УЗАМАШ

1. Дакъаза ма дала хьо, малх кхета ва дуьне,
Аьнгале бошхепахь накхармоз санна,
Дууш мерза дара хьо, малх кхета къилба-дуьне,
Д1а-схьа б1аьргаш ва тоьхча, мел шорта дара хьо,
Малх кхета к1айн дуьне, къахьделла лаьтта хьо,
Кийрахь стим баьтт1а до1ах санна.

2. Суьйренаш яц боху,
1уьйренаш яц боху,
Готтачу лахьтичу,
Марзонаш яц боху.

Къанвелча, къонвелча,
Хьо диънарг мила ву?
Веллачуьра ц1авеъна,
Хьо диънарг мила ву?

Готтачу лахьтичохь,
Марзонаш яц боху,
Далале даа вай
Х1ара маьлхан ва дуьне.

3. Чорин сингаттаме илли

Юткъачу г1одаюкъах
Дихкина ва доьхка,
Бухкарех хийца бах
Паччахьан 1едало.
Дег1ана т1еоьзна
Исхарин ва чоа,
Г1абалех хийца бах
Паччахьан 1едало.
Ас коьрта тиллина
Холхазан горга куй,
Т1апанах хийца бах
Паччахьан 1едало.

Ден дайха дисина
Болатан ва герзаш,
Сарагах хийца бах
Паччахьан 1едало.
Соьцанна кхиъначу
Динара чувоссий,
Г1ашсалти хила бах
Паччахьан 1едало.
Сан вежарий байанчу
Цу делан мостаг1ийн,
Лай хилий, саца бах
Паччахьан 1едало.
Цаьрцанна охьавуьжуш,
Метта-мотт цхьаъ болуш,
Цхьана шуьнахь важа бах
Паччахьан 1едало.
Сан дасса, хьарамъеш,
Ва суна йихкина,
Хьакхарчий яа бах
Паччахьан 1едало.

4. И чуьйна болат ма ч1ог1а ду,
И сенчу ц1аро дагадо.
Хьо стенах дина кийрара дог,
Ма ч1ог1а хиллера хьо кийрара дог.
И шийла шовданаш г1орийна,
Цу диттийн баххьаш т1е к1ац йиллина,
Х1окху нохчийн, г1алг1айн махка
Шийла кхаъ кхаьчча,
Ца дешира, ца дегира кийрара дог,
Хьо стенах дина хилла? -
Ма ч1ог1а дина хиллера хьо.
И къена дай-наной куьйга г1иттадеш,
Шайн нанойн накхошха маликаш къестош,
Вай махках даха г1овттинчу 1уьйранна,
Ца дегира, ца дешира кийрара дог.
Хьо стенах дина хилла? -
Ма ч1ог1а дина хиллера хьо.
Болатан цу багахь сийна ц1е летош,
Гомачу новкъа дуьткъа дег1 сеттош,
И ц1еран машенаш юьйлаелча,
Ца дегира, ца дешира дог.
Хьо стенах дина хилла? -
Ма ч1ог1а дина хиллера хьо.

5. Х1ара узам олу ас, сайн синтем байна.
Соьгара сан бала безамца беъна,
Мел дукха яздина безамах лаьцна,
Хир дарий-те дешнаш хьох къастарх дийца?

Хууш вац, т1ех езнарг, х1ун хилла сайна,
Сан лелар, сан хьежар ма хийцаделла,
Хьох валар дазделла кийрарчу дагна,
Сан сина чов хилла, т1ех езаелла.

Сурт дилла ва хууш со говза хилча,
Даима хьан сурташ ас дохкур дара,
1аламат ницкъ болуш, со дела хилча,
Массо йо1 хьох тера ас кхуллур яра.

Масане безнараш дуьнен чохь лелла.
Дистхила йиш йоцуш латтанаш хилча,
И бакъ ду, дийр дара цара тоьшалла,
Суначул хьо езаш, кхин к1ант ца хиларан.

Т1аккха эр ма дара 1аьржачу лаьтто:
Шена т1ехь безнараш вовшеха ма бийлла.
Езачух ваьлла вац, х1ара латта мел ду,
Цхьа а к1ант, со санна, цхьаъ езаелла.

Ша байлахь вуьтуш ду дех-ненах валар,
Оцул а доккха ду нийсархойх къастар.
Ца дало, т1ех езнарг, сайн хьоьха валар,
Дог 1овжош хилла-кха езачух къастар.

Хан яра тамаш беш, синтем бац аьлча,
Инзаре хетара, г1айг1а ялхийча.
Валлах1и, ца хилла цуьнан чохь бала
Езачух къастарал ша 1аьткъаш дагна.

Хьо ца гуш долу де йочане хеташ,
Хьоь болу сайн безам узамца балхош.
Доьхначу сайн дагна цуьнца там лоьхуш,
Лелар ву, Малика, хьох валар далхош.

6. Бохучийн бохурш хуьлуш делахьара,
Хетачийн хетарш кхочуш хилахьара,
Башламан цу коьртехь мела мох хьоькхур бара,
Цу мохо лестош марг1ал буц хир яра.

Бохучийн бохурш хуьлуш делхьара,
Хетачийн хетарш кхочуш хилахьара,
Шуьйрачу цу арахь шовданаш хир дара,
Шовданийн коьртехь 1индаг1аш хир дара.
1индаг1ашка ва хевшина
Вай к1ентий хир дара,

7. Соратарчу Маьлтин илли

Дуьненна го лаьцна
Дохк-марха санна,
Сан дагна го лаьцна
Цу безчу балано.
Сарахь суьйре санна,
Т1ете1а баланаш,
1уьйранна 1уьйре санна,
Т1ете1а баланаш
Байбала ца туьгу.
Лайн дарцо те1айо
Коканан кол санна,
Баланаша те1адо,
К1ентий, вай дегнаш.
Хьалхьаьжчи вайна гун
Буьхь лекха ламанаш,
Хазделла ма лаьтта
Марг1алчу бацана.
Охьахьаьжчи вайна гун
Чергезин и раьг1наш
Хазъелла ма лаьтта
Парг1атчу бацана.
Баьстенан бай санна,
Хазъелла ва гаур,
Хьо яла ма лойла
Хьуо йинчу ва ненан.
Базаран тукарца
Сел нийса нисйина,
Эрмалойн ахкарца
Шел шера шарйина
И 1аьржа ник1апа,
Хьо дукха ехийла
Хьуо йинчу хьайн нанна.

8. Давала хьан делаъ,
Ва мерза ва дуьне,
Хьо диънарг мила ву,
Бохуриг ва хилла?
Х1инца дог 1абалахь,
Шен мерза ва езар,
Ша висина вели
1аьржачу цу Сибрех.
Цхьа баба яра сан
Вехачу ва юьртахь:
Бабина вицлур ву,
Каш т1е буц ва яьлчи.
Цхьа дада вара сан
Вехачу ва юьртахь:
Дадина вицлур ву,
Кашна чурт ва доьг1ча.
Цхьа ваша вара сан
Вехачу ва юьртахь:
Вешина вицлур вац
Шена юххе ва виллалц.
Хьалахьаьжча вайна го
И сийна стигланаш,
Ц1ен деши ва хилла,
Езачунна елара,
Цкъа б1аьрг ва тоха
Шен езар елара.
Охьахьаьжча гуш долу
И 1аьржа латтанаш,
К1айн дети ва хилла,
Дезачунна делара,
Цкъа юххе вала
Шен ваша велара.
Вайна го и лекха лаьмнаш,
Шен ц1еста ва хилла,
Дезачунна делара,
Цкъа дагара дийца
Доттаг1а велара.
Ша ванза елара
Ша вина ва нана,
Довзанза делара
И маьлха ва дуьне.

9. Борз уг1уш хиллера, гу-лакха юьйлуш,
Уг1алахь, гила борз,
Ша дуг1ур ду хьоьга, лерг диллина, сема ла,
Шех тера хьо хеташ,
Шена моьттура, и уг1у гила борз,
Мацалла уг1у.
И уг1уш хиллера, ардангах хаьдда.
Хала ду, к1ентий, нийсарех, вежарех хадар.

Ча ц1ийзаш хиллера, 1ин-к1орге юьйлуш.
Шовзалахь, дера ча,
Ша дуг1ур ду хьоьга, лерг диллина, сема ла,
Шех тера хьо хеташ..
Шена моьттура, и ц1ййза дера ча,
Шелонна ц1ийза.
И ц1ийзаш хиллера, бенах йоьхна.

Ма елаш, к1ентий, дахаран ойланаш,
Мел дукха ваьхнарг а б1е шарахь ца ваьхна.

10. Дакъаза ма дала, го туьйсу хьо дуьне,
Цкъа малхо делало, дог1ано делхадо.
Хьо тайнарг мила ву? Ахь хьоьстург мила ву?
Даима хьох хьоьгуш лелаш верг мила ву?
Дакъаза ма дала, кийрара дилха дог,
Цкъа доьлуш хуьлу хьо, цкъа делха х1утту.
Безамо чехадарх, везначо д1атасарх,
Ма хилахь нийсархойн дог кхардош сох.
Б1аьстено делочу зезагах хьоьгуш,
Гуьйрено г1елдинчу г1а-беце хьоьжуш,
Безамца боьлучу нийсархойх хьоьгуш.
Ас маццалц дуур-те х1ара маьлхан дуьне?

11. Ма йолахьа, хаза суьйре, малх д1абуьзча, бода бахьаш,
Бода боьлла, ц1а дирзича, тхайн дай-наной ца го тхуна;
Ма йолахьа, хаза 1уьйре, малх схьакхеташ серло дахьаш.
Серлаяьлла, арадевлча, мерза уьйраш ца го тхуна;
Ма кхетахьа, х1ай дашо малх, ссрлабалий, кху дуьненчу,
Серлабаьлла хьо схьакхетча, эзар ойла ахь ма яйту;
Ма ялахьа, хаза б1аьсте, толой-хазлой кху дуьненчу,
Хьо, хазъелла, еъна кхаьчча, тхан дегнашка хьо ца лало;
Ма хазлойша, х1ай аренаш, сийна духар шайна духий,
Шу, хазъелла, д1ах1оьттича, б1аьргех дог1у хи ца лало;
Ма уг1ахьа, х1ай йору борз, иштта г1елчу цу эшаре,
Ардангах хаьдда уг1аш елахь, цхьалхача вешех дагаялахь;
1аьржачу кеша цхьалха висар хала дуьйцу молланаша,
Цул хала ду шен х1усаме, уьйрех ваьлла, цхьалха висар;
Ма елхийша, х1ай аттйокхаш, г1елчу озахь цу ирзошкахь,
Екаш ози лере еъча, тхайн дотаг1ий карлабуьйлу;
Ма лекхийша, х1ай алкханчаш, коре хьийзаш, и эшарш,
Шу эшарийн оза хезча, мерза уьйраш керлайовлу;
Ма ловзахьа, можа поллу, сенчу бай т1ахь зезагашца,
Хьо ловзуш, хьоьга г1ийла хьуьйсуш, къени наной г1ийла боьлху;
Ма декийша, накхармозий, сенчу бай т1ахь зезагашца,
Тера доьлху накхармозий, нана йоцчу кегчу берийх.
Ма тебахьа, х1ай ц1оькъалом, хьо къанделча, цу ижонна,
Иштта аьтто буху хьуна т1аьхье воцчу къонахача;
Ма г1ертахьа, сурхар леча, хьо къанделча, мохь йилла,
Иштта хьуьнар духу хьуна, доьзал боцча дикчу к1ентан;
Ма г1ерг1ахьа, х1ай сира сай, хьо къанбелча цу г1елашна,
Иштта аьтто буху хьуна, шен во1 воцчу къеначу дадин;
Ма г1ертахьа, сийна кхокха, хьайн т1ам бойча, стигал бала,
Иштта хьуьнар духу хьуна, ваша воцчу цхьалха йишин.

12. Сай

Ламанах бухдуьйлу шал шийла шовданаш
Шен бекъачу кийранна 1аббалац ца молуш,
Варша йисте ва йолу марг1ала сийна буц
Шен оьздачу зоьрханна буззалац ца юуш,
Цу хьуьнан хотешкахь берзан йорт ва етташ,
1инан к1орге ва буьйлуш, сема ла ва дуьйг1уш,
Иччархочун ва тоьпо лацарна ва кхоьруш,
Мокхазар ва бердах куьран га ва хьоькхуш,
Цу попан орамах торг1ал т1а ва детташ,
Лергаш дуьхьал ва туьйсуш, кур аркъал сеттабеш,
Орцах лаха ва буьйлуш, г1елашка ва г1ерг1аш.
Масане сай лела г1елашца ва боцуш,
Вай бен дац, к1енатий, бохуриг ца хуьлуш!

13. Яхь йолу к1ентий

Да велла диса хьо,
Кийрара дилхи дог,
Ахь совца ца дуьтуш,
Махкаха дехи тхо.
Х1инца 1аба х1отталахь,
Кийрара дилхи дог,
Вийнариг вуьсучу
Мостаг1ойн арахь,
Вайн дайша г1азотана хихкина
И бора ва бокъий
Хоьхкуриг хилла-кха
Немцойн арахь.
Вайн дайша г1азотана лестийна
Болатан тарраш
Лесториг хили-кха
Немцойн арахь.
Сийна ц1е ялийла
Немцойн арахь,
Т1ам тоьхна олхазар
Т1ехула ца долуш.
Сийна х1орд бат1ийла
Немцойн арахь,
Пелаг ва тоьхна
Ч1ара хин йисте ца балалуш.
Кхаъ баттахь ца беккхина
Карпатойн лекха лам,
Кхаъ дийнахь беккхинца
Нохчийн к1енташа,
Хьо вуоха ма вуоха,
Москохан ва паччахь,
Хьуна орцух кхиънариш
Нохчийн к1ентий бу хьуна.

14. Х1ара назма олу ша,
Г1елвелла олу ша.
Х1ара назма олу ша,
Гатвелла олу ша.
Оьшариг т1етоьхна,
Х1ара ешар доьху ша
Рузбана маьждиге.
Шайн Шелахь веллариг,
Д1авуллуш вара ша,
Ницкъ кхочу г1уллакхаш
Царна деш вара ша,
Ша динчу г1уллакхех
Г1уллакхаш ца хилчи,
Леларна ял лолахь,
Ва везин дели.
Шена мотт бинарш
Юьртахой ма хили,
Церан мотт ва тоьлла
Ша набахтехь ма виси,
Шен набахтехь х1оттийнарг
Ростовехь ма сеца,
Сингаттам совбели,
Ва везин дели.
Ша велчи кхуссар ву
Цу салтин саьнгарчу,
Ша важа дог1ур ду
Цхьа ж1алий, ши к1езий,
Джабраил малико
Шега жоп ва дехчи,
Далан жоп хир дуй-техьа,
Ва везин дели.
Цхьа нана яра шен
Тоха са доцуш,
Цхьа зуда яра шен
Дан амал доцуш,
Шен керт-ков ма диси
Вала да воцуш.
Сингаттам совбели,
Ва везин дели.
Лекхачу ламанал
Ша лекха дийцинарг,
Охьарчу аренал
Ша шера дийцинарг,
Рузбана маьждигехь
Ша даздеш дийцинарг,
Д1адели, алалахь,
Ва везин дели.

15. Х1ар дуьне мел ду
Дуьненна го туьйсуш,
Ма хьаьдда хьийза хьо,
Сан г1ийла ойла.
Ц1а соцуш хилалахь,
Т1аьхьакхиа г1ерта со,
Ладуг1уш хилалахь,
Замана йохалла!
Цхьа суьйре еара
Шал шийла ша бахьаш
Цхьа суьйре еара -
Ша кийрахь бисира,
И суьйре йицлур яц
Кийрарчу сан дагна,
йиц ца яр доьху хьоь,
Заман йохалла!
Ма белха сан б1аьргаш,
Шу х1унда боьлху-техьа?
Ма хьийза ойланаш,
Аш х1ун де боху соьга?
Дакъаза ма дала,
Кийрара дилха дог,
Ма карзахдуьйлу хьо,
Сох дала г1ерташ.

16. Да виса шун, да виса шун!
Да виса шун, да виса шун!
Дикачу к1ентийн дой лелла аренаш,
Ц1е йолчу к1ентийн дош сецна аренаш.
Да виса хьан, да виса хьан, д1аяхана ва зама,
Мел оьзда яра хьо, дайх йисна ва зама.
Хьо юха йог1ур ярий-теша?
Кхин ян амал хин ярий-теша?
Да виса хьан, да виса хьан, хьо йог1у суьйре,
Дера ца йог1у хьо дог делош, сакъералуш,
Цхьана заманахь баьхначу дикачу к1ентойх дош дохьуш,
Дера ца йог1у хьо дагана хьаам беш.
Да виса хьан, да виса хьан, малх хьоьжу ва дуьне.
Хьо диънарг мила ву-те хетарш ва хилла?
Цхьана дийнан делкъалц бохурш ва хилла?
Хьо диънарг хир вуй-теша, малх хьоьжу к1айн дуьне?
Да виса шун, да виса шун, ва нуьре б1аьргаш,
Мел ч1ог1а кхоьли-кх шуна малх хьоьжу х1ара дуьне,
Шу серладаьррий-теша дуьненан баланах?
Дика к1ант мел вериг Сибреха ва ваха,
Ц1е йолуш мел вериг цу арме вахийти,
Мел яхьах дохий тхо, ва вез?н тхан дела.
Ламанахь г1аьттина 1аьржа леча ва санна,
Аренца г1евттина къора кхокхий ва санна,
Ламанан басахь деса ма дека
Дикачу к1ентех дисина хьо дуьне.
Иллах1и ярабби, ва везан дела,
Къинхетам хьоьга боьху: йоьхначу заманна
Ян г1оли юй-теша, доьхначу дегнашна?

17. Х1е боьду т1ам сийна кхокха,
Зен-зулам доцуш Дег1астане кхачахь,
Шегара кост шен нанас винчуьнга д1аалалахь,
Ардангах хаьдда гила борз санна,
Дикачу к1ентех ша хаьдда ву ала,
Кху пана махкахь ша висна ву ала,
Дела воцург накъост воцуш, ша г1ийла ву ала.
Мацалла ца вала попан г1аш диира ша,
Хьогалла ца вала бецан хи мийлира ша,
Бецан хи мийлина бецан баса вирзира ша,
Дакъаза ма дала хьо, шен кийрара дилха дог,
Кху пана ва махкахь ма саца г1ерта-кх хьо,
Дакъаза ма бала, сан нуьре ши б1аьриг,
Кху попан орамашкахь ма кхола г1ерта шу,
Шен марг1алчу дег1ана дан дола доцуш,
Кийрара дог г1елделла, г1атта йиш йоцуш,
Де доьхна ву ала шен нанас винчуьнга.
Шена лере хезаш дерг берзалойн уг1у аз ма деца.
Шена т1ехула хьийзаш дераш олхазарш ма деца,
Йиш йоьхна ву ала кху пана ва махкахь.
Шен нанас йинчуьнга доггах елха алалахь,
Шен мерзачу езаре виц ма ве алалахь,
Ша винчу шен нене собаре хила алалахь,
Шен нанас винчуьнга ваша воций хаийталахь,
Иллах1и ярабби, я аллах1 дела,
Къинхетам хьоьга боьху,
Къинхетам ахь белахь шен марг1алчу дег1ах,
Ша верзо - д1аэца накъост ца хиларна,
Везаш д1аэцалахь г1азотехь волуш.

18. Да вала хьан дела1,
Малх кхета хьо дуьне,
Хьо дуург ца хилла,
Дагна товриш ва хилла.
Хьо дуург ца хилла,
Бохург ва хилла,
Хьо дуург ца хилла,
Хетариш ва хилла.
Дагна товриш ва хилла,
Хьо дуург ва хиллехь,
Хьо дууш хир дара
Безнаршца ва цхьана.
Бохург ва хилла,
Хьо дуург ва хиллехь,
Хьо дууш хир дарий
Дагна дукха езначу
Мерзачу езарца.
Товраш хилла ца лаьтта,
Там хилла ца лаьтта
Башлекха и лаьмнаш,
Аьхкенан кхаа баттахь
Бора дарц ва детташ,
Сийна буц ца йолуш,
Я лайлах1 ва лалай,
Хетарш хилла ца лаьтта
Чергазийн ва раьг1наш,
Аьхкенан кхаа баттахь
Цу малхо ва моьрцуш.
Хетарш хуьлуш ва делахь,
Бохург хуьлуш ва делахь,
Некъо гола мел тухучохь
Шовданаш хир дарий,
Шовданийн ва коьртехь
Таьллийн хьун хир ярий.
Долу г1а ва санна,
Вежарий кхуьур бу,
Дужуш г1а ва санна,
Царех д1ахедар ву.
Нийсархой кхуьур бу,
Хаза йолу б1аьсте ва санна;
Царах д1ахедар ву,
Эсаро дожадо
Толлан г1а ва санна.
Вахарх а вузур ву,
Мазах буьзна никх санна;
Вахарх а хедар ву,
Эла велла никх санна.
Да велла диса хьо,
Малх кхета к1айн дуьне,
Дезаш ка ва еттарх,
Ма карара дели хьо.
Дагна дукха мел везнарг,
Велла д1а ма вели.
Ца даъал чам байна,
Къахьделла хьо дуьне.
Ца ер вай, к1енатий,
Яр йоьхна ойланаш,
Ца ер вай, к1енатий,
Дуьненан г1айг1анаш.
Вайна дика ма яра
Сарахь сагатделча,
Эзар ойла ва хилла,
Сарахь чувирзича,
Самукъа ва даккха
Бос хаза мехкарий.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz