ЖЕРОЧУН К1ЕНТАН, ГУЬРЖИЙН К1ЕНТАН ИЛЛИ

Ва сарахь суьйренца бузучу малхаца
Цу к1айчу г1овталца; исхаран чоьица
Чо чехка чола куй б1аьштиг т1е ва тоьттуш,
Расхачу ва динахь ша ваьлла вахар, бах,
Хийисте пхьоьхана жерочун жима к1ант,
- Ассалам 1алайкум, х1ай юьртан кура к1ентий!
Суьйре дика йолда шун кхоьллинчу вайн дала!
- 1алайкум ва салам, жерочун жима к1ант!
Хьо марша вог1ийла, хьо далла воьзийла! -
Олуш лен бевлира цу юьртан кура к1ентий.
***
Йочанан ва мохо идо дарц ва санна,
Расхачу ва дино ша чехка идавеш,
Веъна т1е ма х1оьттир и Юьспан ва Тойсам
Хийисте пхьоьхана юьртарчу к1енташ т1е.
- Ассалам 1алайкум, х1ай юьртан кура к1ентий!
Суьйре дика йолда шун кхоьллинчу вайн дала!
Дакъаза ма вала, жерочун жима к1ант,
Га доцу ва сара хадон атта бу хьуна,
Т1ам бойна ва леча куьйрано хьийзадо,
Сан к1еззиг г1уллакх ду юьртарчу к1енташца,
Хьо юьстах валахьа, жерочун жима к1ант.
- 1алайкум ва салам, х1ай Юьспан ва Тойсам,
Хьо марша вог1ийла, хьо далла воьзийла!
Га доцу ва сара хадон атта хир ма бу,
Т1ам бойна ва леча куьйрано хьийзор ду,
Парг1ато ю хьуна, со новкъа ца г1ерташ,
Хьайн долу ва г1уллакх ахь дийцан мегар ду, -
Олуш, ц1ехьа ма вахар жерочун жима к1ант.

II

Хьешашна диначу цу дуьхьал оти чохь
Кхо ког болчу ж1айг1ента ша лоха лахвелла,
Пондаран кхаа пхенах марг1ал п1елг ва туьйсуш,
Ойлане велир бах жерочун жима к1ант.
Пондаран г1ийла аз ойлане дийкира,
Ладоьг1уш хиллера цу к1ентан ва нана,
Ладоьг1на чуеар цу к1ентан ва нана.
Т1аккха лиэн ма елир к1ант вина и нана:
- Дакъаза ма вала сан жима хьо к1анат!
Мел г1ийла йиш ю-кха пондарца ахь лоькхург!
Сел г1ийла г1елвелла, ахь стенан ойла йо?
Дийцахьа хьо винчу доглозчу хьайн нене!
- Ма яла дакъаза, со вина сан нана!
Дийцаза цадериг ас дуьйцур ду хьуна: -
Со ваьлла вахара хийисте пхьоьхана,
Салам луш, т1евеара и Юьспан ва Тойсам,
Сан ц1арах цо соьга элира иштта:
"Дакъаза ма вала жерочун жима к1ант,
Га доцу ва сара хадон атта бу хьуна,
Т1ам бойна ва леча куьйрано хьийзадо,
Сан к1еззиг г1уллакх ду юьртарчу к1енташца,
Хьо юьстах валахьа, жерочун жима к1ант".
Салам схьаийцир ас, г1иллакх ца талхадеш,
Собаре, сатухуш ц1ехьа со ма веа,
Ц1арна ц1е яхна ву цхьа гуьржийн ва к1анат,
И б1аьрга ва ганза, доттаг1а лацаза,
Кху ц1ехьа ца верзан, яр дуьне ца даан
Делах дуй биъна ас, сайн дагца ва ч1аг1беш,
Дуучух, молучух сайн кийра ца бузон
Ас ч1аг1о ма йина, дела теш ва лоьцуш,
Со хоттуш стаг хилахь, алалахь ахь цуьнга,
Сарахь ц1а вог1ур ву, 1уьйранна со хаттахь,
1уьйранна вог1ур ву, сарахь со ва хаттахь, -
Олуш, сиха кечвелир жерочун жима к1ант.
Дуьне дуьтуш д1абузу дашо малх ва санна,
Юрт юьтуш, юьртаха ма къаьстир жерочун жима к1ант.

III

- Буьйсанна наб йоцуш, дийнахь тем ва боцуш,
Кху денна кхаьбна ас хьо жима расха дин,
Х1инца ели ва хьуна со идон ва меттиг,
Ахь х1инца къийсалахь лечанца ва идар,
Ахь х1инца къийсалахь лоьмаца ва лелхар, -
Олуш, юткъачу шедаца кхоамза човхийна,
Урх тесна ма битир шен жима расх дин,
1уьйренца хьалха малх кхетачу,
Суьйренца т1ехьа малх д1абузчу цу гуьржийн ара,
Дей-буьйсий дадийна, бузучу малхаца
Вахана ма кхечир жерочун жима к1ант
Цу гуьржийн ва махка, гуьржийн к1ант вехачу.
Буьйсанна адамаш д1атуьй хан кхаьчча,
Шен жима расха дин урх тесна хоьхкуш,
Мохь-ц1ог1а ва детташ, орца ша доьхуш,
Йохалла ша хедош гуьржийн к1ант веха юрт,
Ладег1ан велира жерочун жима к1ант:
"Вуьйцу ма-хаззара дика к1ант и велахь,
Ц1арна ц1е ва яхна гуьржийн к1ант и велахь,
И орцах вер ву-кха массарел хьалха", -
Бохуш ойла йира, тов, жерочун ва к1анта,
Ладег1а велир бах и гуьржийн дика к1ант:
- Дакъаза ма яла сан хьомсар хьо езар!
Мохь-ц1ог1а хеза суна, орца ша доьхуш,
Араялий ладог1ахьа доьхучу орцане,
Г1о оьшуш г1улкх делахь, со вахан ма веза, -
Олуш лиэн ва ваьлча и гуьржийн дика к1ант,
Не1аргехь ладоьг1на, нускал чудеара,
Ялийна бутт кхаьчна керла и хиллера,
Меллаша йистхилла элира цо цуьнга:
- Дакъаза ма вала, х1айн гуьржийн ва к1анат,
Схьахаан зе долуш х1ума дац цу арахь,
Хьо парг1ат 1иллахьа аттачу цу меттахь, -
Олуш лен ва яьлча шен мерза ва езар,
Син метта топ кхетта ц1иэн экха ва санна,
Т1иэхьа ши куьг ва тоьхна, ша хьалаиккхина,
Чергазийн зударша, цу гуьржийн зударша
Къуьйсуш дина барзакъа шен дег1а дерзийна,
Цхьалхачу туьраца яйдакхчу ва говрахь
Ша орцах ма кхиир и гуьржийн дика к1ант.
- Ассалам 1алайкум 1аьржачу буьйсанца!
Хьалхалаьллина рема йоцуш,
Т1ехьадаьлла орца доцуш,
Хууш хилла х1ума доцуш,
Орца доьхург мила ву-те?
- 1алайкум ва салам, х1ай гуьржийн дика к1ант!
Хьалхалаьллина рема йоцуш,
Т1ехьадаьлла орца доцуш,
Схьагуш хилла х1ума доцуш,
Орца доьхуш со ву хьуна.
Хьалха диэрза, гуьржийн къут1а!
Ас вуьгур хьо нохчийн махка,
Ас вухкур хьо цу базарахь,
Мах ца къуьйсуш, н1аьнин мехах! -
Олуш лин ва ваьлча жерочун жима к1ант,
Даьккхинчу туьраца, расхачу ва динахь
Ша т1ехьах1оьттир бах жерочун жима к1ант.
Генна д1абахар уьш бистхилар ва доцуш,
Лиэн вели бахара и гуьржийн жима к1нт:
- 1аламат яраббий, ва нохчийн цхьалха к1ант,
Вижначуьра г1аьттина со орцах валарна,
Набарха валларха са дика гуш вац со,
Йийцахьа, цхьанделхьа, вай кхаьчна ва меттиг.
- Лиэн ма лел, цхьанделхьа, х1ай гуьржийн ва къут1а,
Ас вухкур вай хьо-ма цу нохчийн базарахь! -
Олуш лиэн ва ваьлча жерочун жима к1ант,
Вист ца хуьлуш ма сецир и гуьржийн жима к1ант.
Некъ бира цу шимма вистхилар ва доцуш,
Шолг1а а хаьттира гуьржичун цу к1анта,
Изза жоп делира жерочун ва к1анта.
Кхин а гена некъ бира цу дикчу шина к1анта.
Кхозлаг1а хаьттира цу гуьржийн ва к1анта:
- Дакъаза ма вала, ва нохчийн жима к1ант,
Дийцахьа, цхьанделхьа: вайша мичхьа кхаьчна-те?
- Ма вала дакъаза, х1ай гуьржийн жима к1ант,
Вай х1инца ма кхечи, шун даймохк кхачалуш,
Нохчийн а, гуьржийн а дозанаш къаьстачу.
Т1аккха лиэн ма велир и гуьржийн дика к1ант:
- Ма вала дакъаза, х1ай нохчийн жима к1ант,
Хьешаца ас лоьцу дуьненан ва г1иллакх
Дохоза ца 1ийн хьо тховсарчу кху буса,
Бехк-гуьнахь ва доцуш Гуьржехар ва дуьйна
Ахь соьга байтина инзаре беха некъ
Цу делан тоьшаллах ас юха бойтур хьоь!
Хьо хьалха дерзалахь, ва нохчийн ва къут1а! -
Олуш лиэн ва ваьлча и гуьржийн дика к1ант,
Т1аккха лиэн ма велир жерочун жима к1ант:
- Собаре хилалахь, х1ай гуьржийн жима к1ант,
Кхеравелла олийла даций хьан, гуьржичун ва к1ант,
Ас дуьйцур ду хьуна айса деана ва г1уллакх,
Ахь сема ладог1а ас дечу къамеле:
Сан дагах дог дустуш доттаг1а вацар сан,
Нанас дена ва вина ваша волуш вацар со,
Суьйранна дашо малх чубузан лахбелча,
Хийисте вахна, со пхьоьханахь лаьттара,
Салам луш т1евеъна к1енташца д1ах1оьттир
Ц1арна ц1е ва яхна и Юьспан ва Тойсам.
Цхьан хилар т1ехтоьхна, со аьшнаш вира цо,
Со новкъа хетарца къамеле велир и,
Со воцчохь дан дезаш къамел ду элир цо;
Ц1арна ц1е яхарца хьо вуьйцу хезнера,
Хьо хьахош хезначохь дика к1ант вуьйцур хьо,
Хьо хьахош мел волчо тешаме вуьйцур хьо,
Доттаг1а хьо лацан хьо волчу веъна со,
Сайн б1аьрга хьо ганза, сайн кийра ца бузон,
Хьо доттаг1 лацаза цу ц1ехьа ца верзан
Делаца ч1аг1о еш, хьо волчу веъна со,
Ас хьоьга ма-дийци сайн дагахь ва дериг, -
Олуш лиэн ва ваьлча жерочун дика к1ант,
- Хьо иштта ва веънехь, со волчу г1ор вайша, -
Олуш, шеца вигир цо жерочун жима к1ант.

IV

Цу ханнийн божалахь дой парг1ат ва даьхна,
Цу хьешийн ото чохь шаьш парг1ат ва бевлла,
Даан сиха х1оттийра бордаха ва дилха,
Малан сиха х1оттийра и сирла ва къаьркъа,
Сакъеран ма хиир и дика ши к1анат.
Шена ша дуттуриг сов к1езиг ва дуттуш,
Жерочун к1антана ша алсам малийна,
Вахийна д1авижийр жерочун жима к1ант
Ц1арна ц1е яхначу гуьржичун ва к1анта,
Когех болатан буржол ва тоьхна,
Куьйгех чилхьесан г1оьмеш йоьхкина,
Жерочун жима к1ант ша цхьалха витина,
Ша араиккхир, тов, и гуьржийн жима к1ант,
Ша ваьлла вахар и инарлин ва уьйт1а,
Кхойкхуш ара ма ваьккхир и къена инарла,
Къамел дан ма велир и гуьржийн жима к1ант:
- Ассалам 1алайкум, х1ай къена инарла!
Хазаза ва хабар ас дуьйцур ду хьуна,
Ахь сема ладог1а, х1ай къена инарла, -
Олуш, дийцан ма х1оьттир и гуьржийн жима к1ант:
- Г1алий йисте ва бовлан эпсараш ца буьтуш,
Майдана ва бийлан элийн стунаш ца буьтуш,
Адаман ц1ий муьйлун хин ц1убдар ва санна,
Хьолахойн ц1ий муьйлу жерочун жима к1ант
Буржола вилли ас вехачу х1усамехь,
Хин ч1ерал башха ша кара ца вог1у
Жерочун жима к1ант йийсарехь ву вайна,
Схьавалон луо суна тоьллачех ворх1 эпсар,
Кхоана луо суна эпсарийн ва хорма, -
Олуш, лиэн ва ваьлча и гуьржийн жима к1ант,
И валон тоьллачех ворх1 эпсар ва тоьхна,
Эпсарийн ва хорма цунна т1еюьйхина,
Ша ц1ехьа хьажийр бах къеначу инарлас и гуьржийн жима, к1ант.
Корашкий, не1арей эпсараш х1иттийна,
Вахна чувелар бах, и гуьржийн жима к1ант.
Яйн муьшка ва йина, жерочун жима к1ант
Набарха ваьккхина, т1аккха лиэн велир бах,
И гьржийн жима к1ант жерочун ва к1анте:
- 1аламат яраббий, жерочун жима к1ант,
Хьо вижий ма 1илла аттачу цу меттахь,
Схьахьажал, цхьанделхьа: муха к1ант го хьуна?
Схьахьажал, цхьанделхьа, эпсарийн хормане:
Муха тов ва соьгахь эпсарийн ва хорма?
Схьахьажал, цхьанделхьа, эпсарийн ва куйне:
Муха тов ва соьгахь эпсарийн ц1ена куй?
Д1ахьажал, цхьанделхьа, корашкий, не1арей:
Тоьллачех ва тоьлла ворх1 эпсар гой хьуна?
Хьо лацан баьхкина эпсараш беца уьш,
Хьо кара валорна совг1атна елла-кха
Эпсарийн ва хорма къеначу инарлас,
Х1ун хета ва хьуна, жерочун жима к1ант?
- Дика хета ва суна, хьуна лууш и делахь,
Хазахета ва хьоьгахь эпсарийн и хорма,
Со бахьнехь ва хиллехь, со реза ву хьуна,
Ирс долуш хуьлда и, г1оза лиэлайойла ахь! -
Шолг1а а хаьттира цу гуьржийн ва к1анта,
Изза жоп делир бах жерочун цу к1анта,
Т1аккха лиэн велир, тов, и гуьржийн дика к1ант!
Схьахьажал, цхьанделхьа шен 1аьржачу б1аьргашка:
Со хетий ва хьуна, х1ай нохчийн к1ант,
Доттаг1а воьхкина, тешнабехк бен бериг?
Схьахьажал, цхьанделхьа, шен шуьйрачу белшашка:
Т1евеъна хьаша воьхкина, тешнабехк ва бина,
Эпсарийн куй туьллу к1ант хетий хьуна со? -
Олуш араиккхина, ворх1 эпсар эккхийна,
Юха чу ва веъна, къамел дан велира:
- Ворх1 эпсар эккхорах, хьо шек ма ваьллахь,
Ц1агар салт сан керта хьийзаш гур бац хьуна,
Сан к1еззиг г1уллакх ду вехачу юьрта чохь,
Хьо парг1ат хилалахь, жерочун жима к1ант, -
Олуш, болатан буржол когех д1адаьккхина,
Чилхьесан г1оьмеш куьйгех д1а ва яьхна,
Ша араиккхир, тов, и гуьржийн жима к1ант.

V

Ша ваьлла вахар бах и гуьржийн жима к1ант
Хьолана ц1е яхна цхьа эла ва волчу,
Цу элан хиллера хазалла г1аръяьлла,
Г1иллакхе, сов оьзда, малх санна хаза йо1.
Кхойкхуш араваьккхина и мехкан ва эла,
Къамел дан ма велир и гуьржийн жима к1ант:
- Ассалам 1алайкум, х1ай гуьржийн ва эла!
Де дика долда хьан кхоьллинчу вайн дала!
- 1алайкум ва салам, х1ай гуьржийн дика к1ант!
Вог1ийла хьо марша, воьзийла хьо далла!
Хьо лаан вуй техьа, хьо таран вуй техьа?
- Со лаан ма лиэла, со таран ма лиэла,
Со хьоьга деха-доца сов дийцан веъна вац:
Нохчийн дикачу к1антана хьоь йо1 ехан веъна со,
Ахь йигийтахь, йо1 эцна г1ур ву со,
Йигийтан ца лахь, йитина г1ур ву со,
Оьздачу к1антана оьзда йо1 совг1ат ду,
Дакъаза ма вала, х1ай мехкан хьо эла, -
Олуш, лиэн ва ваьлча и гуьржийн жима к1ант,
Шега йо1 ехнариг дика к1ант хиларна,
Дикачу к1антаца г1иллакх ша ца дохош,
Йо1 елла, верзийра цу мехкан ва эло
И гуьржийн жима к1ант, сов хабар ца дуьйцуш.

VI

Сов хаза совг1аташ несана кечдира,
Хазачу нускалца сеттачу поштана
Хаийр цо шен доттаг1 - жерочун жима к1ант,
Юххе д1а ва тесна цуьнан дин ва болуш,
Кхо дин боьжна пошта совг1атех ва юьзна,
Расхачу ва динахь ша улло ва ваьлла,
Ша новкъа ма велир и гуьржийн жима к1ант.
Мар-зудий вовшашца сов бертахь хилира,
Вовшашца г1иллакхе, мерза уьш хилира,
Морхашкахь ва лиэчкъа дашо малх ва санна,
Сеттачу поштанехь ша лиэчкъаш дара, тов,
И къона ва нускал - цу мехкан элан йо1,
Жерочун к1антана хьаьж т1е куьг ва хьоькхуш,
И хьостуш марзонца, и воккха ша виэвеш,
Баттал екхаелла, малхал ела ва елла,
Калакойн 1аж санна богу бос лепабеш,
Йоккхаеш хьоьжур и жерочун ва к1анте,
Цу некъан бохалла шаьш гена мел девли,
Нускалан ва кара шен корта ва оьхуш,
Ойлане велир бах жерочун жима к1ант,
Т1аккха лиэн ма велир и гуьржийн дика к1ант:
- Дакъаза ма вала, сан деган доттаг1а!
Ахь стенан ойла йо дуьненан ва кийрахь?
Схьайийца ахьа соьга коьртера ва г1айг1а,
Мажаран тоьпаца ас каде лоь1ур ю,
Белхабел ахь соьга кийрара ва бала,
Дуткъачу туьраца ас каде ойур бу,
Хьо волчу вай доьлхуш, хьо г1ийла товш ма вац,
Ма вала дакъаза жерочун жима к1ант,
Хьан дагах дог дустуш доттаг1а ву хьан со,
Схьадийцал, цхьанделхьа, хьайн дагахь ва дериг,
- Ма вала дакъаза, х1ай гуьржийн жима к1ант
Ма билла суна бехк, бахьана а ва доцуш,
Ахь динар г1уллакх ду, гуьржичун жима к1ант:
Яхь йолчу к1антана оьзда йо1 совг1ат ду,
Малх санна ва йоьлуш, баттал екха ва елла,
Оьздалло 1абийна хаза совг1ат ду х1ара,
Ас ойла еш дериг цхьа кхин ду ва хьуна:
Сан коьрте хьийзачу ойлано ма боху:
Вехачу х1усамехь белхар ду ва бохуш,
Юьспан Тойсаман ва кертахь ловзар ду бохуш,
Сан даго ма хьоьху, бехк суна ма билла, -
Олуш, лиэн ва ваьлча жерочун жима к1ант,
Т1аккха лиэн ма велир и гуьржийн жима к1ант:
- Сагатдан ца оьшу, жерочун жима к1ант,
Со вахна хьожур ву вехачу хьан юьрта,
Хьо парг1ат вог1ур-кха, сан деган доттаг1а, -
Шен жимчу динара ша лаха воьссина,
Жерочун цу к1ентан дина ша ва хиъна,
Урх тесна битира и жима расха дин,
Ша сиха ма кхечир и гуьржийн жима к1ант
Шен деган доттаг1а вехачу ва юьрта.
Хьаьвзина вахар и доттаг1чун ва керта,
Шена йоьлхуш ма карийр доттаг1чун ва нана,
- Дакъаза ма яла, доттаг1чун ва нана,
Яра х1ун ду ва техьа дакъа доцуш ва белхар?
- Хьо марша вог1ийла, генара ва хьаша,
Хилан х1ума ца дисна кху маьлхан дуьненахь:
Гуьржичун дика к1ант доттаг1а лацаза,
Дуучух, молучух шен кийра ца бузон,
И б1аьрга ца гича, кху ц1ехьа ца верзан,
Делах дуй ва бууш, ша ч1аг1о ва йина,
Ша ваьлла ма вахар сан жима ва к1анат,
Гуьржичун жима к1ант доттаг1а ва лацан,
Цу гуьржийн ва к1анта, тешнабехк ва бина,
Вийна аьлла хезна суна сайн жима и к1анат.
- Хьан к1анта доттаг1а лаьцнариг со веца хьуна,
И хьуна хезнариг бакъ ма дац, баба,
Элан йо1 несалг1а ша ялош вог1уш ву
Сеттачу поштанахь хьан жима и к1анат,
Хьо цунна ва елхахь, хьо елхан ца оьшу.
Дийцахьа, Юьспан Тойсам мичхьа ву вехаш.
- Ловзаран и г1овг1а хезаш юй ва хьуна?
И ловзар ду хьуна Тойсаман ва кертахь,
Бертаза ядийна, сан йо1 ю цо йигнарг, -
Олуш, лен ва яьлча доттаг1чун ва нана,
Кхин охьа ца вуссуш, ша вухавирзина,
Ша ваьлла вахар бах Тойсаман ва керта,
Доккхачу ловзарга, и гуьржийн жима к1ант.
"Хьаша ву веана!" - аьлла, т1ебаьхкина,
- Лекхачу динара хьо лаха воссахьа,
Х1ай гуьржийн жима к1ант, тхан дехар ду хьоьга, -
Охьахаон хьовзийр и кегийчу цу наха,
- Тхан долу ва г1иллакх шун долуш ва дацахь,
Со охьахуур вац, т1аккха со 1ийр ма вац.
- Схьадийца, х1ун ду и, х1ай гуьржийн жима к1ант.
- Несаца къамел деш тхан 1едал ма дара,
И г1иллакх шун делахь, охьахуур ву со-ма, -
Олуш, лен ва ваьлча гуьржичун жима к1ант,
- И г1иллакх ду тхан-ма, хьо охьахаалахь, -
Ловзарга сихонца и охьахаийна,
Бал баккхан болийра кегийчу цу наха.
Бал боккхуш цхьа зама яьллачу хенахь,
Цара юкъаваьккхира гуьржичун жима к1ант.
Лаьттахь бухь ва боьг1ча, стоьл т1ехь бухь буг1уш,
Инарлин стоьл т1ера малар кад ца хьабеш,
Ша хелхахьаьвзира и гуьржийн дика к1ант,
Пондарчо хьаьжжинчохь шен пондар сацийра,
Вотанчо хьаьжжинчохь шен вота сацийра,
Цецбевлла бисира ловзаргахь массо а.
***
Адам цец ва доккхуш, ша хелха ва ваьлла,
Нус йолчу вахар, тов, и гуьржийн дика к1ант,
Ша йоьлхуш карийр бах доттаг1чун и йиша.
Т1аккха лен ма велир и гуьржийн жима к1ант:
- Дакъаза ма яла, доттаг1чун хьо йиша,
Яра х1ун ду ва техьа дакъа доцуш ва белхар?
Дийцахьа ахь суна, хьо х1унда йоьлху. -
- Нанас дена вина шен ваша воцуш,
Дагара ва дийца доттаг1а воцуш,
Цул сов амал ва доцуш, цхьа ваша вара сан,
Гуьржичун дика к1ант доттаг1а лацаза,
Кху ц1ехьа ца верзан делах дуй ва биъна,
Гуьржичун жима к1ант шен б1аьрга ца гича,
Дуучух-молучух шен кийра ца бузон
Цу делан тоьшаллах ша ч1аг1о ва йина,
Сан ваша вахнера цу нана-Гуьржийчу,
Цу гуьржийн ва к1анта, тешнабехк ва бина,
Ва вийна ма боху сан жима ва ваша.
Со цунна ма йоьлху, суна бехк ма билла. -
Олуш, лен ма елир жерочун хаза йо1.
- И бахьнель хьо елхахь, хьо елхан ца оьшу:
И гуьржийн ва к1анат со веца ва хьуна,
Хьан хьоме вешина элан йо1 ялийна,
Хазачу нускалца и вог1ш ву хьуна,
Хьан вешин тешамен доттаг1а со ма ву.
Дийций яла хьо соьга билггал бакъ ва дериг:
Цу Юьспан Тойсаме хьайн бертахь еъний хьо?
Бертаза ядийна, ницкъ бина хьуна?
- Ваша ц1ера ваьлча, бертаза ядийна,
Нуьцкъала ялийна г1ийла бо ду со-ма -
Олуш, лен ва яьлча, доттаг1чун ва йиша,
И т1ехьах1оттийна, ша аравелир, тов,
Хазачу цу дийнахь гуьржичун дика к1ант.
***
Кхайкхина валийра и Юьспан ва Тойсам,
Бехк баккхан х1оьттир бах и гуьржийн жима к1ант:
- Дакъаза ма вала, х1ай Юьспан ва Тойсам,
Ц1арна ц1е ва яхна, дика к1ант вара хьо,
Жерочун жима к1ант ша ц1ера ваьлча,
Цуьнан йиша бертаза ядийна яло,
Эхь х1унда ца хетта ц1е йолчу хьуна?
Г1ийла бо ма ду и, ахь нуьцкъаш далийнарг!
Ницкъ хиларх хуьлуш вац, яхь йолу дика к1ант,
Х1илланах хуьлуш вац тешаме дика к1ант,
Тешамо, г1иллакхо, собаро веш ву-кха,
Оьздалло, хьекъало, стогалло веш ву-кха
Г1иллакхах вуьззина яхь йолу дика к1ант,
Доккха эхь ду хьуна, вон г1алат ду хьуна,
Бертаза, нуьцкъала г1ийла бо далийна,
Вехачу кху юьртахь хьоьгара даьллариг.
Доттаг1чун йишина ахь бина тешнабехк
Бекхан стаг ву хьуна т1екхаьчнариг,
1одикае хьайна вежарийн тахна! -
Олуш, каде даьккхир бах терсмаймал дуткъа тур,
Сел чехка божийр бах Тойсаман ва корта,
Доттаг1чун ва йиша ша т1ехьах1оттийна,
Д1авахан вуьйлир бах и гуьржийн жима к1ант.
- Тхайн ваша вейтина, тхешан нус ва эцна,
Вохуьйтур вац оха, х1ай гуьржийн къут1а! -
Олуш, т1ехьабевлир бах Тойсаман вежарий.
- Дакъаза ма довла, Тойсаман вежарий,
Цхьа дакъа тоьур ду тахана д1адоллан,
Хьаштдоцург мадийца, байшна ницкъ бан йиш яц!
Аьлла вистхилча и гуьржийн жима к1ант,
Къарбалан ца тигна Тойсаман вежарий,
Тур деттан велир бах и гуьржийн жима к1ант,
Ца ваьлла эгийр цо Тойсаман вежарий,
Ловзарга гулбелларш тезета ховшийна,
Доттаг1чун йишица ша ц1ехь вахар бах,
Дагна дар ва велла, и гуьржийн жима к1ант.

VII

Доттаг1чун х1усамехь синкъерам х1оттийна,
Ша дуьхьал вахар и жерочун к1антана.
- Дакъаза ма вала, сан деган доттаг1а,
Ахь ойла ма-ярра, шина кепара хеттариг
Ма-моьтту ца хилла, сингаттам ца хилла:
Элан йо1 а ялош, хьо вог1у ва аьлла,
Синкъерам ма хилла вехачу хьан х1усамехь,
Ц1арна ц1е яхначу Тойсаман вежарий,
Вовшеха ва летта, шаьш белла хиллера, -
Аьлла, д1адийцир бах цу гуьржийн ва к1анта.
Шаьш ц1ехьа бахана, той-ловзар ва дина,
Кхаа дийнахь, кхаа бусий сакъоьруш ва 1ийна,
Мерзачу безамца хаза баха хевшир бах,
И нийса накъостий барт болчу доьзалехь.
Шаьш лера ма-везза шайн хьаша лийрина,
Хаза новкъа ваьккхир бах и гуьржийн жима к1ант.
* * *
Ма лалда вай к1ентий, вовшех тешам ва байна,
Ма лалда вай к1ентий, вовшех безам ва байна!



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz