ИСМАЙЛИН ДУДИН ИЛЛИ

Исс зар ц1е йогучу цу Хьалха-Мартантехь,
Сирла б1аьрг ма туьйхира Исмайлин ва Дудас,
Дуучу даарна, т1еюхучу бедаршна
Г1елбелла гира цунна марой боцу ва жерой,
Г1елбелла гира цунна дай боцу г1ийла бай.
Дай боцчу доьзалех, марой боцчу цу жеройх
Кийрара дог лозуш, ойлане ма велира,
Г1ийлачех дог лозу Исмайлин ва Дуда.
"Къур1анах ас биънарг беза дуй беца сан,
Марой болчу цу зударех и жерой ца хьегош,
Дай болчу доьзалех г1ийла бай ца хьегош,
Даарна-маларна, т1еюучу бедаршна,
Маройболчу зударел и жерой толабан,
Дай болчу доьзалел г1ийла бай толадан,
И сайга ца далахь, г1ийлачех дог доьлхуш,
Кху Хьалха-Мартант1ехь х1ара дуьне ца даа", -
Бохуш, ойла ма сецира Исмайлин ва Дудин,
Ша араозийр цо, цу ханнийн божлара,
Кийрара дог хуу са ц1ена шен гила.
Шен уьйт1ахь йоллучу, дой тийса йоьг1начу
Цу кхолгон гоьзанах шен гила д1атесна,
Дуьгуш нускал ва санна, шен гила кечбина,
И оьзда ва бедарш шен дег1а юьйхина,
Тешамен и герзаш шен юкъах дихкина,
Вист ца хуьлуш ма сецира Исмайлин ва Дуда.
Т1аккха лен ма велира и беркъа динан бере,
- Дакъаза ма вала-кха, к1ентийн хьо баьчча,
Кхоьллинчу вайн делах беза дуй боу ас,
Шуьгара г1о оьшуш ас шуьга и элирехь,
Шуьга вист ца хуьлуш, со шуна т1ехваьлча,
Вайн нохчийн г1иллакхехь там боцуш хиларна
Ас шуьга элира и, бехк буьллу даций шун,
Теркан хи жимделча, шу парг1ат дог1ур-кха,
Со хьажа ма воллу ледарчу сайн дино
Бос сийна доккха Терк ва муха иэт1адо, -
Олуш, вистхилла, Терка т1е човхийра,
Т1ехьаьжча сов ледара, меженаш турпал йолу.
Кийрара дог хуу са ц1ена шен гила.
Цу турпал бергашца Теркан бух кегабеш,
Шен турпал некхаца сийна Терк иэт1адеш,
Терк сехьа ва дуьтуш, ша дехьа ма белира,
Кийрара дог хуу са ц1ена цуьнан гила.
Ту Теркал ва дехьахь, цу Теркан йистошца,
Куьйса эрз буьйлучу сийначу уьшал чохь
Хьаладаьлла ма хиллера ц,хьа шалго дуткъа тал.
Цу толлан ва дег1ах сийна дег1 хьарчийна,
Толлана буьххьерчу цу шалго шина гаьнна
Юккъе корта биллина, ижонна б1аьрг бетташ,
Самоеш ма хиллера бос сийна цхьа саьрмик,
Бос сийна и саьрмик шен б1аьрга ца гарна,
Цу толла к1елд1ахула чекхволуш ма хиллера
Бедаршна ва беркъа и динан ва бере.
Кхоссалуш т1екхетта кхолха го ва боккхуш,
Болатан цу гуро гила борз ва санна,
Шен дег1ан нуьцкъаца хьарчийна ма сацийра,
Сийначу саьрмико и динан ва бере.
И бере ваьллачу цу сенчу ва Терках
Дехьа довла ца х1уттуш севцца шаьш хилар
Шен дагна 1аьткъина, ойлаеш ма хиллера
Яхь йолу дика к1ант, Исмайлин ва Дуду.
- Дакъаза ма довла, сан нийса накъостий,
Эхь дацара ва вайна и бере ваьллачу
Кху сенчу ва Терках дехьа довла ца даьхьаш,
Кху Теркан йистонца д1асахьийзаш вай латтар.
Теркан гечо ца лохуш, и бере ваьллачу
Кху сенчу ва Терках довлалур дацар-техьа? -
Олуш вист ма хилара Исмайлин ва Дуда.
Цо иза аларна цига латта эхь хетта,
Течо леха ма велира и Дудин ва хьаша.
И бере ваьллачул цхьа жимма лахахула,
- Теркан гечо карийна, кхузахула хьовсур вай, -
Олуш, вист ма хилира и Дудин ва хьаша. -
Гечо зийна со ваьлча чудевр шу, к1ентий,
Кху сенчу Теркана, - олуш чу ма тесира,
Са ц1ена шеи гила, цу сенчу Теркана,
Яхь йолчу к1анта Исмайлин ва Дудас,
Дудина ва т1аьхьа Терка чу ма тийсира
Шайн турпал йора дой цу к1ентийн г1ерано.
Сийна Терк хадийна, шаьш дехьа ма бевлира,
Терк сехьа ва дуьтуш, дой дика хиларна.
Сирла б1аьрг ма кхийтира цу к1ентийн г1еранах,
Саьрмико лаьцначу беркъачу беречун.
Шийла мохь ма туьйхира цу к1ентийн г1еране,
Саьрмико лаьцначу беркъачу беречо:
- Дакъаза ма довла, яхь йолу шу к1ентий!
Болатан цу гуро гила борз ва санна,
Лаьцна со сацийна куьйсачу эрзалахь,
Кхолха го баьккхина сийначу саьрмико,
Дег1аха мерза са д1акъаьсташ лаьтта сан,
Кхуьнан нуьцкъан ч1ог1алла, кхо бечу нуьцкъана,
Вац-техьа ва шулахь суна орцах ва вала
Яхь йолуш дика к1ант, кхуьнан балех со ваккха?
Х1ара дуьне дезарна, валар сайна ца дезаш,
Ас орца дехарна бехк буьллу даций шун, -
Олуш, вист ма хилира и беркъа ва бере.
- Тхо девлла дац хьуна сийначу кху Терках,
Саьрмиках ва лета, х1ай беркъа хьо бере,
Тхо Терках ма девлла к1айчу х1онце сатуьйсуш,
Тхо доьлхуш ду хьуна цу к1айчу ва х1онце,
Хьайн сина амал айхьа ян еза ахь, -
Олуш, вист ма хилира и Дудин ва хьаша.
- Суна-ма хаар-кха мухха а волу к1ант
Саьрмикан ч1аг1онна т1еван ваьхьар воцийла.
Кху махкахь ц1еяхна дика к1ант ма вара
Цу Хьалха-Мартант1ера Исмайлин ва Дуда,
Ас орца ма дийхира шу к1ентийн г1еране,
Исмайлин ва Дуда шуьца хиларе сатуьйсуш,
И шуьца цахилар со хууш ва хиллехь
Орца доьхур дацара ас, бехк буьллу даций шун,
Ас орца дехарна, сайн синна б1арзвелла,
Х1онцан аьтто хуьлда шун, шу парг1ат хила,
Верзаза вер вац со, х1ара дуьне дукха дезарх,
Массарна а хинйолчу шийлачу 1ожалле,
Саьрмикан ва даар сайн дег1ах хиларна,
К1еззиг со вохарна, ца кхардар доьху ас, -
Олуш, и вистхилча, кийрахь дог тохалуш,
Б1аьргех суйнаш ма тесира Исмайлин ва Дудин.
- Шу, к1ентий, г1о шайна цу к1айчу ва х1онце,
Со вог1ур вац шуьца, кхид1а ван бакъо яц,
Вайн делах ас биънарг беза дуй беца сан,
Сайн дег1ах мерза са къаьстинчул т1аьхьа бен,
Беркъачу беречун дег1аха мерза са
Ас къаста ца дайта цу сенчу моьлкъане, -
Олуш, вист ша хилла, шен гила т1ехаьхкира
Цу эрзан бурсунна* Исмайлин ва Дудас.
Бурсунна т1е кхаьшча сирла б1аьрга ма кхийтира,
Бурсунна ва юккъехь, саьрмик шех хьаьрчина,
Ша лаьтташ ва волчу беркъачу беречух,
Исмайлин цу Дудин са ц1енчу ва гилин,
Цунах б1аьрг шен кхетча, кхералуш, буха иккхира
Исмайлин ва Дудин са ц1ена и гила.
- Олуш хезна ма вара со баккхийчу цу наха:
"Т1ера да воьхча бен, бухахь гила ца буху",
Со воьхна ва велахь, со велла буьсийла хьо,
Цу баьццарчу моьлкъанах хьо кхера ва беллехь,
Хьо белла вуьсийла со, - олуш, вист ша хуьлуш,
Оьзиган шедаца ша чехка човхийна,
Шен гила т1е г1ортийра цу эрзан бурсунна
Барзал майра дог долчу Исмайлин ва Дудас,
Шен букъа т1ехь беречун дог меттахь хиларна,
Саьрмикна т1е бахар са ц1ена и гила,
- Воха ма вохалахь, х1ай беркъа хьо бере,
Хьуна орцах кхиънарг Исмайлин Дуда ву хьуна,
Со вийначул т1аьхьий бен хьо воьйтур вац хьуна,
Хьох хьаьрчина боллучу баьццарчу моьлкъане, -
Олуш, вист ша хилла, озийна даьккхина цо,
Цу совран баттара, болатац дуткъа тур.
Ког ойбуш, тур туьйхира сийначу саьрмикна,
Ца леташ духаделира сийначу саьрмиках,
Шолг1а а тур туьйхира, ца леташ ма дисира.
Цу туьро лазийна ша оьг1а а бахарна,
Шен болчу нуьцкъаца ша ч1ог1а ма 1аьвдира
Дег1ех ницкъ шен болчу сийначу саьрмико
И беркъа ва бере.
Цо ч1ог1а 1авдарна шийла мохь ма белира
Беркъачу беречун са ц1енчу цу гилин.
- Цу туьро лазийна, кхо ч1ог1а 1аьвдина,
Дег1аха мерза са д1акъаьсташ лаьтта шен,
Ца тухуш сацаде хьайн болатан дуткъа тур,
Летар дац хьуна и, летчуьра делин и,
Хьайн, ваккха ницкъ кхачахь, схьадаккха хьажал хьо
Сан хаьн т1ехь ва кхозу болатан дуткъа тур.
И лата мега хьуна сийначу саьрмиках, -
Олуш, вист ма хилира и динан бере.
Озийна, даьккхина цуьнан баттара дуткъа тур,
Саьрмикна ма туьйхира Исмайлин ва Дудас.
Сийначу саьрмикан кхаа декъах чекхдаьлла,
Беркъачу беречун нуьйран х1оъ ма хадийра,
Мисаран болатан дуткъачу цу туьро,
Куьйсачу эрзалахь, цу сенчу уьшла чохь,
Кхийсадала ма делира саьрмикан кхо дакъа,
Саьрмикан хьожанна, цу хьожанан ч1ог1алла,
Кийрарчу дегнашна и хьожа 1аьткъина,
Д1аваха ницкъ боцуш, шаьш воьжна ма висира
И дика ши накъост, цу уьшал ва йистехь,
Царна улло ма буьйжира цу шинна ши гила.

Гуьржийчохь вехачу паччахьан сардало,
И сийна ва салтий ма-оьшшу гулбина,
Салташна ва хьалха цхьа эпсар ваьккхина,
Паччахьан сардала эпсаре аьллера:
- Цхьа саьрмик бу боху цу Терка ва йистехь,
Куьйсачу эрзалахь, цхьана сенчу уьшал чохь,
Цигара меттах балахь нахана зен дер цо,
И саьрмик хьоь белахь ас хьуна лур ма ду
Къорзачу инарлин и сийлахь доккха чин.
Цу Терка ва йистехь шен салтий совцийна,
Лекхачу цхьана гу т1е ша хьала ва ваьлла,
Эрмалойн бакъ турмал б1аьргашна ша лаьцна,
Сирла б1аьрг ма туьйхира къорзачу эпсаро
Цу Теркан йистонца, куьйсачу эрзала.
Цуьнан б1аьрго схьалецира куьйсачу эрзалахь
Сийначу уьшал чохь бийна 1уьллуш и саьрмик,
Уьшала йистехь ва 1уьллу и динан ши бере.
- Со шайна т1екхаччалц шу меттах ма довла, -
Ша олуш, вистхилла, салтий ва буьтуш,
Шен б1аьрга ва дайнарг цаьрга д1а ца дуьйцуш,
Ша хьаьвзаш ма вахара и къорза ва эпсар,
И саьрмик 1уьллучу куьйсачу эрзала.
Бен ваха и саьрмик ара ша валарна,
Кечамна схьаэцна, цуьнан киснахь ма хиллера,
Саьрмикан хьожанах стаг ларвеш ва долу,
Говзачу лоьраша кечдина молханаш.
Ша царна т1евоьдуш киснара схьадаьхна,
Шеи мере уьйхьира цо и лоьрийн молханаш,
Шен динан цу мере и молханаш ва оьхьна,
Царна т1е ша вахна, церан мере уьйхьира цо,
Говзачу лоьраша кечдина и молха.
Цу лоьрийн молханах шайна дарба ва хилла,
Цу уьшал йистера хьала ма г1евттира
И дика ши накъост, цу шиннан ши гилий,
Саьрмикан хьожнера уьш гена ва бохуш,
Уьш шеца ва болуш нацкъара ша ма велира,
Саьрмикан хьожанна и къорза ва эпсар.
- Ма довла дакъаза, х1ай нохчийн дика к1ентий,
Сема ладог1алаш ас дечу къамеле, -
Олуш, лен ма велира и къорза ва эпсар, -
Гуьржийчохь вехачу паччахьан сардала
Кхайкхина дара суна инарлин къорза чин,
И саьрмик ас бийчи, лур ду ша ва аьлла,
Кхачамбал салтий сайца цхьаьна ва болуш,
Со веъна вара кхуза и саьрмик бен дагахь.
Эрмалойп бакъ турмал б1аьргашца нисйнна,
Сирла б1аьрг туьйхира ас куьйсачу эрзала,
Сан б1аьрго схьалецира аш бийна и саьрмик,
Шу нохчийн дика ши к1ант, шуьшиннен ши гила,
"Со кхуза вухакхаччалц шу парг1аг хила" аьлла,
Цу раьг1нийн басешкахь салтий а совцийна,
Сайн б1аьрга шу дайний цаьрга ца хоуьйтуш,
Хьаьвзина, кхечира со шу долчу кху метте.
Х1ара саьрмик хьан бийна хууш стаг ма вац-кха,
Вай кхо к1ант воцуриг, кху маьлхан дуьненахь.
Оха бийна, аш бахарх шуна совг1ат лур ма дац,
И саьрмик аш берна паччахьан сардало.
"Ас бийна и саьрмик", шега ас ва аьлча,
Суна лур дара цо инарлин къорза чин,
Ас бийна аш алахь и сийна ва саьрмик,
Ва шуна мел деза ц1ен деший ду шуна,
Инарлин къорза чин со долуш ва хилча,
Паччахьан 1едалца шун г1уллах тасаделча,
Ч1аг1о йо ас шуна и г1уллакх кхочушдан,
Дехар до ас шуьга, ас бийна аш алар,
И сийна ва саьрмик, ва нохчийн дика ши к1ант, -
Олуш, вист и хилча, цуьнца барт ва хилла,
Ц1ен деший схьаийцира Исмайлин ва Дудас.
- Х1ара саьрмик бийна к1ант муьлхарг ву шух? -
Олуш, хаттар ва дича къорзачу эпсаро,
Цунна жоп делира беркъачу беречо:
- Сох хьаьрчина ма бара и сийна ва саьрмик,
Ас орца даьккхича, суна орцах ва кхиъна,
И туьрца цистинарг х1ара накъост ву хьуна, -
Олуш, вист и хилча, эпсаро ма элира:
И дийцахьа ахь суна, х1ара мичара, мила ву?
Цу нохчийн к1енташа йоккхуш ц1е кхуьнан х1ун ю? -
Олуш, вист и хилча, беречо ма элира:
- Х1ара веци ва хьуна цу Хьалха-Мартант1ера,
Цу нохчийн к1енташа кхуьнан яккха тиллин ц1е
Исмайлин Дуда ю цу нана-Нохчийчохь, -
Олуш, вист ма хилира и беркъа динан бере.
- Шайн г1уллакх ва хилча суна т1е дог1ур шу, -
Олуш, вист ва хилла, уьш ц1ехьа хьовсийна,
Маршаллица бухависира и къорза ва эпсар.
И саьрмик цо бийна ва шена моттарна,
Инарлин чин делира къорзачу эпсарна
Цу Гуьржех вехачу паччахьан сардало.
Беркъачу беречунна шегарчу цу дешех
Ах дакъа д1аделла, ша ц1ехьа ма вахара
Г1иллакхен дика к1ант, Исмайлин ва Дуда.
Горгачу шен юьртахь, дай боцчу цу байшна
Шегара ц1ен деший нийсонца д1адекъна,
Шен 1усаме ма вахара Исмайлин ва Дуда.

Цхьана сарахь суьйренца, са ц1ена шен гила
Цу ханнийн божалахь ша парг1атбаьккхина,
Хьешашна ва динчу цу дуьхьал оточохь
Набарна ма вижира Исмайлин ва Дуда.
1уъйранна ара ва ваьлча, шен гила ца карийра
Цу ханнийн божал чохь Исмайлин Дудина.
Эхь дайна хьийзачу, тешнабехк шех болчу
Цхьана юьртан к1иллочо лачкъийна хиллера
Цу ханнийн божлара са ц1ена и гила:
Гила шеца ва боцуш цу юьрта вуха ца ван,
Цу делан къур1анах беза дуй ша биъна,
Юьртарчу цу нахе гила байна ца олуш,
Юьртаха къаьстина г1аш новкъа ма велира
Яхь йолу дика к1ант Исмайлин ва Дуда.
Шен хьаша ва воцчу горгачу цхьана юьртахь,
Сирла б1аьрг ва тоьхна, шен даго къастийнчу
Юьртарчу цхьана х1усаме хьошалг1а воьссина,
Буьйса йоккхуш ма сецира Исмайлин ва Дуда.
1уьйранна г1еттина Дуда новкъа ва волуш,
Цу Дудин х1усамдас Дудега ма элира:
- Г1аш х1унда лела хьо, мехкаи воцу х1ай хьаша?
- Г1аш лелаш хиллера, ша лела ва витча, -
Олуш, вист и хилча, сов каде ма кечбира
Са ц1ена шен гила цу Дудин х1усамдас,
"Хьо мичара мила ву, йоккхуш ц1е х1ун ю хьан,
Ахь лелориг х1ун ду" 1усамдас ца олуш,
Хаттар шега ца дича, ша лело ва г1уллакх,
Ша мичара мила ву, Дудас цунна ца дуьйцуш,
Х1усамден цу динахь ша новкъа ма велира
Тешамен дика к1ант, Исмайлин ва Дуда.
Массо а ярташкахь сема ла ва дуг1уш,
Шерачу аренгахь сирла б1аьрг ва бетташ,
Са ц1ена шен гила леха ма велира,
Гила шеца ва боцуш, ц1а вахан йиш йоцуш,
Массо а меттехула Исмайлин ва Дуда,
Х1ара дуьне ва толлуш, аренаш идаеш,
Сов гена ва махкахь, цхьана юьрта ва йистехь,
Локкхарах ва йина кхаа коган ва баргол
Когашна д1атоьхна, бежаш лаьтташ карийра цунна
Шен кийрара дог хуу са ц1ена ва гила.
Т1ехиъна ша бигна х1усамден и гила,
Кхаа коган и баргол цунна д1а ва тоьхна,
Шен гила ва болчу бажа д1алаьллина,
Чергасийн юткъа нуьйр г1евланга йиллина,
Набарна ма вижира Исмайлин ва Дуда.
Цу сарахь суьйренца, бузучу малхаца,
И датон дуьрста марг1ал куьйга ловзаеш,
Хьавзина т1евеара цу Дудин гилина,
Цу юьртахь ша-веха цхьа ханна жима стаг,
Цу юьрта йистехь, сийначу цу байт1ехь,
Набарна тевжина 1уьллучу цу Дудех
Сирла б1аьрг шен кхетча, цунна т1е ша вахана:
- Хьо марша вог1улда, мехкан воцу ва хьаша,
Суьйре дика йолда хьан, ницкъ болчу вайн дала!
Хьо х1унда 1уьллу кху юьрта ва йистехь?
Хьаша воцуш ву-х1ети горгачу кху юьртахь?
Хьо лаа лелий хьо, ва тара веъний хьо?
Схьавола хьо соьца, ас хьаша вийр ву хьох,
Хьан долчу г1уллаке со хьожур ву хьуна, -
Олуш, вист и хилча, Дудас цуьнга ма элира:
- Маршалла хуьлда, диканца вехалда,
Сан долчу г1уллакхе хьо хьожург хиларна,
Баркалла ду хьуна, х1ай жима къонаха,
Ваха-ван г1уллак дан ахь суна дан дезаш,
Сан долу ва г1уллакх кхузахь далур ду хьоьга:
Вевзаш стаг цахиларх чувахнарг х1усам ю,
Со лаа ма лела, ва тара ма веана:
Юьрта йистехь сецира со, цу гилин да лаха,
Дийцахьа ахь суна, хьо вуй цу гилин да?
Ас оьцур ма бара и доьххуриг д1аделла,
Цу гилех б1аьрг кхетта, со сецна вара кхузахь,
Кийрарчу сайн дагна т1ех дукха и безна,
Дийцахьа ахь суна, хьаьнгара эцна ахь?
Х1ун делла ахь цунах и болчу цуьнан дена? -
Олуш, вист и хилча, цу к1анта ма элира:
- И гила ас эцна базаран мах белла,
Цу юьртан базарахь бухкуш сайна карийча,
И айса эцна да со хууш вац хьуна,
Цуьнан ц1арца д1авийца, х1ай бехке хьо хьаша,
Ас иза ма ийцира маьрша говр ю аьлла,
Ахь дечу къамелехь хьан гила хила мега и,
Ас цунах белла мах хьоь боьхуш ма вац со,
Хьайн гила ва эций хьо ц1ехьа верза хьо,
Дийцахьа ахь суна, хьо мичара, мила ву?
Йоккхуш ц1е х1ун ю хьан, вайн нохчийн к1енташа? -
Олуш, вист и хилча, Дудас цуьнга ма элира:
- Со вехаш ву хьуна цу Хьалха-Мартант1ехь,
Сан наха йоккхуш ц1е Исмайлин Дуда ю,
Хьо бехке ма вац-кха ахь х1ара эцарна,
Кху девнна бехкен верг х1ара йига веанарг ву,
Суна и хуур ду бехкениг мила хилла,
Дийцал ахь ва суна, ахь кхунах х1ун делла? -
Олуш, вист и хилча, цу к1анта ма элира:
- Исмайлин хьо Дуда, суна вуьйцуш хезнера,
Хьо вовзар мах ма бац ас цунах д1абелларг,
Со лелаш ма вара, молчу хе ва санна,
Хьо вуьйцуш хазарна, хьо гаре сатуьйсуш
Ас цунах белла мах ас хьанал бин хьуна,
Хьо марша г1олда, некъ дика хуьлда хьан,
Воьду-вог1уш хьо чуван сан х1усам ю хьуна,
Хьан долчу г1уллакхе со хьожур ву хьуна, -
Олуш, вист ма хилира и нохчийн дика к1ант.
- Х1ара г1уллакх ахь дарна, баркалла ду хьуна,
Хьайн г1уллакх ва хилча, вог1ур хьо со волчу,
Хьо марша 1олда хьо, - олуш, вист ша хилла,
Базарахь хинболчу цуьнан мехал сов ахча,
К1анта д1а ца эцна, цунна хьалха кхоьссина,
Ша новкъа ма велира, са ц1енчу гилица,
Собарен къонаха Исмайлин ва Дуда.
Хьаьвзина вахара и, некъана лелаян
Шега говр елла шен хьаша ва волчу.
Шен хьешан цу х1усмехь и буьйса яьккхина,
Ша мичара, мила ву цунна д1адийцина,
Цо динчу г1уллакхна баркалла ва аьлла:
- Хьайн г1ул1акх ва хилча, вог1ур хьо со волчу, -
Олуш, вистхилла, маршалла ва делла,
Ша ц1ехьа ма вирзира Исмайлин ва Дуда,
Юьртарчу к1енташца шеи йолчу йохьана,
Шен гила байнийла нахана хаале,
Са ц1енчу гиланца шен х1усаме ва кхаьчна,
Къайлаха ладоъг1на, вехачу шен юьртахь,
Гила бигна и к1илло мила ву ва хиъна,
Цунна дан ша дог1ург диначул т1аьхьа бен
Садо1уш ца сецира Исмайлин ва Дуда.
Исмайлин Дудига лелон говр еллачу
Цуьнан х1усаман ва хьешан жимах волу и ваша
Цу г1изларан-г1али чу к1айчу х1онца ва вахча,
Паччахьан эскаро лаьцна чохь сацийна,
И воллуш хиллера паччахьан набахтехь.
Паччахьан суьдахоша цуьнан дов хаьттича,
Цунна кхиэл ма кхайкхийра ирх оллар магадеш.
Шийла кхаъ ма кхечира цу Дудин хьешана:
"Т1едог1уш ва долчу оршотан цу дийнахь,
Г1изларан-г1аларчу йоккхачу майданахь,
Ирх уллуш ву", - аьлла, жимах волу цуьнан ваша.
И шена ва хезча, са карзахдаларна,
Вехачу шен х1усамехь ша саца ца велла,
Ца1 бен ноцчу вешина дан амал шен доцуш,
Хьаьвзина веара и Исмайлин Дуда волчу,
Цу сарахь суьйренца, бузучу малхана,
Ша вахана кхечира и цу Хьалха-Мартант1е,
Исмайлин ва Дуда вехачу цуьнан х1усаме:
- Ассалам 1алайкум, суьйре дика хуьлда хьан,
Сан хьомен ва хьаша, Исмайлин ва Дула! -
Олуш, вист ма хилира и Дудин ва хьаша.
- 1алайкум ва салам, диканца вехалда,
Хьо марша вог1улда, сан хьоме гергарниг!
Воссахьа динара, - луьйта ва лаьцна,
Динара воссийна, хьешийн чу и вигна,
Даарна-маларца и парг1ат ваьккхина,
Хьо лаа веаний, ва тара лелий хьо? -
Олуш, вист ма хилира Исмайлин ва Дуда.
- Со лаа ца лела, ва тара ца веана,
Цул сов амал сан доцуш, сол сов амал
Цуьнан доцуш,
Сол жима ша волуш, цхьа ваша вара сан,
Цу Г1излар ва г1алахь набахте чохь воллуш,
Т1едог1уш ва долчу оршотан цу дийнахь,
Г1излара цу г1алин йоккхачу майданахь
Ирх уллуш ву аьлла шийла кхаъ кхаьчна соь,
И сайна ва хезча, чохь 1ен са ца тийна,
Самукъадаккха веара со хьо волчу кху х1усаме, -
Олуш, вист ма хилира и Дудин ва хьаша,
- Дакъаза ма вала, сан хьоме ва хьаша,
Сема ладог1а ахь кху маьлхан дуьненчу,
Цул даккхий х1уманаш дукха гур ду хьуна,
Вонна т1е ша кхачарх воьхна хила ца веза,
Дикне ша кхачарх 1ехавала мегар дац,
Вонна а, диканна а собаре хила веза,
Бехк буьллу даций хьан, сан хьоме ва хьаша,
Со вахаза вервоцуш цхьа г1уллакх ма ду сан,
Со вуха чукхаччалц хьо парг1ат хила хьо,
Хьайн х1усамехь ма-хиллара, вехачу сан х1усамехь,
Олуш, вист ша хилла, и парг1ат ваьккхин,
Ша стенга ва воьду цуьнга ша ца олуш,
Г1изларан-г1ала боьду некъ ша юьхьар ма лецира,
Шен дикчу цу динахь Исмайлин ва Дудас,
Цу динан дикалло, ва к1ентан майралло,
Сахуьлу седарчий уьдучу цу хенахь,
И анан серлонаш туьйсучу цу хенахь,
Вадийна тесира и Г1изларан цу г1ала,
Цу г1алахь инарла ч1аг1вина хиллера, тов,
Исмайлин Дудас саьрмик берна инарлин чин делла
Цу Дудин доттаг1а и къорза ва эпсар.
Хьаьвзина ма вахара Исмайлин ва Дуда,
Инарла вехачу инарлин цу х1усме.
Цу шедан кхожаца аьнгалийн кор тоьхна,
Набарна самвира но и къорза инарла,
Вистхиларх вевзина, чувола ма элира
Къорзачу инарлас Исмайлин Дудега.
- Ассалам 1алайкум, 1уьйре дика хуьлда хьан,
Х1ай къорза инарла! - олуш, чу ма велира
Инарлин цу х1усаме Исмайлин ва Дуда.
- 1алайкум ва салам, диканца вехалда,
Хьо марша вог1улда сан хьоме доттаг1а!
Хьо лаа лелий хьо, ва тара веаний хьо? -
Олуш, вист ма хилира и къорза инарла,
- Со лаа ца лела, ва тара ца веана,
Дика ладог1алахь ас дечу къамеле:
Паччахьан суьдахоша ирх оллар магийна,
Т1едог1уш ва долчу оршотан цу дийнахь,
Г1изларан майданахь ирх олла кечвина,
Набахти чохь воллу и нохчийн цхьа к1анат,
Хьоь веха веана со, вала амал хьан делахь,
И дан ницкъ хьан бацахь, бехк билла ца веана, -
Олуш, вист и хилча, инарлас ма элира:
- Дакъаза ма вала, Исмайлин ва Дуда,
Суна ма моттара, сел ч1ог1а ахь дуьйцуш,
Г1изларан х1ара г1ала йохае, ва аьлла,
Со волчу хьо веана, хан йоцчу кху хенахь,
Ахь суна т1едеанарг доккха г1уллакх ца хилла,
Сатуьйсуш ма вара со, цхьа г1уллакх ва хилла,
Хьо сайна т1еваре, ган лууш хиларна,
Ахь деана и г1уллакх хилла ду ва хьуна,
Т1едог1уш ва долчу оршотан цу дийнахь,
1уьйранна барх1 сахьат долучу цу хенахь,
Хьо хила ма веза Г1изларан майданахь, -
Олуш, жоп ма делира Исмайлин Дудина,
Цу дикчу ва к1анта, къорзачу инарлас.
Цо шена деллачу цу жоьпах воккхавеш,
Шен дикчу цу динахь, некъ пурах ша цоьстуш,
Ша веана ц1а кхечира, вехачу шен х1усаме,
Яхь йолу дика к1ант Исмайлин ва Дуда.
"Хьо стенга вахнера?" - Дудин хьешо ца олуш,
Ша цига вахара, Дудас цуьнга ца дуьйцуш,
Хьеначу цу шуьнахь, масачу маларца,
Хьешашна ва динчу цу дуьхьал ото чохь,
Сакъера ма хиира и нийса ши накъост
Оршотан и суьйре шайна т1е ва кхаччалц,
Оршотан суьйранна Дудас ма элира:
- Вайшиъ хила ма веза Г1излара цу г1алахь,
Кханалерчу 1уьйранна борх1алг1ачу цу сохьтехь,
Дуьгуш нускал ва санна, дика дой кечдина,
Цу хазчу бедаршца шаьш каден кечвелла,
Г1изларе боьду некъ шаьш юьхьар ма лецира,
Ва сарахь суьйренца, цу дикчу шина к1анта.
1уьйранна барх1 сахьта долучу цу хенахь,
Шаьш вахна кхечира Г1изларан цу г1ала.
Хьаьвзина бахара уьш цу г1али ва юккъе,
Базарна йитинчу йоккхачу майдана.
Базаран майданахь д1айоьг1на ма лаьттара,
Адамаш ирх ухку и толлан танг1алкхаш.
Д1атесна ма кхозура чилхьесан т1ергаш.
Д1ах1оттийна ма лаьттара беа когара лекха г1ант.
И сийна салтий шена гонах ва болуш,
И къорза инарла шена хьалха ва волуш,
Коьртах боьллина гатанан т1оьрмиг ва болуш,
Когашна ва тоьхна аьчган буржал ва долуш,
Куьйгашна тоьхна болатан г1оьмаш ва йолуш,
Майдана ма валийра и нохчийн ва к1анат.
Ша вехьна ваьккхира и цу лекхчу ва г1анта,
Цуьнан коча д1атесира чилхьесан и т1ийриг.
Т1аккха вист ма хилира и къорза инарла:
- Ма вала дакъаза, х1ай нохчийн жима к1ант,
Хьайн дег1ах мерза са къаьстачу кху дийнахь,
Алан дош дуй хьан, дан дехар дуй хьан? -
Олуш, вист и хилча, цу к1анта ма элира:
- Дуьнен чохь мел йолу са долу массо х1ума,
Са дала дезаш ю, дола хан т1екхаьшча,
Мел дукха со вахарх, цкъа вала деза сан,
Со воьхна вац хьуна садолучу кху дийнахь,
Дан дехар сан ма дац, кхиэл нийса ма йина.
Сол сов амал шен доцуш цхьа ваша вара сан,
Дагахьбаллам ца буьсу, и ваша воцуриг.
Соьга барт ца хоьттуш д1адаккхий вала хьо
Сан когаш к1елхьара беа когара лекха г1ант, -
Олуш, вист и хилча, инарлас ма элира:
- Исмайлин ва Дудас сайга динчу дехарна
Ас парг1ат витин хьо, хьуна йинчу цу суьдах;
И лаьтташ ву хьуна и хьоме хьан ваша,
Цунна улло ма лаьтта Исмайлин ва Дуда.
Хьайн дагара ва дуьйцуш, цаьрца д1аг1о хьайна,
Олуш иза д1ахецна, маршаллица бухависира,
Цу Г1излара-г1алара и къорза инарла.
_____________________________
*Кхузахь куллана.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz