ТАРКХОЙН К1ЕНТАН, ЖЕРОЧУН К1ЕНТАН, ЖУМИН АКХТУЛИН ИЛЛИ

Буьйсанах кхо дакъа хиллачул т1аьхьа,
1уьйранна седарчий уьдучу заман чохь,
Нур дашо можа малх кхетале хьалха,
Набарха велир, тов, цхьа таркхойн жима к1ант.
"Илах1и яраббий, ма тамашина х1ума ду
Суна г1енах дуьхьал х1оьттинарг,
Я билгал бакъ ду-те суна дуьхьал х1оьттинарг?
Я буьйсанан йохалла гуш г1ан-набарш ю-те?
Хаац и лаан дуй! Хьажа вахан веза со, -
Олуш, каде кечвелла, дин каде кечбина,
Ткъес санна чехка дикчу динан йорг1ахь,
Вахана кхечир, тов, и Жумин Акхтула вехачу цу г1опе,
Оьзиган юткъа шедшей динна етташ,
- Ша уьйт1а велир, тов, и Жумин Акхтула,
Ц1ахь вуй хьо, цхьанделхьа, хазачу 1уьйренца,
Ц1ахь велахь, валахьа шуьйрачу хьайн уьйт1а,
Баттал векхавелла, малхал велавелла,
Ша уьйт1а велир, тов, и Жумин Акхтула.
- 1алайкум ва салам, х1ай таркхойн жима к1ант,
Ц1ахь ву со, тахана хазачу 1уьйренца:
Сиха г1уллакх хьан делахь, со уьйт1ахь кийча ву,
Сиха г1уллакх хьайн дацахь,
Хьо лаха воссахьа хьайн дикчу динара,
Даа деца вайшинна бордаха и дилха,
Сакъера беца вайшинна юьртара мехкарий.
Х1ун оьшу те хьуна, х1ай таркхойн жима к1ант?
Т1аккха лен велир, тов, и таркхойн жима к1ант:
- Ма вала дакъаза, х1ай Жумин Акхтула,
Хьан даар даа чонна меца вацара со,
Хьан малар ва мийла чо йогуш вацара со,
Мехкаршца сакъеран саготта вацара со,
Буьйсанах кхо дакъа хиллачул т1аьхьа,
Сайна гинчу вочу г1енаша со самаваьккхина,
Кхин вижа даго ца вуьтуш, со хьалаг1аьттина,
Хьо волчу веа со, х1ай Жумин Акхтула.
Дуьненан го лаьцна сийна х1орд ва санна,
Хьаьттарна го лаьцна човкарчий ва санна,
Уьшална го лаьцна куьйса эрз ва санна,
Инарлин орцано кхолха го юьртана лаьцна,
Жерочун жима к1ант юьрта чохь гина суна,
Бералахь дуьйна жерочун к1антана езна
Мехкарийн тхьамда инарлас д1айоьхуш гин суна,
Лаа дац и, г1енаша бакъдериг хьоьху,
Жерочун к1антана т1екхача ма веза,
Т1аккха лен велир бах и Жумин Акхтула:
- Делаха волда со, ва хьоьха волда со,
И г1енаш гина, со сама ца ваьллехь,
Вайша кхача ма веза сихонца орцах.

II

- Араялал, цхьанделхьа, сан хьоме хьо езар,
Сихонца кечбехьа са цена сан гила, -
Олуш лен ва ваьлча и Жумин Акхтула,
Ша араелир, тов, Акхтулин и езар,
Цу ханнийн божлара са ц1ена и гила
Цу дато дуьрстанца ша кет1а баьккхина,
Гоъ т1е дуьрста тоьхна, д1ахийцир бахара,
Акхтулин езаро са ц1ена и гила,
Цунах б1аьрг кхиир, тов, цу Жумин Акхтулин,
Ша-шен ц1ока яккха ц1оькъалом санна,
Шен сина даръелла дера ча ва санна,
Ша кет1а иккхир, тов, и Жумин Акхтула,
Шийла мохь туьйхир, тов, боьдучу шен дине:
- Биса хьо давелла са ц1ека сан гила,
Б1аьстенан кхаа баттахь лекха лам ва баош,
Аьхкенан кхаа баттахь кхехкийна к1а даош,
Малдина хи мийлош, ас хьомсар кхебир хьо,
Мелчу хи чохь лийчош, моданах ва ц1анбеш,
Шийлачу хи чохь лийчош, йора болабеш,
Баккхийчийн б1аьрг кхетча, б1аьргхиларна кхоьруш,
Кегийчийн б1аьрг кхетча, къола дарна кхоьруш,
Ша хала кхиийра хьо оьшучу кху денна,
Карара бели хьо оьшучу дийнахь!
Х1инца воьдучу новкъара со юхаверзахь,
Ас лохур беца хьо башлаьмнийн баххьашкахь.
Мажаран 1алашо т1елаццал меттиг
Хьан дег1ах суна гуш хилахь,
Ас морцур беца хьо цу г1ирмийн дошца!
Со санна мел волчу к1антана ас хьанал бин-кха хьо,
Со санна мел воцчу к1антана ас хьарам бин-кха хьо!
- Х1инца ахь ладог1ал, сан ямарт хьо езар!
Ас дуьйцур ду хьуна билгал бакъ мел дериг:
Оьшучу кху дийнахь сан ц1оькъа и гила,
Гоъ т1е дирста тоьхна, ахьа д1а ма хийци,
Доха х1ума дац сан, сан ямарт хьо езар!
И цхьа бекъа йина ца елла чергазийн кхелаш,
Хьо цхьа йо1 йина-х ца еллий массо а нана,
Х1инца воьдучу новкъара со юха ц1а верзале,
Х1ар санна х1усам кхин лахалахь хьайна,
Со санначу к1антана ас хьанал йин-кха хьо,
Со санна воцчу к1антана ас хьарам йин-кха хьо,
Со аьлла ма вели, сан ямарт хьо езар! -
Олуш, лен велир бах и Жумин Акхтула.

III

Гош 1аьржа шен гила ша т1аьхьа х1оттийна,
Уьйт1а веар, тов, лулара цхьа жимха.
- 1уьйре дика йолда хьан, сан дика лулахо,
Оьшучу дийнахь хьан эмалк карара баьлча,
И хезна веа со сайн гила балош,
Хьайниг санна дика бацахь а,
Боларна йорг1а бу хьуна са ц1ена сан гила,
Чергазийн цу кхело бина бу и хьуна,
Тахана дуьненахь, кханлерчу къематдийнахь,
Хьо воцург да воцуш, ас хьанал бин хьуна
Сайн жима и гила, х1ай Жумин Акхтула,
Оьшуш меттиг елахь, со кийча ву хьуна.
Т1аккха лен велир, тов, и Жумин Акхтула:
- Хьо далла везийла, сан дика лулахо,
Со юха ц1а ваг1ахь, и зедовр дац хьуна,
Со юха ца ваг1ахь, х1ун ду хетий дин байча а.
Бохь бойначу попа т1е дайн куьйра санна,
Уьйт1ахь дин хьийзаш, ша дина хиир, тов,
И Жумин Акхтула.
Дуьне дуьтуш д1абузу нур дашо малх санна,
Юрт юьтуш юьртаха велир, тов, ц1е йолу ши к1анат.
Цу некъан бохалла байн мукъам болийр, тов,
Цу Жумин Акхтулас:
- Делаха волда со, ва хьоьха волда со,
Х1ай Таркхойн жима к1ант,
Сайчул дика дин лаьтта т1ехь берг ловзош
Кхин хир бу моьттуш со варехь,
Карий-кха тахана цул дика х1ара гила;
Делаха болда хьо, са ц1ена х1ай гила,
Оьшучу меттехь са кхоийна 1ен белахь,
Дарц санна, даш дуьхьал тохарх, бухабаьн белахь.
Хьайн кура яь1на юхахьовзон елахь, -
Бохуш, дин хьоьстуш, шаьш хьийзаш кхечир уьш
Жерочун жима к1ант вехачу юьрта т1е.

IV

Г1енаха гинариг бакъ хилла карийра,
Дуьненна го лаьцна сийна х1орд ва санна,
Уьшална го лаьцна куьйра эрз ва санна,
Хьаьттарна го лаьцна човкарчий ва санна,
Юьртана кхолха го лаьцна гуш бара, тов,
Го готта боллучохь ринжа а даьккхика,
Юьрта чу вахар, тов, ц1е йолу ши к1анат.
Оьзиган шодмашца дой каде чехош,
Шаьш уьйт1а иккхир, тов, жерочун к1антана и дика ши к1анат.
Шийла мохь туьйхир, тов, цу таркхойн к1анта:
- Ассалам 1алайкум, жерочун хьо к1иллу,
Кху юьрта гонаха кхолха го х1оттийна,
И къена инарла маьждиган майдана хаийна,
Ма ч1ог1а чуйоьлла жерочун хьо к1иллу,
Мел парг1ат 1аш ву хьо, наб кхетча санна!
Ара мохь туьйхир, тов, жерочун к1анта:
- 1алайкум ва салам, х1ай таркхойн жима к1ант,
Сан деган доттаг1а, х1ай Жумин Акхтула!
Кху дийнан ойла еш кад мер ас бохуш,
Цу г1алин ннарлас х1ун боху хьожур-кха аьлла,
Собар деш сецна со, набкхетта вац со-ма,
Ахь деза детта, х1ай таркхойн жима к1ант,
Со аравала шуьшиъ суна бехкен вац,
Со ара ца волу, деган доттаг1ий,
Уьйт1арчу гоьзанах дой ма тов тасий,
Сихонца чувола, яхь йолу ши к1анат.
Даа деца вайяа бордаха к1айн дилха,
Мала деца вайна бух сирла и къаьркъа,
Ваьшна ма тов дуьйцур вай кху дуьхьал оти чохь!
Хьаьвзаш чувеар, тов, цхьабосса ши накъост.
Ца диъча санна даа долийр, тов,
Ца мелча сайна мала долийр, тов,
Сакъера долийр, тов, цу дуьхьал оти чохь.

V

Маларан кеп хилча, даарах вуьзча,
Ша хьалаиккхир, тов, и таркхойн жима к1ант:
- Э, елла яла хьо, жерочун ва к1иллу,
Соьца-ма къийсир ахь мехкарийн и тхьамда,
Хьажахьа, маьждиган майданахь 1аш волчу
Къеначу инарлас х1ун боху хьажахь,
Юьртарчу баккхийчара ваийтина хьо алий,
Хаттахьа инарле, и х1унда веана!
Чо чехка чола куй б1аьштиг т1е туьттуш,
Диттаца шокьетта болатан дуткъа тур,
Баттара даьккхина, шен буйнахь ловзош,
Ша-шен ц1ока яккхан ц1оькъалом санна,
Шен синна даръелла дера ча ва санна,
Ша араиккхир, тов, жерочун жима к1ант!
Ша хьаьвзаш вахар, тов, маьждиган майдана,
Инарла 1аш волчу базанан цу стоьл т1е.
- Ассалам 1алайкум, х1ай къена инарла!
Хьоьга делла и салам цу дала оьцийла!
Хьо лаа лелий-те? Хьо тара лелий-те?
Маьждиган майданахь базан стол х1оттийна,
Раз къолам хьоькхуш, кег1аташ яздеш,
Кху юьрта гонаха кхолха го х1оттийна,
Ма лерина хиъна хьо кху юьртан кийра!
Кху юьртан баккхийчара ахь х1ун боху хьажа
Ваийтина ву со, шайн жимха вина.
Хьуна х1ун лаьа-те, х1ай къена инарла?!
Т1аккха лен велир, тов, и къена инарла:
- Ладуг1уш хилал хьо, х1ай юьртан жимха,
Ас дуьйцур ду хьуна билгал бакъ мел дериг:
Бертахь аш ца лахь мехкарийн и тхьамда,
Воккханиг вийна, шийла дакъа дийр ду ас,
Жиманиг лаьцна, к1айн йийсар дийр ду ас,
Ураман некъашкахь буькъа поппар х1оттор бу,
Дуьхьало йинчунна лалийна даш кийра дуттур ду,
Яьккхинчу ц1оки чу кегаш юхкур ю,
Т1аккха лен велир, тов, жерочун жима к1ант:
- Э, елла яла хьо, х1ай къена инарла!
Ас-ма юьгуьйтур яра хьоьга мехкарийн тхьамда,
Юьртан дикчу к1енташа юьгуьйтий хаац.
Собаре хила хьо, х1ай къена инарла, -
Со хьаьжна вог1ур ву, йо1а х1ун боху.
Йо1 реза елахь, йо1 юьгур ю ахьа,
Йо1 реза яцахь, йига хала ду хьуна! -
Хьаьвзаш вахар, тов, жерочун жима к1ант
Мехкарийн тхьамда ехачу коре,
Ладоьг1уш сецир, тов, мехкарийн тхьамдега,
Йоьлхуш хиллер,тов, мехкарийн и тхьамда:
"Со еза дог хиллачу кху юьртан к1енташкахь
Со юьртаха ца яккхийта яхь хир яц-те?
Ц1ахь вац хетий жерочун жима к1ант?"
И дешнаш шен лере хезча,
Шийла мохь туьйхир, тов, жерочун к1анта:
- Хьо елха ма елхал, мехкарийн х1ай тхьамда,
Хьо тийжа ма тийжал, мехкарийн х1ай тхьамда,
Хьо елхал х1ума дац тахана хьо йоьлхург,
Сан кийрахь са мел ду, юьгур яц хьуна хьо инарлин замоша!
Хьо кхайкхош елар-кха хьо йинчу хьан бабас,
Яьккхинчу к1антана хьанал ю бохуш!
Кхайкхаяйтал, цхьанделхьа, хьо йинчу бабега,
Кху юьртан майданахь, кхузза мохь тухуш,
Яьккхинчу к1антана йо1 хьанал ю олуш! -
Аьлла, д1атилир, тов, жерочун жима к1ант,
Вахана кхечир, тов, вехачу шен г1опа,
Ши накъост висинчу цу хьешийн оти чу,
Ця диъча санна, даа долийр, тов, бордаха и дилха,
Ца мелча санна, мала долийр, тов, бух сирла и къаьркъа,
Вовшашка дагара дуьйцуш,
Сакьоьруш севцир, тов, цхьабосса накъостий.

VI

Ша йина шен баба шена хьалха яьккхина,
Йоьлхуш ша т1аьхьах1оьттина,
Юьртан майдана еар, тов, мехкарийн и тхьамда,
Шийла мохь туьйхир, тов, йо1 йинчу нанас:
- Баккха там боцуш, деха урдо доцуш,
Яьккхинчу к1антана йо1 хьанал ю, - бохуш.
И мохь-ц1ог1а хезна, стоьл т1е буй ва бетташ,
Ша хьалаиккхир, тов, и таркхойн жима к1ант:
- Э, елла яла хьо жерочун хьо к1иллу!
Вийнариг вуьсучу, докъах мах боьхучу гарманан арахь,
Саьрмикаш хьерчачу Ширванан цу арахь,
Алмазаш ц1ийзачу Г1улг1озан боьрнашкахь,
Г1ургезо бен бечу Сусаханан кортошкахь,
Цхьогалаш ловзучу коканан коьллашкахь,
Ватто г1ум къегочу цу Теркан г1айрешкахь -
Вай к1ентий мел гулделлачохь,
Соьца-ма къийсир ахь мехкарийн тхьамда,
Тахана къовса хьайна къеначу инарлица!

VII

Чо чехка чола куй б1аьштиг т1е туьттуш,
Бух шуьйра шен мажар белашкахь сецош,
Дьттаца шокьетта болатан дуткъа тур,
Баттара даьккхина, г1ожан меттана луьйзуш,
Ша араиккхир, тов, жерочун жима к1ант.
Ша хьаьвзаш вахар, тов, маьждиган майдана,
Стунненах бехк лаьцна, юьстаха сецир, тов,
Жерочун жима к1ант.
Кхунна йолчу маршонна букъберзош яхар, тов,
Йо1 йина и нана.

VIII

Мехкарийн и тхьамда шена улло яьккхина,
Инарлина хьалха вахар, тов, жерочун жима к1ант
Лен вуьйлуш сецир, тов, къеначу инарле:
- Схьахьажал, цхьанделхьа, х1ай къена инарла,
Хьалхашха хьаьжча кхеташ малх санна,
Хаза еца мехкарийн и тхьамда!
Т1аьхьашха хьаьжча бузучу малхал
Хаза еца мехкарийн и тхьамда
Ма хьоьца там бацара мехкарийн и тхьамда,
Тоьллера хьуна цу г1алин корехь,
Базанан стоьл т1ехь раз къолам хьоькхуш,
Паччахьан алапа дууш 1ийнехьара!
Есаниг юзалахь, х1ай къена инарла,
Аьртаниг иръелахь, х1ай къена инарла!
Т1аккха т1евирзир, тов, жерочун жима к1ант
Мехкарийн тхьамдина.
- Х1инца ахь ладог1ал, мехкарийн тхьамда:
Вайга веъна ву хьуна цхьа бехке ши хьаша,
Царшиннах ца1 т1ех забар йолуш ву хьуна,
Цо дуьйцург ахь тергал ма делахь,
И луьйччахь витий, цуьнга лер доцуш,
Кад бузуш буттуш д1ах1отталахь
Цу дуьхьал оти чохь,
Сихлой йист ма хилалахь цу таркхойн к1анте, -
Аьлла, мехкарийн тхьамда ц1ехьа хьажийна,
Къеначу инарлица эвла йисте таь1ир, тов,
Жерочун жима к1ант.

Ша цкъа а ца яханчу жерочун к1ентан г1опа
Яхана кхечир, тов, мехкарийн и тхьамда,
Эхьхеташ г1ийлачу боларца чоьхьа елир, тов,
Цу хьешийн оти чу.
Стоьл т1е буй бетташ, ша хьалаиккхир, тов,
И таркхойн жима к1ант:
- Илах1и яраббий, х1ай веан дела,
Тамашина х1ума ду сан б1аьргашна гушдерг!
Я делера доьссина малик ду-те хьо?
Я делах даьлла шайт1а ду-те хьо?
Хьо-х яций-те жерочун к1анта йийцина
Мехкарийн и тхьамда?
Делах дуй буур бар ас хьо йо1 бахьанехь,
Мостаг1ашна цкъа мажар т1е ца яссо,
Схьахьажал, цьанделхьа, турпалчу сан дег1е,
Кхоам хета-кх суна хьо йо1 бахьнехь эвл-йистехь
Ерина йохку йолчу сайн турпалчу меженех, -
Бохуш луьйчахь таркхойн к1ант витина,
Кад ботта х1оьттир, тов, мехкарийн и тхьамда.

X

Сийна стигал т1еелха санна,
1аьржа латта бухдала санна,
Г1еман тата делир, тов, цу эвла йистехь.
Боьттина кад арахь куьйгаш эгон долийр, тов, мехкарийн цу тхьамдин.
Стоьл т1е буй бетташ, ша хьалаиккхир, тов,
И таркхойн жима к1ант:
- Э, елла яла хьо, мехкарийн тхьамда,
Жерочун к1ант вийна, жерахь йиса йоллу-те?
Хьо йоха ма йоха, мехкарийн тхьамда,
Хьо кхера ма кхера, мехкарийн тхьамда,
Дуьххьар х1уттуш вац хьуна жерочун жима к1ант
И санначу т1аме.
Эшна к1елвиса волахь, т1екхуьр ду хьуна
Х1ара лоьман ши к1еза.
1анийчун метта, кад бузий ботта ахь, мехкарийн тхьамда.
Кийрахь вота етташ, кадботта х1оьттир, тов, мехкарийн и тхьамда.

ХI

Даарах шаьш вуьзча, маларх кеп хилча,
Ша хьалаг1аьттир, тов, и таркхойн жима к1ант:
- Хьалаг1аттал, цхьанделхьа, х1ай Жумин Акхтула,
Вайша ваха ма веза цу эвлан йисте,
Жерочун жима к1ант муха лета хьажа.
Ладуг1уш хилахьа, мехкарийн тхьамда,
Цхьа аьрша лекха чо чехка чола куй
Б1аьштиг т1е туьттуш,
Шедан кхожмел деха мекхаш мера к1елахь хьийзош,
Пхьаьрсал стомма бааран цигаьрка шен багахь ловзош,
Багахь бен мукьам уча кхаьчча а ца бохош,
Цхьа г1алаг1азкхи вог1ур ву хьуна,
Цхьа йоккха к1ентийн тоба шена т1аьхьа йолуш,
Уьш массо а луьйта лоцуш, дойшкара биссабелахь,
Цаьр лер доцуш, даа бордаха
К1айн дилха ахь шорта диллалахь,
Мала бух сирла и къаьркъа алсам х1оттаделахь,
Ахьа дийца ца оьшуш, шаьш хууш бу хьуна,
Хьо сих ма лолахь, мехкарийн тхьамда.

ХII

Т1аьхьа хьаьжначохь мехкарийн тхьамда юьсуш,
Эвлан йисте таь1ир, тов, ц1е йолу ши к1анат.
- Ассалам 1алайкум, жерочун жима к1ант,
Т1амна ка дойла хьан везачу дала!
Хьо ларавой техьа буьрсачу т1ам т1ехь?
Дикчу к1ентийн тоба мел гулъеллачохь,
Ахь юьйцуш к1ордийнера мехкарийн и тхьамда,
Тахана и йоккхучу билгалчу дийнахь,
Ма ледара лета хьо, жерочун хьо к1иллу,
Хьо юьстах сацахьа, жерочун жима к1ант,
Хьуна хилла чевнаш тоаме хир ма ю
Олуш, д1адерзийр, тов, цу таркхойн к1анта.
Т1аккха лен велир, тов, жерочун жима к1ант:
- 1алайкум ва салам, х1ай таркхойн жима к1ант,
Х1ай Жумин Акхтула.
Шуьша далла везийла, ва дукха вехийла,
Со дика лараво буьрсачу т1ам т1ехь,
Ва доггах ластийнчо кхоь цхьаьна вожаво,
Бертаза лестинчо шиъ цхьаьна вожаво,
Дала ка дина сан билгалчу кху дийнахь,
Шуьшшиъ х1унда вог1ура, х1ай таркхойн жима к1ант?
Со вог1ур вацара, шуьшиъ санна хиллехь,
Мехкарийн тхьамдега буткъа кад буттуьйтуш,
Сакъоьруш 1ийр вара цу дуьхьал оти чохь,
Лахь, цхьаьна лер-вай, дисахь, цхьаьна дуьсур, -
Олуш, гоьлал лакхадаллац чоьин
Пхуьйшаш хьала хьаькхна,
Таркхойн жима к1ант, и Жумин Акхтулий,
Т1ехь мухаран сурт долу болатан
И тарраш баттара даьхна,
Т1амна юкъа таь1ир, тов, маьхьарий детташ.

ХIII

1уьйренца болийна т1ом делкъанга белир, тов,
Букъ лоцуш син метта нисъелла,
Тасалуш, вуьйжир, тов, жерочун жима к1ант,
Лаьтта кхачале катухуш лецир, тов,
Мехкарийн цу тхьамдас жерочун жима к1ант,
Гу таь1начу ваьккхина, шийла шовда малийна,
Аьхначу куьйгашца к1едачу бамбица
Деран чевнаш йихкина,
Юха юкъахийцир, тов, жерочун жима к1ант.
Шийла мохь туьйхир, топ, цу таркхойн к1анта:
- Э, елла яла хьо, жерочун хьо к1иллу,
Вийнариг вуьсучу, докъах мах боьхучу гарманан цу арахь,
Саьрмикаш хьерчачу Ширванан цу арахь,
Алмазаш ц1ийзачу Г1улозан боьрашкахь,
Г1ург1езо бен бечу Сосакхан кортошкахь,
Цхьогалаш ловзучу коканан коьллашлахь,
Батто г1ум къегочу цу Теркан г1айрешлахь,
Дика к1ентий мел севцначохь, буьйсанна хан яьлча
Ахь дукха хьахайора мехкарийн и тхьамда,
Тахана хьо, нанас бер санна, кара-мара цо эцча а,
Ма ледар лета хьо, жерочун хьо к1иллу,
Х1ун хилла-те хьуна, жерочун жима к1ант?
Т1аккха лен велир, тов, жерочун жима к1ант:
- Делаха волда со, ва хьоьха волда со, х1ай таркхойн жима к1ант,
Вай к1ентий мел гулделлачохь,
"Езар йоккхучу дийнахь догах летара хьо", - бохуш,
Ахь со хьийзориг ца хилча,
Со кхин а догах летар вацарехь таханлерчу дийнахь, -
Олуш, юкъатаь1ир, тов, жерочун жима к1ант.

ХIV

1уьйренца болийна т1ом делкъенга баьлча,
Делкъехь болийна т1ом суьйренга лестича,
Букъ лоцуш кхеттариг син метта нисъелла,
Тассалуш вуьйжир, тов, и Жумин Акхтула,
Лаьтта кхачале катоьхна лецир, тов, мехкарийн цу тхьамдас,
Вадийна ваьхьир, тов, жерочун к1ентан г1опа.
К1еда мотт биллина, дера чов йихкина,
Охьавиллир, тов, и Жумин Акхтула.

ХV

Цхьа аьрша лекха чо чехка чола куй б1аьштиг т1е туьттуш,
Шедан кхожмел деха мекхаш мера к1елахь хьийзош,
Пхьаьрсал стомма базаран цигаьрка шен багахь ловзош,
Багахь бай мукъам беш,
Цхьа к1ентийн тоба шена т1аьхьа йолуш,
Уьйт1а веар, тов, и г1алаг1азкхи.
Баттал екхаелла, малхал елаелла,
Ша дуьхьал елир, тов, мехкарийн и тхьамда.
Уьш массо, луьйта лоцуш, динара воссийна,
Даа бордаха к1айн дилха алсам диллина,
Мала бух сирла и къаьркъа шорта х1оттийна,
Сакъера ховшийр, тов, баьхкина и хьеший.

ХVI

Маларан кеп хилча, даарах ша вуьзча,
Хьалаг1аьттир, тов, и г1алаг1азкхи:
- Г1овттал шу, цхьанделхьа, ц1е йолу кура к1ентий,
Вай довла ма деза цу эвлан йисте.
Жерочун жима к1ант, таркхойн жима к1ант
Муха лета хьовсур вай, - аьлла,
Эвлан йисте таь1ир, тов, и г1алаг1азкхи,
И к1ентийн тоба шена т1аьхьа йолуш.
- Ассалам 1алайкум, жерочун жима к1ант,
Х1ай таркхойн жима к1ант,
Т1амна кадойла шун везачу дала,
Шуьшиъ т1ехьа сацийша, шуьшинна хилла чевнаш тоьур ю, - аьлла,
Т1аме велир, тов, шен дикчу тобанца и г1алаг1азкхи.

ХVII

1уьйренца болийна т1ом суьйренга баьлча,
Кхолха го лаьттинчохь шалха го бисир, тов,
Шалха го лаьттинчохь цхьалха го бисир, тов,
Цхьалха хиллачохь дайнариг дийца
Мостаг1а цу арахь б1аьргана ган воцуш,
Т1ехьа ши куьг дихкина,
И къена инарла дойшна хьалха ваьккхина,
Хьаьвзина баьхкир, тов, жерочу к1ентан г1опа,
Даа диллир, тов, бордаха к1айн дилха,
Мала х1оттийр, тов, бух сирла и къаьркъа,
И къена инарла маьнги к1ел карчийна,
Сакъера хевшир, тов, ц1е йолу кура к1ентий.

ХVIII

Маларах кеп хилча, даарах ша вуьзча,
Къиза катоьхна, и къена инарла
Ц1енкъа юккъе озийр, тов, цу г1алаг1азкхичо,
Лен вуьйлуш т1ех1оьттир, тов, къеначу инарлина:
- Д1ахьажал, цхьанделхьа, х1ай къена инарла, мехкарийн тхьамдега:
Хьалхашка хьаьжча кхеташ малх санна хаза еца и,
Т1аьхьашка хьаьжча кхетачу баттал хаза еца и,
Ма хьоьца там бацара мехкарийн и тхьамда,
Тоьллерий хьуна цу г1алин корехь,
Паччахьан стомма алапа дууш 1ийнехьара?
Хьо ван-ма бакъ веъна, х1ай къена инарла,
Хьо дика варна ас цхьа совг1ат дийр ду хьуна:
Наггахь шарахь-баттахь сакъера,
- Сеттачу поштанна йора дой доьжна, -
Мехкарийн тхьамдий, жерочун жима к1ант арадилучу дийнахь,
Церан поштанна хьалха хиъна дой лохку
Доьнчик ви-кха ас хьох х1ар дуьне мел дозу!

ХIХ

Кхаа дийнахь, кхаа бусий ловзар латтийна,
Юьртан той дина, баккхий нах ц1а маьрша берзийна,
Мехкарийн тхьамдий, жерочун жима к1анттий
Цхьаьна ц1ен т1е дерзийна,
Шаьш ц1ехьа бирзир, тов, ц1е йолу кура к1ентий
Х1ар санна г1уллакх кхин вовшех 1отталахь,
Юха а вовшах кхетар вай, к1ентий,
Х1ара дуьне мел дозу шуьшиъ аьтту болуш цхьаьна дехийла! - аьлла, -
- 1одика йолда шун, ва марша 1олда - аьлла,
Тобанна хьалха велир, тов, и г1алаг1азкхи.
Д1асакъаьстир, тов, ц1е йолу тоба.


***
Хилаза ца яьлла ша хуьлуш хилча,
Хуьлда вайн, к1ентий, и санна езар!
Хилаза ца бевлла хуьлуш хилча,
Хуьлда вай, к1ентий, уьш санна доттаг1ий!
Ма х1иттий вай к1ентий, ирс дайначу цу коша,
Ирс дайна каш деца чохь боьха ц1еннана!
Ма х1иттий вай, к1ентий, ка доцчу цу т1аме,
Ка доцу т1ом 6еца барт боцу ва доьзал!
Ва сарахь г1айг1а ю чохь вон ц1еннана,
1уьйренна г1айг1а ю йоьхна и ши мача!



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz