ВАША ВОЦЧУ САЙЛАХИН ИЛЛИ

Ва сарахь суьйренца, булучу боданца,
Шинна шортачу, кхаанна готтачу
Хьешана диначу цу чоьхьа оти чу
Ханна атта мотт биллина,
Атта г1айба товжа биллина,
И дарин юрг1а шен дег1ах хьерчош,
Набарча йижира, тов, ваша воцу Сайлаха.
Хан йоцчу хенахь, буьйсанан кийрахь,
Мерза наб к1ордийна, набарха елира
Ваша воцу Сайлаха.
Ва пхьуьйрехь гулйина ц1е ша 1уьйкъехь яржийна,
Цу мелчу овкъар т1е дайн чемхалг ва хьоькхуш,
Ойла ян хиира, тов, ваша воцу Сайлаха.
Т1аккха цуьнга лен елира йо1 йина нана:
- Ша яла хьан дела1, шен жима Сайлаха!
Хан йоцчу кху хенахь набарха яьлла,
Пхуьйрехь гулйина ц1е 1уьйккъехь яржийна,
Х1окху шелчу кхерчан мелчу овкъар т1е
Дайн чемхалг ва хьоькхуш,
Мел доггах йо ахьа дагара ойланаш!
Х1ун бала боьсси-техьа шортачу хьан кийра?
Х1ун г1айг1а йоьсси-техьа горгачу ва коьрте?
Баланаш, г1айг1анаш ахьа шега ялхийча,
Мохо марха санна, аса ейур яра хьуна Бохуш,
лен ма елира йо1 йина и нана.
Ша т1аккха лен елира ваша воцу Сайлаха:
- Дакъаза ма яла хьо, ша йина шен нана,
Ша дуьйцур ду хьоьга, ладуг1уш хилалахь,
Бала беци шена, нанас дена вина
Цхьа ваша цахилар,
Г1айг1а еци шена, ден вешина вина
Цхьа шича цахилар,
Во1 воцуш ю бохуш, хьо тергал ца йо
Юьртарчу к1енташа,
Ваша воцуш ю бохуш, ша сийсаза хета
Юьртарчу к1енташна.
Исс эзар ц1е йолчу йоккхачу шахьар чохь
Ша яха там болуш к1ант хеташ яц ша.
Элий шуьна хевшича, элаша юьйцура
Г1алмакхойн и рема.
Г1алмакхойн рема лалла йоллу ша,
Ша йина шен нана.
Г1алмакхойн рема хьалха ерзор ю ша,
Ша йина шен нана.
Г1алмакхойн рема ша хьалха ерзийча,
Г1алмакхойн г1алара дуькъа орца дер ду,
Ша йина ва нана.
Орца т1екхиъча, буьрсачу т1амехь, ша карзахе хьаьвзир ю,
Ша йина нана.
Цу халчу т1амо, апаро хи санна, ша гатте хьовзийча,
Хиэ бер санна, ша б1аьрзе хьовзийча,
Цу Теркал дехьа чехкачу т1амехь лаха йоллу ша
Ша яха там болу к1ант
Бохуш, лен елира ваша воцу Сайлаха.
Ша т1аккха лен елира йо1 йина нана:
- Дижахьа, цхьанделхьа, да воцу г1ийла бо,
Дакъаза далан доллу хьо, да воцу г1ийла бо,
Дижахьа, цхьанделхьа, да воцу г1ийла бо!
- Ма яла дакъаза, ша йина шен нана,
Юьртарчу к1енташа хьо тергал ца еш,
Ваша воцуш ю бохуш, ша сийсаза хеташ,
Даалац шега яра маьлхан дуьне.
Шен ойла ма еци цу Теркал дехьахь.
Юьртарчу к1енташна сийсаза хеташ,
Кху маьлхан дуьнен чохь сийсаза дуьне ца дууш,
И 1аьржа 1ожалла ша эца ма йоллу.
Ялалахь ялор ша г1алмакхойн рема,
Ца ялалахь оьцур ша и 1аьржа 1ожалла
Бохуш, шен вешин йисина зорбанан бедарш*
Сихонца ерзийра цо шен оьздачу дег1а,
Шен вешин дисина чал дера герзаш,
Ша юкъах къуьйлуш, дихкира цо,
Шен вешин бисина са ц1ена гила,
Дуьгуш нускал санна, хаза кечбира цо.
Зорбанан бедарх, дерачу герзех ша ц1ена кечъелла,
Бухь боцчу попа т1е дайн куьйра санна,
Гила хьаьвзаш бина**, кхерсташ т1еелира*** иза.
- Дакъаза ма яла ша йина нана,
Юхайог1ур алий, дог теший ма 1елахь,
И 1аьржа 1ожалла ша кхайкхош ца йог1у,
Юхаяран х1ума дела воцчунна ца хаьа,
Хьо марша 1айла, ша йина нана!
Бохуш, д1атилира и ваша воцу Сайлаха.
Таь1ана хьаьжча, шен говран лергаш ца гучу буса
Ша новкъа елира ваша воцу Сайлаха.
Аренаш идийра цо, ва раьг1наш хедийра цо,
Цу делан 1уьйренца Терка т1е кхечира иза.
- Ассалам 1алайкум, элан сту санна
Т1ехь тийна дог1у Терк,
Т1ехь бур-бур ва бохуш, бухахь г1ерг1аш дог1у Терк!
Ва гатте дирзича, ц1оькъалом санна
Мохь хьоькхуш дог1у Терк,
Хьан гечеш леха ша бере вацара,
Т1ера ша бере ледара ву алий,
Бухара гила г1ийла бу алий,
Ахьа бохам ма баккха, т1ехь тийна дог1у Терк!
Бохуш, Терка чу тесира цо са ц1ена шен гила.
Динах кема ва дина, сов писак санна,
Шедан кхаж ва хьоькхуш,
Тиша кетар санна, пурхал Терк эт1ош,
Терк сехьа дуьтуш, ша дехьа елира
Ваша воцу Сайлаха.
Ша яха елира г1алмакхойн г1ала,
Х1ара йоьдуш кхечира г1алмакхойн г1али йисте.
Цу пхийтта 1уьнаца, шийтта ж1аьлица,
Г1алех елира г1алмакхойн рема.
Цу сенчу арахь дика дин ловзош,
Хьаьвзаш т1еяхара ваша воцу Сайлаха...
- Рема йиги алахьа, г1алмакхойн инарле,
И дела ша воцург, шеца накъост воцуш,
Ша цхьалха ву алахьа, цхьа нохчийн жима к1ант.
Г1алмакхойн к1енташца орцах вала ала
Г1алмакхойн инарле, -
Бохуш, г1ала хьажийра цо г1алмакхойн жимаха.
Мела дог 1ийжалуш, шийлачу маьхьарца,
Ша г1ала ма вахара г1алмакхойн и жа1у.
- 1аламат яраббbй, г1алмакхойн инарла,
Мел боккха болх бу яра, мел тамашина х1ума ду яра...
"И дела ва воцург, шеца накъост воцуш,
Ша цхьалха ву ала, орцах вала ала", - бах хьоьга
Цу нохчийн цхьана к1анта,
Г1алмакхойн к1ентацша орцах вала бах хьоьга,
Бохуш, мотт ма бира, ва маттах хадаро.
Килсе хьаьдира и г1алмакхойн инарла.
Орцанан килс етташ, дошлой гулбира цо.
Орцанан килс етташ, г1ашлой гулбира цо.
Доккха дуькъа орца г1алех даьккхира цо.
Мохал чехка береш хьалхашка бевлира.
Дахкал дуькъа орца т1ехьашка делира.
Апаро хи санна, гатте ерзийра ваша воцу Сайлаха,
Хиэ бера санна, карзахе хьовзийра цу делан мостаг1аша.
Шена хьалха нисвелларг шен дине кагвойтуш,
Шена улло нисвелларг туьраца цостуш,
Ведда нацкъара иккхинарг тоьпе лоцуьйтуш,
Чехкачу т1амехь летта ц1е хилла.
Леттачу ц1арна туху хи ва хилла,
Юкъахьийза елира ваша воцу Сайлаха.
Ведда к1елхьара ва ваьлларг
Ведда к1елхьара ва ваьлла,
Ведда к1елхьара ца ваьллачун шийла дакъа дижийна,
Ша цхьалха йисира и цу халчу т1амехь.
Дерачу чевнашна динахь 1е ца елла,
Кийрара дилхан дог г1елдала ва доьлла,
Цу сенчу бай т1е йосса юьйлира и цу дикчу динара.
Цу дикчу дино йосса ца юьтуш,
Ша ловзо яьккхира и цу сенчу бай т1ехь.
Ва даге 1еткъош, турпала гола те1ош,
Болата гаьллашца, локкхаран архашца
Шен жима гила циццигал горгбина,
Мохал чехка вар долуш, чал дера ша волуш,
Вог1уш т1екхечира Жерочун жима к1ант.
- Ассалам 1алайкум, х1ай динан бере!
Чевнаш декъалайойла хьан ницкъ болчу дала! -
Аьлла, т1ехъиккхира Жерочун жима к1ант.
- 1алайкум ва салам, х1ай нохчийн жима к1ант!
К1езиг ладог1ахьа ша дечу къамеле:
Дерачу чевнашна динахь 1а ца велла,
Кийрара дилхан дог шен г1елдала доьлла,
Динара восса воьллера ша, х1ай нохчийн бере.
Х1окху дикачу дино ша восса ца вуьтуш,
Ловзаваьккхина ша х1окху сенчу арахь.
Кийрара дилхан дог г1елделла дог1у шен.
Лацахьа, цхьанделхьа, болатан луьйта
Бохуш, лен елира ваша воцу Сайлаха.
- Дакъаза ма вала хьо, динан бере,
Теркал сехьа оьхучу цу дикачу к1ентийн
Луьйтанаш леца ша оьху-х ца моьттий хьуна.
Кху Теркан гечешкахь са дийна мостаг1 шена карош,
Лаца бакъо яц шен болатан луьйта
Бохуш, т1ехвелира Жерочун жима к1ант.
Эгначу декъашна ког баккха меттиг боцуш,
Мостаг1ийн декъашлахь говр хехка велира иза,
Цу Теркан гечешкахь леха велира иза са дийна мостаг1.
Са дийна мостаг1 шена ца карош,
Хьаьвзаш т1евеара Жерочун жима к1ант.
- Дакъаза ма вала, х1ай динан бере,
Мел ирча т1ом бу ахь кхаьрца бинарг.
Мел догтах летта хьо кху делан мостаг1ех.
Ша х1инца лоцур ду болатан хьан луьйта,
Ша х1инца лоцур ю хьан дикачу динан урх, -
Бохуш, динан урх лецира, болатан луьйта лецира,
Ша динара йоссийра цо ваша воцу Сайлаха.
Кийрара дилхан дог г1елдала доьлла,
Йоьжна йисира ваша воцу Сайлаха.
Воьхна хьийза висира Жерочун жима к1ант.
- Дакъаза ма вала, х1ай нохчийн бере,
Шайн къена дада волчу хенахь
И волча лестара юьртара баккхий нах,
Баккхийчу наха олуш хезна вара ша:
"Кху Теркал дехьахь халчу т1амехь висина,
Чевнаш алсам хилла г1елвелла висинарг,
1ожалла еха а хилла рицкъа т1аьхьа хилча,
Кийрара детта ц1ий хецалора Теркан хи мелча,
Рицкъа т1аьхьа дацахь, дег1аха мерза са сихонца къаьстара".
Ахь чехка кхиадехьа сийначу Теркан хи
Бохуш, лен елира ваша воцу Сайлаха.
Цо чехка кхиийра сийначу Теркан хи.
Теркан хи кхиийча, кийрара детта ц1ий
Хецаделла, йо1 парг1атъелира.
Ша к1егара хиира, ваша воцу Сайлаха,
Шен чухула юхучу кучан пхьуьйшаш
Кучаха дехира Жерочун к1анта,
Ц1ен кучан пхьуьйшашца
Цуьнан чевнаш йихкира Жерочун к1анта,
Ша парг1атъелира ваша воцу Сайлаха.
Ша дина хиира ваша воцу Сайлаха.
Ша дина хиира Жерочун жима к1ант.
Рема хьалха йолуш, шаьш ц1ехьа дирзира
Х1ара нийса ши накъост.
Терк дехьа дуьтуш, шаьш сехьадаьлча,
Къамеле елира ваша воцу Сайлаха:
Дакъаза ма вала, х1ай нохчийн бере!
Шена дог1у дакъа байшна декъалахь,
Шен к1еззиг г1уллакх ду Теркаца хьала-охьа,
Ша къастаза ца волу хьох, х1ай нохчийн бере
Бохуш, лен ма елира ваша воцу Сайлаха.
- Дакъаза ма вала, х1ай динан бере,
Цу Теркал дехьа буькъа т1ом хезара
Ша юьртах ва волуш, баккхийчу нахана,
Ша вог1уш вайнера цу халчу т1аме,
Цу т1амах х1ума шега дийца аьлча,
Дийца х1ума ма дац шен, ма къастахьа шехара. -
Т1аккха лен елира ваша воцу Сайлаха:
- Дакъаза ма вала хьо, нохчийн бере,
Цу т1амах х1ума ахьа дийцинарг ду хьуна,
Ца дийцинарг дац хьуна,
Вала айкх вац хьуна кху маьлхан дуьнен чохь,
Къастаза йиш яц шен, х1ай нохчийн бере
Бохуш, лен ма елира ваша воцу Сайлаха.
Ша т1аккха лен велира Жерочун жима к1ант:
Дакъаза ма вала, х1ай динан хьо бере,
Кху ремех х1ума шега дийца аьлча,
Дийца х1ума ма дац шен юьртарчу к1енташна,
Ма къастахьа шеха хьо, х1ай динан бере
Бохуш, лен велира Жерочун жима к1ант.
Ша т1аккха лен елира ваша воцу Сайлаха.
- Ма вала дакъаза, х1ай нохчийн бере,
Цу Теркал дехьахь буькъа т1ом а бина,
Г1алмакхойн арахь 1уй буха човхийна,
Теркан гечошкахь буькъа т1ом а бина,
Г1алмакхойн шийла декъий эгийна,
Айхьа ялийна ала ахь г1алмакхойн рема,
Вала айкх вац хьуна кху маьлхан дуьненахь.
Къастаза йиш яц сан, х1ай иохчийн бере,
Кху Теркан гечешкахь, шега ладоьг1уш,
Цхьа накъост ма ву шен, ша кхача дезаш,
Г1алмакхойн ремин хьо воцург да воцуш,
Кху маьлхан дуьненахь вала айкх воцуш,
Шена дог1у дакъа байшна дала хьо векал вина,
Ша хьуна д1аели, х1ай нохчийн бере,
Ша вахаза йиш яц бохуш лен елира,
Ваша воцу Сайлаха.
Т1аккха лен велира Жерочун жима к1ант:
- Къастаза хьо ца 1ахь, х1ай динан ва бере,
Йицахьа шега хьайн яккха тиллина ц1е.
- Елха нана йоцуш, вала да воцуш,
Г1ийла к1ант ю хьуна шен яккха тиллина ц1е
Бохуш, д1атилира ваша воцу Сайлаха.
И къайла ва валлалц Теркаца охьа яхара
Ваша воцу Сайлаха.
И къайла ва ваьлча, шен нене боьду некъ
Цо юьхьар ма лецира.
Буьйсанна хан йоцчу ва хенахь,
Буьйса кхозлаг1чу декъе йирзинчу хенахь,
Ша йоьдуш кхечира и ехачу ва уьйт1а,
Дин уьйт1ахь охьабуьйжира цуьнан,
Ша уьт1ахь охьаюьйжира иза.
Ехачу шен уьйт1ахь г1ийла узар хезна,
Йоьлхуш, араиккхира йо1 йина нана.
- Ша яла хьан, дела1, да воцу г1ийла бо,
Х1ун кхечи хьуна т1е, х1ун бала хьийги ахь?
Бохуш, т1екхийтира йо1 йина ва нана.
Дин уьйт1ахь охьабоьжна шен,
Дин парг1атбаккхахьа
Бохуш, лен елира ваша воцу Сайлаха.
Ядийна йихьира цо цу хьешан оти чу,
Дархочун метта и охьайиллина,
Дин парг1атбаьккхира йо1 йинчу нанас,
Аддаме шен йо1ана чов хиллий ца хоуьйтуш,
Лоьралла дан елира йо1 йина нана.
Цо динчу лоьраллах лоьралла ва хилла,
Кхаа баттахь 1иллина, йирзина, г1еттира,
Ша т1аккха лен елира, ваша воцу Сайлаха:
- Ма яла дакъаза, ша йина шен нана,
Дерачу чевнех, кхаа баттахь 1иллина,
Йирзина г1етти ша, рицкъа т1аьхьа хилла,
Сагатлуш ма ю ша, сахьийзаш ма ю ша,
Гулдай, ховшадехьа кху хьешан оти чу
Вайн куьпахь долу и кегий зудбераш,
Цхьа тийна синкъерам х1отто йоллура ша,
Кийрара мерза са шен мукъадаккха
Бохуш, лен елира ваша воцу Сайлаха.
Ша араелира йо1 йина ва нана.
Гулдина, ховшийра цо и кегий зудбераш,
Хьешана ва динчу чоьхьарчу оти чу,
Цхьа тийна синкъерам х1оттийра боху.
Цу хьешашна ва динчу чоьхьарчу оти чу,
Чуэха юьйлира маьрк1ажан к1иллош.
Теркал дехьара лоьцуш, даккхий хабарш дуьйцуш,
Дуьхьал хевшира юьртара к1иллош:
Эвла йисте лела г1алмакхойн рема
Шай-шай ялийна ва бохуш, даккхий хабарш дуьйцуш.
Буьйсанах ши дакъа хиллачу ва хенахь,
Туьйдинчу мачашца, бухь боцчу куйнаца,
Ч1урам хьарчийна болатан тур пхьаьрса к1ел лоьцуш,
Хьийзаш чувеара Жерочун жима к1ант.
- Ассалам 1алайкуу, юьртара к1ентий,
Дала барт бойла шун - аьлла, д1ах1оьттира иза.
Цуьнгара салам дерзийра, цхьаъ хьала ца г1оттуш,
Царна хьалхаваьлла, хьалха охьахаан
Зудберех эхь хеташ, ша латта висира иза.
Хьалха ца ваьлча, хаан меттиг ва йоцуш,
Не1аран соне ша латта висира Жерочун жима к1ант.
Теркал дехьара лоьцуш, даккхий хабарш дуьйцуш,
Эвлайисте лела г1алмакхойн рема
Шай-шай ялийна бохуш,
Дуьхьал 1еш хиллера юьртара ва к1иллош,
Дола дина, схьалаьцна, цхьаъ къасто ца ваьхьаш.
Ша т1аккха лен елира ваша воцу Сайлаха:
- Сема ладог1ийша, юьртара к1ентий,
Буьйсанан х1ара зама д1аяьлла ма йоьду,
Х1ара кегий зудбераш ц1а дига деза шен,
Шу арадовлийша, юьртара к1ентий
Бохуш, араелира ваша воцу Сайлаха.
Цхьа к1еззиг зама сехьа чохь яьккхина,
Хьийзаш, чуяхара ваша воцу Сайлаха.
Теркал дехьара лоьцуш, даккхий хабарш дуьйцуш,
Дуьхьал 1еш карийра юьртара к1иллош.
Дакъаза ма яла, юьртара к1иллош! -
Аьлла, йистхилира ваша воцу Сайлаха.
Х1ара кегий зудбераш ц1а дига деза шен,
Шу арадовлийша, юьртара к1ентий
Аьлла, ша араяьлча, к1еззиг арахь 1ийна,
Хьаьвзаш чуеан ша, юьртара к1иллош,
Охьахевшича санна, яккхий хабарш юьйцуш,
Дуьхьал 1ам ма ю шу, цхьа хьала ца г1оттуш,
Нана хьарам йойла аша, юьртара к1иллош! -
Бохуш, юкьаелира ваша воцу Сайлаха.
Шишша цхьаьна лоьцуш, не1арах а етташ,
Аракхийса йолийра цо и юьртара к1иллош.
Б1аьрга б1аьца йина, куьйга амал йина,
Цо т1аьхьа сацийра Жерочун жима к1ант.
Т1аккха лен елира ша йинчу бабе:
- Дакъаза ма яла, ша йина баба,
Яра кегий зудбераш ц1а дигий йолахьа,
Ша йина баба
Бохуш, д1ахьажийра цо юьртара зудбераш,
Ша йина нана цариа хьалхаяьккхина.
Т1аккха лен елира Жерочун к1анте:
- Ладуг1уш хилалахь, Жерочун жима к1ант,
Цхьа-ши дош дара шен ва хьоьга хатта,
Бакъдериг дийцахьа ша хьайга хоьттучунна,
Цхьа рема ю, бах, горгачу эвла йистехь,
Юьртарча к1енташа шай-шай ялийна бохуш.
Дола дина бекъа къасто цхьа а ца ваьхьаш,
Цу ремех х1ума хууш да а вац боху.
Цу ремех бекъа къасто цхьа а ца ваьхьа боху,
Цу ремех хьуна хаьа бахара,
Дийцахьа шена хьайна хууш дерг
Бохуш, лен елира ваша воцу Сайлаха.
- Дакъаза ма яла, ваша воцу Сайлаха!
Цу реманах х1ума хьуна дийца ма дац шен,
Эвла йисте ваьлча лелаш гар доцург.
Эвла йисте хьо ялахь, шена санна, и хьуна а гур ю.
Сагатделла хир ма ю ша вина шен баба,
Ма шен доцу г1уллакх ду ахьа шега ва хоьттург,
Вахийта, цхьанделхьа, винчу бабина т1е, -
Бохуш, лен велира Жерочун жима к1ант.
Ша т1аккха лен елира ваша воцу Сайлаха:
- И рема яло ваханчу цхьана динан беречунна,
Цу Теркал дехьахь, чехкачу т1амехь и карзах хьийзаш,
Хьо орцах кхаьчна ма бахара цу динан беречунна;
Дийцахьа шена хьайна хууш дерг.
- Дакъаза ма яла, ваша воцу Сайлаха,
Ша г1ийла, миска хеташ йо хир ю-кха
Ахьа шеца ен хьайн забарш.
Туьйдинчу мачашца, бухь боцчу куйнаца,
Юьртахвала де доцуш, г1ийла стаг ву ша,
Вахийта бабина, сагатлуш хир ю иза, -
Бохуш, лен велира Жерочун жима к1ант.
Ша т1аккха лен елира ваша воцу Сайлаха:
- Ма вала дакъа-ча, Жерочун жима к1ант,
Цу Теркал дехьа г1алмакхойн рема
Лаьллина вог1учу нохчийн беречунна,
Орца т1е а кхиина, т1амо г1елвина,
Кийрара дилхан дог г1елдала доьлча,
Шен дикачу динара и восса воьлча,
И восса ца вуьтуш, и ловзо ваьккхича,
Хьо орцах кхаьчна, ахь луьйта ва лаьцна,
Воссийна бахара и нохчийн бере.
Хьайн кучан пхьуьйшаш, кучаха схьадаьхна,
Ахьа йихки бахара цуьнан дера чевнаш,
Дийцахьа ва шега хьайна хууш дерг, -
Бохуш, лен елира ваша воцу Сайлаха.
Ша Т1аккха лен велира Жерочун жима к1ант.
- Хьуна дийца х1ума дац шен, ваша воцу Сайлаха,
Ша аьшнаш ван г1ерта-те хьо,
Ша сийсаза ван г1ерта-те хьо?
Исс азар ц1е йогучу йоккхачу шахьар чохь.
Шахьар чохь бехачу кегийчу к1енташлахь
Ша г1ийла хеташ, йо-хета ахьа шеца ен и забарш! -
Бохуш. лен велира Жерочун жима к1ант.
Ша т1аккха лен елира ваша воцу Сайлаха:
- Ма вала дакъаза, Жерочун жима к1ант,
Ша хьоьца еш ериш забараш ю хьуна,
Хьан чухула юхучу кисин кучан пхьуьйшаш
Куча т1ехь делахь, Жерочун жима к1ант,
Схьагайта ахь шега хьайн кисин юткъа коч, -
Бохуш, лен елира ваша воцу Сайлаха.
Ша т1аккха лен велира Жерочун жима к1ант:
- Сарралц деххарг сарахь дууш,
Сарахь дехнарг 1уьйранна дууш,
Юьртахь саг1а доьхуш миска стаг вара ша,
Сарралц ша дехча, ши чами оьшуш,
Ахьаран гирда шен вовшахкхийтира,
Ахьаран гирда боьхкича, ши пхьош доцу коч ели шена.
Вахийта бабина, сагатдеш хир ю иза
Бохуш, лен велира Жерочун жима к1ант.
Ша т1аккха лен елира ваша воцу Сайлаха:
- Ладог1ал, цхьанделхьа, Жерочун жима к1ант,
Ваша воцуш ю бохуш, ша сийсаза хетара
Юьртарчу к1енташна,
Во1 воцуш ю бохуш, ша йина нана
Тергал ца йора юьртарчу к1енташа,
Исс эзар ц1е йогучу йоккхачу шахьар чохь
Ша яха там болуш к1ант ша хеташ яцара.
Ша йина нана тергал ца еш,
Ваша воцуш ю бохуш, ша сийсаза хеташ,
Даа ца делира шега яра маьлхан ва дуьне.
Исс эзар ц1е йогучу х1окху шахьар чохь,
Ша яха там болуш к1ант шена ца хетча,
Дагадеара шена ша яха к1ант лаха.
Элий шуьна хевшича, улаша юьйцура г1алмакхойн рема,
Г1алмакхойн рема хьалха ерзийча,
Г1алмакхойн г1алара дуькъа орца дер ду,
Орца т1екхаьчча, ша т1амехь юьсур ю.
Чехкачу т1амо ша карзахъ хьовзийча,
Шена орцах кхаьчначу к1анте ша маре г1ур ю
Аьлла, яхара ша цу Теркал дехьа.
Г1алмакхойн г1али йисте кхеттачу малхаца,
Цу пхийтта 1уьнаца, шийтта ж1аьлица,
Г1алех елира г1алмакхойн рема.
Цу сенчу арахь, дика дин ловзабеш,
Хьийзаш, т1еяхара ша г1алмакхойн ремина.
Вейтта 1у, церан шийтта ж1аьла
Дерен ва човхийна, юьстах дехира ша,
Пхуьйтталг1а 1у орца даккха хьажийра ша.
Рема хьалха ерзийра ша, Жерочун жима к1ант,
Г1алмакхойн г1алара дуькъа орца даьлла,
Мохал чехка береш хьалхашка бевлла,
Дахкал дуькъа орца т1ехьашха кхиина,
Апаро хи санна, ша гатте хьовзийра.
Хиэ бера санна, карзахе хьовзийра ша,
Цу дала шен г1о деш, лета елира ша,
Мостаг1ийн эскар дохийна, даржийна,
Ша цхьалха елира ша цу халчу т1амера.
Дерачу чевнашна динахь 1а ца елла,
Ша йосса йоьлча, дикачу дино
Йосса ца юьтуш, ловзаяьккхира ша,
Цигахь хьо орцах кхиира, ахьа луьйта лаьцна,
Динара йоссийра ша, Жерочун жима к1ант.
Кийрара дилхан дог г1елдала шен доьлла,
Йоьжна йисира ша цу Теркан гечешкахь,
Ахьа шена деара сийначу Теркан хи,
Теркан хи мелча, кийрара детта ц1ий
Ша хецаделла, ша парг1атъелира;
Хьайн кучан пхьуьйшаш кучах схьадаьхна,
Хьайн кучан пхьуьйшашца сан чевнаш йихкира ахьа,
Терках даллалц вайша цхьаьна схьаихира,
Къастаза ца яьлла, ша хьоьха къаьстира.
Нанас дена вина ваша воцуш ю ша,
Ден вешина вина шича воцуш ю ша,
Ша хьуна езахь, хьан езар яр-кха ша,
Ша хьуна ца езахь, нанас дена йина, хьан йиша ю ша,
Ша хьайна езахь, стечалла йига ша
Бохуш, лен елира ваша воцу Сайлаха.
Хьаьвзаш чувахара Жерочун жима к1ант.
Хьалха йоьхуна дахьийтина, т1аьхьа замой бахийтина,
Цо шена ялийра ваша воцу Сайлаха.
Д1ахьоькхучу мохо цадезарг д1акхоьхьуш,
Схьахьоькхучу мохо дезараш т1екхоьхьуш,
Шаьшшиъ даха хиира и нийса ши накъост.
______________________
*Фабрикан к1адинах йинарш.
**Хьовзош.
*** Парг1ата.



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz