ЭВТАРХОЙН АХЬМАДАН ИЛЛИ

I

Ва сарахь суьйренца, бузучу малхаца
Гаьн т1е куьйра ва санна, ша дина хиъна,
Бен чохьлеча ва санна, нуьйра чохь тавелла,
Сакъеран аравелир, тов, Эвтархой Ахьмад.
Бай т1ехь бокъан санна, готтачу кийрахь
Дог ловзаделир бах Эвтархойн Ахьмадан,
Т1аккха ловзабелир, тов, са ц1ена цуьнан гила,
Йочанан ва мохо идо дарц ва санна,
Са ц1енчу цу гило ша чехка идавеш,
Вадийна вехьир, тов, Эвтархойн ва Ахьмад
Экханан бен лар йоцчу цу пана ва мехка,
Цаьпцалган бен цкъар доцчу цу эрна ва ара.
Динна идан к1ордийна, ша лаха воьссина,
Дерматан барголца дин бажан лаьллина,
Чергазийн юткъа нуьйр г1евланга йиллина,
Чергазийн ва верта даржош т1е ва тесна,
Чал дера ва герзаш, нанас бер ва санна шен маракъуьйлуш,
Набарна ма вижир Эвтархойн ва Ахьмад.

II

1уьйранна седарчий уьдучу заманчохь,
Седарчийн серлонаш къестачу заманчохь,
Нур дашо можа малх кхетале ва хьалха,
Малхал хьалха схьакхета и маьлхан з1аьнараш хазлучу заманчохь,
Син метта топ кхетта ц1иэн экха ва санна,
Т1ехьа ши куьг ва тухуш, ша хьалаиккхина,
Шен оьзда ва духар шен дег1а дерзийна,
Чал дера ва герзаш шен юкъах дихкина,
Ша ара ма велир цхьа г1алаг1азакхи.
Дуьнен чу дашо малх кхетачу цу хенахь,
Цу ханнийн божлара шен жима ва айг1ар
Цу датон дуьрстанца ша араозийна,
Бухь бойначу попа т1е дайн куьйра ва санна,
Дин хьаьвзаш ва хилла, ша таь1аш т1ехиъна,
Айг1арна хи малон ша вахан ма велир
Г1излара г1алара и г1алаг1азакхи.
Сирла хи малийна шен жимчу айг1арна,
Юткъачу шедаца шен айг1ар чехабеш,
Ша чехка велир и шерачу цу ара.
Ворх1азза т1ек1елйинчу цу г1алин ва корах
Шега хьоьжуш яй цунна и г1ал"н Г1изларха.
Бай т1ехь бокъон ва санна, готтачу ва кийрахь
Дог ловзаделира, тов, цу г1алаг1азкхичун.
Йилбазан ва мохо некъан чан ва санна,
Расхачу айг1аро ша чехка ва идош,
Ша вахан велир бах и г1алаг1азакхи.
Айг1аро вадийна сел чехка валийр, тов,
И г1алг1азакхи Эвтархойн ва Ахьмад
Наб кхетта 1уьллучу шерачу майдана.
Цунна 1уьллуш вайра, тов, цхьа динан ва бере.
Т1евахан ца х1уттуш, юхавалан даго ца вуьтуш,
Ойлаеш сецир бах и г1алаг1азакхи:
"Дакъаза ма вала, х1ай 1уьллу хьо к1анат!
Хьо х1унда 1уьллу-те кху буто раьг1нашкахь?
Хьаша воцуш ву-те хьо б1обулуш т1евахан?"
Лекхачу динара ша лаха воьссина,
Дерматан барголца дин бажан лаьллина,
Схьаэцна юткъа нуьйр г1евланга йиллина,
Ахьмадан ах верта шена т1е озийна,
Эвтархойн Ахьмадах шен аг1о ва тоьхна,
Набарна вижир, тов, и г1алаг1азакхи.
Г1ан-набарш яйра, тов, Эвтархойн Ахьмадна:
Цхьана г1алаг1азакхичун расхачу айг1аро
Шен гила кхерийна, шен жима ва гила хьалхара д1ауьдуш,
Г1алг1азкхичун ва гила майра чу ва уьдуш.
Цу г1енан холалла мела хьацар ва тоьхна,
Набарах велир бах Эвтархойн ва Ахьмад.
Шен б1аьрга гира, тов, Эвтархойн Ахьмадна,
Шен гила кхерийна, г1алаг1азакхичун цу дино,
Шен гила чехош, кхерийна, хьалхаберзийна,
Бежаш лиэлаш гира цунна г1алг1азкхичун гила.
Дера ча санна, дагна дарвелир бах Эвтархойн ва Ахьмад.
Лен вели, бахара, Эвтархойн ва Ахьмад:
- Дакъаза ма вала, х1ай г1алаг1азакхи!
Х1ай 1уьллу ва бере, ахь суна ца бина
Тешнабехк ас бийр бац ва хьуна!
Хьан дино кхерий-кха сан жима расха дин!
Со кхерор варий-те дин болчу динан дас?
Х1инца латан виэза вайша кху буто раьг1нашкахь1 -
Олуш, вист ва хилча Эвтархойн и Ахьмад,
Син метта топ кхетта ц1иэн экха ва санна,
Т1ехьа ши куьг ва тухуш, герзашка катухуш,
Ша хьалаиккхир, тов, и г1алаг1азакхи,
Т1аккха лен ма велир и г1алаг1азакхи:
- Лета варий ва вайша, Эвтархойн Ахьмад,
Лекхачу ва хиэнал хьо лекха велхьара,
Стоммачу ва попал хьо стомма велхьара.
- Лекхачу ва хиэнал со лекха ву хьуна,
Стоммачу ва попал со стомма ву хьуна,
Тешнабехк ва боцуш, вайша латан ва ваьлчи, -
Олуш, лен ма велир Эвтархойн ва Ахьмад.
Т1аккха лен ва велир и г1алаг1азакхи:
- Дакъаза ма вала, Эвтархойн Ахьмад,
Муха латан лаьа хьуна кху буто раьг1нашкахь?
Тоьпаца, туьраца х1ун бакъахь ду хетий?
Т1аккха лен ма велир Эвтархойн Ахьмад:
- Дакъаза ма вала, х1ай г1алаг1азакхи,
Схьаяьхна тапчанаш вовшашна ва тоьхча,
Цхьаьнниг харц хуьлий хаан йиш ма яц вайн,
Тоьпаца вай летча, харц хилла и йисча,
Тешнабехк хир ма бу, таррашца латан виэза,
Ге-гена ва ваьлла, баттара тарраш ва даьхна,
Чуьчча а хьаьдда, вовшашна тарраш деттар ду вайша, -
Олуш, лен ва ваьлча Эвтархойн Ахьмад,
Ша реза ма хилир и г1алаг1азакхи.
Вовшашна сихонца тарраш а даьхна,
Шаып чуьчча ма хьаьдир и дика ши к1анат.
Шаьшшиъ чуьчча кхачале, хьалха ког ва тоьхна,
Мохь тоьхна, вистхилир и г1алаг1азакхи:
- Дакъаза ма вала, Эвтархойн ва Ахьмад,
Ахь сема ладог1а, собаре ва хилий:
Кхеравели алан даций хьан, Эвтархойн Ахьмад,
Нагахь хьан хьалха каяьлла, ахьа со ва вийча,
"Г1алаг1азакхи вийна Эвтархойн Ахьмада",
Аьлла д1адоьрзур ду, тамаша бийр бац хьох;
Нагахь сан каяьлла, сан карах хьо велча,
Махкахь ц1е йоккхуш дика к1ант хьо хилча,
"Цхьана г1алаг1азакхичо вийна Эвтархойн Ахьмад", -
Аьлла ц1е южур ю хьан, Эвтархойн Ахьмад,
Дуьненан еа а маь11ехь ц1арна а ц1е яхна,
Дика к1ант вара хьо, Эвтархойн Ахьмад.
Вайшинга ва хьовсан вайшинна ва биэза
Мехкарий бац кхузахь, бехк суна ма билла.
Соьга хьуьйсуш баций-ца и нохчийн мехкарий,
Соьга хьоьжуш яций-ца и г1алин Г1изларха,
Даггара тешаме доттаг1аш хилан вайша,
Майралла ва гайтан меттигаш нислур ю,
Собаре хилахьа, Эвтархойн Ахьмад, -
Олуш, лен ва ваьлча и г1алаг1азакхи,
Ша реза ма хилира Эвтархойн Ахьмад.
Куьглоцуш, вовшашна шаьш мараиккхина,
Доттаг1аш ма хилир и дика ши к1анат.
Къамеле ва ваьлла, шерачу майданахь
Шаьш охьахиир бах и дика ши к1анат.

III

- Дийцахьа, цхьанделхьа, Эвтархойн Ахьмад,
Хьо 1ачу юьртахь хьайн йоккху бакъ ц1е,
Айхьа лелон ва г1уллакх, лууш дерг хьайна, -
Олуш лен ва ваьлча и оьрсийн дика к1ант,
Т1аккха лен ма велир Эвтархойн Ахьмад:
- Сан яккхан тиллина ц1е Эвтархойн Ахьмад ю,
Ас лелон г1уллакх ду г1алин Г1изларха ялор,
Лууш дерг ду суна и сайна ялор.
Сан дагна езна-кха и г1алин Г1изларха,
Яг1ахь, йиган лаьа суна и г1алин Г1изларха,
- Г1изларха йолчхула т1ехволуш вара со,
Расхачу сайн динахь т1ехволуш со гина,
Г1одаюккъец араяьлла т1ехьахьаьжира и суна,
И т1ехьахьажарах юхаверзан дола хетта,
Со кхуза ма кхечи, Эвтархойн Ахьмад,
Вайший а и езаш хилча, и суна ца ялош,
Ялор ю вай хьуна, Эвтархойн Ахьмад.
Хьалаг1атта, х1ай Ахьмад, кечбелахь хьайн гила,
Вахан веза вайша йоккхачу г1али чу, -
Аьлла, вахан велира тешаме ши накъост,
Шаьш воьдуш ма кхечир и дика ши к1ант
И г1алин Г1изларха ехачу цу кет1а,
Эвтархойн ва Ахьмад цу кет1ахь витина,
Ша ваьлла вахар, тов, и оьрсийн жима к1ант
И г1алин Г1изларха ехачу х1усаме.
Ша дийца велир, тов, и оьрсийн жима к1ант
Цу г1алин Г1излархе безамах лоьцуш.
Т1аккха лен велир бах Эвтархойн Ахьмад:
- Хьо х1унда хьевелла, х1ай оьрсий дика к1ант?
И г1алин Г1изларха ялош, аравала цу чуьра! -
Дуьхьал вистхилира и оьрсийн жима к1ант:
- Дакъзза ма вала, Эвтархойн Ахьмад!
Сел снха ца хуьлу йо1аца захало,
Йо1 резаярца бертахь дийцина,
Т1еерзон еза вай, собаре хилалахь,
Йо1 бертахь ца хилча, захало дац иза! -
Олуш, бос хаза Г1изларха эцна,
Ша аравелир бах и оьрсийн жима к1ант,
И г1алин Г1изларха динан гоъ т1е хаийна,
Г1алеха велир бах тешамен ши накъост.
Т1аккха лен ма велир и оьрсийн жима к1ант:
- Борз санна майра ю х1ара г1алин Г1изларха,
Ча санна дера ю х1ара г1алин Г1изларха,
Малх санна хаза ю х1ара г1алин Г1изларха,
Хьо санна ва к1ентий сакъеран ва боьлхуш,
Хьайн куьйгах и йоллац, сакъеран ма г1олахь,
Хьо ара ва вийлахь, и хераер ю хьох;
Шу марша г1ойла-кха, некъ дика хуьлда шун,
Шушинна мел луу, шу цхьаьна дехийла
Безамца маьрша, дог дика хилла.
Со волчу вог1ур хьо луъучу хенахь,
Хьан дагах дог дустуш доттаг1а со ву-кха,
Со виц ма велахь, Эвтархойн Ахьмад! -
Олуш, д1асакъаьстир, тов, и нийса накъостий.
***
Ма лалда вай, к1ентий, вовшех безам ва байна,
Ма лалда вай, к1ентий, вовшех тешам ва байна!



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz