ДЕСТЕЧУН ИЛЛИ

К1ант кечван юьйлира, тов, цхьа к1ентан ва Баба.
Кхиъча т1ехаор аьлла кхелийн реме а яхна,
Боьхха мах белла бекъа ялийра, тов, шен к1антана.
Г1умкийн пхьерашка нуьйр-дирста кечъяйтира,
Дешица, детина уьш дика кхелина.
Дика герз кечдайтира, тов, дешица, детица кхелина,
Шовлакхан духар дайтира, тов, хьомечу к1антана.
Суьйранна х1оьттинчу пхьоьхана яхара, тов,
К1ант вина ва Баба.
К1енташлахь лекхалла, лохалла шен б1аьрг т1ех1оьттина
Пхьоьханара жима к1ант кхайкхина валийра цо
Ша йолчу х1усаме.
Юьртара элий, стунаш балийра, тов,
Ша йолчу х1усаме.
Х1окху хене вахчахь, т1елуха дойту ша аьлла,
Т1едуха барзакъ дайтира, тов, к1ант винчу Бабас,
К1ант кечвина елира, тов, к1ант вина Баба,
Кхоалг1ачу дийнахь 1ожаллин цамгар кхийтира тов,
К1ант винчу Бабина.
Цу цамгарх 1ожалла хилара, тов, к1ант винчу Бабин.
Тезет д1адирзинчу кхоалг1ачу цу дийнахь,
Хьолаца ву аьлла, чохь зуда яц аьлла,
Юьртара жима зуда хьахийра бах
Воккхачу цу стагана
Тайпана а ву аьлла, хьал долуш а ву аьлла,
Ехча елира, тов, йо1 йолчу цу Дадас.
Ялийна йоссийра, тов, вешин цу х1усаме.
Кирхьанахь даний, тов, Дадин к1айн нускал.
Кхоалг1ачу дийнахь, малх бузучу цу хенахь,
Нускал долчу вахара бах и Бабин жима к1ант,
- Дика мел дерг дог1алда, Дадин к1айн нускал,
Хьо йолчу х1усаме!
Ваза хьевелла алий, ша бехке ма велахь,
Х1ай, Дадий к1айн нускал!
Ц1ахь вита стаг воцуш, ц1а эрна долу дела хьевелира ша.
Тахана дуьххьал ду хьуна, кхул т1аьхьа
Т1аьххьура а ду хьуна, ша дехар до хьоьга:
Суьйранна, 1уьйранна уьйт1а а юьйлуш,
"Хьо винар яллахьара нелца!" - бохуш,
Къа ца дехар доьху ша хьоьга.
Айхьа вича санна, хьо суна хилалахь,
Ахь вича санна, со хьоьца хир ву хьуна,
Хаза дехар ду вай, со ца вина Баба"! -
Аьлла вистхилира, тов, Бабин жима к1ант.
Кирхьанахь ладуг1уш даний, тов, Дадин жима нускал,
Шийла мохь хьаькхира, тов, цу Дадин нускало,
Ц1енкъа кхерстира, тов, нускалан барзакъца,
Б1аьргаш ц1ий белира, тов, багах, чопаш еш,
Шена цергаш юхкуш, пхьаьрсаш хедо а юьйлира, тов,
Веана чуиккхира, тов, ден вешин ши к1анат.
Лулара нах а баьхкира бах
Когех буржал а туьйхира бах цунна,
Куьйгаш д1а а дихкира, тов,
Дукха холчах1иттина, даний, тов,
Дадин вешин бераш.
Буьйса шина декъе йирзинчу хенахь,
Хаьттинчунна кхуо жоп ца делчахь,
Ден ваша волчу вахара, тов, ден вешин ши к1ант. -
- Ма юьхь1аьржа х1итти-кх вай,
Телхин-кха вайн нускал, д1ахаьттинчунна луш жоп дац.
Волий, хьо хьажахьа, цунна х1ун хилла. -
Аьлла, валийра, тов, шайн Дадин и ваша,
Хьаьстина, хьаьгна дийцийта г1оьртира бах
Нускалан и майра.
Т1аккха дистхилира, тов, кирхьанан нускал:
Х1ай къена воккха стаг, берийн Дада!
Нехан юьхь йина еллерий ша-м хьоьга.
Ша-м хьан зуда яцарий,
Х1ара г1уллакх нахала даьлчахь,
Х1инццалц йоккхуш хилла шун ц1е ма южу.
Шега бакъдерг дийца ма-баха, ша д1аяхийта
Аьлла, дистхилира, тов, и Дадин нускал.
- Дийца шена бакъдериг аьлла, хьовзийра, тов,
Нускалан майрачо кирхьанан нускал.
- Хьайга ца далундерг ахь дийр ма дац,
Ахьа и ца дичахь, со хьоьгахь 1ийр ма яц,
Топ кхетта, тоьпан 1уьргах хьан к1ентан
Охьабеана ц1ийн т1адамаш ахь малабахь
Ша хьоьгахь 1ийр ю, ца малабахь 1ийр а яц
Ша хьоьгахь.
Дуьххьара веана со йолчу чу а ваьлла,
Шена ялийча санна, дагара а хаийтина,
Хьийзий ша хьан к1анта!- аьлла,
Дистхилира, бах, и Дадин к1айн нускал.
Корехь ладуг1уш ваний, тов, ден вешин ши к1анат.
Мохь хьаькхна талхарчу дирзира, тов, Дадин нускал.
Ден ваша араволуш, корера д1авелира
Ден вешин ши к1анат.
Цу къамеле ладоьг1на ша ваьлча,
Доьзалан х1усаме вахана ши к1анат.
Г1аттийра, тов, шина к1ентан ден вашас.
Ши к1ант эцна вахара, тов, вехачу х1усаме.
Охьахаийна, къамел ма дира бах ден вашас,
Шен вешин шина к1анте,
Схьаэцна делан къор1а даржийна охьадиллина:
- Къор1анах дуй буу ша шуьшинна,
Цхьана духарца герзаш лур ду шуна ша,
Цхьана г1ирсаца гила лур бу ша шуьшинна.
Лаха а лехна, мичахьа ву а хьаьжна,
И к1ант венза ма ца волу,
И оцу аг1ор ца дерзийчахь нахалахь
Сий дов вайи! - аьлла,
Вистхилира, тов, нускалан ва майра.
- Вайн нахала довла йиш ма яц,
Иза шаьшшимма вуьйр ву аьлла,
Ара ма велира бах ден вешин ши к1анат.
Ши дин кечбина, некъана кхача кечбина,
Ламанан воршашка вахара бах ден вешин ши к1ант.
Суьйре ларъян хиира, тов, цхьана ламанан ирзешкахь.
Дог1уш ирзе делира, тов, ламанан ц1ен акха.
Мажар тоьхна дожийра, тов, цу ламанан ирзехь.
Каден т1евахара, тов, ден вешин ши к1анат.
Стака дуьззина ц1ий ийцира, тов,
Цу ламанан ц1ен экханах.
Вахана чувелира ,тов, ден ваша ва волчу:
- Буьйса дика йолда хьан, шайн Дадин ваша!
Кхин гур вац хьуна хьайн жима и к1ант.
Х1инца маладе хьайна х1ара ц1ийн стака
Хьайн жимчу нускална аьлла,
Ден веше д1а ма делира ц1ийх дуьзна и стака,
Т1аккха вахара, тов, шен нускал долчу,
Ц1ийн стака д1аделира, тов, шен жимчу нускале.
Кхин гур вац хьуна хьо хьекъалх йохийна,
Шен жима ва к1анат, -
Ц1ийна стака мелла, хьекъале деара, тов,
И Дадин жима нускал.
Там бина д1аверзийра, тов, шен вешин ши к1анат,
Воккхачу стагана жима зуда ялийна яьлла,
Ловзар а дира, тов, йоккхачу цу юьртахь,
Уьш парг1атбаьхна, ц1а веара, тов,
Ден вешин ши к1анат.
- Х1инца к1ант лаха веза вайша, - аьлла,
К1ант лаха аравелира бах ден вешин ши к1ант. -
Ненахой болчу вахана хир ву-кх иза,
Цатам хилча ненахой болчу воьдуш хуьл-кха, -
Аьлла, вахара девешин ши к1анат.
Шайн нана д1айоьллина а ялале дас нускал далорна
Оьг1азвахана, ведда веана вара и к1ант,
И ц1а вига веанера тхойша аьлла.
Вистхилира бах ненан веше.
Цигахь ца карийра, тов, шайн дадин вешин к1ант.
Буса вижа а ца вуьжуш, дийнахь са а ца до1уш,
Ворх1 дийнахь, ворх1 бусий лехира бах
Ца карош веара, тов, вехачу х1усаме.
Дог1маш парг1атдаьхна, шаьш вижа кечвелчахь,
Жимах волчу вашас элира воккхачуьнга:
- Вайша вижча, наб кхетар яц-кха вайшинна.
Хьуна лаарна вайшимма архула къа-м хьийги,
Вайн кешнийн хьармах шек ву-кха ша.
Цкъа цига г1ой бен охьа ма вижа вайша.
Ладог1а вайша вайн кешнийн хьарме? - аьлла,
Вахана д1акхечира, тов, цу кешнийн хьарме,
Воьлхуш, узам хезира, тов, ден вешин к1ентан,
Сов духар т1ера д1адаьккхина, ког байбина,
Т1евахара бах ден вешин к1антана.
Коша т1е бертала вижна 1уьллуш карийра, бах,
Багахь беш узам болуш, ден вешин г1ийла к1ант.
- Ярабби ша вина баба, хьайн деха пурба делахь,
Хан йоцчу 1ожалца, хьайна юххе валаве алий,
Вехахь ша хастамен деле! -
Бохуш, воьлхуш ваний, тов, Бабин жима к1ант.
Цхьацца пхьарс лаьцна, кош т1ера хьалаг1аттийна,
Къамел дан вуьйлйра, тов, ден вешин к1анте.
- Дика ладог1алахь, шайн Дадин веший к1ант!
Адаман йилбазо юккъе ялийначу харцонна,
Вайна бертаваг1ахь хьан къена и Дада,
Тохура санна дехар ма ду вай.
Бакъонна иза берта ца ваг1ахь,
Веза ца волу хьан къена и Дада.
Хьо кхиъна ваьлчахь, и веза а ца ваьлчахь,
Да вийна бохуш, шайца мостаг1ал ма латтаделахь,
Хьекъалан къамелца к1ант берта валийна,
Кхуьй а цхьаьна вахара, тов, ден вешин х1усаме.
Не1 тоьхна, самаваьккхира, тов, шайн Дадин ваша:
- Серлонан лампа латаяй, зайл д1абаккхий,
Не1 парг1ат яй, чувалийтахьа шаьш,
Х1ай шайн Дадин ва ваша!
Къона къанлуш, хьан б1аьрга ганза ду бохуш,
Наха дуьйцу а хазаза, хьуна гайта
Цхьа тамашнна х1ума дахьа хьуна шаьш
Аьлла, вистхилира, тов, ден вешега:
Мотт парг1атбаьккхина, лампа латийра бах,
Сихонца зайл д1абаьккхина,чуваийт