1ер-дахаран хьокъехь эшарш

***
1. Сан са х1унда хьийза-техьа?
Сан са х1унда гатло-техьа?
Я дакъаза йолу-техьа,
Я декъала хуьлу-техьа?

Суьйре хир ю баха соьга,
1уьйре хир ю баха соьга,
Хазчу к1анта шега яг1ахь,
Декъал хир ю баха соьга.

Со суьйренах яьккхи, мама,
Со 1уьйренах яьккхи, мама,
Хазчу к1анта, йола бохуш,
Со дакъаза яьккхи, мама.

Малхал хаза хьо ву бохуш,
Баттал хаза хьо ву бохуш,
Лилийра со-ма, дегавезар,
Хьо ца хили хьайн деши да.

Суьйре дакъазаяьккхи ахьа,
1уьйре дакъазаяьккхи ахьа.
Декъал хир ю, соьга бохуш,
Со дакъазаяьккхи ахьа.

И лекха лам байри хьуна,
Цунах б1аьрг туьйхирий ахь?
Цу ламанал яхь йолуш ю,
Хьоьх яларах лелалур ю.

2. Дависа, 1уьйре, хьо ма-ерра йовза,
Дависа, суьйре, хьо ма-ерра йовза.
Дависа, ненан к1ант, хьо хьалхе вовза,
Дависа, жималла, ма 1ехайи ахь со.

Цу хазчу 1уьйренах воьхначу дийнахь.
Цу хазчу суьйренах воьхначу дийнахь.
Цу хазчу хьайн дешнех воьхначу дийнахь
Коьртахь куй туьллур бац, бехирий ахь соь?

Х1уммаъ дан 1уьйрене со г1ийла хьежарх,
Х1уммаъ дац суьйрене со г1ийла хьежарх,
Х1уммаъ дац нийсаршка со г1ийла хьежарх,
Мел хьоьшур ду-теша х1ара маьлха 1аьржа латта.

Дависа, йиш елар 1уьйре хьоь д1агайта,
Дависа, йиш елар суьйре хьоь д1агайта,
Дависа, йиш елара кийра хьоь д1агайта,
Хьо везаш, лозу дог хьона д1агайта.

3. Суьйре йохо волларий хьо?
1уьйре йохо волларий хьо?
Хьайха яьлча, со леш хилча,
Со ялийта валларий хьо?

Суна суьйре ма ца юху,
Суна 1уьйре ма ца юху,
Нанас винарг дийна мел ву,
Дуьне суна ма ца духу.

4. Малх схьакхеташ дуьне ду хьо,
И чу бузуш дуьне ду хьо,
Дери дац хьо. маьлхан дуьне,
Жимчохь дуьйна со елхонза.

Ког баккханза елира со,
Куьг тоханза елира со,
Маьлхан дуьне, хьо девзинчул -
Хьо довзаза елира со.

5. Га дойна, бен боьхний шен-ма,
Цу чуьра к1орни яйний шен-ма,
Валар а хала х1ума
Хир дац боху цу хьозано.
Хаза долу можа хьоза
Диттах кхетта х1унда ца ле?
Хьо дуьненчохь дукха дахарх,
Хьуна и ган йиш яц боху.
1уьйранна коре х1уьттуш,
Суьйранна коре х1уьттуш,
Доьлху хир ду жима к1орни,
Ца хинйолчу нене кхойкхуш.
1уьйранна коре хьовзий,
Суьйранна коре хьовзий,
Делха, к1орни, "мама" алий
Вер вац-техьа дада орцах.
Яссал дехьа эса лаллий,
Яссал сехьа нана лаллий,
Дог1а, мама, цу шинга ла,
Ер яра хьо соьха дагах.
Яккхий хьаннаш хедон ярий,
Уьш, нисъеш, охьайоьхку ярий,
Сайн жима к1орни гур дуй хиъча,
Дуьненна готосур барий.
Кху 1уьйренан ойла ца еш,
Кху суьйренан ойла ца еш,
Жимчу к1орнин ойла ца еш,
Ма юхъхьарадуьйлу вайша.
Б1аьргех долуш хи гойтур дац,
Йоьлхуш-екаш со гойтур яц,
Ала бохку сан нийсархой:
Хьо бен ца яьлла жимчу к1орнех?
Б1аьргех долу хи ца дайчи,
Йоьлхуш-екаш со ца яйчи,
Моьтту хир ду нийсархошна
Сан к1орнийна са ца хьийза.
Кху 1уьренийн нана лойла,
Кху суьйренийн нана лойла,
Деш вовшех мел долучу
Йо1ан, к1ентан нана лойла.

6. Цхьа бовха мох белира вайна,
Цо массо ша башабира,
Сан кийрара ша ца башийра цо,
Жима йолуш со леярна.

Цхьа мели мох белира ванна,
Цо ца лакъош хи дацара.
Цо ца лакъий сан б1аьргийн хи,
Жима йолуш со леярна.

Со пхийттара яьлчахьна,
Дуьне довзал хилчахьана,
Ца дели хьо, кийрара дог,
Дог1а хилла доьлхучуьра.

Ма белхийша, сан ши б1аьриг,
Шуьшиъ суна х1унда боьлху?
Яьлчи х1ун ду нехан к1антах,
Дадех, мамех ца яьллий со?

Ма делхахьа, кийрара дог,
Ва хьо суна х1ун дан г1ерта?
Яьлчи х1ун ду нехан к1антах,
Йишех, вешех ца яьллий со?

Хьо ламанал лекха вуьйцу,
Хьо массарел веза вуьйцу,
Со къинт1ера ма ца йолу,
Жима йолуш со леярна.

Суьйренийн къа хуьлда хьуна,
1уьйренийн къа хуьлда хьуна,
Жима йолуш со леярна,
Сан дег1ан къа хуьлда хьуна.

7. Хи кхачийна ч1ара санна,
Нур кхачийна седа санна,
Хьоьха яьлчи, со леш хилчи,
Со ялийта волларий хьо?
Хи кхачор дац - дуьне мел ду,
Нур кхачор дац - элчи мел ву.
Сан сий хир ду - к1ентий мел бу,
Хьо лелар ву юьтуш-ялош.

8. Хьо соьха валар бен,
Со хьоьха ялар бен,
Кхин бохам хилаза
Даций вай дуьненахь.
Хьо соьха ца ваьлчи,
Со хьоьха ца яьлчи,
Ца совца ма дохку
Кху нехан и меттанаш.
Хьо соьха валар бен,
Со хьоьха ялар бен,
Хилаза делара вайша,
Дуьненан бохамаш.

9. Дерриг дуьне орцадала
Сан доьхначу жимчу дагна,
Шарах йогуш со хиларах,
Доккхур дацара иштта орца.

Со декъала хир ю моьттуш,
Сан догдика хир ду моьттуш,
Дуьххьара араелар, мама,
Со-м ца хили кхин декъала.

Йоккху йогуш ц1е хиларах,
Шарах йогуш со хиларах,
Ягийталаш, сан нийсарой,
Ирс доцу йо1 йогу алий.

Доккху дог1уш хи хиларах,
Хино юьгуш со хиларах,
Яхьийталаш, сан нийсарой,
Ирс доцу йо1 хьош ю алий.

10. Кху 1уьйренах къа ма хета,
Кху суьйренах къа ма хета;
Мама стенга яхна бохуш,
Доьлхучу берех къа ма хета.

Кху суьйренийн бези бала,
Кху 1уьйренийн бези бала,
Кху дуьненан бези бала,
Шу хиллера, нанаяларш.

Гу мел болчу гу т1е юьйлуш,
Адам доцчу къайлаюьйлуш,
Ва нана лайла бохуш,
Йоьлхуш лела вина нана.

Кху суьйренийн къа ду хьуна,
Кху 1уьйренийн къа ду хьуна,
Ва хьо гаре сатийсинчу,
Винчу ненан къа ду хьуна.

11. 1уьйре ма яц гонах хьийзарг,
Суьйре ма яц гонах хьийзарг,
Нанас дена йичахьана -
Дайна ирс ду гонах хьийзарг.

Йоккха йогуш ц1е хиларах,
Ц1арца йогуш со хиларах,
Ягийталахь, йина нана,
Ирс дайна йо1 яра алий.

Доккха дог1уш хи хиларах,
Хино д1ахьуш со хиларах,
Яхьийталахь, йина нана.
Ирс дайна йо1 яра алий.

Ирс дайна йо1 со хиллера,
Ирс доцу йо1 со хиллера,
Со ян езар дуьненчуьра,
Сайн дайна ирс дагалоьцуш.

12. Йихкина юкъ ца яьсти аш?
Когара мачаш ца ехи аш?
Со сайн к1орнех ца къастичи,
Шайн х1усаме ца дирзи шу.

Йихкина юкъ яста шайна,
Когара мачаш яха шайна,
Со сайн к1орнех къаьсти шуна,
Дерза шайна шайн х1усаме.

13. Не1 йиллича, не1ре хьоьжуш,
Кор диллича, коре хьоьжуш,
Ца хинйолчу маме кхойкхуш,
Доьлху боха, жима к1орни.

Ма делхахьа. жима к1орни,
Х1унда доьлху, жима к1орни.
Хир яц хьуна йина нана,
Ма делхахьа, жима к1орни.

14. Вай, со х1ун дина лела еза,
Вай, со х1ун дина яха еза?
Ца безачу нехан кертахъ -
Деза к1орни дагалуьйцуш.

Вай, сан ца хилла ойла ю хьо,
Вай, сан ца хилла безам бу хьо,
Хазчу дашо 1ехайина,
Коча беъна бала бу хьо.

15. Нанна

Х1ара суьйренаш йоьхна суна,
Х1ара 1уьйренаш йоьхна суна.
Йинчу ненах яьлчхьана,
Х1ара дуьне доьхна суна.

Малхбалехьа со яларах,
Малхбузехьа со яхарх,
Дуьне мел ду го баккхарх,
Йина нана ца карийна.

Бетта новкъа со яхарх,
Шера новкъа со яхарх,
Кху дуьненах йоккха ца еш,
Дуьне мел ду лела со.

Кхеттачу малхе г1ийла хьоьжуш,
Бузучу баттаца г1ийла йоьлхуш.
Ас ладоьг1на ойла йичи,
Сан даг т1ера зезаг доьжна.

16. Сийна стигал юху бохуш,
1аьржи латта духу бохуш,
Хьоьхи яьлчи лийр ю бохуш,
Сайн леларна дохкоюьйлу.

Сийна стигал ма ца юьйхи,
1аьржа латта ма ца дуьйхи,
Хьох яьлчи со ца ели,
Лела, к1орни, дуьне мел ду.

Шен деши хьо ду бохуш,
К1айн дети хьо ду бохуш,
Сайн нийсаршна веза бохуш,
Айса сайна кураваьккхи.

Ц1ен деши хьо ца хилла,
К1айн дети хьо ца хилла.
Хьо хиллера куйна бакъо,
Ма вийлалахь суна кура.

Малх лакхара кхета алий,
Ма е, к1орни, лакхара ойла,
Ша стаг волчо кхобур йоцуш,
Езар ю хьан кертахь хьийзаш.

Хьуо деши ду моьттура хьуна?
Хьуо дети ду моьттура хьуна?
Елаелла, б1аьра хьаьжчи,
Ян кийча ю моьттура хьуна?

Хьайна лам лекха хетахь,
Хьо ломала лакха хетахь,
Куравала дага деъчи,
Хьайн тароне юхахьажа.

17. Дог1а дог1уш, лаьттах юлуш,
И д1атийчи, хьала йолуш,
Лела реза яре со-ма,
Хьан мамина езнехьара.

Дог1а дог1уш лаьттах юлуш,
И д1атийчи, хьала йолуш,
Оццул бала аса лайча,
Къа дацара сан хьоьха яьлча.

18. И лекхи ламанаш
Шен деши ва хилчи,
И шера аренаш
К1айн дети ва хилчи,
И деши, и дети
Сан долахь ва хилчи,

И дерриг д1аделла
Хьо оьцур вара ас.
Лекхачуламал ас
Лекха вуьйцу хьо,
Шерачу аренал
Ас шера вуьйцу хьо,
Рузбана маьждигал
Ас веза вуьйцу хьо,
Сан деган везар,
Хьо марша вехийла.

Лекха ламанаш
Дицдала ца туьгу,
Шери аренаш
Йицъяла ца туьгу,
Сил дукха везна хьо,
Вицвала ца туьгу,
Сан деган везар,
Хьо марша вехийла.

19. Бухара зуда, орцахъяла,
Хьан эмгарна ц1е ма яьлла,
Хьо йоцуриг массо адам
Цу ц1арана гонах даьлла.

Йог1ур йоцуш яцаре со-м,
Ян йиш йоцуш яцаре со-м,
Цул йоккха го сан кийрахь ц1е,
Лато эшахь, йог1ур ю со.

1алалай ала аеъна,
Яйри хьуна и яьлла ц1е?
Шена-м ма ца яйра иза,
К1еззиг яьлла хилла-теша?

20. Маре яха догхиллачу йо1а лекхна йиш

Дакъа, дакъа, боху йинчу нанас,
Дадас боху, даьхни цуни ду,
Дахнийца ца къийру аса са,
Леттица ца боу шен мерзи безам,
Эзар огу долуш болу гуржи ламанаш
Денна кхоззу дохуш,
Буьйсанна шоззу дохуш,
Борз санна волчу к1анте бен
Г1ор яц со.

21. - Ахь баркалла олий суна?
Хьо къинт1ера волий суна?
Айхьа со леян моьттуш,
Ас хьо левеш лелаварна?

- Ас баркалла ма ца олу,
Со къинт1ера ма ца волу,
Со-м вацара хьо леян г1ерташ,
Ас белхор бу хьан ши б1аьриг.

Кет1а яла ца деза хьан,
Хит1а яха ца деза хьан,
Сирчу барзо 1ахар санна,
Ас ядийна юьгур ю хьо.

- Хит1а яха дезий сан-ма,
Араяла дезий сан-ма,
Ц1оькъалоьмо сира борз санна,
Хьо д1ачовхон ваша ву сан.

22. Лекхачу попанна хьоькху мох ца оьшу,
Дикачу к1антана олу дош ца оьшу,
Лекхачу попанна хьоькху мох ца оьшу,
Ваша воцчу йишина олу дош ца оьшу.

Цхьа йиша хиллера ваша воцуш кхоьллина,
Шен ваша ва хилча, сйи хир дара шен бохуш,
Стиглахь марха йоцуш, мела дог1а ца доьлху,
Ваша воцчу ва йишин кийрара дог дукха доьлху.

Сан нийса нийсархой дахарна тобелча,
Яхарха ма юьйхи, ва елли яла со.
Ц1еста к1удал ва эцна, со хи т1е ва яхча,
Шийла шовда ва саццал, декъаза яй со-ма.

Цхьа кхокха хиллера, т1ам боцуш кхоьллина,
Т1ам боцу кхокха бу ваша воцу ва йиша.

23. Цхьа ч1ара хиллера
Хи доцуш кхоьллина,
Дала шена хи делчи,
Ловзур бара ша бохуш.

Цхьа седа хиллера
Нур доцуш кхоьллина.
Дала шена нур делчи,
Лелар бара ша бохуш.

Цхьа сара хиллера
Г1а доцуш кхоьллина.
Дала шена г1а делчи,
Денлур бара ша бохуш.

Цхьа хьоза хиллера
Т1ам боцуш кхоьллина.
Дала шена т1ам белчи,
Лелар дара ша бохуш,

Цхьа йиша хиллера
Ваша воцуш кхоьллина,
Дала шена ваша велча,
Сий хир дара шен бохуш.

24. Хьо 1уьйранна х1унда йоьлху?
Хьо суьйранна х1унда йоьлху?
Олу соьга сан нийсархоша,
Гуттар йоьлхуш х1унда лела?

Кху 1уьйранна дера йоьлху,
Кху суьйранна дера йоьлху,
Елхий со-ма, сан нийсархой,
Сан елхийла долу дела.

Ва ирс я1 шу, сан нийсархой,
Яла йоллу шу ирс хеташ,
Шаьш суьйранна чу дирзича,
Дагара дийца нана ей шу.

1уьйре йоцург мила ю-те?
Суьйре йоцург мила ю-те?
Нана йоцуш, йиша йоцуш,
Г1ийла лелаш мила ю-те?

1уьйре йоьхнарг со ю ала,
Суьйре йоьхнарг со ю ала,
Дагара дийца йиша йоцуш,
Г1ийла лелаш со ю ала.

25. Ва, дада, ма алийша,
Шай дадига ма кхайкхийша -
Дада воцчу йоь1ан кийра
Сийна ц1е ма йолу.
Ва, мама, ма алийша,
Мама алий, ма кхайкхийша -
Мама йоцчу йоь1ан кийра
Ва шийла ша ма буьжу.

Ва, ваша, ма алийша,
Шайн вашига ма кхайкхийша -
Ваша воцчу йишин кийра
Ва шийла ша ма буьжу.

Ва, йиша, ма алийша,
Йиша алий, ма кхайкхийша -
Йиша йоцчу йишин кийра
Ва шийла ц1е ма юьйлу.

Ва, шича, ма алийша,
Шича, алий, ма кхайкхийша -
Шича воцчу йишин кийра
Ва шийла ша ма буьжу.

Суьйре ларо ма ехийла со,
1уьйре ларо ма ехийла со,
Кхин дог дика сан ца хилахь,
Сох дуьсийла маьлхан дуьне.

26. Со вешица йолчу хенахь,
Ваша соьца волчу хенахь.
Хи чохь луьйчу ч1ара санна,
Сан кийрара дог ловзуш дара.

Со вешеха яьлчу дийнахь,
Сох ваша ваьлчу дийнахь,
Хи кхачийна ч1ара санна,
Кийрара дог дала дижна.

Ладог1алаш, сан нийсархой,
Шун ирс хеташ яла йоллу,
Шаьш суьйранна чудирзича,
Дагадовла ваша вай шун.

27. Мокхазар бердах маь1ан кур хьоькхуш,
Иччархочун тоьпо лацарна кхоьруш,
Шен сина сакхо ен кура сай ганна,
Хьайн сина сакхо е бехирий хьоьга, ва еллаялариг.

Къуша къола санна, вай къайлах дийцинарг,
Юьрто бертахь динчу рузбан маьждигехь
Къаноша кхел санна,
Кхайкхий, ели хьо, ва еллаялариг.

Башламан кортошкахь майрачу лоьмана
Чов хилар хезчи, догдоьхна,
Цуьнан къина билхина сира сай ганна,
Хьан къина воьлху со, ва еллаялариг.

28. Дада воцуш хилла-техьа со,
Нана йоцуш хилла-техьа со.
Я раббана, х1ай везан дели,
Эрна яьлла хилла-техьа со?

Йиша йоцуш хилла-техьа со?
Ваша воцуш хилла-тех со?
Я рабби, везан дела,
Эрна яьлла хилла-техьа со?

Дада вара - дадех ели,
Нана яра - йенах ели,
И дели кхиэл сиха хилла,
Тхан вовшеха къастар хили.

Ваша вара - вешех ели,
Йиша яра - йишех ели,
Я рабби, везан дели,
Тхан вовшеха къастар хили.

29. Сан ваша велахьара,
Вешин йиша елахьара,
Ца ян йолу нахах дага,
Ца ен йолу г1ийла ойла.

1уьйренах бала бина,
Суьйренах бала бина,
Кху дуьненах бала бина,
Со лелаш юй ца хаьа шуна?

Кху 1уьйренех бала бина,
Кху суьйренех бала бина,
Ваша волчу йишех хьогуш,
Лелла яла ца йоллу-те?

30. Елла яла, елла яла,
Девешина вина воцчух,
Шича хила ма ца туьгу,
Елла яла, елла яла.

Елла яла, елла яла,
Дена вина воцчух,
Ваша хила ма ца туьгу,
Елла яла, елла яла.

Елла яла, елла яла,
Ангали бошхепа
Буц яла ма ца туьгу,
Елла яла, елла яла.

31. Ваша ву ма ала, йиша ю ма ала -
Нанас дена ца йинехь.
Шича ву ма ала - девешийна вина вацахь.
1у воцу бажа лахка атта бу шуна,
1у воцу бажа бу ваша воцу ва йиша.
Га доцу ва сара хадо атта бу шуна.
Ва елла яла со, хин йистехь б1аьрг тоьхча,
Хин йистехь ваша вац сан.
Ва елла яла со, пхьоьханахь б1аьрг тоьхча,
Пхьоьханахь дада вац сан.

32. Ас цхьа х1ума дийций шуьга,
Тамашийна доккха х1ума,
Мачи айрел мехал йоцчу
Йо1а к1анат къуьйсу соьца.

Дагара дийца ваша воцуш,
Дагара дийца йиша йоцуш,
Сан сих-дег1ах дагаюьйлуш,
Ас лелочух х1ун хир-теша?

Ваша воцчух ваша вина,
Йиша йоцчух йиша йина,
Сайн сих-дег1ах дагаюьйлуш,
Ас лелочух х1ун хир-теша?

33. Дхьа кхокху хиллера, хийистехь ва бекаш,
Нахана моьттара, мацалла и бека.
И бекаш хиллера берд текхна, бен боьхна,
Хала ду, нийсарой, ненаха ваьлла лела.

Со га доцу сара бу, со 1у воцу бажа бу,
Нана йоцу йо1 со ма ю, нанас к1езиг долу дина,
Гу лекхачу гу т1е юьйлуш, бай шерачу араюьйлуш,
Елха езар нанна, адам доцчу къайлаюьйлуш.

Сай кийрара беза бала, ва ас шуьга балхийча,
Г1амаро хи санна, худа нана яций сан,
Сан кийрара беза бала ва ас шуьга балхийча,
Къожамо ц1е санна эца нана яций сан.

Белхо нана елахьарий, йинчу нене белхор барий,
Сан кийрара беза бала ва ас хьаьнга белхо беза.
1уьйре йог1у бала бахьаш, суьйре йог1у бала бахьаш.
Бала лелон со жима ю, елла яла ас е ойла.

34. Дуьйцуш-дуьйцу и, баба,
Ж1аьлин гуй ц1еста ду бохуш,
Вай везарг ма г1ойла цига,
И шийла шамалеш лекха.

1уьйре юьтуш вуьтур воцуш,
Суьйре юьтуш вуьтур воцуш,
Дуьне дуьтуш вуьтур воцуш,
К1орни ду сан лакха юккъехь.

Ас х1ун эца, к1орни, хьуна,
Ас х1ун эца мегар хьуна,
Генара вог1уш хьо вовзийта,
Ас тачанка эца хьуна.

Хаза суьйре юьтур ма ю,
Хаза 1уьйре юьтур ма ю,
Жимчохь лехна мерза безам ца буьтуш,
Со лахьти чу юьжур ма ю.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz