна юккъехула хьийза иза шена яа х1ума лоьхуш. Цхьогало дехкий а, лаьхьарчий а, моьлкъарчий а, ц1азарчий а, олхазарийн к1орнеш а, церан тойнеш а, лаьттахь тойна даккха хиъна олхазарш а доу. Наггахь цуьнан аьтту хуьлу къорза-къиг, кхин долу олхазар лаца а. Къорза къийгаш цкъа лаьтта ховшуш, т1аккха диттан гаьн т1е ховшуш кхерстачу хенахь текхаш, тебаш царна гун долу герга а доьдий, делла муттуьйтуш, когаш д1а а хоьций, охьадуьжу цхьогал. Къийгаш цунна го туьйсуш герга г1урту. Б1аьргаш мала коьртехьа йолу къиг. Циггахькаде катуху цхьогало. Х1урдан йистошкахула тулг1еша юьстахтесна ч1еран к1орнеш а йоу цхьогало, хьаьъначу хи чуьра ч1ара а лоцу. Цо юуш мел йолу х1ума билгалъяьккхичи, цо ца юуш х1ума ян а юй техьа олий хета. Хасстоьмаш, стоьмаш боу цо.
Цхьогалан дахка ловзош сакъерало. Дехкан 1уьрга т1е лерг а дуьллий, ладуг1у цо. Т1аккха и меттиг охку. Дахка гучубаьлчи, когаца ирах а кхуьссуш ловзабо, хьалакхоьссанчуьра охьабогг1ушехь д1акхоллу. И ловзар сахьташкахь дахло цуьнан. Цхьогал цхьана меттехь мотт лоций деха. Яйчу йортахь го туьсу цо ижонна. Лаьттах чу охкий, кечбо цхьогало шен бен. К1орнешна к1еда мотт буьллу. Цу чуьра къайлах хьаладала генна дйа шиъ-кхоъ 1уьрг доккху цхьогало. Бена чохь к1ур бина и бен ларо таллархо х1оьттичи, къайлах даьккхинчу 1уьргехула арадолий, д1адоьду цхьогал.
К1орнеш дуккху а хуьлу цхьогалан, иттанге кхаччалц. Х1ума дукха йоу цара, сиха кхиа а кхуьу. Церан нанна хала хуьлу уьш кхаба. Царна напг1а латто г1ерташ, садо1у хан хила а ца хуьлу нанна. Цхьа йоккхо ижо кеа еъчи иза к1орнешна хьалха а юьллий, маьлхе а долий охьадуьжу цхьогал. К1орнеш кхаба г1ерташ ницкъ хуьлий азло иза.
Цхьана тамашийначу озаца йоьху цхьогало шен к1орнеш шена т1е. Доьхьала жоп луш изза до к1орнеша а. К1орнеш, ловзачу хенахь нанас ларйо. Жимма а кхерам болуш шеко кхоллаелчи нанас хаам а бой, 1уьрга чу ловчкъа уьш.
Нагахь санна лартоллачу ж1аьлина шен к1орн <...>
и т1ехьаьдчи оцу
ж1аьлина 1инткъаш а йой, иза<...>
ца кхачийта, ж1аьла шена т1аьхьа
доккху цхьогало<...>
Хаза ду цхьогалк1орнийн ловзар. Нанас
ша<...>
х1ума цхьа хаза б1аьргаш а керчош, "г1иг1" <...>
кхайо
цара. Вовшашца ловзар цицига-к1орн <...>
Вовшех тийсало. Вовшийн ц1ога,
я лерг<...>
цхьаъ керча, вуьш цунна т1е тасало.
К1орнеш к1еззиг онда евлачи, барзо санн <...>
хьалха деъна олхазар
а, жима экха а вовшахд<...>
а 1амайо нанас. Аьхке чекхйолуш, я гуьйре
йолал <...>
г1а лаха 1ема цхьогалан к1орнеш.
Цхьогалан дадар чехка ду. Цундела ижонна т1аьхьа кхуьу иза. Дуккха некъ бало цуьнга. Хи чохь нека дан а хаьа цунна. Дитта т1е а далало иза. Б1аьрса дика дац цхьогалан. Амма х1уманах хьожа кхетар а, х1ума хазар а дика ду. Цъьогалан уггаре а луьра мостаг1 борз ю. Берзалой йолчохь цхьогалийн 1ойла дац.
Цхьогалан ц1окарчий мехала лору. Къаьсттина сира чо болу 1аьржа ц1окарчий. И тайпа бос болу цхьогалаш кхобуш а, кхиош а меттигаш ю вайн махкахь.
Цхьогал шозза пайдехь лерина ду, цо ялтийна зуламе йолу садолу х1уманаш юуш, х1аллакьеш хиларна а, ц1окарчий яларна а. Бакъду, бецан меаш, акха котамаш кхиочу меттехь ларо дезаш доккха къу ду цхьогал. Атта кара 1емаш ду и экха.
Чанах оьрсаша "Медведь" олу. Ча инзаре экха хеташ хилла адамашна хьалха заманахь дуьйна схьа. Чанах лаьцна дукха дийцарш, туьйранаш, кицанаш ду. "Ча санна дера" олуш ду халкъо дарвеллачу стагана. Мацъелчи ча дера хуьла.
Малхбузе Европехь к1езига йисна черчий. Черчий х1инца а йолуш ю Галицехь а, Балкански ахг1айрит1ехь а, Испани лаьмнашкахь а, Швейцарин цхьацца йолчу меттигашкахь а. Германехь, Англехь черчий яц.
Вайн махкахь черчий дуккха а ю. Яккхийчу хьаннашкахь, лаьмнашкахь еха уьш. Юккъерчу Азехь хьаннаш йоцчу лаьмнашкахь а, Кавказан лаьмнашкахь а ю черчий.
Ча адамашна доьхьал кхеташ меттигаш дукха хуьлу. Кхораш лахьо бахна зударий чано кхерош меттигаш а хилла.
Дечке воьдучу стагана хьуьн чухула боьдучу некъа т1ехь 1аш ча гина. "Д1аяла
цигара, сайн г1уллакхе д1авахийта со!" олуш хилла стага, цунна адамийн мотт хууш
санна. Ча, "ахьа дуьйца-
<...>хьаха бацара суна" бохуш санна, шек а
йоцуш, гай
<...>ьоькхуш 1адда 1аш хилла. Шена цигахь 1ен
к1ор-
<...> ча. Стаг доьхьал кхетчи, ведчи а вала меттиг
боцуш
<...> , цунна т1е ца кхеташ, меллаша т1ех а
яьлла
<...>рчу когаш т1е ира а х1утту ча. Ирах1оьттича
<...>
за. Хьалхарчу когашца х1ума хьала а оьца,
<...>чано. Ча стомма ю, ц1ога
доца ду цуьнан, бо-
<...> партала ю. Цхьана кхерамо меттах ца
йок-
<...> йисчи меллаша ду чанан болар. Сих-сиха сеца
<...>
шена напг1а лоьхуш. Кхин долчу цхьана а х1у-
<...>цунна. Бакъду, цхьа
кхерам т1ех1оьттича, я адаман хьожа кхетчи, мара ирах а бохуьйтий, хьожа йохуш
лаьтта иза, корта д1ай-схьай а хьийзош, и хьожа муьлхачу аг1онгахьара схьаеттало
хаа г1ерташ. Жимма а шекъялла, таллархо герга г1ертийла хиъчи д1аэккха ча. Ядар
кхисса а луш жимма пурх а йоьрзий ду цуьнан. Амма ведчи т1аьхьа кхиалур воцуш
чехка йоду иза. Шена цкъа топ тоьхчи, шозлаг1а тоха ца кхуьуьйтуш таллархочунна
т1екхета иза. Мел лекха хиларх дечигана т1е йолу ча, лахарчу г1одца схьалаца
генаш дацахь а. Хи чохь мека дан а хаьа цунна. Мел шуьйра хиларх, неканца хих
дехьа а йолу ча. Гурахь ерстича хи чохь кест-кеста луьйчу иза. Гуьйре шелъелла
хи т1ехь ша бичи и ша бохабой а луьйчу. Хи чуьра ч1ара а лоцу цо. Б1аьррасил а,
лерган самол а ч1ог1а ду цуьнан, хьожанца билгалонаш хаар. Мох болчу аг1ор стаг
цхьа километр генахь хилчи а, хьожа кхета чанна. Стаг гучу а валале цунах
къаьхкий яда а йоду. Шена татанаш хезчи уьш цхьана а хьесапе ца хета чанна, ша
хьожанца х1ума къасто 1емана хиларна.
Ча 1ай набарна д1аюьжу, шен бен чохь б1аьстаяллалц. Шен кога к1ел мотт а хьоькхуш 1уьллу иза. Цундела цуьнан коган айраш дуткъало. Хьуьн чохь мохо орамашца бух доккхуш охьатоьхначу диттана к1елахь а, иза бухдаьккхинчу ор чохь а, йоккхачу дечиган хари чохь а бен а бой юьжу иза. Ча ара ца ялалуш хари чохь йисна карош меттигаш а хилла. Чоьхьа йолийла готта йоллушехь, г1оьртина, халла чоьхьаяьлчи хуьлуш ду цунна и. Ишттачу т1екхаьччи, таллархочунна хала дац ча ен. Т1е дог1анан хиш 1ийдалун меттиг ца еза чанна. Цундела д1айижа кечлуш, т1ехь тхов болу меттиг лоху цо. Наггахь йолчо г1аш-генаш буха а дохкуш к1еда мотт буьллу. Наггахь ерг мотт а ца буьллуш, лаьттан ц1енкъи т1е юьжу. Ча цхьаъ ша хуьлу хари чохь я кхоьчахьа, бинчу бен чохь. Итта-цхьайтта бутт кхаьчна к1орнеш елахь, шен к1орнешца юьжу иза 1аьнна д1а. Ча 1аьнна д1айижар 1аламан хьелашка хьаьжжина ду. 1а деха долчохь дукха 1уьллу юьжий, 1а доца долчохь к1езиг 1уьллу. Къилбехьа долчу мехкашкахь наггахь йолу ча 1аьнна цхьа к1еззигчу ханна юьжу. Къилбаседехь ча дукха 1уьллу южий. Х1унда аьлчи цигахь стомма ло дуьллу, т1аккха цунна б1аьста яллалц даа напг1а дац. Ижо цуьнга лаца ца ло, ткха даьхни наха шешан божлаш чохь 1алашдо. Бенара г1аьттича, йижна 1уьллуш тхьосделла дег1 хеца долуьйтуш ча егало, лаьтта керча. Бакхду, башха иза йоккхаен хьелаш ца хуьлу цунна бйаьстенан йоьххьехь. Дешна д1адалаза долу ло. Г1а далаза йолу хуьн, хьалайалаза буц, боцу хьуьнан стоьмаш...
Къен елла бежна я дахка, изза бен кхин яа х1ума йоцуш меца лела ча. Цу хенахь дера а хуьлу, т1е1оттаелчи кхераме а ю иза.
Аьхка хуьнан стом схьабаьлча г1адйоьда ча. Ма-дезза даар хуьлу цунна. Цундела ча ерста, т1аккха цунна 1а даккха атта хуьлу. Стен чано к1орнеш йо. Шина-кхаа баттахь якхайо цо уьш. Ерстича чано 13-19 сантиметр стомма мохь юьлла барх1 пуьнте кхаччалц 120-130 килограмм. Цундела к1орнеш кийрахь кхио а, уьш кхаба а кхачанан хирхаташ цунна тоьа.
Шиъ я кхоъ наггахь цул сов а хуьла чанан к1орни. Нана ша йоккха елахь а к1орнеш кегийра хуьлу. Кхиъна йог1учу цициган к1орнел бен ца хуьлу уьш. Иштта кегийра ца хилчи 1ай шен бенахь уьш кхаба ницкъ хир бацара ненан. 1а даккха охьа ма-йижжи и к1орнеш хилчи хала хир дацара нанна уьш якхо а, юзо а. Шен г1ора эшначу хенахь, 1а чекхдолуш йо цо уьш. Цундела уьш кхобуш г1елло иза. Чан к1орнеш шелонах ч1ог1а кхоьру. Цундела шайн ненан "кетар" к1ел хьерча уьш. Нанас яь1на т1е а хьовзайой дег1а т1е къуьйлуш шен 1аьнарца йохйо к1орнеш. К1орнеш йинчул т1аьхьа шина баттахь х1ума ца йоу нанас. Х1етте а мега иза шен кийра йиллина мохь хилар бахьана долуш.
Чан к1орнеш меллаша кхуьу. Анде евлича нанас шен бенара ловза ара йовлуьйту уьш. Амма 1уналла до цо царна. К1орнеш ловзу вовшийн лергаш а ийзош, вовшех тийсалуш охьатухарех а леташ. Шозлаг1чу шаре яьлчи а нанас доладо царна,шеца охьа а йийшайо. Таллархо, я маьрша стаг тосавелчи нанас "мохь хьокхий" хаам бо к1орнешка. Ша а, кхерам болчу меттера йодий гена йолу.
Чанан даар дукха ду. Чано буц а йоу, ж1аьли-нускалаш а доу, массо а тайпа хьуьнан стоьмаш а боу, ялта а доу.
Хьарс-хьоча т1ейолий, дитта лестош, шена даа хьечаш эгадо чано. Иштта, бухара кхораш биъна ша яьлчи, кхурана т1е а йолий генаш лестош кхораш а эгобо. Дитт ластийча охьа ца оьгуш болу стоьмаш, генаш шена т1е ийзош кег а деш боу цо.
Кхораш д1абевлича пепнаш а, б1аьлланган б1араш а, ножан б1араш а доу чано. Уьш диъчи ча ерста. Акха никх карийчи и никх а бохабой моз доу чано. Накхарш лелочохь нехан никх бохабой а доу цо моз. Зингатийн барз а бохабой, зингатий а доу цо. Хи йистера т1улгаш керчош т1е-к 1ел а дохуш, цу к1елара н1аьний а кхоьбарчий а йоу. Чано нал а йоь, говр а, бежна а йоь. Иштта ницкъ болуш ю иза.
Нелах оьрсаша "Дикий кабан" олу. Муьлххачу а 1аламан хьелашца тарлуш Малхбузе Европан а, Кавказан лаьмнийн а хьаннашкахь, генарчу малхбалийн тайгехь а, Юккъерчу Азин, Иранан эрз болчу тог1ешкахь а, Тянь-Шанехь а, альпийски цанашкахь а хуьлуш ду и шатайпа экха. Нелана ца езаш меттиг ю, к1орга ло дуьллуш йолу Къилбаседе. Х1унда аьлчи, цунна напг1а латтош дерг лаьттан т1оьхлара чкъор ду. Иза г1орийча а, цунна т1оьхула стомма ло диллича нал кхин напг1а доцуш меца юьсу.
Нал, иза х1инца ц1ахь кхобуш йолчу хьакхарчийн хьалхенах ю. Нелан г1иллакхаш ц1ахь кхобучу хьакхичух тера ду: чехка болар а, уьш масех цхьана а йолуш борз т1ег1оьртича цунна майрра доьхьал х1оттар а.
Нал - ницкъ болуш экха ду. Шен деза дег1 каде леладо цо, лохачу ч1ог1ачу, когаш т1ехь. Шена новкъарло ян герга г1оьртанчу мостаг1чунна каде т1екхета иза. Буьрса экха шена зене дала т1едирзича цунна доьхоьал а х1оттало. Къеначу нелана кхераме доц цхьа а тайпа буьрса экха, цхьа ц1оькъалом доцург. Иштта адам а ду цунна къераме. Оццул ницкъ болуш долу и экха адамо доь герз тухий. Цуьнгара ницкъ, каде хилар, 14 сантиметр, урс санна ира к1омсарш хилар дика хаьа барзана а, чана а.
Нал адамах ч1ог1а кхоьру. Бакъду, чов хилла нал таллархочунна т1екхета. Кхин яха меттиг боцуш йисчи а йо цо адамана доьхьало. Ц1еххьана к1омсар а тухуш т1еэккха иза. Шайн-шайн реманаш хуьлу оцу акхаройн, шайна хьалхаяьлла боьрша нал а, т1аьхьах1иттина к1орнеш а йолуш. Боьрша йоккха нал ша къаьстана лела хьаннашкахь. Стенаш оре йог1учу хенахь реманах схьакхета боьрша нал. Царна юккъера кегийранаш лелхайо цо. Стенаш оре лаьцначул т1аьхьа юха а д1акъаста боьрша нал. Иза д1аяхчи юха реманах схьакхета цо д1акъахкийнарш. Наноша херсеш йичи ондеевлла боьршанаш цхьацца йолий кхерста йолало.
Яхка герга яхчи стечу нело лаьттах ор а доккхий шена бен бо, буц а кхин йолу к1еда х1ума а буха а юьллуш. Херсеш шена т1аьхьа х1иттина юьйлаяллалц оцу бен чохь хан йоккху цо. Нанас ч1ог1а дола до шен херсешна. Иштта къасттина болу доьзалаш цхьана а кхетий юха а тохара санна рема йо цара. Оре йог1учу хенахь боьршачу неларчашна юккъехь боккха т1ом хуьлу. Вовшийн цоьстур яра цара вортан т1ера дуьйна г1ода юккхе кхаччалц чохчам йиллачи санна, к1омсар д1а ца леташ стомма не1 дацахьара. Иза хилар бахьана долуш к1елхьарайовлу уьш 1ожаллех. Бакъду даръелла леттачу церан накхош цистина аьрснаш хуьлу. Ноябрехь, декабрехь стенаш оре йог1учу хенахь, т1амана кечлуш санна стамло церан и "аьчкан" ботт.
Кхерам боцчу меттехь паргг1ат юьйлалой лела неларчий, кортош охьа а охкадой, латта охкуш, бецан орамаш дууш яжа а ежаш. Т1уьнчу меттехь хоттала а 1ам чу а керча уьш. Цхьана х1уманах кхерам болуш шеко кхоллаелчи муц1ар ирах а йохуьйтий хьожа яха х1утту нал. Цо "хуьр-р-р-рюк" аьлла мохь тоьхчи, рема ежачуьра соца, ц1еххьана гулло уьш наной шешан херсешца юккъехь а юьтуш, боьршаниш гондахьа а х1уьттуш. Нагахь санна таллархой герга г1ерташ белахь, ц1еххьана д1алелха уьш бекъа эрз, декъа г1аш, синтарш кегдеш, чехка дур оьций, уггаре а луьстачу хьаннашна, коьллашна юккъехула каде чекхлелхаш оьрнашна, тоьлгашна т1ех лелхаш.
Нал шена кхерам болчу меттехь ч1ог1а ларло. Адамаш д1ай, схьай лелачу некъах т1ех яла дага деъчи муц1ар ирах а йохуьйтий х1аваъ чууьйзуш хьожа йохуш лаьтта иза. Цхьа шеко йолуш х1ума тосаделчи, хьоршам тоьхчи санна тарса а терсий "т1ап" олий йов иза. Оццала каде ду цуьнан д1аэккхар. Диттан га кагдичи а, цхьак1еззиг даьллачу татанах кхералой йоду нал. Оццулла само йолуш экха ду иза. Шен кегийрачу б1аьргашца нелана са дика ца го. Бакъду, хьожанций, лергийн самонций кхастало цуьнга шена кхерамехь дерг, доцург. Неларчий буьйсанна юьйлалой лела. Дийнахь садо1уш йийшина 1охку уьш, адам я экха т1екхачалур доцчу меттехь.
Латта охкуш ор а доккхий цу чу к1еда мотт а буьллий, охьаюьйшу уьш. И мотт, вай лакхахь ма-аллара, декъачу г1ах, бацах, эрзах буьллу цара. Акха 1ежаш, хьаьрса хьечаш, кхораш, стеш хуьлучу хенахь оцу стоьмийн хьаннашкхь еха уьш. Ло диллича эрзан тог1ешка охьайог1у.
Неларчаша юуш дуккху а тайпа х1ума ю: соьналлаш, бецан орамаш картолаш, хьаьжк1аш, хьуьнан б1араш, массо а тайпа хасстоьмаш, стоьмаш, садолу х1уманаш, н1аьний, моьлкъарчий, лаьхьарчий, олхазарийн тойнеш, х1оьаш, к1орнеш.
Ялташна, хасстоьмашна буьйсанна т1е лета уьш. Царна ч1ог1а зиэ а до. З1оьмалгах ца кхоьру уьш. Я татанах а ца кхерало. Гондахьа керт йичи а кхочу уьш ялташна т1е. Керта бухахула охкуш 1уьрг а доккхий чекхйовлу уьш. Йийначу нелан жижиг доу хьакха юуш болчара. Ц1оканах мачийн айраш, доьхкарш до. Цуьнан кхесах шотканаш йо. Нелан херсеш къорза хуьлу, букъа бохалла 1аьржа моханаш а йолуш. Каде хуьлу уьш. Шешан юткъийчу, амма ч1ог1ачу настарш т1ехь, ловзуш, леккха хьала а кхиссалуш.
Доккхачу акха цицигах оьрсаша "Рысь" олу. Кавказехь наггахь бен тосалуш дац иза. Доца дег1 а долуш экха ду иза. Ц1ога хадийчи санна доца ду цуьнан. Дег1ан дохалла 80-100 см. Ц1ога 20-30 см. Шина а аг1ор беснеш т1ехь маж ю цуьнан. Лергаш т1ехь ирах дахана чоьш ду, ма1аш санна хеталуш. Т1ера чо беха а луьста а бу цуьнан. Мехка тесчи санна а хеташ овкъаран басахь ду иза. Чук1ело жимма сирла ю. Жимма 1аьржа т1едарчи ду цуьнан букъ т1ехь а хенаш т1ехь а. Вайн Кавказан лаьмнашкахь, хьаннийн аьрцнашкахь, хин тог1ешкахь хуьлуш ду акха цициг.
Ижонна таллар буьйсанна ду акхачу цициган. Дийнахь д1алечкъа иза диттийн баххьашкахь т1улгийн чхернашкахь, боьрнашкахь. Вуно атта дитта т1е хьаладолу иза. Цо олхазарш а, дехкий а доу. Оре дар февраль баттахь ду. К1орни 2-3 йо. Пхеана т1е кхаччалц еш меттиг а хуьлу. К1орнеш йинчу хенахь са ца гуш б1аьрзе хуьлу. Б1аьраса 12-чу дийнахь дог1у царна, Дас а нанас а до царна дола. Шина шарахь кхуьу к1орнеш.
Акха цициг лечкъана лелаш ду.
1аьса а, Марта а, Гиха а хиш схьадолучохь а Ч1аьнти-Органехь а, Хахалга, К1ериго, М1айста лаьмнашкахь а хуьлуш ду акха цицигаш.
Оьрсаша хьуьнан акха цицигах "Лесной кот" олу. Ц1ахь кхобучу цицигах тера ду иза. Амма цулла жимма онда ду. Дег1ан дохалла 50-75 см. Ц1ога 25-35 см. Т1ера ц1ока к1еда а, чо луьста болуш а ю. Ц1ога томма а, месала а ду. Лергаш а вайн ц1ерачу цициган санна ду цуьнан. Бос, жимма мекха лаьцчи санна, сира бу. Накха а, чукъело а хьаьрса ю. Пурхалхьа букъа т1ехь а, аг1онца а моханаш ю. Цуьнан деха, мокха и томмаг1наш хедда ду. Корта а и томмаг1наш х1иттина къорза бу цуьнан. Ц1оганна т1ехь мокха ч1аг1арш ю. Ц1оганан йоьхьиг 1аьржа ю цуьнан.
Вайн Кавказан ламанан хьаннашкахь хуьлаш ду и акха цицигаш. Цхьаъ ша лела цициг. Дийнахь лечкъий 1а акха цициг дечиган хари чохь т1улган бердашкахь, оьрнашкахь мохо охьатоьхначу диттан орамашна к1ел. Цуьнан даар коьртачу декъана олхазарш, дехкий ду. Кхин йолу садолу х1умнаш а йоу цо. Оре дар февраль-март баттахь ду. Исс к1ирнах лела иза пхора. Къорнеш апрель-май баттахь йо. К1орнешна саго 10-12 де даьлчи. Бен хари чохь я т1улгийн херонашкахь бо цициго. Веданан а, Шелан а, Шуьйта а Ачхой-Мартанан а районашкарчу хьаннашкахь хуьлу и акха цицигаш.
Оьрсаша а "Камышовый кот" олу эрзашкарчу цицигах. Акха цициг ду иза а. Когаш т1ехь жимма лекхо ду иза. Дег1ан дохалла 50-90 см. Ц1ога 20-30 см. Лергаш т1ехь чо бу ирах бахана. Дег1а т1ехь морсо чо бу. Бос можо-мокха бу. Дег1 лахара сирло ду, букъ мокха бу. Букъа т1ехула таь1но мокха сизаш ду.
Уьш хуьлу меттиг: Къилбехьара Ази, Афганистан, Иран, Юккъера Ази, Гергара Малхбале, Африкан цхьана декъехь, Малхбале Закавказехь Копет-Дагахь, Мургабски оазисашкахь, Вахшу, Пянджу, Аму-Дарья,Сыр-Дарья лахенашкахь. Вайн республикерчу Шелковской районехь хуьлуш ду и тайпа цицигаш. Церан лелар буькъчу эрзашлахь, коьллин кондаршлахь бецийн, шочан тоьлгашкахь, х1урдан йистошца, хин тог1ешкахь ду.
Ижо буьйсанна лоха цара. Дийнахь а лела уьш ижонна тебаш. Акха н1аьнеш, котамаш, акха бедаш, г1езаш, лекъаш кхин долу олхазарш доу цара. Олхазарийн тойнеш а дохадо, к1орнеш а йоу. Боларахь лела иза долалой. Дечиг т1е хьала а долу. Ша ор даккхар к1езиг хуьлу цуьнан. Цхьогалан, кхин долчу экхано д1атесна бен схьалоцу цо. Январь-март баттахь оре дог1у иза. К1орнеш апрелехь-июнехь йо. К1орнеш 2-10 хуьлу.
Пхьагалах оьрсаша "Заяц" олу. Пхьагална дукха еза куллан кондарш, ялтийн аренаш, бецан тог1еш, ирзеш долу меттигаш. Дийнахь юьжий 1уьллу иза, буьйсанна ежа. Цуьнан йижар само йолуш ду. Пхьагал санна "стешха" аьлла ду оьрсийн кица. Стешха экха ду иза. Пхьагал ядаро бен цхьана а мостаг1чух к1елхьара ца йокху. Цуьнан мостаг1ий дукха бу: берзалой, цхьогалаш, чаг1алкхаш, акха цицигаш, аьрзунаш, куьйранаш, г1ирг1анаш. Адам а ду цунна кхерамехь. Таллархой ж1аьлешца т1аьхьабовлу цунна. Даа жижиг а, куй бан ц1ока а шиъ пайда цунах хиларна. Буьйсанна едчи а к1елхьара ца йолуьйту пхьагал луьрчу олхазарша. Кхин долчу акхарошна я де, я буьйса маьрша хуьлу. Синтем боллуш набйо цара шешан баннашкахь я тоьланашкахь. Ткъа пхьагал я буса а, я дийнахь а синтем болуш яц. Бакъду, цхьа корматалла ю пхьагалан, шена кхерам белахь а, боцахь а хаьа цунна. Таллархо шен ж1аьлешца лорах т1аьхьа ваьлчи йоду иза. Маьрша стаг юххехула т1ехволуш 1адда юьжий 1уьллу. Варданца я машинашца д1а-схьа лелачу адамех а шена кхерам боцийла хаьа цунна. Буьйсанна юьрта цу а йог1ий нехан керташкахь ежаш лела пхьагал.
Мелла а адамаш дехачу меттигашна герга г1ерташ ду пхьагалийн дахар. Хасстоьмаш бийна меттигаш еза царна. Адамаш дехачу меттехь царна кхераме долу акхарой, масала, берзалой, к1езиг хуьла. Къона беш кхиочу меттехь пхьагалаша стоьмийн дитташна зенаш до. Чкъор дууш стоьмийн г1ад дожу цара.
Пхьагал сиха деба. Шарахь кхузза, доьазза ехка иза. Х1ора моссазза ехка пхиъ я ялх, я ворх1 к1орни йо цо. Нанас к1езиг терго йо к1орнийн. Уггар атталла бен а, я буха биллина бецан мотт а ца хуьлу церан. Йина дукха хан йоцуш, кегийра к1орнеш вовшех а хьаьрчий 1охкуш карайо. К1езиг тосало царна юххехь нан. К1орнеш якха а йой царна юххера д1айоьду иза. Жимма ондеевлича юьйлало к1орнеш. Якхо хан хилчи, нанна уьш церан лорах карайо. Шина, кхаа дийнахь цкъа бен ца якхайо нанас шен к1орнеш. Шура дукха хьена ю цуьнан. Цундела к1орнийн кийрахь налха а хуьлий лаьтта иза. Цунах шина, кхаа дийнахь кхачо хуьлу к1орнешна. Кхузза якхийчи, исс-итт дийнахь, д1атосу нанас шен к1орнеш.
Цхьана а экхана хьожа ца кхета к1орнех. Оцца башхоно ларйо уьш акхаройх. Муьлхха а экха тилкхаздаьлла т1е ца 1оттаделчи кхерам бац царна. Ешшехь сагуш а, т1ехь чо болуш а хуьлу пхьагалан к1орнеш. Кегийра йолуш адамах ца кхоьру пхьагалан к1орнеш. Кара1еминчу пхьагало ж1алийца гергарло а тосу. Цуьнца цхьана кедара х1ума а йоу, дижна 1уьллучу ж1аьлин коьрта т1ехь хьалхарчу когашца вота а туху пхьагало.
Оьрсаша к1айчу пхьагалах "Заяц-беляк" олу.
Вукху пхьагалах къасто цхьа а кхин тайпа башхонаш яц к1айчу пхьагалан 1ай бос хийцалуш к1айялар бен.
Ло диллинчу хенахь акхаройх ларъялан аьтту беш ду цуьнан к1айн духар. Амма ло доцчу хенахь оханаш т1ехь а, шерачу арахь а, мел генара а гуш хуьлу иза. 1ай хьаннашкахь хуьлу к1айн-пхьагал дукхах йолчу хенахь. Аьхка вукху пхьагална санна аренца меттигаш еза цунна синтарш долу хин бердан йистош, эрз болу тог1еш, ирзош, диттийн кондарш.
Вайн Союзехь Европан дакъошкахь къилбехьа Киевски областе кхаччалц а, Азехь Къилбехьа Казахстане кхаччалц а, Малхбалехьа Камчатке, Сахалине кхаччалц а долчу мехкашкахь хуьлуш ю к1айн пхьагалаш. Шаш бечу океанан бердаш т1е кхаччалц йолчу меттигашкахь а хуьлу уьш. Яжа меттигаш хоьржуш, цкъа цанен аренашкахула лела уьш, т1аккха ялтийн аренашкахула кхерста. Стоьмийн бошмашкахь а, хесашкахь а ежа уьш.
Диттийн г1а дужучу хенахь хьуьн чуьра арайовлу к1айн пхьагалаш. Кхин бахьана дац цу хенахь цара хьун тесна йитар, охьаоьгучу г1ан татанех кхерар бен. Охьадоьжначу г1ан патаршлахь олхазарша садолу х1уманаш лоьхуш деш долу "шах-шах" а тоьа царна кхераяла.
К1айчу пхьагалан яжар а ду, вукхуьнан санна садайчи а, буьйсанан цхьана декъехь а. Ткъа, беттан сих сахиллалц ежа иза. Важа пхьагал санна шарахь кхузза-доьазза ехка иза. Вукхо санна х1ора моссазза ехка пхиъ-ялх я ворх1 к1орни йо цо. Уьш 1алаш яр а, уьш юзор а, кхиор а вукхуьнан санна ду.
Цхьа башхо ю к1айчу пхьагалан дахарехь. Къилбаседехь 1 метр к1орга лайх чу йоьлхий баннаш до цара. 1-2 метр латта охкуш лаьттах баннаш а доху...
Оьрсаша лаьттан пхьагалах "Тушканчик" ола. Жима экха ду иза. Лергаш доцийра а, кегийра а ду цуьнан. Лергаш д1ай-схьай саттадо цо. Т1аьхьара ши ког беха а, ницкъ болуш а бу. Хьалхара ши ког боца бу. Ц1ога деха ду лаьттан пхьагала, боьххье месала к1айн к1уж а болуш. Дийнахь шен бенахь 1а иза. Бен лаьттах боккху цо. Буьйсана яжа арайолу иза. Бецан орамаш а, ялта а доу цо, буц а йоу. Болар шен т1аьхьарчу шина кога т1ехь кхиссалуш до цо. Ног1ийн махкахь дукха хуьлу уьш.
Тарсалах оьрсаша "Белка" олу. Тарсал массанхьа а дойзаш ду. Туьйранахь а дукха меттигаш ю тарсал хьахош. Каде а, хаза а ду иза. Диттан гаьннаш т1оьхула цуьнан лелар йоккха исбаьхьалла йолуш ду.
Тарсалаш ехаш меттигаш дукха ю. Полярни гонашкара, къилбехьа, Испани а, Греци а кхаччалц долчу мехкашкахь уьлу уьш. Вайн Советски Союзехь, Малхбузехьа 1аьржачу х1урда т1е кхаччалц а, малхбалехьа Самаре, Свердловске кхаччалц а, къилбехьа аг1ор Алтайхь а. Вайн Кавказан лаьмнашца йолчу хьаннашкахь а, Кореехь а, Японехь а хуьлу уьш.
Тарсалан ц1окарчий,муьлххачу а кхечу акхаройчел а, механа еза ю. Тарсалаш дитташна т1ехь деха. Амма лаьтта охьа диссар а к1езиг дац церан. Лаьтта охьа а эккхий, додий кхечу дечиг т1е хьаладолу тарсал. Лаьттахь яа х1ума а лоху цо. Къайлах адам, я экха тергалдо цо. Шена т1аьхьа ваьллачух къехкаш диттан гена т1оьхула боьххье кхаччалц хьаладолу иза. Кхин д1а даха меттиг йоцуш дисчи кхоссалой кхечу дечиган гаьннаш т1е долу тарсал, я, лаьтта охьа а эккхий, додий хьалха т1е нисъеллачу дечиган г1ода т1оьхула хьаладоду.
Тарсалаш цхьана меттера кхоьчахьа д1акхелха. Кхелхана д1аяхар лаьттахула хуьлу церан, яккхийра реманаш цхьана а кхетий. И рема доьхьал нисъеллачу юьртах а, г1алех а чекхйолу. Церан д1ай-схьай кхалхар гурахь хуьла. 1а буьрса дог1ург хиларан цхьацца билгалонаш тосало царна. Яа х1ума йоцуш шаьш меца юьсург хиларх къаьхкий кхелха уьш кхоьчахьа д1а. Шерачу аренашкахула д1а кхелхаш доккха зе хуьлу царна.
Дитта т1ехь йолчу хенахь царна т1екхача аьтту боцуш хиллачу акхароша доу уьш. Масала, берзалоша, цхьогалаша, дингаташа, оьпарчаша, олхазарша.
Шаьш д1акхелханчу меттехь ялх-ворх1 ша доккху цара. Т1аккха цигара, шаьш хиллачу юха кхелха.
Тарсалийн дебар сиха хуьлу. Д1а-схьа кхелхаш х1аллакьхилар меттах1утту церан, сиха дебар бахьана долуш. Цхьана аьхка шозза хуьлу церан дохкана. К1орнеш кхаанни т1ера иттанне т1е кхаччалц йо. Баннаш дечиган 1еханах до цара, гондахьа г1аш, синтарш а дохкуш. Бен бухара к1адбеш тарсалийн чоьш а хуьлу. Дечагийн хареш чохь а до цара баннаш.
Тарсалийн коьрта кхача бу: хьуьнан б1араш, стоьмаш, стоьмийн х1уш, олхазарийн х1оьаш, ц1азамаш, ж1аьлин-нускалш. 1аьнна д1а1алашдо цара б1араш а, кхин тайпа кхачанан сурсаташ а.
Оьпанах оьрсаша "Хомяк" олу. Ялтийн аренашкахь, нехан хьаьжк1аш юьйчу керташкахь а хуьлуш ю оьпарчий. Оьпа билгал ю чук1ело а, лога к1елхьара а 1аьржачу босахь хиларна. Букх хьаьрса бу цуьнан. Лерган яххаш, беснеш к1айн ю. Т1ехьажарехь стомма а, партала а хетало иза. Амма иза партала яц, каде ю. Ялташна доккха зе до оьпарчаша. Оьг1азе а, майра леташ а ю оьпа. Лата адамана доьхьал а йолу иза. Оьг1азе дарлой, шок а етташ, ц1ийза а ц1ийзаш т1екхета иза стагана. Ж1аьла доьхьал нисделчи цунна хьалха т1е а кхетий, и кхера а дой, йолу оьпа к1елхьара. Т1екхетий цергаш ч1ог1а юхку цо. Уьш д1а-схьа ца йохуш, цергаш йоьхканчуьра дилх цосту.
Адамах къахкаш яц оьпа. Мелхо а уьш дехачу меттехьа герга г1ерта иза.
Оьпа ялта диъна ца 1а. Цхьа пунт хиллал ялта 1ай даа т1аьхьалонна д1ахьулдо цо лаьтта бухахь. Шена чохь 1ен бен баьккхина ца 1еш йиъ-пхиъ чоь кечйо цо. Ялта чудухкуш "амбар", юьжу мотт, х1ума юу чоь, нехаш д1акхуьссийла, хьоштаг1а. Багахь доьлашна юххехь 50 грамм ялта хьо цо. Цхьа кийла ялта 1а1ош 20-зза д1ай-схьай йоьду иза. Цхьа пунт ялта т1аьхьалонна д1адерзош 320-за ялташ дийначу уьрда т1е хьала а йолу, юха 1уьргах чу а йоьду иза. Ши метар к1орга охка ца латта. Цо аьхъканчу 1уьрган дохалла йиъ метар, ах метар хуьлу. Оццулла ч1ог1а болх бан дуккху а хан еза цунна. Шена лиъчи чехка охку цо латта. Яьшки чу йоьллина оьпа, и а хадийна, пена к1елхулацхьаметар, ах метар деха 1уьрг а даьккхина, д1аяханера цхьана буьйсанна. Оьпанан бен шина аг1ор чекхболуш хуьлу. Цхьанахьаша раз чуйоьдийла йокку цо. Вукхазхьашхула нисса хьалайолийла йо. Къоначара чуйоьдийла цхьаъ бен ца йо.
1ай йийшина 1охку оьпарчий. Бакъду, массо а хенахь ца йо цара наб. Х1ума яа самайовлу уьш. 1ай наггахь бенара хьала а йолу оьпа, довхо де деъчи.
Оьпа гурахь кхин долу акхарой санна ч1ог1а ца ерста. Цундела юуш х1ума а йоцуш 1а даккха г1ора ца хуьлу цуьнан. Дехкаша санна 1ай напг1а лаха корматалла яц оьпанан. Ша т1аьхьалонна гулдина ялта доу цо 1ай. Оьпано садолу х1умнаш а йоу. Жима а, доккха а экха дац оьпаночул дукха к1орнеш еш. Ейтта а, пхийтта а, берх1итта а к1орни йо цо цкъа ехкаш. Ши к1ира кхаьччи к1орнеша шайна къаьс-къаьстана, лаьттах охкуш, баннаш до.
Хаьштигах оьрсаша "Выдра" олу. Деха дег1 а долуш, стомма г1орта а йолуш, боцийра когаш а болуш, деха ц1ога а долуш жима экха ду иза. Дег1ан дохалла 70-75 см, ц1оганан дохалла 50 см. Корта воьда бу цуьнан. Лергаш халла бен гуш дац. П1елгашна юккъехь пардош ду. Хи чохь нека дан аьтту бо цара. Букът1ера ц1ока таь1ночу албасахь ю, чук1ело сирла ю цуьнан.
Вайн Къилбаседа Кавказехь а, Закавказехь а, Малхбузехьа Иранехь а хуьлуш ду уьш. Церан дахар ламанан хишца, чалхаш йолчу меттехь, Теркан йистошца ду.
Адамех къахкаш а, ларлуш а экха ду иза. Буьйсанна ч1арх аьлла лела иза. Дийнахь а лоха ца ижу. Хи чохь нека дан хаьа цунна. Хи буха лечкъана дуккху а даллало иза. Лаьттахула лелар меллаша а, партала а ду цуьнан.
Ч1ерий а, пхьидаш а, хица хуьлуш йолу садолу х1умнаш а йоу цо. Бердах 1уьргаш а дохуш до цара баннаш. Хи йисттера дуьйна бердаца хьала доккху цо лаьттах 1уьрг. Бен бечу меттехь мох кхетийта а, садо1а а меттиг йоккху цо. Ши шо даьлчи кхуьу цуьнан к1орнеш. 1а доьлчи оре дог1у уьш. Шина шарахь цкъа йо цара к1орнеш 2-3. Цхаьна шарахь 1алашйо уьш нанас а, дас а.
Хинан хаьштигаш долу меттигаш билгалъевлла ю. Масала: Мартан хица а, Бумматал лакххьа Ц1иэчу Акка кхаччалц, 1аьсца а, Органца а, Каргалинскехь саьнгарш яьхна хиш долчу меттигашкахь а.
Дингатах нохчаша "ц1ецайоккхург" олу. "Дингат" аьлла цуьнан ц1е яьккхича иза кертара д1айоьда олуш ду. Цундела иза кертара д1а ца яхийта "кхобу" цуьнан ц1е. Иза кертахь хилар пайдехь хета адамашна. Х1унда аьлча, цо мукадехкий а, дехкий а х1аллакдо. Оьрсаша дингатах "Ласка" олу. Иза дехо дуткъа дег1 а долуш, дехках тера жима экха ду. Луьстта ира цергаш ю цуьнан. Кегийра кхоьлина б1аьргаш ду. Ша дайанчу дехкийн хье боу цо . Хье биъна дуьзчи а ца1еш дехкий дойу цо, шена т1аьхьало еш. Кхин дахка ца карош ша мацделчи юха дог1у иза, ша т1аьхьалонна дитначу дехкашна т1е. Цуьнан садо1уш хан ян а яц. Буса а, дийнахь а толлу цо дехкашна. Цхьана дийнахь бусий 10-15 дахка боу цо ша оццулла жима доллушехь. Хаддаза уьдуш леларо мацдо иза. Цундела сих-сиха доу цо и пхьор. Герггарчу хьесапехь 2-3 эзар дахка боь цо цхьана шарахь. Г1одмин такхорана к1елахь карийна 450 дахка. Дингато дойуш гулдина хилла уьш. Дингат керта кхаьчначу меттехь дехкийн х1у дов. Цхьанхьара ша уьш х1аллакдича кхоьчахьа дехкий долчу д1адоьду и жима экха. Х1усам дехкашкара схьайоккху дингато. Дехкан 1уьрг шор а дой, цу чохь шена к1еда мотт буьллу цо екъачу бецах я ша дайанчу дехкийн ц1окарчех.
Кхоъ, йиъ, иссанна т1екхаччалц хуьлу дингатан к1орни. Цо к1орнеш шарахь моссазза йо хууш дац. Шеран цхьана заманчохь ца йо цо уьш. 1аьнан а, аьхкенан а, б1аьстенан а, гуьйренан а, муьлххачу а баттахь карош хуьлу цуьнан кегийра к1орнеш. Дингато бецан меъ а, лекъ а, кхин долу олхазар а доь г1ортант1ера ц1ий лела пха а хадабой. Г1ирг1ано м1арашца катоьхна дадийчи, шен и г1орта яхъеш, д1акхевдина цуьнан лаг а хадийна дингат цуьнца охьадоьжна меттигаш а хилла.
Цхьана таллархочунна пхьагал уьдуш, готуьйсуш, кхиссалуш карзахъяьлла гина. Цецваьлла иза пхьагало лелочух. Дукха хан ялале пхьагал йоьжна. Таллархо, когаш а хьоькхуш леш йоллучу пхьагална т1евахча, цунна юххера д1аедда дингат. Цо логах а тасаелла лаг цоьстуш холчу х1оттийна хилла пхьагал. Дехкал бен доццушехь иштта шел йоккхачунна а кхераме экха ду иза.
Адамашна зиэделла хилла буьйсанна божли чохь говро мийраш бетташ, синтем байна деш дерг. 1уьйранна хьацар а долий, г1еллой карош хилла говр. "Г1ам ду цунна и ницкъ беш дерг" олуш хилла говр йолчу дас.
Иштта говро сагатдеш хезчи, фонарь а буйнахь чувахча, говр йолчу дена говран кхесса юккъера хьала а яьлла д1айоьдуш гина дингат. Иза кхеса юккъе яьлланчу меттехь, вортанах хьаладевлла ц1ийн т1адамаш гина говр йолчу дена. Говран синтем байна корзахъялар лаа ца хилла.
Зунах оьрсаша "Еж" олу. Цунна дукхаеза бошмаш, хьаннийн йистош, дечагийн кондарш.
Зуно бен бо дечиган хари чохь, дечигийн кондаршлахь, кхеллешна юккъехь, г1ан патаршлахь, коьллийн керта к1ел, я къухашлахь таь1начу меттехь. Буха к1еда мотт буьллу цо, екъа буц, г1аш, иштта кхин йолу к1еда х1ума буха а тосуш.
Зуно кхаанна т1ера барх1анна т1екхаччалц к1орнеш йо. Зунан к1орнеш ирча хуьла, са а ца гуш, т1ехь чо а боцуш, ерзина. Нилхха к1айн, к1еда к1охцалий хуьлу цунна т1ехь. Шен бен цхьанна тосабелчи к1орнеш кхоьчахьа д1ахьо зуно. К1орнеш дукха ца 1а шайн ненаца. Ши бутт кхаьччи шаьш йовлий юьйлало уьш. 1аьнна кечам бан ца хууш 1ай ледарчу хьелашкахь юьсу к1орнеш. Цундела уьш дукхах ерш шелонна ле. Шийла 1а деъчи яккхийрнаш а ле шелонна, 1аьнна чукъовлаелла яцахь.
Б1аьста, 1аьнан х1усамера арайолий, йолало зу, шелонаш д1аевллачул т1аьхьа. Итт градус йовхо хиллалц бенахь йижина 1уьллу зу.
Дийнахь, малхехь йох а луш йижна 1уьллу зу, буьйсанна ижу лохуш йолало. Ижо лахар бен гондхьа долчуьнан бала кхочуш яц иза. Б1аьраса дика дац цуьнан. Меттах а ца вуьйлуш 1адда лаьтташ волчу стагана когаш к1ел схьайолу иза. Шен и муц1ар когарчу мачех д1а1оттаелчи хьоршам а тухий, муц1ар к1ел а хьош, д1ахьаьрчий к1охцалийн уьйриг хуьлу. Вист а ца хуьлуш стаг 1адда сецчи юха а йолало иза. Толлачу хенахь нисса д1айоьду зу шена хьалха нисъелл-еллачу х1уманах хьожа а йоккхуш, яй йорт а етташ. Зуно садолу х1умнаш йоу, кхаьсттина чхьаьвригаш. Текхарг а, моьлкъа а боу цо лаца ка яьлчи. Текхарг шех лата доьхьалбаьлчи, иза кхеро, ша лаьттачохь кхисса а луш, маторо санна, г1овг1а йо цо. Т1аккха иза д1аболалушшехь, катухий, ц1ога схьалоцу. Дег1 зунна т1е детташ, к1охцалий 1итталуш текхарг ле. К1охцалах х1ума хьакхаелчи кхоссало зу. Буьйсанна къаьсттина оьг1азе хуьлу иза, лата доьхьал а уьдуш.
Акхачу старах оьрсаша "Зубр" олу. Акха сту онда бу доккха дег1 а долуш; боккха корта а болуш. Дег1ан дохалла 300 см ю. Мунда йолчохь локхалла 185-200 см. Цхьа тонн гергга ю цуьнан йозалла. Мунда, к1есаран к1ог т1ера букъа юккъе кхаччалц, хьаьвзина еха а, лекха а ю цуьнан. Т1аьхьарчу когийн голош т1екхаччалц бен кхин деха дац цуьнан ц1ога. Ч1ениг к1елара дуьйна г1ода юккхе кхаччалц беха а, хьалхарчу когийн голаша т1екхаччалц охьабеъна а бу цуьнан накха. Коьртан туьтан т1ехь а, хьаьжаюккъехь а, г1ортан т1ехь а, хьалхарчу некха т1ехь а луьста а, беха а, хьийзина а чо бу цунна. Вукхузхьа дег1а т1ехь лоха а, морса а чо бу. Стеран а; аьттан а бухера томма а, йоцийра а, ира а ма1аш ю. 1ай бос жимма ц1елла етталуш моккха бу. Аьхка хьаьрса бос оьцу цо.
Акха стерчий а, акха хьелий а Ставропольский крайхь а, Краснодарский крайхь а, Г1ебартойн, Балкарийн махкахь а, вайн Нохч-Г1алг1айн махкахь а ду.
Ахка бежнаш лам чохь хьаннашкахь деха. Тобанаш йой лела уьш, шайн-шайн доьзаш а болуш, 15 а, 20 а корта хуьлу цхьана г1еранахь. Аьхкенан заманчохь 1уьйранна а, сарахь а дежа уьш. 1ай дийнахь дежа. Буц а, диттийн г1аш а, дечагийн чкъоьрнаш а дууш дежа уьш. Августехь-сентябрехь оре дог1у. Май-июнь баттахь эсий до цара. Эса цхьацца до. Шиъ эса деш меттиг а хуьлу. Шина шарахь цхьа эса до атто. Цхьана шарахь эса дичи, вукху шарахь 1ахара лела етт.
Вайн республикехь 40 сов бен дац акха бежнаш.
Акхачу газанах оьрсаша "Дикая коза" олу. Боьршачу вай "бож" олу, оьрсаша "Тур" олу.
Лекхачу ламанан даккъашкахь, т1улган, мокхазан бердашца инзаречу меттигашкахула лела иза. Адам цецдаллал каде юссу бож ламанан даккхашкара охьа чу. Шен берг д1атассал меттиг хилчахьана тоьа цунна лекхачу бердаца кхиссалуш хьала т1е яла а, охьа чу йосса а.
Акхачу газанан к1орнеш а хуьлу иштта каде. Газанан к1орнех боьхьигаш олу. 1инах охьа чу иэгарна кхераме меттигаш дукха ю ламанца уьш лелачу меттехь.
Акха гезарий ларъяла хууш ю. Шайн-шайн раьг1наш хуьлу церан бож хьалха а йолуш. Б1аьрг сирла а, лергашца само йолуш а ю уьш.
Ламанан акха бож дег1ана йоккха ю. Коьртаца йог1уш шен барамехь ю цуьнан г1орта дукха юткъа а, томма а йоцуш. Дег1ан дозалла 75-80 килограмм ю цуьнан. Когаш дукха лекха а бац, амма ницкъ болуш бу. Вайн ц1ахь хуьлуш йолчуьнан санна т1иэхьа йирзина яккхийра ма1аш а, ч1ениг к1елахь маж а ю цуьнан. Ц1ога доца ду. Газанан ма1аш бежачул йоцийра а, юткъий а ю. Бос таь11ана ц1иэ бу. Букъ т1оьхула 1аьржа арс боьду цунна, г1ортан т1ера ц1оганна т1е кхаччалц. Изза томмаг1а белшаш т1ехь а ду. Корта жимма ц1оьлла етталуш 1аьржачу басахь бу. Оцу бассахь ю маж а. Чук1ело к1айн ю. Лахара настаран даккъаш 1аьржа ду цуьнан, т1иэхьара бергашна т1е кхаччалц к1айн ду. Т1ера ц1ока беха чо болуш морса ю.
Уьш хуьлу меттигаш: Акха гезарий Жимачу Азехь а, Эгейски г1айренашкахь а, Критехь а, Малхбузехьа Афганистанехь а, Къилбаседа Малхбузехьа Индехь а вайн Кавказехь а, Дег1астанехь а, Арменехь а, Гуьржийн махкахь а, Азербайджанехь а, Туркменин лаьмнашкахь а хуьлу. Вайн Нохч-Г1алг1айн республикехь акха гезарий йолу меттигаш Ч1аьнтин-Орга, М1айста, К1ерино, Ацунт1а, Шаройн-Орга Сандухой, К1ачу ю.
Акха гезарийн яжар ламанан даккъашца ду. Диттийн кондарш а, буц а йоу цара.
Реманаш йой лела уьш. Цхьана реми чохь итт а, ткъа а, ткъей итт а, шовзткъанге д1акхочуш а хуьлу уьш. Яжар 1уьйранна, сарахь дика ду церан. Де довхачу хенахь руьтахь йийшина 1охку уьш нахарш а дохуш. Гезарий май-июнь баттахь ехка. Цхьацца а, шишша а боьхьигаш йо цара.
Акха гезарий к1езиг ю вайн махкахь. Уьш яйар дихкина. Уьш ларо еза.
Лунах оьрсаша "Косуля" олу. Когаш т1ехь лекха ду иза. Г1орта еха ю цуьнан, корта жима бу. Дег1ан дохалла 100-155 см. Мунда йолчохь локхалла 75-100 см. Дозалла 20-30 кг. Бат жима ю цуьнан. Лергаш шуьйра а, деха а ду. Ц1ога, халла бен ца къаьсташ, доца ду. Боьршачу лун ма1аш ю 3-5 га долуш. Дег1ан бос цхьаъ бу, аьхка, ц1оьлла етталуш, хьаьрса, 1ай сиро бос хаалуш мокха. Чук1ело а, гоа т1ехьа а к1ай ю жимма можа бос а бетталуш. Чо морса а, каглуш а бу цуьнан. Къоначу лун ц1ока къорза хуьлу, к1ай я можа т1едарчий а долуш.
Лу долу меттигаш: Малхбузе, Европан юккъерчу декъехь, Кавказехь, Закавказехь, Къилбехьа Уралехь, Сибрехахь, Казахстанехь Генарчу Малхбалехь, Юккъерчу Азехь ду уьш. Хьун нилха йолчохь а, цанашлахь а, тог1ешкахь а дежа уьш. Къона марг1ал а, г1аш а доу цара, дечагийн ч1енгаш а, буц а, бецан г1овда а йоу, хьуьнан стом а боу.
Аьхкенан заманчохь сарахь, 1уьйранний дежа уьш. 1ай а, кхоларш яьлчи а дийнахь дежа. Аьхка цхьацца долий лела уьш. Важа йолчу хенахьреманашца лела. Август баттахь оре дог1у. Май-июнь баттахь боьхьигаш йо 1-2, кхоъ еш меттиг а хуьлу. Сте лу 14-15 бутт кхаьччи оре дог1у. Боьрша лу кхозлаг1чу шарахь бен оре ца дог1у.
Герггарчу хьесапехь вайн республикехь 3000 лу ду. Ламанца ду уьш, дукхах дерш.
Масарх оьрсаша "Серна" олу. Цуьнан дег1ан дохалла 125-135 см ю. Мунда йолочуьра локхалла 70-80 см. Йозалла 25-50 кг. Настарш лекха ю цуьнан. Г1орта еха ю, корта жима бу. Ц1ога доца ду. Лергаш деха ду. Ма1аш 1аьржа а нисса ирахъяхна, йоьхьигаш ц1еххьана т1иэхьа йирзина а ю. Стечу масаран ма1аш кегийро ю. Масаран бос таь1но хьаьрса бу. К1есаран к1ог т1ера букъ т1оьхула 1аьржа сиз доьду. Шина а аг1ор белаш т1ера чук1ела кхаччалц 1аьржа томмаг1а ду цуьнан. Чук1ело мекханан басахь можа ю. Корта а, лаг а можа ду. Хьаьжаюккъера к1ай а хеталуш. Лерга юххера дуьйна бета йисте кхаччалц 1аьржа шиъ сиз ду цуьнан дехьий, сехьий.
1ай масаран бос хийцало. К1есаран к1аг а, т1оьхулара г1орта а, чук1елара а, т1иэхьа п1ендаршкара а хьаьрса, пханаршкара 1аьржа хуьлу иза, 1аьнан заманчохь. Чо морса а, беха а, буькъа а бу цуьнан. 1ай кхин а бах а ло, букъ а ло цуьнан чо.
Юккъерчу а, Къилбехьарчу а Европан лаьмнашкахь хуьлу масарш, масала Пиринера Балкане а, Карпате а, Жимахчу Азе а, Кавказе а кхаччалц. Кавказийн ламанийн лакхарчу даккъашкахь бен хуьлуш яц уьш.
Акха гезарий санна, ламанан даккъашкахь, мокхазан, т1улган бердашкахь, ламанан басошца цанашлахь ежа уьш. 1ай диттийн ч1енигаш, синтарш бецан г1овданаш йоу цара. Аьхка 1уьйранний, сарахь ежа уьш. Реманаш йой лела уьш. 1ай ламанийн даккъаш т1ера хьуьн чу охьайог1у уьш. Апрель-май баттахь ехка. Боьхьиг цхьацца йо цара, наггахь шишша а йо.
Уьш к1езиг ю вайн махкахь. Цундела уьш яйар дихкина ду.
Оьрсаша а олу сайгаках "Сайгак".
Сайгак адамаш д1акхочучу меттера х1аллакьеш ю. Оханаш дечохь, тракторш, комбайнаш лелочохь сайгакаш хуьлуш яц. Х1инцачул 150 шо хьалха Польшехь а, Манголехь а хилла сайгакаш. Адамаш т1аьхьара д1а ца довлу царна. Жижиг, ц1окарчий хилла ца 1еш, ч1урамах терра ах сирла ма1аш яра адамашна пайдехь. Китайн лоьрийн дарбанашкахь пайдехь лоруш ю уьш.
Украинехь т1аьххьара сайгак 1940-шарахь йийна бохуш ду. Юккъерчу Азин дазонашкахь а, Казахстанан цхьайоьлчу меттигашкахь а дуккху а хилла уьш.Ткъа х1инца Европехь уьш йисна а яц. Азехь а тохарачул к1езиг йисна.
Адамаша кера ерзора йолчу, хи доцчу аренашкахь хуьлуш яра сайгакаш. Царна т1е кхача атта дацара. Цундела дукха ца хуьлура царна т1аьхьа бовла хьуьнар долуш таллархой. Амма бай-латтанаш охуш, баха охьахуьйтуш адамаш герга г1иртина царна. Адамаш герга мел кхечи гатто хилла сайгакашна. Царга таллар дихкина ца хиллехь кхин ткъех шо даьлчи наггахь бен карор яцара сайгак. Царна таллар дехкаро аьтту бина уьш дебийта. Казахстанехь сайгакийн яккхийра реманаш ю х1инца а. Ирча хьайба бу иза. Т1едаьлла ирча теран-дукъ ду цуьнан. Боьрша сайгак ма1аш хиларо жимма куьце ялайо. Ткъа, сте сайгак ма1аш а йоцуш ирча корта болуш ю. Мара лакхарчу балдех т1ехбаьлла бу цуьнан. Ежачу хенахь мара хьалахабабо цо. Б1аьра са а, лергийн само а дика ю цуьнан. Хьожанца а къастало цхьацца хьелаш. Бакъду, таллархойн кхерамах к1елхьара йовлийла дацара церан ларъелчи а, евдича а.
Сайгак лаьмнашка а, хьаннашка а йоьдуш яц. Бакъду, 1аламан хьелашка хьаьжжина хуьйцу цо меттигаш. Цанаш дика йолчу меттехьа д1аг1урту сайгакаш. Сайгако хи молуш гина стаг вац. Цхьа а т1адам хи доцчу меттехь еха уьш. Гурахь вовшахкхетий яккхийра реманаш хуьлу царех.
Сайгакаш кортош охьаохкадой лела. Цундела церан рема генара хьаьжчи жах тера хуьлу. Адамах я экханах б1аьрг кхетчи д1алелха уьш, лакха хьала а кхиссалуш. Ялх метр гена кхоссало сайгак еддайоьдучу хенахь.Говр хаьхкича т1аьхьа ца кхуьу царна. Ворх1-барх1 де бен кхачаза йолчу к1орнина а ца кхуьу говр хаьхкича т1аьхьа.
Май бутт болалуш цхьаъ я шиъ к1орни йо сайгако. Яхка кечлуш буц лекха а, луьста а йолу меттиг лоху цо, к1орни кога яххалц кхаба а, экханах ларо а аьтто болчохь. К1орнеш йинчу хьалхарчу деношкахь нана гена ца йолу царна. 1адда юьжий 1уьллу иза къайлехь. Сов 1уьйранна к1орнеш а якхайой яжа йоьду нана. Цкъацкъа дукха гена йолий буса бен юха ца кхочу. Юхаеъчи к1орнеш а якхайой, царна юххе охьаюьжу нана. Йина кхо-диъ де даьлчи ненаца юьйлало к1орнеш.
Кегийра йолуш адамана кера1ема к1орнеш. Яккхийрнаш шаьш ма-хиллара акха юьсу. Уьш кера ца 1ема.
Оьрсаша г1еланах "Марал" олу. И боккха сай Тянь-Шанехь а, Алтайхь а, Саянехь а, Байкалал дехьа а, Амурски а Уссурийски мехкашкахь а хуьлуш бу. Сеш ду Малхбузе Европехь а, Крымехь а, Кавказехь а, Карпатан лаьмнашкахь а, Беловежскехь а, Днепран лахенашкахь а. Иштта Акании-Ново а, Воронежски заповедникехь, Амуран йистошкахь а 1аламах доьлла сеш.
Г1ела таллархочун уггаре а мехала ижо ю. Китайцийн дарбанашкахь безчу мехала лору г1елан къона ма1аш. Китайхь дешин мехха лоруш хилла уьш. Пржевальски волчу хенахь цхьана г1елан мо1ах деллачу ахчанах мачийттаетт я масийтта говр эцалуш хилла. Стомма дилх, ч1ог1а не1 мехала хилла ца 1аш, г1елан панташ (1) а хилла иштта мехала.
Сен кур бужу х1ора шарахь. Цуьнан меттана кхин кур х1уттуш яхъяла йолало ма1аш. Кур бужу б1аьста март я апрель баттахь. Цу балхо эрча боккху сай. Цхьана баттахь лела иза оцу кепехь. Цул т1аьхьа хьалаяхло ма1аш. Чохчам санна к1еда а йолуш, ц1ий лела пхенаш дуьзна гуш уьш йолчу хенахь хедийчи дарбанна дика ю.
Йоьхьанца къона ма1аш т1ехь ча болуш хуьла. Ма1аш ч1аг1луш кур кхиъна баллалц лаьтта и чо царна т1ехь. Кур кхиъна баьлчи ма1аш т1ера охьадужу и кан.
Г1елано аьхка буц йоу, 1ай декъа г1аш, синтарш доу, берг тухуш лай к1елара екъа буц йоу. Хьайбанна туьха деза. Бацаца, соьналлашца иза тоьаш дац. Цундела г1елаша туьхан латтанаш лоха б1аьста буц хьалаяла тохаелчи.
Г1ела шена кхераме долчу экханах, адамах ларбала хууш бу. Адамах шен б1аьргкхетчи ц1еххьана д1а ца эккха иза. Ша цунна го я ца го хьажа лаьа цунна. Таллархо шена т1е1оттавелча кхерамах бедда гена болу иза. Ша къайле баьлчи и таллархо шена т1аьхьа вог1а я ца вог1а хьожуш соцу иза. Таллархо т1аьхьа ца вог1ийла хиъчи парг1атболу иза. Я меллаша болалой д1абоьду. Шаьш дийшина 1охкучу хенахь, адамах б1аьрг кхетчи, йадда 1охку г1еланаш, кхин д1а цо х1ун до, х1ун дагахь ву хьажа лууш. Стаг шаьш долчухьа т1еволавелчи д1алелха.
Г1еланаш дежа сатесчихьана дуьйна. Де дохделчи дуьйшу уьш шайна кхерам боцчу меттехь. Шаьш гурдоцуш, шайна гондахьа б1аьрг кхаба аьтту болуш меттиг хоржу цара. Масала, гобаьккхина еса майда аре а йолуш, къасттина лаьтта диттийн кондарш. Я ламанан басеш мокхазан берд. Бердах аг1у а тухий дуьйшу уьш. Т1аккха шайна хьалхара цхьа аг1у бен ларо ца деза. Цигахь, нох а доккхуш дуьйший 1охку уьш, делкъал т1аьхьа малх охьаластталц. Т1аккха сарралц дежа ламанан даккъашкаца хьала а оьхуш.
Хьуьнчохь г1елаша садо1у меттиг генаш лаьтта охьакхаьчна долчу доккхачу дитта к1ело хоржу. Х1унда аьлчи, арахьара т1евог1учунна цу к1елахь уьш ца го. Шайна герга г1ерташ верг царна го. Иштта т1ег1оьртанчу кхерамах к1елхьара довла аьтту лоху цара.
Г1ела само йолуш а, хьожа кхеташ а бу.
Г1елашна чуьркаш, горанаш ца еза. Къаьсттина керла ма1аш йовлучу хенахь ца лало цаьрга оцу экамчу мо1а т1е хиъначу чуьрко къовзор. Цундела уьш йовхачу хенахь чуьркаш, горанаш йоцчу ламанан даккъашка хьала доьлху. Цигахь шийла механ х1о хуьла. Иза чуьркашний, горнашний ца деза. Ламанан лахенанашца хин тог1ешкахь, хин берда йистошца хуьлу церан сецарш. Х1унда аьлчи цигахь а хишца шийла х1о хуьлу.
Гуьйранна ламанан баххьаш хержа оьшуш ца хуьлу г1елашна. Сту г1ела г1елашка г1ерг1а сентябрь баттахь. Цо шена т1е боьху г1ела-етт. Т1аьхьа бисна сту, оре беъна г1ела-етт т1амца схьабаккха безаш хуьлу ша санна болчуьнгара. Кхузахь лета уьш. Тоххарлера г1елашка г1ерг1ар а доцуш къин тайпа амалаш къоллало: кхерам тасар, лата кечлуш б1ов бахар, леташ эшначун дегабаам я тоьллачун куралла. Ницкъ болчу г1елан ша санна берг хоржуш терсар. Ханна а, дег1ан а, ницкъана а шега ниссачух лета г1ела-сту. Генара хеза цара вовшашна карраш детташ ден тата. Уьш леттачохь кегйина ма1аш карайо. Летчу заманчохь карраш таса а лой уьш вовшах ца дахалуш шиэ а г1ела мацалла белла карийна меттигаш а ю.
Оре лоцучу хенахь цхьана эра г1елан 6-7 г1ела-етт хуьлу. Буг1анаш уьш къуьйсуш лета вовшех. Тоьллачо шегахьа дерзадо уьш.
1ай шайн-шайн жима бажа хуьлу церан. Г1ела-сту а, шиъ-кхоъ юха а ламанан лахенга охьадог1у уьш шайн кхерстаран некъашкахула.
Г1ела ша сира белахь а цуьнан эса можачу сацкъар басахь хуьлу, дег1ан дохалла можа томмаг1наш а долуш. Цхьана баттахь гергга 1уьллу иза бацалахь дуьжий. Нана цунна дукха гена а ца йолуш ежаш лела. Эса дакхо шен-шен хенахь метта йог1у иза. Ненах декхчи йовхачу а, хьеначу а шурех дузий юха а охьадуьжу эса. Диттин кондаршлахь къаьсташ ца хуьлу иза. Цуьнан дег1а т1ера можа томмаг1наш г1ан патарехь д1аоь. Буьрсачу экханах ларо 1аламо и къайле елла цунна.
Цхьана шарахь сов лела боьрша эса нанна т1аьхьа х1уттий. Шо кхаьччи нанна т1аьхьара къаьста иза. Стен эса шозлаг1чу шарахь а ненаца хуьла.
Оцу акхачу дохнан уггаре а луьра мостаг1 борз ю. Царна кхерам бу акхачу цицигах а, чанах а.
_____________________________
(1) Панташ - къоначу ма1ех олу.
Сайх оьрсаша "Олень" олу. Къилбаседехьара акха сай Тундран, тайган асанца Европехь, Азехь, 1америкехь хуьлуш бу. Къилбехьа йолчу меттигашкахь 1аламан хьелашка а, шеран заманашка а хьаьжжина хуьлу иза.
ХХ-г1а б1е шо долалуш акха сеш долу меттигаш Европан Новгороде кхаччалц долчу декъехь а, Волга хин лакхенашкахь Казанехь а, Кама хин лахенашкахь а, цигара д1а малхбалехьа Свердловскера Новосибирске кхаччалц яра. Ткъа, х1инца къилбаседехьа хьала даьржина уьш. Алтайхь а, Генарчу Малхбалехь а сеш даьржина генна къилбехьа йолчу меттигашкахь.
Къилбаседехьарчу сайн цхьацца тайпа башхонаш ю. Кхечу меттигашкахь церан батош, т1ехь чо боцуш, 1аьржа ю. Ткъа къилбаседехь долчеран батош т1ехь луьстта чо бу. Иза ца хилчи 1ай, лай к1елхьара буц юуш бажа йиш хир яцара цуьнан. Йоккхчу шелоно а, г1орг1ачу лайно а йохор яра батош. Цхьа шатайпа ю цуьнан бергаш а. Шуьйра д1а-схьа яхна ю шина аг1ор сат-бергаш. 1аьнан заманчохь шина берга юккхе морса чо болу цунна. 1ай т1а детташ ло д1а а хьокхуш бежа сай.
Къилбаседерчу стечу сайн ма1аш хуьлу. Кхечанхьа долчийн уьш хуьлуш яц. Х1ора шарахь кур бужу цуьнан а.
Сен докъар аьхка а, гурахь а - буц, ж1алин нускалаш а ду, 1ай - дечиган корсамаш, синтарш, диттийн ч1енигаш йоу цо.
Акха сеш кхаа декъе декъало: тундрехь, хьаннашкахь, лаьмнашкахь. Тундрехь дукхах ду уьш. Цхьана метарал т1ех ло к1орга диллича сай бажа ницкъ боцуш буьсу. Цундела цхьана меттехь дац церан дахар. 1аламан хьелашка хьаьжжина хуьйцу цара меттигаш. И меттигаш хийцар, шетан замане хьаьжжина, Къилбаседехьара Къилбехьа а, Къилбехьара Къилбаседехьа а ю. Къилбаседехь ло бергаца д1а ца хьакхалуш ч1аг1делчи Къилбехьа кхелха уьш.
Хьаннашна юккъехь ло к1орга диллахь а семса хуьлу шерачу арахьчул. Цундела 1ай хьаннашкахь хуьлу церан дажар.
Аьхка йовхо х1оьттича тундре хьала доьлху сеш. Х1унда аьлчи чуьркаший, кхин йолчу садолчу х1умнаший ц1ий молу церан. Царах къаьхкий шийлачу метте кхелха уьш. Шабинчу океанан берда йистошка кхаччалц. Сеш дика дежа хин т1ог1ешкахь. Цигахь дежийлаш дика хуьлу ховха буц а, диттийн кондарш а.
Хьаннашкара сеш б1аьста яьлчи хин берда йистошкахь, хин тог1ешкахь дежа, юха а цигахь механ х1о алсам хиларна. Гурахь уьш хьуьнчу доьрзу ж1аьлин-нускалаш лоьхуш. 1ай цара цигахь корсамаш а, г1овда а, диттийн ч1енигаш а йоу.
Сешан уггаре а дика хьелаш кхоллало хьун йоцчу ламанан даккъашкахь. Цигара ло мохо д1адоккху, малх хьаьжчи деша.
Сешна уггаре а кхераме берзалой ю. Царна т1аьхьа йовлий толлуш лела уьш, цхьана а хенахь синтем хила меттиг ца буьтуш. Цу т1оьхула т1е адамаш а ду царех пайдаэца т1аьхьадевлла. Берзалойх, адамех кхерам массо а хенахь лаьтта царна. Ткъа, йовхачу хенахь чуьркаша, горнаша кхин йолчу садолчу х1уманаша хьийзадо уьш. Церан дебар к1езиг хиларе хьаьжчи дика дисна уьш х1у кхача ца луш. Шарахь цхьа эса до стечу сайно. Шиъ эса дар наггахь бен хуьлуш дац.
Къилбаседера сай адамашна кара1ема. Цигарчу адамаша ц1ахь кхобуш леладо сеш. Уьш д1а а дужу цаьргара шура а йокху. Аьттачул хьена ю цуьнан шура. 18 процент хьоналла ю цуьнан шурица. Ткъа, аьттан шурица 4 процент бен яц. Церан ц1окарчех боккха пайдаоьцу адамаша. Гоьнан меттина к1ела а юьлла, юрг1ин меттана т1е а тосу, цунах т1еюху кетарш а йо, кога юху мачаш а йо.
Оьрсаша боккхачу сайх "Лось" олу.
Хьайбанех уггаре а доккха хьайба ду боккха сай. Шиъ, ах метар лекха а, кхоъ метр деха а ду цуьнан дег1. Шовзткъа пунт гергга ю цуьнан йозалла. Цхьана хенахь Европан, Азин, 1американ хьаннашкахь хуьлуш бара и шатайпа боккха сай. Ткъа х1инца, Малхбузера а, Юккъерчу Европера а х1аллакдина д1адевлла уьш, Швецехь а, Норвегехь а дуккха а долуш ду. Вайн махкахь дукха ю уьш долуш меттигаш. Европехьа долчу мехкашкахь а, къилбаседехь а Черниговски, Киевски областашка кхаччалц къилбехь а, Уралехь а, Генарчу Малхбалехь а, Уссурийски крайхь а ду уьш.
Боккха сай иза хьуьнан хьайба ду. Цхьана меттехь дац церан дажар. Хьаннашца кхерста уьш. К1орга ло диллича, д1ай-схьай лела хала хиларна 1а доккхуш цхьана меттахь совцу уьш. Барх1 а, итт а корта хуьлу церан цхьанакхетта бажа. Шешан руьйта даа г1а а, генаш а долчу метте, хьуьн чохь х1оттайо цара. Толлан чкъор дукха деза оцу хьайбанна. Хьун хьаькхначу меттехь т1ек1ел ехкина дечигаш ерриге а йожу цара д1ай-схьай а керчош. Цундела хьун хьокхуш болчара, г1улчаш а ца еш, шаьш охьа ма-еттара юьту уьш. Аьхка буц цоу оцу хьайбанаша. Къаьсттина дарбане бецаш йоу цара. Ялташна новкъарло а ца йо, адмаша кечдина цхьа а тайпа докъар а ца доу оцу шатайпачу хьайбанаша. Ша мел меца хиларх адамаша бинчу элан холанна т1е ца кхевда боккха сай. Оццала акха бу иза. Цхьаллехь ду цуьнан дахар. Ша цхьаъ къаьсттина кхерсташ 1едал ду цуьнан. Хиш, 1аьмнаш лаьттинчу тог1ешкахь, диттийн кондарш, марг1ал долу меттигаш еза цунна. Адам а, говр а чекхдалалур доцчу 1аьмнашкахула хотталхула атта лела иза. Лекхачу настарша а, шуьйра яьржаш йолчу бергаша а г1о до цунна ишттачу меттигашкахула лела.
Хи дезаш хьайба ду боккха сай. Иза хи буха а лечкъа. Цунна нека дан а хаьа. Уггаре а цуьнан къиза мостаг1ий чуьркаш, горанаш, веччаргаш ю. Горнах ч1ог1а кхоьру иза. Цхьа гора юкъа яьлчи динна бажа бодий х1ора-х1о бола. Чуьркех мозех к1елхьарадала аьтто ло цунна хе. Аьхка дукхах йолу хан хи чохь йоккха цо.
Бакъду, горанах к1елхьара бала аьтту бац боккхачу сен хи чохь а, я екъачохь а. Гора мер1уьргаш чу йоьду цунна къамкъаргашка кхаччалц. Циггахь зирх тосу. Оцу зирхах кхоьбарчий хуьлу 60-70. Оцу кхоьбарчаша ч1ог1а сагатдеш ницкъ бо цунна. 4 сантиметр еха хуьлу и кхоьбарчий. Юха аьхке йоллалц мер чохь а садо1учу къамкъаргаца а тасалой йохку уьш. Церан ачонна "кхахь" бохуш сагатдо цо. Саде1арна новкъарло а йо. Царех садукълой леш меттиг а хуьла. И кхоьбарчий кхиъна евлича д1атасаеллачуьра охьаоьга. Царех, т1емаш а довлий, юха горанаш хуьлу. Цу кеппара оцу хьайбанна массо а ханна мостаг1 ю гора. Кхоьбарчий хи чу эгчи ле. Цундела аьхкенан заманчохь оцу хьайбанийн хи чохь хиларо лаг1до горанийн х1у. Йиъ метар шуьйрачу саьнгарх а ши метар лекхачу кертах а т1ехъэккха боккха сай. Берзалойх х1умма а кхоьруш бац иза. Берзалой гондахьа евлича, дечигах букъ а тухий, д1ах1утту иза. Цуьнан хьалхара когаш шайна мел кхераме бу хаьа царна. Цундела цхьа а борз а юххе г1орта ца яьхьа. Цо цкъа ког тухий борз йоь.
Сибрехарчу таллархойн кица ду, "Чана талла водахь мотт кечбе, боккхачу сена талла водахь каш кечде".
Боккха сай адамах къаьхкаш бу. Бакъду, царех оьг1азъяхна эра буг1а т1е1оттаелчи цо динна обоз о йохайо. Иза а наггахь хилла х1ума ду. Боккха сай ган атта дац. Ч1ог1а само йолуш хьайба ду иза. Эса шиъ до цо х1ора шарахь. Атта кара а 1ема уьш кегийра долуш. Кара1амийна кхиънарш аьхка ворданна а, 1ай салазна а дужуш леладо. 1аьнна докъар 1алашдан а ца деза царна, чудохка божал дан а ца деза. Муьлхха а шело а, дарц а, йочана а лало цаьрга.