Безаман эшарш

1. Меттахь 1илла цомгуш йоцуш,
Ирахь лела могуш йоцуш,
Хьо дуьххьара вевзичхьана
Кхетта лазар д1а ца долу.
Ас 1уьйренаш ч1ог1а ларйо,
Ас суьйренаш ч1ог1а ларйо,
Хьо кхачаре со ма хьоьжу,
Ма-дарра хьоь дагра дийца.
Безам хала цамгар ма ю,
Цунах ваьлларг ваха ца ло,
Со лойла хьан, йина нана,
Со везначух йоккху елахь.
Суьйре йоцуш 1уьйре хир яц,
1уьйре йоцуш суьйре хир яц,
Безам боцуш дуьне хир дац,
Ма яйта соь г1ийла ойла.
1уьйре хир яц бохучара,
Суьйре хир яц бохучара,
Со хьан хир яц бохучара
Хи юхнехьа дерзо деза.
Меттахь 1илла цомгуш йоцуш,
Ирахь лела могуш йоцуш,
Хьо дуьххьара вевзичхьана
Кхетта цамгар д1а ца йолу.

2. Ма белха, сан ши б1аьрг, шу х1унда боьлху,
Ма делха, кийрара дилхи дог, суна.
Тоьур бу заманна соьгара бала,
Стигланаш елхаял, латтанаш дашол.

Ламанах схьадуьйлу и шийла шовда,
И малалур доцуш бала бу кийрахь.
И бабин жима к1ант везначу суна,
Ц1е ели елара кийрарчу дагах.

Сан яхар хир дуй-техь везначух яьлчи?
Со яха лур юй-те кхечуьнга яхчи?
Ас витчи, ца вуьту кийрарчу даго,
Ас витчи, ца вуьту нуьре б1аьргаша.

3. Ахь соьга ладог1ал,
Х1ай дагна везна к1ант.
Дуъненан ойлаел,
Х1ай дагна везнариг!

Малх кхета х1ара дуьне
Доккха ду хьуна,
Кху хазчу дуьнено
1ехаво хьуна!

Шена там ва хилча,
Воьлуш ца тору,
Халахетар ва хилча,
Воьлхуш ца тору.

Цхьа к1еззиг долчунна
Сатухуш тору,
Дуьненан г1уллакхца
Возалуш тору.

4. 1уьйре хаза йог1у аьлча,
Суьйре хаза йог1у аьлча,
Тамашена хета суна,
Со безамах яьлчахьана.

1ехалур ю ца моттара,
Тилалур ца моттара.
Хьол хаза к1ант б1аьрга гичи,
1ехаяла кийча хилла.

Сийна стигла айкхюьлийла,
1аьржа латта теш х1уьттийла,
Суна хьо везаран бала
Хьоь г1а-бецо д1абуьйцийла.

Вай дакъаза ма дала хьо,
Кийрара дилха дог,
Хьуна х1унда везна хилли
Хьайца кхоллам боцу к1ант?

Вай дакъаза ма довла шу,
Сан нур догу 1аьржа б1аьргаш,
Шуьша х1унда хьежна хилла,
Шайга безам боцчу к1анте?

5. Кху хазчу суьйрено ма ойла йойту,
Кху хазчу 1уьйрено ма ойла йойту,
Мерзачу безамо ма ойла йойту,
Мел ярах кхачалац, безаман ойла.

Хьо вита бохуриш ма дукха бу соьга,
Ма вита бохуриш карабац суна.
Ас витчи, ца вуьту кийрарчу даго,
Ас витчи, ца вуьту нуьре б1аьргаша.

Ахьа-м ялор ю хьайн даго къастийнарг,
Хьоьга я-м йог1ур ю, хьо шена везаш ерг.
Ахь зуда ялийна, шу даха хевшича...
Йо дела, яцйойла хьан зама 1ожалло.

Дуьненна готесна можа малх санна,
Ахь сайна готесча, хьо сайн ву моьттара.
Хьо нехан к1ант хилла, со нехан йо1 хилла,
Со доьза лелича, хьо велла волийла.

6. Со яцара хьан, хаза 1уьйре,
Со яцара хьан, хаза суьйре,
Со яцара хьан, даго лехнарг,
Ахь ма генахь йити со.

Хьалахьажий, белха, ши б1аьрг,
Охьахьажий, белха, ши б1аьрг,
Делха хьайна, кийрара дог,
Со безамах ели хьуна.

Аьтто аг1ор ц1е ю, нана,
Аьрро аг1ор ц1е ю, нана,
Везарх йолуш, летта ц1е ю
Ян ца туьгуш, сирлаюьйлуш.

Дег1ан лазар х1ун ду хаац,
Б1аьргаш лазар х1ун ду хаац.
Дера хаац суна-м, нана,
Со безамах ялар дацахь.

Суьйре йоцуш со ца магахь,
1уьйре йоцуш со ца магахь,
Кхин хьо воцуш со ца магахь
Хьан ц1е тиллина кхин лохур ву.

7. Гобаьккхина лам бу ала,
Цу ламанца со ю ала,
Со езначу цу к1орнега,
Со д1айига вола ала.

Со сайн даш т1ехь ю бах ала,
Некъахьовзам хир бац ала,
И воцчуьнга со ца йоьду,
Со д1айига вола ала.

Шийла хьоькхуш мох бу ала,
Мехца хьоькхуш дарц ду ала,
Сайн хьомениг варе хьоьжуш,
Дарцехь лаьтташ со ю ала.

Буто бина ша бу ала,
Ша т1ехь лаьтташ со ю ала,
Ша бохийна хи ца оьцуш,
Сайн хьомениг варе хьоьжуш.

8. Схьакхета дашо малх кхетаза белара,
Чубуза дашо малх бузаза белара,
Ас хьоьга дийцинарг дийцаза делара,
И дийца шо хьалха со елла елара.

Схьакхета дашо малх кхетаза ца болу.
Чубузу дашо малх бузаза ца болу,
Сайн нанас бохуриг ца дичи со ялац,
Кхин лаха, сан к1орни, со г1ийла лелар ю.

Лела-ма лелар ю, лелаза ца йолуш,
Яха-ма ехар ю, яхаза ца йолуш,
Боккхучу когаца вицвина лелар яц,
Еш йолчу ойланца даг т1ера вера вац.

9. Со йог1ура сарахь хит1а,
Хьо хьоьжура соьга шовдан йистехь,
Вайшимма бертахь дагар дийцинарг.
Ма хаза зама хиллера иза.

Ас ца молу шийла шовда,
Ас ца оьцу шийла шовда,
Шовдан коьртехь хьо ца гича,
Дити ас и шийла шовда.

Со ца езна висна-техьа,
Ван ца кхиъна висна-техьа,
Хьо сох ваккха лиъначарна
Бохургхилла висна-техьа?

Хъо сох ваккха лиъначеран
Бохург хилла нагахь виснехь,
Ваьккхича, валлал бен воцчу хьох,
Ас х1ун дора, дагна везнарг?

10. 1уьйре хаза йог1у аьлча,
Суьйре хаза йог1у аьлча,
Тамашийна хета суна,
Со безамах яьлла дели.

Амма, хаьа, ахь со йицъярх,
Хьо вицвина со лелар яц.

1ехалур ю ца моьттара,
Тилалур ю ца моьттара,
Ва хьо хаза к1ант вайчахьана,
1ехаяла кийча хилла.

Амма, хаьа, ахь со йицъярх,
Хьо вицвина со лелар яц.
Вай, ас хьуна х1ун дийр ду,
Сайн мамина х1ун дийр ду?

Хьоьхи яла со ца ло,
Мамех яла со жима ю.
Амма, хаьа, ахь со йицъярх,
Хьо вицвина со лелар яц.

11. Хьо жима волу дела,
Со жима йолу дела,
Вайшиъ жима долу дела
Ши шо зама хан юьллу ас.

1аьржа к1ужал хьалахьоькхуш,
Алла костом д1асалестош,
Урам новкъа вог1уш вайчи,
Цхьаьна шере юьйлу ойла.

12. 1уьйре йог1у хьо ган лууш,
Суьйре йог1у хьо ган лууш,
Дала, к1орни, махе-малхе -
Зама йог1у хьо ган лууш.

Хаза суьйре д1а ма ели,
Сарахь хит1а хьо ца вог1уш,
Кхана сарахь хьо ца ваг1ахь,
Ас вуьтур хьо нийсархошна, -

Аьлла, дагахь ч1аг1о йина,
Шолг1ачу сарахь хит1а яхчи,
1аьржа к1ужал хьала хьоькхуш,
К1орни дара хит1ахь лаьтташ.

13. Де кхоьлина дара алий,
Хьо ца вог1уш ма висалахь,
Де кхоьлина ца хилийта -
Со малхаца кхетар ма ю.

Буьйса 1аьржа яра алий,
Хьо ца вог1уш ма висалахь,
Буьйса 1аьржа ца хилийта -
Со баттаца кхетар ма ю.

Дог1а дог1уш дара алий,
Хьо ца вог1уш ма висалахь.
Дог1ане хьо ваша ца вайта -
Ас косынка лоцур ма ю.

Хьо тхо долчу ма ца вог1у,
Тхо долу меттиг д1атеси ахь.
Хьайн хазаллех куралла еш,
Суна кура ма вийлалахь.

Ца буьллу ас к1орнина бехк,
Билла йиш яц к1орнина бехк.
Буьйса 1аьржа хилла хир ю,
Ван ца ваьхьна висна хир ву.

14. Батталуш бу сан кийра,
Кхардалуш бу сан кийра...
Генара кхойкхуш к1орни лаьтта,
Яхийтур йоцуш нана ю.

Хьалахьажий ойла ел, йина нана,
Охьахьажий ойла ел, йина нана,
Теркал дехьа к1орни дилле,
Сехьа ара охьахаий.

Олу соьга сан нийсархоша
Шайн тахана са ма хьийза.
Шу тахана бен ца хьийза са,
Сан са хьийза дукха хан ю.

15. Везачуьнга

Х1ун бакъо яра сан
Хьо везавала?
Бахьана х1ун дара
Хьох ойла лата?
И ойла сох ер яц дуьне мел доза,
Хьо суна вицлур вац
Со дийна мел ю.

Алахьа, хьомениг,
Со юй хьан дагахь?

Я 1ехаяц со хьан хазчу б1аьргаша,
Доьху хьоь, хьомениг, дийцахьа соьга,
Хьан дагахь х1ун ду-техьа, ас дош ло хьоьга.

Хьо ца гуш де даьлчи,
Магац сан жима дог,
Хьо воцург ца оьшу, кхетахьа, хьомениг.
Д1аяха коьртера и акха ойланаш,
Вайн безам ма ширбе, волахьа безамца.
Т1аккха ас эр ду хьоь, сан деган везар:
"Вехийла хьо ирсе, кху хазчу махкахь,
Даима хьан вахар хуьлийла сирла,
Делахь а хьо везнарг йиц ма елахьа".

Ахь цхьа дош алахьа, тоьар ду суна,
Волахьа, безамца, со ехачу юьрта.
Маржа я1, хьомениг, ма хала бу безам,
Ткъа цул а хала ду хьо воцчохь лела.

16. 1уьйранна кхетта малх
Суьйренга бахча,
Хьайн говр а хаьхкина
Хьо вог1у вайча,
Моьттара, хьомениг,
Хьо сайна вог1у,
Хьо вог1уш хиллера
Дагчу ц1е йилла.
Дависа хьан, дуьне,
Хьо маьлха ва дуьне,
Нахана веана хьо
Хаза нуц ва хилла,
Ткъа суна деа хьо,
Дера борз ва хилла,
Алахьа, хьомениг,
Х1ун дагахь ву хьо?

Стиглара беттаса
Сайна кхетта моьттара,
Лепаш долу седарчий,
Сайна лепа моьттара,
Уьш лепаш хиллера
Ирс долчу йо1ана,
Беттаса хиллера
И шиъ декъалдеш.
Хьо вуьйцу ма боху
Юьртарчу мехкарша,
Хьо кхаьчна хир ву-кха
Ирс долчу йо1ана.
Алахьа, хьомениг,
Хьуна со езий?
Хьуна со езахь,
Х1инца а т1аьхьа дац:
1уьйранна кхетта малх
Суьйренга бахча,
Хьайн говр а хехкина
Хьо вог1у вайча,
Моьттара, хьомениг,
Хьо сайна вог1у,
Хьо вог1уш хиллера
Дагчу ц1е йилла.

17. Йоккха йогуш ц1е хиларах,
Шарах йогуш со хиларах,
Ягийталахь, йина нана,
Ирс дайна йо1 йогу але.

Доккха дог1уш хи хиларах,
Цу хе д1ахьош со хиларах,
Яхьийталахь, йина нана,
Ирс дайна йо1 хьош ю але.

1аьржа латта бух дуьйлур дара,
Сийна стигал т1ейоьлхур яра.
Сайгара бала ас белхийча,
Лекъар дара шийла шовда.

Со пхийтара яьлчахьана,
И нехи к1ант вевзичхьана,
Ма ца дели, йина нана,
Кийрара дог доьлхучура.

18. Схьакхета малх схьакхетале,
Д1абузу малх д1абузале,
Дала, к1орни, дагара дийце,
Дала доллу вайши вовшех.

Малх схьакхетачу дуьнен чохь,
И д1абузучу дуьнен чохь,
Я да ма делара вайши,
Я цхьана делара вайши.

Стиглахула кема даг1аь,
Лаьттахула машен йог1ахь,
Цхьанна йоь1ан везар ваг1ахь,
Ахь хьо вог1ур ву ма баьхнера.

Стиглахула кема деа,
Лаьттахула машен еа,
Массе езарна везар веа,
Амма хьо-м ца веа, нанаяларг.

19. Соьга хьан йиша хила боху,
Хьоьга сан ваша хила боху,
Йиший-ваший хилла лела,
Ма гергара дацара вайша.

Хьоьга со, езар, йита боху,
Соьга хьо, везар, вита боху.
Дезаш, вовшех даьлла лела,
Дезаш, вовшех долу вайшиъ.

Ма ца дезаш дацара вайшиъ,
Ма хьашт доцуш дацара вайша,
Делан йоза ца хиларна,
Долу, к1орни, вайшиъ ковшех.

20. Кху суьйрено ойла йойту,
Кху 1уьйрено ойла йойту,
Ахь соь йойту г1ийла ойла,
Хьан дагчуьра ма йолийла.

Суьйре йог1у, хьо ца вог1у,
1уьйре йог1у, хьо ца вог1у,
Вай хьан яла вина нана,
Хьо х1ун хилла виси-техьа?

Сарахь суьйре т1еян йоьлча,
Нур-дашо малх кхета боьлча,
Аса ойла йора, мама,
Сайн к1орнина х1ун дер бохуш.

21. Хьо сан хир вац бохучара,
Со хьан хир яц бохучара
Къавеллариг къон ван веза,
Мел веллариг ден ван веза,
Хи хьалнехьа дерзо деза.

1уьйренийн къа хила хьуна,
Суьйренийн къа хила хьуна,
Со, лееш, лелаярна,
Дуьненан къа хила хьуна.

1уьйренна машен йог1уш,
Суьйранна машен йог1уш,
Хьо ца вог1уш виссахь,
Сан къа хила хьуна.

22 Сиха ма лохьа, шийла шовда,
Сан хьо иэца дог ца дог1у.
Ас хьо мелош кхиъна к1орни,
Шина шарна вуьгу боху.

Сагатделла, са хьаьвзина,
Со яхара сарахь хит1а.
Лаьтта б1аьра г1ийла хьоьжуш,
К1орни дара хит1ахь лаьтташ.

Алахь, соьга, хьоме к1орни,
Дийцахь соьга, хьоме к1орни,
Лаьтта б1аьра г1ийла хьоьжуш,
Ахьа стенна ойла йо-те?

- Хьоьга ала веъна ву со,
Хьоьга дийца веъна ву со,
Кхана арме со д1авуьгуш,
Хьуна дуьсу маьлха дуьне.

Хьуна 1уьйре ма ца йог1у,
Хьуна суьйре ма ца йог1у,
Сарахь хит1а хьо г1ура ю,
Хазчу к1анта хьо 1ехор ю.

Машен некъаш ма цесталахь,
Нийсархошна ма елхалахь,
Со ц1аваллалц йолчу ханна
Ши шо зама ахь ларъелахь.

- Машен некъаш ас цоьстурдац,
Нийсархошна со йоьлхур яц,
Хьо ц1авалалц йолчу ханна
Ши шо зама ас ларйийр ю.

23. Цхьа дашо ч1уг ярий са-ма,
Йинчу нанас билгалъяьккхина,
Элар соьга йинчу нанас,
Хьан дашо ч1уг мича яхна?

Цкъа жима ца хилла хьо,
Жимчохь безам ца бахна хьан?
К1анта сайга, йола аьлча,
Ас к1антана кера елла.

Ас цхьа весет до хьоь, мама,
И сан весет кхочушделахь,
Елла коша юьллучу дийнахь,
Сан к1орнига йиллийталахь.

Ас цхьа дехар до хьоь, мама,
И сан дехар кхочушделахь.
Яздайталахь сан чурта т1е,
Йо1 безамо йийна алий.

24. Суна цхьа х1ума хезна, к1орни,
Суна хезнарг бакъ дуй-теша?
Йовлакх меха йоцучу йо1а,
Соьгара к1орни даьккхина бохуш.

Сайн делаха ялийла со,
Дуьненаха ялийла со,
Духа к1орни доккхур дацахь
Дуьненаха ялийла со.

Сайн дагаца йина ч1аг1о,
Сайн нахаца йина ч1аг1о
Сайн к1орни духадаккха,
И даккхалца со 1ийр ма ни.

Йо дели хиира суна,
Везан дели хиира суна,
Вайша вовшех дезаш хилчи,
Вайша дехар доцийла.

Ахьа дийцахь хьайн дагара,
Аса дуьйцур сайн дагара,
Дезаш, вовшех дала доллу,
Дийцахь, к1орни,хьайн дагара.

25. Сан к1орни дайнера, мама,
И суна карийра, мама,
Сийна бай болучу арахь,
Коканан бен кол йоцчу арахь.
Т1еяха даго ца юьтуш,
Ца яхчи, ши б1аьриг белхаш,
Со юхуйирзира, мама,
К1орнига г1ийла б1аьрг тоьхна.

26. Буса батте ца хьожуьйту,
Дийнахь малхе ца хьожуьйту,
Лула к1орни дог1у бохуш,
Лулахошка ца йохуьйту.

Сарахь хит1а ма яхийта,
Корах ара ма хьажийта,
Эхь хуьлийла йинчу нанна,
Йо1 йижинчохь ца карийча.

Делкъалца йижий 1уьллуш,
Делкъал т1аьхьа хьалаг1оттуш,
Сагатделча, хит1а йоьдуш,
Ц1ахь 1е боху йинчу нанас.

1овдал ю хьо, йина нана,
Ца кхеташ ю йина нана,
Пхийтта шарахь шеца 1ийча,
Д1аг1ой ялахьа ца боху.

27. Сахуьлу седа серлабуьйлу,
И чухчухьера делкъеюьйлу,
Ойла елахь, сан хьомениг,
Вайшиъ цхьана дехар ду хьуна.

Охьадоьду хи лакъарна кхоьру,
Цу чуьра т1улгаш дашарна кхоьру,
Ва вайшиъ вовшех даларна кхоьру
Со хьоьха яьлча, яларна кхоьру.

Батта б1аьра хьежна хилла,
Малха б1аьра хьежна хилла,
Хьо к1ант вина к1ентан нана
Ма сан даге хьежна хилла.

28. Хьан нахана нус езар ю,
Сан нахана новц везар ву,
Дала, к1орни, дагар дийций,
Дала доллу вайшиъ вовшех.

Хьалахьажий, белха, ши б1аьрг,
Охьахьажий, белха, ши б1аьрг,
Белха шайна, сан ши б1аьрг,
Дели вайшиъ дуьне диъна.

Кху суьйренийн ойла йича,
Кху 1уьйренийн ойла йича,
Сайн нийсарой ойла йича,
Сан елха бен дог ца дог1у.

29. Йиш ялар, да виссарг. 1уьйренин санна,
Йиш ялар, да виссарг. суьйренин санна,
Йиш ялар, да виссарг, кийра д1абелла
Хьо везаш догу дог хьуна д1агайта.

Дешнашца, хабаршца 1ехийра ахь со,
Хумма дан, хьомениг, замано нисдо,
Зама ма д1айоьду, доьду хи ва санна.
И дерриг нисдийр ду кхоьллинчу дала.

Суна хьо везара, х1инца а веза,
И безам бохуриг доккха дош хилла,
Хьуна ма мотталахь, со хьайха яьлла,
Кхин безам ца карош со г1ийла лела.

Хьо декъала ма войла эра дац хьуна
Езачух хьегийла эра дац хьуна,
Со-м хьалххе яьккхира ахь безамах, ирсах,
Хьо хьайна вехийла кхечуьнца г1оза.

Диц ма де, хьо хир ву сан деган ойла.
Йоьду со, яллалц хьо воцчохь лела,
Хьайн делахь, дог хьостуш, т1аьххьара дош ала,
Вай вовшийн кхин гур дац, хьо марша 1айла.

Йиш ялар, дависарг, 1уьйренин санна,
Йиш ялар, дависарг, суьйренин санна,
Йиш ялар, дависарг, кийра д1абелла,
Хьо везаш догу дог хьуна д1агайта.

30. Стиглахула кема доьду,
Лаьттахула машен лела,
Кху дуьненчохь дийна дуьсехь,
Гур ду вайшиъ вовше, везар.

Кхокха хилла коре хьовзий,
Леча хилла не1ре хьовзий.
Дог1а, безам, соьга ла:
Кога акхадала вайшиъ.

Кху 1уьйренна д1а ца лоьхкуш,
Кху суьйренна чу ца дерзош,
И акхарой кхобучу дала,
Тухар дац-техь вайшиъ вовшех.

Сийна стигал сийна мел ю,
1аьржа латта 1аьржа мел ду,
Со дуьненчохь дукха яхарх,
Дера яьлла декъал хилла.

Кху суьйренах ас х1ун дора?
Кху 1уьйренах ас х1ун дора?
Хьоьца яхар сан ца хилча,
Кху дуьненах ас х1ун дора?

31. Дог1а дог1у - латто худа,
Хи д1адоьду - т1улгаш дуьсу,
Д1а ца боьду, д1а ца болу,
Ахь сан дагна бина бала.

Хьо везаро дег1 дашийна,
Сов везаро дог эшийна,
Ахь йохийна сан дог-ойла
Серлаяла ма ца туьгу.

Суьйре йоцуш йиш яц бохуш,
1уьйре йоцуш йиш яц бохуш,
Хьо ца хилча йиш яц бохуш,
Со г1елйинарг хьо вара хьуна.

Гу мел болчу гу т1е юьйлуш,
1ин мел долчу 1ине юьйлуш,
Ва ахь сайна бина бала,
Белхош акхаяла йоллу.

Доккха дог1уш хи хиларах,
Хица д1ахьош со хиларах,
Яхьийталаш, сан нийсарой,
Ирс дайна йо1 хьош ю алий.

Летта йогуш ц1е хиларах,
Ц1ергахь йогуш со хиларах,
Ягийталаш, сан нийсарой,
Дакъазаяьлла йо1 йогу алий.

32. Малх схьакхетачу дуьненчохь,
И чубузучу дуьненчохь,
Я дан ма делар вайшиъ,
Я цхьана делар вайшиъ.

1уьйранна хьо сайна ца гича,
Сайн тоха са хир дац моьттура суна,
Суьйранна хьо сайна ца гича,
Сайн тоха са хир дац моьттура суна.

Сан-м тоха са хириг хиллера,
Хьо ца гуш хан ериг хиллера.

33. Дагца нина ч1аг1о яра сан,
Зуда йолу к1ант т1е ца хьовзо,
И сан ч1аг1о юьйхи, мама,
Зуда йолу к1ант хаза хилла.

Зуда йолу к1ант хаза хуьлу,
Ша маттана шера хуьлу,
Ладоьг1на ахь ойла ца яхь,
Тешнабехк бан кийча хуьлу.

Хьан хазалло со 1ехийна,
Хьан хабаро со тешийна,
Х1ай, дакъаза ма вала хьо,
Ца вевзинехь ца мегара?

И сан ч1аг1о юьйхи, мама,
Зуда йолу к1ант т1ехьовзийна,
Хьуна хьалха со бехке ю,
Жималло со 1ехаярна.

34. Ва к1орни, юьйр ю боху,
Хьоьга яг1ахь шайн яц боху.
Сан наха со х1аллакьеш ю,
Вайн ирсеха со йохош ю.

Д1ахаийта цу хьайн нахе,
Вайшиъ вовшех кхета дезий,
Ца хаьа-те цу нахана,
Безам бахча хала дуйла?

Цу делаца дуй боу ас,
Нийсархошца дуй боу ас,
Сайн де-нене ла ца дуг1уш,
Хьоьга ян со кийча хиларх.

Хьо воцуриг суна эшац,
Хьо воцчуьнга со г1ур ма яц,
Яхарехь суна х1ума эшац,
Вайшиъ вовшийн хилчахьана.

35. Ахь хьо белхе вог1у аьлла,
Соьга ларве ахьа аьлла,
Хьо кхачаре д1ахьийсина,
Б1аьргиш кхоьли, к1орни, тховса.

Хьо ца варна-м ца йоьлхи со,
Ца кхачарна-м ца йоьлхи со,
Лаа висна хьо хилчхьана,
Дерриг ловр ду аса, к1орнн.

Сан нийсаройн сакъерало, -
Кегийчу наха уьш бийлабо;
Йог1ий-йоьдий цара бохуш,
Шенчу дагара цара дуьйцу.

36. Батто-м ца бохий хьо сан ваций,
Малхо-м ца бохий со хьан яций,
Ла ма дег1ахь нехан нахе,
Вайшиъ-м вовшийн дай, нана ялариг.

Массарел хаза хьо хийти суна,
Массарел дукха хьо вийзи суна,
Ва, к1орни, хьох яьлча,
Х1ара дуьне дац сан.

37. Сийна стигал ма сенъели,
1аьржа латта ма 1арждели,
Деги везар, хьо д1авуьгуш,
Хи чуьра т1улгаш ма г1елдели.

Хьо д1авоьдий хиънехьара,
Гена волий хиънехьара,
Хазчу сарахь шовдан йистехъ,
Хьуна доггух йоьлху ярий.

И хьан мама йоьлху хир ю,
Шен к1ант арме вигна бохуш,
Цу хьан мамел ч1ог1у йоьлхуш.
Со карор ю, к1орни, хьуна.

Мичахь хеза и г1ийла аз,
Стенгахь етта и г1ийла шок,
Шен к1ант арме вигна бохуш,
Ненан аз ду г1ийла хезаш.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz