ЭЛА КЪАХЬАРМИН ИЛЛИ

Ден кхалхар дазделла, сина бала ва хилла,
Буьсанна хан яьлча, наб йоькъуш г1еттина,
Дагара д1адийца уллохь ваша ца хилла,
Шел жима шен йиша г1атто ца х1оьттина,
Ойла еш ва лаьтташ х1ара эла Къахьарма,
Саламца т1ех1оьттира кхуьнан ден ши ваша,
Ден марзо кхачийна ша г1ийла висарна,
Шега ла шаьш дог1а боьхкина моьттуш,
Шен бала кхачарна сов воккха вийна,
Баьрчче ша бохуш уьш охьаховшийна,
Лен вели бахара х1ара эла Къахьарма:
- Шул сов амал дац-кха сан, х1ай сан ден вежарий,
Сан бала ва кхаьчна шу гучадовларна,
Мерзачу саламца хьаьвзаш чудаьхкина,
Коьртера бала аш, бекъна д1абаржорна,
Баркалла олу ас, х1ай сан ден ши ваша!
Дог реза дина аш со парг1ат ваккхарна,
Цхьалха со цахиларх дог тешна даларна,
Со хьалххе г1оттур ву йог1учу 1уьйранна,
Шу соьца г1итталаш, сан хьомен тхьамданаш,
Шу т1аьхьа ва долуш, со хьалха ва ваьлла,
Хьалхара г1улч юстуш, т1аьхьара муш бустуш,
Кхаа декъехь йоькъур ша дех йисна и раьг1наш,
Иштта д1а-схьа йоькъур ша и шера аренаш,
Уьйрашца ва къестош, эшош вайх цхьа воцуш,
Кхаа декъехь йоькъур ша ден йисна и рема.
Шу толош доькъур ша дех дисна деций.
Ворх1 башха не1арашна дог1анаш диттина,
Детех бух ва буьзна, т1е деши доьхкина
Йоьттина лаьтта дех йисна и хазна,
Кхаа декъехь йоькъур ша шуьшинца, - бохуш,
Т1аккхе лен велира бах х1ара ден ши ваша:
- Дакъаза ма вала, тхан вешин жима во1,
Тхо даьхкина дацар-кха, вехачу хьан х1усаме,
Дех дисна хьан даьхний декъна хьоь деха,
Тхо дог1уш ма даьхкира кхаъ бахьаш хьоьга:
Хьо волчу сакъера, хьо вовзар дезаш,
Ден доттаг1 хьан хилла паччахь ву вог1уш.
Ца вевзина ва хьаша вайн х1усамехь лара,
Сов ч1ог1а лерина кечам бан беза,
Даан х1итто ма деза ца диъна даарш,
Мала х1итто ма деза ца мийлина маларш, -
Бохуш, лен ва ваьлча, х1иллане ши ваша,
Т1аккха лен велира, тов, и эла Къахьарма:
- Паччахьо ца диъна, цуьнан б1аьрга ца гина,
Чам болу даарш леха хала хир ду-кха,
Каро хала хир ду-кха ца мийлла и маларш,
Доцуриг доцуш ду, и лаха хан оьшу,
Даа шорта диллина бордаха и дилха,
Мала шортта х1оттийна бух сирла и малар,
Лийрина берзор вай мехкан боцу хьеший,
Собаре хилалаш, сан хьомен тхьамданаш, -
Олуш, лен ва ваьлча, х1ара эла Къахьарма,
Лен вели бахара х1ара мекар ши ваша:
- Ден доттаг1 ва хилча, ша паччахь хилча,
Ахь иштта верзийча, веанчу паччахьо
Бехк буьллур бу хьуна, х1ай эла Къахьарма.
Ва хьоьга боккху бехк дегнашна ца безна,
Х1ара еха ва буьйса кхаа декъе ерзийна,
Ойла йира охашимма даарийн, маларийн,
Тхан ойла ма сеци лечанан к1орнеш т1ехь,
Кхерзина уьш йохкур вай баьхкинчу хьешашна,
Мала охьадуттур вай церан сирла б1аьргаш,
И хила ма тарло ганза пхьор, паччахьна,
Ахь сиха кечъехьа буланан и асаш,
Вай яхьаш дог1ур ду лечанан ши к1орни,
Цара хаза дийцарна ша 1ехавелла,
Шайт1анан некъашца ша юьртаха ваьлла,
Сов алсам гулйина буланан асаш,
Ша хьалха ва ваьлла, уьш шеца ва болуш,
Буьйсанна хан яьлча, мокхазан цу бердах,
Ваха вели бахара и эла Къахьарма.
Хьаьвзаш шаьш д1акхаьшча мокхазан бердах,
Буланан и асаш шен г1одах йихкина,
Асанан юьхьагаш ден вежаршка кховдийна,
Мокхазан цу бердах, лечанан бен чу,
Ша бердах вахара бах и эла Къахьарма.
Д1акхечи ша аьлла буха хаам ва бина,
Лечанца ши к1орни цу бен чохь къийсина,
Хьолаха ва хаьдна, г1орасиз хилла,
Ша виса ва ваьлча, лечанан бен чохь,
Дуткъачу озанца, дан амал дайна,
Буха мохь туьйхира бах цу эла Къахьармас:
- Къийсар тамаша бац ненаца ши к1орни,
Мел боккха тамаша хилла и х1оттарх а,
Соьга яккха ма ца ло ненара ши к1орни,
Хьалаоза асаш, т1еваккха ша аьлла.
Т1аккха лен велира, тов, х1ара ден ши ваша:
- Мокхазан кху бердах, лечанан бен чу
Ваккха вахийтина ма вац хьо, эла Къахьарма,
Яккхалахь яккха ахь ненера ши к1орни,
Бен хьуна буьсур бу, х1ай эла Къахьарма,
И хьоьга ца далахь, х1ара дуьне мел деха,
Хьо цунна вити шаьш, х1ай эла Къахьарма
Бохуш, лен ва ваьлча х1ара ден ши ваша,
Да велла дисина шен даьхни дезаш,
Б1аьрмециг ва бевлла, шен дохина тебаш,
Ша вен уьш г1ертар девзина ваьлча,
Лен вели бахара х1ара эла Къахьарма:
- Г1орасиз ва хилла, дан амал доцуш,
Орца ша дехарх, г1о дан стаг воцчу,
Лечарчий декачу мокхазан кху бердах,
Ма вита ша бохуш, ден шина веше,
Дуьхьал лен велир-а бах х1ара ден ши ваша:
- Кхаа декъехь доькъучул лакхара лаьмнаш,
Лахара аренаш, дежа хьан даьхни,
Ворх1 башха не1 йолуш, ворх1 дог1а тоьхна,
Дас йитина хьан хазна
Шина декъе екъан мел атта ду шайна,
Къахьарма бохуш, майра шаьш кхойкхуш,
И асаш д1ахецна Къахьарма витина,
Шаьш ц1ехьа вирзира бах х1ара ден ши ваша.
Ша цхьалха ва витча, лечанан цу бен чохь,
Дагца ша ч1аг1о еш, т1аьхьа мохь бетташ,
Кху балех ша валахь шуьша вен бохуш,
Кхойкхучохь витина эла Къахьарма,
Лакхара ламанаш, ломара деций
Доькъуш, шаьш биссина лахарчу ара,
И шуьйра аренаш, реманаш екъна,
Парг1ат ц1а вирзина, са парг1ат даьлла,
Вешин йо1 шаьш елхош, маьхьарца йожийна,
Шаьш екъа х1иттира бах и ц1ера хазна,
Къахьарма ганза кхаа дийне яьлла,
Турмалца хьежарх б1аьрго и ца лаьцна,
Сина са хьаьвзина, садала доьлла,
Хин коьрте ва вог1у Къахьармин доттаг1а
Шен б1аьрго ва лаьцча, цу сарахь суьйренца,
И ц1естан ва к1удал шен пхьаьрсах тесна,
Ша чехка яхана шовданан коьрте,
Б1аьрга б1аьца ва йина, куьйган эшарца,
Кхойкхуш т1евалийна Къахьармин доттаг1а,
Лен ели бахара Къахьармин езар:
- Хаьий-те хьуна, доттаг1чух хилларг?
Ч1ог1а сахьаьвзина и б1аьрга ца гуш! -
Вистхили бахара Къахьармин доттаг1а:
- Суьйранна ва вахча, к1иранах ваг1ац,
1уьйранна ва вахча, баттахь ц1а ваг1ац,
Да валаран и къахьо кийра ца таръелла,
Синан са хьаьвзина, бала совбаьлла,
Вахана хир ма ву эла и Къахьарма.
Собаре хила хьо, доттаг1чун езар,
Вог1ур ву Къахьарма, де-дийне долуш.
Т1аккха лен елира бах доттаг1чун и езар:
- Шийтта куьзга чудетташ, чохь сенаш дохуш,
Эрмалойн пхьераша шаьш къуьйчуш ва йина,
Эрмалойн турмалан куьйга бера ва хьийзош,
Ламанаш, аренаш хьалхахьа ийзош,
Ас ч1ог1а ма теллин и лела ва некъаш,
Жа дежа ламанаш, и шера аренаш,
Мокхаза берд боцчо дуьненах тешайо,
И эла Къахьа ма шеца вац бохуш,
Мокхазан цу бердах цхьа леча ду хьийзаш,
Чудаха ца х1уттуш, шен бенах къехкаш,
Къахьарма ву боху-кха даго цу бен чохь,
Суьйранна гулъехьа буланан асанаш
Къахьармин бахамна б1аьрмециг ваьлла,
Ден шина вашас тешнабехк ва бина,
Витина моттало-кха мокхазан бердах,
Вайша хьажа ма деза мокхазан бердах, -
Олуш, лен ва яьлча доттаг1чун езар,
Ша сиха кечйина буланан асаш,
Сов каде кечвелла, са ч1ог1а хьаьвзина,
Доттаг1чун и езар йолчу ша вахана,
Цунна хьалха ва ваьлла, и т1аьхьа ва йолуш,
Лечарчий хьийзачу мокхазан бердах
Ваха вели бахара Къахьармин доттаг1а,
Кхочучу шаьш кхаьчча, бердах ладоьг1на,
Къахьармин и узар цу бердах хезна,
Кхайкха ели, бахара, Къахьармин еза:
- Асаш шаьш кховдайо, хьалавала, - бохуш.
Т1аккха лен велира бах эла Къахьарма:
Ден шина ва вашас ша бердах витча,
Паччахьна ва гергахь сий к1езиг хилча,
Лечанца къийсина г1орасиз хилча,
Мацалла дарбелла кийра шагбелла,
Дуьненах долу дог диллина ваьлла,
1ожалле сатуьйсуш лаьттачу муьрехь
Ша вала витийша, доттаг1ий, бохуш.
Юха а лен елира бах Къахьармин езар:
- Делаха йолда ша, ва хьоьха йолда ша,
Шен сина ва везна х1ай эла Къахьарма!
Ахь дуьту х1ар дуьне сайх дитар,
Ва тховсалерчу йоьхначу кху буса,
Сан сина кхаъ бацахь, кхоьллинчу делора
Дуй ма боу ас хьуна, х1ай мерза везар,
Хьо хьала ца валахь чуэккха! - бохуш,
Шен хьомен и езар бердах йог1ур хиларх
Дилха дог тешна,
Дуьненах валарал, езачух ша валар
Дагна даз ва делла, йоь1ан сий лардина,
Хьалавели бахара и эла Къахьарма.
Хиллариг, дог доьлхуш, цаьрга д1адийцина,
Уьш ц1ехьа д1ахьовсош, ша къаьсташ вирзина,
Вахана д1акхаьчча вехачу х1усамехь,
Б1аьргарчу ва хишца шен йиша ва елхош,
Дех йисна шен хазна шина декъе ерзийна,
И йоькъуш карийра, тов, и шен ден ши ваша.
Биъна дуй ца къарбеш, ший вийна, виллина,
Кхайкхина балийна лулара лулахой
Резабеш д1аделла и алсам ц1ен деши,
Хьалхарчу кхаьллийлахь, шиннен к1аг ца1 болуш,
Царна барз ва шарбеш, уьш юьстах теттина,
Буьйсанна вижина х1ара эла Къахьарма,
1уьйранна ва г1аттош, набарха воккхуш,
Кхайкха вели бахара цхьа динахь бере:
- Х1ара тептар ду хьоьга Боьлкузур г1алара,
Кхачалахь а кхачадар цу Москох г1ала,
Ца кхачалахь а кхачадар цу Москох паччахье,
Хьуна т1е ма дуьллу, эла Къахьарма.
Паччахьан и дешнаш дагардина вели ша,
Х1ара тептар ду хьуна, Къахьарма, аьлла,
Ша вухавирзина и динахь бере,
Г1орасиз хиларна дан амал доцуш,
Ойланаш гулйина, сема ладоьг1ча,
Дагавеа бахара и Шотин Аьстамир
- Листа да ва воцуш, юьрта т1е эхь дарах
И листа лараво Шотин и Аьстамир,
Схьакхайкха хьо цуьнга, сан хьомсар ва йиша, -
Аьлла, д1аг1аттийра бах шел жима шен йиша.
И везаш хиларна гаре сатуьйсуш,
Кет1а ша йодарна юьхь т1ехь ц1ийелла,
Кхайкха ша езарна езаран бос хуьйцуш,
Яхана д1акхаьчча, кет1ахь мохь тоьхна,
Ша араваьккхина и Шотин Аьстамир,
Шен вашас и кхайкхар цуьнга д1ахьедина,
Юхайирзи бахара Къахьармин йиша,
Беже хьон шен кожалг белша т1е биллина,
Не1аран ши мача когашна туьйдина,
Цу дезчу саламца 1уьйре дика ва йина,
Хьаьвзаш чу велира бах Къахьарма волчу,
Юьртара дика к1ант и Шотин Аьстамир:
- Кхойкхурий хьо соьга, Къахьарма? - бохуш.
Т1аккха лен велира бах х1ара эла Къахьарма:
- Дуьненан цу дохнан вежарша хьийзийна,
Шен алсам и даьхни шайна д1адезна,
Лечанца бен къийса цу бердах витина,
Г1орасиз ва хиллалц лечанца къийсина,
Да валаран и къахьо ва кийрахь 1аьткъина,
Даг т1ера ва дилха айпашка дирзина
Г1елвелла хиларна амал-г1ад дайна сан.
Ахь бехк ма билла, ва Шотин Аьстамир,
Тахана 1уьйранна веанчу беречо
Цхьа тептар дитина вехачу х1усамехь:
Кхачалахь а кхачадан цу Москох г1ала,
Ца кхачалахь а кхачадан цу Москох паччахье.
Хьо вацахь, кхин ма вац и тептар кхачо,
Вехачу шен юьртахь, ва Шотин Аьстамир.
Дуьхьал лен велира, тов, х1ар Шотин Аьстамир, -
- Шеца г1уллакх ва хилла хьо кхайкхина вацара,
Кхул хьалха кху юьртахь еанчу заманна,
Цундела веара со белаш т1ехь кожалгца,
Боху хир ва аьлла, вайн юьртан беже г1о.
Хьоьца г1иллакх ва дезаш, хьо тхьамда лоруш,
Со иштта схьаварна, ледарло яларна,
Ахьа бехк ма биллалахь, ва эла Къахьарма,
Т1е-кога юьйхина, юкъах герз дихкина,
Ва каде кечбина гош 1аьржа и гила.
Ша вуха ма вог1у, кхоьллинчу цхьанделхьа
Олуш, д1авирзича, х1ара Шотин Аьстамир:
- Герз сайниг дехкахьа, дин сайниг бигахьа,
Дика к1ант Аьстамир, -
Бохуш аз ва даржош,
Кхойкхуш т1аьхьа ва ваьлча, х1ара эла Къахьарма,
Юха а лен велира бах и Шотин Аьстамир:
- Шен доьхку ва герзаш хьан герзел ма тоьла,
Т1ехуу ва гила хьан гилал ма тоьла,
Бохуриг ма дацара шен и, эла Къахьарма,
Б1аьргана девзинчу нишанца* яра-кх шен
Шийтта са болу эрмалойн ва мажар,
Т1едеттачу дошана шен аг1о д1акхийдо
1емина бар-кха шен гош 1аьржа сира дин,
Лахь вала лаар-кх герзаш буьйнахь,
Са ц1енчу шен гилица, бехк ахь ма билла
Аьлла, ц1а вахана, тешамен шен герзаш
Шен юкъах дихкина, гош 1аьржачу дина
Хьаьвзаш т1е ша хиъна,
Ша юхавеана, Къахьармин ва уьйт1ахь
Лен вели бахара и Шотин Аьстамир:
Х1ай эла Къахьарма, везира** юьртахо!
Дохьуьйтуш дац хьуна х1ара тептар г1ала,
Ара ца волуьйтуш г1алара салти,
Шен ворх1е к1антаца, цу аьчган т1е т1ехь,
И Галойн Аькхта ву к1елонна хиъна,
Валарна ца кхоьру ша я верна ца кхоьру ша,
Сан хьомен юьртахо, эла Къахьарма,
Со воьдуш вац хьуна, вог1ур ву аьлла,
Я новкъа ца волу, вог1ур вац аьлла,
Нагахь со висахь, юха ц1а ца воьрзуш,
Сан къеначу цу нанна шарахь цхьа боьзан коч яр
Хьоьга доьху ас, Къахьарма, аьлла,
Новкъа вели бахара Шотин и Аьстамир.
Нохчийн лаьмнашна хьийзаш т1ехваьлла,
Чергасийн раьг1наш кхачийна ваьлла,
Шерачу цу ара лаха ша вуссуш,
Урхана ва хецна, шедаца багийна,
Гош 1аьржа шен сира хецна ша битина,
Нуьйр чохь ца соцуш, шен динах хьерчаш,
Цецваьлла схьахьоьжу и Галойн Аькхта
Вистхила кхиале шен ворх1е к1антаца,
Аьчган т1ех ва ваьлла, цу Москох г1ала
Те1а вели бахара х1ара Шотин Аьстамир.
Вахана д1акхаьчна цу Москох г1ала,
Цу Москох паччахьан г1опе дин туьйсуш,
Г1арол деш ва лаьтта эпсарш чехош,
Лен вели бахара и Шотин Аьстамир,
Аравала ва бохуш Москох паччахье,
- Хьуна аравер ма вац и Москох паччахь,
Ахь, чуг1ой, дийцалахь хьайн долу г1уллакх, -
Олуш, лен ва ваьлча цхьа къена эпсар,
Макъарца човхийна ва шеда вагийна,
Хеташ къа ва доцуш, буйнаца 1адийна,
Цу г1алин ва г1опах паччахьан х1усаме
Ша чехка тесира бах дикачу к1анта,
Тешамен шен сира дин.
Шен уьйт1ахь ва хезча и ирча маьхьарий,
Ша чехка йиллина х1усаман не1арш,
Аравели бахара и г1алин паччахь.
И г1алин паччахь шен б1аьрго лаьцча,
Лен вели бахара и Шотин Аьстамир:
- Боьлкузур г1алара х1ара тептар схьакхачаран
Билгало ло шега схьа! - бохуш,
Цецваьлла ша хьоьжуш цу нохчийн к1анте,
Лен вели бахара и г1алин паччахь:
- Динара воссахьа, х1ай нохчийн дика к1ант,
И тайпа кхаъ бахьаш веана вацара,
Горгачу кху г1ала, нохчо я салти.
Беанчу кхаана совг1ат ду шорта,
Хьо лера кийча бу г1алара эпсарш.
Сакъера шорта бу и г1алин стунаш.
Денна д1ахьовсочу цу аьчган т1е т1е,
Д1ахьажо кечвинарг везткъе итт бере,
Кхин кечван везарг итт бере веца,
Уьш берраш хьоьца, хьо новкъа ваккха
Кийча бу хьуна, х1ай нохчийн дика к1ант,
Денна ша хьажочу б1е эпсарх, салтех,
Итт юха верзаво цу Галойн Аькхтас,
Ша динарг дийца аш паччахье олий.
И итт а ца вирзи тахана юха,
Хьо цаьрца г1ур ву д1а, х1ай нохчийн дика к1ант, -
Бохуш, лен ва ваьлча х1ара г1алин паччахь,
Т1аккха лен велира бах х1ара Шотин Аьстамир:
- Вог1уш а ца веана б1е салтица, эпсарца,
Воьдуш а г1ур ма вац, нохчийн к1ант цаьрца,
Тептар д1аэцарх билгало ло соьга,
Хьаша ахь ца леларх бехк буьллу даций шун,
Хьуьйсуш бац вайшинга сан мехкан вежарий,
Со идо ма воллу ламана боьду некъ, -
Дийцарах нохчийн к1ант къарвала ца тигна,
Ша бохучунна т1е и воьрзург цахиларх
Кийрара дилха дог тешна шен даьлча,
Тептар схьакхачаран билгало елла,
И Шотин Аьстамир ша новкъа ваьккхира бах
Цу г1алин паччахьо, марша г1о хьо аьлла,
Дуьне дуьтуш дГабузу дашо малх санна,
Эзар к1ур буьйлу и г1ала ша юьтуш,
Нохчийчу бог1учу шуьйрачу цу новкъа,
Тебачу Экхано ва санна, сема ла доьг1уш,
Ша ц1ехьа вирзира и Шотин Аьстамир.
Шена т1евог1уш и шена б1аьрга вайча,
Кхайкха вели бахара и Галойн Аькхта:
- Йохариг цу г1ала, ва Москох паччахье,
И тептар кховдийна хьо верзар бакъ делахь,
Кхин машар бац хьоьца, х1ай динан бере;
Нагахь хьо ваханехь х1онсана г1ала,
Машарна ву кийча, некъ буьту хьуна,
Т1аккха лен велира бах Шотин и Аьстамир:
- Боьлкузур г1алара и луьра тептар
Цу Москох паччахье д1акхачар ч1аг1деш,
Язйина билгало шен четахь 1уьллуш
Ша вог1уш ва вацахь,
Маьлхан дуьненахь
Ахь маршо ца елча кхин маршо яцахь,
Маршалла ма хуьлда сан горгачу коьртана! -
Бохуш, лен ва вуьйлуш, дин шога чехош,
Т1ег1ерта ва ваьлча и нохчийн дика к1ант.
Юха а лен велира, тов, х1ара Галойн Аькхта:
- Дин буха озалахь, х1ай нохчийн цхьалха к1ант!
Машарна к1елхиъна ша Аькхта вац хьуна,
Ша хиьча а хуур волуш шен ворх1 к1ант вац хьуна, -
Цо схьаден и къамел хадале ва хьалха,
Бетта мохь чулаца шен кийра гатбелла,
Садетта ца делла, дера мохь тухуш,
Кочара шен мажар ша хьалха лоьцуш,
Сирлачу б1аьргаца нийса ша нисйина,
Лаг узуш д1ахецна и г1ирмин буьйда даш,
Барх1 сонан шен мажар оьпанах 1ахийна,
Садала сихачу Аькхтина тоьхна,
Т1ом болий бахара цу Шотин к1анта.
1уьйранна болийна т1ом делкъанга болуш,
Шен деца ялх ваша ва велла виллина,
Ша лета ва ваьлча и Аькхтин жима к1ант,
Лен вели бахара х1ара Шотий Аьстамир:
- Ладог1ал, цхьанделхьа, х1ай Аькхтин жима к1ант!
Ша санна деанчу цхьана нохчийн къут1ано,
Шен т1аьхье кхачийна, болу к1ур байина,
Сийсаз вар эхь дар-кха и Галойн Аькхта.
Таханлера малх кхетта хаза де
Эхартан хьалхара, дуьненан т1аьххьара
Хилла хета шен, ва Аькхтин жима к1ант.
Кху аьчган ва т1е т1ехь, хьайн б1аьрган 1уналлехь,
Х1ара сира хьовзабан пурба ло шена,
Толам хьуна ва белла, Аькхтин х1у ца кхачо,
Ша лаьтте ма воьрзу, ва Аькхтин жима к1ант, аьлла
Дехна, ша даьккхина к1антера пурба,
Маса дин хьовзийра цу аьчган т1е т1ехь,
Цецваьлла хьаьжжинчохь и Аькхтин к1ант вуьтуш,
Нохчийчу бог1учу шуьйрачу ва новкъа
Дин хецна битина, маьрша 1е к1анте аьлла,
Новкъа вели бахара х1ара Шотин Аьстамир.
Хийла аре ядийна, ламанаш хедийна,
И нохчийн ламанаш кхачийна ц1а вог1уш
Ва волуш и Шотин Аьстамир,
Шийтта куьзга чудетташ эрмалойн цу пхьераша
Шаьш къуьйсуш ва йина эрмалойн турмал,
Куьйга бера хьовзийна, ша нийса нисйича,
Лаьмнашца кхерстачу Къахьармий ва йишин,
Б1аьрг кхийти бахара цу Шотин Аьстамирх.
И Шотин Аьстамир вог1уш вуй хиъча,
Дог доккха ва дийна, сапарг1ат даьлла,
Керчина ва едда, х1усам чу яхана,
Кхаъ баьккхи бахара Къахьармин йишас:
Шена ло ва олуш хьакъ долу совг1ат,
Т1аккха лен велир бах и эла Къахьарма:
- Хьуна кхаъ кийча бу, ва мерза йиша,
Цунна а совг1ат ду ша дала кечдина,
Хьо парг1ат хила хьо, шен йиша бохуш,
Лен вуьйлу Къахьарма вистхилла валале,
Веана схьакхаьчна, и куьйган билгало
Схьаоьцуш кховдийра, тов, цу эла Къахьарме,
Хьаьвзина вахара бах и Шотин Аьстамир,
Шен баба ва йолчу, вехачу х1усаме,
Де-дийне далале, хан хене ялале,
Ва тойна оьшу г1ирс шен уьйт1ахь кечбина,
Лулахой кхайкхина, ша хьалха ва ваьлла,
Аьстамир ва волчу ша хьаьвзаш вахана,
Кхаа дийнахь, ва, бусий той-ловзар ва дина,
Шен хьомсар ва йиша цуьнга маре ва елла,
- Ша санна висинчу цхьалхачу к1антана,
Хьо санна яхь йолу ваша оьшу! - аьлла,
Ц1а вирзи бахара и эла Къахьарма.
***
1ожалло собардо яхь йолчу к1енташна,
Яхь йолчу к1енташца мехкарий ва бехаш,
Бала сиха ма лайла яхь йолу ва к1ентий,
Яхь йолчу к1енташца мехкарий ва бехаш,
Яхь йоцурш лолда-кха, баха шаьш ца кхуьуш.
____________________________
*1алашонца.
**Веза, лоруш волу.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz