ТАЙМИН БИБОЛАТАН, ДОГ МАЙРАЧУ Ч1ЕГИН ИЛЛИ

Кхо ког болчу цу г1анта ша лоха лахвелла,
Дагца ен ойланаш ва сица сецаеш,
Кхо пха болчу пондарх марг1ал п1елг ва бетташ,
Сахуьлунга вели, тов, дог майра ва Ч1ега,
Нур дашо можа малх дуьнен чу ва кхеташ,
Цо кхойкхуш т1евалий юьртара цхьа жимха,
Лен вуьйлуш т1ех1оьтти дог майра ва Ч1ега:
- Ас кхайкхин хьоь, делхьа, сан деган доттаг1а,
Гулбехьа ахь шена и нохчийн кур к1ентий,
Вай х1онце бига, кханалерчу ва дийнахь
Олуш, лен ва ваьлча дог майра ва Ч1ега,
Т1аккха лен ма велира юьртара и жимха:
- Ша кийча ву хьуна и к1ентий ва гулбан,
Кхин г1уллакх дарин хьа, дог майра ва Ч1ега?
Баркалла ва хьуна, кхин г1уллакх дацара шен,
Сахуьлу седарчий уьдучу ва хенахь,
Цул т1аьхьа можа малх кхетале ва хьалха,
И к1ентий гулбелахь, х1ай юьртан ва жимха,
Алмазаш* дехкачу, алмазаш тийначу
Г1улозан цу боьра,
Цул билгал ю хьуна, г1ург1езо бен бен,
Сусаханан и коьрте,
Эцца ша карор ву, юьртара х1ай жимха
Олуш, лен вели, тов, дог майра ва Ч1ега,
- Хьо марта 1айла-кх, дог майра ва Ч1ега,
Цу нохчийн к1енташца йиллинчу цу метте
Со вог1ур ву хьуна, хьо теший ва 1елахь, -
Олуш, д1авахара, тов, юьртара ва жимха,
К1ант дика мел вериг кхайкхина ва валош,
Дин дика мел бериг пусарехь ва валош,
Шеца к1ентий ва болуш, ша хьалха ва ваьлла,
Ша вахара, ма боху, юьртара и жимха
Алмазаш дехкачу Г1улозан цу боьра,
Цул билгал йийцинчу, г1ург1езо бен бечу
Сусаханан ва коьрте.
- Ассалам 1алайкум, дог майра ва Ч1ега,
1уьйре дика йойла хьан г1ург1езан кху боьрехь!
Ахь боху х1ар к1ентий ас балийн ва хьуна, -
Олуш, лен велира, тов, юьртара и жимха.
- 1алайкум ва салам, х1ай нохчийн кура к1ентий,
Ша кхайкхи ва шоьга, х1ай майра ва к1ентий,
Дикачу цу дина хаа к1ант ца вуьтуш,
Шен нанна ва гергахь кхиа йо1 ца юьтуш;
Д1ахьаьжча гуш долчу лекхачу ламанийн
Ша дола деш волчу,
Арарчу аренийн ша дола деш волчу
Цу эла Тепсаркъин и ц1оькъа ва рема
Лахказа ва а 1ен,
Шен дагахь ч1ог1а дуй ва биъна вара ша,
Шу реза ва делахь, шу эцна г1ур ву ша,
Шу реза ва дацахь, пурба ду ва шуна,
Шайн ц1ехьа г1о шайна, х1ай нохчийн кура к1ентий! -
Бай т1ехь бокъийн санна, дегнаш ловза ва лелхаш,
Шаьш резахили, тон, и майра ва к1ен1ий,
Майра лом ва санна, ша хьалха ва ваьлла,
Берзалой ва санна, уьш т1аьхьа х1иттийна,
Ша воьдуш кхечи, тов, дог майра ва Ч1ега,
Тепсаркъин реми т1е, дагна дар ва велла,
И рема яний, тов, шерачу цу арахь,
Сов хаза ва ловзуш,
Шайна ловза к1ордийча, шортачу бацалахь,
Ва ежаш, ва лелаш,
Ремий 1у кхайкхина т1евалийна,
Туьра т1е ка дуьллуш, цуьнга лен ма велира
Дог майра ва Ч1ега:
- Хьо чехка ц1а г1олахь, х1ай ремин жима 1у,
Тепсаркъе алалахь ша орцах ва вала,
Цо хьомен ва кхобу цуьнан ц1оькъан ва рема,
Дог майра ва Ч1ега ва хьалха ва волуш,
Цу нохчийн к1енташа ва лаьхки алалахь, -
Шийла кхаъ ва эцна ша ц1ехьа хьаьдин, тов,
И ремин жима 1у, догдоьхна ва волуш,
И воьдуш ма кхечи Тепсаркъин х1усаме.
- Ассалам 1алайкум, х1ай эла Тепсаркъа!
Шийла кхаъ бу хьуна, хьан рема ма лаьхки
Цу нохчинн к1енташа таханлерчу кху дийнахь,
Дог майра ва Ч1ега шайн баьчча ва волуш! -
Олуш, лен ва ваьлча и ремин жима 1у,
Ша хьалаиккхира, тов, и эла Тепсаркъа,
Кечвала вуьйли, тов, дагна дар ва велла,
Лаьтто ца лалла эскар шеца ва долуш,
И т1аьхьакхийн, тов, цу нохчийн к1енташна,
Дуьне дат1о ва санна, мохь-ц1ог1а ва детташ,
Ша кхайкхавелин, тов, и эла Тепсаркъа:
- Каравола ва суна, дог майра ва Ч1ега,
Коьртана маршо ю хьуна, хьо кара ва ваг1ахь,
Кара хьо ца ваг1ахь, коьртаха волу хьо, -
Т1аккха лен ма велира дог майра ва Ч1ега:
Караван вина вац, ша винчу шен нанас,
Ша лата вина ву, ша винчу шен нанас! -
Олуш, лен ва ваьлча, дог майра и Ч1ега,
Таккха лен велира и эла Тепсаркъа:
- Шаьш, тасий, довдийша сан ц1оькъа ва рема,
Массарна а коьртана маршо ю ва шуна, -
Олуш, лен ва ваьлча и эла Тепсаркъа,
Т1аккха лен ма велира, дог майра ва Ч1ега:
- Хьан рема ва тесча тхо стенна ва уьду?
Хьан рема ва тесна ида тхо ца даьхкина,
Хьан рема ва йига даьхкина дай тхо-ма,
Нагахь санна дуьхьало яхь, ва дала даьхкина! -
Т1аккха т1ом болий, тов, цу эла Тепсаркъас,.
Молханан цу к1уьра дохк-марха ва х1уьттуш,
Т1ом кхехки болий, тов, цу нохчийн к1енташа,
Шаьш юкъа ва хоьхкуш, ва тарраш ва детташ,
Бухабуьйлуш, хьежаеш, мажараш ва етташ.
Цу т1еман ч1ог1алла дой терса дуйлин, тов,
Молханан цу к1уьрна 1аьржа дохк ва х1уьттуш,
Шаьш дууш ва доцуш, шаьш молуш ва доцуш,
Кхо дей, кхо буьсий д1адаьллачу цу хенахь,
Цу эла Тепсаркъина г1оьнна т1е ва оьхуш,
Луьста эскарш ва долуш,
Хийцалуш д1ах1уьттуш накъостий ва боцуш,
Охьаховша йиш йоцуш, даа-мала ва доцуш,
Цхьаболу накъостий байъина кхачийна,
Цхьаболу накъостий чевнаша дарбина,
Г1елбала буьйли, тов, и нохчийн ва к1ентий:
Мохь-ц1ог1а ва детташ, лен вели боху, тов,
Дог майра ва Ч1ега, к1енташка ва кхойкхуш:
- Вац техьа ва шулахь яхь йолуш цхьа к1анат?
Ц1е яьлчча ва санна, х1аллакъхуьлуш дохку вай,
Вайх хилларг ва дийца, дийна стаг ца вуьсуш, -
Олуш, лен ва ваьлча, дог майра ва Ч1ега,
Кхокхашна юккъера к1айн куьйра ва санна,
Каде схьаиккхира цхьа динан ва бере:
- Х1ун боху ахь шега, дог майра ва Ч1ега? -
Т1аккха лен ма велира дог майра и Ч1ега:
- Хьо г1олахь, сов чехка, х1ай динан ва бере,
И Таймин Биболат вехачу ва уьйт1а,
Алалахь ахь, цуьнга, орцах вола ва алий,
Дог майра ва Ч1ега, цу ехачу раьг1нашкахь,
Шеца к1ентий ва болуш, т1амо го ва бина,
Шайх хилларг ва дийца дийнан стаг ца вуьтуш,
Шаьш х1аллакдеш ма воллу и эла Тепсаркъа,
Шайх хилларг ва хаа, хьоь вола ма боху, -
И хабар ва эцна, ваьлла д1а ма вахара
И чехка ва бере.
Шен расха жима дин шедаца човхийна,
Мох санна сов чехка и каде ва бере,
Ша воьдуш ма кхечира Биболатан ва юьрта,
Сахуьлу седарчий уьдучу ва хенахь,
Дуьнен чу дашо малх кхетале ва хьалха,
Дуьнен чу сирла са даьржачу ва хенахь,
Шен шуьйрачу белшах колхозан бекх** кхоьллина,
Богучу б1аьргаш т1е холхазан куй теттина,
Дуьненан ва кийра сирла б1аьрг ва бетташ,
Кет1а ваьлла ваний, тов, и Таймин Биболат.
Шен расха жима дин хьацарна 1ийдалуш,
Вахана, т1ех1оьтти, тов, и каде ва бере:
- Ассалам 1алайкум, х1ай Таймин Биболат!
1уьйре дика йойла хьан, дог майра Биболат!
- 1алайкум ва салам, х1ай, динан ва бере,
Везийла хьо доттаг1ашна, вог1ийла хьо марша!
Хьо лаан леларий, хьо тара леларий,
Хьан расха жима дин хьацарна 1ийдалуш? -
Олуш, лен ва ваьлча и Таймин Биболат,
Т1аккха лен ма вели и динан ва бере:
- Апарино хи санна, ша гатте верзийна,
Хе бера ва санна, ша чехка хьовзийна
Дог майра и Ч1ега, цу ехачу раьг1нашкахь,
Шеца к1ентий ва болуш, т1амо го бина ву,
Тхох хилларг ва дийца, дийнан стаг ца вуьтуш,
Тхо х1аллакдеш ма воллу и эла Тепсаркъа.
Тхох хилларг ва хаа хьоь вола ма боху,
Дог майрачу цу Ч1егас, х1ай Таймин Биболат! -
Кийрара далхийна, и каден ва бере,
Мах санна хьаьдира боьхничу цу т1ам т1е.
Шен куьйнах кадетташ, мох санна сов чехка
Кечвала вуьйли, тов, и Таймин Биболат.
Цу ханнийн божлара са ц1ена шен гила
Цу локкхар дуьрстанца ва уьйт1а ва оьзна,
Чергасоша кечйина локкхаран оьзиган нуьйр,
Шен кхаа бухкарца, динан букъа т1ехь къевлина,
Чал дера и герзаш шен хене дихкина,
Барзал майра дилхан дог шен кийрахь сецадеш,
Ша араиккхира,тов, и Таймин Биболат.
Бухь бекъачу попа т1е месала куьйра ва санна,
Т1ам кхарстош, т1евелира к1елхьарчу шен динна,
Ша юьртах ва валлалц боларахь ва охьуш,
Ша юьртах ва ваьлча, и Таймин Биболат,
Лен вели, бахара, дикачу шен дине:
- Хьалха, малх кхетачу цу ног1ийн ва арахь,
Цу элийн к1айн даьхни аьхка дежа, ва аьлча
Хьо, чонна ца бузу са ц1ена сан гила,
Х1инца хьо бадалахь лечанца ва къуьйсуш,
Кхийсабалар къийсалахь майрачу лоьмаца! -
Олуш, цо човхийра шен хьомсар ва гила,
Т1акка ида белира, бах, Биболатан ва гила,
Архашкахь къевлича мархашка ва г1ерташ,
Ц1оькъалом ва санна, ша гена кхийсалуш,
Вадийна, кхиийра бах и Таймин Бибилат,
Йочанан ва мохо идон дарц ва санна,
Цу нохчийн к1енташ т1е, доьхначу цу дийнахь:
- Ассалам 1алайкум, дог майра ва Ч1ега!
Т1еман аьтто хуьлда шун, дог майра ва Ч1ега!
Т1едог1у ва хьуна т1ам 1аьржа ва леча,
- 1алайкум ва салам, х1ай, Таймин Биболат!
Воха-м ца воьхна со, - олуш, д1акховдий, тов,
Шен ц1еша дуьзна куьг, цу Таймин Биболате.
Куьг лоцуш, хаьтти, тов, и мерза маршалла.
Т1аккха лен вели, тов, дог майра и Ч1ега:
- Хьо метта кхечи-кха, х1ай Тайми Биболат.
Цхьа к1езиг сих х1ума бен яц, хьуна, шена чохь,
Х1ара белла 1охкурш накъостий бу хьуна,
Шен цхьа дег1 доцуриг цхьа дег1 ца дисана,
Таханлерачу дийнан т1ом кайоцуш хили шайн,
Цу эла Тепсаркъин ва толам ма хили.
Ва тхуна лиънера, х1ай, Таймин Биболат,
Тхайх хилларг ва дийца хьо орцах ва ван.
Хьо тхуна т1екхечи, ас доьху ва хьоьга,
Тхох хилларг ва хилла д1адаьлла го хьуна,
Тхох хилларг ва дийца хьо ц1ехьа верзахьа,
Хьо ца1 бен ва вацийц, уьш дуккха а ва беци,
Верзахьа, цхьанделхьа, х1ай Таймин Биболат! -
Т1аккха лен велира бах и Таймин Биболат
Велхаран ва шеддаш легашкахь сецадеш:
- Ма дийца ахь шега хила йиш йоцуш дерг,
Ма дийца ахь шега осала и хабарш,
Хьуна ма мотталахь ша ваьлла д1аг1ур ву,
Ша г1ур вац хьуна, х1ара нахана ва дийца,
Шен делах биънариг беза дуй беца шен,
Шун дог1мех хилларнг шен дег1ах даза ца 1ен,
Я шун массеран а ч1ир эцций бен ц1ех1а а ваха
Олуш, цунна мала хи ва делла,
Кхалла х1ума ва елла,
- Х1инца хьо хьажалахь, дог майра ва Ч1ега,
Мостаг1аш ва юккъехь ша муха ловзу
Олуш, юкъахьаьдира и Тайми Биболат,
Даьккхинчу туьраца, мохь бетташ, ц1ог1а детташ,
Мостаг1ий ва луьста байначу ва юккъе
Шен гила туьйсура цу Таймин Биболата:
Ва хьалха нисвелларг шен дине хьошуьйтуш,
Ва улло нисвелларг шен туьре цостуьйтуш,
Борз юкъаиккхича, жа-матта ва санна,
Йохийна, яржийра цо мостаг1ийн и г1ера.
Ша алссам мостаг1ий байъинчу ва хенахь,
Дилха дог мостаг1ех 1абийнчу ва хенахь,
Юха хаьхкина т1евеара и Таймин Биболат,
Дог майрачу цу Ч1егехь х1ун хьал ду ша хьажа.
Шен герзаш мара къуьйлуш, ша хиъна ва 1еччохь,
Шен дег1ах мерза са д1акъаьсттина ва даьлла,
Хиъна 1аш ваний, тов, дог майра и Ч1ега.
Ца велча ва санна, шен б1аьргаш ва хьоьжуш,
Шен б1аьрга и дайча, дагна и дазделла,
Шен динара воьсси, тов, и Тайми Биболат.
Къилбехьа и нисвеш, и охьавиллина,
Юха шен дина а хиъна, дагна т1ех дарвелла,
И юкъа ма ваьржи мостаг1ийн цу туьпа.
Шен накъостий балар царна д1а ца хоуьйтуш,
Стигал къекъаш ва санна, шен герзех кадетташ, Л
атта дат1о ва санна, мохь-ц1ог1а ва детташ,
Мохь бетта велира, тов, и Таймин Биболат:
- Х1ай эла Тепсаркъа, ладог1ал ахь шега,
Х1ара бераш ца дина вайшиннан наноша,
Х1ара бераш дойуьйтучул вайшиъ хьалха вала бакъахь ду,
Хьо эла ва велахь, шех дата вала х1инца
Олуш, кхайкха велира, тов, и Тайми Биболат
И дера мохь-ц1ог1а шен лере ва хезча,
Эсаро бос бихьна толлан г1а ва санна,
Кхеравелла, бос бихьира цу эла Тепсаркъин,
Шен дина велира бах и эла Тепсаркъа,
Кхайкхина, элира бах цу эла Тепсаркъас:
- Ша жима ва волуш шен дада вийна,
И Таймин Биболат веца, хьо шега луьйриг? -
Олуш, лен ва ваьлча, и эла Тепсаркъа,
Т1аккха лен ма вели и Таймин Биболат:
- Хьан дада ва вийна Таймин Биболат
Ву хьуна со, Тепсаркъа. -
Геннара лен велира и эла Тепсаркъа:
- Схьакхосса ахь шена, х1ай Таймин Биболат,
Ахь тоьхнарг ца кхетахь ас хьуна кхуссур ю. -
Т1аккха лен ма велира и Таймин Биболат:
- Ма дийца ахь шега и к1илло хабарш,
Ахь хьалха, ас т1аьхьа, ца бохур вайшимма,
Ваьш воллучуьра чучча дой хохкур вайшимма,
Вайшиъ т1етт1а кхочуш, ваьшшиннан кадаьлларг
Дийр ду вайшимма
Олуш, т1ехийцира, тов, цу Тайми Биболата
Са ц1ена шен гила,
Ша т1е ма-кхоччура, аьрру катоьхна,
И эла Тепсаркъа шен говрах къастийна,
Тур диттина, охьатесира 1аьржачу цу лаьтта,
Шен динара воьссинчу цу Таймин Биболата,
Дог 1абош, баьккхира Тепсаркъин ва корта,
Ц1ен дина, баьккхина цуьнан горга и корта,
Лерг лаьцна, тесира цо шен таьлсан оган чу.
Юха дина ва хиъна, юкъа хьаьдира, ма боху,
И Таймин Биболат, мостаг1ийн цу туьпа.
Мохь-ц1ог1а ва детташ, дог ирах1иттадеш,
Хьалхашха нисвелларг шен дине отуьйтуш,
Уллошха нисвелларг шен туьре цостуьйтуш,
Ведда вала воьлларг шен тоьпе лоцуьйтуш,
Цхьаберш шаьш уьдуш, цхьаберш к1елбуьсуш,
Боьхна д1абахара бах Тепсаркъин накъостий,
Цу нехан мостаг1ех дилхан дог 1абийна,
Вен везарг ва вийна, шийла дакъа ва дина,
Ва даккха дезачун ц1ен ц1ет ва даьккхина,
Цхьа к1еззиг ва чевнаш шен дег1ах ва йолуш,
Ша юкъаравелира бах и Таймин Биболат.
Велхаран ва шеддаш легашкахь ца сецош,
Маь1-маь1нехь эгначу цу к1ентий ва декъий,
Ша гулдан ма вуьйлира и Таймин Биболат.
Билгалчу ва метте уьш охьадехкина,
Кадам беш т1ех1оьттира и Таймки Биболат:
- Дала шуна гечдойла, х1ай нохчийн кьонахий!
Доккха орца дар-кха шу, шух дозалла ва дечу,
Цу нохчийн къонахашна,
Таханлерчу дийнахь шух белхар ма хили, -
Олуш, царна вилхина, царна кадам ша бина,
Шен дина велира бах и Таймин Биболат,
Шен динара б1аьрг тухуш докъашка и хьаьжча,
Т1ааьхьахьожуш санна хийтира дог майра и Ч1ега.
И цигахь витина д1аваха а велла,
Юха т1евирзина динара воьссина,
Шен дина букъа т1е цуьнан дакъа даьккхина,
Ша ц1ехьа ма вирзира и Таймин Биболат,
Ша воьдуш кхечира, тов, и Таймин Биболат,
Цу Ч1егин ва уьйт1а, ирчачу цу кхоъца,
Доккха тезет х1оьттира, тов, цу Ч1егин ва кертахь,
Дерриг а хиллариг царна ца ва дуьйцуш,
Тепсаркъий ва корта ша хьалха биллина,
Тезетахь лаьттира, тов, и Таймин Биболат.
Цул т1аьхьа вахар, тов, и Таймин Биболат,
Байъинчу цу к1ентийн гергарчу цу нахе,
Уьш байъар хоуьйтуш, мичахь бу уьш дуьйцуш,
Декъий дан хьовсийра цо яхь йолу и к1ентий,
Цул т1аьхьа ц1а вирзира и Таймин Биболат,
Вехачу шен юьрта, доьхначу ва дагца!
_______________________________
*Зудчун суьртехь долу Са-ц1ий (миф.).
**Деха пхьуьйшаш долу кетар.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz