ЭЛА МОНЦИН, ЖЕРОЧУН К1ЕНТАН ИЛЛИ

Исс эзар ц1е йогу и горга шахьар
Шен куьйга к1ел йолуш вара бах и эла Монца.
Адам алсам делира бах, х1онц эшан юьйлира.
Шен жима ялх ваша шеца цхьаьна ва волуш,
Х1онцана аравелира, тов, и эла Монца.
Аренаш идийна, и раьг1наш хедийна,
Цу арахь аренца шайн даго лоьху х1онц
Шайн кара ца юлуш,
Уьш хьийзаш, кхечира Чергасойн рег1а.
Чергасойн юткъа раг1 шаьш кхузза теллина,
Топ кхосса мостаг1 ва шайна ца карош,
Эрашна экха а ва шайна ца дулуш,
Аренгахьа лестира и эла Монцаг1ар.
Чохь куьзга лоьцуш, т1ехь совраш детташ,
Г1ирмаша тойина бакъ г1ирмин турмал
Б1аьргашна лоьцуш, б1аьрг бетта велира бах
И эла Монца.
Тамаша бан велира и эла ва Монца:
- 1аламат яраббий, шен жима ялх ваша.
Мел тамашийна х1ума ду шен б1аьрга ва дайнарг.
Вай доьлхуш ца хилларг, вай дог1уш
Х1ун хилла-техьа
Исс эзар ц1е йолчу йоккхачу вайи юьртахь?
Мел 1аламат ду шен б1аьрга ва дайнарг
Бохуш, хьалха ма велира и эла ва Монца.
Цунна т1аьхьа ма х1иттира и Монцин вежарий.
Ва сарахь суьйренца, бузучу малхаца,
Шайн юьртахь пхьоьха д1ах1уттучу заманчохь,
Пхьоьхана кхечира эла Монцаг1ар.
- Ассалам 1алайкум, юьртара ва к1ентий,
Суьйре дика йолда шун, ницкъ болчу вайн дала!
- 1алайкум ва салам, х1ай эла ва Монца,
Хьо далла везийла, хьо марша вог1ийла!
Дийцахьа, ахь шайна аренан ва хабарш. -
Бохуш, лен ва бевлча юьртара ва к1ентий.
- Исс эзар ц1е йогу х1ара горга ва шахьар
Шен куьйга кхобуш вара ша, юьртара к1ентий,
Адам сов ва даьлла, х1онц эша ва йоьлла,
Шен жима ялх ваша шеца улло ва волуш,
Х1онцана аравелира ша, юьртара к1ентий.
Аренаш идийра шаьш, и раьг1наш хедийра шаьш,
Цу арахь аренца шайн даго лоьху х1онц
Ва шайна ца юлуш, шаьш хьийзаш кхечира
Чергасойн рег1а.
Чергасойн юткъа раг1 кхузза д1асателлина,
Топ кхосса мостаг1а ва шайна ца вулуш,
Эрашна экха а ва шайна ца карош,
Аренгахьа лестира шаьш, юьртара ва к1ентий.
Чохь куьзга ва лоьцуш, т1ехь совра детташ,
Г1ирмаша тойина бакъ г1ирмин и турмал,
Куьйга ларам хьавзийна, б1аьргашна нисйина,
Б1аьрг бетта велира ша йоккхачу вайн юьрта.
Мел 1аламат дай-кха сирлачу б1аьргашна,
Ша воьдуш ца хилларг, вог1уш х1ун хилла-те,
Исс эзар ц1е йогучу йоккхачу кху юьртахь?
Дийцийша аш шена хаза ва хабар
Бохуш; лен ма велира и эла ва Монца.
- Шайн дийца дац хьуна хаза ва хабар,
Хьо воьдуш ца хилларг вог1уш дац ва хьуна
Бохуш, лен бевлира юьртара к1ентий.
Т1аккха ваьлла вахара и эла ва Монца,
Шен жима ялх ваша шена т1аьхьа ва волуш,
Юрт бертахь диллинчу рузбанан маьждиге.
Шен кегийчу мута1еламашна делан жайнаш хьоьхуш,
Хьуьжарехь 1аш ваний, тов, цхьа 1елам молла.
- Ассалам 1алайкум, х1ай 1елам-молла,
Суьйре дика йойла хьан, кхоьллинчу дала! -
Аьлла, т1ех1оьттира х1ара эла Монца,
Шен жима ялх ваша шена т1аьхьа ва волуш.
- 1алайкум ва салам, х1ай эла Монцаг1ар.
Шу марша дог1ийла, шу марша лелийла.
Хьо далла везийла, ва эла Монца!
Хьайн жима ялх ваша хьайна т1аьхьа х1оттийна,
Зорбанан бедарах, дерачу ва герзех,
Шу дуьттина кечделла, дикчу дойшка хевшина,
Шу лаа лелий-те, х1ай эла Монцаг1ар? -
Бохуш, лен ма велира и 1елам молла.
Ша т1аккха лен велира и эла Монца:
- Исс эзар ц1е йогу х1ара горга ва шахьар
Шен куьйга кхобуш вара ша, х1ай 1елам молла.
Адам алсамделира, х1онц эша юьйлира.
Аренаш идийра ша, и раьг1наш хедийра ша,
Шен жима ялх ваша шеца цхьаьна ва волуш,
Шайн даго лоьху х1онц ва шайна ца юлуш,
Шаьш хьийзаш кхечира Чергасойн раьг1нашка.
Чергасойн юткъа раг1 кхузза шаьш теллира,
Топ кхосса мостаг1а ва шайна ца воьлла,
Эрашна экха а ва шайна ца карош,
Аренгахьа лестира шаьш, ва 1елам молла.
Чохь куьзга лоьцуш, т1ехь совра детташ,
Г1ирмаша йина бакъ г1ирмин турмал,
Куьйга ларам хьавзийна б1аьргашна нисйина,
Б1аьрг бетта велира ша йоккхачу вайн юьрта.
Веха Дадин кертахь цхьа ма1а ва йолуш,
Жоьра-бабин кертахь важа ма1а ва йолуш,
Мокха марха яй шена горгачу вайн юьртахь.
Мел тамашийна х1ума ду шен б1аьрга ва дайнарг,
Мел 1аламат дай-кха сирлачу б1аьргашна.
Ша воьдуш ца хилларг, вог1уш х1ун хилла-техьа?
Хьажахьа, цхьанделхьа, цу делан жайнашка
Бохуш, лен велира и эла Монца.
Кегийра ва жайнаш ша хьала ва кегош,
Даккхийра ва жайнаш ша охьа ва кегош,
Т1ехьежа велира бах и 1елам молла.
- Тамаша ма бехьа, х1ай эла Монца.
Ахь тамаша бан х1ума ца дайна ва хьуна,
Х1оттийна б1ог1ам ва боцуш, тесна т1ай ва доцуш,
И сийна стигланаш латточу ва дала,
Т1аьхьа да воцуш, хьалха 1у ва воцуш,
Тосуш докъар доцуш и хьуьна акхарой
Кхобучу вайн дала
Веха Дадин йоь1ан кхоллам
Жоьра-Бабин к1антаца язбеш х1отта тарлур ду,
Хьайн б1аьрга яйначу цу мокха морханах
Ма бехьа тамаша, х1ай эла Монца.
Хьалахьаьжача, стигал ю, д1асахьаьжча, дуьне ду,
Охьахьаьжча, латта ду, латтанаш, стигланаш
1аламан васташ ду.
Ахь тамаш бан х1умма а ца дайна хьуна, -
Бохуш, лен велира и 1елам молла.
Даьт1начу ва дагна корта ша хьийзабеш,
Бойначу букъана пурхал куьг хьоькхуш,
Къамеле велира х1ара эла Монца:
- Дела дага ва ваьлла кхоьллина кхолламаш,
Ша дага ва ваьлла кхолламаш бохийна,
И веха Дадин йо1 ша шена ца йигахь,
Цуьнан коьртахь 1уьллу и къорза тапта
Шен коьрта дог1ийла, х1ай 1елам молла! -
Бохуш, чувирзира и эла Монца.
Шен жима ялх ваша шена т1ехьа ва волуш,
Шаьш хьийзаш кхечира уьш шаьш бехачу х1усаме,
Хьешийн дой туьйдучу* шайн дика дой туьйдда,
Цу хьешан оти чу уьш парг1ат хевшира.
Даа х1оттийра боху бордаха ва дилха.
Мала х1оттийра боху кхо сом лун и малар,
Шаьш шуьна хевшира, х1ара эла Монцаг1ар.
Т1екхайкха вахийтира лулара жимаха,
Шаьш дехачу х1усаме Жерочун к1анте.
Вахана элира цо Жерочун к1анте:
- Ладог1ал, цхьанделхьа, Жерочун жима к1ант,
Ва хьоьга ма кхойкху и эла Монца.
Т1евола ма боху хьоь ша вехачу х1усаме, -
Аьлла, схьавирзира лулара жимаха.
Г1елвелла чувирзира Жерочун жима к1ант,
Бабас кхача кечбечу товханан коге,
Цу мелчу кхерчан мелчу овкъар т1е
Дайн чемхалг хьоькхуш, ойла ян велира иза.
Лен юьйлуш т1ех1оьттира к1ант вина нана:
- Ша яла хьан дела1, шен жима цхьа к1ант,
Мел 1аьржа 1аржвелла, мел мокха макхвелла,
Мел 1ункар ваха хьо, мел бертал таь1и хьо!
Баланаш, г1айг1анаш ахь шега ялхийча,
Мохо марха ва санна, ша ойъур яра хьуна
Бохуш, лен елира к1ант вина нана.
Ша т1аккха лен велира Жерочун жима к1ант:
- Бала-м бацара шена, г1айг1а-м яцара шена,
Ва шега ма кхойкху и эла Монца.
Ваха бакъ ву-те, ца воьдуш 1ер-те ша
Бохуш, ойла йора ша, ша вина баба
Бохуш, лен ма велира Жерочун жима к1ант.
Ша т1аккха лен елира к1ант вина нана:
- Кхайкхинче ва вахар, г1иллакх ма ларара
Хьан дадас Тимарбис,
Дийцинче ладог1ар, хьекъал ма ларара,
Хьо ваха ма веза хьайга Монца кхойкхучу, -
Бохуш, лен ма елира к1ант вина и нана.
Шен юкъах къийлина чал дера герзаш,
Юкъара даьстина, дуьхьала пенах оьхкира цо,
Шен дег1а ерзийна зорбанан бедар,
Т1ера схьаяьккхира, дуьхьал пенах оьллира цо.
Цу 1уьнан бедар шен дег1а ерзийра цо,
Цу 1уьнан йоккха г1аж ва юьхьар луьйзуш,
Туьйдинчу мачица, бухь боцчу куйнаца,
Ша ваьлла вахара иза цу Монцин г1оне.
Вахана кхечира иза цу Монцин кет1а:
- Ассалам 1алайкум, х1ай эла Монца,
Шун** декъала дойла кхоьллинчу дала!
Хьо кхойкху бахара, хьо лаа кхойкхурий? -
Аьлла, т1ех1оттира Жерочун жима к1ант.
- 1алайкум ва салам, Жерочун к1илло,
Хьо марша йог1ийла, хьо марша лелийла,
Ша лаа ма кхойкху, ша тара ма кхойкху.
Вийнариг вуьсучу мостаг1ийн цу махка,
Шаьш лела ма доьлху, Жерочун жима к1ант,
Докъах мах боккхучу цу пана махка т1е,
Хьо вог1ий шайца цу пана ва махка?
Кхачаза волчу кхаьчна, цавевзариг вевзина,
Сарахь аренца мерза сакъийрина,
Ц1ехьа доьрзур вай, Жерочун жима к1ант
Бохуш, лен велира бах, и эла Монца.
Т1аккха лен велира Жерочун жима к1ант:
- Т1ехаа баций шен са ц1ена и гила,
Т1еюха яций шен зорбанан бедар,
Дехка даций шен чал дера герзаш,
Туьйдинчу мачашца, бухь боцчу куйнаца,
Ша муха вог1ур ву цу пана ва махка,
Юьртах а вала йиш йоцуш, г1ийла,
Миска стаг ву ша
Бохуш, лен велира бах Жерочун жима к1ант.
Т1еюха еара оьзда йоцу бедар,
Духка деара тишделла герзаш,
Т1ехаа ялийра цхьа 1аспар алаша.
Шаьш дойшка бевлира х1ара эла Монцаг1ар:
Шаьи баха бевлира уьш цу пана махка.
Цу юьртан урамаш хьийзачу кхаьчча,
Ша т1аккха лен велира и эла Монца:
- Ладог1ал, цхьанделхьа, Жерочун ва к1илло,
Шен к1еззиг г1уллакх ду веха Дадин кертахь,
Ша сиха вог1ур ву, шу кхуза совцалаш
Бохуш, д1атилира и эла Монца.
Дог эт1аш, турпал гола ша те1аеш,
Чоьжашка кхерстаеш, оьзиган шед ва етташ,
Локкхаран архашца, болатан гаьллаца,
Шен жима гила циццигал горгбина,
Г1алин коре тесира цу эла Монцас.
Ша коре еара и вехачу Дадин йо1,
Къамеле велира и эла ва Монца:
Дела дагаваьлла, хьоьца кхоллам язбина
И Жерочун к1илло ша йохка юьгу хьуна,
Цунах эцна ахча совг1атна тоьлуш,
Цунах делла даьхни урдошна ва тоьлуш,
Дела дагаваьлла кхоьллина кхолламаш,
Ша дагаваьла кхолламаш бохийна,
Ша шена юьгур хьо, х1ай вехачу Дадин йо1,
Бохуш, лен ва ваьлча и эла Монца,
Ша т1аккха лен елира и вехачу Дадин йо1:
- Цунах делла ахча совг1атана ахь дахьахь,
Цунах делла даьхний урдошна даладахь,
Ша йог1ур ю хьоьга, х1ай эла Монца.
Ца дендерг дийр баьхча, дешан сий дов,
Дешан сий ва дайча, хьан олалла дужур ду,
Ца дендерг ма дийца, х1ай эла Монца.
Воьхкинчохь соцучух тера ца хета шена,
Куьйранан ва санна шаьш лепаш долу
Цу Жерочун к1ентан нур догу б1аьргаш
Бохуш, лен елира цу вехачу Дадин йо1.
Ша т1аккха лен велира х1ара эла Монца:
- Ша хир ду аьллариг хилла ду хьуна,
Ша хир дац аьллариг ца хилла ду хьуна,
Ша аьлла ма вели, и сецна ма дели
Аьлла, схьавирзира х1ара эла Монца.
Яха елира кху к1ентийн г1ера.
Яра к1ентийн г1ера юьртаха йолуш,
Ша т1аккха лен велира Жерочун жима к1ант:
- Дакъаза ма вала, х1ай эла Монца.
Вай дагалаьцнариг гена меттиг ма ю-кха,
Вухаваран х1ума дела воцчунна ца хаьа,
И делан 1ожалла ша кхайкхош ца йог1у,
Цхьа нана яра шен, шел сов во1 воцуш,
Цуьнга воьдийла хаийтина, къинт1ера яьккхина,
Вухавог1ур вара ша, шу кхуза совцахь,
Шайн керахдалахь, шу шеца ва дуьйлийша
Бохуш, лен велира Жерочун жима к1ант,
Ца варна кхоьруш, уьш улло бевлира,
Бахана кхечира, уьш цу к1ентан г1опе,
Ша дуьхьал елира к1ант вина ва нана,
Ца1 воссош санна, массо а динара воссийна,
Хьешийн дой туьйдучу церан дика дой туьйдда,
Ц1а чоьхьа оти чу уьш парг1ат ховшийра цо.
Т1ехьийза велира Жерочун жима к1ант.
Даа х1оттийра бордаха дилха.
Мала х1оттийра бух сирла малар.
Даарца, маларца уьш парг1ат ховшийна,
Ша араваьлла, сехьа чу веара иза.
Шен юкъах къийлина тишделла герзаш
Юкъара даьстина, ц1енкъа охьадехкина,
Шена т1еерзийна оьзда йоцу бедар,
Т1ера схьаяьккхина ц1енкъа йиллина,
Дуьхьал пенах кхозу зорбанан бедар,
Пенара схьаэцна, шен дег1а ерзийна,
Дуьхьал пенах кхозу чал дера герзаш,
Цу цхьалха доьхкарца шалха дихкира цо
Герз юккъе хьарчош, бедар т1ехьарчош.
Цо чехка йихкира уьш алашин г1онжаг1е,
Коьртах яьккхина жулар цуьнан гоъ т1е етташ.
Шен дадин бисина ворх1 шарахь чохь кхаьбна,
Ханнийн божлахь боллу и расха жима дин,
Гаъ т1е т1ара детташ, уьйт1а балийра цо.
Ловза-лета и буьйлуш, цо кечбан ца вуьтуш,
Дуьгуш нускал санна, цо хаза кечбира и.
Бухь бойначу попа т1е дайн куьйра ва санна,
Дин хьаьвзаш бина, кхесташ т1евелира иза.
Даге 1еткъош***, турпал гола те1ош,
Чоьжашка кхерстош, оьзиган шед етташ,
Локкхаран архашца, болатан гаьллашца,
Шен жима гила циццигал горгбина,
Вехачу шен уьйт1ахь дин д1атесира цо.
Т1аккха чукхайкхира и цу эла Монце:
- Вай дахаза 1ийр дацахь, шен г1уллакх чекхдаьлла,
1ен парг1ат вай делахь, даа-мала ду вайна
Бохуш, чукхайкхира Жерочун жима к1ант.
Шаьш дойшка бевлира и эла Монцаг1ар.
Цу к1ентийн г1ера кертах йолуш,
К1ант т1аьхьа сацийра к1ант винчу нанас:
- Ладог1ал, цхьанделхьа, шен жима цхьа к1ант,
Бер хена дуьйна, жимчохь дуьйна,
Шеран шийтта баттахь хан йолчу хенахь,
Мерза наб йохош, набарна юьйлуш,
Шерачу ц1енкъа горга го боьг1уш.
Хьаи к1айчу хьаьж т1е к1айн накха те1ош,
Агана г1ожа т1е пхаьрсан дол туьйсуш.
Ша хьуна эхьна шен хьена к1айн накха
Ша хьарам бо хьуна, шен жима цхьа к1ант,
Монцина са а йитина, шена дуьхьал хьо ваг1ахь.
Монцина са а йитина, шена дуьхьал ца вог1уш,
Т1ехь корта боцуш хьайн дакъа даийталахь.
Хан йоцуш йог1ур яц и делан 1ожалла,
Садаьллачохь юьсуш хуьлу к1ентан голаш,
Монцин дог а кхаьрдаш, шена дуьхьал ма воьллахь
Бохуш, чуйирзира к1ант вина нана.
Яха елира боху цу к1ентийн г1ера.
Цу юьртан урамаш хьийзачу кхаьчча,
Ша т1аккха лен велира Жерочун жима к1ант:
- Ладог1ал, цхьанделхьа, х1ай эла Монца.
Тохара хьо вахча, шена ца хеттарг,
Ша х1инца вахарх, хьуна ма хеталахь.
Шен к1еззиг г1уллакх ду веха Дадин кертахь
Бохуш, даге 1еткъош, турпал гола г1ертош,
Чоьжашка кхерстош, оьзиган шед етташ,
Локкхаран архашца, болатан гаьллашца,
Шен жима гила циццигал горгбина,
Г1алин коре тесира Жерочун к1анта.
Ша коре еара вехачу Дадин йо1.
Къамеле велира Жерочуи жима к1ант:
- Дела дагаваьлла, вайшинан кхоьллина
И делан кхоллам.
Ша дагаваьлла, бохо воллу и эла Монца,
Цу пана махка ша вохка ма вуьгу
Цу элан Монцас,
Шех эцна ахча совг1атана теларх,
Сийсаз ма хета алалахь хьайн кегийчу йижаршка,
Шех эцна даьхний урдошна теларх,
Сийсаза ма хета алалахь хьайн къеначу даде,
Бала хилин-ц шена хьо езаран марзонах,
Хьо дукхаезаро махкаха ваьккхи ша
Бохуш, лен велира Жерочун жима к1ант.
Ша т1аккха лен елира вехачу Дадин йо1:
- Ма г1охьа, цхьанделхьа, цу эла Монцица,
Уллохь вежарий болуш, тобанца ма ву иза.
Уллохь ваша воцуш, хьо цхьалха ма ву-кха.
Тешнабехк берий-техьа цу эла Монцаг1ара? -
Бохуш, лен елира и вехачу Дадин йо1.
- Ца вахча вуьтий ша цу эла Монцаг1ара?
Нуьцкъашха вуьгуш ма ву ша цу пана ва махка,
Хьо марша 1ойла-кха, шен мерза езар
Бохуш, д1атилира Жерочун жима к1ант.
Йоьлхуш чуйирзира вехачу Дадин йо1.
Юьртаха елира кху к1ентийн г1ера.
Яха елира боху цу к1ентийн г1ера,
Тийса йолийра шера аренаш.
Хедо йолийра лоха раг1енаш,
Дукхий-к1езиг ихначу хенахь.
Цхьана гена махка бевллачу хенахь,
Т1ете1а бевлира Монцин вежарий.
Къамеле бевлира уьш цу эла Монце,
Ладог1а велира Жерочун жима к1ант.
- Кхузара т1ехдевлча, вайн хьаша ма вац-кха,
Кхузахула йохка вай Жерочун к1илло? -
Бохуш, хеттарш хезира Жерочун к1антана.
Цу сенчу ара дин д1асатесна,
Къамеле велира Жерочун жима к1ант:
- Кхузара т1ехдевлча, шуп хьаша ца хилча,
Кхуза йохкарх 1ай шуна Жерочун к1илло?
Исс эзар ц1е йогу и горга шахьар
Хьайн куьйга кхобуш, юьртан эла хьо велахь а,
Кху арахь аренца х1ара доза баьччалла
Шега схьа ма дирзи, х1ан эла Монца.
Кхузара т1ехваьлча, шен хьаша ву хьуна,
Схьавола шена, ша хьошалг1а вуьгур хьо
Бохуш, хьалхавелира и ц1оькъалом санна.
Лоьман к1езий ва санна, уьш т1аьхьа ва болуш
Ц1оькъалом ва санна х1ара хьалха волуш,
Цхьа дукхий-к1езиг ихначу хенахь,
Цу пана махка т1е кхаьчначу хенахь,
Цу эрна хотешка, цу ирзийн ара,
Сарахь суьйренца, бузучу малхаца,
Стиглахула хоьхкуш куьйранаш долуш,
Лаьттахула хоьхкуш и иэраш долуш,
Церан буйнара яьлларг шен тоьпе лоцуьйтуш,
Вог1уш, дуьхьалкхийтира и эла Хаси:
- Ассалам 1алайкум, х1ай эла Хаси!
Ницкъ болчу дала суьйре дика йойла хьан, -
Аьлла, динара воьссира Жерочун жима к1ант.
- 1алайкум васалам, Тимарбин жима к1ант!
Марша ва хьо, дела1, Тимарбин жимаха,
Шена-м вевзир вацара хьо,
Хьан динах вевзи шена
Бохуш, маракхийтира и эла Хаси.
- Хьо лаа ваьллий хьо кху к1ентийн г1еранца?
Бохуш, лен велира и эла Хаси.
- Лахалахь лохур ша да вийна мостаг1,
Баккхалахь бохьур ша мостаг1чун корта,
Лахкалахь ялор ша мостаг1чун рема.
И дагахь ваьлла ша, х1ай эла Хаси,
Хаац шена, накъостийн дагара
Бохуш, лен велира Жерочун жима к1ант.
- Ницкъ болчу вайн дала ка йойла хьан цу т1ехь! -
Ша хьалдха велира и эла Хаси,
Ша динара воьссина, Хаси дина хаийна,
Ша улло велира Жерочун жима к1ант.
Ша хьалха велира и эла Хаси,
Уьш баха бевлира цу Хасин х1усаме.
Уьш бахана биссира цу Хасин г1опе.
Хьешийн дой туьйдучу церан дой туьйдда,
Т1ера нуьйраш схьаэцна, дой парг1атдаьхна,
Цу хьешийн оти чу уьш парг1ат ховшийна,
Царна даа х1оттийра цо бордаха дилха,
Мала х1оттийра цо бух сирла малар,
Кад буттуш т1ех1оьттира Жерочун жима к1ант.
Маларо шайн кортош дахийначу заман чохь
Къамеле велира и эла Монца:
- Ладог1ал, цхьанделхьа, х1ай эла Хаси,
Ца хаьа-техьа ва хьуна, дика к1ентий ва лесташ,
К1ентий зело меттиг, х1ай эла Хаси,
И хьуна хаахь, вай цига г1ор дар-кха, -
Бохуш, лен велира и эла Монца.
Ша т1аккха лен велира х1ара эла Хаси:
Х1окху к1ентан да волчу хенахь,
Шаьш дукха лестара 1ожалкхин лома.
Цу ломахь ма вийна кхуьнан да Тимарби,
И вийчахьана ша вахаза ма ву цига,
Цу ломахь и вийна ворх1 шо д1а ма дели,
Лата луучунна лата меттиг яра цигахь,
Вада луучунна вада меттиг яра цигахь,
Вала луучунна вала меттиг яра цигахь.
К1ант цигахь зелур ву, х1ай эла Монца
Бохуш, лен велира и эла Хаси. -
Сирла са даьржаш вай цига г1ур ду-кха, -
Бохуш, набарна бийшира х1ара эла Монцаг1ар.
Мерзачу набарах адам дулучу хенахь,
Дайн куьйгаш 1уьттуш, набарха бохуш,
Байн когаш луьйзуш, чуй, арий буьйлуш,
Дика дой кечдира цу эла Монцаг1ара,
Шайн дойшка хевшира и эла Монцаг1ар.
Цара юьхьарлецира шайн ц1ехьа бог1у некъ.
Деана хилира и делан сирла са,
Бахана карийна цу эла Хасина,
Басах тилира и, сибатах вуьйхира иза:
- Бер хенахь дуьйна, жимачу хенахь,
Хьеший дукха лаьттинера ша волчу тхов к1ел,
Х1ара санна х1ума шена-м ца дайна,
И муха вахар ду, воьду-вуьту доцуш?!
Шен делах биънариг беза дуй беци шен,
Шайна эшна г1уллакх цара шега ца дийцахь,
Дег1ах мерза са цаьрга ц1а ца дахьийта.
Вайшиннам хьошалла эшна баха-те уьш?
Вайшиннан х1усамах ца бешаш баха-те уьш?
Вайшиннан даарах ца бузуш баха-те уьш?
Вайшиннан маларах ца 1ебаш баха-те уьш? -
Бохуш, т1аьхьаваха дин кечба х1оьттира иза.
- Вайшиннан даарах ца бузуш ца бахана,
Вайшиннан маларх ца 1ебаш ца бахана,
Вайшиннан х1усамах ца бешаш ца бахана,
Шех эцна ахча совг1атана а луш,
Шех эцна даьхний урдона а луш,
Цу вехачу Дадин йо1 шена яло воьдуш ву иза.
Цо деана г1уллакх цуьнан кхочушхилла.
Ша деана г1уллакх шен кхочушхилаза ду,
Ша к1езиг листина 1ожалкхин лома,
Хьо дукха листина 1ожалкхин лома.
Лома некъ хуу хьо хьалхавала,
Лахалахь лохур вайша да вийна мостаг1,
Баккхалахь боккхур вайша мостаг1чун корта,
Лахкалахь ялор вайша мостаг1чун рема, -
Бохуш, лен велира Тимарбин жима к1ант.
Зорбанан бедарех, дерачу герзех
Шаьш ц1ена кечвелла дика дой кечдина,
Шаьшшинна баа ва кхача шайн дойшка берзийна,
Ваха новкъа ма велира х1ара тайна ши к1ант.
Ва дукха-к1езиг ихначу хенахь,
Цхьана гена махка ваьллачу хенахь.
И шиъ воьдуш кхечира 1ожалкхин лома.
Д1ахьийзаш, схьахьийзаш ломах хьалавелира,
Цу ломахь карийра 1ожалкхин рема;
Толлан г1уркхашца, юткъачу шакаршца
Рема хьалхаерзийра кху дикчу шина к1анта.
Новкъаяла ца туьгуш, юха т1ехьийза елира
1ожалкхин и рема.
Ша т1аккха лен велира и эла Хаси:
- Новкъаяла ца туьгу 1ожалкхин рема.
Ца1 хьалха ца валахь, Тимарбин жима к1ант.
Хьалхашха некъ хаа атта хир ду хьуна.
Т1аьхьашха ларвала хала хир ду хьуна,
Хьо хьалхавалахьа, Тимарбин жима к1ант. -
Бохуш, лен велира и эла Хаси.
- Хьалхашха некъ хаа хала хета шена,
Т1аьхьашха ларвала атта хета шена,
Кху ламана некъаш ша хууш вац хьуна,
Хьо хьалхавалахьа, х1ай эла Хаси, -
Ша т1аккха лен велира и эла Хаси:
- 1аьржа 1ожалкха т1екхача волахь,
Мохь хьакхий вадалахь ша волчу аг1ор.
Кхоьссинарг ца кхета цу делан мостаг1на.
Кхеттариг ца лета цу делан мостаг1ах,
Ша ч1ог1а стаг ву и, дин дика бу цуьнан,
Хьо ларор вац хьуна, ша волчу хьадалахь,
И 1аьржа 1ожалкх т1екхача волахь
Бохуш, хьалхавелира и эла Хаси.
Хьалхара хьаьжча, т1ехьара т1аьхье ца гуш,
Т1ехьара хьаьжча, хьалхара юьхь ца гуш,
Сел еха хиллера боха 1ожалкхин и рема.
Дукхий, к1езиг вахаваьллача хенахь,
Т1екхиина велира и 1аьржа 1ожалкх.
Стигал хьалавала стигал лекха ю хьуна,
Лаьттах чувола латта ч1ог1а ду хьуна,
Тахана мича дер ду хьо, Тимарбин къут1а?
Шена-м девзир дацара хьо, эхь доцу къут1а.
Хьан динах девзи шена,
Ша кхузахь валлалц хьан Дадас хьийзира ша,
Ша хьийзо доллу хьо, Тимарбин къут1а? -
Бохуш, кхайкха велира и 1аьржа 1ожалкх.
Т1амца к1ел сецира Жерочун жима к1ант.
Вовшашна туьйхира бакъ г1ирмин мажарш,
Г1аг1 дуьхьал нисделла дег1е ца кхечира.
Вовшашна туьйхира болатан тарраш.
Аьчган г1аг1 цистира, дег1а т1е ца кхечира,
Вовшашна туьйхира хьенапан шаьлтанаш,
Дитт духа керчаш ца леташ йисира,
Дойшкара воьссина, шаьш коча вахара
Х1ара тайна ши к1анат.
Цкъа к1езиг-дукхий леттачу заман чохь,
Жерочун к1ентан ницкъ эша боьлла,
К1елваха вуьйлира Жерочун жима к1ант.
Цуьнан корта баккха шен ницкъ боцуш,
Т1екерча велира и 1аьржа 1ожалкх.
Дине вистхилира Жерочун жима к1ант:
- Да велла биса хьо, са ц1ена сан гила,
Дикачу ва динна мотт хаьа олуш дар-кха,
Мохь хьакхий, хьадахьа Хаси волчу аг1ор. -
Бохуш, лен ва ваьлча Жерочун жима к1ант,
Шен турпал т1аш цуьнан коьртах детташ,
Т1ехьийза белира са ц1ена гила.
Барзо лоццучуьра лаьцна, айвина,
Кхоьссира цо цу сенчу ара,
Керчаш т1евелира Жерочун жима к1ант,
Цуьнан корта баккха шен г1ора доцуш,
Т1екерча велира Жерочун жима к1ант,
Т1ехьашха рема яржа йоьлча,
Шекваьлла, вухахьаьдира и эла Хаси:
- Хаси вала хьан дела1, Тимарбин жима к1ант.
Ницкъ бина хета-кх хьан ховхачу дег1ана.
Ахь хала боккхур бара могтаг1чун корта,
Ша атта боккхур бу мостаг1чун корта
Бохуш, тоьхна, баьккхира цо 1ожалкхин корта.
Шен Дада вийначу мостаг1чун корта,
Ког 1уьттуш д1акерчош, лерг лаьцна схьаэцна,
Цо чехка биллира шен нуьйран г1онжаг1е,
Цу таьлсан огане, мостаг1чун корта.
Шаьш ц1ехьа вирзира х1ара тайна ши к1ант,
1ожалкхин рема хьалха йолуш,
Х1ара шиъ вог1уш кхечира цу эла Хасин юьрта,
1ожалкхин рема эвла йисте сацийна,
И шиъ парг1атвелира цу Хасин х1усамехь.
Масачу маларца, бордахчу дилхаца
Кху дикачу шина к1анта мерза сакъоьруш,
Д1аделира, бах, кхо дей, кхо буьйсий.
Ша т1аккха лен велира и эла Хаси:
Дуьненан даьхний, паччахьан ахча
Ша оьшуш вац х1уна, х1окху маьлхан дуьнен чохь,
Цхьа дакъа декъалахь г1ийлачу байшна,
Важа дакъа декъалахь мискачу нахана,
Кхозлаг1а дакъа урдонна д1алой,
Цу вехачу Дадин йо1 ахь хьайна ялае.
Мискачу нахана цхьа дакъа айхьа доькъуш.
Дакъа зца вола ала цу эле Монце
Хьайн Дада вийначу мостаг1чун корта
Бохуш, хьехар дина, гена новкъа ваьккхина,
Х1ара г1уллакх ду ца бах аса, Тимарбин жима к1ант.
Х1ара санна г1уллакх хьайна т1екхаьчча,
Ша волчу вар т1едуьллу ша хьуна,
Х1ара санна ва г1уллакх ша дина хьажор хьо.
Марша г1ойла хьо дела1, Тимарбин жима к1ант.
- Хьо санна дика к1ант шех хьайна тарвелча,
Ша волчу вог1ур хьо, шен Дадин доттаг1,
Шегара санна баркалла делера хуьлда хьуна,
Шен Дадин доттаг1! Марша 1айла хьо! -
Бохуш, - марша г1ойла хьо! - бохуш,
Б1аьргех оьху хиш мела ледош.
Вовшехкъаьстира и тайна ши к1ант.
Ша вухавирзира и эла Хаси.
Ша ц1ехьавирзира Тимарбин жима к1ант.
Х1ара вог1уш кхечира йоккхачу шахьар чу.
Цу юьртан шоралла урамца х1оттийра цо
1ожалкхин рема.
Юьртахь тар ца елла, цу ремех цхьа ма1а
Эвлайистехь сацийра цо.
Ша хьаьвзаш велира цу маьждиган момсуре,
Т1екхойкхуш гулдира дай 6оцу г1ийла бай,
Мискачу нахе т1екхайкха ша воьлча:
- Дакъа эца волахьа, х1ай эла Монца,
Жаг1ан 1ина йистехь бай кхобуш ехачу
Жерочунна ша ден долу дакъа ша дер хьуна
Бохуш, т1евийхира цо и эла Монца,
Цхьа дакъа дийкъира г1ийлачу байшна,
Важа дакъа дийкъира мискачу нахана,
Кхозлаг1а дакъа урдона д1аделла,
И вехачу Дадин йо1 шена ялийна,
Шен Дада вийначу мостаг1чун корта
Цу Монцин г1опе мундана боьг1на,
Вехачу Дадин йо1аца х1ара ваха хиира,
Д1ахьоькхучу мохо цадезарш д1акхоьхьуш,
Схьахьоькхучу мохо дезарш т1екхоьхьуш.
__________________________
*Дой д1атосучу меттиге.
**Кхузахь: яах1ума х1отийна стол.
***Дагана 1еткъаш.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz