БОС ХАЗЧУ МУСАН ИЛЛИ

Ва сарахь суьйренца, булучу боданца,
Шен нанас биллинчу к1едачу цу меттахь,
Ездарийн ва юрг1а белшах хьерчош,
Набарна тевжир-кха бос хаза ва Муса.
Дуьненан кийрахь ю-яц ца хууш йолчу
Ворх1 вешин цу йишас горгачу тхевнаш к1ел
Ша наб ян ца витна, дог карзахдаьлла,
Т1ашна т1е топ кхетта ц1ен экха ва санна,
Ша хьалаиккхира бах бос хаза и Муса.
И ваьлла вахара бах юьртан молла ва волчу.
- Ассалам 1алайкум, х1ай юьртан ва молла!
Юьйций-теша жайнахь, дуьненахь ю
Бохуш ворх1 вешин и йиша? -
Ша жайна ма хьаьжира и юьртан молла.
Ша жайнаш ма кегийра цу юьртан 1еламчас.
- Йийца ма юьйцу жайно, дуьненахь ю бохуш,
Куьцана таелла ворх1 вешин ва йиша,
Лаьттара адамаш т1екхочехь яц бохуш
Ма юьйцу ворх1 вешин цхьа йиша.
- Хьо марша 1алда хьо, юьртан ва молла! -
Аьлла, ц1ехьа вахара бах бос, хаза ва Муса.
Саг1а доьху таьлсаш шен коча оьхкина,
Саг1адоьхучун духар шен дег1а дуьйхина,
Шен новкъавелир-кха бос хаза Муса.
- Ва х1инца лохур ша, дуьненахь и елахь,
Ворх1 вешин цхьа йиша аьлла вахар и
Хийла зама ядийна, гена некъ эцна,
Воьдуш гена х1ара ваьлча,
Дог1уш кхунна т1екхечир-кха бос хаза экха.
Дуьхьал когаш тоьхна, лохалла лахделла, сецира и:
- Х1ай дог1у ва адам, дайна дац шена-м,
Х1окху маьлхан дуьненахь, хьол хаза адам!
Ва хьоьца дика яра, дуьненан ва кийрахь
Ю-яц ца хууш йолу, ворх1 вешин ва йиша! -
Аьлла, т1ехтилира-кха бос хаза и экха.
И воьдуш кхечир-кха цхьана ц1енчу хийисте.
Цу ц1енчу хица шен ламаз эцна,
Шен перза ламазна къилбанца нисвелла,
Ша до1а дина, шен ламаз дерзийна,
Бос хаза Муса д1авоьдуш лаьтташ,
Эсара баьллариг мох ва боцуш.
Стиглара хьайнариг марха ва йоцуш,
Куьйранан мохах девдда дог1уш долу
Цхьа сийна кхокхий хевшира ма боху
Цу ц1енчу хийисте:
- Х1ай дог1у адам, дайна дац шайна-ма,
Кху маьлхан дуьненахь, хьол хаза адам!
Ва хьоьца дика яра ворх1 вешин йиша,
Олуш, д1адахара и сийна кхокхий.
Дуккха а хан-зама яьллачу хенахь,
И воьдуш кхечира бах цхьана юьртан пхьоьхана,
- Ассалам 1алайкум, х1ай юьртан к1ентий!
Суьйре дика хийла шун, цхьабосса к1ентий! -
Олуш, т1ех1оьттира бос хаза Муса.
- Хьо марша вог1ийла, х1ай хаза саг1адоьхуриг!
Малх санна нур долуш, мел хаза адам ду-кха хьо.
Хьан коча доьхкина саг1а доьху таьлсаш,
Хьан дег1а дуьйхина саг1адоьхучун духар,
Къахета шайна хьох, мехка воцу хьаша аьлла,
Хьаьвссинчохь бисира бах цу юьртан к1ентий Мусан хозалле.
- Жимчохь, берахь дуьйна, дех-ненах хаьдда,
Йиш-вешех ваьлла, дан амал ца хилла,
Араваьллера ша, бехк ма билла шена!
Юьртарчу наха магош мила ву-те
Шун йоккхачу юьртахь?
Саг1ийна дика а мила ву
Алахьара шега юьртарчу нахах?
- Юьртарчу наха магош ворх1 ваша ма ву,
Саг1ийна дика церан йиша ю ма олу, -
Аьлла, уьш бистхилча. шеца цхьа жимха эцна,
Ша ваьлла вахара и ворх1 ваша вехачу йоккхачу г1опе.
- Баркалла хуьлда хьуна, юьртара жимха,
Ша саг1адоьхуриг т1аьхьах1оттийна лела аьлла
Юьртарчу нахах эхь хетар ду хьуна,
Юхаверза хьайна аьлла, и юхаверзийна,
Воьдуш кхечира и ворх1 вешин уьйт1а.
Лакхарчу г1али т1ехь мисаран мехаца,
Ездарий тоьгуш, хиъна 1аш йолчу
Ворх1 вешин йишин сирла б1аьрг ма кхийтира
Бос хазчу Мусах, х1ара гучаваьлча.
Т1аккха схьакхайкхира цо ша йинчу нене:
- Йолахьа, цхьанделхьа, ша йолчу х1усаме.
Цхьа саг1адоьхуриг веана йоккхачу вайн уьйт1а.
Дайна ма дац шена цул хаза ва адам.
Малхал ч1ог1а нур дина, уьйт1е серлайохуш,
Х1оьттина лаьтта-кха и саг1адоьхуриг.
- Х1инццалц веанарг ма ца гора хьуна,
Мел дика вай хьуна и саг1адоьхуриг.
Цхьа чами буззий к1айн дама эций,
Цу чамин г1ожа т1е датой сом диллий,
Д1аверзавехьа и саг1адоьхуриг.
Шишанан корехула бен дуьне ганза йолу,
Тхов к1елхьарниг бен латта хьашанза йолу
Ворх1 вешин хьомсара йиша, -
Бухь бойначу хена т1ера месала куьйра санна,
Лакхарчу г1алара, кхерсташ, охьайоьссина,
И яьлла т1еяхара бос хазчу Мусана,
Т1аккха вистхилира бос хаза Муса:
- Баркалла хуьлда хьуна, ворх1 вешин йиша.
Шен дагца ч1аг1о йина араваьллера ша,
Хьох б1аьрг ца тухуш, юха ца верза.
Кхоьллинчу дала ша ган яздинехь
Юха а вовшийн гур ду вай, ворх1 вешин йиша,
Хьо марша 1айла! - аьлла, вухавирзира бос хаза Муса.
Т1аьхьахьаьжжинчохь, б1аьрган нур д1адахна,
Йисира бах ворх1 вешин хьомсара йиша.
Т1аккха т1аьхьакхайкхира и бос хазчу Мусага:
- Цкъа юхаверзал хьо, х1ай саг1адоьхуриг!
Ши-кхо дош дара шен хьоьга ала ва лууш.
Хьо велла ма йиса хьан, чуьртан говзанчо
Ерича санна йолу, хьан оьзда ши белаш!
Саг1адоьхачух тера ма яц уьш,
Хьо велла ма биса хьан, аьнгалин говзанчо
Боьттича санна болу хьан 1аьржа ши б1аьриг!
Саг1адоьхачух тера ма бац уьш,
Хьо велла ма йиса хьан, ирзохь баьлла
Марг1ал сараг санна йолу,
Хьан оьзда г1одаюкъ!
Саг1адоьхачух тера ма яц иза.
Хьо саг1адоьхург ма вац, генара хьаша,
Шена г1енах дуьхьал х1уьтту
Бос хаза Муса ма ву хьо
Аьлла, чехка эцна вигира цо иза
Хьешана йинчу совнахчу х1усаме.
Исс куьцара духар цуьнан дег1а дуьйхина,
Даа хьена, мерза даар а х1оттийна,
Мала, мала тамехь, малар а х1оттийна,
Сакъера хиир-кха ворх1 вешин цхьа йиша.
Аьхьа дарц хьийзочу 1аьржачу цу лам т1ехь,
Цу Хасин Мусас рема лаьхкинчу ваханчохь,
Дог1машна дера чевнаш хилла,
Дагнашна дарвелла, шаьш ц1ехьа вирзир-кха
Ворх1е а ва ваша.
Царна дуьхьал яхар-кха ворх1 вешин нана. -
Таханлерчу дехачу кху дийнахь,
Цхьа саг1адоьхург а эцна, совнаха х1усаме а яхна,
Цуьнца сакъоьруш ю шун хьомен ва йиша.
Шун ц1е йожош йоллу и, юьхь1аьржо ва йина! -
Сихонца коре ма хьаьдира,
Царех къаьстина цхьа ваша,
Б1аьрга ма вайннехь вевзира цунна бос хаза ва Муса.
Ша аравелир-кха бос хаза х1ара Муса,
Мусага маршалла, дийналла хаьттина,
Ма-дарра дийцира бах цу йишин вашас,
Эла Хасин Мусас шайн рема лахкар.
Дуьгуш нускал санна, гила каде кечбина,
Чал дера герзаш шен хене къевлина,
И ваьлла вахар-кха аьхка дарц хьийзочу
1аьржачу лома т1е.
Элашца, стунашца ша хаа ца ваьшна,
Нацкъара даьккхина шена шун х1оттийна,
Ламанан басонга и рема ерзийна,
Цу шуьнан гонах кхолха ха х1оттийна
Сакъоьруш 1аш вар-кха и Хасин ва Муса.
- Ассалам 1алайкум, х1ай Хасин хьо Муса!
Де дика хуьлда хьан, ва сии долу эла!
Ша бехкал ваххалца яцара-техьа хьуна
Ворх1 вешин и рема?
Д1айиганза ер ма яц ворх1 вешин рема
Аьлла, вист ма хилира бос хаза Муса.
- Иштта ма дийца ахь шега, бос хаза ва Муса.
Елха нана генахь ма ю хьуна!
- Ма дийца ахь шега, х1ай Хасин ва Муса,
К1иллойн хабар. Биънариг дуй бу шен,
Чалхал дукха декъий шун дахка,
Хи санна дукха ц1ий шун 1анон! -
Аьлла, хьалха ерзийра цо ворх1 вешин рема.
Цу толлан г1уркхаца и рема чехош,
Т1аьхьара буькъа т1ом мажарца буха чехош,
Оьзиган шедаца шен гила чехош,
Лаьхкина ялийра цо ворх1 вешин и рема.
Испирташ ва детташ, къаьркъанаш ва муьйлуш,
Сакъоьруш 1аш вар-кха йишин ворх1 ваша.
Кад буттуш яр-кха ворх1 вешин цхьа йиша.
- Цхьа дехар до ша шуьга, шен жима ворх1 ваша
Бохуш, лен елира церан хьоме и йиша. -
- Шайга далун дехар лур ду шаьш хьуна,
Х1ун боху ахь шайга, шайн жима ва йиша?
- Кедаца воьху ша шуьга бос хаза ва Муса.
- Ахь доьху дехар шаьш дели ва хьуна,
Тхан хьомсар ва йиша
Аьлла, кхаа дийнахь, кхаа бусий ловзар дина,
Доьалг1ачу цу дийнахь, шайн махка т1ера,
Д1адаллалц, и шиъ новкъа даьккхина:
- Т1евеанчу хьешаца г1иллакхе йолуш,
Уллорчу лулахошца ийна йолуш
Х1ара хьайца яхахь, кхобур ахь, бос хаза Муса,
Х1ара иштта ца яхахь, цхьаъ бен йоцу тхан йиша,
Еанчу кху новкъа ц1ехьа хьажор ахьа.
Х1инцачул гергарло т1аккха а хир ду вайн.
Шу марша г1олда! - аьлла, х1орш новкъа баьхна,
Шаьш ц1ехьа вирзира бах и жима ворх1 ваша.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz