Хьалхара аг1у

Акхаройх, олхазарех лаьцна х1етал-металш


Х1етал-метал хаийла хьуна:



Биъ ловзуш берг, шиъ 1уттуш ерг, цхьаъ ластош ерг?

(Етт)

Хьарг1а санна 1аьржа ю, ма1а ю, ша сту бац, ялх ког бу, берташ яц?

(Чхьаьвриг)

Когаш а бац, т1емаш ду, хьоза санна бодуш бац?

(Ч1ара)

Горгли туху, сахьат а дац,
Са хилчи хоуйту?

(Н1аьна)

Лаьттахула текхаш бу,
Стаг т1е вуьтуш бац?

(Лаьхьа)

Куьйгаш а дац, бел а яц, поппарх х1усам а йо?

(Ч1ег1ардиг)

Хьуьн чохь а арахь а кетар ю лелаш?

(Уьстаг1)

Ша шайх а вац, маж а ю?

(Бож)

Лаьттахула лелаш а ю,
Стигал гуш а яц,
Узарш деш а ю цомгаш а яц?

(Хьакха)

Шозза дуьненчу яьлларг?

(котам)

Шозза дуьненчу даьлларг?

(олхазар)

Леташ а яц, юсалой а лела?

(Москал-н1аьна)

Ц1иэ ленаш долу к1айн говраш?

(Г1езаш)

Экха а дац, хьоза а дац,
т1емашца г1отту, ю а 1утту?

(Чуьрк)

Сайна лиъчи кхосса а ло,
сайна лиъчи къовза а во?

(Сагал)

Биъ ког ирах а болуш
тховх кхозург?

(Моза)

Шена бедар а ца йо, тукар а доцуш, маха а боцуш маша а бо?

(Гезга)

Вайн т1орказчуьра дараза дарий?

(Яхказчу кхела чуьра бекъа)

Хи йистера баьццара бохча?

(пхьид)

Б1ов-в олу цо - борз а яц и, латта а охку цо хьакха а яц и?

(Бумбарий)

Дийнахь эла, буьйсанна лай?

(Ж1аьла)

Хина т1ай, некъана накъост?

(Говр)

Хи дуьне, дуьне эхарт хьанна ду?

(Ч1ерана)

Сайт управляется системой uCoz