ЗЕЛАМХА Г1ИЗЛАРЕХЬ ЛАТАРАН ИЛЛИ

I

Схьакхеттачу малхана
1индаг1 ва доцуш,
Т1едог1учу дог1анна
Гоъ тхьовса* ва йоцуш,
Малхана йогучу Бос
1аьржачу цу рег1ахь
Дагабуьйлуш ма севци
И нохчийн ва к1ентий.
Ц1естан г1утакх ва долуш
Куьзганах ва йина,
Эрмалойн пхьераша
Вовшашка кхийдийна,
Тбилисехь кечйина
Бос сийна и турмал,
Куьйга номер хьовзийна,
Шина б1аьрга хьажийна,
Вистхили ма боху Харачойн Зеламха:
Ладог1а, ойла е,
Шен нийса накъостий,
Шен б1аьрго схьалаьцнарг
Ша дуьйцур ва шоьга,
Куьйса эрз буьйлучу
Г1ебартойи цу арахь
И ц1окъа ва рема
Ежаш го ва шена,
Вай йора дой лоьхку
И Теркан ва гечош,
Цу Терко г1ум туьйсуш,
Ширлуш го ва шена,
Цементиц къийлина,
Силамца хьаьхина
Хьолахоша йиллина
Г1изларан к1айн г1ала
Ша дийна йисина
Дой кхаьрдаш ма юьсу
Олуш, хьалха ма велир
Харачойн Зеламха,
Шаьш боьлхуш ма кхечир
Г1изларан к1айн г1ала.
Де дууш ма севци
Цу г1алин ва йисте.
Г1ушлакхе де долуш
Вистхили ма боху Харачойн Зеламха:
Ладог1а, х1ай нохчий,
Оьг1азе ша хилча,
Бехк ма билла шена:
Т1етосу ва юрг1а
И стигла ва йолуш,
К1елбуьллу к1еда мотт
1аьржа латта ва долуш,
Мацалла ша дууш
Попан г1а ва долуш,
Хьогалла ва молуш
Бецан тхи ва долуш,
Ша лелаш ма ву-кха,
Х1ар дуьне дадийна,
Т1аккха к1еззиг
Везавей ша-м,
Бехк ма билла шена.
Шу доха ма доха,
Ша хьалха ву шуна,
Ша вухур вацар-кха,
Шу т1аьхьа ду шена.
"Мартанхойн кура к1ентий
Хьайна т1ех1иттабеш,
Сирдинчу** ц1енкьи т1е
Базар стол х1иттаеш,
Шишанийн ва баххьаш
Ва 1ункар х1иттадеш,
И деза ва маларш
Кхийдочу цу хенахь
Дог меттахь хьо хилча
Тамаш бац, 1ела,
Олуш, ца1 вистхилча,
Цул т1аьхьа хан ялале
Х1ара дика ва к1ентий
Дойшна т1ехевшина
Шаьш боьлхуш ма кхечир
Г1изларан г1али чу...
Г1аларчу банкийна
Т1елети ма боху
Дуьненахь а сий долу
Харачойн Зеламха.
Ц1ен деши схьаэцна,
Паччахьан зорбанан
К1айн ахча схьаэцна,
Х1орш бохкучу заман чохь,
Орца ма даьккхира
Г1изларан г1али чохь.
Т1аккха т1е ва гуллуш,
Накъостий д1ах1иттир.
Вистхили ма боху
Харачойн Зеламха:
Дой тоьлла ва дераш
Уллохила, ва к1ентий,
Ва т1амна кадениг
Хьалхавала ва шена.
Дог меттахь ва вериг
Т1аьхьасаца ва шена,
Ва кийрахь даш доллу
И буто д1аьндаргаш
Аша чехка йийлийта
Тоьпан барх1 сона"
Олуш, хьалха ма велир
Харачойн Зеламха.
И стомма хьаькамаш
Шаьш лечкъабевлира.
Ва лекха эпсараш
Шаьш ида бевлира:
Урамийн ва некъаш
Кхарна хецна дитира,
Лакхара ва аьрцнаш
Парг1ат ма девли;
Баьхкина ма кхечи
Бос 1аьржачу цу рег1а.
Де дууш ма севци
Де делкъанг ва долуш...

II

Сиэттачу поштанна
Йора дой ва доьжна,
Шен хьолан локхалла,
Шен деган куралла
Купецийн юткъа шок
Шен матта ва лоькхуш,
Вог1уш т1екхечир бах
Хьал долу Товрачан...
И лаьцна ма саций,
К1айн йийсар ва дина,
Т1аккха лен велир, тов,
Харачойн Зеламха:
Сиха къаста, ва к1ентий,
Шен тобанах боцурш,
Ша ваха воллу-кха
Докъазалла ядийна,
Шун ирс хуьлда-кха,
Шу марша 1олда-кха
Олуш, вола ма вели,
Шен тоба къастийна,
Суьйренца ма кхечир
Цу Яьссел дехьара,
Цу Бенойн цу варша
Харачойн Зеламха.

III

И тиша хьошалла,
Алапа стамделча,
Доьхна ма хиллера
Цу Бенойн Борг1анин,
Эпсар чин кхайкхийна,
Тешамза даьллера.
Гучувели ма боху
И Бенойн Борг1ани,
Цуьнга вистхили бах
Харачойн Зеламха:
"Ирзехь экха санна
Нацкъара вуьйлу хьо,
Хьайн дагна хьайн дериг
Ахь генара дийцалахь".
Т1аккха вистхили, тов,
И бенойн Борг1ани:
Цу торгехь юхку
Алаша ва санна,
Шаьш лахайоккхуш
Хьан ц1е язйича,
Хьоьга безам ва бахана,
Б1аьрг бетташ ма ву ша.
Т1аккха вистхили бах
Харачойн Зеламха:
"Ца къегор хьо к1анта
И къорза пагонаш,
Ца дуур хьо к1анта
И стомма алапа", -
Олуш т1евирзича
Харачойн Зеламха,
Т1ехьашха леци бах
Тешнабехк ва бина.
Т1аккха вистхили бах
Харачойн Зеламха
Шен жимчу ва веше:
Тешначу бехкаца
Ша лаьцна сацийна,
Вошалла дуй-теша
Шен жима хьо ваша?
Ша дагахь воллур ву-кх,
Дуьнен чохь мел веха,
Ледарло ма елахь
Шен жима ва ваша.
Т1аккха вистхили бах
Х1ара жима ва ваша:
Ша кхоссар йо цунна,
Хьо вухахила хьо,
Олуш, тоьхна вожий бах
И Бенойн Борг1ани.
1аьржачу орцано
Буьйда даш ва детташ,
Аьтту боцчу ва т1амна
Дан амал ва доцуш,
Шен аьтту юьйхир бах
Харачойн Зеламхин...
Вешеха хадийна,
Шен деха къастийна,
Ша цхьалха висир, тов,
Харачойн Зеламха.
Т1аккха узам беш сеци, тов,
Харачойн Зеламха:
"Ма дала дакъаза,
Хьо маьлхан к1айн дуьне,
Хьо дуьсур ма хилла,
Цабохур ва хилла,
Хьо дуьсур ва хилла,
Цамоьттур ва хилла.
Цу серийн тускарехь
Накхармоз ва санна,
Дууш мерза ма дара хьо,
Малх кхета хьо дуьне,
Кийрахь стим баьтт1а
До1аха ва санна,
Хьо къахьлург хилла-кх,
Кийрахь дог дохарна..."
____________________________
*Вижа.
**Басар хьаькхначу.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz