ИЛЛЕШ


ЧЕЧАНАРЧУ МАДИН ЖАЬММИРЗИН ИЛЛИ

Сеттачу поштанна йора дой ва доьжна,
Кечбели бахара цу Ростов г1алара
И кегий инарлаш
Инарлин воккхаха Ортам ва волуш,
Болабелла ма баьхкира Ортаман хьадалаш,
Шелахой лелачу шелахойн ирзошка.
Лам т1ехь ло ва санна, к1айн четар ва тоьхна,
Де даан хевшира, тов, и кегий инарлаш,
Шелахой лелачу шелахойн ирзешка.
Испирташ ва детташ, къаьркъанаш ва муьйлуш,
Де даа хевшичахь и кегий инарлаш,
Лен вуьйлуш т1ех1оьттира цхьа къена инарла:
- Ассалам 1алайкум, Гуьржехара ва Ортам!
Куьйга кохьар ва хьийзош, куьйга мукх ва бохуш,
Цу Турлон 1алхана йиллина Чечана,
Чечанахь ц1е йолу и Мадин Жаьммирза,
Жаьммирзин ва йиша и сийлахь Аьлбика,
Дуткъа йийсар ва дина юьртаха яьккхина,
К1айн нускал ва дина цу Ростов ва г1ала
Йоссийча ва санна, мел парг1ат доу ахь,
Гуьржехара ва Ортам, и паччахьан алапа. -
Олуш, лен ва ваьлча и къена инарла,
Т1аккха лен ма велира Гуьржехара ва Ортам:
- Шен дилха дог 1абадал паччахьан
К1айн эскар ахь шена даладе!
И сийлахь Аьлбика цу Ростов ва г1ала
Йоссонза ша йитахь,
Паччахьа ва елла чин долу ва хорма
Стоьла т1е охьакхоьссина, г1аш салти хир ву шех
Олуш, вола ма велира и къена инарла.
Ша далор ду хьуна, хьан дог 1абадал
Паччахьан к1айн эскар, ва Гуьржийн Ортам! -
Ша вахана ма кхечира и къена инарла
Цу нана Петара ва бухе.
Гома зурма ва лоькхуш, к1айн эскар гулдина.
Йоьза вота ва етташ, эпсараш гулбина,
Ша вуха ма вирзира и къена инарла,
Цу к1айчу эскарца, къорзачу эпсаршца.
Хьакхин херсеш ва санна, уьш т1аьхьа ловзабеш,
Кечал* хьакха ва санна, ша хьалха ва ваьлла,
Вахана ма кхечира и къена инарла,
Цу к1айчу эскарца, шелахойн ирзешка!
Ассалам 1алайкум, гуьржехара ва Ортам!
Яра ду ва хьуна, ахь шега ва доьху.
Паччахьан к1айн эскар.
И сийлахь Аьлбика цу Ростов ва г1ала
Йоссонза 1ен велахь,
Хьан коьрта дог1ийла Аьлбикин ва тапта,
Ва Гуьржийн хьо Ортам!
Олуш, лен ва ваьлча и къена инарла,
Де доца ду бохуш, буьйсанах ва лоьцуш,
Ша вола ма велира и Гуьржехара ва Ортам,
Цу нана-Чечана чу.
Буьйсанна адамаш д1атуьйчу цу хенахь,
Дуьненна го лаьцна сийна х1орд ва санна,
Хьаьттана го лаьцна човкарчий ва санна,
Уьшална го лаьцна куьйса эрз ва санна,
Кхолха го ма лецира цу нана-Чечанна,
Буьйсанна адамаш д1атийначул ва т1аьхьа.
1уьйранна суьпа нах г1овттачу цу хенахь,
Г1ели диллина ва г1уммаг1а шен керахь ловзаеш,
Ламазна ара ма велира Сулима ва молла.
Доллучу дуьнене сирла б1аьрг ва тухуш,
Сема ла ма дуьйг1ира Сулима ва моллас
Дуьненан ва кийра.
Зингато сийсаен лаьттан туьйлиг ва санна,
Дуьнено сийсош вайра, тов, и мокха мостаг1а.
Йоккха-йоккха ва лоьцуш делан ц1е ва йохуш,
Ша юха чувирзира Сулима ва молла.
- Цхьа бала хир бу-кх кху юьртан
К1ентийн кортошка кхаьчнариг,
Дала шен нуьцкъаца и т1ера ойур-кха, -
И 1уьйран ва ламаз ша сиха ва эцна,
Маьждиге вахара бах Сулима ва молла.
Вахана ма х1оьттира маьждиган мимар чу,
Йоьхначу 1уьйранца, Сулима и молла,
1уьйренан и ламаз дина т1ера доккхур ша ва аьлла.
Яздина 1уьллуш ма карнйра цунна
Цхьа бамбин к1айн кехат,
Маьждиган мимар чохь.
Схьаэцна хьаьжира бах,
Сулима и молла кехатан ва букъа т1е.
Цу т1е яздина ма карийра Ортаман дуткъа куьг.
Даьстина ма дийшира и йора к1айн кехат:
- Шу дала ма дахло, х1ай, нана-чечанхой!
Машарца ва кера Аьлбика ва йоьхуш,
Машарна ва кера Аьлбика ца елча,
Воккханиг ва вийна шийла дакъа дер ду ма боху.
Жиманиг ва лаьцна йийсар дер ду ма боху.
Машарна кера Аьлбика ца елча.
Шинхьахула не1 йолу рузбанан ва маьждиг.
Корах алу ва туьйсуш, дагор ду ма боху, -
Олуш, кехат ма дийшира, Сулима ва моллас.
Т1аккха салаватдилла х1оьттира бах,
Сулима и молла маьждиган момсарера.
Маьждиге гулбелира, тов, чечанхойн кура к1ентий,
Мохь бетташ, лен велира бах Сулима и молла.
- Дакъаза ма довла, чечанхойн тхьамданаш!
Дакъаза ма довла, чечанхойн кура к1ентий!
Зингато сийсаен лаьттан туьйлиг ва санна,
Дуьне сийсош схьаваьржина яра мокха мостаг1а,
Вайн жима Аьлбика машарна кера йоьхуш.
Машарна ва кера Аьлбика ца елчахь,
Воккханиг ва вийна, шийла декъий дохкур боху,
Машарна ва кера Аьлбика ца елчахь,
Жиманиг ва лаьцна, йийсар дер ма боху.
Шинхьахула не1 йолу рузбанан ва маьждиг,
Корах алу ва туьйсуш, дагор ду ма боху.
Шу дика хьовзалаш, чечанхойн тхьамданаш!
Шу майра латалаш, чечанхойн кура к1ентий!
Зударийн корталеш вайн коьрта дог1ийла,
Вешан сийлахь Аьлбика бертахь цаьрга лун елахь, -
Олуш, лен ва ваьлча Сулима ва молла,
Малхана шаьш лечкъа даккхий ж1аьлеш ва санна,
Лечкъина хьулбелира чечанхойн тхьамданаш.
Малхана шаьш лечкъа кегий к1езий ва санна,
Лечкъина хьулбелира чечанхойн кура к1ентий.
Ша цхьалха висира бах рузбанан
Маьждигехь Сулима ва молла.
Б1аьрг тухуш ма хилира цу юьртан ураме,
Урамехь ма вайра, лачкъа кхетам боцуш
Висина цхьа жима ва к1анат.
Кхойкхуш т1е валийра бах и жима ва к1анат,
Сулима ва моллас.
- Ярабби цхьан дела1, х1ай, жима ва к1анат!
Кхойкху алахьа цу сийлахь Аьлбике, -
Олуш, лен велира бах Сулима ва молла.
Ша хьаьдда ма вахара и жима ва к1анат
Аьлбика ехачу х1усаме, йоьхначу уьйренца,
- Ярабби, цхьан дела1, сий долу Аьлбика!
Хьоьга йола ма боху Сулима ва моллас,
Рузба дан диначу рузбанан маьждиге, -
Совр сийна ши пошмакх ерзана туьйдина.
Дарин кучан ва пхьуьйшаш гоьллех хьала карчийна.
Чилланан хьесан жима йовлакх шен бетах доьллина,
Ша йина ва нана шена хьалха яьккхина,
Маьждиге ма еара сий долу Аьлбика!
- 1уьйре дика йолда хьан, Сулима ва молла!
Хьо кхойкху аьлла ма еара со, Сулима ва молла.
Хьо лаа кхойкхурий, хьо тара кхойкхурий?
Ша лаа кхойкхура, ша тара кхойкхура хьоь.
Ша хьоьга кхойкхура, ва сийлахь Аьлбика,
Зингато сийсаен лаьттан туьйлиг ва санна,
Дуьне сийсош схьабаьржина х1ара мокха ва салтий,
Машарна кера хьо шайга ва йоьхуш,
Машарна кера хьо шайна ца елчахь,
Воккханиг ва вийна, шийла дакъа дер ма боху,
Жиманиг ва лаьцна, йийсар дер ма боху,
Шинхьахула не1 йолу рузбанан ва маьждиг,
Корах алу ва туьйсуш, дагор ду ма боху.
Хьо яханза ериг яц цу делан мостаг1ашка.
Къа деца, Аьлбика, зударийн, ва берийн,
Къа деца, Аьлбика, рузбанан маьждиган! -
Олуш, лен ма велира Сулима ва молла.
Дог1анха ма йилхира и жима Аьлбика:
Ма элин делир ахь, олуш делах бехк берг!
Ма элин делир ахь, олуш делах эхь дерг!
Къа дацийца шена зударийн, ва берийн,
Къа деци ва шена цу хенан ламазийн,
Къа дацийца шена рузбанан маьждиган,
Къа деци ва шена цу беттан марханийн,
Ша г1уриг яц хьуна. Сулима ва молла,
Цу делан мостаг1ашка!
Ша цаьрга ца яхчахь ц1е йолуш ва елахь,
Кху нана-Чечанах сийна ц1е кхарстийла,
Т1ам тоьхна олхазар кху юьртах ца далалуш.
Ша цаьрга ца яхчахь х1орд хьодуш вз белахь,
Сийна х1орд хьодийла кху нана-Чечана чу,
Пелаг хьаькхна ва ч1ара юьстаха ца болуш.
Ша г1уриг яц хьуна, Сулима ва молла,
Цу делан мостаг1ашка.
Парз дина дехкина и беттан марханаш,
Цу хьакхин дилхаца ша муха дохор ду? -
Олуш, елха ма юьйлир бах бос хаза Аьлбика
Т1аккха лен ма велира Сулима ва молла,
Велхаран и шеддаш шен кийрахь сецадеш:
- Ма яккха дакъаза, хьо сийлахь Аьлбика!
Кханалерачу къематан цу дийнахь,
Зуд-кхахьпа ва хилла хьо цаьрга ца яхарна
Тоьшалла ша дийр ду хьуна. -
Т1аккха елха ма елира и жима Аьлбика:
Зударийн, ва берийн къила ца йоьр ша.
Рузбанан маьждиган къила ца йоьр ша.
Олуш, елха ма юьйлира и жима Аьлбика:
Хьо марша 1ойла, ша йина ва баба!
Йоьхначу 1уьйренца кху юьртахь ца хилла
Шен жима ва ваша, и Мадин Жаьммирза.
Къематан ва дийнахь шен б1аьрга ма гойла!
Йоьхначу 1уьйренца кху юьртахь ца хилла
Шен жима ва шича, и Таймин Биболат,
Къематан ва дийнахь шен б1аьрга ма гойла!
Олуш, хьалхаваьккхира Сулима ва молла,
Йоьлхуш т1аьхьх1оьттира и сийлахь Аьлбика.
Дахана ма кхечира цхьабосса ши накъост,
Мостаг1ий гулбеллачу шерачу майдана.
Ассалам 1алайкум, Гуьржехара хьо Ортам!
Хьоьга делла и салам дала ша оьцур-кха.
Ахь шега ва доьху юьртара йо1-йийсар
Х1ара ду ва хьуна.
- Т1еялал Аьлбика сеттачу поштанна.
Ша х1инца ца йолу сеттачу поштанна т1е.
Шен к1еззиг г1уллакх ду цу нана-Чечанахь
Олуш, чехка ма юьйлира и цу юьртан урамах.
Дуткъа аз ва детташ, дог1наха ва йоьлхуш,
Дин дика мел болчун уьйт1а ва х1уьттуш,
Ша йоьлхуш ма кхайкхира и жима Аьлбика:
К1енташна б1аьрга ган ца кхочу ша Мадин Альбика,
Тахана ма хили ваша воцу ва йиша.
Дакъаза мя довла шу, чечанхойн кура к1ентий!
Яьккхинчун ю шуна со Мадин Аьлбика,
Доьхначу кху дийнахь, Чечанара кура к1ентий.
Олуш, йоьлхуш кхайкхича, орцахвала
Ца хилира яхь йолуш цхьа к1анат,
Цу нана-Чечанахь, доьхначу кху дийнахь.
Ша йоьлхуш ма йирзира
Мостаг1ийн цу куьпа сий долу Аьлбика.
Дан амал ца хилла, т1аккха пошта т1е
Ма елира бос хаза Аьлбика.
- Орцахбовла къонахий кху юьртахь бац хьуна
Т1аме х1итта к1ентий вайн юьртахь бац хьуна.
Хьо марша г1олда хьо, сий долу Аьлбика! -
Олуш, вуха ма вирзира Сулима и молла.
Орцахбовла къонахий цу юьртахь ца хилла.
Т1аме бовла ва к1ентий цу юьртахь ца хилла.
Г1одаккха ницкъ эшна, мостаг1чун ницкъ тоьлла,
Шаьш эцна ма ехьира бах сий долу Аьлбика,
Цу делан мостаг1аша.
Цу сарахь суьйренца, и юьртан мехкарий,
Суьйранна хи кхехьа хит1а эха ва боьлча,
Дой долу к1енатий цу юьртан урамехь.
Юьртарчу мехкаршна ва хьалха,
Деза хабарш ва дуьйцуш, дой хьийзо ва бевлча,
Дой доцчу цу к1ентийн дегнаш г1елло ва аьлла,
Дой доцу ва к1ентий дойх кхиор ша аьлла,
- Хьолахойн ва рема ша яло вахана
И Мадин Жаьммирза, цу эвла ва йистехь
Ц1оькъа рема сацийна, дой доцчу к1енташка
Дой леца гулло ва бохуш, к1енташка ва кхойкхуш,
Хьаьвзина ма х1оьттира вехачу ва уьйт1а
И Мадин Жаммирза.
Араялал, цхьанделхьа, сан хьоме Аьлбика,
Бехачу некъара беана дин д1ай-схьай озабел.
Дой доцу ва к1ентий ва дойха кхиин ша,
Ахь дукха дийцина эрмалойн совг1аташ
Хьуна алсам деана ша, сан хьоме Аьлбика
Олуш, кхайкха ва ваьлча, и Мадин Жаьммирза
Хьомсарчу Аьлбике,
Йоьлхуш ара ма елира, Аьлбикин ва нана.
Т1аккха лен ма велира, и Мадин Жаьммирза:
- Хьо дала ма яйа хьо, ша вина ва баба,
Х1ара х1ун ду-техьа, дакъа доцу ва белхар.
Хьо дала ма яйа, ша вина ва баба,
Хьо елххал ва бала хьан коьрте беача,
И сийна стигланаш т1еелхарна кхерам бу,
И 1аьржа латтанаш лелхарна кхерам бу,
Араяла алахьа хьомече Аьлбике,
Дин д1ай-схьа хьовзабан. -
Т1аккха лен ма елира Аьлбикин ва нана,
Шен сирла ши б1аьриг дог1наха белхабеш:
Аьлбика чохь яцийца, шен жима Жаьммирза,
Мехкан боцу ва хьеший ва лула биссина,
Г1иллакхана, тамана кхайкхинчу яхана
Вайн жима Аьлбика.
Т1аккха вист ма хилира, ша винчу цу нене,
И Мадин Жаьммирза:
Мехкан боцу ва хьеший лулахошка биссарах
Кхайкхинчу оьхуш лелаш ма яцара
Вайн хьомсара Аьлбика.
Дийций ялахьа хьо шега билггал бакъдериг.
Ша вина шен баба!
Т1аккха елха ма елира Аьлбикин ва нана:
- Бакъдериг дийцича, хьох яларна кхоьру ша,
Бакъдериг ца дийцича, Аьлбикех йолу ша,
Ша вина, кхиийна, шен хьоме Жаьммирза.
- Бакъдериг ахь дийцахь хьо шеха ериг яц,
Бакъдериг ца дийцахь - Аьлбикех йолу хьо.
- Ша яла хьан дела1, шен жима Жаьммирза,
Дийцаза ца йолу ша хьоьга ма-дарра:
- Зингато сийсаен лаьттан туьйлиг ва санна,
Дуьне дуьзна схьабаьржира и делан мостаг1ий,
Машарна шайн кера Аьлбика ва йоьхуш.
Орцахбовла къонахий кху юьртахь ца хилла,
Т1аме х1итта к1ентий вайн юьртахь ца бевлла,
Мостаг1ийн ницкъ тоьлла, дан амал ца хилла,
Шаьш эцна ма ехьин вайн хьомсар Аьлбика, -
Олуш, елха ма елира Аьлбикин ва нана.
1аламат ярабби, ша вина ва баба!
Шен жима ва шича и Таймин Биболат
Вийна йигина хир ю-кха и жима Аьлбика.
- Хьан жима ва шича и Таймин Биболат
Вийна-м дера ца йигна хьомсара Аьлбика.
Юьртарчу к1енташа хьашт доцуш кхобучу дойн и рема,
Цу мержойн к1енташа лаьхкина ва аьлла,
Ма вахана хьан жима шича и Таймин Биболат.
- Хьо дала ма яйа, ша вина ва баба.
Вайга сецалур бацийца чинна лекха хьаькмаш!
Вайна йоьг1нехь ц1а йог1ур вайн жима Аьлбика, -
Олуш, нанас бер ва санна, шен нана 1ехийна:
- Т1амна хала нах ма бара и 1аьржа ва мержой,
Ладог1ий вола ша, цу Таймин Биболате
Олуш, юьртах ма иккхира бах и Мадин Жаьммирза.
Ша хьежан ма велира мостаг1ийн ларашка,
Йирзина ма карийра мостаг1ийн ва лараш,
Ростох-г1ала боьдучу буткъачу ва новкъа.
Шен дине лен велира бах и Мадин Жаьммирза:
- Г1ебартойн реманаш яжа лаьхки ва аьлча,
Аннаш т1е гора оьгу шен расха жима дин,
Буьйсанна наб йоцуш, дийнахь тем бодуш
Кху денна кхаьбна ша хьо, жима расха дин.
Х1инца ели ва хьуна ша идон ва меттиг,
Ахь х1инца къийсалахь лоьмаца ва лелхар,
Ахь х1инца къийсалахь лечанца ва идар!
Олуш, юткъачу шедаца кхоамза
Човхийра, тов, цу Мадин Жаьммирзас
Шен жима расха дин.
Ша бадар ийцира, тов, Мадин Жаьммирзин ва дино.
Карахь урх малйича, Ростох-г1алехьа ва идош.
Карахь урх къевлича, - лаьттан кийра бух те1ош,
Бадар эцна ма кхиийра расхачу цу дино,
Буьйсанна адамаш д1атуьйчу цу хенахь,
Некъа йисте сада1а тоьхначу к1айчу
Четарийн ва йисте и Мадин Жаьммирза.
Некъ беха ва хилла, шайн дог1маш к1адделла,
Шайн чонна мацбелла, цу новкъахь ва севцца
Бара бах и делан мостаг1ий, цу сенчу ва бай т1ехь.
Лекхачу динара ша лаха воьссина,
Четарна ва йистехь дин нуьйрах ва тесна,
Кога тата ва доцуш, ша каден
Ма вуьйлира четаршна ва юкъа,
Яхь йолу ва к1анат, и Мадин Жаьммирза.
Цу децийн дажаре, ва 1уьнан шакаре,
Хьалхара ва когаш байбина хьала ва уьйбуш,
Шен турпал г1ог1аш т1е ша еза ва те1аш,
Сема ла ва доьг1а гила борз ва санна,
Шен турпал г1ог1аш т1е ша лоха лахвелла,
Сема ладуьг1ира, тов, цу Мадин Жаьммирзас.
- Йоьхначу 1уьйренца цу юьртахь ца хилла,
Шен жима ва ваша, сан хьомен Жаьммирза,
Къематан цу дийнахь шен б1аьрга ма гойла, -
Парз дина дихкина х1ара беттан марханаш,
Кху хьакхин ц1окан т1ехь дохо хилин ва техьа,
Парз дина дихкина х1ара хенан ламазаш,
Кху хьакхин дилхаца дохо хилин ва техьа, -
Олуш, йоьлхуш аз хезира, бах, шен жимчу цу йишин,
Кийрарчу цу даго ладег1а ца витна,
Ша сиха т1евахара цу к1айчу четаршна.
Завалун** мокханца к1айн четар хадийна,
Ша каден велира бах четарал ва чоьхьа.
- Ассалам 1алайкум, Гуьржехара ва Ортам!
Стунваша веан хьан тховсалерачу кху буса. -
Олуш, чу ва ваьлча и Мадин Жаьммирза, -
Эсаро бос бехьна толлан г1а ва санна,
Ша вегон ма висира и гуьржийн ва Ортам.
Т1аккха хьала ма иккхира и жима Аьлбика.
- Рузбанан маьждигехь вайн баба елхийначу
Ортаман ва корта дог кхуьуш божабе,
Шен жима ва ваша, яхь йолу Жаьммирза, -
Олуш, лен ва яьлча, шен хьомсар ва йиша,
Совр баттахь ва доллу терс-маймал дуткъа тур
Ша каде даьккхина, дог 1абош ластийна,
Сел чехка ма божийра Ортаман ва корта,
Марг1ала цу дег1аха, четаран ва ц1енкъа.
Лерг лаьцна тесира бах цу жимчу Аьлбикас
Ортаман горга и корта цу гуьржийн таьлсаш чу.
Шен жима ва йиша шена т1аьхьах1оттийна,
Дин болчу вахара бах Аьлбикин
Хьомсара и ваша Мадин Жаьммирза.
Цу сенчу ва бай т1ехь 1аьржа верта тесна,
1аьржачу вертана т1е к1айн йовлакх тесна,
Цу к1айчу йовлакх т1е морса молха доьхкина,
Оьрсийн кепехь къийлина и г1ирмин сийна даш
Улло алссам диллина,
Ша т1амна каде кечвелира бах и Мадин Жаьммирза.
Коьртара жима йовлакх вешин кара ва туьйсуш,
Йоьлхуш дехар дан х1оьттира бах
Жаьммирзин хьомсар йиша, сийдолу Аьлбика:
- Ша яла хьан дела1, шен жима ва ваша!
Цхьа дела воцуриг хьесап дина вериг вац
Кху делан мостаг1ийн,
Динахь дуьхьал б1аьрг тоьхча.
Дуьхьал б1аьрг ца кхуьу цу делан мостаг1ийх.
Хьо цхьаъ бен вацийца, шен хьоме ва ваша.
Вежарий болчу йижарех ша хьего воллу хьо,
Хьо каде валахьа, шен жима ва ваша,
Хьайн тешамечу расхачу ва дина,
Бахьалахь, тоьар ма дара Ортаман ва корта,
Цу нана-Чечана чу.
- Ма яла дакъаза, шен жима ва йиша,
Дин лаца хьо йолуш, т1аме х1отта со волуш.
Хала дац вайшинна кху маьлхан дуьненахь
Олуш, кхайкха велира бах
И Мадин Жаьммирза, цу делан мостаг1ашка:
- Вижина верг г1атталаш, семаниг кечлолаш,
Яьссаниг юзалаш, аьртаниг иръелаш,
Х1инца шух кхианарг т1ам 1аьржа леча ду.
Горга вота ва тоьхна, четарех къаьстира бах
И делан мостаг1ий.
Йоьзан зурма лекхна уыц низаме х1иттийна,
Шаьш т1амна кечделира бах инарлин эскарш.
Т1аккха лета ма велира и Мадин Жаьммирза.
Ларамза яьллачо шишша цхьаьна ва вожош,
Дог кхуьуш тоьхначо кхоккха цхьаьна вожавеш,
Чинна лекха мел вериг ва хьалха вожавеш,
Ша эго болийра, тов, делан мостаг1ий.
Т1аккха лета ма бевлира Жаьммирзийн мостаг1ий.
Доьлла дохк ва санна, молханан к1ур керчабеш.
Детта дог1а ва санна, сийна даш ва детташ,
Бедарийн бехчалгаш дег1аца ва йогуш.
Ша цхьалха ма висира и Мадин Жаьммирза
Цу халчу ва т1амехь.
Деттачу дошана пхьош дуьхьал ва туьйсуш,
Дин лаьцна ма йисира бах и жима Аьлбика.
Доьхначу цу дийнахь, цу халчу ва т1амехь.
Делкъанна ва дуьне къарлучу цу хенахь,
Динан оьху ва чоко бухкаршца сецаеш,
Шен оьху ва чоко доьхкарца сецаеш,
Веана ма х1оьттира, вехачу шен уьйт1а,
И Таймин Биболат.
Доьлхуш ара ма делира Биболатан к1айн нускал.
Цу мелчу ва ц1ийна, цу чевнийн халалла,
Лаьцна хала охьа ма воссийра и Таймин Биболат,
Лекхачу шен динара, цу к1айчу нускало.
Цу чевнийн халалла ва вилла ца торуш,
Ховхачу цу метта хьала виллина,
Когашка ва юьйлуш, дог ц1андеш ва йоьлхуш,
Г1евланга ва юьйлуш, доггаха ва йоьлхуш,
Ша йоьлхуш ма хьаьвзира Биболатан и езар.
Делкъанна ва дуьне къарлучу цу хенахь
Ладег1а велира бах и Таймин Биболат
Шен семачу ва лергашца, куьзганан кораха,
Дуьненан ва кийра сирла б1аьрг ва бетташ,
- Ладог1ахьа, цхьанделхьа, шен мерза ва езар!
Шена юьйлуш хезариг Жаьммирзин мажар ма ю, -
Олуш, лен ва ваьлча и Таймин Биболат,
Ладоьг1на чу ма деара Биболатан к1айн нускал,
Дуьненан ва кийра!
- Дакъаза ма вала хьо, сан хьомен Биболат!
Хьан хьомен шича Аьлбика йигначу
Цу делан мостаг1ашна ша т1аьхьа ма кхиъна
Аьлбикин и ваша дог майра Жаьммирза,
И санна волу дика к1ант т1амехь ша лаьтташ,
Ишттачу халчу цу т1аме ца воьдуш хьо 1ийчахь.
Ц1е йожорна кхоьру ша хьан, сан жима Биболат.
Варех йолу и чевнаш кисешца къевлича,
Дег1аха йолу и чевнаш башлакхца къевлича,
Белшех ва йолу и чевнаш герзашца та1ийча.
Хьайн к1айчу нускало расха дин кечбича,
Жимачу нускало ойбуш дина ваьккхича,
Вахалур вацара-техьа хьо, х1ай Таймин Биболат,
Хьайн шичошна орцах, цу халчу ва т1аме?
Олуш, лен ва яьлча шен мерза ва езар:
- Адаман ц1ий муьйлу хин ц1убдар ва санна,
Шен дег1ах оьхучу ц1ийх хьо 1ебарг ца хилла,
Оьрсаша ва йина и йоьза ва турмал,
Сона сонара яккхий, уьнан б1ог1амца ва йог1ий,
Турмала хьажахьа цу халчу ва т1аме, -
Олуш, вист ма хилира и Таймин Биболат.
Турмала хьаьжна чудеара Биболатан к1айн пускал:
- Ша яла хьан дела1, ва жима Биболат,
Бедарийн бехчалгаш дег1аца ва йогуш,
Буьрсачу т1амехь гин шена хьан жима ва шича,
Деттачу ва дошна пхьош дуьхьал ва лоьцуш,
Дин лаьцна яйн шена хьан жима ва шича -
Сий долу Аьлбика
Олуш, варех йолу ва чевнаш кисешца ва къевлина,
Дег1ах йолу ва чевнаш башлакхца къевлина,
Белшех ва йолу и чевнаш герзашца та1ийна.
Шен к1айчу нускало расха дин кечбина,
Цу к1айчу нускало ойбуш дина ваьхкхина,
Ша ваха кечвелира бах и Таймин Биболат
Халчу цу т1аме, доьхначу ва дийнахь.
- Сема ладог1алахь, шен мерза ва езар!
Дуьненан т1аьхьара, эхартан хьалхара ю,
Олийла яцийца и делан 1ожалла.
Цу халчу т1амера шаьш нийса накъостий
Ша маьрша ва даг1ахь,
Лечанца идар къуьйсу х1ара расха жима дин,
Хьуна т1ера саг1ийна, мискачу нахана лур ша,
Цу халчу ва т1амехь шен валар ва хилахь,
Ша санна волу к1ант велла хьо санна нускал дисча,
Маре ца йоьдуш 1едал хуьлу вайн нохчийн нехан,
Ч1ир кхобу ва бохуш, ойла еш.
Биболатах йисна жеро ю бохуш,
Хьайн дег1ан ва б1аьра гоьртара к1иллош ца хьийсош.
Маре яха пурба ду хьуна, сан хьомсар ва езар,
Яхь йолуш дика к1ант карийна.
Ма г1олахь, цхьанделхьа, шен мерза ва езар,
Мошане ва маре
Олуш, д1а ма тилира и Таймин Биболат.
Б1аьргана къайла ва валлалц т1аьхьа хьоьжуш йилхина
Б1аьргана гена и ваьлча, къайлаха йилхина,
Накха хазбан оьхкина и горга к1айн ахча,
Некхаца ка хьоькхуш ва куча делхийна,
Куьйчара схьаоьцуш ва пхьуьйша дерзийна,
Дай-наной доцучу цу байшна
И к1айчу саг1ийна ва декъна,
Ша йоьлхуш ма хиира бах
Биболатан и езар, йоьхначу х1усаме.
Вахана ма кхечира и Таймин Биболат,
Цу халчу ва т1аме.
- Ассалам 1алайкум, х1ай, Мадин Жаьммирза!
Т1амна ка йолда хьан кхоьллинчу вайн дала!
- 1алайкум ва салам, х1ай, Таймин Биболат!
Ма веа велира хьо кху халчу ва т1аме.
Т1амна хала нах бар-кха и 1аьржа ва мержой,
Ницкъ хилла хир бу хьуна цу мержойн ва т1амехь.
- Ма дийцал ахь шена дош доцу хабарш,
Х1ай Мадин Жаьммирза, шен хьоме ва шича,
Нохчийн дика к1ентий паччахьан
Эскарех леташ, леш ма бу-кха
Олуш, лен велира бах и дикан ши к1анат.
Лата велира бах яхь йолу ши к1анат.
Кхоьллинчу ва дала цу делан мостаг1ийн
Т1емана ка йохийна,
Кхоьллинчу ва дала кху дикчу шина к1ентан,
Т1еман ка даьккхина,
Вен везарг ва вийна, шийла декъий дехкина,
Ва даккха дезачун ц1ен ц1етта*** даьккхина,
Шайн жима ва йиша, и хьомсар Аьлбика
Шайца цхьаьна ва йолуш,
Шаьш оьхуш ма кхечира, цхьабосса ши шича,
Вехачу цу эвла йисте, нана-Чечана.
- Хьо ц1ехьа г1олахь, ва Таймин Биболат,
Вайн жима йиша Аьлбика эций.
Шен к1еззиг г1уллакх ду рузбанан маьждигехь
Олуш, ц1ехьа верзийна и Таймин Биболат,
Хьаьвзина ма х1оьттира и Мадин Жаьммирза,
Рузбанан маьждиге.
Кхойкхуш гулбан болийра, тов,
Чечанхойн кура к1ентий,
Кхайкхича ца веанарг, нуьцкъаха валавеш,
Т1аккха лен ма велира и Мадин Жаьммирза:
- Шу елла йовла шу, чечанхойн ва к1ентий!
Сту боцуш шух верг ва старах кхиавеш,
Дин боцуш шух верг ва динах кхиавеш,
Ша лелаш ма вара, чечанхойн ва к1иллош!
Шу лелаш хиллера, шена ала дош лоьхуш,
Шу мержойн к1енташка стерчийн бажа лоьхкуьйтуш,
Варданаш раг1у к1ел ва тоьттуш.
Цу мержойн к1енташка стерчийн бажа лоьхкуьйтуш,
Нуьйраш ирх ва ухкуш,
Вай цхьаьна тарлур дац кху нана-Чечанахь!
Мохк беха г1о шайна Теркаца хьала-охьа.
* * *
Ва лата мел луучун леташ ка йолийла,
Ва вадан мел луучун уьдуш са долийла!
______________________
*Хьажа: качал бохучу дешан билгалдаккхаре.
**Завьялов - капиталист.
***Мостаг1чун герз я меже - толаман тоьшалла (шира).



Нохчийн фольклор. Чулацам.
Сайт управляется системой uCoz