ГУЬРЖИЙН АНЗОРАН, Х1ИРИЙН ЙОЬ1АН ИЛЛИ

Цу сарахь суьйренца, бузучу малхаца
Лекхачу г1али т1ера мохьбетта велира бах
И гуьржийн ва Анзор.
Маьхьарца гулбира, тов, и гуьржийн ва к1ентий,
Цо цаьрга ма элира, дуьненахь мел долчу
Къоман харжий хазчу йоь1ан сурт да шена, -
Гуьржийн к1ентий кечбелира бах йо1 лаха ва баха,
Уьш лелаш ма кхечир цу Буру ва г1ала.
Буру-г1алахь ма карийра царна
Г1алий инарлин чохь йо1ан сурт,
И йо1 хиллера цу г1алахь ехаш йолу
Х1ирийн хаза йо1.
Инарло хаьржина, къастийна йо1 йийцийтина,
И йолчу бахана, даьккхина ма дехьира, тов,
Цу гуьржийн к1енташа х1ирийн хазчу йоь1ан сурт,
Гуьржийчохь ц1е йолчу эла Анзорана:
- Дуьненахь мел долчу къаьмнех хаьржинчу,
Хазаллехь кьаьстачу х1ирийн йоь1ан сурт
Х1ара ду хьуна, х1ай эла Анзор, - аьлла,
Х1ирийн хазчу йоь1ан сурт шена т1екхаьшча,
Цу йо1ан хазалло кхетамчуьра ваьккхина,
Вехха 1ийна, синтеме ванза,
Х1ирийн хаза йо1 ехаш 1а меттиг хатта
Хьекхале ца кхочуш, суьрта т1е воьжна,
Цу суьртан хазалла б1аьрг т1ера ца боккхуш,
Кхаа дийнахь, кхаа бусий воьжна 1иллина,
Доьалг1ачу дийнахь саметта деъна,
Ша кхойкхуш гулбира бах и гуьржийн к1ентий,
Эла Анзора, сурт долу хаза йо1
Мичхьара ю хатта, мила ю хаа.
Гулбинчу к1енташа ма дийцира Анзоре,
Шаьш даьккхина деана йоь1ан сурт
Буру-г1алин инарлин чохь кхозуш хилар,
Суьрта т1ехь ерг х1ирийн хаза йо1 хилар.
Сихонца яздина ма дахьийтира,
Эла Анзора и бамбийн къайн кехат
Буру-г1алахь вехачу паччахьан инарле:
- Суьрта т1ехь йолу х1ирийн хаза йо1
Аш бертахь схьалахь, машар бу шуьца,
Бертах1 иза шега ца лахь, и Буру-г1ала,
Лаьттина меттиг ца буьтуш, молханан к1уьраца
Эккхийтина, йохайо ша аьлла,
Ша хьийзаш ма вахара, и г1алин инарла,
Буру-г1алахь динчу рузбанан маьждиге,
Иза ц1ехьа ма веара рузбанан маьждиган
Момсар чу Анзоран кехат тесна.
Деана ма кхечира и делан п1ераска,
Рузбана ма вахара бах и г1алин молла,
Момсар чохь карийра цунна гуьржийн
Паччахьа - эла Анзора яздина кехат,
Рузбана ма гулбелира и х1ирийн ва к1ентий.
Моллас царна дийшира бах Анзоран кехат.
Йиш йоьхна ма бисира рузба дан баьхкинарш,
Т1аккха лен ма бевлира и х1ирийн кегийрнаш,
Рузбанан маьждиган воккхачу цу молле:
- Ц1е йоккхуш хьийкъина нах ма бу цу йоь1ан,
Пхи ваша кху Буру ва г1алахь,
Шайн йиша Анзор эле яхийта аларх,
Уьш резахир, цахир вайна хууш ма дан,
Царах дагадовла ма деза вай, к1ентий, -
Ша хьаьвзина вахара бах и г1алин молла,
Хазачу ва йоь1ан пхи ваша ва волчу, -
- Зударийн, ва берийн къа лета вайха,
Рузбанан маьждиган къахуьлу вайна,
Шайн хьомен ва йиша Анзоре ца лахь,
Вайн горга х1ара г1ала йохо ма бохку
Гуьржийн Анзоран г1еранера салтий,
Бохуш, лен а ваьлчн и г1ийла молла,
Цунна жоп луш вист ма хилира бах
Х1ирийн йоь1ан хьомсарчу вежарийн тхьамда:
- Шаьш пхеа ва вешех цхьаъ дийна ва волуш
Йигийта йиш ма яц шайн хьомсара йиша. -
Цул т1аьхьа цара ма яздира Анзоре кехат,
- Тхан бертахь хьомсара и йиша хьоьга яла,
Кийрах1 са мел ду, тхо реза хир ма дац,
Тхан декъий дехкина, царна т1ехула яьккхина
И хьомсара ва йиша ахьа йигахь,
Хьанал йо оха хьуна и жима ва йиша,
Бертаза йига ваг1ахь, хьайн ницкъаца
Т1евола, тхо т1амна кийча ду хьуна, - аьлла,
Пхеа вашас яздина и бамбийн к1айн кехат
Шега д1акхаьшча, кехато бохучух
Ша кхиъна ваьлча,
Хенаш т1е топ кхетта ц1ен экха санна,
Хьалаиккхина вахара и гуьржийн Анзор,
Гома зурма лекхна, гуьржийн салт гулбина,
Йоьза йота тоьхна, уын мог1ара нисбина,
Царна хьалха д1ах1оьттира бах и гуьржийн Анзор,
- Та1ий ладог1алаш, х1ай гуьржийн к1ентий!
Таханлерчу кху дийнахь вай доьлхуш ду шуна,
Пхеа вешин и йиша яккха, цу Буру-г1ала.
Махкахь ц1е йоккхуш хаза йиша ма кхиъна,
Цу г1алахь вехачу, ц1е йолчу пхеа вешин,
Хьалххе д1ахоуьйту шуьга, тешамен к1ентий,
Т1амехь кхеравеллачун горга и корта,
Къинхетам боцуш, кху туьрца боккхург хилар.
Вай даха ма деза цу Буру ва г1ала, -
Анзора бинчу хаамна шаьш реза хилла,
Иттанна хьалха цхьацца эпсар ваьккхина,
Зингат санна дукха эскар т1аьхьа х1оттийна,
Новкъа велира, тов, и эла Анзор.
Сахуьлу седарчий уьдучу хенахь,
Кхолха го лецира бах цара цу Буру-г1алина,
Садо1у х1ума г1алеха ца долуьйтуш,
И делан сирла са хилла ва даьлчахь,
Лекхачу г1алин буьххье ша ваьлла,
Мохь беттан велира, тов, и эла ва Анзор:
- Аш бертахь схьалахь пхеа веший йиша,
Шун Буру-г1алина парг1ато ло ша,
Бертахь хаза йо1 схьа ца лахь,
Х1ара Буру-г1ала молханца оьккхуьйтур ша,
Бохуш, лен ма велира и эла Анзор.
Юьрта юкъа гулбелла и х1ирийн к1ентий,
Шаьш боьхна д1аса ма бахара доьхначу дийнахь,
Веана схьаиккхира бах цу йишин
Пхеа вешех воккхаха цхьа ваша:
- Та1ий ладог1алахь, х1ай гуьржийн Анзор,
Массо а къаьмнашна юкъахь ц1еяхана
Хазалла г1араяьлла шайн йиша кхиъна.
Иза бертахь хьайга лахь машар бу боху ахь.
Иза бертахь ца лахь нана Буру-г1ала
Молханан к1уьраца оьккхуьйтур боху ахь,
Пхеа вешех воккхачу сох а,
Сол жимчу сан веа вешех а
Хьайна луъур дер дара ахь,
Шайх болу къинхетам бе ца боху ша,
Кху нана Бурут1ехь дехаш г1ийла дукха бай,
И къена дай-наной, зударий, бераш ма дара,
Церан къа хиларна кхерам бу хьуна,
Церан гуо д1ахецна уьш парг1ат битар
Деха веанера со хьо волчу.
Тхоьца дерг хьайна ма луъу достур ахь,
Шайгара тоьлла яккхалахь йоккхур ахь,
Кху махкахь ц1е яхана шайн хьомсар и йиша, -
Бохуш, лен велира бах веа вешин и ваша.
Т1аккха вист ма хилира, тов, и гуьржийн Анзор:
- Дакъаза ма вала хьо, йишин ва ваша!
Шун хьомсар и йиша тхан дола яланза,
Садолчу адамах, кху г1алахь, бан къинхетам
Болуш ма вац ша эла Анзор!
Бертахь лахь ялаяй схьах1оттае шайн хьомсар
Ва йиша - маьждиган кху майдана!
Иза дан хьуна ца лаахь, хьайн горгачу
Ва коьртах вала ма воллу хьо, -
Олуш, вист ма хилира и гуьржийн Анзор,
Шен даьтт1ачу дагна букъах куьг ва хьоькхуш,
Ваьлла ц1ехьа вахана, т1амна кечвелира бах
И йишин ваша, шен жимчу цу веа вешица,
Дуьнен чу сирла сатосучу ва хенахь
Буьрса т1ом болийра бах цу гуьржийн Анзора,
И х1ирийн хаза йо1 шега схьа ца елчахь
Х1ара Буру-г1ала йохийна йоккхур ша,
Махкачохь ц1еяхана пхеа вешин ва йиша аьлла,
Вовшашка маьхьарий детташ, яхье буьйлуш,
Шаьш летан бевлира бах и х1ирийн пхи ваша,
1уьйранна болийна т1ом суьйренга ма бахара,
Сарахь болийча т1ом 1уьйренга ма белира
Бертахь лета бевлира бах яхь йолу вежарий,
Болийна буькъа т1ом доьазлаг1чу дийне баьлча,
Хийла декъий дехкина, т1ом буьрсе баьлча,
Салоцчу х1оьънаш кхетта вуьйжира бах
Пхеа вешех кхо ваша, х1ирийн йоь1ан вежарех,
Эла Анзоран эскаран ницкъ тоьлла,
Мохь тоьхна, кхайкхина т1е ма ялийра,
Воккхахчу цу вашас, шайн хьоме и йиша, -
Ладуг1уш хилалахь, тхан хьоме ва йиша!
Анзоран и эскар сов дукха хиларна,
Хьан хьомечу вежарийн ницкъ к1езиг хиларна,
Мостаг1аша ма вожийн вайн хьоме кхо ваша,
Яхь йолуш бара-кха и нохчийн ва к1ентий,
Ч1ир йоцуш ца дуьсура царна динариг,
Хьо яха езара цу нана-Нохчийчу,
Яхь йолу нохчийн к1ант вайна орцах вог1ур ма вара, -
Олуш, лен велира бах шайн жимчу йишега
Вежарех воккханиг.
Саг1а доьхучу ва бедар шен дег1а юьйхина,
Цу бедарна ва чоьхьа п-шамен герз лаьцна,
Юьхь т1е модаш хьаькхна, шен басах йоьхна,
Яхана т1ех1оьттира бах пхеа вешин йиша,
Б1о летош воллучу цу гуьржийн Анзорна.
- Ладуг1уш хилалахь, х1ай эла Анзор,
Со хьоьга ала воллучу дешнашка, -
Олуш, т1еяхана, божарех таръелла,
Къамеле ма елира и х1ирийн хаза йо1!
- Доьзалехь г1аддайна, цу нохчийн махкара
Кхуза саг1а деха веана, со нохчо ву хьуна.
Ц1е йоккхуш дика к1ант хьо ву бохуш
Цу нана-Нохчийчохь хьо вуьйцуш хезна суна,
Кху Буру-г1алахь т1еваха хьаша вац шен,
Ахь бечу т1амца г1уллакх долуш вац ша,
Г1алина лаьцначу гонах ахь валийтича,
Винчу махка, Нохчийчу воьрзур вара ша, -
Олуш, лен елира бах саг1адоьхург ва хилла,
И х1ирийн хаза йо1, пхеа вешин ва йиша.
"Некъа д1авоьду маьрша стаг ву х1ара,
Нохчийчу д1аваха некъ маьрша бита кхунна", -
Аьлла, г1аролле кехат яздира бах
Кху гуьржийн эла Анзора.
Анзоран бакъонан и кехат шен кара ва кхаьчча,
Кхаа вешех бисинчу кхаа динах
Тоьлла дин, дог доьлхуш, схьалаьцца,
Шена т1ера саг1адоьхачун и бедар
Сихонца д1акхоьссина, шен дег1ан и бедар,
Дег1 къовлуш, т1еюьйхина,
Дика к1ант ва санна, дег1 дайдеш,
Т1еелира бах и х1ирийн хаза йо1
Гош 1аьржачу ва динна, доьхначу цу дийнахь.
Беха некъ бадийна, хийла хан яьлчахь,
Иза йог1уш ма кхечира, тов, цу нана ва Гихт1а.
Маьждиган майдана яхана, тешамен динна
Кхаа когана дерматан баргол тоьхна,
Сийначу бай т1е иза бажа лаьллина,
Тешамен шен герзаш маьждиган не1арх оьхкина,
Бос хазчу шен боснеш т1е гуьлмаьнда ийзош,
Г1елъелла лаьттучу кху х1ирийн йо1ана,
Веана т1ех1оьттира бах и гиххойн цхьа к1анат.
- Иллах1и ярабби, кхоьллина хьо дела!
Х1ун адам ду-техьа хьо х1оьттина лаьттариг? -
Бохуш лен ма велира и Гиххойн жима к1ант.
Нохчийн маттахь йистхила ца хаарна,
Кху к1антах эхь хетта, букъ тоьхна д1ах1оьттира
И х1ирийн хаза йо1, бийца мотт ца хаарна,
Цу йоь1ан хазаллех тамаша ша бина,
Дан дезарг х1ун ду ца хиъна,
И ваьлла ма вахара бах шайн юьртан
Тхьамда, воккха молла волчу.
- Та1ий ладог1алахь, х1ай юьртан молла,
Ша дуьйцур ма ду хьуна, хьан б1аьрга ганзаниг:
Маьждиган майдана дин бажа лаьллина,
Тешамен шен герзаш не1арца оьхкина,
Маьждиган пенах букъ тоьхна лаьтташ ма ю,
Туьй тесний бен, цуьнан хазалла, шега адам
Хьожур доцуш, цхьа хаза жима йо1.
Цуьнчул исбаьхьа хаза корта шена
Байна ма бац ша леллачу меттигашкахь.
Хаьттинчу хаттарна дуьхьал дош ала
Хууш ма яц евзаш йоцу и хьаша
Бохуш, вистхилча и Гиххойн жима к1ант,
Ша ваьлла вахара бах и юьртан ва молла
Гиххойн юьртан маьждиган майдана,
Вахана д1акхаьшчахь иза вист ма хилира,
Нанас шена бийца 1аминчу
Цу нохчийн ва маттахь, ца евзачу хьеше,
Буьйцучу цу маттах йо1 кхеташ цахилар
Шена билггал хиъчахь, шолг1а вистхилира бах
И юьртан ва молла, цу 1арбийн ва маттахь,
Бос хазчу йо1а шена жоп ца делчахь,
Кхайкхина балийра бах цо, и гиххойн ва к1ентий,
Баьхкина маьждиган майдана ма гулбелира,
Юьртара к1енатой, бохург х1ун ду хьовса.
Х1ирийн йо1а буьйцучу цу маттах
Гиххойн к1ентий ца кхеташ,
Гиххойн к1енташа буьйцучух цу маттах
Х1ирийн йо1 ца кхеташ,
Пхеа вешин хьомечу йишин хазаллех
Цецбевлла, тамаша беш ма бисира,
Кхайкхина гулбина юьртара к1енатой,
Массо а тайпанара кечбина мерза,
Хьена кхача хьалха билларах
Цунах батт ца тухуш, г1елъелла,
Б1аьргех оьху мела хиш йовлакхца сецош,
Хьийкъинчу шен вежаршна дан амал доцуш,
Кийрара дог лозуш, шен бала д1абалхо
Бийца мотт боцуш, лаьтташ яра бах
Пхеа вешин хьомсара ва йиша.
Цхьана нана махка лелавахана, хийла хан яьлча,
Вехаш 1ачу ва Гихт1а ц1а вог1уш волу
Дог майра и Зайтан Шихмирза
Веана т1е ма кхечира маьждиган пхьоьханна.
Майданахь лаьттачу цу х1ирийн ва йо1е
Нохчийн маттахь маршалла хаьттира бах
Цу Зантан Шихмирзас.
Кхо хоьттучу маршаллех йо1 кхеташ ца хилла,
Шозлаг1а маршалла ма хаьттира оьрсийн цу маттахь
Зантан Шихмирзас х1ирийн йо1е.
Дуьхьал жоп дала ца хууш йисира бах
Пхеа вешин и йиша.
Х1ирийн маттахь маршалла ма хаьттира
Цу Зайтин Шихмирзас ца евзачу ва хьеше.
- Делера маршалла хьуна хилда,
Х1ай ца вевза х1усамда, - аьлла,
Йоьлхуш Шихмирзина т1е ма кхийтира
И Х1ирийн хаза йо1, и вевзина ваьлча,
Т1аккха лен ма елира бах
И х1ирийн хаза йо1 цу Зайтан Шихмирзе:
- Та1ий ладог1алахь, х1ай Зайтан Шихмирза,
Хьо вуьйцуш дукха хезна суна,
Сан хьийкъинчу вежарша.
Иштта хьуна вуьйцуш а хезна хир ма ву,
Мисканаш хьийзош, ницкъаш бен
И гуьржийн эла ва Анзор.
Цо кехат теснера шен хьомсара вежаршка:
- Аш бертахь лахь шайн хьоме и йиша,
Деший, детий алсам ду шуна,
Иза бертахь ца лахь и Буру ва г1ала,
Йохийна юьгур ю ша аьлла.
Хьомсарчу шен вежарша, шега ша ца елчахь,
Луьра т1ом болийна, хьийкъинчу пхеа вешех
Кхо ваша вийна, т1ом беш ма ву
И гуьржийн эла Анзор,
Бухависинчу шина вешех воккхаха волчу
Ш вашас яра тадина,
Кху нана-Нохчийчохь яхь йолуш шу дара аьлла,
Цу нохчийн к1енташна динарг дуьсуш ма дацара,
Дийна висинчу шина вашас шайна орцах дуьйла аьлла,
Нохчийн к1енташка орца деха еана,
Цу пхеа вешин йиша х1ирийн йо1 ю ша, -
Аьлла, ма дийцира еанчу ва хьешо, -
Анзоран эскаран тоьпаша вагийна, тарраша
Цестина вожийна я болатан з1енашца
Лаьцна вихкина хууш дац, шен веза
Ши ваша, цу халчу ва т1амехь,
Царна орцаха вала к1ант велахь,
Цуьнга орца доьху ас
Олуш, елхаран къурдаш кийрахь худуш,
Беснешха охьаоьху хиш гуьлмаьндин т1емаца
Д1адохуш, гора юьйжира бах
Пхеа вешин йиша, и х1ирийн хаза йо1.
Т1аккха лен ма велира х1ара Зайтан Шихмирза:
- Та1ий ладог1алаш, гиххойн дика к1ентий!
Вай долчу еанарг хазалла юьйцу х1ирийн йо1 ю шуна,
Цу эла Анзора, гуьржехара паччахьан
Эскар т1еоьзна, х1ара бертахь шега ца елча,
Хьийкъинчу пхеа вешех кхо ваша вийна,
Висинчу шина вешех хиллариг ца хууш,
Буьрсачу т1амехь уьш холчах1иттичахь,
Дуьненахь яхь йолуш, вай, нохчий ду аьлла,
Вайга орца ала еана хьаша ма ю,
Кхуьнан вежаршна вошалла дан яхь йолуш
Волу к1ант мила хир вара шулахь, - аьлла,
И Зайтан Шихмирза вистхилчахь,
Цхьаъ цхьана т1аьхьавоьдуш, шишша цхьаьна воьдуш,
И гиххойн к1ентий маьждиган майданара,
Те1аш д1абахана,
Ша цхьалха висира бах и Зайтан Шихмирза,
Еанчу хьешана хьалха дикка юьхь1аьржа
Ша хилла, цуьнга лен велира, тов,
И Зайтан Шихмирза:
- Дакъаза ма яла хьо, х1ирийн хаза йо1!
Хьо йохий ма хьовза, иршачу кху дийнахь,
Ша орцах воьду хьуна, хьан хьоме вежаршна.
Хьо парг1ат хилалахь кху нана ва Гихт1ахь, -
Олуш, вистхилла, тешамен шен х1усмехь
Х1ирийн йо1 йитина,
Стиглахь морха ва яьлча, дера лом ва санна,
Шен дагна дарвелла, са ц1ена шен гила
Кхоъмаза човхийна, ша воьдуш
Кхечира бах и Зайтан Шихмирза,
Цу Буру ва г1ала буькъачу ва т1аме,
Аре юьзна декъий эгийначул ва т1аьхьа,
Карара х1оъ-молха кхачийна, г1елвелла,
Ца виссал чевнаш шайн дог1машна йина,
Дег1ан ницкъ эшна, Анзоран эскаран каравахна,
Болатан з1аьнаш дог1машна хьарчийна,
И чуьйнан г1омаш куьйгашна тоьхна,
Лаьцна ма карийра кху Зайтан Шихмирзина
Х1ирийн йоь1ан хьоме ши ваша.
Т1аккха лен велира бах х1ара Зайтан Шихмирза,
Цу гуьржийн к1енташка:
- Ша кхойкху алийша, шайн эла Анзоре. -
Бахана вист ма хилира цу эла Анзоре,
Цуьнан тешамен салтех ши жимха:
- Цхьа нохчийн къут1а ду хьоьга ва кхойкхуш.
- Иштта хабар шена т1е х1унда дахьара аша, - аьлла,
Човхийна вахийтира бах эла Анзора
И гуьржийн ши к1анат.
- Нохчийчохь ц1е йоккху, ша, Зайтан Шахадирза ву ала
Цу эла Анзоре кхойкхург, - аьлла,
Юха а кхайкха ма вахийтира Зайтан Шихмирзас
И гуьржийн ши к1анат цу эла Анзоре.
Т1аккха а човхийна ма битира цо
И гуьржийн к1ентий, тергал а ца беш.
Бертахь дийцарх г1уллакх цахилар хиъча,
Син метта топ кхетта сира сай ва санна,
Ша хьалаиккхира бах и Зайтан Шихмирза,
Динна хьалха нисвелларг цу дино кагвеш,
Улло нисвеллачуьнан туьрца корта боккхуш,
Гена вала воьллариг - мажаро лоцуш,
Дагна даръелла дера борз санна,
Т1амна чу ма хьаьдира, тов, х1ара Зайтан Шихмирза.
Гома зурма лекхна, йоьза вота тоьхна
Эпсараш г1овттийна, б1о лето велира бах
И элан Анзор кху Зайтан Шихмирзех,
Ша лета велира бах х1ара Зайтан Шихмирза.
Цу сарахь болийна т1ом 1уьйранга ва баьлча,
1уьйранна болийна т1ом суьйранга ва баьлча,
Мохь беттан велира бах и гуьржийн ва Анзор:
- Та1ий ладог1ахьа, х1ай нохчийн Шихмирза!
Болийначу т1амна ша дохко ма ваьлла,
Дуьненан даьхний дезаш хьо велахь,
Дуьненан даьхний сов шорта ду хьуна,
Паччахьан ахча дезаш хьо велахь,
Паччахьан ахча мел шорта ду хьуна,
Сан эскаран мерза синош лаг1делла ма дог1у,
Ахь де бохург ша дина ву хьуна,
Ахь сацаяр доьху ас еттачуьра хьайн мажар,
Х1ай Зайтан Шихмирза. -
Т1аккха лен ма велира и Зайтан Шихмирза:
- Дакъаза ма вала, хьо гуьржийн ва Анзор!
Хьан даьхни схьаэца г1ийла бо дац ша-ма!
Паччахьан ахча схьаэца мацвелла вац ша-ма!
Цу х1ирийн йоь1ан пхеа вешех кхо ваша вийна,
Бухависина, айхьа болатан з1енашца вихкина,
Лаьцна ши ваша шега схьалахь,
Кхид1а т1ом боцуш, ша парг1ат дуьтур ду
Тешамен хьан эскар.
Ахьа, вихкинчуьра ваьстина, ши ваша
Шега схьа ца лахь,
Делана биънариг беза дуй бу ше-ма,
Цу нана ва Гуьржех шух дийна стаг ца вахийта
Олуш, лен велира, тов, и Зайтан Шихмирза.
Сир диллинчу почтанна йора дой ва доьжна,
Почтанан хьалха ша, Анзор, ва хиъна,
Лаьцна вихкина ши ваша цу почтана хаийна,
Уллорчу г1удалкха кхаа вешин декъий дехкина,
Веана схьа ма х1оьттира, бах и эла ва Анзор.
И гуьржийн Анзор, йийсарна ва валош,
И х1ирийн ши ваша парг1атваьккхина валавеш,
Анзоран эскаро вийначу кхаа вешин декъий ва дахьаш,
Вог1уш цу нана-Гихт1а кхечира бах
И нохчийн дика к1ант, Зайтан Шихмирза,
Шен хьомсарчу кхаа вешин декъашна
Т1еетталуш, доггаха х1ирийн йо1 йилхина,
Бухависинчу шина вешина шайн махка
Д1аверзар лаьийла хиъчахь,
Уьш ц1ехьа бигна,
Анзоран б1оно вийна
Кхо ваша верзо ма-веззара д1аверзийчахь,
Вистхили бахара х1ара х1ирийн ши ваша:
- Дала сий дойла хьан, хьо, Зайтан Шихмирза!
Цу гуьржийн Анзоран эскаро шаьш холчах1иттийча,
Яхь йолуш нах ма бу и нохчийн ва к1ентий,
Цаьрга орца алий г1о аьлла шайн хьоме
Ва йиша шаьш шу долчу ма яийтира,
Цо динчу дехарца тхуна орцах веана,
Вен везарг ва вийна, вежарийн ч1ир екхна,
Йийсар дина и эла Анзор валийна,
Анзоран балех даьхна, тхо парг1атдехин ахь,
Шайн хьоме вежарий шайга д1аберзабайтин ахь.
Хьо санна воцуриг нуц оьшуш ма дац тхо.
Тхан хьомсар ва йиша, х1ара х1ирийн жима йо1,
Ва хьоьца товш хир ма ю. -
Олуш, вистхилла, Шихмирзина и елла,
Кхаа дийнахь, кхаа бусий шайн чоьтах
Той дина, шешан ловзар ва дина,
Дуьне мел дозу вежарий хир ду вай аьлла,
Д1ай-схьай ц1ехьа бахара бах
Яхь йолу ва к1ентий.
Ма х1итта вай к1ентий ка йоцчу цу т1аме,
Х1иттанза ца довлахь, х1уьттийла ва хилахь
Цу Зайтан Шахмирзин ва санна,
Т1амна кайолийла вайн.
Нанас дена ма волда яхь йоцу ва к1анат,
И вича ма вахийла цхьана дийнан делкъалца.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz