ДЕВЛИТГИРИН-ЭВЛА ЙОККХУШ ДАЬККХИНА ИЛЛИ

Вай езаш ва йина,
Вайн г1ийла х1усамаш,
Корах алу ва туьйсуш,
Йогучу цу дийнахь
Юрт юьллуш дехкина
Вай шуьйра урамаш,
Х1отта меттиг ва йоцуш,
Сийсочу цу дийнахь!
Ван керлах балийна
Вайн хьомасар несарий,
Марзойн ц1ераш ва йохуш,
Кхойкхучу цу дийнахь!
Вай дина дай-наной,
Совца меттиг ва йоцуш,
Орцане ва кхойкхуш,
Хьийзачу цу дийнахь!
Сема ла дог1алаш,
Дехачу цу юьрта,
Наношка ва доьлхуш,
Бераш хезар ду шуна!
Вайна безна мехкарий,
Шайн-шайний ва бохуш,
Вайна ц1ераш ва етташ,
Вайга хьуьйсуш бу шуна!
Иэгор бу вай, к1енатой,
Иэхь дайна мостаг1ий,
Бохор бу вай, к1енатой,
Сий доцу мостаг1ий.
Болатах ва дина
Терсмаймал ва тарраш,
Лаккха хьаьла ва уьйуш,
Вай царна деттар ду!
Нохчийн пхьераша ва йина
Хьенапан шаьлтанаш,
Вовшашка ва кхийдош,
Вай царна 1уьттур ю!
Хьаьла хьавсал, к1енатой,
Чергасийн раьг1нашка,
Вайна дог1уш ду шуна
Чоьхьара ва орца!
Д1ахьовсал, к1енатой,
Теркаца хьала-охьа,
Вайна дог1уш ду шуна
Теркаца ва орца!
Чоьхьара ва орца
Хьалхашха т1екхаьччи,
Теркаца ва орца
Т1ехьашха т1екхаьччи!
Човхабер вай, к1енатой,
Иэхь дайна мостаг1ий,
Хьаллакбер вай, к1енатой,
Сий доцу мостаг1ий!
Вухавала луучунна,
Вала пурба ду шуна,
Мохк ларба луучунна,
Лата меттиг ю шуна!
Кертах дой ва туьйсуш,
Цу луьрчу ва т1амехь
Каде леташ ма бара
Дог майра и к1енатой!
Бохуш мохь ва бетташ,
Эскар лечош ма-вара
Доьхначу цу дийнахь
Дог майра ва Эду!
Мостаг1чун ницкъ тоьлла,
Ницкъана ва эшна,
Йохийна ма яьккхир
Девлатгирин ва шахьар.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz