ТАЙМИН БИБОЛАТАН ИЛЛИ

I

Буьйса сирла еача, г1али гонах хьийзаш,
Мох-дерз даьлча, цу г1алин го толлуш,
Буьйса 1аьржа еача, г1али чу леташ,
Полковникан йора дой ша чехка схьакхуьйлуш,
Йог1у-йоьду ковра шен б1аьрга тергалъеш,
Шен б1аьрга мел яйнар шен куьйга йохош,
Коврах дохуш бос хаза дареш алсам кхоьхьуш,
Ша лела велира и Таймин Биболат.
Веана х1оьттир-кха цуьнан отон не1арге цхьа динан бере,
Маьрк1ажал т1аьхьа, пхьуьйрал хьалха.
- Ассалам 1алайкум, ва Таймин Биболат!
Буьйса дика хуьлда хьан!
- 1алайкум ва салам, хьо марша вог1ийла,
Хьо лаа леларий кху сарахь суьйренца?
- Къеначу инарло яра кег1ат даийти хьоьга, -
Аьлла, д1аделира цо цхьа бамбин к1айн кег1ат.
- Хьо лаха воссахьа лекхачу динара,
Хьена даийна, мерза малийна вохуьйтур вара хьо.
- Хьо марша 1алда, дала аьтту болда хьан,
Къахета суна хьох, ва Таймин Биболат, -
Аьлла, д1авахара и динан ва бере.

II

Йог1учу 1уьйренца, кхетачу малхаца,
Дуьгу нускал санна, шен гила кечбина,
Чал дера герзаш шен юкъах дихкина,
И ваьлла вахара инарла ва волчу.
- Хьо кхойкху бах соьга, х1ай къена инарла,
Хьо лаа кхойкхий-те? - аьлла, вистхилира и.
- 1уьйранна д1алаьллинарг сарахь ц1а дан ца дуьтуш,
Буьйгеа сирла еача, г1али гонах хьийзаш,
Буьйса 1аьржа еача, г1али чу леташ,
Полковникан йора дой, айхьа схьакхуьйлуш,
Хьо лелаш ву боху, х1ай Таймин Биболат.
Со кхайкхац ва хьоьга, ва Таймин Биболат,
Хьоь кхойкхург ву хьуна и Москон ва паччахь.
- И хьоьга дийцинарг бакъдерг-м ду хьуна.
Х1ай къена инарла,
Ас сийсара далийна полковникан йора дой
Цу ханнийн божалахь парг1атдахаза,
Хьо кхойкху ва аьлла, схьавеана ву со-ма,
Кхана йог1учу хазачу 1уьйренца,
1уьйренца кхетачу цу дашо малхаца
Цу Б1аьхон борзехь ц1ечу байракхашца
Со хир ву ала цу Москон паччахье,
Соьца г1уллакх ва делахь, цу Б1аьхон борзе вола ала,
Хьо марша 1алда, со ц1ехьа воьду, -
Аьлла д1авахар бах и Таймин Биболат.

III

И ваьлла вахара шайн юьртан пхоьхана.
- Ассалам 1алайкум, юьртара ва к1ентий
Шоьхий, делахий волийла со,
Шух шена накъост оьшуш шуьга ас и бахахь,
Шений-шений хиинехьара, ша вог1ур вара,
Бохуш т1аьхьенгахь бехкаш ца дахийта боху ас,
Со воьду цу Б1аьхо борзе, инарла кхайкхинчу, -
Аьлла, юкъара къаьстира и Таймин Биболат.
Цунна т1ехьа х1оьттира цхьа к1еззиг к1ентий ва тоба,
Дуьне дуьтуш буза боьду можа малх санна,
Юрт юьтуш юртаха елира и к1ентийн ва тоба.
Т1аккха вистхилира и Таймин Биболат:
- Сема ладог1алаш, х1ай к1ентийн ва тоба,
1уьйренца болийна т1ом суьйренга бахча,
Молхана к1уьрана дохк х1итта яьлча,
Саьмгалан хьожанна дой терса доьлча,
Стиглахь морха йоцуш декхначу дийнахь,
Молханан к1уьрана морхаш х1итта яьлча,
Борза т1ехь лечкъа волу к1ант д1акъасталаш шайна,
Вай доьлху шуна цу Б1аьхон борзе,
Ннарла кхайкхинчу,
Духа а дог1ур ду аьлла вай доьлхуш дац шуна, -
Уьш боьлхуш кхечир-кха цу Б1аьхо борзе,
Йог1учу 1уьйренца, кхетачу малхаца,
Хьалхара хьалхе мохал маса йолуш,
Т1аьхьара т1аьхье дахкал юькъа йолуш,
Сеттачу почтанна йора дой доьжна,
Царна юккъе х1оьттина,
Веана т1екхечира и къена инарла.
Т1ом болабелира инзаре буьрса.

IV

1уьйранца болийна т1ом суьйранга бахара,
Молханан к1уьрана дохк х1итта елира,
Саьмгалан хьожанна дой терса девлира,
Стиглахь морха йоцуш декхначу цу дийнахь
Молханан к1уьрана морхаш х1итта евлира,
И юьртан к1ентий борзах лечкъа ма буьйлира,
Ца виссал чевнаш шен дег1ах хилла,
Цхьа дела воцуриг, кхин накъост воцуш,
Дуьненах долу дог диллина ваьлла,
Цу халчу т1ам т1ехь ша цхьалха
Ма висир и Таймин Биболат.
Т1аккха мохь туьйхира цо цу юьртан к1енташка:
Х1ай елла йовла шу, ва юьртан к1ентий,
Ша ца элира шуьга вай дехачу юьрта йистехь,
Борза т1ехь лечкъа волу к1ант д1акъасталаш аьлла?
Жимчохь берахь дуьйна мерза доттаг1а
Лаьттина вара сан и Жумин Акхтула,
Дуй биъна вара тхойша вовшел т1аьхьа яр дуьне ца даа,
Ца виссал чевнаш дег1ана хилла сан,
Дуьненах долу дог диллина ваьлла со,
Цу Жумин Акхтуле хаийта ваха к1ант вац техьа шулахь? -
Аьлла цо мохь тоьхча, ша воьду ва аьлла,
Кхокхашна юкъара к1айн куьйра санна,
Расхачу динца юкъара къаьстир-кха
Цхьа каде ва бере.
И чехка вахар-кха Жумин Акхтула волчу.
- Ассалам 1алайкум, ва Жумин Акхтула,
Жимчохь берахь дуьйна схьа
Хьан мерза доттаг1а волу и Таймин Биболат,
Ца виссал чевнаш дег1ана хилла,
Цхьа дела воцуриг, кхин накъост воцуш,
Т1ам т1ехь хьийзош ву хьуна, -
Аьлла, д1авахара и динан ва бере,
Чал дера герзаш кечда вуьйлира и,
Цунах шекваьлла и къена Жума
- Хьо стенна кечло, шен жима Акхтула? -
- Аьлла, вистхилира.
Жимачохь берахь дуьйна шен мерза
Доттаг1а лаьттина волу Таймин Биболат,
Ца виссал чевнаш дег1ана хилла,
Дуьненах долу дог диллина ваьлла,
Цу Б1аьхон борзехь инарлин эскаран
Халчу т1амо хьийзош ву боху,
Цига ваха воллу ша.
- Х1ай елла яла хьо, шен жима хаза йо1,
Басарш, сабанаш хьекхна, хьо парг1ат йог1ур,
Ва лата къона ву хьуна ша къена Жума,
Вала къена ву хьуна ша къена Жума,
Жерошна теба хан
Йолуш ву хьуна ша къена Жума,
Схьаозал, цхьанделхьа, шен къена алаша,
Ша воьду цига, -
Аьлла, схьаозийра къена алаша.
Шен шира герзаш шен г1одах дихкина,
Къеначу алашина кхерсташ т1еваьлла,
- Дакъаза ма яла, шен къена алаша,
Хьо шеца кьанъелла, ша хьоьца къанвелла,
Хьо каде хилалахь, таханлерчу кху дийнахь, -
Аьлла, тоьхна ткъес санна, чехка юьртах ваьлла,
И воьдуш кхечира цу халчу т1ам т1е.
- Ассалам 1алайкум, ва Таймин Биболат,
Чевнаш декъала хуьлда хьан1
- Во 1алайкум солом, марша вог1ийла, къена Жума,
Мел вон веа хьо, хьо вал доккха
Г1уллакх дацара кхузахь.
- Ша вевзий-те хьуна, къена инарла? -
Т1аме дукха хьийзина
Молханан к1уьран тача,
Духар т1е йиллина ша къена Жума, -
Аьлла т1ом болийра къеначу Жумас,
Суьйренца болийна т1ом 1уьйренга белира,
Сахуьлуш седарчий уьдучу хенахь,
Седарчийн серлонаш къестачу хенахь,
Г1ирг1ано йохо кхокхийн тоба санна,
Инарлин эскаран кхолха го
Шалха бирзира,
Т1аккха вистхилар-кха и Таймин Биболат:
- Дакъаза ма вала, х1ай къена Жума!
Мел ч1ог1а чехадо-кха вайшинна гонах
Долу инарлин эскар.
Шен жима хаза йо1 йитнера ша,
Басарш, сабанаш хьоькхуш кечлуш,
Иза кхаьчча хир ю-кха кхуза.
Гила барзо дохо 1аьржа даций санна,
Инарлин эскар ша ч1ог1а дохош,
Веана т1ех1оьттир-кх и Жумин Акхтула.
- Ассолом 1алайкум, х1ай къена Жума!
Шел хьалха кхуза кхаьчна,
Ахь нисдинар х1ун ду техьа? -
Аьлла, вистхилира и Жумин Акхтула.
Ша нисдинарг х1ун ду ша хаийта хьуна аьлла,
Почта хаьхкина воьдучу къеначу инарлина
Т1ехьа хийцир-кх къеначу Жумас шен къена алаша.
- Хьо ида ма ида, къанвелла инарла,
Идарх вер вац хьо, къанвелла инарла, -
Аьлла, тур тоьхна, божийра цо инарлин корта.
Почтана т1е велира и къена Жума,
Биболатан нускална яра совг1ат хьо ша,
Шуьша парг1ат вог1ур, - аьлла,
Сеттачу почта т1е ваьлла,
Ша ц1ехьа вахар и къена ва Жума.
Бацала ло санна, и эскар эгийна,
Вахана ц1а кхечира цхьатерра ши накъост.
Кегийчу лоьраша вуьсур вац бохуш,
Баккхийчу лоьраша вуьсур ву бохуш,
Метта виллира и Таймин Биболат.
Баккхийчу лоьрийн дарбанаш алсам хиларна,
Г1еттина пхоьхана велира и Таймин Биболат.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz